сий

Сий.

Йийначу цхьаьна зудчун метта
Ч1ирана нохчаша вуьйш хилла шиъ….

Х1ора а къоман ду шайн цхьанхьа а язданза ламасташ а, юкъараллас т1еэцна дахаран кепаш а. Нохчаша цунах 1адат олу. 1адат иза – дахаран бакъенийн бух а, ламанхойн сий-оьздангаллин а, г1иллакхан а лард ю.



Ибрах1иман йишас Заргана дийхира вешига шеца луларчу юьрта хьошалг1а вола аьлла. Цигахь Зарганан накъост яра маре яха кечам беш. Зарганин х1усамден Мовсаран ша мокъа ца хилар бахьана долуш, аьтто ца белира иза эцна цига ваха, ткъа Ибрах1им хазахетарца реза хилира йишин дехара кхочуш дан. Цунна доккха совг1ат хетара шен хьомечу йишина муьлххачу а аг1ор дог дика дан аьтто балар.
Уьш некъа йисте бевлира. Ибрах1иман х1инца а бакъонаш яцара шен  машен лело. Х1ара шиъ юкъараллин транспортан социйлахь лаьтташ дара машен кхетаре сатесна. Ткъа дукха латта ца дийзира. Сийначу басахь «Волга» сецира. Водителан уллохь 1аш схьахетарехь г1уллакхехь волу юккъерчу шерашкахь стаг вара. Шен йиша цкъа хьалха охьа а хаийтина, Ибрах1им  чухиира машенна. Х1етахь бен ца гира цунна дуьхал долу корайистехь 1аш кхин цхьаъ стаг хилар. Амма машен х1инцале д1айолаелира, цундела т1аьхьа дара йиша сехьа яьккха. Цул совнаха, шайна г1уллакхна машен совцийначу нахана цатешам гайтина вас ян ца лууш, йитира Ибрах1има шен йиша шина боьршачу стагана юккъахь. Ткъа Зарган-м уьйриг санна ч1аг1ъелла, шен ма-хуьллу к1езиг меттиг д1алаца г1ерташ, вешина улло те1ара.
Х1ора а шен ойланан йийсарехь вара. Дуьткъа тай санна кхарна хьалха д1ауьдура беха некъ. Амма машенчуьра тийналла дагахь доцучу кепара юьйхира. Хьалха 1аш волчу стаго ц1еххьана схьа а вирзина, Зарганан вовшахдуйцина долчу шина куьйгах цхьа к1оршаме катуьйхира. Х1ун бахьана долуш йоьссира цуьнан коьрте и тайпа ирча ойла? Я йо1 т1ехэсала хеттера, я цуьнан вешин доьналла к1езиг хеттера, я муьлха а х1ума  шена бекхам боцуш дуьссуш хиларах воьллера? Даржо вахийнера, я сов маларах кхеттера? Хийрачу  стеган карара шен ши куьйг схьа а доккхуш, Заргане мохь белира.


«Нохчочо дуьненчохь цкъа а дуьтур доцу  х1ума ду шен ненах, х1усамненах, йишех  хийра стаго ларам боцуш куьйг 1оттар.  Нохчий дуьненахь а г1арабевлла бу муьлхха а кхерамна дуьхьал кураллица корта ойуш хиларца. Нохчийн 1адат – иза къоман чоьхьара мах боцу хазна ю. И 1адат лардаро дозаллица ваха бакъо а ло, и 1адат дохийнарг юьхь1аржонан новкъа а волу. Нохчий цкъа а ца хилла кураллина къен. Жималлехь дуьйна х1ора а нохчочунна ша «нохчо» аьлла и сийлахь ц1е д1акхехьа жоьпаллехь хетта. Иза ю и динан хьолаллаца  нийсса, къоман кийрахь син-оьздангалла кхиош йолу исторически мехалла. И жоьпалла ларъя оьшу и «нохчалла» - нохчийн маттахь бен маь1на дан йиш йоцу башха кхетам. Цкъа зовкхе олу вай мел сийлахь ю и Нохчочун ц1е, ткъа юха и ц1е йицлой, х1умма а бехке ца хеташ, къинош летадо.
Шалхонаш лелаяр иза Дела цхьаъ ца хетар санна ду. Иза дог1уш дац бакъ волчу нохчийн къонахчун а, зудчун а вастаца. Дуккхозза йилбаз мох хилла дуьхьал даьллера  хийла  х1ума  нохчийн культурина, ламасташна, 1ер-дахарна, динна. Тайп-тайпана ницкъаша  т1е1аткъам  беш, хийла д1асалестийна и нохчаллин г1ортор хилла лаьттина дайн 1адаташ.
Х1ора а къоман культурин шен башхалла ю. Кхи долчу къаьмнашна ца кхета а тарло и. Нохчийн къоман син-оьздангаллина, цуьнан 1адатана т1екхевдина долу куьйг та1зар доцуш дита мегар дац. Ткъа дикка хан яьлла волчу стагера даьлларг вуно ирча а, ц1армат а х1ума дара. Ц1ий 1анийча бен ц1анлур доцу х1ума дара цо динарг.

