Берегитесь, идёт бабу!
(Хиллачун буха тIехь. ЦIераш хийцина ю)
Москва-гIала. 1982 шо. Гуьйре.
1. Хенах а, хиламех а лаьцна дошдуолор
Москвахь Iер-вахар, дешар, вахана-вар аттачу хьоле дирзинера.
Амма иштта дацара цхьа-ши шо хьалха, «Олимпиада-80» йоьдуш а, цунна кечамаш бечу юкъанна а.
Советан пачхьалкхан коьртачу гIалин бахархошна а хилира иза бахьана долуш цхьамогIа, дахар гIоленгахьа дерзош, хийцамаш, цаьрца цхьана - халонаш а.
Ма-дарра аьлча, Хрущев Никитас цхьана хенахь (1961 шо) динчу дIахьедарна тIедоьгIча, 1980-чу шарахь пачхьалкхехь «коммунизм» хIоттийна яьлла хила езаш яра. Эзарнашкахь Олимпиаде баьхкинчу хьешашна иза ган езаш а яра (Iедалан хьесапехь), шеконе дуьллийла а доцуш.
Билггал, Советан пачхьалкхан цхьайолчу яккхий гIаланашкахь (Москвахь, Ленинградехь, Минскехь, Таллинехь…), дахар аттачу доккхуш, цхьацца хийцамаш беш а бара. Масала, туьканашкахь, тIекхочийла а йолуш, дохка делира вай оцу хенахь «дефицит» олуш хилла сурсаташ. Цигаьрка узуш болучеран аьтто бара цIарна-цIе яхана йолу «Мальборо» эца а, ийза а. Советашкарчу бахархошна девзаш хилла а доцу «Coca-Cola», кхидолу хьогалла ерзон маларш, тайп-тайпана «пана-мехкашкара» даарш.
Луьрачу Iедалан бехкамехь лаьттина валюта (Iамаркан доллар) а делира йохка-эцарехь лела. Урамашкахь цIано латтайора, машенаш йилина, къегаш хуьлура…
«Къайлабевллера» зуламхой. Къаркъанчаш а, тхов-бахам боцу «бомжаш» а, Iедалан шеконехь мел берш а. Москвал I0I чаккхарма гена арабехира гуттаренна а баха. Уьш богIун болчу хьешашна «гайта мегашбоцурш» бара.
Олимпиада бахьана долуш Москвахь йоьттира дукха гIишлош. Статистико дийцарехь, церан терахь дара 78 тайп-тайпана гIишло. Дукхачу хьолехь, спортан а, хьеший тIелаца, бийшо-гIовтто а оьшу гIишлош яра уьш. Масала, 6 спортцентр а, «Лужникехь» йоьгIна йолу «Олимпан эвл» а цхьана. Хьешан хIусамаш – «Космос», Iаламате йоккха комплекс «Измайлово» а. Ша-яьккхина йина «Шереметьево» аэропортан дуьненаюкъара терминал а. Кхин дуккха а гIишлош.
2. Студентийн кечам
Тахана хьалххе, Iуьйранна гIевттинера Iисманний, Iелий.
ХIара цхьа-ши де дара уьш хьеший тIелаца кечамбеш волу. Юьстахара цаьрга хьаьжча, хала дара кхетадан – схьакхача беза хьеший бахаьанехь самукъадаьлла ву-техьа иза шиъ, я гIайгIанехь ву-те.
Хьеший-м уггаре «кхераменаш» бара.
Жима волчу хенахь дуьйна, «Вуон ма-лелалаш, Бабуга дIадуьйцур ду шуна!» аьлча, вуон лелар-м тешне а, дуьйцург а тапп-олий сацадора, Iисмана а цхьана. «Бабу йогIу» бохург берашна, «БIоба йогIу» бохург санна, боьхна хаам бара.
