Л. Н. Толстойн кхоллараллех ойланаш

 Лев Николаевич Толстой суна яздархо санна вевзина цуьнан «Т1ом а,машар а» боху роман тхо еша дуьйладелча,со иссолг1ачу классехь доьшуш йолуш.Х1ета Казахстанехь Семиозерны районехь
1-чу юккъерчу ишколехь доьшуш яра со. Цхьа дика хьехархо яра тхан ,ц1е Надежда яра, ден ц1е дага ца йог1у.
Ч1ог1а к1орггера  вовзийтира цуо тхуна и яздархо.Ткъа роман ешна,йийцаре йинчул т1аьхьа элира: шу х1инца а кегийра ду,дуккха а х1уманашна шу т1аьхьа кхуьур дац, амма цхьа зама д1аяьлча ,юхавеша Толстой, дуккха а къайленаш евзар ю шуна.
   Цулт1аьхьа,тхо ц1адирзича, и хьехархо йиц ца лора суна, цуо дина хьехар а. Веша волийра аса Толстой. Ца к1ордош йийшира цуьнан романаш «Воскресение»,«Анна Каренина»,«Война и мир»,дийшира кегийра дийцарш Романаш  цкъачунна хьен ца йо аса ,амма дийцарех яздийр ду .
Цуьнан берашна лерина цхьадолу кегий  дийцарш аса нохчийн матте а даьхна .

   ДНЕВНИКАН ЙОЗАНАШКАРА
Аса юхайийши Толстойн говзарш.Хьалхачул а дика кхийти авторан коьртачу ойланех а,проблематикех а.
  «Совдегархочун цхьа 1уьйре» ("Утро помещика") яра ч1ог1а т1е1аткъамечех повесть.Къоначу совдегархочун Дмитрий Нехлюдовн синц1еналле боьду некъ толлу повестехь авторо.
   Университет чекх а ца йоккхуш, к1отара воьду къона,х1инца а зуда ялоза волу коьрта турпалхо.
Цу сацамбинера,шен долахь болучу ахархойн хьашташка хьажа, церан дахаран хьелаш тодан,церан доьзалшна йоза-дешар 1амо а.
  Бакъду,дахаран галморзахалло корта хьовзабо…
Ахархой тайп-тапана бу ,царех х1ораннан а шен кхетам а,дуьнене хьежам а бу. Дукхаха берш ца кхета барино шайга кхийдочу г1о-накъосталлин некъах.
Тахана-кхана чуэгга йохкучу лаппаг1нашкахь бехаш болчу царна ца оьшу шайна луш йолу т1улгех йоьттина ц1ена х1усам.
Уьш реза бац меттиг хийца...Хала ду турпалхочунна. Чолхе ду дан юьхьара лаьцнарг кхочушдан а,х1етте а къар ца вала г1ерта. Цу 1алашонца веха и кхин д1а а.
 
      2.Тамашийна а,чулацаме а ду «Иван Ильичан кхалхар» ц1е йолу дийцар а.Мог1арерчу чинехь лекхарчу советникан(г1овсан) дарже кхаьчначу Иван Ильичан 43 шеран дахаран жам1 далийна авторо.
  Доьзал.Дарж.Шалхонаш.Харцо….И кхетамаш бу долуш долчу дахаран бакъдерг.
Вовшашца лелайо мекарло,цабезамаш. Амма массаьрга а хьоьжуш цхьа Бакъ ду-1ожалла.
   Коьрта турпалхо ву х1инца валаран чам 1овша кечвелла.кхуьнца цхьаьннан а бала бац,цхьа пекъар ахархо Герасим воцчун.Кхунна  карладолу шадерг а:доьзалан т1е пайда бахьаш волчу хенахь,иштта арахь ша воккхий-везий лелор,ткъа х1инца дахаран т1аьхьара миноташ,сахьташ...Х1ара цхьаьнна а ца оьшу,1ожалний бен. Ша цуьнца висина иза.
3. «Люцерн» дийцар мискачу артистех лаьцна ду.Швейцарин ю бохучу лаккхарчу  курортан гостиницехь ду хуьлушдерг.Англера,Германера,Россера элий бу кхузахь садо1уш.Цара б1окъажбо артистана, дегаза хета иза ,сарралц гостиница хьалха хьийзачу цунна шай а ца далало цаьрга.
Коьрта турпалхо-дийцархо артистехьа ву,цуо и шеца зала чу а вуьгу ,охьа а хааво,кхарех къаьхкий чуьра арадолу ингалсхо –леди а ,цуьнан накъост а. Дуьненна а хьалха шаьш милионераш бу бохуш  лелачийн дог1аьржалла,къизалла гойту Толстойс дийцарехь.Доккха маь1на долуш дийцар хета иза.

4. « Крейцерова соната» -эмгаралла  бахьана долуш ц1ийндас шен х1усамнана зуда ерах а,цуьнан доьзал стунйишас лелош лелорах лаьцна а.
«Эмгаралла» тема яьстина шен романех «Анна Каренина». Марехь йолу зуда эвхьазаяларх лаьцна ю роман. Шерашкахь схьадеъна динан 1адатан гураш харцарх лаьцна а.

5. «Ловзарар т1аьхьа»-дийцар.
 Полковникан экамалла,дикалла  юханехьа  къизалле ерзарх лаьцна.
И цхьа сурт тоьира коьртачу турпалхочунна Вареньке бахна безам хаьрцина т1ек1албаккха .
 Коьрта проблема-Николай паччахьан заманахь салташна т1ехь латтош хилла йолу къизалла гайтар.

6. «Дарц» -коьрта турпалхо дорцах хьалхаваларах сюжетан бух бутту авторо.

Оьрсийн мотт 1амо луучунна уггаре а хьалха айса хьоьхун йолу произведенеш ялийна аса. Кхин а д1акхехьа безаш бу болх…
Юхаеша йолор ю Кавказан темана лерина произведенийн цикл.

                2016 шо.


Рецензии