Юьхьанцара цу г1уллакхах ца кхетта, воьхна хилла Ибрах1им ц1ехххьана дера экха санна цергаш юхкуш т1екхийтира цу стеган боьхачу куьйгана, кхин д1а хила тарлучух йиша ларъеш, иза шен дерриге а дег1аца д1а а хьулъеш. Цхьаьна куьйгаца цо киснахь лоьхура тиссало м1ара хадо эшахь а аьлла, шеца даима лелош хилла скальпель. Амма иза карош яцара. Вешин х1уманашна иту кхьокхучу хенахь Заргана д1аяьккхина хила тарлора и, оцу кепара цо ларамза лардира шена халахетарг динчунан дахар.
Машен ц1еххьашха сецира, вовшашца чуччавахана ши довхо д1а схьа а къастош. Ибрах1има цу м1аьргонехь машенан не1 схьа а йоьллуш ара такхийра цу чуьра и стаг. Х1уммаъ бен ца хеташ цуьнан са даккха кийча вара Ибрах1им. Цунна шена а ца хаьара мичара баьлла шегахь адамехь хила йиш йоцу и хьере ницкъ. Хетарехь Ибрах1иман карара дийна а волуш маьршаволийла дацара цу стеган, амма Заргана новкъарло йира. Иза кхераеллера, даима а эсала, комаьрша хиллачу вешин кийрахь б1ешерашкахь дуьйна кхолламо зийначу нохчийн къоман амал самаяларна. Шен ховха, жимачу куьйгашца тиссалора Зарган вешех, иза сацо г1ерташ. Машен чохь волчо юханехьа  чуийзавора шен накъост водителана т1е мохь а бетташ
-Д1аяхийта сиха машен, сихо е! Цо Ахьмад вуьйр ву х1инца.
Ибрах1им цу минотехь къора а, б1аьрзе а вара. Цунна гуш а хезаш а шен боьха мостаг1а бен кхин х1умма а дацара. Маьхьарца т1еетталу йиша  д1а а теттина, иза юха а т1екхийтира, нохчалла охьайиллиначунна, цуьнан дахар ши капек мах доцийла хууш. Цхьаьна куьйга и машеначуьра ара а текхавеш, важа куьйгаца цунна юьхьа т1е саццанза буйнаш доьттура Ибрах1има. Шен ма-хуьллу тиссавелира иза, амма юха ницкъ кхачийна, машен буха ваханза волуш, г1ора д1адаьлла некъа т1е охьавуьйжира. Ша корта хьалаойбуш, цуьнан б1аьрг кхийтира сихъелла д1айоьдучу машенан пачхьалкхан регистрационни лоьмарашах. 90 44 ЧИС – шеко яцара машен пачхьалкхан г1уллакххойн  хиларан.
Дог 1ийжара, лозура, доьлхура. Лан ницкъ боцуш халахетара и сийдоцу х1ума бекхам боцуш д1аяхийтарна. Муха хьажа веза х1инца ден а, ненан а б1аьра? Х1ун ала деза йишин х1усамдега, вежаршка, кхи болчу гергара нахе? Сингаттаме ойланаша борзморзахан багахь болуш санна къуьйлура корта. Де доьхна лаьттачу Ибрах1имана ца хезира шайна уллохь киранан йоккха машен соцуш. Машенан шофер хетарехь цхьа пхи шо валахь кхин воккха вацара Ибрах1имал.
-Сиха чуховша – мохь туьйхира цо, не1 схьа а йоьллуш.
Новкъахь цо дийцира шена кхузахь дукха хан йоцуш хьалха х1оьттина сурт гинера, шуна г1о оьший кхетта, цундела сецнера ша аьлла. Ибрах1има иза шена нисвелла хазахетар къайла ца деш, ма-дарра ша дерриге а д1адийцира.
Цуьнга леррина ла а доьг1на, жима стага доггах элира:
-Геннара гира сунна машенчуьра цхьаъ охьаваккха г1ерташ тиссалуш волу хьо а, хьуна улло де доьхна уьду жима зуда а. Кху минотехь дуьйна хьуна вошалла дан кийча ву-кх со! Шек ма вала хьо! Вай сиха т1аьхьакхочур ду царна.
Ибрах1имна-м х1ара накъост шена Дала ц1еххьана доссийна г1о хетара, амма х1ете а ца лаьара нехан стаг доккхачу девне юкъаийзо. Цо дийхира цуьнга машенна т1аьхьакхиъначул т1аьхьа шайн г1уллакхна юкъа ца г1ертаре. Некъ беха хиллера. Жима стаг къамеле велира Ибра1имца. Ибрах1иман а, Зарганан а да-нана девзаш хилла цунна. Цаьрга болчу ларамо кхин а ч1ог1а марсайохура жима стеган ойла. Шен ма-хуьллу т1ета1айора цо машен, цуьнан берриге а ницкъаш схьа1овда г1ерташ санна. Сийна машен а дукха ца 1аш гучуелира.  Уьш цхьаьна юьрта чукхечира. Цу хьалха 1уьллура аьчка некъ. Семафоран ц1е стогар схьалалетира. Ибрах1имна орцанна санна, геннара схьахезачу г1овг1анца хьаьдда йог1ура ц1ерпошт. «Волга» ца ларийра цул хьалха аьчка некъал дехьаэккха.  «Волганца» цхьаьнаэшшара сецира киранан машен а. Зарган маьхаьраца юха а тиссалора шен вешех и сацо г1ерташ, амма Ибрах1им «Волгина» т1екхаьчна ваьллера, цунна т1аьхье монтировка а карахь ведда вог1ура ц1еххьана Ибрах1имна нисвелла накъост а. Ибрах1има машенан хьалхара не1 схьа а йиллина, Ахьмадан юьхьт1е ластийна буй туьйхира, ткъа цул т1аьхьа иза машенчуьра ара а такхийра. Ахьмадан схьахетарехь 40-45 шо хир дара. Деза духарах а, леррина йихкиначу галстуках а гуш дара иза 1едалан лаккхара даржехь хилар. Шен некъахочун г1о даккха машенчуьра цхьа стаг охьаиккхира. Шен ц1е Рахьим ю аьлла ша вовзуьйтуш, цо дийхира Ибрах1име зулам ма дахьара ахь аьлла,  х1унда аьлча цуьнан т1аьхьало к1антана ирча хир юй хууш.

