24 - я папка
Дуй те, вайша ...
Совг1аташца б1аьргаш хьоьстуш,
Лерехь мерза мукъам кхерстош.
Хьо-м сан дагчу кхаьчна вели,
Зезагех сан ойла кхели.
Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьайисна ярах б1аьсте??
Дац кхин аз сан дагна томехь,
Хьоьга кхойкху дог сан къайлехь.
Хир ду лерса сема хьан,
Кхетар ду дог, дагах сан.
Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярах б1аьсте??
Нагахь дагчу йоссахь буьйса,
Хьан б1аьргаш чохь кхоларш дита.
Хьо хилалахь цунна кийча,
Толам хир бац вайгахь х1инца.
Дуй те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярах б1аьсте??
Сан малх кхуоло, кхаж хьан балахь,
Со а - м яц - кхий, 1аьнна генахь.
Гуьйре йохъеш кхетац малх а,
Гуьйре - м нисло, малхах лепаш.
Дуй-те вайша цунна бехке,
Т1аьхьа йисна ярах б1аьсте??
Р.А.
Ас сатийсар дар - кха хьоьга,
Са бералле идар сайн...
Сан бераллехь ма вара хьо а,
Вехаш тхуна урам дехьа...
Амма х1етахь кегий дара,
Бералла а юьзна яра...
Х1ора кханенан кхане а,
1алашоне кхийдара сан а...
Дагахь доцуш хан д1аели,
Замано сан генаш кхеди...
Дагна томехь хилла денош,
Т1етт1а ийзо со а ели...
Бераллера хьо а къеги
Дагна томехь серло хилла...
Ахь сан деган доза кхели,
Цу бераллийн марзо елла...
Р.А.А.
Ирс бухах дуьйлу хьост, мехкан,
Дебийла хьан беркат, садуьйлуш денна.
Ийманехь кхуьийла, яхьйолу
Нохчийчохь машаре малх бохуш серла.
2012
Туьйра
***
Решил волк стать праведником. Отправился он в Мекку, на Хадж.
Поел, попил, попрощался с волчицей, и в путь.
Идёт себе довольный и сытый. Видит баран у оврага пасётся.
Баран от него в кусты, а волк ему дружелюбно:
- Да не беги ты от меня. Не враг я тебе больше. Пасись себе с миром.
Идёт волк дальше, видит коня на опушке.
Окликнул он коня, и говорит ему:
- Не бойся меня. Поломник я, в Мекку иду. Грех на душу не возму.
Так и идёт волк своей дорогой. Реки, овраги преодолевает, города, сёла огибает.
Видит, бычок на лугу пасётся.
Бычок убегает, а волк ему вдогонку:
- Ты, мой друг, меня не бойся,
я уже не хищник лютый.
И не враг тебе я вовсе.
Я такой же как и ты.
Ночь он шёл, и день протопал, и уже на третьи сутки, мысли шепчутся в желудке:
"Зря бычка мы отпустили,
ох и знатный был бы ужин"...
Дело было к ночи. Волк прилёг под ближайшим дубом, чтобы утром продолжить свой путь. Всю ночь ему снились аппетитные бычки да барашки.
Проснулся волк голодный и задубевший.
И встала перед ним дилемма моральная:
"Кто я? Поломник я, или всё-таки хищник? Могу ли я в данной ситуации нарушить свой обет?"...
Волк решил, что может. Тем более, что хадж можно будет совершить и в следующем году.
И направился волк к месту встречи с бычком.
Бычок мирно пасся, там же за околицей села, и убегать не стал.
А волк ему и говорит:
- Всё, брат, кончилось наше перемирие, спасайся как можешь.
- Не буду я от тебя убегать. Опостылела мне доля сиротская.
Родителей моих давно уже волки сожрали, и мне от судьбы не уйти.
Только позволь мне перед смертью, любимую песню покойной матери моей спеть.
- Спой мой сладкий, а я тебе ещё и подпою.
