Iаьржа зингат...

Со таллархо ву тховса, кхокхарчех тlома гlуьттучу сайн ойланашна тlехь толлуш.
Уьш уьду сох... Йаьржа, жа санна.
Ас тlаьхьахоьцу царна сайн хьекъал-кхетам боху «куьйра-леча». Цара цхьацца схьалуьйцуш дуо бузу, уьш чу а йухкуш. Цунна цlе йу «къолам». Цу дайна неl схьайоьллий, lаьржачу элпашца, кlайчу, десачу дуьнен чу дlахоьцу ас уьш, даиманна уьш цигахь шайна маьрша йахийта. И дуьне ду «кехат».
Сан ойланийн элпаш иштта хуьлу...

Дешех кхелина лаьтташ аренаш а йолуш, шен йеха месаш дуьненан йиъэ маьllе йаржийна, йовхо мийлош lачу малхехула, гуьйренах самукъа дуьйлуш,
бераллехь санна айса йоху гlулчаш йагарйеш, новкъавелира со балха ваха.
Дlакхечира. Боккха къурдбича чекхдолу чайн стака санна, доладелла а далале белхан де чекхделира.
Болх бина а ваьлла, сарахь цlа вогlуш, туькан чу вахна бепиг ийцира ас. Цу хенахь малх къайлабаьллера, аьлча а, мархаша баьккхинера и къайла, жималлехь берашца лечкъаргех ловзуш дадас со шен букъа тlехьа лачкъош санна.
И мархаш lаьржа а, буьрса а йара.
Шаьш хих дуьзна деана чийликаш раз а дохуш, охьаlено долийра цара хи.
Со вашо волийча, ведира со... Тlоьрмиган тlам хаьдда, бепиг лаьтта дуьйжира сан. И схьаэца охьатаьlча суна дайра, цу хинах лаьтта кхачале хуьлучу тlадамех, хиллачу lовраша, такхийна дохьучу декъачу гlа тlехь, шен са кlелхьара даккха гlерташ тийсалуш, йуха дlаса уьдуш, lаьржачу мархел а, lаьржа зингат...
Де эшна, къамкъаргал а хьала аз ца долуш, халла бен бlаьрг а ца беллалуш, дlааьлларг башха хезаш, йа и хезча схьалаца иэс а доцуш, lожаллин дуьхьала ваха кечам бинарг санна хийтира суна и, жимма хан яьлча. Малхо шен зlаьнаршца дохдеш, хьоьстуш леладо дуьне а, цуьнан lалам а дагадеана, цlеххьана даг чу йовхо а кхетта, малх хилла цуьнан дог, сайн дог санна дохдан а, цуьнан са кlелхьара даккхалуш хилча, и кlелхьара даккха лиира суна.
Гlа схьаэца дагахь со тlекхевдича, хино дlа текхадора и, тlулгех детталора, махо дlаса а кхуьйсура. Амма, цу зингато тlаьххьара хададоллу тай санна, шен эшна ницкъ бара гойтуш берг, къар а ца луш.
Катоьхна буй а беш и гlа схьаэцна, лаьттахь lуьллу бепиг тlоьрмиг чу а диллина, со цlехьа вахара...
Со вашийнера догlано, шел а лора.
Бепиг охьадиллина, и гlа эцна сихха пешан хьалха хlоьттира со, вохвала а, тlера хlуманаш йакъайалийта а. Къевлина буй схьабиллича, эзар дакъа хилла, цу санна атаделла доьхна дlаделира и гlа.
Тlаккха зингат лоьхура ас...
Ца карадора.
Сан хlусам чу неl ца тухуш, маршалла ца хоттуш, цхьа ши стаг велира, «Гlайгlа а Бала».
Сан ойланаш соьца ойлане евлира :
«Дала шена чу са кхоьллина, суна санна дахар а делла, асачул дукха къа а хьоьгуш, ас йуучул эзарзза кlеззиг хlума а йууш, куьйган тlехь даима lийча а, куьг кlад дийр доцуш долу зингат кlелхьара ца даккхадели-кх соьга» - аьлла. Тlаккха, суна суо хийтира и зингат. И тийсаделла гlа, суна сайн дахар хийтира. Со кхийтира, мел тийсаваларх а, мел идарх, дахар а йистйолуш дуйла, и гlа санна доьхна, цкъа-мацца а, и дlадер дуйла.
Ас хастам Далла бира. «Хьан къинхетамал а дукха дац ас лиетийна къинош, геч делахь суна, Йа Аллахl» - аьлла.