- Хьо мила ву кхуьнан? Жоп ло? Мила ву? Гергара вуй? Вацахь д1авала сунна новкъара. Х1ара стаг ша диначунна жоп дала дезаш ву.
-Х1ан-х1ан! Гергара вац. Тхойшиъ цхьаьна болх беш ву. Къинт1ера валалахь. Жимма маларах кхеттера иза, цундела даьллера цуьнгара иза. Юха дистхила мегаш ма ду вай. Ас адрес дуьйцур ду хьоьга…
-Х1ун адрес? Ас юстах вала боху хьоьга, хьайна бала а ца беш – т1е мохь туьйхира цунна Ибрах1има. Цу м1аьргонехь ц1еххьана к1ентан б1аьрг кхийтира дагахь доцучу кепара гучуваьллачу мостаг1чунна т1ехьашха тебаш волу киранан машент1ера шен накъост. Цу минотехь некъайисте сецначу машенчуьра охьаиккхира Ибрах1имца цхьаьна классехь дешна волу, цуьнан лулара 1ела. Гонахара хьал к1еж туьйссуш дог1у ламанан ахка санна кхехкаш дара. Ибрах1имана гуш дара шен доьзална т1едеанчу вуоне ша ларамза юкъаийзош нехан нах хилар, ткъа цо кхин а ч1ог1а йохайора цуьнан иштаъ панаевлла ойланаш. Коьрте тессира дас дина хьехар: «Даима дагахь латтаде! Хьо дера волчу минотехь еана оьг1азло цкъа а юьссур яц т1аьхьало йоцуш. Цуо маца ваьккхина а дохко воккхур ву хьо. Хьан деган а, кхетаман а баьллачу къиссамехь толам собаре баккхийта хьажалахь».
Ибрах1имна ша жоьпалле хийтира киранан машен лелош волчу жима стагах а, шена ваша хилла улло х1оьттиначу 1елах а. Луьралла д1аелира, цуьнан метта кхолладеллачу хьолан кхетам беара. Терзан т1е диллинар йишин а, цуьнан х1усамден а, Ибрах1иман берриге а доьзалан а, тайпанан а, тукхуман а сий ду. Цу сийнна т1екхевдинарг бекхам боцуш вита йиш яц. Амма нехан нах бехке бац, уьш чот йоцучу зуламан бисте бига хьашт дац. Дас диначу хьехаре хьаьжжина, кху къиссамехь собаро баьккхира толам. Т1аьххьара шеконан чан шена т1ера охьаэгош санна, Ибрах1има юхь-дуьххьал шен мостаг1чуьнга а хьаьжна элира
-Нагахь санна хьоьх жимма а боьршалла йиссинехь, хьо кхета веза айхьа диначун барамах! Мичахь хир ву хьо? Мичахь лаха ас хьо? Х1етахь, вайшиъ цхьанакхеттачу дийнахь кхолламо къастор ду сий дайна дуьненчохь мила вехар ву, я ваххане а вехар вац. Суна ца лаьа тхайна хийра болу нах вайшиннах бен хьакхалуш доцучу г1уллакхна юкъаийзо. Амма хьуна д1ахаийла! Хьо милла а валахь а, хьо миччахь а валахь суна – Тасуев Заурбекан к1антанан карор ду хьо сий доцу ж1аьла! Сан кхиэлах, сан бекхамах хьо кху дуьненчохь  к1елхьара а вер вац.
Дегочу моччахалца, ц1ийлуш, к1айлуш лаьттара Ахьмад. Ткъа юьхьат1ехь Ибрах1има диттинчу буйнашах йиссина таммаг1аш яра гучуюьйлуш.
Юха а къамелана юкъаиккхира Ахьмадан некъахо.
Киснара кехатан кийсиг схьа а яьккхина, цу т1е цхьаъ д1а а яздина, иза Ибрах1име д1а а кховдош, меллаша вистхилира иза
-Х1ара дар-дацар д1адоьрзур ду…х1уммаъ дац…
-Хьо-м вац соьца и д1адерзо лууш, х1ан? – цуьнан дешан юкъаиккхира Ибрах1им, - нагахь санна валахь юьстахвала – ас гойтур ду хьуна дар-дацар д1а муха дерзадо. Нагахь санна вацахь, яхийта кхузара массара а, со дохковалале! Мацца карийна а, шу массо а каронза 1ийр вац со!
Чубуза кечбелла малхо шен з1аьнарш яржийра сийначу стиглахь. Шаьш юьхьарлаьцна некъ-м Зарганна а, Ибрах1имна а бицбеллера.  Киранан машент1ехь хиллачунна баркалла а аьлла уьш д1асакъаьстира. 1елас ц1акхетийра Зарган а, Ибрах1им а.
Синтем бойна буьйса т1екхечира. Тасуевг1еран х1ут1ера г1аж таккхол мел верг г1аьттинера.
Сатассале арабевллера сийна «Волга» а, цу чохь хилларш а лаха. Ибрах1им воккхах волчу вешица Саь1идца республикин центральни ГАИ вахара, амма цигахь х1орш цецбохуш элира 90-44 ЧИС лоьмараш йолу машен а, кхи йолу техника а республикехь регистрации йина яц аьлла. Зуламхоша шайн лораш лечкъош дика къахьегначух тера ду. Адрес а ца хиллера нийса.
Доьалг1а де дара Тасуевг1ара уьш лоьху. Доьалг1ачу дийнахь Саьидан б1аьрг кхийтира Соьлжа-Г1алин цхьаьна урамехь некъо гола туххучохь, д1аиккхина йоьду «Волга». Саь1ида сихонца т1аьхьахехкира цунна машен. Лоьмараш цхьаьна терахьца бен къаьсташ яцара: 90-45 ЧИС. Нагахь санна 90-45 хилча, ткъа 44 а хила еза-кх, республикин центральни ГАИ-н инспектора харц тоьшалла динехь а – дагатессира Саь1идана. Цо машенна т1аьхьа а кхиъна, иза фараш сегна, сацийра. Ибрах1имца цхьаьна иза машенчуьра охьа а воьссина,  «Волги» т1ехь волчуьнга вистхлира
-Доттаг1а! цхьа х1ума хатта мегар дарий хьоьга? 90-44 ЧИС лоьмараш хьенан ю-м ца хаьа хьуна? Оцу накъоста шен тишъелла аккумулятор лур ю аьллера соьга, тхойшиъ машен юьлучохь вевзинчу хенахь.
-Вай хаьа дера! Оцу машенаца д1асалелаш сан доттаг1а Виталик ву. Оха шиммо цхьаьна Горьковски автозаводера ялийна а яра и машен, цхьаьна гаражехь болх беш а ву тхойшиъ, Райкомера белхалойн хьашташ кхочуш деш. Цо Ахьмад ву д1асалелош - райком-партин шолг1а секретарь.

-Тхан «Автокомбинат» ц1е йолу гараж Заводски к1оштахь ю, ша Виталик Ленински к1оштахь вехаш ву – Ливандовски урам, ц1ено 29.
Тасуевг1еран дагахь доцучу кепара аьтто белира. Суьйре т1е а кхачале карийра Виталик. Вежарша схьаалийтира цуьнга шен куьйгалхо мичахь 1аш ву. Ахьмад Соьлжа-Г1алин центрехь вехаш хиллера. Туьйсина дина лекхачу кевнаш т1ехьара гуш дара ши г1атт йолу доккха ц1ено. Ибрах1има ков туьйхира. Дуьхьал буьрса летира ж1аьла. Кевнан херонашна юкъахула Ибрах1имана гира корах арахьоьжу, берх1иттараяьлла хила тарло, тайначу аматехь цхьа йо1
-Мила ву цигахь? – хаьттира  цо.
-Тасуев Ибрах1им ву! Деа когахь долу х1ара ж1аьла саца а дай, Ахьмад ц1е йолу шина кога т1ехь долу шайн ж1аьла арахеца.
-Д1адовла д1аг1о! Ц1ахь цхьа а вац. Ас х1инца милици телефон тухур ю!
-Шайн ж1аьлига д1аалалахь ас шен ц1огант1е ког баькхиний.
Вежаршна шайн ц1ахь гулделла Тасуевг1еран тайпанера дукха адам гира, иштта Зарганан марзхой а баьхкинера.
Заурбек волчура схьахезара дехха къамелаш. Массара а дийцаре деш дара кхи д1а Ахьмадана х1ун дан деза а, муха кхиэл ян еза цо динчунна а.
Йоь1аца, зудчуьнца и тайпа сийсаза х1ума дарна 1адато ма-бохху хила еза кхиэл – бехке волчунна т1ера нуьцкъара хеча йоккху, я цо ша шен бехк т1елоцуш массарна а хьалха шен хеча охьайоккху, оцу кепара ша велла д1аваллалц шен а, шен тукхуман а сий дайар билгалдоккхуш, я цо диначунан бараме хьаьжжина и тайпа зулам цуьнан йишина я, йоь1ана, я кхин гергара зудчунна до. Амма Зарганан марзхой реза бацара, т1е1оттаделларг къастор шайна т1ехь ду, цундела юкъа ма г1ерта бохуш. Ткъа Ибрах1има жоп делира:
-Хилларг сунна хьалха хилла ду, со цунах жоьпалле волчу хенахь. Шу цунах жоьпаллехь иза шайн доьзалан гуонехь, шун чохь йолчу хенахь ду. Шун доьналла, шун яьхь охьата1о ца г1ерта со, амма хиллачунах бекхам эцар шуна т1едожо ца лаьа суна и бакъо тхан доьзалан санна шун а йоллушшехь. Коьртаниг ду вайна бехкениг карор, вайна иза мила ву а, мичахь 1аш ву а хууш хилар. Нагахь санна советан 1едалан законашца и к1елхьара вала дагахь валахь, цуьнан аьтто бер бац. Йо1 шен ц1ахь 1ийр ю, сан доьзала и г1уллакх къастолц. Оцу тайпа сацамца сан да реза а ву. Нагахь санна шуна и тайпа эхь т1едеана аьлла тхан йиша шайн х1усамехь ган ца лаахь, шух кхетта оха и т1е а лоцур ю.

