25 - я папка
Дац сан шуьга цхьа а дехар,
Бац сан шуна бан кхи там.
Амма ду сан дан цхьа хьехар,
Бертахь дахар, ирс ду шун.
Резванова Айза.
Маржа я1, маржа.
Лаьар- кха дагахь дерг, ма дарра яздан,
Адамаш лаьар- кха вовшашна марздан.
Дахар а лаьар- кха берашна хаздан,
Лаьар- кха массо де, нохчийн чохь даздан.
Лаьар- кха даймохк хьо, даггара хьаста,
Геналлехь къийлина дог хьуна даста.
Лаьар- кха ойланаш д1ахеца кхарста,
Шовданийн аьзнашка ладег1а б1аьста.
Лаьар- кха, мох хилла хьан мара хьерча.
Я ц1енчу 1аламца хьуна чу яржа.
Ма ч1ог1а лаьар- кха, ахь со а харжа,
Ирсечу доьзалех, маржа я1, маржа.
Резванова Айза
Ма ала
Ма ала, нохчийн къам ц1ена дац,
Телхина адамаш вайн.
Ден дакъа къонахчо духкур дац,
Г1иллакхаш дицдийр дац дайн.
Ма ала, нохчийн мотт хаза бац,
Сийсаз бан ма г1ерта и.
Сийначу бацалахь лепачу,
Зезагийн, ду иза тхи.
Ма ала, вайн даймохк ирсе бац,
Самукъне дац дахар вайн.
Седарчий санна шаьш къегина.
Кхуьуш бу вайн кегирхой.
Ма ала, къонахий бисна бац,
Уьш бу вайн лардийраш сий.
Нохчийн чохь къонахий цахилча,
Хир дацар, вайн ц1ена ц1ий.
Резванова Айза
Вай ду те замано сихдина
Вай ду те замано сихдина?
Я зама сихйина вай?
Вай г1ерта нека деш хих довла,
Генахь а доцушехь т1ай.
Тахане цалоьруш, кхане схьа
Ма еха, им йог1ур яй.
Шен болар ца дохош замано,
Д1абевлла вайн хийла дай.
Йиш ваша дитина нахаца,
Гергалло малеха х1ай.
Хьайн наха сий деш хьо ца ларахь.
Хетар ву хьо цхьалха, лай.
Х1ордах д1акъаьстина хин тулг1ие,
Латто д1ахудий д1айов.
Вон, дика шен махкахь цалайнарг,
Адмашна вицлой д1авов.
Резванова Айза
Воккха стаг, хьан стенах самукъа дели?
Маликаш даьхки те кхаъ бохьуш лере?
Я къеначу дагчохь ойла самъяьлла,
Дерриг а дицделла хьо сонта ваьлла?
Шайт1анийн шабарка ахь ламадег1а,
Къоналлийн забарш еш, ма де дог 1еха.
Дуьненан хозаллехь, эхарт ахь деха,
Некъаш ду вайна гуш, ца оьшуш леха.
Мерза са ц1еххьана, 1ожалло лацахь,
Эхартахь кечъйина хьан х1усам яцахь.
Ма шийла 1а хирду, ца вохлуш цкъа а,
Я йовха ц1е хир ю, г1о доцуш цхьа а.
Резванова Айза
Даймохк нана
Даймохк! Х1ун ду хьуна ганза?
Я баккхаза ахьа чам?
Я бу техь хьо, х1умаъ ланза?
Бан ца хууш, х1уман хам.
Хийла геналлехь сатуьйссуш,
Бу хьан доьзалаш хьо ган.
Хьан аз хезча кхача г1ерташ,
Масне хуьйди лаьтто д1а.
Буьйсанна хьо дага лоьцуш,
Ас набарна хьаббо б1аьрг.
Со санна шен махках хьоьгуш,
Хир ву генахь хийла стаг.
Хьан марзонах ойла хьерчаш,
Кийра кхехкош доьлхуш дог.
Сайн генара рицкъаш лехьош,
Ас собарца боккху ког.
Сийлахь даймохк! Хьоме нана!
Суна хиъна шуьшин хам.
Йиш елар олхазар хилла,
Шуьшин т1оьхулл баржуо т1ам.
1985шо
Резванова Айза
Даймохк хьан бакъо яц къарбала
Даймохк, хьан бакъо яц къарбала,
Хьо къийсар иэрна деш тхан.
Тхо кхета, т1амо хьо дарбина,
Ерзаза ю чевнаш хьан.
Даймохк, хьан бакъо яц къарбала,
Сингаттаме дуьтуш къам.
Хьан озе ладог1а сатуьсуш,
Айбелла бу, лекха лам.
Даймохк, хьо къарцалуш бахалахь,
Халкъанна йовхо луш хьайн.
Машаре, самукъне аьзнашца
Са парг1ат доккхуш, тхан дайн.
Хьаннашкахь олхазарш декийта,
Лаьмнашкахь уг1ийта борз,
Дог хьастий кхерчашкахь хазийта,
Ирсе дай, тхан нанойн аз.
Даймохк, хьо малх санна къагалахь,
Хьанал ду хьуна тхан ц1ий.
Т1аьхьенна беркате хилалахь,
Ларделахь, турпалхойн сий.
2002ш
Резванова Айза
Мохк бегор
Сан даймохк! Х1ун ду те хьан дегор латта?
Х1ун бала бу теша, са лоьцург хьан?
Кийра а бат1ош хьо хьовзий те готта?
Са яьлла те хьуна, къизалла тхан?
Сан даймохк! Дехар дан дац суна атта,
Дац хьуна дала жоп адамех сан.
Амма цхьа кегийра маликаш г1уьтту,
Ког баккха сатесна, латтий т1ехь хьан.
Даймохк! Со до1ийца суждане йоьду,
Къинхетам боьху ас, т1ехьенна тхайн.
Бусалбанаш хилла, иманехь г1овтта,
Ницкъ лолахь ахь царах, бай ирсан дай.
Резванова Айза.
( Ахмадова Тамара лоруш )
Х1ай зама ! Ма г1ерта со къар ян,
Дог иэшо ма г1ерта сан.
Со кхиъна дахарехь хало ган,
Амал а евзина хьан.
Буьйсанна хаза г1ан дайчи а,
1ехалой лелара со.
Безамо б1аьгашца хьестича,
Моьттура ирс сайна го.
Гуш долу 1аламан хаза сурт,
Сов уллехь и хеталой,
Юьсура беха некъ ас барах,
Цу хазне кхача цалой.
Даггара безачу даймахке,
Боьссинчу балийна дан.
Г1о шен ца хиларна т1улг хилла,
Дисна ду кийрахь дог сан.
До1а деш б1аьрхишца дехарх а,
Кхолламах яла ца ло.
Ният ду, ца йоха собарах,
Суна хьан къайленаш го.
Х1ай зама ! Ма г1ерта со къар ян,
Дог иэшо ма г1ерта сан.
Со кхиъна дахарехь хало ган,
Амал а евзина хьан.
Резванова Айза
Сан кегий вежарий
Х1ай к1ентий! Сан кегий вежарий,
Шух хили те т1улгаш ламанийн.
Я баьрзнаш хили те шух хьаннийн,
Я ду те шун синош акхаройн.
Х1ай к1ентий! Сан кегий вежарий,
Хин тулг1еш хили те шух кегий.
Я маьлхан з1аьнарех шу къегий,
Хьоьжу те тхан б1аьргаш чу лорий.
Х1ай к1ентий! Сан кегий вежарий,
Бисна те шун дагахь цхьа бала .
Цаяккхарна къинт1ера нана,
Ца кхиъна те дагахь дерг ала.
Х1ай к1ентий! Сан кегий вежарий,
Мила ву шу некъах тилийнарг.
Дахаран чиркх хьалхе байинарг.
Ца 1ебаш тхан дегнаш дууш верг.
Я Аллах1! Я Аллах1! Я Аллах1!
Собарах ца доха ницкъ лолахь.
Иманехь барт цхьаъ бай нисделахь,
Т1аьхье тхан беркате ахь елахь.
2008шо
Резванова Айза
Сайн шичана лерина (А.1.Д.)
Тийначу буьйсана,
Даьржина бетта са санна.
Ц1еначу безамца,
Хьо дагчохь вехар ву тхуна.
Хьо марша лоьлийла,
Ца лоцуш цхьана а кхело.
Диканца вехийла,
Дахарехь ца гуш кхин хало.
Буьйсанна лепачу,
Цу х1ора седанан нуьрах.
Тарделла къегийла,
Даймехкан некъаш хьан ц1арах.
Резванова Айза
Кху дуьненах ч1ог1а 1ехавелла,
Вог1у хьо ца лардеш олу дош.
Зама едда йоьдуш ю сихъелла,
Хан д1акхоьхьу цо, вайн хам ца беш.
Хьарам кхачанах хьайн кийра бузий,
Кура хьоьжу кху дуьнене хьо.
Амма 1ожалла ю те1аш улле,
Цо куралла тухий йожа йо.
Собаре верг, г1ийла миска лоруш,
Къизаллийца дог ахь 1овжа до.
Цхьа де дог1у т1еххьара г1улч юстуш,
Къонахийн мах эццехь хада бо.
Резванова Айза
Къагалахь дашо малх, хьо серла балий,
Хьасталахь нохчийн чоь, йовхо луш хьайн.
З1аьнарийн куьг хьокхуш, дасталахь латта,
Ден делахь бецахелг, ахь рицкъа лой.
Халонна, харцонна цата1ош корта,
Ницкъ лолахь ахь лардан, даймехкан сий.
Тхо бахьнехь йоьхь 1аьржа ма делахь лахьта,
Лай хилла ца баьхна, тхан оьзда дай.
Самукъне аьзнашца шовданаш декош,
Зезагех кхелина аренаш лепош.
Бахалахь тхан даймохк, хьанал къа дебош,
Ирсан мукъ даиман, хьайн буйнахь сецош.
Резванова Айза
Кхин х1ун ирс ду
Син парг1ато шайна лоьхуш,
Кхечу махка ихнарш д1а.
Хир буй теша, парг1ат бехаш,
Са цахьийзаш даймохк ган.
Дерриг дуьне серла доккхуш,
Б1аьсте йоьлуш йеъча т1е.
Сан са т1ома долий доьду,
Сайн махкахой гулбан ц1а.
1ожалла ю когех хьерчаш,
Новкъалло еш боларна.
Замано а тукур туьссуш,
Дацдо некъаш дахаран.
Сан дог доьлху, Деле доьхуш,
Рицкъаш маьрша дерзор ц1а.
Доьзалех б1аьрг тоха хьоьгуш,
Хийла наной кхелхи д1а.
Ойла ейша, х1ай махкахой!
Къизалла д1аиэккхаяй.
Барт боцуриг, кхин х1ун ирс ду?
Доьзалашка кховдо вайн.
Резванова Айза
Ненан лаам
Малх схьа кхеташ, и чу бузуш,
Хенаш хуьйцу замано.
Ворх1 дуьненна го туьссийтуш,
Ойла йойту балано.
Собаре дог кийрахь сецош,
Шашах б1аьргех уьду хиш.
Аьро аг1он т1е куьг хьоькхуш,
Сингаттам бу ненан гуш.
Цуьрриг шеко дагт1ехь йоцуш,
Муьлхха хенахь йоьллуш не1.
Нанас к1антах дог ца дуьллуш,
Массо хенахь лар бо кхаъ.
Х1унда бу сан кхоллам къиза?
Бохуш тийжаш нана яц.
Къайлах хастам беш цо хеза,
Делер доцуш х1уммаъ дац.
Нагахь вацахь, кху дуьненахь,
Аллах1! Хьайн къихетам бай.
Ша лехна ирс, цу эхартахь,
Лолахь, г1азот къобал дай.
Резванова Айза
Кехатийн зама
Мацах цкъа дуьйцуш хезнера вайн дайша,
Гергалло кехатца хир ду вай неха.
И зама ю вайгахь тахана хьаша,
Иза а д1аг1ур ю, дуьтуш вай даха.
Мила ву и кехат? Сий деш ахь лара,
Ву теша веъна и вазвина Дала.
Веш - йишех, гергарчех, волуш сов хиера,
Хьо цуьнца ца къаьсташ, самукъне лела.
Са а дац, ц1ий а дац, амма и лора,
Цхьанне а ц1е тоьхна, деъна ца лела.
Шайт1а ду, адамаш дохуш дерг хиера,
Стагна шех тарвеш дерг, дуьненан эла.
Дуьне а лаьттар ду, дахар ду доца,
Да-нана, йиш – ваша, 1ожалло лоцу.
Кехаттам ахча ду, амма дац деха,
Ахчанца гергалло, дуьсуш ду боьха цо
Резванова Айза
Беркате йо1
Ахь х1унда гатдо са ,
Паччахьа нана.
Совг1ат делла хьуна,
Везачу Дала.
Билгал веш мух1арца,
К1ант хьуна велла.
Ц1ена некъ маршонна,
Ша цуьнга белла.
Ларамза вас ярна,
Кхоьруш ша дашца.
Буьйцу мот сов к1еда,
Цо вайн адмашца.
Хьеста луш вац иза,
Шен халкъ цо хьоьсту.
Х1оранна дагчуьра,
Ша дашца босту.
Беркате йо1 хилла,
Паччахьан нана.
Совг1ат ду махкана,
К1ант цо кхиийна.
Бохуш до дозалла,
Хьан к1антах наха.
Даггара баркалла,
Хьо нанна олу.
Резванова Айза
Адмалла
Адам дезар г1алат делахь,
Со г1алат ю и бакъ ду.
Адмех тешар г1алат ларахь,
Юха а со, г1алат ю.
Адамийн дог хьаста лаар,
И г1алат а соьца ду
Реза ю со г1алат хила,
Адмийн бала айбеш д1а.
Г1алат делахь адам хилар,
Шеца долуш адмалла.
Резванова Айза
Дахар лай
Цкъа хьостий дела деш,
1овжадой делхош.
Вайн г1ийла синош ду,
Дуьнено ловзош.
Вайн майра дегнаш ду,
Куралло 1ехош.
Вайн г1ора дог1маш ду,
Цамгарша иэгош.
Зама ю дахаран
Орамаш хедош.
Толаман байракх ю
1ожалле кхийдош.
Вай цкъа а ца хилла,
Дуьненан дай .
1ожалла ю эла,
Ткъа дахар , лай.
Резванова Айза
Эший хьо, замано
Дакъаза ма дала, кийрара хьо дог сан.
Х1унда хьо г1елделла, некъ юккъе кхачанза?
Ойланийн архаш а, есале хецна д1а.
Самукъне хилла аз, къарделла хеза схьа.
Г1о-накъосталлина, ма кийча дара хьо,
Г1ийланиг, мисканиг, гергара вара хьан.
Нийет а хьан ц1ена, х1ун бахьна ду дохо.
Хьо х1унда къар дели, иэший хьо, замано?
Делла ма дала хьо, буоь берах тарделла,
Сел миска хьо хилча, мила хир сан эла?
Хьох накъост сайн вина, балхийна къа-бала,
Мила ву тешаме сан сина, кхин хьолла?
Балано 1овжорах, дахар д1ахедаш дац,
Вон-дика цахарца, заманан бакъо яц.
Дакъаза ма даларг, сан дехар ду хьоьга,
Г1елделла дисарх хьо, доха ма дохалахь.
Резванова Айза
( Паскаев Рамзана 60 шо кхачарца )
Беха некъ дахарехь ас бина,
Бустийтуш ойланца соьга.
Пондаран озо схьа мелл гина,
Суьртех сан даге жоп доьху.
Пондаран озо са доссадо,
Самукъне жималлийн ирзе.
Б1аьрзениг ойланца воссаво,
Ша ган сатесначу ирсе.
Пондаран дут1къа аз тийссало,
Чов хилла бисна муо ийзош.
Кхолламца дог кхин цакъийссало,
Азаллийн бакъонаш лоьруш.