Вовшашка салам кховдош дlасабоьлху доттагlий санна, шайгара чийликаш дассаделча, паргlатчу боларца уьш хьаладуза дlасайевлира мархаш а.
Чохь тийналла иккхинера, цхьа а гlара йоцуш.
Ас тlейоьхначу кучан пхьуьйшана тlера, нуьйда схьайаьлла дисинчу тайнах тасаделла зингат гира суна.
Неl ца тухуш, маршалла ца хоттуш чоьхьаваьлла ши стаг, lодика ца йеш дlавахара цlеххьана. Сан дог доьлура... «Самукъа» деара, шен хазачу мукъамца илли а олуш, сан хlусаме.
Зингат жимма меттаххьовш дара. Хино тlадийна, чlогlа гlора эшна гуора и.
Ас меллаша пlелган мlаран буьххьехь схьаэцна, шун тlе охьадиллира и.
Туькнара деанчу бепиган цуьргаш делира ас цунна. Бlаьрго халла бен лоцур доцуш цуьрг дара цо шена къастийнарг. Цо и дуур дац те бохуш, со хьоьжучу хенахь, сан ойланаш йуха а тlома йевлира, со шайн букъ тlе а хаийна, нанас шен беран куьг ма лаццара сан куьг а лаьцна дуьне мел ду гуо таса.

Соьца къамеле йевлира уьш хаттарш а луш :
«Оццул жима делахь а, шена тlе хало хlоьттича, ца хилча санна халонна тlехдолуш, шел иттуз еза хlума дlатакхалуш,  бlаьргашна лаьттахь халла бен гуш доцчу зингато а йеш йоцу куралла, халоно цхьажимма къовзийча, шен дегl халла дlатекхош долчу адамо, хlунда йо те аьлла?»

Тlаккха, тхо кхечира, массо а хаттаршна жоп карадечу кхетаман беша.
Цу бешахь, элпаш шаьш вовшах хlитталуш, дlайазлора могlанаш. Дlадеша хала дара уьш. Ас шаьлта санна сайн бlаьрса ирдина, уьш деша долийча, со тlекхиира, айса мел лехначу жоьпашна.
Уьш хиллера : Дуьххьара аса а, тlаккха наха а, денна летош долу къинош.
Цара дегнашкара ийманан сирла чиркхаш жим-жимма кхуолош хиллера. «Куралла» lаьржа духар а духий кечйой, цунах хьаша а йой, и бlаьрчче охьа а хаайой, жимма хан йалале цунна коьрта дашо таж а туьллий, цунах цара йеза эла йеш хиллера.
Дегlан лаамаш кхочушбойтуш, синан къиэл хlоттош «ас - со» - бохуьйтург, и къинош хиллера...
Ас ши куьг стигал кховдош Деле доьхуш доlа дира : «Йа Аллахl, тхан ийман чlагlделахь, кураллин даг чу йала пурба ца луш, нагахь санна и цхьаьна мlаьргонна чу йаьллехь цунна хан йеха ма йита Ахьа, цунна даима деган неlарш къовла Ахьа, уьш схьайаста цунна цхьа а тайпана догlанаш ца карадойтуш!» - аьлла. Гlовгlа йелира...
И гlовгlа хезча, тоьпара аракхоьссина дlаьндаргал а сиха вухавалийла со ойланаша шаьш дlавигначара.
И гlовгlа хиллера, пхиъ даьллий хоуьйтуш, дека доладелла пенах кхозучу сахьтан гlовгlа...
Со дlахьаьжча зингате, шена делла цуьрг диъна даьлла, сайга цхьаъ ала гlерташ санна хийтира суна и.
Цу хенахь хаалуш ницкъ беънера цуьнга.
Тlахъаьлла дадалуш дара и. Цlеххьана сецира и. Шен корта соьга хьала а хьажийна, цхьаъ дуьйцуш лаьттара и, хезаш а, кхеташ хlумма дацахь а.  Ша кlелхьара даккхарна а, ша дузорна а, цуо сайна баркалла олуш санна хийтира суна.

Цул тlаьхьа, иштта и сайна гича ас доккха са даьккхира.
Цу зингато соьца lодика йарца, меллаша суна букъ а тоьхна, маьрша ког баьккхира...



Минцаев lальви (25.09.2019 - 23.11.2020)


Рецензии