Зарганан марзхой реза хилира цу къамелана. Заурбека массарна а баркалла а аьлла д1асабаха пурбаделира, 1уьйренца ван аьтто болушверг, вовшахкхетар ву аьлла.
Зарган шен нана йолчура ара йолуш а яцара. Масех де дара иза юучух ца кхеташ, г1айг1ане йоьжна йолу. Г1айг1анан йийсарехь церан нана Хеда а яра. Ненан дог барам боцуш лозура берех а, х1усамдех, кханенах.
К1оргерчу буса д1адайра Заурбекан х1усамехь чиркхаш, амма вижанза шиъ вара.

II

Дукха 1уьйрре Ибрах1им самаваьккхира шайн кертара схьахезачу шатайпа г1овг1ано. Корахула арахьаьжча цунна гира кхуьнан деца а, Саь1идаца а, кхин болчу гергара нахаца а, аз айдина къамел деш, хан яьлла масех стаг. Ибрах1им сиха аравелира, амма х1ара ара воллушшехь хьеший Заурбекаца а, Саь1идаца а цхьаьна кхеран кертахь долчу шолг1ачу ц1еночу бахара. Цаьрца цхьаьна чоьхьавелира Тасуевг1еран тайпанара масех къано а. Ибрах1име дийцира баьхкинарш Ахьмадан гергара нах бу аьлла.
Дикка хан елира Ибрах1им Заурбек волчу чукхайкхале. Хьешан ц1ачохь кхуьнан да а, масех гергара стаг а, иштта Зарганан марзхошах нах а бара. Ден юьхь кхоьлина яра. Саь1ид а вара оьг1азвахана вуйла гуш. Ибрах1им кхийтира къамел шегахьа доцуш д1адирзнийла.
Д1ах1оьттина тийналла йохош, дийкира ден аз:
-Хьадийцал х1инца х1ун ду ахь динарг? Муха бехказа вала волу хьо кху масех денна юкъахь айхьа мел диначунна? Цхьа а бахьана а доцуш нехан стагана йиттина ахь, вайн дерриге а тайпа а г1аттийна, цунна т1аьхьаваьлла лелла – Заурбек емалдарца хьоьжура к1анте.
-Ас кхин цкъаъ ма-дарра дуьйцур ду хилларг – волавелира Ибра1им.
-Ца оьшу! Ма-дарра соьга дйцина хьоьл хьекъале а, хьоьл ч1ог1а кху дуьнено зийна а болчу наха. Со царех теша. Хьо берана къонахех ловза лиънера? Йишин ойла ян а ца йинера ахь? Ца йинерий? Ч1ир леха дагадеанера хьуна? Хьуна ч1ир х1ун ю мукъне а хаьий?