Уьдучу замано туьссу го,
Пондаран озе ладоьг1уш.
Хьосту дог мерзачу безамо,
Д1аяхна хан карла йохуш.
Генара сурт хьалха х1иттадо,
Ойланца яхна хан луьстуш.
Жима а, воккха а ирсе во,
Кийрара дог ловза дохуш.
Резванова Айза
( Уциев Абуна )
Жоп дели
Ма ч1ог1а хьийза беш,
Керча беш, луьсту ахь,
Ширделла дешнаш а,
Лоьцу ахь, цеций чохь.
Сов къена и дешнаш,
Куьйла до ахь лехьош.
Бохучун, хьекъале,
Жоп дели ахь кхетош.
Хеста беш, бела беш,
Бер санна хьоьстуш.
Ламазан хенаца,
Карла а боккхуш.
Нохчийн мотт, марзонца
Мел буьйцу къонлуш.
Бехар бу вайн даймохк,
Халкъана ирс луш.
Резванова Айза
Маржа я1,маржа я1, хьо маьлха дуьне,
Довзале, дезале дитнарг ву ирсе.
Марзоне хьан кхача, доьналла оьшу,
Цул т1аьхьа хьо дита, къонахалла оьшу.
Резванова Айза
Алахьа х1ай сан дог,
Хьо х1унда деттало.
Хьалхачул сихделла,
Самукъне кхийсало.
Б1аьстенан 1аламо,
Хьо карзах доху те.
Я бовха кхаъ кхийдош,
Синхаъмо хоьсту те.
Безамо тешадеш,
Нур серла дог1у те.
Я мерза мут милош,
Дахийна лела те.
Алахьа х1ай сан дог,
Хьо х1унда деттало.
Хьалхачул сихделла,
Самукъне кхийсало.
Резванова Айза
Д1абайна безам
И хилла жималла, самукъне зама,
Хазачу дешнех а 1ехало хан.
Дахарехь лела а, хала дац 1ама,
Хала ду, вовшеха цатешаш 1ен.
Кхолламан къайленех кхуьур вац атта,
Дерриг а цанисло, хуьлуш шех там.
Къаьхьалла ма йита, ахь дагчохь латта,
Мерзачу безаман талха беш чам.
Хазачу 1аламца ойланаш йоькъуш,
Собарца туьттура баланаш д1а.
Даггарчу безамца, г1иллакхаш лоьруш,
Дог дуьзна яра со, безамо хьан.
Ахь боху, безамо дог дагош лела,
И даго ц1е йиснехь, хета хьан ирс.
Т1еххьара суй байна, ойла шелъелла,
Сан коьрта йиллина, замано йис.
Резванова Айза
Нур дашо малх кхеташ ца хилча,
Ма 1аьржа хир дар-кха сирла де.
Бетта са седарчий ца кхетча,
Хир яр-кха буьйса сингаттаме.
Ма цхьалха хирдар-кха дахар а,
Вай вовшен деза ца кхоьллинехь.
Кхолламо вай ирсе дан лиъна,
Безачийн некъаш ца хиттинехь.
Бохь лекха ламанаш ца хилча,
Куц дайна дар-кха вайн 1аламан.
Дайн оьзда г1иллакхаш ца хилча,
Дацар-кха хьесап кху дахаран .
Сан ц1енчу къомах к1ант ца хиллехь,
Ма яйна яр-кха хьан хозалла.
Даймехкан сийдеш хьо ца хиллехь,
Дацар-кха, сан хьох дан дозалла.
Резванова Айза
(Жимачу Азина)
Мела мох, х1иллане шок лекха боьлчи,
Ду моьттуш баьстенан самукъне аз.
Малхаца, 1аьнан цхьа де ловза даьлчи,
Сихделла марг1ало, хийцира заз.
Г1уора т1елетарх а, ша-м1араш къийзош,
И хазлуш къегира, цец доккхуш 1а.
Даш санна, дазделла, ло чучча хьийзош,
Цо къиза, хьулйира, и хазна д1а.
Замана гуш яра, ойла цо йина,
Г1о дан йиш йоцуш ша, хетарна г1ийла.
Мохь тоьхна йилхира, и цуьнан къина.
Г1а-бецо оьцийла-кха, бохуш:-хьан ч1ир.
Еъна схьакхечира, и къуона б1аьсте,
Лайн чимаш делхадеш, 1иенийра хиш.
Жовх1арех лепачу, шовдана хьостехь,
Марг1ална хазийра безаман йиш.
Резванова Айза
Хьо х1унда ца кхета сох
Чуртана боьг1на т1улг санна,
Лаьтта со ойла еш хьан.
Ахь безам д1атиттар гена,
Х1ун ду техь?- Ца дуг1уш ла.
Безамо жималле йигна,
Лела со лууш хьо ган.
Кураллийн ч1аг1онаш эгна,
Дог эшош когашк1ел хьан.
Шайт1ана мох хилла хьийзаш,
Сан дагчохь безам бу хьан.
Дит т1ера г1аш санна ийзош,
Идош сан ойланаш д1а.
Геннара вог1уш хьо вайча,
Б1аьргийн нур сан хьерча хьох.
Сан дагна хьо везаш хилча,
Хьо х1унда ца кхета сох?
Резванова Айза
Дагчохь кхиина безам
Ма хьежа соьга схьа, хьайн б1аьргаш делош,
Ма г1ерта сан деган къайленаш ган.
Ламанех бухдуьйлу шовданаш милош,
Сайн дагчохь кхиийна безам бу сан.
Ойланех сан хьерчаш дог ловза дохуш,
Сан б1аьргаш седарчех цо къагадо.
Безаман мут даго пхенаш чу уьйзуш,
Дахаран марзонах со 1аба йо.
Балано 1овжийна дог худаделча,
Шен ховха 1аьнарца дог досту цо.
Къизачу кхолламо г1елйина яйча,
Дог хьостий керла ницкъ цо суна ло.
Ма хьежа соьга схьа, хьайн б1аьргаш делош,
Ма г1ерта сан деган къайленаш ган.
Ламанех бух дуьйлу шовданаш милош,
Кхиинчу безамах къаьстар яц со.
Резванова Айза
Д1аьвше безам
Муьлхха аг1ор со д1ахьежарх,
Хьан сурт хутту дуьхьал схьа.
Кхечунна со ела къежарх,
Ойла хьерча хьоьха сан.
Хьан г1алаташ дага лоьцуш,
Хьо д1ахерван г1ертарх со.
Хьан безамо дог д1алоьцуш,
Дагчохь сецна вели хьо.
Хьан безамо лоцучул а,
Лаьцнихьара лазаро,
Моллийн, лоьрийн дарба лехна,
Йийр яра цхьа парг1ато.
Кхин молха дац, кху сан дагна,
И хьан д1авше безам бен.
Цкъа хьан безаман мут мелла,
Дита реза ю дуьне.
Резванова Айза.
1айшатина
Дерриг дуьне серла доккхуш,
Малхо шен нур даржа до.
Сан дог кийрахь ловза дохуш,
Гучу йолу 1айшат хьо.
Маьлха з1аьнарш санна къиега,
Мохо ловзуо месаш хьан.
Стигал санна сирла б1аьргаш,
Доьлу ойла 1ехош сан.
Бешахь кхиъна хаза зезаг,
Хьоьстуш гонах хьийза мох.
Цуьнан кхолламах дог хьоьгуш,
Сан б1аьргийн нур хьерча хьох.
Дуьне талла йоьду ойла,
Марзо лоьхуш дахаран.
Дахар дац-кха цхьа а хьесап,
Хьоьха ваккхахь кхолламо.
2004шо.ан.
Резванова Айза.
Зезаг ду сох кхета дерг.
Хаза зезаг, иэрна арахь кхиъна,
Наггахь мархаш дуттуш дог1ан хи.
Малх бохбелчи, лаьтте охьа таь1на,
Мохо сеттош лаьсташ лаьтта и.
Иштта безам бу сан дагчохь кхиъна,
И зезаг ду цунах кхета дерг.
Ц1ена безам, шовда сан
Вац сох кхеташ дагна везаш верг.
Йоьду со и хаза зезаг хьаста,
Цуьнга дуьйцу ас сайн дагахь дерг.
Рицкъа доцуш йиш яц кхоллам хила,
Цхьаъ хир ву-кха, сох а кхета верг.
Резванова Айза
Д1аьвше безам
Муьлхха аг1ор со д1ахьежарх,
Хьан сурт хутту дуьхьал схьа.
Кхечунна со ела къежарх,
Ойла хьерча хьоьха д1а.
Хьан г1алаташ дага лоьцуш,
Хьо д1ахерван г1ертарх со.
Хьан безамо дог д1алоьцуш,
Дагчохь сецна вели хьо.
Хьан безамо лоцучул а,
Лаьцнехьара лазаро,
Моллийн, лоьрийн дарба лехна,
Йийр яра цхьа парг1ато.
Кхин молха дац, кху сан дагна,
И хьан д1авше безам бен.
Цкъа хьан безаман мут мелла,
Дита реза ю дуьне.
Резванова Айза
Шовдана йистехь со лаьттара,
Йоккхаеш безамах сайн.
Ц1еххьана ахь соьга хаьттира,
Вуй теша хьан дагчохь кхин.
Йиш йоьхна, ницкъ боцуш хаийта,
Хьо бахьнехь дог догуш дуй.
Ойла еш со хьоьга д1ахьаьжчи,
Къегира б1аьргаш, ши суй.
Ягийча санна со ц1ийелла,
Йирзира малх балехьа.
Малхо шен нур серла къагийна,
Набарха яьккхира со.
Резванова Айза
О счастье
Я жду тебя,годами,днями,
Зову тебя, молясь ночами.
Я о тебе всегда мечтаю,
О счастье! Где же ты?-незнаю.
Ночные сны я отгоняю,
Я с звездами рассвет встречаю.
Стобою встретиться мечтаю,
Но где нам встретиться?-незнаю.
Читаю книги о тебе я,
Я слышу песни о тебе.
И вижу это всё втебе я,
Ах счастье,ты ведь жизнь моя.
Ты жизнь моя, бежишь куда,
Ведь не вернёшься никогда.
Прошу тебя, ну погоди,
Побудь сомною,до зори.
Любовь свою втебе нашла я,
Я вижу мир в родном краю.
Другого счастье не ждала я,
За это жизнь, благодорю.
Резванова Айза
Безамах доьзна ирс
Беха некъ бу, дахарехь ас бинарг,
Йисте кхочуш лаьтта х1инца со.
Мерза безам, сан дахарехь хилларг,
Генна т1яхьа сецна суна го.
Дега безам, юха хьаьжчи гушшехь,
Со жималло чеха йора д1а.
Д1амахьежа, бохуш, и хьо иэшахь,
Кхочур ву хьо лоьхуш, т1аьххье схьа.
Къегий йоьлуш, дог сан дохуш кура,
Хьоьстуш дахар, хаздеш суна сайн.
Ткъа куралло, мот сан сецабора,
Суна хьалха дуьллуш, дашо т1ай.
Дахаран некъ, кхечи х1инца йисте,
Хих со ели, лоьхуш ирсе т1ай.
Ткъа ирс хилла, сан безамах доьзна.
Цунах дисна сунна, дуткъа тай.
Резванова Айза
(Абдулазимов Халидан доьзална)
Турпала йиш-ваша
Сан ненан вежарий,йижарий ненан,
Сина мерза кхача шу, дахаран орам.
Сан деган йовхо шух, даглаьцча х1ора.
Къастаран ойлано иэшадо г1ора.
Шун дегнийн пхенаш ду, вовшеха доьзна,
Цхьанне дог 1овжийча, вукхера лоза.
Шух дечу дозалло, кийрахь дог дуьзна,
Йоккхаъеш лардо ас, халонан доза.
Халидан доьзалехь ца хилла цхьа а,
Уосалчу ойлано сак1амдеш цкъа а.
Вон-дика дерзийна барам цабустуш,
Комаьрша г1иллакхаш шайнех цадуьхкуш.
Яхь йолчу къонахчух схьадойлла дегнаш,
Дукха бу шу санна, шаьш хила хьегнарш.
Ц1ена хиш, бух болу шовданаш лору,
Шу санна йиш-вешех,турпалхой олу.
Резванова Айза
Везачуьнга
Сунам хаац, сел сов реза хилла,
Дог хьо волчу х1унда г1ерта сан.
Ойланаш а керчаш тулг1еш санна,
Хьан аматах хьерчаш уьду д1а.
Къайлаха сайн кхолламе хьо воьхуш,
Дагчохь безам хьул бан г1ертарх со.
Хьо схьагича, б1аьргаш чухул къегаш,
Безаман нур хьуна делало.
Когийн п1елгаш чуьра дуьйна зизош,
Хьан безамо сан са ийза до.
Доьху хьоьга, б1аьргашца цкъа хьастий,
Сайн дахарехь, ирсе ехьа со.
Резванова Айза
(Резванов Хьасан декъал веш)
Тахана 1аламца,
Малх ловза баьлла.
Хьо вина де лоруш,
Б1аьсте ю яьлла.
Кху дийнах кхаъ хилла,
Сам даьлла латта.
Самукъне шен кузаш,
Даржийна лаьтта.
Басаршца кечделла,
Зезагаш сетта.
Мехкарша къайлаха,
Хьоьга б1аьрг баьтта.
Ялг1итта шеран некъ,
Замано буьсти.
Жималлийн амало,
Хьан баьргаш хьаьсти.
Де - буьйса хийцалуш,
Ирс алсам дуьйлуш.
Безаман мерза мут,
Дахарехь муьйлуш.
Тешаме накъостийн,
Сий, ларам болуш.
Хьо г1оза вехийла,
Дог ловза дуьйлуш.
Резванова Айза.
Кхолламан а ю къайле
Б1аьргаш а стенна къегина,
Йоьхуш со хьан дагчу д1а.
Деган не1 ю хьан къевлина,
Дог1а а дац яста схьа.
Дог кхийсало х1унда карзахе.
Сярла даларх 1аьнан де.
Малх къагарх а йовхо цо ца ло.
Ткъа дагна безамо бен.
Когаш 1уьйра дуьхьал идарх а.
Кхача ца ло баьстене.
Шен зама ю массоъ х1уманна.
Кхолламан а ю, къайле.
Резванова Айза
Кхолламан кхел
Хьоьх бина сайн сина хьегам,
Хилла хьан безаман лай.
Леллера со жимчохь дуьйна,
Хьо гар а ирс хеташ сайн.
Сан дог а шех кхача хилла,
Лаьттина безамна хьан.
Дити ахь са туьйсуш 1илла,
Дуьненах байина чам.
Шерашкахь къийлина ойла,
Сатийсам, и мерза хан.
Ца туьгуш 1одика-гойла,
Д1аели шех хилла г1ан.
И ю-кха безаман амал,
Йовр йоцчу марзонан кхел.
Ца бустуш сан сина барам,
Дог къуьйлу цо, хьийзош гел.
Резванова Айза
(Керимова Майсина)
Ладог1а ахь соьга сан хьоме Майса,
Сан дагца схьаийна хьо жимчохь дуьйна.
Самукъне хьо хилча дог доьлуш хьоьца.
Г1айг1ане хьо яйча лууш дог иэца.
Сайн дагчохь гулъелла безаман марзо,
Лаьаркха тахана хьоьга д1акховдо.
Хьан х1усмехь йостийла лаьаркха Дала
Ирс бухах дуьйлу хьост, цалекъаш цкъа а.
Лаьтта т1ехь хиш санна даьржийла шорта,
Лаьар-кха беркате рицкъа хьан керта .
Цагуш хьайн доьзалехь дог 1овжош бала,
Дахарехь юттийла ахь ирсе г1ала.
2004шо.
Резванова Айза
( Дагаев Валидана )
Жимчохь дуьйна ас ла доьг1уш,
Хьан аз суна девзаш ду.