Так и запели дуэтом. Бычок замычал как зарезанный, а следом волк завыл страшным воем.
На этот импровизированный концерт сбежались все окрестные мужики, с вилами да кольями.
Волк еле ноги унёс.
Бежал он, бежал, пока коня знакомого не встретил.
Волк ещё издали крикнул коню, чтобы тот спасал свою жизнь.
А конь ему в ответ и говорит:
- Пожил я уже довольно на этом свете. И жизнь мне уже не в радость. Боль в ноге мучает меня все последние годы. Пьяный кузнец подковывал меня, и гвоздь огромный вогнал по самое колено.
Просьба у меня к тебе последняя, избавь меня от этого гвоздя.
Благородный волк стал осматривать повреждённую ногу, а конь как леганёт его со всей дури, да так, что волк чуть копыта не откинул.
Голодный, избитый и обессиленный волк, перебирая в уме свои ошибки и просчёты, пришёл к выводу, что не стоило ему зариться на заведомо сильных, бычка и коня.
"Вот барашек от меня точно не уйдёт", думал волк пока не набрёл на того самого барана.
Баран вытаращив глаза смотрит на волка, и спрашивает:
- Кто ты, незнакомец?
- Я тот самый волк, что в Мекку направлялся. Неужели я так изменился?
- Дело не в тебе. Мне в глаза попал песок, и я почти ничего не вижу. Не смог бы ты слизнуть языком этот проклятый песок, чтобы я перед смертью смог в глаза тебе посмотреть?
Добродушный волк, высунув язык направился к барану, но коварный баран так боднул волка, что тот кубарем полетел в овраг.
Лежит волк в овраге и смеётся над собой: "Так тебе старому олуху и надо!
Вздумал дуэтом с быком песни петь?
Майклом Джексоном себя возомнил?
Коней, да барашек лечить полез, Айболит хренов!
Так тебе и надо! Будешь знать, как с едой разговаривать".
Чаккхе туьйранна.
Кхиъний те хьан деган бешахь
Зезаг а ирс дала суна.
Дисний те хьан ойланашкахь,
Безамах дош ала соьга?
Я ду те хьан б1аьргаш дуьхьлахь,
Диц дан ницкъ боцуш кхин сурт.
Мацца цкъа б1аьстено дагчохь,
Шен ц1арах доьг1на цхьа чурт.
Лаьар – кха цу чурта т1оьххулахь,
Цхьа седа сан ц1арах къага.
Сан санна дог дагош хьоьга,
Безаман дагар а кхача.
***
Куьце аларш….
1
Хьехаме байташ, дахаран чиркхаш.
2
Даш санна язъелла заманан ч1ург,
Т1екерчи дахарна охьата11ош букъ.
3
Кхолламан бакъонаш лоьруш,
Таръяла хьежарх а цуьнца.
Дезаш дерг ойланехь къуьйлуш,
Т1е эецац цадезарг сица.
4
Хьо ю сан тешаме г1айре,
Баланех со лечкъа ц1а.
Ас хьоьга юьйцу сайн къайле,
Ненан дог, сан мерза са.
5
Буьстича дахаре безам,
Яьккхинарг к1еззиг хан хета.
Яханчу заманан хьехам,
Схьалаьцча, йохаллех кхета.
6
Хьекъална шолара ца волург,
Даима куьг лаьцна лело веза.
7
Ладог1а ца хуучунна,
Хьехам бан хуур дац.
8
Г1иллакх долуш волучуьнан,
Бераца лело а хуьлу и.
9
Хьанал дети сийлахь ду,
Хьарамчу дешил а.
10
Селхане йиц а ца еш, таханалера хила веза.
11
Деца-ненаца ларам лелийначу доьзалхочунна,
Тоьшалла, т1аьхьено дийр до.
12
Дика лулахо - бахам,
Вон лулахо - бохам.
13
Г1уллакх деш волу стаг,
Шен дахарах кхеташ ву.