-Ишта оьг1азе ма хила цуьнца Заурбек, - юкъаг1оьртира къамел дохьуш веанчарех цхьаъ. Жима ву, амал чехка ю. Галваьлла, хуьлуш хуьлу. Коьртаниг ду вай Делан къинхетамца вовшехкхетар. Х1ара пайда боцу х1ума бахьана долуш, доккха зулам долура вайна юкъахь.
Жимма корта а оллийна, корах арахьоьжуш лаьттара Ибрах1им. Церан кертахь дукха адам дара гулделла, дукха хьолахь уьш массо а Тасуевг1еран герара нах бара. Республикин дозанал арахьа бехаш болу Ибрах1иман ненахой а, дехой а баьхкинера, оьшучу меттехь г1о лаца а, т1аьхьа х1отта а. Дикка хан яьлла берш а, къона берш а уьш цхьаъ цхьанна т1аьхьа чуоьхура. Чоь-м готта яра уьш массо а т1елаца, цундела сацам хилира къамел арахь дан. Къаношна охьаховша г1анташ делира, ткъа кегий нах цаьрга леррина ладуг1уш лаьттара.
Ибрах1им массарех схьа а къаста вина, гулбеллачеран гуоне юкъаваьккира. И ша цхьалха лаьттара, харцахь леларна чехо д1ах1оттийна бер санна.
К1ентан алу хилла йогучу юьхьт1е хьаьжча гуш дара, баккхийчу нахана хьалха собарах ца воха г1ерташ, мел кхехкаш бу цуьнан кийра. Кхехкара ц1ий а, ишта а хьере йолу ойланаш кхин а ч1ог1а карзахйохуш. Лаге х1оьттина шад а бара, кхуьнан доьхначу собаран теш хила кечделла б1аьрхиш шена чохь къуьйлуш. Цо г1иллакхах ца воха, дагчохь доьхура Деле и собар. Гуо баьккхина лаьттара шортта адам, ц1еххьана Ибрах1иман б1аьрг кхийтира Абу-Хьаьжих.  Цо т1е1аткъам бинера Заурбек ч1ирхошца куьйге вахарна а, ткъа х1инца юха а заманан майданахь кхеран доьзалан дахарехь маь1не дакъалацар т1едожийна цунна Ахьмадан гергарчу наха. Царна хаьа Абу-Хьаьжи юкъараллехь муха ларам болуш, муха ц1е лелаш стаг ву, цундела Заурбек цунна дуьхьал вер вац. Цунна а, кхузахь вовшах мел кхеттачу адамна а, нохчийн б1ешерашкара схьадеана 1адат дохош, нехан зудчух, нехан йоь1ах боьхачу ойланца  куьйг 1оттар, пайда боцу дар-дацар а дина т1едаьхьна.
- Ибрах1им х1инца а жима ву, дахаран чам кхетта, дахаро човхийна вац, цундела ларамза хилла х1уманах, цунна шен доьзална т1едеана доккха эхь хетта – бохуш дуьйцура Ахьмадан гергарчу нехах цхьаммо.
-Ахьмад жима маларах а кхетта, хьалха 1аш хиллера, водитель 1аш волчу машенан г1антана т1ехула пхьарс а баьккхина. К1аьгнашт1ехула йолуш машен кхоссаелча, цуьнан малделла куьйг йоь1ан куьйгах ца хууш жима хьакхаделлера. Ткъа ц1ий чехка Ибрах1има иза шен йиша сийсазян г1ортар, цунна т1е ницкъ бан г1ортар санна тидинера. Амма нагахь санна ларамза хилларг Ибрах1има шайна т1едеана эхь санна лоруш далахь тхо шуна хиллачу васах мах д1абала а реза ду – нахана юкъахь реза ца хиларан г1уг1 хезира, ткъа хьашас иза тергал ца деш шен къамел дора
-Тхо кхета  жима къонахчун дегаллех, сонталлех, цундела вайна юкъахь машар баран некъа т1ехь хьалхара г1улч яьккха кийча а ду, бог1у мах д1алуш. Иза цхьаъ ду! Ткъа шолг1аниг – цу хьокъехь муьлхха а къамел тхо цу зудчун марзхошца дан реза ду, х1унда аьлча иза церан ц1ентехь ю. Ткъа оха тхайн рог1ехь цуьнан х1усамден дерриге а тайпанна хьалха Къор1ан т1ехь дуй буур бу цу зудчун леррина сий дайа, цунна ницкъ бан тхан стеган 1алашо ца хиллера аьлла. Цундела шу – цу йоь1ан гергара нах оха цу г1уллакхах мокъа дуьту. Кхозлаг1ниг: коммунистически партин лаккхарчу даржехь волчу стагана еттар 1едале ца даккхар а оха тхайна т1елоцу. Цуьнан могашаллин зен хиларан лоьраша дина тоьшалла а ду, цул совнаха шиъ теш а ву.
Нахана юкъахь соцунг1а хилира. Ткъа юха Зарганан мардас дош дийхира:
- Масех шо ду Заурбекан йо1 сан х1усаме еана. Оцу кепара х1етахь дуьйна тхан доьзалшна юкъахь гергарло ду. Зарган сунна нус хиларал совнаха, йо1 санна дукха езаш ю. Цуьнан догц1еналла, цуьнан оьздангалла суна дика евза. Таханлерачу дийнахь ас дукха х1ума д1алур дара х1ара киртиг тхуна т1ех1оьттина ца хилийта. Нагахь санна Заурбека х1ара г1уллакх къасторан урхаш соьга а елла, ас уьш юхаузур хиларах шу сатуьйссуш делахь, иза эрна ду шуна.  Заурбека бина болу муьлхха а сацам, ас а, сан доьзала а бинарг санна т1еэца дезар ду шун.
-Т1аккха Заурбеке ду-кх дош – элира Ахьмада векал вина ваийтиначу къаночо.
-Х1ан-х1ан! – реза ца хилира Абу-Хьаьжи – нийса хир ду вай цу хьолан теш хиллачуьнга ладог1ахь. Кхи болу тешаш Ибрах1има шен йишин сий лардеш, шен йишех куьйг 1оьттиначунна еттар бен гина боцуш санна лелаш бу – гуш дара цо Заурбекан доьзалан аг1о лоцуш хилар, ша Ахьмадан векал воллушшехь.  Эрна ца хилла Абу-Хьаьжин юкъараллехь ишта дика ц1е яккхар, цунна Шар1аца а, 1адатаца а доьзна дерг даима а сийлахь а, деза а хеташ дуйла бохуш халкъалахь дуьйцуш хилар.
