Испытанное
Уггаре а стагах нехан дог додуьйтуш дерг - цуьнан сонталла, ша-шеха цуьнан йолу (гIалате) лаккхара ойла. Ша дегIана мел онда хиларх, стаг волу стаг, кхечунна коьртан тIоьхула хьежа гIертар вац, "хIара-ма мила вара?" дагана чохь а долуш (кураллица). Кхин доккхачу дегIехь воцчу суна сайна а сиха го иштта дерг...
Деллахь, ма-кIезга хан йу-кха хIокху дуьненчохь йаккха вайн Дала (хIоранна а) йелларг, ма-кIеззиг бен дац-кха вайн делларг... дерриге а! Эхартахь хин долчуьнга ладоьгIча-м - хIетте а. Вайн делларг а - вайн тоъал, вай зиен, вайн йеллачу хенаца а, рицкъанца а вай зуйш делла ду-кха цу Везачу Дала. Вайх хIораннена, шен-шена, делла а ма-ду Цуо иза!
Цхьа а вац цхьанненна а хьалха (адамех) диекхарелахь, иза цхьаннена хьалха декхаре воьжна вацахь. Цуьнан декхар, уггаре а хьалха, Далла гергахь ду. Цулла тIаьхьа - шен Сийнан, Эхь-Бехакан (иза цуьнгахь делахь, хиллехь а - диснехь) хьалха.
Дала хIора адманн цхьацца говзалла йелла... Йа могашалла, йа хьекъал (цуо иза кхиадахь). ХIумма а даланза цхьа а вац..., ур-атталла мискалле кхаччалца. Иза делла Цуо и стаг вАхийта а, цуьнга рицкъ лахийта а, цунах кхечарна беркат дАлийта а. Мискалла а ма йу Делера, стаг зуьйш, цуьнца (кхечеран) болу ларам, гIиллакх, къинхетамалла зуьйш.
Ткъа цхьанна а говзаллах дан хIумма а дац, стагехь г1иллакх дацахь, адмалла йацахь, цуьнан дог куралло Iехийна делахь. Ишттачо шиен Дала qеллачу говзалах а, диканах а ма йо куралла.
"Нагахь санна стагехь долу гIиллакх цуьнан шена йуьхь кIайн йеш делахь, оцу стеган бахам хIун бу?" - аьлла сайга хаьттича..., ас иштта жоп лур дар-кха: "Стеган бахам - цуьнан хаза амалаш, цуьнгахь долу гIиллакх, цуо дина диканаш, нахана иза оьшуш а, везаш а хилар бу-кха" - аьлла. Иштта ду иза сан хьиесапехь...
Сонталла, куралла - цхьатерра ирча йу-кха боьршачу стагехь а, зудчуьнгахь а. Нийса олура вайн баккхийчара, "Уьш стеган Iовдалаллин билгаллонаш йу" олий.
Свидетельство о публикации №221021301813