Г1уллакх ца деш верг,
Шен дахарах леташ ву.
14
Мотт, г1айба набаран доттаг1а,
Дахаран мостаг1а.
15
Адамашца лерам хилар,
Шен сий лекха дакхар ду.
16
Иман, Собар, Хьекъал долуш волу стаг
Махкахь кхиар, Дала цу махкана совг1ат дар ду.
Цу совг1атан сий дина мохк, декъала хилла бу.
17
Т1ом а бина баьккхинчу толамал а мехала бу,
Собарца баьккхина толам.
18
Шен махкахь дина дика а доцуш вахар,
Вахар а дац.
Дайн кешнашкахь барз боцуш дерг,
Валар а дац.
19
Вон лара ца хуучунна,
Диканах ирс эца а хуур дац.
20
Бераш дуьненан а т1аьхьало ю.
21
Эхартан не1 йоьллу дог1а, 1ожжалла ду.
22
Дуьненахь ваха г1ирс оьшу,
Вала ирс оьшу.
23
Дахар, - дуьненан дагчухула биллина,
Эхарта боьдуш некъ бу.
24
Валарал а хала ду эхьаца ваха.
25
Дуьне к1ордош волчунна,
Эхарт а к1ордор ду.
26
Стогаллин бен бу, яхь
Яхьан куьзга ду эхь.
27
Б1аьргаш, деган кораш ду.
28
Къонахчу стеган амал
хийцалур яц, цхьаннига а,
хьашалур ю, осалаллийца.
29
Хьекъалан а, деган а барт иг1а,
Деган ницкъ г1елбелча.
30
Шен синлаамна маршо ялар,
стаг ледара хилар ду.
31
Шен г1алатна къера хилар,
Са ц1андар ду.
32
Хьекъалечуьнца мотт бийца хала дац,
И ду моьттуш волчуьнца ду хала.
33
Хало ца лайча, толаман дийне ца кхочу.
34
Шен лаам эша а бина, адамийн хьашташ кхочуш дичи
Кхочу, адамаллийн дарже.
35
Къийсамехь цхьаъ бен ца тоьлу, бакъо я харцо.
36
Даьржина хи цацех чекх литтарх а ца хьаьа,
дах1оттийна хан ца ялийтича.
Хьаъъане а ца хьаьа, ведар чу г1аж хьийзича.
37
Шен боцчу некъа т1ехь тилла воьдучул а,
Т1аьхьа сецна а шеен некъа т1ехь гтTha nguoi dung noi se yeu minh toi mai thoi thi gio day toi se vui hon. Gio nguoi lac loi buoc chan ve noi xa xoi, cay dang chi rieng minh toi... http://thucaithoi.xlphp.net
Tha nguoi dung noi se yeu minh toi mai thoi thi gio day toi se vui hon. Gio nguoi lac loi buoc chan ve noi xa xoi, cay dang chi rieng minh toi... http://thucaithoi.xlphp.net
Вахнар тоьлу.lac loi buoc chan ve noi xa xoi, cay dang chi rieng minh toi... http://thucaithoi.xlphp.net
гтTha nguoi dung noi se yeu minh toi mai thoi thi gio day toi se vui hon. Gio nguoi lac loi buoc chan ve noi xa xoi, cay dang chi rieng minh toi... http://thucaithoi.xlphp.net
Къонахалла йолчу стеган амал
хийцалур яц, цхьаннига а,
хьашалур ю, осалаллийца.