 Къамел муьлххачу хорше дерзахь а, Саь1ид тешара шен вешех, иза жима валахь а цуьнан доьналлех а, цуьнан кхетамах а. Иза меллаша Ибрах1имана улло а вахана, цуьнан букъа т1ехьа д1ах1оьттира, оцу кепара ша цуьнгахьа хилар к1антана хоуьйтуш. Ибрах1им къайлах шен дега хьаьжира, цуьнан дагчохь дерг б1аьргашчохь деша г1ерташ. Цу м1аьргонехь Заурбек а хьаьжира к1анте, ткъа б1аьргашца цо хоьттура
-Х1ун де вай х1инца?
-Дика ду! Баркалла шуна вистхила пурба даларна…
-Ма-дарра дийцалахь, вах ца луш! Бакъ дерг бен а ма дийца! – Ибрах1иман дешана юкъаиккхира Абу-Хьаьжи.
-Т1аккха сунна уггаре а хьалха Ахьмадан векалш хилла баьхкинчу къаношка вистхила лаьа. Нагахь санна шайн гергара стаг шайна бехке хеташ ца хилча, шу х1унда баьхкина кхуза? Шу хьан кхайкхинера? Собар х1унда ца дира аш тхайна шу карабалц. Ма-дарра аьлча, тхуна-м шу карийнера. Бехке воцург бехказа волуш ца хуьлу. Цул совнаха аш вайн къомана юкъахь дош лелаш волу Абу-Хьаьжа а валийна, сан доьзал цунна дукха х1уманна декхарийлахь буйла хууш.
Т1аккха шу дика кечам а бина баьхкина бу-кх. Ишта ойла кхоллало схьагучу суьртах. Шуна шайн гергарчу стаго дийцинарг бен ца хаьа, амма Аллах1 Дела ву теш - суна дика хаьа сайн шина б1аьргана гинарг, сан йишин шина б1аьргана гинарг, кхин а шина тешан б1аьргашна гинарг. Суна цкъа а дицлур дац и сурт а, цу дийнахь, цу м1аьргонехь ас а, сан йишас а лайнарг а. Амма х1ете а цхьа бакъ ду – таханлерачу дийнахь сунна дуккха а аттох ду шуьца х1ара къамел дан а, кхузахь латта а шуначул, х1унда аьлча бехкениг ц1анва халох ду, бакъ дерг дуьйцуш лаьттачул. Суна шуьх къахета! Сан а, сан доьзалан а тахана нохчалла охьайиллина волу тхайн стаг нехан нахана хьалха ц1анва г1ерта ца деза, цу боьхачу г1уллакха юкъа Абу-Хьаьжа санна наха лоруш волу стаг а ийзош. Цундела шу тахана тхуна а, Далла а хьалха юьхь1аьржа ду. Амма нагахь санна шуна Ахьмадан бехк ца хетахь, цуьнан коьртачохь боьха ойланаш ца хиллера бахахь, шу цо дийцина долу харц дерг бакъ деш Къор1ан т1ехь дуй баа кича делахь, тхо и дуй т1еэца кийча ду, амма кхечу хоршехь. Вайн 1адато ма-бохху, аш кхана, Ахьмадан уггаре а гергарчу нахаца кхузахь мел долчу адамна хьалха Сийлахь дезачу Къор1ант1ехь дуй баа беза, нагахь санна шайн йишица, я шайн тайпанара зудчуьнца х1ара кеп х1оттийча, тхуна иза тхайн сий дойуш, эхье х1ума хетар дацара аьлла. И дуй бианчул т1аьхьа, ас а, сан доьзала а шун бехказа довлар т1еоьцур ду. Нагахь санна шу ас аьллачуьнца реза дацахь, т1аккха шун Ахьмада шена т1ера хеча яьккха еза, ша бехке хилар а, шена т1едог1у эхь а т1елоцуш. Нагахь санна цуьнца а шу реза дацахь, т1аккха Ахьмадан доьзалера, я шайн тайпанера зуда, я йо1 сийсаза яйта схьало. Амма нагахь санна ас бовзийтиначу цу кхаа билламах шу реза  дацахь, т1аккха т1ахьара шинах цхьаъ оха нуьцкъара кхочуш бийр бу. Ас Делаца дуй буу вай куьйге баха а, вайна юкъахь машар хила а кхин аг1о яц шуна. Тхуна шаьш дала арадаьккхина долчу ахчанах кхечанхьа пайда эца. Кхузахь аш царех дан х1ума дац. Оха зудчун сий духкуш я, оьцуш  лелийна дац. Тхайн зударийн сий божарийн дахарал дезох хетта тхуна. Кху х1усамехь т1аьххьара дош дегахь хуьлу, амма со тешна ву заманан йохалла цо шен т1аьхье сий дайна яха юьтур ца хиларах.
Ибрах1иман къамело 1адийнера гулделла адам. Цуьнан къоначу кийрахь дехачу цу кепара лаккхара доьналло цецбаьхнера х1ара дуьне к1ордоллалц диъна, хийла замано зийна болу къаной. Олхазаро тоьхна т1ам а хезар болуш тийналла х1оьттира цу кертахь.
И тийналла йохийра Ахьмадан векал хилла веанчу къаночо
-Нагахь санна кхин совнаха хьекъал а, кхетам а болуш нах кхузахь бацахь, суна б1ег1ийла ца хета кху сонтачу жимхаца х1ара къамел дан. Амма д1ахаьийла шуна! Х1ара тайпа къамелаш оха дойтур дац. Шуна дицделлехь а, дагадаийта лаьа суна – вай Советски союзехь дехаш ду, цуьнан 1едало ма-бохху закон а лардеш.
