46 Дахарехь зеделларш

451) Цхьацверг  мацвелча  дера хуьлу,  вуьзча кура хуьлу.

452) Цхьаццаволчунна шена нохчийн мотт цахаарал а дастам хета кхечунна оьрсийн мотт цахаар.

453) Шен мог1ара воцчуьнца гергарло лело г1ертахь, даим хьеставала дезар ду.

454) Бахамо галваьккхинарг бохамо кхетаво.

455) Оьрсичо олуш долу "извини" а ца олу цхьацволчо ша вас йиначуьнга.

456) Дена дика к1ант ца хиллачу дена а хир вац к1ант дика.

457) Шена луш ерг схьаэцар а шен комаьршалла хета цхьаволчунна.

458) Шен багара хьожа ца хаало.

459) Хьехар далур ду, амма хьекъал дала ницкъ кхочур бац.

460) Х1усмаш мел дукха хиларх цхьан чохь бен вуьжур вац.


Рецензии
Сайд- Амин, Ассаламу 1алайкум! Хьан " Дахарехь зеделларш" дийшира ас. Сица-ц1ийца луьттуш, дахаран ша- тайпа мукъаме сема ладог1арца, цуьнан боларе леррина тидам барца йаздина мог1анаш ду уьш. Х1уманан хамбечунна а, нохчийн мотт безачунна а синкхача бу иза. Дела реза хуьлда хьуна. Дала хьайн дагахь долчу дикане кхачавойла хьо!

Абу Магомадов   12.05.2023 20:01     Заявить о нарушении