Одна из жизненных основ
"Де доьхна ву-кха со...
Вахан-вАла меттиг а боцуш...
ТIетовжа стагга а воцуш!"…
- Аьлла тIевеънариг,
"Ваша ву!" ва олий,
ТIелоцуш хилла-кха
Вайн Къонахчу Дайша!
Шайца ва цхьана -
ДIанисвой,
Кхерчанах йовхо лой,
Латтанах дАкъа лой,
ХIусаман тIалам бой...
Охьахаош хилла-кха иза...
Вайн оьздачу Дайша!
Боцучу аьттонца...,
Шен Дена - шен Нанас ва винчу Вешина,
Гаттуо а хиларе цахьоьжуш…
Цу халчу заманахь, таронах - таро йой,
Иштта тIелаьцнариг, нохчеха ву олий…
Куьйгана кIела ва лоцуш
Хилла-кха… вайн Йахь йолчу Дайша!
Паччахьан Iедало...
ГIебартойн..., гIумкийн а, суьлийн а...
Элех шаьш тарбелла ва хиллачу кIиллошна...
Олалле нах берзон гIерташ,
Ва церан лаъамаш тидаме оьцуш...
Дик-дика, Даймахках, дакъош а хедош,
ДIатийлина вайн Латта!, хийлаза, кхоамза, къиза...
Таханалца а ду иза хам боцуш хьоьшуш...
БаркаЛлахI доцуш,
Пусур а доцуш!
Бусулбан волчуьнга
ШариIат ва доьхуш,
Дела а реза веш,
Нийсо а ва йоьхуш!
Вайн тахане, Вайн кхане...
Йезар-кха хила… ЦАДИЦДЕШ ИЗА!
2019 шо, балабоссаран 7 де.
I.Дахо
= = =
Свидетельство о публикации №221021401844