-Т1аккха, Саь1идбек, хьо советан 1едалан векалшца ван везаш хиллера, соьца а ца вог1уш – ша реза ца хилар гайтира Абу-Хьаьжас – Жимачу стага нийсонца дог1уш бовзийти шен доьзалан лехамаш. Амма со дахарехь дукха зеделларг долуш стаг ву, айса дуьненчохь яьккхинчу хенан лакхенца дустича х1ара к1ант сонта вац шуна, цо дуьйцург нийса а ду шуна! Нагахь санна ц1ий 1ана шайна ца лаахь, цуьнга ладоьг1ча дика хир дара аш а, вай массара а. Вайна массарна а ма-хаьъара Заурбек нехан стаг вийна, ч1ир хьаьрчина вара. Ша ч1ирхоша витина воллушшехь, цунна товш дац 1адатаца доьзна къамелашкахь дакъа лаца. Сан цуьнца болу ларам кхин а ч1ог1а алсамбаьлла, цо хьуна дуьхьал дош ца аларна. Саь1идбек, кхетаве и эхь-бехках воьхна волу Ахьмад ша диначунна жоп дала дезаш вуй, шайна т1ехь долу декхара кху доьзална д1а а ло. Нохчаша цхьаьна зудчух ши стаг вуьйш хилла ч1иранна. Шуна харжам бан аьтто белла! Амма со тешна ву хьалхара билламах – Къор1анах дуй баийтар шуьга шу тайпанера цхьа жима мукъне а яьхь йолчу наха пайда оьцуьйтур бац, х1унда аьлча и дуй баарца аш шайн зударшна т1екховда бакъо ло хьанна а. Ас делла и хьехар соьгара совг1ат лара мегар ду шуна. Ткъа х1инца бахьана даьллачура кхуза вовшахкхеттачу кегийчу нахе хьехам беш, масалийна цхьа дийцар дало лаьара суна:
-Цкъа мацах ламанца 1аш цхьа къен жима стаг хилла. Цхьаьна оьздачу доьзалера йо1 езаелла хилла цунна. Йо1а дош дела хилла к1анте йог1ур ю ша аьлла. Амма церан ирсана дуьхьал кхин цхьа стаг ваьлла. Жималло, хьал долуш хиларо сонта ваьккхина иза 1емина хилла даима шена езарг яьккха. Цо дукхозза а захало т1ехьош хилла цу йо1ана, амма х1оразза а йо1 ехна ю, дош делла ю олий жоп дог1уш хилла дуьхьал.
Цкъа талла ваханчохь йоь1ан везар тархат1ера тассавелла бердах чуиккхина хилла, шена т1аьхьа инзаре даккхий т1улгаш чу а эгош. Цу т1улгаша т1ета1ийна 1уьллура иза бердан бухахь. Цхьа ког т1улгаша  юкъа1евшинера, ткъа куьйг аьтта, дерриге а дохийна дара. Шен езаре болчу безамо ницкъ лора цунна дахарах тийссавала а, диканах дог ца дилла а. Шаьлта тоьхна кхоьссина д1адахийтира цо т1улгаша дохийна куьйг а, ког а. Шен са ма-дду тийсалуш схьалавелира иза цигара, амма заь1ап виссинера. К1анта йоь1е йолу ойла хийцира. Цунна ца лиира шен езаран дахар заь1ап стаг лелош кхоло. Цо геланча вахийтира езар йолчу иза шен безамах ша мокъа юьту, кхечуьнга маре яха бакъо луш аьлла хаам эцна. Амма йоь1ан ойла хийца ца еллера. Цо дуьхьал жоп даийтира ша цуьнга йог1ур ю аьлла иза муха велахь а. Цул т1аьхьа цхьаьна дийнахь шовданера хи эцна йог1учу цунна дуьхьал велира хьол-да. Йоь1ан куьйгах к1оршаме ка а тухуш цо элира:
-Х1инца-м соьх яьлла цхьанхьа а г1ойла дацара хьан! Ас хьо сийсаза йина – ас куьйг 1оьттина хьоьх, цундела соьга бен маре г1ойла дац хьан цхьаьнга а.
Оцу м1аьргонехь шена т1екхевдинчун хант1ехь кхозуш хилла шаьлта схьа а яьккхина, цуьнца тоьхна шен куьйг д1а а доккхуш, йоь1а элира
-Х1инца со ц1ена ю! Ас ца йити сайн дег1ат1ехь сийсаза хилла меже.
-Х1ай, адамаш! Дагахь латтаде шайна, цхьаьна 1илманчас ма-аллара хьарам долчунах ларлуш дуьненчохь ваха мел хала делахь а, амма цунах хин йолу ял оза терза карор доцуш еза ю шуна. Ойла е, адамаш! Ларло хьарам х1уманах! – дерзийра шен къамел Абу-Хьаьжас.
Юха а т1екхечира буьйса. Массо а д1авахара. Заурбекан доьзалехь юха а вижанза шиъ вара. Заурбек вехха 1ера шен жимох волчу к1антаца, цунна хьехамаш беш, Къор1ан доьшуш, цуьнан доьхна дог оьцуш. Буьйсаю къаяьлча бен д1а ца вахийтира цо иза сада1а.
Шена т1ехь йолчу х1уманашца д1ате1ира Ибрах1им. Схьадиллиначу корахула хьоькхучу аьхкенан мелачу мохо ховха хьостура цуьнан йогу юьхь. Б1аьргаш д1а а хьаббина вехха 1иллира иза. Цхьа шатайпа синтем боьссира кийра. Юхьат1ехула охьахьаьдира дуьрачу б1аьрхин т1адам. Хеталора цу жимачу т1адама х1ордан тулг1ено санна шеца д1ахьо кху масех дийнахь дагчохь даш санна базбелла лазам. Ибрах1им кхетара кху г1уллакхан х1инца а йистяьлла йоций, кханалера 1уьйре а шеца г1айг1а яхьаш йог1ур юй, амма иза кийча ву кхолламан 1овжорах кхин цкъаъ чекхвала. Хеталора кху цхьаьна буса дахаро зийна, жималлин мур д1абаьлла, иза г1еметтах1оьттина. Кху буса деца хиллачу къамело керла ницкъ а, кхин а сов доьналла а деллера к1антана. Ткъа Ибрах1има тахана гулбеллачарна хьалха диначу къамелан хьокъехь вистхуьлуш, дас элира:
-Ибрах1им! Хьо чов хилла экха санна лаьттара цу нахана хьалха. Адаман сибаташкара боьхна нах цхьогалшах тарло, шайна дуьхьал берзалойн сибате бирзина нах бевлча. Цундела дахарехь муьлхха а киртиг т1ех1оьттича, адаман кепера ма вохалахь, адамалла ларъелахь хьайгахь! Ца кхоьруш ваха лаахь, вала а ма кхералахь.

