Дахаран Седа

Сан бlаьргашна дуьне кхолар -
Нана, хьан гlелделча болар.
Сан бlаьргашна дуьне къежар -
Нана, хьо соь йоьлуш хьежар.

Гlа-буц техка, махо хьоьстуш,
Ткъа, совбаьлча, цуо и цоьсту.
Нана, хьан тlех оьгlазалла
- Малхехь ша бу, цкъа схьагаллал.

Хьоьца дахар суна хазлой,
Туьхан чам шекарал марзло.
Накхармозийн тlомал сиха,
Гlо-орцах кхачар - хьан сица.

Хилча стигал хlотто лами,
Хилча кху дуьненнал чами,
Стигал ваьлла, чами эцна,
Дерриг седарчий схьаэцна,
Цу чамин чу уьш тардина,
Хlора седа хьох тарбина,
Тахна, йа ца бохуш кхана,
Уьш лур дара хьуна, нана.

Минцаев lальви 7.07.2018


Рецензии