Хетарг Стеган оьздангаллин бустам
Масала, схьаоьцур вай ши дош: «вуон» - (вуонан, вуонна, вуоно, дукхаллин терахьахь - вуонаш), т.е. «зло». Дукха хьолахь цу дешан метта цъаболчара «г1о» олу: «г1онах лардойла вай Дала» аьлла. Ткъа «г1о» бохучу дешан маь1на кхин ду- (г1оьнан, г1оьнна) – помощь, поддержка, содействие. «Г1о» дешан кхин а цхьа маь1на ду – «полоз саней» - «г1оьнаш» - «полозья». Вай дуьйцург «вуон» - «зло» ду. Оцу дешан маь1на нийса ца деш хеза вайна кху т1аьхьарчу хенахь. Нохчийн маттахь «вуон» боху дош ц1ердош хилла ца 1аш, билгалдош хилла а лела. Масала, «вуон» стаг – «злой, нехороший, плохой» человек. Цунах а олу цхьаболчара «г1о» стаг. Долчулла а доьхнарг ду «г1уш» ву бахар! «Идет» бохучу маь1нехь деш ду цу тайпана къамел. «Г1уо» - «иди» бохург ду. Цу дешан юьхьанцара кеп «ваха» ю – «идти» - (воьду, вахара, вахана, г1ор, г1ур ву). Амма «со воьдуш ву» алар меттана «г1уш ву» бахар мотт чолакх баккха г1ертар ду. Вай ца ларбича кхечу къаьмнаша ларбийр бац я ларлур а бац вайн ненан мотт!
«Вуон» – «дика» бохучу дешнийн маь1на а хууш, дахарехь вуон - дика къасто а хууш, нийса мотт а буьйцуш хила деза вай.
Свидетельство о публикации №221011401436