Цул тIаьхьа дукха зама дIаяьллера. Бабу букаръяханера, куьйга Iаса а лаьцнера, амма шен кхетамехь нийса доцчуьнца оьгIазе яра: «Ас хIара Iаса еттар ю хьуна, имансиз!» - олий, девне йолуш а яра.
Бабу Iисманан денана яра. Амма хIинца шен кIента-кIантана хилла а ца Iаш, цуьнца доьшуш болчу доттагIашна а цхьаьна бакъйолу «хехо» яра иза. Ша наггахь Москва еача, еанарг ша юйла хоуьйтура цо - лен а, довдан а бахьана карадора.
Iелех «сан вешин кIант» олура Бабус. «Ас йиттина, охьаотур ву хьо, лартIахь ца дешахь! Хьо соьгара веха стаг вац хьуна! Со оьздачу зумсойн тайпанах ю хьуна. Зумсой, тумсой, чIаьнтий вежарий ма буй. Иза хаьий хьуна?» - хоттура Iелига.
Воьхна-м Iела а ца хьаьвзара. Иза карзахйоккхург цунна а карадора ала. Цкъа иштта шега Бабус динчу къамелна цо дуьхьал элира:
- Хьо зумсойх юйла, вай цхьаъ дуйла-м хаьа суна. Амма хьуна дог этIа-кха. Бено воцург кхин маредан стаг ца велира хьуна?
- Хьан хIун дара беношна ала?! Дийцахь! Дуьйцуш томехь дацахь а, хьалларчуьнан дедас со кхечуьнца къевсина йигира ша со юьгуш.
- ДIаяла, хьо леяйтина ахь Iисманин дедега.
- Хьаха ца лейинера! Дера вара иза оьзда, доьналла долуш стаг…
Хьажал, соьга хIу дуьцуьйтуш воллу хьо! ДIасацадел хьайн лер, мераIуьрг!
Бабу Москва еанийла хиича, кестт-кестта хIорш болчу богIуш хуьлу накъостий а бовлура шайн «общежитешкахь» къайла, вовшийн гича: «Бабу цIаяхний? Цхьанненна а хаьий?» - олуш, вовшашка хаттарш а деш.
Iисманний, Iелий Москвахь доьшуш, ши студент вара. Цхьа шо гергга хан яра кхара метро-станцина гена йоццуш, хан-мах луш, петар нисйина, кхо чоь а йолуш. ХIора баттахь 150 доллар дала дезара оцу хIусамах. Иза студенташна доккха ахча дара. Кхаьрца ахчанца декъахь, шен тароне хьаьжжина, Коврнакъ а вара, амма иза общежитехь Iара, наггахь кхаьрца хан яккха а вогIуш. ХIора кIирнах бохург санна, хIокху кхааненна а цIера да, нана, кхиболу гергарнаш а богIура. Кхарна тIаьхьа а, Москвахь долчу цхьацца гIулкхашна а. Уьш хьешан цIийнашкахула ца хьийзийта а, цхьаьна де-буьйса даккха аьттонна а дара хIара петар лацар.
ХIара кхуьй а, студент хилла ца Iаш, спортхо а вара, гIара ца волуш махлелош а вара. Шайн евзаш йолчу туькнашкахь кхарна нислора дифицитехь йолу «Adidas» мачаш-кроссовкаш, кхидолу спортан духарш а. Кхечу пачхьалкхашкарчу студенташкахула нислора гоьевллачу брендийн джинс-хечеш, божарийн пхьаьрсах доьхку сахьташ а. Уьш вайн цIа а йоуьйтуш, дIаюхкуьйтура. Цунах пайда хуьлура, цIерачарна хIорш бахьанехь дукха харж-хало ца хуьлуш.
Тахана Бабуца цхьана хьошалгIа йогIуш яра Iисманан йоккхах йолу йиша – Руман. Руман Iисманан йиша хиларал а совнах, йоккха йохка-эцаран говзанча яра. Цуьнгахула юхкура студенташа хIуманаш а.
