Бала

Сан ойла техкайеш, аганах терра,
Сан деган куьзга ду, ахь отуш дера.
Урчакхо санна со хьайна тlе хьерчош,
Чкъург хилла боданца, сан дагчохь керчаш,
Ма сов буьйлу-кха хьо бала...

Хьайн дера шад йетташ, самукъа лоьхкуш,
Эзарзза шад бина дахар дlадоьхкуш,
Iунал дан хlоттийна СИНГАТТАМ, ГlАЙГlА,
Цу шинга дlаделла набахтийн догlа,
Сох тутмакх вина ахь, бала.

Минцаев Iальви
1.04.2018


Рецензии