(Резванова Айза)
«Эхарт, деза ду. Дуьне-м дош дацара»,- олу, цхьаволчо. Ткъа ойла йича, ишший а цхьабоьсса кхоьллина ду, Ницкъ кхочуш волчо. Эхарт лоруш волчо, дуьне а лара деза. и ший а Делан ши дуьне ду. Ша эхарт кхоьллиначул т1аьхьа, цунна доьхьал нисдеш, цу эхартаца дуьстина, нийса-нисдина кхоьллина дуьне а, сан хьекъалца дуьстича. Малхана дуьхьала, бутт нибеш. Денна дуьхьала, буьйса. Стигална дуьхьалахь латта нисдеш. Ц1еранна, хи. Хьоькхучу мохна дуьхьала, лам х1оттош. Хало къар еш, аьтто беш. Вона дуьхьала, дика нисдеш. Цамгарна, дарба, и.кх.д1. Ша дуьненчу кхоьллинчу массо а х1уманначу, са а кхуллуш. Цундела ишший а, цхьабоьсса лара деза. Дуьненчуьра д1адаьхьнарг бен эхартахь, карор дац. Дуьненчуьра д1а х1ун хьо, адамо? Ша леринарг хьо. Лара дезаш дерг х1ун ду? Дала шена дела синан совг1ат ду-кх. Муха лору ахь иза? Кхоьллинчу Далла хастам беш, хьастахьа иза. Хьастахьа иштта марзонна кхача а луш, цу сих схьадойлла синош. Кхечуьнан са хьаьстича, серла долу хьан са. Цунах шена там хуьлий.Кхечу синойх хьан къинхетам са мел бели а, Делан къинхетам са болу хьан сих.
Эх1-х1ай-кх. И деригге а синош а адамийн синош бахьана долуш кхоьллина-кх Цо. Ойла ейша. Ма дезаш кхоьллина-кх Цо вай
Резванова Айза
Ца юьтуш буо хила…..
Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана!
Мохь тухуш, я г1ийла, кхайкха те со хьоьга генна.
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш тийна,
Далхаде те ас сайн дагахь дерг, есалле сийна.
Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1уллакхийн мах хадор хьан?
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а.
Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е.
Мила ву, сан Нана! Къинхетамца б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган.
Со наггахь со сайца, шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бохьуш хьайха.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, хьайгарчу марзонах хаьдда.
5.08.2012
Сан дог дуург….
Малх схьакхеташ и чу бузуш,
Хенаш хуьйцу замано.
Ворх1 дуьненна го туьссийтуш,
Ойла йойту безамо.
Экаме дог кийрахь сецош,
Хьан амалах эело со,
1ехало хьан б1аьргийн лепарх,
И безамца хеталой.
Схьахьажа х1ай, сан дог дуург,
Цкъа дог хьостуш елало.
Хьо схьагича сакъералой,
Сан са малхах декхало.
Де-буьйсанах ца къасталуш
Къийсамехь ю ойланаш.
Деган лаам къобал бехьа,
Вайн безаман ойла яй.
Гена, гена уьду зама,
Цуьнца яхье дуьйлу вай.
Безамца ирс ца карийча,
Хета дахар деха т1ай.
Сан са хьийза, сан са гатло,
Лаьа теша ирсах вайн.
Йола соьга сан дог дуург,
Вехьа ирсе безам лой.
2012
Назма
Б1аьрса а лахделла,
Т1евеънарг ца вевзаш.
Хьекъалах тилла со,
Хиллачух цакхеташ.
Тхьузбоьлла соьцу мотт,
Ца керчаш ала дош.
Къинхетам белахь Ахь,
Я Аллах1 Дели!
Ойланаш гулъелла,
Даге барт хоьттуш.
Кийрара дог хеба,
Дагаро морцуш.
Со Хьоьга кхойкхуш ю,
Са карзах дуьйлуш.
Къинхетам белахь Ахь,
Я Аллах1 Дели!
Со орца лоьхуш ю,
Малхе б1аьрг хьежош.
Мерза са 1ехош ю,
Кхачанаш хьехош.
Дилхан дог хьоьсту ас,
1ожалла чехош.
Къинхетам бехьа Ахь,
Я Аллах1, Дели!
«Велларг бен вац»,- олу,
Валарах ваьлла.
Седарчийн лепар а,
Кхуоларшка даьлла.
Сан деган мерзаш шун
1одика йойла.
Къинхетам белахь Ахь,
Я Аллах1, Дели!