ЦIера хьеший богIуш буйла кхо де хьалха хиинера доттагIашка. Оццу дийнахь вовшехкхеттачу доттагIийн барт хилира:
- Коврнакъ - воккха дипломат, къамелна говза а, ваха-ван карах долуш а, Бабуна кхарех гIолехьа хеташ верг (иза цецваллал хIума дара!), Казански вокзале а вахана, циггара хьеший а балош, петара схьаван везаш вара.
Кхаж баккхарца билгалделира: Iисмана юург кечъян езара, чохь дикка цIано Iелас ян езара.
3. Зезагийн курс
ЦIе яьлча санна, сиха воллура Iисман а, Iела а шайн «декхарш» кхочушдеш.
Оццу хенахь аьчган-некъан Казански вокзалехь хьеший тIелоцуш воллура Коврнакъ.
Бабуна дуьххьара ког перрона тIехIуттучу мIаьргонехь дуьйна иза оьгIазе йоцуш, самукъане хилийта лерина, шен ерриге а дипломатин говзалла орцахъяьккхина воллура иза. Масех боккха тIоьрмиг перрона тIехь дIа а нисбина, Бабуна мара а иккхина, цхьана боккхачу тIеман толамхочуьнан кепа а вирзина, дукха лерина зезагийн курс кховдийра цо Бабуга: «ХIара уггаре а хазачех долу зезагаш хьуна ло-кх ас, Бабу!» - олуш.
Зезагаш схьаэца, соцунгIа а яьлла:
- ХIокхарах ас хIун до?!... ХIорш оьцучул, чухьакха нуй эцнехь гIолехь дацара?!... Ааа… Кхийти! Цхьаъ лелийна хир ду аш… Цхьа цатарлург! ХIара, шайх догуш, шакхал ду аш хьийзош дерг!» - карзахе йистхуьлу Бабу.
- Эээ, Бабу! ДIасахьажахь! ХIара Москва ма-ю. Кхузахь кхин култура ю. Зезагаш далар чIогIа лераме ма-лору кхузахь. Телвизорехь ца гина хьуна Алла Пугачевина массара а зезагаш туьйлуш?! – ца вухуш бехкбоккху Бабуга Коврнакъас.
- Со Алла Пугачёва-х яций… (оцу цIаро мелла а амал хьаийра йоккхачу стеган). Схьадахь тIаккха! (Схьаийцира зезагийн курс).
Дерриг дина а ваьлла, метро чуьра араволлучохь хьешашка а, царна дуьхьалвахначу Коврнакъе а хьоьжуш, лаьттара ши доттагI.
Цхьа хан ялале, адамашна юккъехь гучубевлира хьеший а, цаьрца цхьаьна Коврнакъ а.
Вовшашна мара а лилхина, могуш-паргIат а хиттина, доттагIий бехачу хIусамехьа дIабуьйлабелира уьш массо а.
ТIоьрмигаш кхаа доттагIчо схьабаохьуш бара. Руман шен пхьаьрсах тесина радикюль а йолуш йогIура. Бабу, шен цхьа куьг Руманин пхаьрсана кIел а тесна, вукху куьйгахь зезагийн курс а лаьцна, йогIура. Бабун Iаса, юьйлина топ санна, лерина схьайохьуш яра Iисмана.
Кестт-кестта зезагийн курс, нуй санна, лаьттехьа охьа а ерзайой, иза дIа-схьа а лестош, ян юлура Бабу. Румана юх-юха а курс хьалаерзайойтура цуьнга.
Иштта цкъа нисделлачахь, Коврнакъас элира Бабуга:
- Бабу, ма тхайн йоцчу таронца, йолу ахчанан нахарташ вовшахйиттина эцнера оха и зезегаш, ма-сий дайъи ахь церан (вела а луш).
- Хьажахь цо дуьйцург! Моьттура ма ду сан буйнахь ерг имам-Ушармин эскаран байракх ю! Шаьш уьш соьга а хаьттина эцча санна дуьйцийца! ХIорш соьга схьада аьлла делла ахь, я суна делла?!
