Памятные письмена
(На чеченском языке)
В этом рассказе описываются события, имевшие место в с. Ачхой (ныне с. Ачхой-Мартан) Терской области. Они были связаны с посещением Чечни Айсет Кишиевой.
Краткое описание содержания:
В 1906 году Айсет Кишиева смогла на некоторое время посетить Чечню. Но ей не удалось побыть на Родине долго. Согласно нашим данным, во второй раз Айсет посетила Родину в 1913 году. В с. Ачхой (совр. Ачхой-Мартан – примеч. наше) по этому случаю был организован праздничный религиозный обряд жертвоприношения и раздачи милостыни, сопровождавшиеся исполнением зикра. (Зикр – исламская духовная практика, ритуальная мистическая церемония суфийских братств или орденов – примеч. наше) Организатором этого религиозного мероприятия являлся местный житель Межа (М1ежа) - глава (векиль) последователей Кунта-Хаджи в с. Ачхой. После завершения встречи с ачхоймартановцами Айсет Кишиева была намерена проследовать дальше до селения Катыр-Юрт. Муриды Кунта-Хаджи Кишиева, организовав «белхи» (Белхи – это обычай взаимопомощи у чеченцев — примеч. наше) в тот же день построили деревянный мост через р. Нитха, тем самым сокращая ей путь в Катыр-Юрт. Построенному мосту дали название «Айсетан тIай» (Мост имени Айсет). Прошли ещё годы. В одну из пятниц 1923 г. Айсет Кишиева умерла. Весть о смерти Айсет, чуть запоздав, дошла до Чечни в том же 1923 году. В связи с этим, поблизости моста Айсетан-тIай ачхоймартановцы водрузили «чурт» (Чурт - надмогильный памятник — примеч. наше), хотя фактически, Айсет Кишиева умерла, и была похоронена в селе Берге, на правом берегу реки Хабур, расположенном на смежной территории между Турцией и Сирией. По прошествии еще некоторого времени на месте установленного «чурта» Айсет Кишиевой ачхоймартановцы начали хоронить своих умерших. А в последствии, образовавшееся кладбище так и назвали – «Айсетан кешнаш» (Кладбище имени Айсет).
"ИЭСС ТIЕРА ЙОЗАНАШ"
цIе йолчу книгера цхьа киесак.
КИШИ-ХЬАЖИН ЙОI АЙСЕТ ДАЙМАХКА ЙАРАХ ЛАЬЦНА
* * * * *
Сийлахьчу Аллах1а (субхьанах1у ва та1ала) дика делла хилла волчу Абу-Бакарх лаьцна (наха «зикр олу Абу-Бакар» олуш ц1е йоккхуш хилла волчу):
Дела реза хуьлийла вайн 1ашхо-Мартанна а, вайн берригечу Махканна а сий дина хилла болу авлияаш кхиийначу дайш-наношна, д1абахначу баккхийрачу нахана а.
Вайн 1ашхо-Мартант1ехь Иласхан-юьртара Кунта-Хьажас (Дала къайле ц1инйойла цуьнна) вирд хьеха а, т1арикъатан болх хьеха а векал вина витина хиллачу М1ежига (Дела реза хуьлийла цунна) хаам кхаьчна хилла Хьажин йо1 Айсет Нохчийчу хьошалг1а йог1уш ю аьлла.
М1ежа 1ашхой-Мартант1ерачу Хьажин муридашка и хаам д1а а бина, уьш гул а бина, оцу йоккхачу тобанца Айсетана доьхьала ваг1на.
Оцу заманахь жимачу стеган хенара а волуш зикаран мукъам олуш волу Абу-Бакр а хилла Айсетана доьхьала яг1начу муридийн тобанца.
Чималг1ера д1а, Несаре кхачале долчу Март-хина йисте кхаччалца д1аяхана и тоба… Айсетана доьхьало.
Схьайог1уш йолу Айсет гучуяьлча, Абу-Бакарс иштта мукъам ала болийна хилла:
Х1ай, х1аваэхула лела т1ома-олхазар, ма-ирс долуш хилла хьо.