Яздархочунна
Цуруев Шерипна
Синкъераме, синкхетаме,
Къинхетаме, къинхьекъаме,
Ойланаш хьайн дагчохь кхиийна,
Уьш йоькъуш адмашна диканна.
Ма ирс ду – кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.
Яздархой а, арздархой а,
Яздахойн ц1ергаш а, къарздархой,
Бу киншкийн киланаш юхкуш,
Ешархойн сих м1араш юьхкуш.
Ма ирс ду - кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.
Со теша и байташ кхоллало,
Хьекъале болх бойтуш хилча.
Са а дегош, дош – ам алало,
Стогалло бен дагчохь бича.
Ма ирс ду – кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.
Кхузахь
Къинхьекъаме – ойла йойтуш, к1оргера маь1ана долуш.
Арздархой – Шайн 1ийжамех язбеш берш, рифма а, ритма а, поэзии а йоцуш.
Ц1ергаш – яздархойн ц1арах лелаш берш.
Къарздархой – адамийн са ца хьосту байташ язъеш берш.
Со схьакхечи
Cо схьакхечи,
Ткъа са цигахь дисна сан,
Кхин ца 1ебаш,
Итум-Кхалийн хазаллех.
Ницкъ ца кхочуш,
Къаста лаьмнех, шовданех,
Со схьакхечи,
Ткъа са цигахь дисна сан.
Юха йоьхуш,
Логехь соьцу мерза чам.
Б1аьргаш хьоьжу,
Генахь дисна и сурт ган,
Дуьхьал туьйсу
Г1енаха а, и Башлам.
Со схьакхечи,
Соьлжа г1алахь диснарг дан.
Амма юха кхача
Ойла ю сан ц1къа.
Да виса хьан….
Тешна – бехкаца вийначу нохчийн поэтна,
сий долчу хьехархочунна,
Ахтаханов Русланна лерина
Дависа хьан дуьне!
Хьо муха лаьтта те?
Дешана, даьржина ца шарлуш д1а.
Латта а муха 1а,
Хьулъеш и къайле?
Къизаллин когашка хьоьшийтуш ша.
Дависа хьан дуьне!
Хьо муха го те?
Зулам т1ехь ойланаш еттачунна.
Цуьнан дац дуьне а,
Эхарт а дац я.
Иблисо ловзош ду, и б1аьрзе са.
Дависарг, мерза Са!
Хала ду кхета,
Хьо гура дерзолл ша, къизачунна.
Ахь лучу йовхоно,
Нур серла дохуш,
Къегийла хаа малх кху дуьненна.
Ткъа малхха – м лепар бу,
Хьан г1азот хьекъош.
Нохчийн къам дехар ду хьан даггара.
Ахь делла хьекъалца,
Диканаш дебаш,
Тоьшалла кхочур ду, абаде д1а.
***
Ахь нийса ца дийши
Сан б1аьгийн йоза.
Къорам ду ойланийн
Хьан дагца ловзар.
Сан лаам хиллера
Хьан амал йовза.
Гергарло х1илланца
Лууш яц дуоза.
Ахь нийса ца диши,
Сан б1аьргийн йоза.
Хьан зезаг кхио дац,
Сан деган доза.
Д1абуьзна сан дагна
Йовхо лун малх.
Чекхболучу баттана,
Эшац кхин ах.
***
Со ирсах ца хьаьгна,
Тоъъал сан хилла и дахарехь.
Т1ех 1енаш ца хилла,
Са дузош 1ийна, шен барамехь.
Кхин лах – ам ца делла,
Ца кхоош декъарх д1а нахана.
Наха - а ца дуьту,
Юха схьа ца кховдош саха.
Сайн ирсан да ю со,
Т1алам бо ас и ца дагийта.
Са дилхах къаьстачу
Дозанахь, цуьнан нур къагийта.
***
Ткъа суна-м….
Хуур дац цхьанна а,
Дог догуш леллийла.
