ГIайгIане ДегIаста

Дуьнене маршалла хоттучу lуьйранна,
Гlайгlанца кхоьлира и маьлхан нур,
lадийча санна и хьоьжура леррина,
ДЕГIАСТА, гина хьан халонийн мур.

Бlаьрхиш а lенадеш, билхи и къахетта,
Йуьхь-дуьхьал хlоьттича къизаллин сурт...
ДЕГIАСТА, хьо йара, цу дийнахь пха кхетта,
Мостагlчо хьайн логе лаьцна шен тур.

Шийла lа цlийза де,
лайн чимаш хьийза де,
Жима а воккха а ца къесто де...
Хьайбаха йагор а,
къиза, цlий lанор а,
ДЕГIАСТА, хьан кийрахь цlе тесна де...

Кlайн шекъа, цу кlайчу кехат тlе lанорах,
Гуш доцчу йозанах тарйина хьо,
Дуьнен чохь хlу доцуш, хьо йайъа кечйича,
Вайн  Дала орцанна кхачийра гlо.

Мацалло гlелйича,
хьогалло сенйича,
Собарца йоьтти ахь ийманан бlов.
Хьайна йеш гlело а,
Мел йарах кlело а,
Ца къевли цхьанна ахь беркатан ков.

Минцаев lальви 23.02.2019


Рецензии