Аллах1-Дала хьайна беллачу т1ома а даьлла, хьайна луъучу махка кхача ницкъ болуш ду-кха хьо.
Хьо т1ома лелаш Дег1астанчу кхачахь, Нохчийчохь болчу шен вирдан вежаршка а, йижаршка а ахь Салам-Маршалла д1алолахь Хьажин Айсетера. Х1окху пана Хункара-махкахь, х1окху х1ордана йистехь, вежарех-йижарех къаьстина, вежарий-йижарий Делан Эхаре бирзина, Хьажин йо1 – Айсет шен кегийрачу доьзалщца цхьалха йисина 1аш ю алалахь Дег1астанерачу шен вирдан вежаршка-йижаршка.
Хьо т1ома а даьлла, Д1ег1астанчу дерза йиш йолуш долу, х1ай т1ома олхазар, «Ма-ирс долуш хилла хьо!» бохуш, х1урданчу олхазарна т1аьхьа г1амараш лестош, г1ийла йоьлхуш лаьтташ яра алалахь шен вирдан вежаршка-йижаршка… Хьажин и г1ийла Айсет.
Иштта и мукъам а олуш Айсетана дуьхьала вахнера и Абу-Бакар.
Айсета хаьттинера М1ежиге: Х1ун ю оцу жимачу муридан ц1е?
М1ежас жоп деллера Айсетана: Тумсойн Абу-Бакар ву х1ара жима мурид.
Хьажин Айсета кхин д1а аьллера:
- Оцу Делан возалора;цу пана Хункар-махкахь, цу х1урдана йистехь ша йоьлхуш и мукъам олуш лаьттачу хенахь… Аллах1-Делий и олхазаррий бен ша хезаш кхин цхьаа ма-вацара… «И мукъам мичара, хьангахула беина хьуна?» – аьлла хаьттина хиллера Айсета Абу-Бакаре а.
Абу-Бакарс дийцинера:
- Г1енаха Хьажа гинера суна…
Хьажас элира соьга: «Г1ийла йоьлхуш, мукъам олуш, х1урдачу г1амараш лестош… лелаш ю хьуна шен г1ийла Айсет.
Айсет Дег1астанчу хьошалг1а кхочур ю хьуна, цунна хьошалла дан доьхьала г1уолахь…, х1ара мукъам а олуш, шен жима Абу-Бакар» - элира соьга г1енаха Хьажас…
Цуо сайга ма-дийццара, аса и мукъамехь д1а а элира.
Т1аккха Айсета аьллера:
- Оцу Делан возалора!, цхьа дош хьайгара т1етоьхна а доцуш, цхьа дош т1ерадаьккхина а доцуш, ма-ч1ог1а дагах кхеташ, хаза элира ахьа и мукъам! Аллах1-Дела реза хуьлийла хьуна, х1ай шен жима ваша – Тумсойн Абу-Бакар. Дала сий долуш, беркате войла хьо!
Оцу къамелаца, Хьажин Айсета Абу-Бакарна баракаллах1 аьлла хиллера оцу дийнахь.
М1ежас Хьажин Айсет 1ашхо-Мартант1е хьошалг1а чукхайкхина хиллера.
«1ашхо» ц1е йолуш долчу хина йистехь «Айсетан т1ай» - аьлла ц1е а туьллуш, т1ай тиллина хиллера оцу дийнахь, дийнна 1ашхо-Марта гул а елла.
Оццу дийнахь шовзткъалла а сов йолуш бежнаш яйина, ши б1аь сов уьстаг1 бийна, байшна а, мискачу нахана а саг1а а доькъуш, доккха саг1а даьккхина хиллера мартанхоша Хьажина а, Хьажин доьзална а т1ера.
Цулла т1ахьа, Айсетана ц1арах кешнаш а дехкина оцу 1ашхо-хина тиллина хиллачу «Айсетан т1айн» йисттехь.
И т1ай а, кешнаш а тахана а долуш ду 1ашхо-Мартант1ехь.
Царна т1ебоьдуш болу урам а бу «Кунта-Хьажин ц1арах».
Свидетельство о публикации №221091301468