Вайн даймехкан иллеш олуш,
Хьан зевне аз хаза ду.
Денна хийцалуш схьахеза,
Къона илланчийн аьзнаш.
Царна юккъехь къона хета,
Ахь олуш долу иллеш.
Вайн даймехкан хозаллийца,
Хьан зевне аз дог1уш ду.
Ахь иллешкахь ма хестора,
Вайн исбаьхьа даймохк бу.
Ломахь озах хьан тарделла,
Дека шийла шовданаш.
Сайн бан беза некъ бицбелла,
Со ю царга ладоьг1уш.
Б1е шерашкахь идарх зама,
Хийца яларх бакъонаш.
Даймохк даим къона хир бу,
Хьан аз цуьнца дехар ду.
1987шо.
Резванова Айза
Гуьйренан раг1
Шен амале 1алам дерзош,
Гуьйрено раг1 ийци схьа.
Мохо ийзош диттех къаьстош,
Г1аш аренга кхоьхьу д1а.
Цкъа малх къега, кхийдош з1аьнарш,
Гуьйрене шен саламца.
Т1аккха йоьлху, мокха мархаш,
Латта лийчош дог1анца.
Генна стиглахь, нисдеш мог1наш,
Г1ийла аьзнаш хазош схьа.
Г1арг1улеш ю, дог цадог1уш,
Кхечу махка йоьлхуш д1а.
1аламо т1еоьцу лоруш,
Х1ора хан а замана.
Цуьнан йиш яц, 1а баьстенца,
Хийца вайна томана.
Резванова Айза.
Дена, нанна сайн б1аьргийн хиш дайча,
Сингаттаме уьш хиларна кхоьруш.
Йиш вешина доьналлехь со яйча
Собаре уьш хиларе сатуьйсуш.
Адамашна уосала цагайта,
Кхоьлина сайн ойла серла йохуш.
Со леларх а, 1ожалла, ду хьоьца,
Доттаг1алла ас даиман лоьруш.
Наггахь йог1ий сан куьг ахьа лоцу,
Сан мерза са хьайца ловза дохуш.
Амма цкъа а со шек а ца йолу,
Машаре дерг, тоьлуш ду – кха бохуш.
Резванова Айза.
Бераллех дагадовлар.
Массо х1умнах кхета йоьлчи,
Вай бераллех къесташ го.
Цуьнца ийна саца лиъчи,
Замано д1ачеха йо.
Вайн ловзар а,вайн делар а,
Хир ду моьттур даиман.
Ткъа бераллехь 1еха делла,
Яьхьнарг хилла к1еззиг хан.
Вайн бералла вовшах хуттуш,
Теснарг хилла дуткъа тай.
Дахарехь ирс лаха олуш,
Вайна дилли,дехха т1ай.
Нанас бина доьзал санна,
Цхьана доьшуш яхна хан.
Сан дахаран,седа хилла,
Суна лепа даиман.
Вайн бераллех дага довла,
Тахана вовшах кхетта вай.
Вай ирсе гуш сакъералуш,
Вайца бу вайн хьехархой.
Шайх дай-наной тхуна хилла
Лаьттина тхан хьехархой !
Ас баркалла олу шуна
Ирсе дарна дахар тхай.
Резванова Айза.
Бераллийн х1усме хьошалг1а.
Даггара моршалла ду хьоьга,
Тхан мерза доттаг1а бералла.
Тахана дуьссу тхо ойланца,
Сирлачу хьан х1усме хьошалг1а.
Сатуьйсуш хьан зевне аз хаза,
Б1аьргашца хьан суьрташ луьстуш.
Вовшашка хьоьжу тхо безамца,
Самукъне хан карла юьлуш.
Цу серий тог1ийчохь ловзарга,
Хитти тхо к1еззигчу ханна.
Цергех хи туьйссуш цу марзонга,
Г1ерта дог юха а денна.
Дехар ду тхан хьоьга,х1ай зама!
Ца дуьтуш тхан дахкар иэрна.
Хьасталахь, 1ехаеш къаналла,
Ахь х1етахь, бералла санна.
Резванова Айза.
Хьайн нана резаяй валалахь хьо новкъа
И хьастий даккхалахь, цуьнан дог ахь ловза,
Делера пурбанца кхаъ бахьаш шаьш бовха.
Стиглара маликаш дуьссур ду хьо вовза.
Даггарчу безамца ненан ц1е яккхалахь,
Хьайн лаам иеша бай, цуьнан дош ларделахь.
Ненера, даьллехь а г1алат ма ларалахь,
Вай Далла хьалхахь хьо, йоьхь к1ай хир ву хьуна.
Мерзачу безамца хьан б1аьргаш хьистинарг,
Хьоьгарчу лазаро кийрахь дог цистинарг.
Хьуна чу са дуьллуш шена юкъ йихкинарг,
Хьан нана ю хьуна, собаре хилалахь.
Шен нана хьистинарг, дахарехь хьаьстинарг,
Шен нана елхийнарг, дахарехь иешийнарг .
Шен ненан сий динарг, сийлалле хоттийнарг,
Вайн Дела ву хьуна, тидам беш хилалахь.
Резванова Айза
Б1аьстенца бецан-хелг санна,
Денъеш сан дахаре ойла.
Безаман мут мийлош денна,
Хьо дог сан 1ехийна ваьлла.
Мархаш а иэт1ош чекхйоху,
Цу малхо шен з1аьнарш санна.
Б1аьргийн нур дагах чекхдохуш,
Иэший ахь сан кура ойла.
Со лаьтта хин б1аьра хьоьжуш,
Б1аьргашца хьан амат лоьцуш.
Хин тулг1еш со шайх а хьегош,
Д1аоьху вовшеха хьерчаш.
Резванова Айза.
Ас къамел до беллачаьрца.
Ас хеттарш до, беллачаьрга,
Кешнийн кертахь йола луш.
Хьолах дуьзна, дуьне лаьтта
Ткъа шу ма дац, дист хуьлуш?
Дела хьукма т1ехьа туьттуш,
Майрра дууш леллариг.
Я хьарам дерг, шеха къаьстош,
Хьанал рицкъа лехнариг.
Цхьа воккха стаг, хьаста велла,
Телхин лела моьттуш со.
Хаттар деш, вист хили соьга:
Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша, жоп делира
Хоуьйтуш сайн дагахь дерг.
Ас къамел до, беллачаьрца
Кхето лууш, сачохьверг.
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарех дисна ду.
Кху дуьненах 1еха ца луш,
Леллачара, дитна ду.
Иллеш
Резванова Айза
Марша дог1ийла керла шо
Х1е-х1ей ! Цхьа барт хили вовшах кхета х1ей ,
Оьзда г1иллакх карла доккхуш дайн.
Вайга веъна дети санна к1айн,
Хьаша т1е ца эца йиш яц вайн.
Х1е - х1ей ! Марша дог1ийла хьо керла шо,
Ирсе, баьркате хуьлийла хьо.
Жима, вокха бериг махкахой,
Сайн иллийца ас шу декъала до.
Х1е-х1ей ! Б1аьрг ма хила вайн кху буьйсанна,
Кхуьуш долчу вайн седарчешна.
Б1аьрг ма хила нохчий чоь хьуна,
Дала делла хьо совг1ат тхуна.
Х1еей !
Резванова Айза
Нохчийн мотт
Кхолламо йигарх д1а, махкана гена,
Дог ду сан бусалба, ду нохчийн ц1ий.
Дай г1иллакх, ненан мот, ду сан дозалла,
И дицлахь, д1а довр ду, къонахчун сий.
Дай - наний лоруш верг, Дала а лору,
Бохуш, цу Къор1ано, беш хьехам бу.
Ша винчу ненан мот, хера ца болу,
И марзо, шен ц1ийца д1аийна ю.
Сан баьргаш дуьххьара, бераллехь доьлуш,
Безамца схьалаьцнарг ненан сурт ду.
Мерзачу озаца сан амал 1ехош,
Нанас со хьистинарг, нохчийн мотт бу.
Ламанех схьадуьйлу, шовданийн санна,
Ц1ена шен бух болуш, нохчийн мотт бу.
Дашочу 1аламца, куц хуьйцуш денна,
Къегина лаьтташ берг, сан даймохк бу.
Резванова Айза
Сан г1ала
Кхолламо гена со яхарах,
Дог ойла хьоьца ю сан.
Геналлехь г1елъелла йисинчохь,
Г1ала ахь сунна ниц1къ ло.
Т1ехьа олу
Сан г1ала,
Денна хьо хазлуш ю.
Дахарехь,
Марзо сан хьоьца ю.
Даиман.
Хьо хестош дека сан зевне аз.
Сан г1ала,
Йоккхайеш лела со,
Дахарехь.
Ахь ирс луш еха со,
Самукъне.
Сан деган марзо ю хьо.
Хьан шийла шовданех къурд банза,
Хан яьлла хьогах ю со.
Сирлачу урамех доггаха,
Б1аьрг тоха хьегна ю со.
Т1ехьара олу
Сан г1ала!
Соьлжа хин тулг1енех,
Хьерчина,
Б1аьстенан 1аламца,
Яьржийна,
Ойланца хьан х1усме йоьрзу со.
Сан г1ала!
Б1аьргашца даиман хьистина,
Даггарчу безамца ,
Къастийна,
Сан деган марзо ю хьо.
Сайн сина пхенех ас буьллур бу,
Дег1аста чу боху некъ.
Дагт1ера салам д1акховдор ду,
Мохь туххуш нана-даймохк.
Т1ехьара олу
Сан г1ала!
Хьоьгара моршалла хетийна,
Кийра ,
Хьан марзонах,
1абийна,
Ирсах ас дузур ду сайн дахар.
Сан г1ала
Дайшкара
Г1иллакхш марзйина,
Оьздачу наноша
Сий дина,
Сан деган марзо ю хьо.
Резванова Айза
Хьалхара –Марта.
Машаре малх кхетта,
Къегийла хьо Марта.
Беркате дебийла,
Комаьрша хьан латта.
Ирс 1енош даьржийла.
Хьан х1усмехь нур бетта.
Хьайн сий мадойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Б1аьстено хьоьстийла,
Хьо мелчу мохаца.
Баланех ц1анйойла,
Дарбане дог1анца.
Яхь йолчу къонахийн,
Дог дуьзна хьо лаьтта.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Х1ай Марта! Сирла хи,
Хьо марша дог1ийла.
Хьайх къурд бан хьегначийн,
Хьогалла яйина.
Тулг1ешца хьерчаш тхан,
Бералла хьистина.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Хьан мерза марзонах,
Кийрар дог 1ебар дац.
Хьо санна самукъне,
Кхин меттиг карор яц.
Хьо хьоьстуш даиман,
Сан даго мохь бетта.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Резванова Айза
Х1унда ца хаьржи со
Хьайн б1аьргийн нур,
Даржош жимчу дагчохь сан.
Серла деккхи,
Ахь сан дахар тардеш г1ан.
Хьан безамах,
Хьерча х1инца ойла сан.
Б1аьргаша хьо,
Ца1 ву лоьхург даиман.
Хьомениг сан.
Т1аьхьара олу
Х1унда хьега йо,
Ахь хьайн безамах со.
Х1унда ца хаьржи,
Со хьан кхолламо.
Безамна хьан,
Ц1е тилийна
Ехар ю со,
Хьо везарна.
Ас доьхур ду,
Сайн кхолламе ирс хьуна.
Вай къасторах,
Оьхазло ца еш цунна.
Сайн дахарехь,
Безам бовза ирс делла,
Хьан ц1е яха,
Бакъо сайна яларна.
Хьомениг сан.
Т1аьхьара олу
Резванова Айза
Безаман лар
Къайлаха хьоьжуш хьан б1аьргаша,
Ойланех дуьзира дог.
Эхь хетта ц1ий елла беснеша
Лап аьлла тийналла х1оьттира,
Хаъелла безаман лар.
Мохо шен шабарш а совцийра,
Хотталуш безачийн уьйр.
Б1аьргийн нур вовшеха хьаьрчира,
Вай довза бахьана хоьттина.
Вайн дегнийн уьйраш а юьйцира,
Безамо дашочу з1аьнаршца.
Хьан б1аьргаш седарчех къегира,
Йийсаре лоцуш сан дог.
Когаш к1ел бетта са даьржира,
Къобал беш безаман некъ.
Ц1еххьана буьйсанах де тардеш,
Дахарехь къегира нур .
И хилла мерзачу безамо,
Ирсана диллина кор.
Б1аьргийн нур вовшеха хьаьрчира,
Вай довза бахьана хоьттина.
Вайн дегнийн уьйраш а юьйцира,
Безамо дашочу з1аьнаршца.
Резванова Айза.
Вог1ур ву со.
Б1аьстенан заз санна хьо сайна яйча,
Безамо б1аьргийн нур сан къага до.
Саде1ар ца тоьуш, кийрахь дог соьцу,
Воккхавеш дахарехь йовзарна хьо.
Самукъне боларо, дег1а куц хаздеш,
Урамехь хьо йог1уш сакъерало.
Хьоьгарчу безамо дог ловза дохуш,
Со санна ирс долуш кхин стаг ца го.
Безамо безачийн ойланаш хуьйцу,
Цхьаъ хьосту, кхечуьна дог 1овжадо.
Азаллехь синошна дехнарг ло боху,
Ас х1етахь дуьйна а къастийна хьо.
Кхолламо яздинчу ирсах ца тешаш,
Уллешхул т1ех юьйлуш д1аоьху хьо.
Вайн дахар ирсе дан сайн бакъо лоьруш.
Хьо сайна д1айига, вог1ур ву со.
Резванова Айза
Тешнабехк
Хьайх тешаш хьо везаш, лелачу йо1на,
Хьайн дагахь хилла ахь, лелош дерг х1илла.
Йо1 езаш, тешаме дог долчу к1анта,
Вити хьо и х1илла, хьайн дагчохь 1илла.
Тешнабехк, тешнабехк, соьца цахилларг,
Тешнабехк, ахь суна бан лоьруш хилларг.
Тахана тешнабехк бу, хьуна хилларг.
Къаьсти хьох, хьо везаш тешаме хилларг.
Де хуьйцуш буьйса а, йог1ур ю тийна.
Йочана, йиекхалур, малх кхетта сирла.
Шовданаш сан ц1енчу ойланех ийна,
Мийлар ахь иэрна ду, хьайн хьогаллийна.
Безамах ца къаста реза ша хилла
Хьаьжнарг а хир ю-кха, шен ирсе г1ийла.
Хьан дега къайленаш собарца зийна,
Со-м дохко ца яьлла, хьо везар витна.
Резванова Айза
Со-м лела дагахь яц.
Акхтарга г1а, санна дегош,
Сан дега пхенаш ийзадо.
Безам бахна, ас ен ойла,
Ахь ирчу дашца хеда йо.
К1ант вала самукъне,
Дош ала сан ойла 1еха яьш.
Со-м лела дагахь яц,
Кийрара дог хьоьха хьега деш.
Кху дуьненан, хозалла хьан,
Б1аьргаш чу хьежчи суна го.
Сан синкъерам, марзо безам,
Ирсе хилар хьоьх доьзна ду.
Кант суна ма вела,
Сан дагчу бергийн нур 1енадеш.
Со – м лела дагахь яц,
Кийрара дог хьоьха хьега деш.
Сирла шовда бух дуьйлучу,
1аламо дашо сурт диллинчу.
Безаман юрт вай юьллур ю,
Вайшинне ирсан нур къегачу.
К1ант хьалха валахьа,
Ирсе некъ боло вай декъал деш.
Со - м лела дагахь яц,
Кийрара дог хьоьха хьега деш.
Резванова Айза
Баьркате де
Самукъане, сакъералуш,
Вовшах кхетар къобал до.
Тахана кху дезчу денца,
Шу массо ас декъал во.
Беркате де деънарг хилар,
Гойту кхуьна дозалло.