III

Юха а йоьссира 1уьйре, лаьмнийн к1ажехь 1уьллучу юьртана т1ехула шен сийналла яржош. Заурбекан кертахь юха а гуллуш дара адам. Хилларг цхьаьна м1аьргонна мукъне а дицдан г1ерташ, дезарш деш д1асхьауьдура Хеда. Шен доьзална ша бахьана долуш эхь т1едаарна ойла йоьхна Зарган, нана йолчура ара йолуш а яцара.
Заурбекан х1усаме боьду и шуьйра урам д1алаьцнера схьаоьхучу гергара наха а, юьртхоша а. Хилларг сихонца д1асадаьржинера халкълахь. Массарна а хаьа лаьара муха д1адоьрзур ду х1ара г1уллакх, муха сацам бийр бу дагахь доцург дуьхьал даьлла, х1ара чолхе киртиг т1ех1оьттинчу шина тайпано, шина доьзало. Ц1енна хьалха йолу жима майда еса лаьттара коьрта турпалхой вовшахкхетаре хьоьжуш санна. Ибрах1им шен нийсархошна жима юьстах а ваьлла д1ах1оьттира, корта охьа а бахийтина. Леккхачу дег1ахь, мел хаза товш вара и массарна а юкъахь къаьсташ. Селхана-стомара бер санна хилла иза, тахана вуьззина къонахчун васт дара цуьнан. Даима самукъне къегаш хилла цуьнан и ши б1аьрг, тахана замано зийначу къаночун юьхьт1ера санна хьоьжура дуьнене.
Ша лаьттачуьра меттах ца велира Ибрах1им шена гена йоццуш масех машен сецча. Цу чуьра охьавоьссира кхарна дуьххьара гуш волу масех боьрша стаг. Т1екхечира и массара а сатийсина м1аьрго! Адамаш юха а ц1еххьана х1оьттинчу тийналло йийсаре лецира. Цигахь мел волу стаг цец воккхуш, машенан т1ехьара не1 схьа а йиллина, божарша араьяккхира Ибрах1имана Ахьмадан чохь дуьххьара гина хилла и кхиъна яьлла хаза йо1.
Заурбекан кертахь хиллачу наха цхьаьнаэшшара б1аьрг т1ех1оттийра т1ебаьхкинчу нахана. Йо1 схьаялош веанчух цхьаммо иза д1ах1отта еза меттиг билгалйира. Кхи берш корта хьалаайа эхь хеташ лаьттара.
-Цара х1ун леладо – бохуш г1овг1а хезира адамашна юкъахь.
Ткъа йо1-м шега аьлларг муьт1ахь кхочуш деш, яхана д1ах1оьттира. Дог1анан 1овраш санна охьауьдучу б1аьрхиша яшийна шен къона, хаза юьхь 1аьржачу йовлакхца д1а а лечкъош, багара дош ца долуш, лаьттара иза. Оцу м1аьргонехь кертахь сецира кхин цхьа машен, цу чуьра охьаиккхира хан яьлла елахь, цхьа хаза тайна аматехь зуда. Гуш дара иза йоь1ан нана юйла. Цуьнан кхоьлина юьхь т1ехь кхерам бацара, мелхо а шен йо1ана орцах яла, цунна доьхна деанчу дийнахь улло д1ах1отта шегахь мел долу доьналла цо тховса гулдиний хууш дара.
Корах ара хьаьжча и сурт гина Зарган маьхьарца шен нанна т1екхийтира.
-Нана! Нана! Ас Делаца доьху хьоьга! Ма кховдийта цу йоь1ана т1е цхьа а. Ас х1ара дуьне дуур дац хьуна цара и йо1 сийсаза яккхахь!
Хедас елакъажарца марйоьллира шен йо1.
-Ма дийца 1овдал дерг, Зарган. Хьайн доьзалехь ишта боьршалла охьайиллина нах бу моьтту хьуна? Хьан дас ша дийна а волуш могуьйтур долу х1ума ма дац и.
Божаршна юкъахь хезаш шабарш дара. Нехан керта а ялийна д1ах1оттийна йо1а-м- гуьйренан мохо лестаде г1а-патар санна эгош лаьттара. Цхьа болу кегий нах-м баккхийчарна къайлахь х1инцале шайна юкъахь харжам а х1оттийна бара нана, я йо1 хьанна кхочур ю. Иза вуно ч1ог1а ирча а, ц1армат а сурт дара ма-дарра аьлча. Заурбекан собар кхачош лаьттара.
-Ас Делах дуй ма буу, кху керта еана йолу милла а зудчунна раз б1аьра хьаьжна я, харц дош аьлла вас йиначун ас цу м1аьргонехь СА хьала доккхур мА ду! Божарий кху дуьненчу зударийн сий ларда кхоьллина бу!
Араяьллачу Хедас т1ебеанчу баланах иза д1алачкъо г1ерташ санна маара къуьйлура шена йо1.
-Деца! Шайна луург дайта цаьрга соьца, цара дадина х1уммаъ ца дичхьана! Дика дуй?! Ас муьлха а бала ловр бу, сан да кху дуьненчохь маьрша д1алелчхьана – йоьлхура йо1.
-Ма кхера! Кхузахь цхьаьна а стаго хьуна вас йийр яц хьуна, хьуна халахетар а дийр дац. Хьо сан хьаша ю, ткъа ас кхача луш лелийна, кхиийна болчу къонахашна хьан ц1е тховса сийлахь ю хьуна.
Уьш цхьаьна лаьттара – ши нана а, цхьа йо1 а, ткъа корах ара а хьоьжуш йоьлхура Зарган. Цу еа зудчун б1аьрхиш а, кхолламаш а таханлерачу дийнахь цхьаьна ийнера. Уьш вовшех дика кхетара, царна т1ебоьссиначу баланан барам шатайпа балахь а, х1унда аьлча бала узу терза массеран а цхьатерра дац.
Х1уммаъ атта кху минотехь божаршна а дацара. Цхьа берш – сийсаза ян шайн йо1 ялош баьхкинарш, корта хьалаайа юьхь йолуш бацара, ткъа вуьш – Тасуевг1ар хиллачун деган 1ижамца маь1на деш лаьттара. Цхьаболу къаной а лаьттара б1аьрхиш а лечкъош. Х1оранан а коьртехь эзар тайп-тайпана ойла хьийзара, амма массара а дагчохь Далла хастам бора заманан йохалла х1ара тайпа эхь шайна т1едеана ца хиларна. Х1оранна а ойла ян бахьана деллера таханлерачу дийно, ша дуьненчохь йоккхучу хенахь шена а, шен т1аьхьенна а х1ара санна дерг т1е ца кхачийта. Юкъараллехь шен ц1е ларъярхьама, шен сих яьлла, шен хьоме йо1 сийзаян нехан кара д1аеллачу дас, цу м1аьргонехь дуьненчохь йоккхучу ханна кхин цкъа а ца г1атто дожийра шен сий. Цу суьртан теш хиллачу х1ора а стеган коьртехь цхьа ойла яра – шен йоь1ан сийл деза хетта-те цунна маца хаьдда а хедар долу шен и деса дахар? Заурбекан доьзалан доьналло, комаьршаллас, син-оьзадангалас, собаро толам баьккхира цу къиссамехь. Ч1иран бакъо шайгахь йоллушшехь, цара куьйг ца 1оьттира цу йоь1ах, х1унда аьлча цунна т1е ницкъ баро, церан доьналлин ницкъ алсам боккхур бацара. Амма йо1 ишта а хиллера сийсаза. Цуьнан сий дайинарш нехан нах бацара, цуьнан сий даийнарг цуьнан да вара.
Заурбека шен тайпанера къаноче Бетерсолте куьйгаца хаам бира и зударий мокъа  бита аьлла. Бетерсолтас уьш схьабахкийна хиллачу божаршна улло д1а а бигна элира
-Д1аг1о! Оха некъ маьрша буьту шуна. Шуьца дог1уш кхин а х1умма дац тхан.
Минот а ца елира хьеший шайца цхьаьна шайна т1едеана эхь а хьош,  юьртара къайла бовла. Юха а массарех а хьаьрчира тийналла. Де суьйренга лестира. Ц1ийелла йогура стигал. Алу хилла догура гулбеллачеран дегнаш. И деган лазам б1аьрхишца 1ийдалора церан кхохкийначу яьххьаш т1ехь. Цара тахана делхош дерг сий дара, Ахьмада а, цуьнан тайпано а охьайиллина нохчалла яра цара елхошерг. Кхузахь минот хьалха х1оьттина хиллачу суьрто дукха 1адийна, цец баьхна уьш, цхьа а вовше вист ца хуьлуш, д1асхьакъестара. Ахьмадан векалш хила баьхкинарш массо а ц1ехьа бирзира, цхьа Абу-Хьаьжи виссалц. Иза вехха лаьттара Заурбекан кертахь лаьттан б1аьра а хьоьжуш. Дукха гинера, дукха лайнера, кхолламо а, адамаша а, замано а хийлозза цхьатерра къизаллица зийначу къаночунна ца моьттура, берх1иттара ваьллачу жимхан доьналло ша тховса 1адор ву. Цу к1анта гулделлачу халкъана хьалха и тайпа къамел деш лардеш дерг шен йишин сий хилла ца 1ара, цо къуьйссуш дерг нохчийн къоман сий дара, цу къиссамехь к1анта кураллица толам а баьккхира.  Абу-Хьаьжи кхетара цунах. Воккхачу стагана х1ара доьзал а, х1ара керт а тховса боккъалла а сийлахь хетара, х1унда аьлча цара шайн доьналлица, шайн лаккхарчу син-оьздангаллица нохчаллина цкъа а бухур боцу х1оллам боьг1нера кхузахь. Цунна ца лаьара кхузара д1аваха. Цунна лиира кху нахаца марзо оьцуш пхьор дан а, кхин а хан яьккха а. Шина доьзало гайтира мел къаьсташ хилла царна «Сий» боху и сийлахь кхетам. Шен сий к1езиг хеташ верг бен кхевдар вац нехан сийнна т1е. Цуьнан къеггина тоьшалла дара тховса Ахьмада динарг.
Ибрах1им кхин меттах ца волуш лаьттара. Иза генарчу паналле хьоьжура, суьйрено 1анийначу боданехь дагна гергара дерг каро г1ерташ санна. Саь1ид меллаша т1евеара цунна.
-Баркалла хьуна собаре хиларна. Суна хаьара хьо цкъа а ледар хир воций.
Буьйсано юха а шен йийсаре лецира и х1усам, амма кхузахь вижанза шиъ вара…церан дагара дийца шортта х1ума а дара…




Исмаил Акаев.


Рецензии