Жизнь

                ДУЬНЕ...


      ДУЬНЕ... Ма-Iаламате боккхачу чулацамехь кхетам болуш дош ду иза.
Дуьне АллахI-Дала хаза кхоьллина..., деза а кхоьллина, чохь са мел долчу хIуманна ниIмате а кхоьллина. ГIеххьачу барамашкахь вахар а, хIокху дуьненах пайда а, марзо а эцар дика а лаьрра... ТIех дерг – цхьа а дац дика, иманехь кхиар а, гIиллакх-оьздангал совйаккхар а, нахаца тарвалар, амалаш дика хилар, беркате Iилма лахар доцург.
Дуьне, Iеламчу наха ма-дийццара, Дала шена цхьа хан а тоьхна кхоьллина ду, Ша мел кхоьллина долу хIума санна.

     Ткъа, билгалла, да хIу ду-техьа и Дуьне?...
«Нохчийн-Iарбийн лугIат» цIе йолчу жайнехь Дуьненан чулацам гойтуш яздо – Iа'ламун, дунья, ардзун, маIмуратун. (1) Оцу хаттарна жоп лаха воьлча карадо ала – иза вай Эхарте дакхалхале (Делан пурбанца) дахарехь зама йаккха езаш йолу меттиг йу-кха..., иза Эхарта боьду Некъ бу-кха... Масаллина, цхьаболчу Iеламчу наха, иза хIордах тарбой а билгалла доккху... Вай неканца шиеха дехьа довла дезаш болу, Дуьненна бердера – Эхартан берде кхаччалца..., даиман а хир долчу Дахаре....

     ТIаккха вай некъахой..., мусаффираш ду-кха хIокху дуьненчохь... Вайн дахарехь, Дала деллачу рицкъанца, гулделла даьхни гехь дIа а тардина (шеха хIораммо а жоп дала дезаш болу мохь бу-кха иза) дIавагIалур болуш некъ бац иза. Амма вайн Iибадаташ, диканаш, АллахI реза волуш долу гIуллакхаш... – уьш,нагахь санна, вай вешан дахарехь кхоччуш дина-лелийна хиллехь!, мел дуккха а... (Дала уьш хуьлийтийла вайн)..., тIаккха атта бан таро хуьлу вайн и некъ, иштта хилчи – иза АллахI-Делан Терзанна пайдехьа а хир ду...
Бакъ долуш, цкъа дIакхалха-м деза вай массо а оцу «Берде»..., бакъйолчу Нийсоне, вай хIораммо а шен-шенна кечйинчу «ХIусаме», АллахIан СовгIате..., АллахIан Нийсачу Бекхаме.

     ХIара Дуьне мел мерза, хаза хиларх..., бусулбачу стага ша цуьнга Iехавайта мегар дац... Вахар тIехдукха дезар дикачу билгалонех дац... Далла дукха безаш болчу – иманех буьззинчу наха олуш ду: «Дуьне тIехдукха дезар – къинойн бух бу».
Дырар Ас-Сада’ийс аьлла бохуш дуьйцу: «Ас тоьшалла до..., имам Iела (АллахI реза хуьлийла цунна!) бус-буса, седарчийн серлонан буха а ***й, къаьхьа (чIогIа) воьлхуш, шен маж а лоций... сайна гина хиларх. ТIех боккхачу сингаттамца цуо олура: "ХIай, Дуьне...! Ма-Iехавехьа со, ма-левехьа со! Ма-гIертахь со хьайна тIетаван! Со Iехаван, йийсаре лаца ка йу-кха ахь соьх йеттарг?! Хаалахь – кхин йухадоьрзийла доцуш, ас дити хьо, со кхуззе а къаьста хьоьх! Хьо сиха ду, мах а боккха бац хьан! Ма-гIайгIа йу-кха соьгахь..., сел кIезга кечаман гулам айса барна... Ма-гена а, кхераме а некъ бу-кха тIехIотта безаш берг!"» (2)
«Дуьне» боху дош нохчийн матте кхачаран бух дукхахчарна Iарбийн маттера вай схьаэцна го. Иза гIалате ду ала а цагIерта со. Амма нохчийн маттахь а лела цуьнан маьIан дукха сирла гойтуш цуьнан болу чулацам. Ма хаъара, олуш нисло – «декъалла хилар», «дакъаза ва'лар (йа'лар)», «дуьо да'ра», «де дуохар», «де дика хилар»... Иштта кхин дIа а...

     «Де», «дуьо» – уьш Дала деллачу рицкъана дакъош ду аьлла хета. «Дуьне» бохучу дешан этимологи къастон гIоьртича карайо иштта кеп: «Дуь» + «Не». Уьш мульхачу маьIнехь?

     Схьагучу суьртехь, «Дуь» бохург «Дуьо» ду аьлла хета... Лаьттах дIабуьйш болчу хIун буьртиган маьIанехь (оьрсийн маттахь – «зерно»). Ткъа «Не» – «Нана» бохучу кхетамехь нисло. «ХIун буьртиг», «Нана» цхьанатоьхча – дахаран зIе карайо-кха вайна... Оьрсийн маттахь – «жизнь».

_ _ _ _ _ _ _ _ _ _ _ _ _ _ _ _ _ _ _
1. «Нохчийн - Iарбийн лугIат (словарь)». Абдул-Къаиров А.А., Ломалиев Ш.Л., стр. 127;
2. «Дунья в Исламе». URL:// http://obislame.info/aktualnoe/dunya-v-islame.html.

Автор - А.Дахо
13.08.18


Рецензии