Вовшашка моршалла хоьттуш,
Сан дагна там эша бо.
Дахаре чам шун ма бойла,
Бертахь дахар шуна лойла.
Безам, марзо вовшен кхийдош,
Де мел дели ирсе гойла.
Серла даьлла доьлуш 1алам,
Цо шен совг1ат вайна ло.
Машаре х1уо даржадина,
Дезчу денца декъал до.
Тахана вайн вовшах кхетар,
Вовшен болу безам бу.
Оьзда г1иллакх, вовшен ларам,
Дайша делла г1иллакх ду.
Дахаре чам шун ма бойла,
Бертахь дахар шуна лойла.
Безам марзо вовшен кхийдош,
Де мел дели ирсе гойла.
РезвановаАйза
Жена тарнадо
Нагахь елахь зуда хьан тарнадо .
Хьуна рации телефон ненада.
Утром меттар г1аттале хьо,
Хьевзина кхуьур ю и лахьо,
Хьуна эладиташ сколько надо.
Если у тебя зуда тарнадо.
Хаамаш бан она будет рада.
Нахан юкъе даржо луург,
По секрету ала хетарг,
И тарнадо разнесёт по свету.
Боккъал елахь зуда хьан тарнадо,
Спутниковый связь тебе ненандо.
Ты узнаешь кхо де хьалха,
Мичхьар дог1а, мичхьа доьда,
Шек ма вала связехь ю тарнадо.
Дуьйцуш, олуш меттиг если будет,
Уочарт первый лаца незабудет.
Ц1ера пошт, или ракета,
Х1умма дац быстрее ветра,
Ах, тарнадо жёнушка что надо.
Резванова Айза
Нохчийн синкъерам
Схьагулло х1ай кегирхой шу суьренца,
Сингаттаме ойланаш д1акъахкаяй.
Дуьсур ду вай кхана дагалецамца,
Синкъерамехь вовшех марзо эца вай.
Т1ехьара олу.
Кегирхой бу б1аьргаш къегош,
Ловза дохуш кийрахь ц1ий.
Хаза йо1 к1ант хелха долуш,
Х1орс - вай бохуш айдо сий.
Буьйса лаьтта юккъе йоьдуш,
Серла дуьйлуш седарчий.
Бетта са ду вайна доьлуш,
Къар ма лолаш х1ай нохчий!
Дахарехь ю самукъне хан къоналла,
Вата пондар ду къоналлийн да - нана.
Синкъерамехь тхьамда хелха вокхуш вайн,
И бал лоруш тоха т1араш бертахь х1ай.
Т1ехьара олу.
Синкъерам бу х1ай-те боьдуш,
Самукъне бал кхечна соь.
Мехкарий бу вайна боьлуш,
Ирсе ю вайн нохчийн - чоь.
Буьйса лаьтта юккъе йоьдуш.
Серла дуьйлуш седарчий.
Бетта са ду вайна доьлуш,
Къар малолаш х1ай нохчий!
Лекха лаьмнаш хьоьжу вайга айделла,
Мохо кхоьхьу, х1ай – вай боху аьзнаш д1а.
Зама ахь ма къисса тхойца къоналла,
Хир ду тхойгахь даиман яхь, доьналла.
Т1ехьара ола.
Хьаша вог1у вайга маьрша,
Къобал деш вайн нохчийн къам.
Оьзда г1иллакх ду вайнеха.
Мерза кхача синкъерам.
Буьйса лаьтта юккъе йоьдуш,
Серладуьйлуш седарчий.
Бетта са ду вайна доьлуш,
Къар ма лолаш х1ай нохчий!
Резванова Айза
Йиш йоьхна йог1у со
Х1ай зама!
Дитахьа дай – наний къиза ка ца етташ хьайн.
Марзонна
Орамаш хедийча х1ун до кху дуьненах тхайн ?
Хала некъ
Ас бина цу шинне т1екхаьчна совг1ат дан сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со, дехарца хилла хьан лай.
Х1ай зама!
Ден-ненан б1аьргаш чу хьаьжча сайн бералла гой,
Йоьду со ,
Дуьххьара ког боккху бер санна болар деш дай.
Цу шинне
Могшалла ахь къийзош даге ца ладелла сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со дехарца хилла хьан лай.
Х1ай зама!
Ма мотта со лелла амалех ца кхеташ хьайн.
Дуьненан
Хазаллехь ма мотта къаьхьа чам суна ца тай.
Ден - ненан
Декхарх со ца яьлла ма хетта д1атекхна сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со дехарца хилла хьан лай.
Х1ай зама!
Хьо уьду т1аьхь-т1аьхьа хьалхачул болар сих дой,
Ден - ненан
Доггаха дог хьаста хан лохьа цкъа собар дай.
Дахарехь
Ас ойла ца йина цу шиннах къастаран сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со дехарца хилла хьан ла
Резванова Айза
1аьнан 1уьйре
Дашо з1аьнарш лай т1е 1иенош,
Малхо шен кеп х1итта йо.
Шан куьзганах тулг1еш къегош,
Хиш карзахе ловзуш го.
Дато мархех к1ажарш юцуш,
Ц1аста санна ц1ийелла.
1аламе шен къайле юьцуш,
1аьнан 1уьйре хазъелла.
Баххьаш т1ехь лайн к1ужалш хьийзош,
Ламанаш го самукъне.
Генаш ийзош, г1уора ц1ийзош,
Хьаннаш хьоьжу цу суьрте.
Сан даймохк! Хьох хьоьгуш г1ийла,
Ас геналлехь яьккхи хан.
Сатийсина-м ахь а хилла.
Совг1ат дели, 1уьйре хьайн.
Резванова Айза
Хьан ойла еш
Хьан ойла еш хин йистехь летта со,
Хьан аматах дог хьегош безамо.
Хин т1ехь схьа оьг1учу тулг1ешца,
Хьо вог1уш сурт хиттало.
Доьлуш б1ергаш хьан,
Дог хьоьстуш сан.
Безамах теша,
Суна ницкъ ло.
Лепа тулг1еш, хьан б1аьргийн седарчех,
Соьга хьоьжуш шабарш деш хетало.
Со сайга къамел деш цу суьртах,
1ехаелла хилла со.
Доьлуш б1аьргаш хьан,
Дог хьоьстуш сан.
Безамах теша,
Суна ницкъ ло.
Резванова Айза
Безаман ницкъ
Ас маьрша дуьтур ду, хьо лела некъаш,
Я дагчохь хьо сецош со йоьлхур яц.
Дуьне а лаьттар ду, шен 1алам хуьйцуш,
Безамо 1овжонза дахар хир дац.
Вай вовшех къастарах, соцур яц зама,
Некъаш а лаьттар ду, уьдур ду хиш.
Юха а 1уьйренца б1аьстенан хьоза,
Декар ду, лоькхуш шен самукъне йиш.
Къастанза ца яьлла, со хьоьха къаьсти,
Дуьллуш сайн мерзачу дахарах дог.
Кхолламца къийсарах тоьлур вац цхьа а,
Азаллехь яздина ду цунна куьг.
Вай вовшех къастарах, соцур яц зама,
Некъаш а лаьттар ду, уьдур ду хиш.
Юха а 1уьйренца б1аьстенан хьоза,
Декар ду, лоькхуш шен самукъне йиш.
Маржа я1,хьо безам, ницкъ бу хьан ч1ог1а,
Делхо я дело а, адамийн дог.
Хьоьл тола луучо, хьо хьеста беза.
Собарца лоруш ша, мел боккху ког.
Вай вовшех къастарах, соцур яц зама,
Некъаш а лаьттар ду, уьдур ду хиш.
Юха а 1уьйренца б1аьстенан хьоза,
Декар ду, лоькхуш шен самукъне йиш.
Забаре дийцарш
Резванова Айза
Птичье грипп ю-кха
Цхьана доьзалехь ялх к1ант а цхьа йо1 а хилла. Церан массеран а ц1ераш, олхазарийн ц1арах хилла. Аьрзой,Хьозий,Маккхалий,Куьйрий,Лечий,Олхазарий,
Т1аус йоь1ан ц1е а йолуш. Жима волуш дуьйна а Олхазарца даар а, малар а, цхьана долуш кхиина, цуьнца марзо а доттаг1алла долуш хилла Халид. Шен вешийн к1ант дуьненачу ваьлчи, Халида цунна шен доттаг1чуьнан ц1е тиллина, безамна аьлла.
Несана и ц1е товш ца хилла. Цхьана дийнахь доттаг1ий вовшах кхетта, к1ант декъала ван дагахь.Шортта хьалха даа а,мала а хоттийна шайн са къоьруш 1аш, царех цхьамма хаьттина.
-Ц1е х1ун ю вайн к1ентан?-аьлла.
Ден вашас,шен вешийн к1ант хьала а айбина, цуьнан ц1арах дозалла деш, шен аз а стом дина, аьлла.
-Олхазар ву-кха,Олхазар.
Цунна реза йоцучу несо юха а хьаьжина.
-Х1а тоже мне, обычная зараза «Птичье грипп »аьлла.
Цо бохучух кхетта болу доттаг1ий, боьлуш самукъа даьллера.
Резванова Айза
Марнанна нуьйр тиллар
Маре яха де билгал даьккхиначу шен йо1ана, барзакъаш иэца базара йоьдуш йолучу наний,йо11аний некъаца нисъеллера, йоь1ан хин йолу марнана. Вовшенна евзаш а йоцучу, марненан а,стуненан а хабар тасаделлера. Хин йолчу марнанас дийцинера,ша шен марнанас хьийзош хиларх. Т1еххьаре а шаьш д1аса къастале, цо, аьллера:
- Доцца аьлчи, маре яханачул т1ехьа, цу марнанас шена нуьйр тиллале, несо цу шен марнанна т1е нуьйр ца тиллахь, цо и нус хьийзора ю-кха хьуна, дуьрста схьа а лаьцна, но-о, право, лево бохуш, шена лиинчу аг1ора бен д1а а ца хьожийтуш. Нанас цуьнан хабаршка ла а ца доьг1нера, амма хин йолчу несо, ма дарра схьалаьцнера цо дийцинарг. Маре яха хан йиллиначу йо1ана, дикка кхерам тесинера цо аьллачу дешнаша.Шаьшиъ базара д1акхачале, ойла а йина йо1а аьллера:
-Нана,вайшиъ т1елхакийн базара яхале, хьалха, говрийн базара яхийтахьа. Нанас цец а яьлла, хаьттинера.
-Х1ун дисина хьан цу говрийн базарахь? Х1ун дан йоьду вайшиъ цигие? Йо1а жоп деллера:
-Со маре яхача, цу сайн марнене сайна т1е нуьйр аса туьлийтург ца хилча, х1инцехь иэца а иэцна д1аяьхьча атта дара суна и нуьйр, со чу кхаьчначул т1ехьа сихха цунна и т1е тилла.
Резванова Айза
Хазк1антига а йилийтал ахьа-м
Марзахошца стоьла йистехь х1ума яа охьа хиича, моссази а юззалц ца 1аш, хьала а г1оттий д1а йоьдура нус, пхьег1аш шаьш йоллучахь юьтий.
Т1ехьаре а маьрйишас элира.
-Хьо хьала а г1оттий д1айоьду, х1ара пхьег1аш гуттур а, ас йила езаш ю - кха. Юха а йирзина несо хьехар дира.
-Хьоьгахь х1ун бала бу уьш даиман айхьа йила,
иногда хазк1антига а йилийтал ахь.
Резванова Айза
Захало дийцар
Цергех хи тосийтуш болу, аьхкенан стом санна йолучу жерочуьнга безам бахана лелаш волчу къонахчо,цхьана дийнахь и жеро некъаца схьайог1у лар а йина,цуьнга аьллера. Хьажахьа, бехк ма билалахь суна, хьоьга вист хила лууш вара со, ахьа жимма, саца а сецана соьга ла дохча. Хьалхе дуьйна а цуьнан дагахь дерг, цуьнан леларехь гуш йолу жеро, ша маре яха дагахь яц аьлла, цуьнан хабар кхачо дагахь сецнера.
- Ас х1унда ца дуг1у хьоьга ла,схьадийцахьа, хьайн дагахь дерг.
- Мел дукха дийцичи а цу т1е доьдуш ду иза, доцца аьлчи, хьо сох кхетар ю аьлла хета суна. Аса хьан тидам бо а дукха хан ю. Со а х1усамнана йоцуш ву, хьо а цхьалха ю. Х1ара хан иэрна д1а а ца оьг1ийтуш, кхул т1ехьа йоккху хан бертахь цхьана яьккхинехь х1ун дара теша вайшиммо, вовшах а кхетта, аьлла хеташ вара со.
-Гой хьуна, ахьа бехк а ма билла аса иштта аларна. Лелош даьхний ду сан кертахь,бес-бесара Ялта ду сан чохь. Х1ора 1уьйранна бокхуш керла т1о бу, ц1ена доккхуш хьелийн даьтта ду, дакъийна а дакъонза а жижигаш а, йоьхьаш а ду, еттана яттаза котамаш ю, ахьарах, демах йина галнаш ю, мерзаниг даар долуш, йижа к1еда мот болуш, ма пархата х1усам ю сан, аса х1ун дора маре яха..н...а бохург, кхин д1а ца дуьцийтуш, цуьнан дош а хададеш, цо дуьйцург дукха ч1ог1а хазделлачу къонахчуьнгара, ц1еххьана мохь белира.
-Собар, собар, собар делахь. Хьо нийса ца кхаьтта. Хьо цу не1матех а къастийна д1а йига ца воллий со-м, шен цергех тесначу хих къурд а бина, - со хьоьга вог1у бохий аса-м, аьллера къонахчо.
Резванова Айза.
Х1ун дичи хуьлуш ду ахча.
Шен нанас лелош долучу кехатах б1аьрг кхаьтчи, хаьттира цуьнан пхи шо кхаьчначу к1анта.
- Нана, иза х1ун кехат ду хьоьгахь дерг?
Нанас жоп делира.
- Х1ара жайна ду- кха, аса моллега даккхийтина.
- Цунах х1ун до?
- Х1ара жайна шен дег1аца лелош волучунна, т1е дуккху а ахча дог1у, аьлла, жоп делира нанас. Цул т1ехьа, и жайна ишкапа чу д1адиллира.
Цо иза д1адуьллу меттиг лар а йина, к1анта жайна шега схьа ийцира, иза ша шеца лелийча, шена т1е дуккху а ахча дог1ур ду аьлла. Цхьа - ши де даьлчи а, к1антана дукху хан хиеттара, шен
кисана ахча а ца дог1уш, д1аоьхуш ерг,шегахь жайна а долушехь. Т1аккха цо хаьттира.
-Дада, хьуна балха т1ехь ахча схьа деллий?
-Ца делла. Сайна ахча схьа ма делланехь, аса хьуна лур ду ахча,
элира дас. Юха ойла а йина, к1анта, шегара жайна ден кисана диллира. « И жайна кисанахь хилча цунна кера ахча дог1ур ду,т1аккха цо шена а лур ду», бохург дагахь долуш.
Ловзуш лелаш волучу к1антана цхьа к1ира даьллачу хенахь, юха а дага деара шен дега хатта.
-Дада, х1инца а ца деана хьуна кера ахча ? Дас юха а хьалха
санна жоп делира.
-Ца деана, кера ма деъанехь, хьуна ахча лур ду ма аьлла аса хьоьга. Со вицвелла моьтту хьуна. Юха цец а ваьлла, ойла еш вара к1ант. «Ва-х1ай, цунна дан дезаш ма дара ахча,ша цунна кисана жайна а ма диллинера»,бохуш.
Цкъа цхьана дийнахь к1ентан ден ваша веара, шен ваша волчу.
Ден вашас вешин к1анте элира.
-Схьавоьл, вашина мала хи лол, куршкий чохь.