- Вай!... Хетта а хIунда хоьтту?! Хьуна делла-кха, ва Бабу!
- Делахь йорт-эцций, соьга схьа а ца хьоьжуш, сихха дIаволало! ХIорш сан ду, кхарах ас дийриг шун бала болуш а дац!
4. Тахана Бабу ю экзаменатор
Лаьтта бухахула боьдучу некъахула йоккха юкъ а хадийна, гIашлойн тротуарехула, хьаьвзина, шайн цIа долчу уьйтIа кхечира некъахой.
Гонах лаьттачу иссаза а, шуьйттаза а тIекIелдинчу цIеношна юккхехь йоккха уьйтIе яра, охьахаа меттигаш а, дийна зезагаш а, дитташ а долуш. ДIа-схьа лелачу адмашна лен йелира Бабу:
- Хьажал, цхьа а гIиллакх дац цаьргахь. Боьрша стаг хIумма йоцург йина. Зударий неIарх чу-ара, боьрша стаг ша лаьттачахь а вуьтий, хьалхалелха. Ма эхь дайна кхеран!
Юха олу:
- Хьажахь, жIалеш мара а доьхкина леларш! Жимий делахь а, жIалеш ма ду уьш!
Лифт чу девлча:
- ХIинц хIара сацахь хIу дан деза?! Йоьддушехь, охьа а хьаьдна, хIара охьа буха чуйожахь хIу дан деза? Ма дош дац хIокху къигийн баннашкахь вахар!
Делан къинхетамца, лифт ца соцуш, «охьа буха чу ца южуш», ворхIалгIачу гIаттIера шайн «къигийн банне» дIакхечира уьш.
Iисмана, неIаран догIа схьа а даьккхина, хаьттира:
- Хьалха чоьхьа муьлха волу вайх?
Бабус шога юьхь а йина:
- Хьаха йолу со!
Бабу хьалха, вуьйш тIаьхьа, хIусаме бирзира уьш.
ТIоьрмигаш чохь дIатардина хIорш бовлале, Бабу кхиира массанхьахула бIаьрг тухуш чекхъяла. ТIаккха, яхана, биъ ира ког болчу диван тIе охьахиира иза.
Цо хIинца хIун олу-техьа бохуш, ладоьгIура массара а. Iийна:
- Руман, ахь а ма ца цIанйо иштта вайн цIахь? Даима а Iай шу иштта цIена? - хотту Iисмане, Iелига.
Iелас жоп ло:
- Бабу, со «дежурни» волуш иштта цIена хуьлу-кха вайгахь (ша вела а луш).
- ХIокху веха ма вахаро вуон «дежурни» до?
- «Дежурни-м» дика вара хIара, нуй-горгам вуон лелайо-кх. Ахь довдахьара, нислур вара хIара.
- Хьажал! Эхь ца хета хьуна? Чохь цIена а, оьзда а хила езийла ца хьаа хьуна?! – Iисманига а йирзина.
Iисмана:
- Бабу, дов ма дехьа суна. Суна хIуьттаре еш, хьо карзаха яккха иза гIертийла ца хаьа хьуна? Цул а ас леррина кечйинчу юурган чам баккхахь. Со мел говзанча ву!
- Руман, ялол, юучунна кечам бел вайна, – аьлла дерзийра Бабус шен йохьялар.
КIеззиг хан а ялийтина, кхачан чоьне а яхана, Румане хаьттира Бабус:
- Дийцал, хIу ю оцу гIараваьллачу «поваро» кечйинарг?
- Чорпа а ю, салат а ю, чIара а бу кхехкийначу картолгаца…
- Хьайтал, чам баккхийтал соьга чорпанах.
Ши-кхо чорпийн Iайг дIа а мелла:
- Яа мегар йолуш ю. Бакъду, «повар» цхьанна а ресторнте дIаоьцур волуш вац! «Дежурни» а вуон ву, «повар» а ледара ву! Иштта доьшуш а хир ву хьуна иза!