Б1аьргаша даима ,
Хьан амат лаьхнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Ломарчу шовданех.
Сох ойла кхерстийла,
Хьан деган дозанахь.
Хуур дац цхьанна а,
Ойланца яьхнийла,
Кхолламе дарбанна
Хьан безам бехнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Малхах а къегина.
Хьан б1аьргаш дуьхьлара,
Дохк яйа яшийна.
Хуур дац цхьанна а,
Г1айг1ане эгнийла.
Малхо нур г1елдинчу
Баттах со кхеттийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Хьан деган бодашкахь,
Сатосучу седанан
Серлонца къага а.
Хуур дац цхьанна а,
Безамах хьегнийла.
Дог1анах йоьлхучу
Мархех а 1аьннийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Б1аьстенан 1алам а,
Хаздечу зезагах,
Хьан дахар кхала а.
Марша г1о хьо…
(Забаре)
Марша ва хьо,
Б1аьгаш лаьхнарг, даго ваьхнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог хьаьгнарг, сан дог эцнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог доххол декъала хилларг,
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача.
Марша ва хьо,
Са айдаллал со 1ехийнарг,
Марша ва хьо,
Дог ца диллал со тешийнарг,
Марша ва хьо,
Маьлхан дийнахь некъах тилларг.
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача.
Марша ва хьо,
Со ирсе ян дакъа кхаьчнарг.
Марша ва хьо,
Со езначийн декъахь хилларг.
Марша ва хьо,
Ас ирс даллал дакъаза ваьлларг,
Марша ва хьо,
Марша ва хьо,
Хьайн са лаьттача.
Вайшиннан безаман уьйраш,
Юьйцина и дашо некъаш.
Лаьтташ ду керла ирс кхуллуш,
Безаман марзонаш хуьйцуш.
Хьо д1аводахь…..
Хьо д1аводахь,
Буьтуш Даймохк, нохчийчоь а .
Серла дуьйлуш,
Хьо ларвина седарчий а.
Лекхчу лаьмнех
Хьох йоьттина ойланаш.
Сингаттамца
Д1ахаьрцар – кха заманахь.
Хьо д1аводахь,
Юьтуш б1аьсте, зезагаш а,
Вайн ойланех
Ийна хилла шовданаш а.
Доггах боьлуш
Вай хьистина дашо малх а,
Са б1арзделча,
Леха дуьсур дахкарлахь.
Хьо д1аводахь,
Сан са диъна буьйса, де а,
Цхьана тайнарг,
Цхьана лайнарг дерриге а,
Ахь д1ахьолахь
Кхин ца дуьтуш т1ам хеца,
Суна генахь,
Ирсан декъахь, хьай ваха.
Амма соьца мерза ойла ехар ю,
Зезагашца дахаран некъ буцур бу.
Бетта коча сирла малх а уллур бу,
Сайн нохчийчохь ирсе яха юьсур ю.
***
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам - йовхоно хьаьстина.
Хьо дог1а - латта хих 1абийна,
Со з1идиг- ахь ницкъ луш яьстина.
Хьо лам - хьайн къайленех боьттина,
Со шовда - хьан къайле аьхкина.
Хьо ирс - сан кхолламо кховдийна,
Со дахар - хьо совг1ат даздина.
Хьо безам - сан дагчу кхевдина,
Со ойла - марзонах хьаьрчина.
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам – хьан нуьрах къегина.
***
Шопаршна
Могуш, маьрша шу лоьлийла,
Некъан хьовзам боцуш цхьа а.
Дахар ирсе шун хуьлийла
Балано ца 1овжош цкьа а.
Рицкъа беркате кхоьхьийла,
Т1етт1а дебаш хьанал къа.
Доккха собар шуна лойла,
Тхан нуьцкъала амалш лан.
Г1оза, декъала керчийла,
Шун машенийн ч1ургаш д1а.
Зенах, зуламах лардина,
Шу диканца кхачош ц1а.
Свидетельство о публикации №221092401312