Шен ден ваша веана кхаъ хилла лелаш волучу к1анта, сихха хи делира. Ден ваша цул т1ехьа чай мала стоьла йисте вахара, вешин к1анта сихха г1ант диллира.
-Охьхаа ваший, аьлла. Ден вашас цо лелочух там хилла, хьаьстира вешин к1ант.
- Гой хьуна, шен ден ваша цо мел ч1ог1а лору. Иштта хила а веза, къонаха. Чай а мелла, цул т1ехьа , шен вешица цхьацца къамелаш деш а 1ийна, д1аваха дагахь не1аре воьдура и. Вешин к1ант гонаха велира.
-Ваши, д1а воьдуш ву хьо, аьлла.
-Х1инца д1а воьду со, элира ден вашас.Т1аккха, схьа а еана мачаш хьалха хиттира канта. Оццул жима а воллушехь, шен вешин к1ентан шеца болу ларам гуш волчу ден вашас, кисана а кхевдина:
-Х1оккхул болх бича, хьуна ахча дог1у, аьлла, хьаста а
хьостуш, ахча делира к1антана, т1аккха, шен вешига элира.
- Болх а бина кера ахча деанера шена, хьуна оьший, аьлла.
Вашас шена ца оьшийла хоийтуш, забар а еш,цу к1антана томана элира.
-Аса болх ма ца бина, х1окхуо санна, болх бичий бен ма ца ло ахча. К1анта шен дас бохучуьна ойла а йина, сихха вахана, ша шен ден кисана диллина жайна схьа а деана, шен нене д1акховдира.
-Нана, х1ара жайна айхьа даккхитиначу моллийга д1алолахь.Х1ара кисанахь лелорах луш дац ахча, болх бича луш ду, алий.
Да а, ден ваша а, кхийтира цо бохучух. И шиъ г1ад вахана вела а велла, юха а, цо аьллачух дукха ч1ог1а сакъера деллачу ден вашас, кисанара схьа а даьккхина, ахча кхин а т1е делира.
-Э-х1ей, Дала дог дика де хьан дела1,хьан коьрто болх дика барна луш ду хьуна вашис, х1ара ахча, аьлла.
Резванова Айза
1
Цхьалла
-Схьавола Канташ чу. Со ц1а ян хьен елча, ц1а йог1ур яц моьттуш сагатдеш 1ийна хир ву хьо. Суна-м хаа, ша цхьаъ висчи мел сингаттаме хуьлу. Цундела яхана ма яра со, хьуна Белка бохуш долчу, цхьана хазачу писуца захало дийца. Кестта хьуна нускал схьа а далийна тов дуур ду вай. Тховса ваьшшиъ чудерза деза вайшиъ. Бохуш шен цициге къамел деш яра, даиман а ша 1аш йолу Маржан. Х1ума хууш ю бохуш т1е нах а оьхура цунна. Нахана боазбуанчалла а лелош, лен дан атта долу адамаш, 1ехадора цо.
Иштта 1еха яла кийча йолу Кайпи, Кулсамий яра х1инца Маржанан не1аре еана.
- Маржан, чохь юй хьо? Кхайкхира Кулсам.
Шен цицигца а, ж1аьлийца а, даьхнийца а уьш хьоьстуш хабарш дийцахь а, адамашца дера а, оьхазе а яра Маржан.
- Мила ву цигахь? Схьайолахьа чу и, мохь а ца хьоькхуш. Х1ара цициг кхера до ахьа. Юха а шеен цициге къамел дора, адмашка санна.
-Канташ хьо кхера оьшуш х1умма а дац цигахь, бохуш цицигана т1е куьг а хьоькхуш 1ара Маржан.
-Суьйре дика йойла хьан.
-Далла йоьзийла хьо а. Схьавола Канташ х1ара аьхьанчу жижигах йина йолу катлет яа хьайна.Тахана меца 1ийна хир ву хьо, со ц1ахь а йоцуш.
Бохуш цо хьоьстуш долчу цициге д1а а хьежина элира чу еаначо.
-Цахаъ, кхуо тахана х1ун дина хир ду-м, меца леллачух тера-м вац хьан Канташ, уьстаг1 санна доккха ду х1ара хьан цицига-м. Элира цо, ша дика олу моьттуш.
-Кхуьнан амат баккха еана хилла хьо-м. Х1инца туй тасалахь цунна баьрг ма хила алий. Ишта а даланза хала метта дог1уш лаьтта х1ара, цхьанна баьрг а лаьцна. Шен ший а баьрг а баьлла вуьсийла кхуьнга сел ч1ог1а, цабезамца хьаьжнарг. Г1ехьчулл кхера а елла ша аьллалг юха эца г1оьртира Кулсам.
- Вай Дела Маржан, ма алахьа сел ч1ог1а. Суна-м х1инца бен гина а дац хьуна и хьан цициг. Сан цкъа а 1едал-ам дацара цицигашка д1ахьожуш. Со баш-ха и цицигаш дезаш а яц-кхий.
-Хьо санначера хуьлуш бу-кха и вон б1аьрг бан а. Безаман б1аьргга-м хала а бац-кхий, цабезаман баьрг ма бу и са х1аллак деш берг. Хьуна х1ун дина цу цицигаша.Дала кхоьллина са долу х1умнаш ю-кха уьш. Са-м йиш яцара сайн Канташ вацахьара. Валол Канташ эцца дехьа чохь 1ел, х1ара хьаша д1аяхчхьана цхьана 1ийр ду вайшиъ. Т1аккха Кулсаме хаьттира, хьо лаархьама еана ярий. Х1ун г1уллакх долуш еънера хьо?
- Со-м со а яц. Соьца накъост ю арахь.
-Мила ву хьоьца кхин? Хьоьцаний чу х1унда ца еъна иза. Арахь Шовхал ма ву, д1авихкина а вац иза, олуш не1аре яхара маржан.
-Шовхал? Телхина ву иза, д1авехкавезаш? Вай, соьца ергга-м едда, я елла а хир ю.Иза луьйш лаьттачохь а йитина Маржана ара а яьлла мохь туьйхира. Шовхал, мичахь ву хьо? Шовхал.Схьавола, аса де1ахкаш еана хьуна, аьлла д1ахьежначу кхунна шен т1е йожа йоллуш йолу керт ц1аакъ-ц1иикъ,бохуш д1ай-схьай а ийзалуш, пондарах лекхалуш хезира.Цу керта йистера схьа лиетара ж1аьла, хьала а дирзина.
Д1ахьежначу кхунна бодашкахь, цу керта т1ехь 1аш ерг, говрахь кертах чу хьоьжуш цхьаъ волуш тарделлира.
-Мила ву хьо, говрахь вверг? Д1аг1охьа хьайн новкъа цу говрахь,х1ара ж1аьла лета а ца деш. Ма ч1ог1а д1ахоьттина хьо цига, кхин меттиг бац хьуна д1ахотта, бохуш цо мохь хьоькхуш, иза хьенга лоь ца хууш, керта т1ехь 1аш ерг д1а-схьа хьежира,шена цхьа а ца гича иза шега луьш юйла хиира цунна. Юха а иза йистхила кхиале, Маржана элира.
-Вай Дела ма да хьо адамашка дела1. Хьо х1ун деш 1аш ю, йилбаз санна цу керта боьххьехь? Кхераелла дог тоха дели-кха сан. Йист хила а ца мега хьо, со ю хьуна кху керт т1ехь ерг, кхера ма лолахь аьлла а. Т1аккха керта т1ехь 1аш йолчу Кайпас элира.
-Ва, ма дика ду-кха хьо ара яьлла, мохь беттарх цхьа а ара а ца ваьлла, х1ара ж1аьла дедда схьадог1уш, кхин к1елхьара яла меттиг а ца карийна, кху керта т1е хьала яьллера со, х1ара техкаш х1инцца чу а йоьжна, цу ж1аьлийн бага йоьду-кха со, бохуш, кхера елла яра со.
-Тамашийна ду-кха адамаш. Схьавола Шовхал, аса хьен а цалуш доьша а кечдийр ду хьуна, бесс- бесара юуургех, х1ара ши йилбаз д1а а дахийтина.Схьайола, охьа а йоссий чу йола, хьо нагахь цу керта т1ехь буьйса яккха лерина 1аш яцахь, бохуш еза а йиеш чу йигира цо
шецани Кайпа.
-Х1ун г1уллакх долуш яра шуьшиъ. Хаттар дан ца юьтура цициго.
- Ва Дела-кха, ма ч1ог1а долла-кха хьо, и бага ваьшта ца юьллуш. М1яу-в,м1яу-в бохуш. Х1ун боху ахьа? Собар дехьа, х1инцца хьиецалуш х1оршиъ д1аг1уйр ю, т1аккха сехьа чу доккхур ду аса хьо.
-Шуьшинне х1ун г1уллукх дара соьца. Т1аккха ж1аьла летара арахь, иза а ца дуьтура Маржана терго йоцуш.
- Кхин мила ву теша цу арахь. Ма ч1ог1а воллу-кха хьо, Шовхал, дуьне 1адо санна мохь хьоькхуш. Г1алх, г1алх бохуш.Собар дехьа, хьайн даь1ахкана т1е мот а хьокхуш, х1ара шиъ д1аяхчхьана лурду аса
хьуна доьша.
-Схьадийцал х1инца шаьшинне г1уллакх.
-Тхойшиъ хьоьга пал тасийта еана яра.
-Стенна тосуш бу шуьшинне пал. Сихха схьадийцал, сан йиш яц. Гой шуна цу ж1аьли летар. Со ц1ахь йоцуш, юург яла адам доцуш меца 1ийна х1ара шийа. Кхин т1е соьга дийца дезаш дуккха а х1уманаш хир ду цу шинне а.
-Ишта х1ума схьа дийца а хаа цу шине. Цец а яьлла хаьттира Кайпас.
-Хаа дера-кха, ас д1адуьйцуш долучух и шиъ кхеташ хилчи, цаьра схьа дуьйцучух со кхета а ца мега, цу шиммо буьйцург адамийн мотт ца хиларх а.Схьа дийцал х1инца.
-Маржан, х1ара сан накъост марера ц1а яийтина ю, берех а къастийна. Х1ара юха д1айоьдийла хьожуш пал тасахьа кхунна. Оха доккха совг1ат а дийр дара хьуна.
-Иза-м пал ца тесчий а хала дац ала.Йоьду дера-кха, ша юха
йигаххьа-м. Амма юха юьгийла хьовсур ду-кха вай х1инцца, х1ара т1улгаш хьала а тесина. Мел х1ун ю эшшиммо юккъе юьллуш ерг. Ахча юккъе ца дилличи, нийса дерг дуьйцур а дац суна т1улгаша.
-Дуьллур дара дера аса ахча-м, ахьа и бакъ дерг дийцичхьана.
-Д1авалахьа Канташ, дехарш а ца деш, ахьа баьрг лацарна кхоьру со, х1оршиъ х1инцца д1айохийту ас, х1окху т1улгаша кхунна х1ун олу а хьаьжина. Шен буйнара т1улгаш хьала а тесина, юха цу т1улгашка хьиежа елира Маржан. Таккха элира.
-Хьажал хьо-м. Дукха хан юй хьо ц1а еана. Кхин яло дагаххь-м хьаха ву и хьан майра.Аьлла цаьрга луш йолчу х1уманна сихо яйта,элира цо.
-Кхин дукха хан а яц со ц1а еана-м. Кхо шо ду-кха.
-Вуьтура-м хьаха вац кхара, чомахь вист хила. Шовхал! Собар де ца аьлла аса хьоьга.
-Масса ву хьан цигахь уьш?
-Вай, цхьаъ ву-кха. Кхин маре яхана ма яц со, майра цхьаъ бен хуьлий.
-Хьайна дагахь верг боху-кха ахьа. Доьзал хоьттий аса-м.
-Х1а, уьш виъ доьзалхо ву-кха.
-Кегий буй уьш?
-Кегийра а бац уьш. Со ц1а йог1уш ворх1 бут кхаьчна хилларг,а х1инца воккха хилла боху.
-Хьо ц1а еъчхьана гайтина бац хьуна уьш?
-Гойтура цара-м уьш. Суна раг1 ца кхаьчна цаьрга хьажа яха.
-Иштта къахьоьгуш балхахь ю хьо?
-Дера яц, х1инца кхузагий санна, молланашна а х1ума хуучарна а со т1е ца кхочуш висина стаг вац-кха. Аса царна мел делла ахча доккха х1ума хилла 1аьш дац. Юха яха лууш яра со.
-Х1ета, ахьа х1ун дан дезий, х1инца хан яьлла вайна, тахана кхуьур дац вай иза лело. Кхана малх чу бузале юха йола, ц1енчара моз а дахьаш, банкий чохь, месаш юккъехь к1айн цхьа а масс а йоцуш йолу, 1аьржа котам а яхьаш.
Вайшиммо и моз санна марзйийр ю-кха хьо цу хьан майрачунна. Х1инца вайна хан яьлла шуьшиъ сихха д1аяха еза.
-Дика ду.Ма г1уллакх дора-кха ахьа суна.1одика йойла хьан.
-Цхьана къийгах тера г1ийла х1ума ма ялахь суна, х1ара-м бен а яцара, 1аьржа хилчхьана аьлла, шина зудчунна таьхьа мохь туьйхира, Маржана.
-Схьавола Канташ,схьавола.Хьо вуочу баьргах ларвеш ма яра со.
котам а,моз банка а вайна кестта нускал дало дезаш долу,оьшур ю.
Шен берашна сагатделла лелаш иза а яц хьуна. Гой хьуна, ша марера ц1а еачхьана дуьйна, шен са цагатлахь а, шайн нана ю моьттуш,
шена сагатдеш и сингаттам бийца а ца хууш долучу берашна ша гайта а ца яхана х1ара. Ша ирс долуш велахь, кхуьнца рицкъ хаьдда хир ду хьуна цу къонахчуьна, дакъаза вала хьаьг1нехь, х1ара 1овдал цо цхьана бахьанийца юха юьгур ю-кха. Х1усам ненах х1отта а велла, воккхавеш-м 1ийр вац иза. Цициге х1акхо къамелаш дукха деш, цуьнан тего дукха еш хилар ца товш,арахь г1алх-г1алх бохуш лиетара жаьла.
-Доккха са даккхийтахьа Шовхал ахьа а. Дика ц1ийна 1у а ву хьо, цкъа делахь, юха а вон мар санна хала лело дезаш ду-кха хьо.Цунна хьалха хударан кад а биллина,иза хьаста а хьаьстина, чу яхара ша шега къамелаш а деш.
-Х1инца д1адийша а мегар ду-кха вай.Канташ хьо-м 1уьранна дика наб яьш 1уьллура,со ю-кха, 1уьйре хьала г1атта езаш. Сан дан дезаш дуккха а г1уллакхаш ма ду.Цул совнаха и ши йилбаз а ду, схьа хьаьг1на.Буьйса, шен тийналлийца ша йисинера,бутт а, седарчий а гучу ца девлера. Мархаш а, цхьана 1инчу д1айиша яхача санна къайла евлера.И бериг а буьйсаннан бода, ша д1а а кхаьллина кийра бузийча сана,елаелла гучу елира 1уьйренан серло.
