Воккхачу стеган гlайгlане къамел...

Къоналла ца лаьтташ,
Буйнара йели.
Замано ца хоьттуш,
"Къена ву" эли.
Иза-м шен болх беш йу, ас бехк ца буьллу.
Сайн цхьаллин некъанна цlе "Гlайгlа" туьллу.


Ас йуххехь сецийнарш
Хlинца бу генахь.
Ас дагчохь латтийнарш
Наггахь го гlенах.
Iасанах сайн некъан накъост а вина,
Дегlан чалх тlейазйеш, вехха со lийна...


Бlаьрзечо ца доьшу
халла бен жайна.
Лергашна ма оьшу
аз хазар тайна.
Къанвелча, де эшча, тайх а тарделла,
Сох къаьсташ дlахада дуьне сихделла.


Замано сан дахар
Бlаьргашца дешна,
Амалца со ваха,
Ца вуьтуш хьаьшна.
Хlетте со собарах хьежна ца воха.
Далла тlе болх буьллуш, lаьмма сатоха.

Минцаев Iальви
31.07.2018


Рецензии