- Схьакхайкха цаьрга а, цхьана хIума юур вай. Вай девлча, жимма са а даIий, дакъийна жижиггий, ахьаран хьолIамашший кхехкаелахь вайна пхьуьйранна (цIера богIуш деънера цара сискал, дакъийна жижиг, банканашна чуйоьхкина наьрсаш, памдораш, салаташ, кхин а даарш), – Бабус тIедожийра Руманна, ша текха юххе охьа а хууш.
5. «Наташка», у тибе сувост нет!
ХIума йиийна а бевлла, кIеззиг дахнарг-деънарг а дийцина, хевшина Iара хьеший а, студенташ а.
ХIоьттина тийналла йохош, ламазан хан хаа лууш, «Вайна маса даьлла хьовсал!» элира Бабус.
Сонехь лаьттачу, студенташа йешар, Iамор, яздар лелочу стоьла тIехь Iуьллуш долчу Iисманан кIайчу аьчгах динчу электронан сахьтана цхьаъ тIеволавелира.
ЦIеххьана Iелас элира:
- Иза нийса лелаш дац, наггахь соцуш гина суна иза.
Iисман цо дуьйцучух ца кхеташ лаьттара. Ма-дарра дерг шен хиича-м цо и сахьт нийса леларх йолу шеко дIайоккхур яра. ТIаккха а, Iелина дагадеанарг хIун ду ца хууш, соцунгIа велира.
- Ватта, сахьт нийса лелаш а доцуш, шу муха Iаш ду? Шайн хеннахь деша дахарна хIун до аш?!
Iелас:
- Бабу, шек дIа ма яла хьо! Вайна хан схьайийцита меттиг-м хьаха ю вайн. Муьлххачу хенахь а!
- ТIаккха? Ара а довлий, хоьттуш лела шу?
- Дера ца лела! - (Къайлаха Iисанига бIаьрг а таIабой) – ХIокху Iисанин тIехьийзачу йоIа, дукха йоккха а еш, шега телефон тоьхча схьаолу-кха.
Чохь тапп-аьлла тийналла хIоьттира. Iисани, хIара мича доьрзу ца хууш, Iадийча санна дIахIоьттира. ОьгIазе, юсаелла, Бабу Iелина тIейогIаели…
- Хаттал тIаккха! ДIатохал телпон! Со хьанга лоь?!
- ХIинца-м ца тоьхча ер яц хIара. Аланза велира со иза (юха а Iисманига бIаьрг а таIош).
Кора уллехь лаьтташ йолу «городской телефон» тIера схьа а эцна, цхьацца лоьмар а лоцуш, тIоьхлара негIар хьийзон велира Iела.
ХIокхо тоьхна лоьмар «I00» яра.
Ша тIаьххьара «0» дIахецна а валале, дийца волавелира Iела:
- Ооо, здравствуй, Наташка! Тебе большой привет от «ТВОЕГО» Исмана! У нас гости… Скажи, пожалуйста, точное время.
КIеззиг лерера дIаерзийра телефон, луш долуш жоп чохь хазийта. Чохь хIоьттинчу тийналлехь дукха дика хезаш дара «Наташкин» жоп:
- Московское время ……цать часов, ……ть минут, 43 секунды.
- ХIа… ХIара ду-кха шун дешар! ХIара ду-кх аш лелориг! Хьан болх буй (Iисманига йирзина)… Ас хIинцца бийр бу хьуна! – йолаелира Бабу. – Хьайтал, со йист хилийтал оцу «Наташкига»!
- ХIинца охьа йиллина цо иза, Бабу… - ша воьхна ву моьттуьйтуш жоп ло Iелас.
- Юха а дIатоха цуьнга иза! Со хьаьнга лоь?!
- Дика ду, Бабу, дIатуху. Боккъал а, доьхнарг ма алалахь цуьнга. Iисманига маре ян кечъелла Iаш ю хьуна иза… Дерриг а духур ду хьуна!