-Ма сиха са хили-кха вайна.Сатесначулла т1ехьа, хала дара ахьа хьала ца г1аттош, йижина йита .Къукъ-къарий-къуукъ, бохуш и мохь бетташ. Доккхачу г1уллакхана мохь бетташ хьо ю моьттур дац. Дика ду, дика ду. Тахана кхин уьссалг1а а ялор ю хьуна. Ахьа хьайн котамашна санна дола а деш, цу майроша, шайн зударий а лелохьара, уьссалг1а хила а реза хир яра со а. Амма сатасале г1аьттина, къукъ-къарий-къуукъ, кху котамийн гайш юзае, кхара деш долучу х1оийн хам бие, бохуш, адамашка а кхайкхам а беш,уьш лоруш йолу хьо.Вай Дала сий де хьан! Со-м оьхаз ца яхана хьуна, ахьа со сама яьккхина бохуш.Х1а, даалаш, х1ара к1а а, можа хьежк1аш а.Г1оза яа аша уьш. Дала беркат де шух. Шовхал, х1инца, хьайна ижо лаха г1о хьо а. Суна кет1а нах ма бахкийталахь. Цхьанна а са долучу х1уманна т1е ма кховдалахь. Х1ундо ахьа? Ма ч1ог1а к1еза хилла хьеста луш ду хьо.Ц1ийц1-ц1ийц1 бохуш. Жима к1еза долуша-м, доккха ж1аьла хила г1ерташ, ма хуьлура хьо,массарна а чу кхийссалуш,г1алх деш. Х1а, д1адало х1инца, дика ду. Малх бохбалале схьадолалахь.Схьавола Канташ, вайшиъ чу а дахана,хьуна а лур ю аса цхьа яа х1ума, 1уьйренца. Сайна а чай мала деза, ламаз а деш. Д1аса хьажа а кхиале кхочу суьйре а т1е. Цу схьайог1у йолучу шинна, цхьа аьшпаш кеч бан а беза. Кхин х1уманна ойла ца еш йолу иза, кхобар а ю хьуна цхьамма.Вуно дика зуда а хеташ.Ерстана ят1а йоллуш ян а ю, коьртехь кхин бала боцуш йолу дела. Малхо шен дашо з1аьнарш чохь йолу бога, дуьнена чу охьа дерзийра, и шен къегина з1аьнарш лаьтта а,1аламна т1е а охьа 1енош. Дуьне серла делира.Делкъал т1ехье сиха хилира. Вовшенга къамелаш а деш схьакхечира,Кайпий Кулсаммий.
-Ва-а-й, х1инца вайшиъ д1акхачар г1айг1а ю-кха суна.Мел тамашийна ю и зуда.Хьо хьалха чу г1олахь.
-Цхьане г1уйр ю вайшиъ чу.Иштта ма хуьлу и х1ума хууш болу зударий.Цхьа ша тайпа х1уманаш долуш. Цициг а, ж1аьла а, адамийн ц1ераш а йолуш ду цуьнан.Адамел а ч1ог1а лоруш а лела до уьш.
–Маржан! Ва Маржан!Бохуш мохь бетташ шена схьахезчи,цо элира.
-И мохь а ца бетташ чу дахка ца мега шу.
-Х1ара котам чу ян езий, т1акх.
-Еза дера-кха, цхьана дарбана яийтина ма ю иза.Моз деъний эша.
-Деана.Ц1ена доллучара харжа а хаьржина-м. Хьажал х1ара ду хьуна.
-Схьайтал. Котам а, моз а. Х1ун ю цу хьан майрачуьнан а, марненан а ц1ераш.Бохуш котамана т1ехь к1айн масс юйла хьоьжуш ша боху кеп леайора цо,цу шинне хьалхахь.
-Курбан ю стеган ц1е,цуьнан ненан ц1е, ахьа д1айийцахьа,соьга цуьнан ц1е а ца йоккхийтуш.Д1ахезчий а товш дац, марнана ма ю сан иза.
Уллехь йолчо ц1е яьккхира.
-Курбика ю хьуна, цуьнан суьйлалла,забар а еш.
-Цо лелош хир ду и бераш, ян а ма ю, сий дан мегар долуш.
-Цо уьш лело т1е ца лаьцнехьара, со тоххарехь юха йигана ма хир яра. Суна дика болх беш яц хьуна иза а.
Т1аккха Маржан котам а моз а иэцна ара елира.
-Со х1инцца чу йог1у.Сайн диеша дезаш долу до1анаш а доьшуш, х1ара котам мазала йолла еза сан.Хьуна т1ехь цу хьан стагана, х1ара котам санна 1аьржа гуш дерг а, моз санна цунна марздеш.Ч1ог1а г1овг1анаш ма елаш кху чохь, и цициг кхералур ду шуна, аьлла, ара елира Маржан.Шен ц1ийна т1ехьа а яьлла,д1ахийцира цо 1аьржа котам,шен котамашна юккъе.
-Х1а яло, цаьрца яжа хьо а. Вуно дика маре нисдели хьуна а,олуш.
Чохь йолучу шинне хабар таса делира.
-Вай Кайпа, д1ахьажахьа цу цициге.
-Ма хьажалахь, Маржана хьо цуьнга д1ахьаьжнийла хаахь, хьайн везаш волучу майрачуьнан ц1е йицйийр ю хьуна.Дехьа чу г1олахь, далолахь, хьайн суьйлалий доьхьа, цуьст,цуьст,аьлла, Кайпас мохь хьекхчи цец а даьлла, м1яу-в, м1яу-в, олуш дехьа чу дедира цициг.
-Х1ун деш ду шу, цу цициге мохь а хьоькхийтуш.
-Тхо-м дац цунна х1умма а деш. Ша дехьа чу даг1а-кха иза.
-Эшшиммо цхьа цатам цабича-м хьанор цадахана.Эшшиммо оьхаз дахийтина хир ду иза.Муьлхарг яра шуьшиннах иза эккхийнарг. Х1а д1аяло х1инца хьаста а хьастий, къинт1ера а докхуш схьадаладе, кхуззагий чу.Чехош лелош ма дац сан иза.Аса сайн к1ант санна лелош ма ду иза. Сам кестта цунна зуда яло захало а ду дийцина.
-Вай, х1ун дуьцу ахьа? Цец яьлла йисира ши зуда.
-Х1а, х1ара цицигийн яах1ума ю хьуна,аса цунна туьканчуьра иэцна.
Кити-кат олуш йолу цициган сурт т1ехь долуш болу т1оьрмиг а иэцна т1е яхара,Кулсам.
-Схьавола Канташ, хьуна вас ян лууш ма яцара со,аса х1ара мерза цицигийн яах1ума а лур ю хьуна,Кити-кат олуш йолу,схьавола, аьлла ша хаза хьестича. Лекха доьттина меттанаш т1ехь, даккхийчу назбаршна уллехь д1атевжина, эла санна, хьалхара шина кога т1е корта а биллина,1уьллуш долучу цициго, цхьана б1аьргахула схьа а хьежина, М1яув, аьлла куро ког ластийра. Шен цицигана цатам бина ца ладеллачу Маржана, и шиъ аьккхийра.
-Нахехь доккхуш долчу эха сохьтехь а ца мегана йолу шуьшиъ, хьаьнца мегар ю.Яла ший а чехка кеха, бохуш, шен ц1ийна нанас мохь хоькхуш хезана долу ж1аьла а,сиха схьадедира,г1алх-г1алх бохуш. Шовхал,юха дала, Шовхал, юха дала, Г1алх, г1алх,г1алх,бохуш цу шиммо яьккхиначу г1овг1анах кхера елла, ши зуда, тоххарехь къайла яьллера.
Резванова Айза.
Эхартахь а хуьлу, шен-шен тобанца.
Беже лаьллина ет сарахь ц1а ца беънера Солти.
Ет лоьхуш лелаш кхоъ–диъ де а даьллера.Т1еххьаре а Солта
беж-1уьне цунах дерг хата ваханера.
-Хьо бежехь хиллачу дийнахь,беже леллина ет, ц1а ца беана шен.Хьалха цкъа а ц1а ца бог1уш бисна а бацара иза.
Х1инца ша ет лоьхуш волу цхьа к1ира кхоччуш доллу,
цунах хьуна х1умма а хаий теша аьлла, хатта веанера со.
Беж-1уьно ша ч1ог1а йуьхь 1аьржа хоьттина сурт хоттийнера.
Мелххо а, ша и ет хатта вахана а эхь хетта,юха вирзинера иза.
Шен дагахь ойла а йина,ша-м лоьхур бац иза кхин, шена боьг1нехь ц1а бог1ур бу иза, ткъа ца боьг1нехь,Далла дика хуур ду-кха цунах дерг, Деле д1абела-кха ша и ет а,цунна бехке вверг а,аьлла чу вахара Солта. Цул т1ехьа изза беж1у бежехь волучу дийнахь, кхечу неха говр яйна, лехчи а ца карош,ткъа наха бехке веш верг изза беж-1у хилла. Т1аккха говрах дерг хоьттуш леларх г1улкх хир доцийла
хиана, говр яйначаьра юьртара кхелахошна т1е диллина цунах дерг къастор. Ет а, говр а шен къайла йоьдуш йолу
х1ума, къайла хьуш верг,беж-1уьн вешин к1ант хилла.
Ша ет бийчи, ах дакъа денвешийна схьа даийтина хилла цо.
Говр йоьхкича а ахчанах дакъа дина хилла денвешийна.
Шен вешийн к1ант къола деш вуйла хуушехь, гучу цадаьлчхьана, шен рицкъа ду- кха цо дууш дерг а, бохуш шена луш долу дакъа схьа а оьцуш, 1аш хилла денваша. Цхьана дийнахь денвешийна
т1е нах баьхкина.
-Шаьш дахкийтина, хьо бежехь волчу дийнахь говр яйначу
наха, шайн яйначу говран хьокъехь, хьоьга д1ахаийта аьлла.
Беж-1уьно, воха а ца вухуш,ет хаьттина веана Солта санна
уьш д1абахийта дагахь, ша ч1ог1а йуьхь 1аьржа хоьттина
кеп а йина аьлла.
-Шена-м хезна цера говр яйна олуш, делахь а шена хууш
х1ума дац цу говрах. Шайна т1е диллина г1уллакх кхочуш ца дича йиш йоцуш болу, бакъ-харц къаьстош болчу кхелхоша аьлла.
-Говр йигнарг схьа лаьцна ву, аьлла, и дешнаш цуьнан багара
довллушехь, воха а воьхна, беж-1уьно кхи д1а ала кхелахо ца вуьтуш, сихха аьлла.
- Вай массо- вах ца лаьцна- кха, сан вешин к1анта-м, шен вешин к1ант, боккъалла а д1алаьцна моьттуш, кхера а велла. Юха метта а веана, ша аьлларг д1анисдан г1ерташ хилла беж-1у. Цунах кхеташ волчу кхелхочо аьлла т1аккха.
-Шаьш иза лаца а лаьцна чу воьллина ца боху, делахь а
цунна т1ехьа кхиъна шаьш боху, цун дела хьуна шайн дагахь
дерг хаийта дахкийтина тхо. Цера дагахь дерг а хууш
доьхьло ян кеч велла 1аш волчу беж-1уьно хаьттина.
-Схьа дийцал х1ета, шаьш деанарг.
-Говр йигинарг хьан вешин к1ант ву боху, айкх бойллачаьра.
Нагахь шун, дуйца ян ц1ано елахь, шуьга ала х1ума дац,
ткъа яцахь, говр д1аяла еза эша, вовшеха дага а девлла,
аьлла хаийтина кхелхоша. Беж-1у сихха къола шайна т1ера
даккха дагахь, дуй баа реза хилла. Шен вешийн к1ант улле а
ваьккхина вахана, харц дуй биъна, къера буйла а хуушехь.
Дуй бииначул т1ехьа, дийца х1ума дац цуьнца аьлла,
дуй а лерина наха витина беж-1у а,цуьнан вешийн к1ант а.
Делахь а нахана хууш хилла къолахой муьлш бу, царех
лар луш а хилла. Цул т1ехьа кхо бутт балале беж-1у велла. Иза велчхьана дуьйна, цунах йисина йолу х1усаманана, неха стаг велла
аьлла шена хезачи, яха а йоьдий, цу докъа т1е а хуттий,
шен веллачу х1усам-дега х1ара хабар кост д1ахьолахь, ишта алалахь, вуьшта алалахь бохуш,д1а долла кечдинчу докъе, дукха хабаш дуьйцуш хилла, цо.
Нахана к1орда а йина,г1ара яьлла хилла иза.
Цкъа цхьа ч1ог1а забаре волчу шина доттаг1чо, барт бина хилла, шаьшиннах цхьаъ велла аьлла хазийча, иза хабар-кост
дахьийта йог1ур яра, т1аккха ша сацор яра иза нахана
т1ехуьттучуьра. Иштта барт а бина цхьа доттаг1а
шена т1е кисийн шаьршо а хьарчийна, вахвелла дакъа санна
1уьллуш хилла, вукхо пхьоьг1анахь гулбелла лаьтташ
болчу нахе, къайлаха б1аьчаш а йина.
-Шен лулхо велла, иза д1аволла кеч вина 1уьллуш ву
аьлла. Вай боккъалла а боху ахьа, аьлла уллехь лаьттачара цо йина б1аьчаш гина,цхьаъ дага деана иза лелий хиана.
Юха а уьш кхетош б1аьчаш йина доттаг1чо, цу зудчунна
хозийтуш.Т1аккха уьш цхьане чу бахана веллачуьнга хьовса.
Кхарел а хьалха д1а а кхаьчна, шен дагахь дерг д1а дуьйцуш лаьтташ хилла беж-1ьунах йиснарг . Берриш а т1е гулбеллачул т1ехьа, дикка лаа доьг1на велла бохуш волчо, мохь хьаькхна.
-Ва-ва,со къола а деш, къера дуйнаш а бууш, лелла волчу
хьан майра волчига воьдуш вац, хьан майра волчу
йовхачу метте кестта д1аваха везаш, д1ог ойла йистехь, къена- къан а велла, ши ког саццалц, неха х1уманна т1е кхийдочуьра ши куьйг ца сацош лелла волу, Эда ву хьуна. Цуьнга д1адийцахьа хьайн дагахь дерг, иза валале. Веллачул т1ехьа, дуьхьалл даьхкинчу маликаша иза хьоьга ладог1а а вуьтур вац хьуна.Эхартахь а хуьлу боху- кха дуьнена чохь санна, шайн-шайн тобанца, аьллера велла бохучо, к1айчу кисин юккъехь воллучохь.Т1е гулбелла нах, хиллачух кхаьтта болу, боьлуш юха бирзинера, тъка беж-1уьнах йисинарг, кхин беллачаьрна т1е цахуьттуш сецнера.
Резванова Айза
\
Г1ан туьдуш волу Беслан
Аьхкенан бовхачу кхаа баттана бераш дешарх мукъа довлу хан яра и.
Цунах боккха кхаъ хилла,самукъанечу аьзнашца, йоккха г1овг1а яьккхина,
ишколера ц1а оьхура бераш. Цаьрца цхьацца забарш а еш ц1авог1уш вара ши доттаг1: Хьасанний, Бесланий.
-Нана-яха Хьасан! Ма йовхо тоьхна-кх кху нохчий чу цу малхо, тахана
къаьсттина, ч1ог1а, элира Беслана .
- Селхана керла хаамаш буьйцучу передачехь, хаам бира, малх иккхина цхьана аг1орхьа 1уьрг а даьлла, цигахула хьалхачул а дукха йовхо ю ара хеца елла, бохуш. Иза еригге а вайдолчу аг1ор схьахецаелла хир ю-кха , аьлла, велавелира Хьасан.
-Нана-яха Хьасан! ма дика ду-кха вай долчохь лийча хи долуш. Сан чкъор
дагийна а ца 1аш, пхенаш чуьра ц1ий датош лаьтта-кха кху йовхоно, вай
сихха лийча цадолхахь.
- Цкъа беноша х1ун дина ца хьаьжча, хи чу вала тешам а бац вайна.
- Х1унда боху ахь?Хаьттира Беслана.
Юха а шен забаре хабар д1адолийра Хьасана:
-Сийсара лахахьара цхьа бено, т1ай т1ехула, хил дехьа волуш, цунна, хи чу
хьаьжчи цу чохь бутт гина хилла,т1аккха стигала хьала хьаьжча бутт мархаша
къайла баьккхина хилла,шена стиглахь и ца гича, бутт хичу боьжна аьлла
сихха вахана доккха орца далош схьакхаьчна хиллера бено.Хи чу
хьаьвсича бутт хичохь а ца гина, я хьала хьаьвсича,стиглахь а и гуш ца хилла.
Беночо аьлла; со схьавог1уш,бутт хи чохь гуш бара , ткъа х1инца стиглахь а боцуш, хи чохь гуш а боцуш, бутт къайла баьлла, дуй хьуна, со тешна ву иза хин-нена бага бахана хиларх.Вай х1ун дан деза аьлча, дуй хьуна, кхин долу тайпанашна х1ара г1уллакх д1ахаахь, уьш вайца декъа бог1ур бу.Т1аккха вай хьегна къа эрна довр ду, дуй хьуна. Сихха ц1а дахана герз схьа а деъна, цу хи чу герз а тоьхна, и хи-нана ен а йийна, бут парг1ат баккха беза. Т1аккха дуй хьуна, и бутт,бенойн хир бу, даиманна а. Цуьнан багара и дешнаш схьа довларцана, герз хичу детта долийна беноша.Т1ом баьлла моьттуш, кхераделла ара девлла адамаш, хилларг х1ун ду хиинчул т1аьхьа, беной кхето г1оьртина хилла, амма беной,шаьш боххург бен бакъ ца деш, хи чу герз детташ, хи кхехкош сахуьленга бевлла бохура. Тховса, бут беношна стиглахь схьакхетта ца гахь, лийча хи чу ваьлларг хи-нана ю аьлла, цара топ тоьхна хина тоьхул воккхур ву. Х1инца хьо сихха схьаваг1ахь, хи чохь луьйчуш бераш дуйла хьовсур ду вай, цул т1аьхьа лийча а мегар ду-кха.Бераш самукъа даьлла дара цуьнан забарех.
-Вай забарш яхь а, бутт хи чуьра хьала шаьш баьккхина. Бетта-са
даьржинчу буьйсанах мах охьа билла бохуш, беноша бизнас-компанеш
схьайоьллур ю шуна,массо а ярташкахь, иза шайна дага даг1ахь,- аьлла, т1етадира Беслана. Цу шинни забарех самукъадаьлла г1ад дахана дуьйлура
бераш. Хьасан шайн кет1а кхечира. Цо Беслане т1аккха элира;
-Беслан со хи долчу аг1орхьа д1аволало хьуна, хьо сихха суна т1аьхьа
кхиалахь. Хьасан, чу а вахана даа бепиггий, нехчий буйна а лаьцна ара а ваьлла хи долчу аг1орхьа д1авола велира.
Беслан а хье ца луш цунна т1аьхьа кхиира.Х1орш хи йисте д1акхаьчча, цигахь
луьйчуш дукха бераш дара. Хьасанний,Бесланний сихха царах д1акхийтира.
Бераш, сакъералуш ловзуш,уьдуш леллашехь, суьйре т1екхечира.
Бераш хи чуьра хьаладовла сиха дацара.Царна суьйре сиха т1ееъча санна
хетара.Ц1еххьана Беслана седарчех б1аьрг кхийтира, цо хичуьра хьала а
волуш, элира.
-Нана-яха Хьасан! Вайна-м хан яьлла, стиглахь седарчий а гучу девлла,
вайшиъ хьелахь, нанас а сагатдийр ду,аьлла шен бедарш т1еийзо х1оьттира
иза,т1аккха хил дехьа ирх дахна лаьтташ долчу дитташ т1ехула д1ахьаьжча, сов ч1ог1а цец а ваьлла, мохь туьйхира цо.
-Нана-яха, Хьасан! Схьаволахьа цкъа, д1ахьажахьа, мел тамашийна
сиз ду-кха цу стигалахь схьагуш, ц1ера юкъе а лаьцна, ц1ийбина, саттийна,
эчиган сара санна.Там бар-кха иза цхьана япони 1илманчийн говзалла хила.
Цо дуьйцург х1ун ду хьажа кхи а бераш хи чуьра хьала а девлла хьаьвсира.
Хьасан:
-Я Аллах1! Мел хаза а бу-кха и бутт, аьлла хьежа х1оьттира.
Беслана хаьттира .
-Стенгахь го хьуна бутт, Хьасан?
-И хьуна гуш долу ц1ен сиз японийн говзанчийн болх бац , иза Делан
болх бу, ц1инбелла гучубаьлла бутт бу иза - элира Хьасана.Беслан кхин а
ч1ог1а цецваьлла:
- Нана-яха, суна цкъа а хезна дац бут ц1инбелла олуш,
я иштта ц1инбелла бутт гина а бац суна-м. Со кхетавехьа цунах, Хьасан,
элира Беслана.
-Керла бутт болалуш, х1инца вайна магарра, гучу болу бутт.
Иштта хуьлу и ц1инбелча, цул т1аьхьа бутт юккъе болу.
Т1аккха, гонаха ц1еран х1оз лаьцча санна, горг а лой, къаьсттина ч1ог1а
нуьре хуьлу бутт, цул т1аьхьа и чекхболуш юха а цхьа дуткъа сиз х1утту.
Амма керла бутт болалуш аьтто аг1ор гуш долу и сиз, бутт чекх болучу
заманчохь,аьру аг1ор гуш хуьлу.Ткъа х1инца санна бут ц1инбелча
бусалбанаша деха деза боху,«Везан Дела! Массо а бусалбанна маршо йолуш, ц1инбелла хилийта ахьа и бутт, Везан Дела! Массо а бусалбанийн барт цхьаъ
беш, иман ч1аг1деш, ц1инбелла хилийта ахьа и бутт »-аьлла. Х1инца
кхушиммо а дийхира иштта.Цул т1аьхьа ши доттаг1 ц1аваха новкъа
велира . Шаьшшиъ ц1акхача герга вахча, Хьасана элира.
-Беслан, хьо 1уьйрана схьавеъча ц1азамаш даа беша г1ур вара вайшиъ,
мел мерза хуьлу-кха уьш, 1уьйрана малх т1ехьажале, цхьа шийла мутт
схьа а дуьйлуш .
-Хуур ду-кха 1уьйре т1ееъча, цушиннах мерза муьлхарг хуьлу аьлла,
велакъежира Беслан.
-Муьлха шиннах боху ахь?- аьлла, хаьттира Хьасана.
-Хьан ц1азамеххий, сан набархий боху-кха аьлла, юха а велавелира Беслан.
- И наб ян хан дуккха а йог1ур ю хьуна, бола а банза кхо бут а бу хьуна
х1инца а.Ткъа ц1азамаш цхьана к1иранах д1адевр ду, даа а цакхуьуш.Со 1уьйрана хьоьга хьоьжуш 1ийр ву хьуна, виц ма лолахь.
-Ас ч1аг1о ца йо хьуна, со д1авог1ур ву аьлла.Хьо чувог1ий соьца?-
хаьттира Беслана, шайн кет1ахь саца а сецна.
-Х1ан-х1а, д1ачуг1ур ву со, шун буьйс декъла йойла, аьлла д1авола-
велира Хьасан. Иза шайн кет1а д1акхаьчча, шайн ден-деца кет1ара г1анта т1ехь
сакъоьруш 1аш баккхий нах байра цунна, царах самукъадаьлла т1евахара иза:
-Суьйре дика йойла шун, олуш.
Шайна жима хеташ волу Хьасан, шайца г1иллакхе хилла сакъераделира
баккхийчу нехан.
-Далла воьзийла, Хьасан, хьо а элира бакхийчу наха,т1аьхьий хьалхий,
ша-ша бен ца олу моьттуш.Т1аккха царах цхьамма хаьттира.
-Хьо стенгара вог1уш ву, Хьасан?
-Берашца лийча хи т1е вахнера со, дагахь а доцуш хан яьлла хилла-кха
вайна элира Хьасана.
-Уггаре а сакъерало хан ю шун х1инца, шун хенахь хан сиха д1айолуш
хета, делахь а,1аржъеллачул т1аьхьа хин йистехь сеца мегар дац.
Буьйсана цу Дела мостаг1ийн аьтто болу, боху, хица лазар тоха,вай цунах
Дала лар дойла, ларлуш хила веза, элира цхьамма.
-Дика ду, кхул т1аьхьа иштта хан яллалц хьелур дац тхо хи т1ехь элира
Хьасана,т1аккха шен ден-дега хаьттира цо:
-Дада, со, жимма шуьга ладоьг1уш, уллехь саца мегар дуй?- аьлла.
Воккха стаг вист а ца хуьлуш шена уллехь 1аш болчаьрга д1ахьаьжира,
церан дагахь дерг хаа лууш.Уллехь берш сиха кхийтира.Т1аккха царах
цхьамма жоп делира:
-Мегар ду-те Хьасан, х1оккхазе суна улле охьахаал хьо, аьлла.
Хьасанан ч1ог1а сакъералора баккхийчера дийцарех.Цара дуьйцура, шаьш
беран хенахь хиллачу ловзарех а, шаьш кхиина дог1учу заманчохь
хуьлуш хиллачу синкъерамех а, мехкаршка шаьш дуьйцуш
хиллачу захалонех а, х1етахьлера тешамечу безамех а. Юха а
шаьш кегий долчу заманчохь вайнехан вовшашца хиллачу г1иллакхех а,
гергалонех а, вовшашца хиллачу марзонех, къонахалла йолуш хиллачу
зударех а, майрачу к1ентех а, ц1ейоккхуш хиллачу къонахех а, цара аьлла
долу хьекъале дешнаш,вайнаха, кицанаш а далош даиман а дуьйцуш
хиларх а.Т1аккха царах цхьамма элира:
-Дуьненчохь цхьана а къома а, лело ма деззара лелийча, вайнехачул оьзда а, ц1ена а долуш г1иллакхаш хилла дац, вайн нохчийн къам хозаллийца а,тешаме хиларца а,оьздаллийца а, къонахаллицаа, кхидолчу къаьмнашна юкъахь къастийна дара даима а.
Цул т1ехьа кхечо элира:
-Х1етахьлера адамаш иман ч1ог1а долуш а собаре а дара, х1етахь адамийн
вовшашца ларам ч1ог1а бара.
Хьекъал долчу наха х1окху заманах лаьцна а дуьйцура,х1инца х1ара Хьасан
вайна юкъахь санна, 1ара со баккхийчаьрга ладоьг1уш,цара дуьйцура,
Т1аьхьара заман чохь кехатийн бакъо хир ю, адамашна юкъахь лелаш ерг
бохуш,т1аккха, нах бууш нах хир бу бохуш, дуьйцура цара.Араваьлла стаг а
воцуш,ткъа чудеъна адам а доцуш, шен беа пена юккъехь 1ашшехь дуьненан еа маь11ехь дерг, адамаш цец а дуьйлуш пенаша схьадуьйцур ду,бохуш,ткъа чохь дерг иштта арахь а хуур ду .Х1инца вайна гуш дукха и деригге а.И копютар олуш йолу яшки хьалха хиачи,цу чохь схьагойтуш ду-кха, дуьненан еа
маь11ехь дерг.
Вукху воккхачу стага дийцира,т1аьхьара заманахь йиш-вешин гергарлонаш
хиера девр ду, церан вовшашна т1еоьху некъаш хедар ду, дуьненан рицкъа,
дахьа меттиг а йоцуш, шорта даьржар ду , адамаш сингаттамна доьлхуш,
хьере хир ду аьлла. и ша дуьйцуш дерг шена гуш санна, б1аьргех хи делира
цуьнан. Цу хенахь ша цара дуьйцуш дерг схьалаццал вара, амма цунах кхеттал вацара,ткъа х1инца и деригге а вайна гуш ду-кха.
Т1е мух1ар та1ийна хилчхьана, харц яздина кехат бакъ дой, адамийн бакъо
эша а йо, иза цхьаъ ду, шозлаг1а, адамех къа а цахеташ, церан хьакъ даар, хьалха дог-пах а дууш, адамаш даар ду аьлла, хета шена .Ткъа йиш-вешийн гергарллонаш дуьненан рицкъанаш лоьхуш, гена д1асаихна хиера девлла, вовшашна т1едоьлху некъаш юха вовшах хиттале,1ожалло дахаран орамаш хедош лаьтта. Дуьненан рицкъанна т1аьхьа девлла, ген-генна д1аса дахана адамаш,шайн-шайн аьтто бол -болучохь рицкъанаш а гулдина, баха хевшина.Т1аккха цул т1аьхьа ойлаян воьлчи цу бахамах а са ца къерало, хьайна дезаш долу да-нана а, йиш-ваша а уллехь ца хилча.Самукъа а цадолу жималлийн марзонца шеца цхьана хьирчина болу накъостий шена т1екхочехь ца хилча.Диканна а, вонна а дакъа лоцуш болчу шен нахана юккъехь цахилча .
Юха дог тедан г1урту, стенггахь хилчи а вала везаш ву-кха массо а, олий.
Т1аккха велхара къурдаш логехь соьцу. Цаьрга ладоьг1уш а 1ийна, вист хилира
ша нах а лоруш,нахе ша ларийта а хууш , наха ларамца йоккха ц1е йоккхуш
волу 1абдул-1азиман Халидан к1ант Мохьмад.
- Бакъ дерг аьлча, шен махкахь диканца ц1ейоккхуш вацахь, стеган вахар- вахар а ма дац, дай кешнашкахь барз боцуш делахь, валар- валар а ма дац.
Цул т1аьхьа т1е туьйхира цо:-Вайнаха дукха баланаш лайна, х1инца а лайна а цабевлла. И деригге а вайнехан барт цахилар ду аьлла, хета суна,адамаш ч1ог1а хийца делла,вовшашца болу ларам а д1абаьлла.
Уггаре а коьртаниг иман ду, иман хилча, собар хуьлу, собар хилча барт а
хир бара, ткъа барт болчохь беркат хир ду аьлла, боху-кха, вайн Дала.
Вайна т1ехь дерг ду-кха, дехар, Везан Дела! Иманехь нисделахь тхо а,тхан доьзалш а, т1аьхье беркате елахь тхан бохуш.
Хьасан цаьрга ладоьг1уш 1аш, буьйса юккъе яхнера, х1инца иза набаро
цаьрга ладог1а ца вуьтура.Мохьмад къамел дина валлалц ладоьг1уш а
лаьттина, Хьасана хаьттира шен дендега.
-Дада,шуна со оьшуш вацахь, чуг1ур вара со-аьлла.
Денда, ша вист а цахуьлуш,хьалха санна уллерачарга д1ахьаьжира юха а.
Царех цхьамма элира:
-Мегар ду,мегар ду,х1умма а ца оьшу,Дела реза хуьлийла хьуна, Хьасан, аьлла.
дендас меллаша корта та1ийра, мегар дуйла хоийтуш.
-Буьйса декъал йойла шун-аьлла, Хьасан д1аволавелира.
Хьасанна т1аьхьа а хьаьжна, бакхийчу нахана юккъехь 1аш волчу
цхьамма кица далийра.
- «Хин долу хьоза бенахь декна»,-олуш ду-кха вайн дайн кица.- Элах,хьан т1аьхье а яйна яц,цу к1анта ша жима воллушехь хоуьйту шех къонаха хир вуйла. Х1инца т1екхуьуш болчу кегийчу неха амалш тамашийна ю,суьйре дика а я 1уьйре дика а доцуш,хьайбанаш санна, охьатаь11ий т1ехбовлу.
Вист а ца хуьлуш т1ех х1унда волу хьо аьлча, «Сунам эхьхета вистхила»,-
олу цара.Г1иллакх лелорах эхь дац,г1иллакх ца лелош верг къонаха а вац.
Шена адам гушшехь, вист а цахуьлуш т1ехвалар, «Со вац» бохург ду аьлла хетта суна. Элаха юьхь к1айн 1ара Хьасан г1иллакхе хилар бахьана долуш,цо
т1аккха элира.
-Нахе ша ларийта лууш волчу стага,нах лара беза,адамца ларам хилар, стага
шен сий лакха даккхар ду, аьлла. Цуьнан къамел чекхдаьлча цхьмма элира.