Доллучух а кхетта волу Iисман хIинца паргIат лаьттара, вела а къежаш. Цуьнан вела къажар тусаделча, Бабу кхин а марсаелира.
- Схьамале соьга! ДIатоха цуьнга телпон, дукха чехка!
- Дика ду… ДIатухуш ю… Хьуна бакъдерг дезахь, со а-м вацара хьуна оцу захалонна реза. Вай цIахь ма бу хIокху дуьненчохь уггаре а хаза, дика мехкарий, зуда шен къомах хила ма-еза…
- Иза шадерг а хууш ду! Вала чехка, дукха а ца луьйш, сан дагтIе туьха а цатуьйсуш, дIатоха и телпон… чехка!
- ДIатуху. Сан хьехаре ла мукъна а догIахь!
- ХIун хьехар ду иза?!
- Хьо шега цхьа доьхнарг ала йоллийла а хууш, цо телефон охьакхуссур ю хьуна. Ас хьайга хIара дIакховдошшехь, хан ца йолуьйтуш, хьайн мел дерг дIаалалахь цуьнга.
- Эээ… Эр дара-хьаха. ДIатоха!
- Туьйхи! ДIаэца! ДIадийца, хьайн дог Iабош.
- «Наташка», у тибе сувост нет! Как тибя не стидна?! У него дом жена-невест! Ты парст…ка …
Бабу кхин а гена ер йолуш яра, «телпон» йист а цахуьлуш Iийнехь. Амма цунна чуьра, чIоггIа лерина а долуш, къамел доладелира:
- Московское время ……цать часов, ……ть минут, II секунд.
«ТIуут-тIуут-тIуут» - боху гIовгIа а юьсуш, къамел дIатийра.
- Вай! Ас хIу дуьйцу, цо соьга хIун боху?!
Дикка хан ийшира царна Бабу хиллачух кхетон. Иза юх-юха а карзахъюьйлура цара хIиттош берг, Iисани кIелхьара ваккхархьама, цхьа ког бу моьттуш.
Иза сеццина тешийта, хIумма а ца дуьйцуш, «I00» лоьмар хьовзийра юха а. Телефон Бабун лере яьхьира. Цхьа кIеззиг хан йолушшехь, схьахезира:
- Московское время ……цать часов, ……ть минут, 32 секунды.
Хиллачух кхетча, оьгIазйоьдуш, тIаккха юха елаллуш а хилла… ТIаьххьара а, самукъане екхаелира Бабу.
Доллучунна а бехке Iела хилира. ХIилла долуш а, Iисанина доцург тIекхолла гIоьртинарг а, иза лартIахь деша цавуьтург а. И дерриг а дерзош, Бабус элира:
- ХIинца суна ма-дарра хии, Iела «повар» тахана хьо хилла хьуна, иштта чаьмза юург Iисанис йийр яцара. Iисани тахана «дежур» а хилла хьуна. Цундела ю хIокху чохь цIена. Со цхьаммо а лейийр яц хьуна! Амма хьо вуй, хьо! – Iелина тIе пIелг а хьажийна – ас цIахь ма-варра дIавуьйцур ву.
* * * * *
Иштта, масех дийнахь хьошалгIахь а Iийна, Бабуй, Руманний юхабаха новкъа бевлира. Уьш дIахьажон иттех студент вахара. Ша вагон тIе хьалаяллалц массарна деш долу хьехар сацош дацара Бабус. Шайна тIаьхьа неI дIакъовлале, юха а йирзина, Iелига элира:
- ХIокху дуьненчу со яьлчахьана ахь санна со лейина яцара цхьаммо а! (Довдеш, пIелг а ластош).
Лахахь мел лаьтта студент, са а хаьдда, воьлура.
= = = = = = = = = =
Дахо Iалви (20I9 шеран Марсхьокху-баттахь)
Свидетельство о публикации №221022001961