-Вай д1асадахнехь х1ун дара теша,сахуьлуш доллу вайна,1уьйрана даха
дезаш меттигаш хила а тарло, жимма са де1ча дика хир ду аьлла, хетара суна.
-Хьо а бакъ лоь,-олуш, хьала а г1евтина, вовшийн 1одика а йина, бакхий нах д1аса бахара.Буьйса д1а а яьлла 1уьйре т1е кхечира.Сахилла 1уьйре т1ееъначул т1аьхьа хала дара, лергашна сема волу Хьасан вижна 1илла.Ша хьалаг1оттуш:
-Бисмаллах1и-Рахьмани-Рахьим, Везан Дела таханлера де беркате диелахь тхан,аьлла г1еттира иза.Цул т1ехьа сихха ламаз а дина ара велира. Малх хьала баланза бара.Хьасан, ковх ара а ваьлла, д1асхьа хьежира.Т1аккха юха а вирзина, беша вахара иза. Ц1азамийн хас долчу ваьлча,Хьасанан цергех хи тесира.Ц1ен дари санна лепаш, къиегара ц1азамаш,б1аьрг кхеттачуьнан даа дог дог1ур долуш.Ша уьш дукха дуур ду моьттуш хилла волу Хьасан сиха 1ебира ц1азамех.Цул т1аьхьа иза хийисте вахара.Селхана ловзуш дукха бераш хиллехь а, тахана садо1у дег1 а дацара кхузахь. Хьасан хин берда йисте охьахиира.Иза 1аламан тидам беш 1ара. Хилдехьа ирах ихина лаьтташ долучу дитташка а хьоьжуш, царна юккъера схьахезаш йолчу олхазарийн бес-бесара шакаршка ладоьг1уш волчу Хьасанна,1алам ц1еххьана шена делалуш санна хийтира. Жимма хьалха, кхоьлина лаьтташ хиллачу дитташна юккъехула х1инца, чиркхаш латийча санна,маь1-маь11ехула маьлхан нур лепара.Ц1ена, сийна лаьтташ хилла стигал, х1инца цхьамма, дашочу къоламца дуткъа сиз хьокхуш, сурт диллича санна,малхо, ген-генна шен дашо з1аьнарш а хецна къагийра.
Хи чу хьаьжча ойлане а воккхуш, тийна охьадоьдуш хилладолу хи,х1инца
буьйсана стигал а къагийна хилла седарчий,цхьаммо цу хин т1оьхула
даржийча санна, къегинера.Дикка хьежча, цу хин кегий тулг1енаш
вовшашка шабарш а деш, забарш а еш,йоьлуш хеталора,т1аккха схьайог1ий
нана-тулг1ено и кегий тулг1енаш,марахьарчайой, къайлайохура.
Шен б1аьргашна гушдолчу суьртан хазаллех ца 1ебаш,и деригге а 1алам
шен кийра уозош санна,Хьасана б1аьргаш д1а а къевлина,кийра 1аббош керла
х1аваъ кийра уьйзира.Цул т1аьхьа, цу 1аламан хазалла еригге а ша кийра ерзийча санна,б1аьргаш схьа а биллина,цу суьртах сов ч1ог1а воккхавеш
хьала хьаьжна цо элира:
-Алхьамдулиллах1, Везан Дела, хьуна бу-кха хастам.Хьо воцчуьн ницкъ кхочур бацар-кха, кху дуьненан 1алам сел хаза кхолла а, и хазна ган тхан б1аьгашна сирла нур дала а,- аьлла, ша 1ьашволчу меттера хьалаг1аьттина,
хин йистехула волавелира Хьасан.Х1инца малх дикка лакхабаьллера.
Бераш шаьш луьйчучу хин айма йолчу шишша, кхоккха тобанашца
схьаоьхуш, сиха схьагулделира.Царах цхьамма забар еш элира:
-Хьасан,хьо сийсара ха деш-м вацара х1окху хи т1ехь,-аьлла.
-Со хин-ненаца тоба дан веана вара,-аьлла забаре жоп делира Хьасана.
Жимма хьалха хилла тийналла сиха эккхийра, самукъанечу бераша.
Олхазарийн шакарш а къаръеллера, х1инца цу хин кегий а, яккхий а тулг1ешца
т1ом беш бераш дара. Ц1еххьана хичуьра схьа берех цхьамма мохь туьйхира.
-Хьасан,хьан верас ву хьуна вог1уш.Хьасан д1ахьежча, Бесланах шен
б1аьрг кхетча, самукъа даьлла,иза шена т1екхаччалц ца 1аш, забаръеш
мохь туьйхира:
-Беслан, 1уьйре дика йойла хьан, хьо самаваьллачу хенахь.Хьо сама мацца а
ваьллчий а хьан 1уьйре ю моьтту суна.
-Х1аъ-ъа,хьан а дойла марханаш къобал,мичча а хенахь а,-аьлла, дуьхьал
забарйира Беслана.И шиъ, хи чохь луьйчуш долчу берех д1акхийтира. Луьйчуш,ловзуш бераш леллашехь малх ч1ог1а бохбелира.Ши доттаг1 хи чуьра хьала а ваьлла,дитташна юккъе а вахана,1индаг1е охьахиира.Т1аккха Хьасан барт хатта волавелира.
-Беслан алахьа соьга,х1ара хан хиллалц, баккъалл а,набъеш вара хьо?
-Вацара дера-кх,бегашийна наб еш вар-кха.
-Цамгаро лаьцнарг а 1уьллур ма вац тахана санначу 1уьйрана меттахь.
-Суна санна набаран цамгар кхеттарг-м 1уьллур ву,сол башха хьала г1атта а
ца туьгуш.Нана-яха Хьасан, и 1уьйре т1ееъча, кхин а ч1ог1а йог1у-кха суна и
наб,б1аьгаш вовшах леташ,корта г1айби т1е охьа оьгуш.Т1аккха Хьасана элира.
-Суна хаа иза х1ун ду.Айхьа 1уьйранна ши б1аьрг схьамабиллинехь, ахьа
уллера шайт1 д1а эккхо деза,Бисмаллах1и-Рахьмани-Рахьийма аьлла,
цул т1ехьа,Салават а дуьллуш хьалаг1атта веза,хьайн коьртера бала
д1абоккхуш.Хьо иза ала вицвелча шайт1ано шен болх схьа бо.
-Х1ун болх бо цу шайт1ано?-аьлла, хаьттира Беслана.
-Цо 1уьйранна хьо сама цавалийта,б1аьргашна т1е наб туьтту,хьо хьала
цаг1аттийта,корта баз а бой г1айбана т1е охьа эга бо,-элира, Хьасана.
-Эшш-шай,д1аяккхахьа и шайт1а,цундела аса цунна х1уьттаренна сайна
мерза наб йокха, хаза г1енаш а гуш,-элира Беслана.
-Сахиллачул техьа еш йолчу набарах,мерза наб цахуьлу.
-Нана-яха Хьасан, шена марзъеллачу хенахь мерза хуьлу-кха и наб.
-Буьйсанна хьо охьа вуьжуш, сахиллалц наб йийр ю-кха аса, олий ,парг1ата
охьа вуьжу .Ехачу буьйсанна хьалаг1атта са а цагатдеш мерза наб йо ахьа.
Цунах мерза наб олу.Ткъа сахиллачул т1ехьа,х1инца г1отту со,жимма 1ийна г1отту-кха со,бохуш керчаш 1илларо,хьан дег1ана луш ницкъ а бац хьуна, я коьртана луш хьекъал а дац хьуна .Иза эрна хан яйар ду.
-Х1унда ду иза эрна хан яйар.
-Кхиетахьа ва Беслан,наб могшаллийн мостаг1а ю ,ткъа мот-г1айбин доттаг1а ю.Цул совнаха, хьан дахарна эшам а бу сахиллачул т1ехьа меттахь 1иллар.
-Х1ун эшам бо цу набаро дахарна?
-Хьо г1енаш а гуш,туьйранашкара нанийн Н1окка санна вижана 1уьллушехь,
хьан хенара бераш лаьтта т1ехь дерг теллина а ца1аш,стиглахь дерг а, лаьтта
бухлахь дерг а х1ун ду хьоьжуш, массо а х1уманна т1ехь кхиа г1ерташ, таллам
беш ду.Ткъа хьо, хьайга д1а аьллачунна,иштта хилча х1ун ду? Вуьшта хилча
х1ун ду ? - бохуш хеттарш а деш, вижана 1уьллуш, эрна хан д1аоьхийтуш ву.
-Нана-яха Хьасан, дукху хууш хилча, хьалхе къанло боху, къан вала а цалаьа суна-м,-элира Беслана.
-Хьалхе къан ца ло,хьо санна х1умма а цахуучаьрна хьалха вала везаш а хуьлий,воккха хуьлу-кха.Ткъа дуьнена чохь долу х1ума, деригге а хиъча а
новкъа дац, цаоьшуш дерг цалелийчхьана.Со-м ца1иллало серло гучу яьллачул техьа вижана. Суна дагахь хуьлу-кха, со вижана 1уьллушехь, дуьнена чохь хуьлуш долу цхьа тамашийна хаза х1ума,цагуш со виса мегар-кха,аьлла.
-Нана-яха, со а хуьлу-кха кхоьруш,со сама а ваьлла, цхьа хаза г1ан суна цагуш
диса мегар-кха бохуш.
-Беслан, т1аккха цу набара доттаг1а а хилла,сел ч1ог1а ахь лардеш долу и
г1енаш, самваьлчи дагадог1ий хьуна?-Аьлла хаьттира Хьасана.
-Дог1у,наг-наггахь дерг-м,-элира Беслана.
-Ас бохург ахь дийр делахь, хьуна т1ехьлонна пайдаьнна хиндерг хаара суна.
-Хьунам дукха х1уманаш хаара,сов дукха хууш хьо хиларна, воккха хилча хьох,
х1умхууш волу стаг хиларна кхоьруш ву со.Схьадийцахьа т1аккха,х1ун ду ахьа суна кеч динарг?
-Хьо охьавуьжучу хенахь хьайна улле тетрадий, ручкий дилла деза ахьа.
Хьо вижана дукха 1уьллуш хилча,хьуна г1енаш дукха гур ду, уьш ахьа хьайна диц цадалийта цу тетрада т1е д1аяздан деза, цул т1ехьа, г1ан туьдуш волчуьнга тида а тидийтина, цо тидар а ахьа д1а яздича, иза хьуна пайдаьнна хир ду,-элира Хьасана.
-Нана-яха Хьасан, г1енаха цхьа хаза дин бара сан,ч1ог1а тешаме а,со ч1ог1а
ларвеш а.Аса со сама ваьлчи дадина дийцича,цо элира,- «Хьан дика
а волуш, тешаме доттаг1а хила ду иза».
-Бакъ дерг аьлла-кха хьоьга хьан дас,хьан т1ехьлонна ойла еш волу
со вукха хьан дика доттаг1а.
-Х1ун ойла йина ахьа сан т1ехьалонна.
-Гой хьуна Беслан,хан сиха д1айолу,хьо наб еш 1уьллушехь хан д1а а яьлла,
хьо болх а боцуш висарна кхоьру со.Ахь и хьайна гуш долу г1енаш гул а дина, туьдуш волчуьнга тида а тидийтина, хьайна 1амийча, кхано наха,- «Шена деш г1уллакх а доцуш, я, нахана пайденна а воцуш вижана 1уьллуш, къена-къан великха и Салавдин к1ант Беслан»,- бохучул а,-«Г1ан туьдуш волу Беслан»,- бохуш, нах т1е а оьхуш,наха лара а лоруш хир ву-кха хьо,элира доттаг1чо.
Цуьнан забарех кхеташ волу Беслан, вела велира.
-Хьо санна хьекъал долуш доттаг1 хилар бу-кха,т1ехьалонна пайда,- аьлла.
Шаьшинан забарех воьлуш и шиъ луьйчуш долчу берех д1акхийтира.
01.09.2005.
Резванова Айза
Болх Далла т1е биллина кхокха.
Бешара дитт к1елла а дахана,ша лаьцна болу кхокха баа охьа хиира цициг. Т1аккха кхокхана дага деара, «Шен дуьнена чохь рицкъ делахь д1ахоьцур бу ша цо,дацахь а,болх Далла т1е билли-кха ша аьлла»,ойла а йина,элира кхокхано, цу цицигана х1илла дан дагахь.
-Эх1-х1ай,ма дика ду-кха ахьа со лаьцна.
-Х1унда хета хьуна ас хьо лаьцна дика,асса-м хьо баа лаьцна бу,элира цициго.
-Иза ду-кха суна дика хеташ дерг, дан а.
-Ткъа х1унда хета хьуна иза дика.
-Г1азот дихкина бара со,г1азот къобал а ца хуьлуш со къен баларна
кхоьруш бара со.Т1къа х1инца ахьа со бен а бийна биича, вайн шинне а г1азот хир ду- кха,элира кхокхано.
-Вай, со г1азот а дихкина цхьаннеца а т1ом бан ара даьлла а дац,
мелххо а цадала г1ерташ доллу со, хьо биина а, мяу-в аьлла, кхокхана т1е ког биллира цициго.
Юха а кхокха, боха а ца бухуш бист хилира.
-Х1ета делахь, айхьа со баале биссмалла а алий г1азот дехкахьа, аьлла дехар дира кхокхано.
-Х1унда доьхкуш ду аса г1азот ? Ма ч1ог1а дуьйцу ахьа иза.
Т1аккха кхокхано,цицигна аьшпаш боьттира,к1елхьара бала дагахь.
-Со г1азот а дихкина,т1ома лелаш долучу олхазаршна сайн ницкъ кхочуш долу г1о дан ният долуш бара. Хи йистехь доьжна 1уьллучу баьстенан хьозанах баьрг кхетча, цунна г1о дан дагахь т1е бахара со. Иза «Олхазарийн ун» - олуш йолу вон цамгар а кхаьтта делла хиллера,цунах ун даьлла балаболлуш цомгаш бу со. Ахьа со цу цамгарх къие ца болийтуш, бен а бийна, биича, сан г1азот кхочуш а хирдара, ткъа суна и г1уллакх деш долчу, хьан далар иэрна хилийта ца лаьара суна. Юха а шен аз томдеш, элира цициго.
-Со дала г1ерташ дац боху аса хьоьга ,кхетахьа.
-Ахьа со биинчул т1аьхьа, цалаахь а лийр ма духьо, т1аккха, дехкахьа и г1азот, эхартахь пайденна хир ду хьуна, элира кхокхано, цициг шех тешош. Цицигана дага деара т1аккха, « кхокха дуй а биина д1абаха реза хилахь, иза ша лен деш буйла хуур ду шена» аьлла, т1аккха цициго кхокхане хаьттира.
-Айхьа дуьйцург бакъдеш дуй баа реза буй хьо?
-Дера бу,элира кхокхано.Цу дерригена а ойла йина болу.
-Ахьа дуй баахь аса хьо д1ахоьцур бу,элира цициго.
Кхокха кхийтира цуьнан х1илланах.
-Ахьа со д1ахоьцур белахь аса дуй буур бац,аьлла дуьхьала
белира кхокха.
-Х1унда боху ахьа иза, дийна биса ца лаьа хьуна, хаьттира цициго.
-Т1аккха сан г1азот хир ма дац,ахьа со д1ахецча, со х1ета а лийр болуш ма бу, аьлла корта охьа оллийра кхокхано.
Т1аккха цициг боккъалла а цунах тешна, кхиера делира .
«Шена кхераме болу кхокха а битина, кхин рицкъа лаха деза ша» аьлла, цициг цунна уллера дедира. Кхокха сихха ша цуьнан керара баларх а ца тешаш, т1ома белира.
Цициг цец а даьлла хьаьжира кхокхане.Т1аккха цициго элира.
-Со лен деш хилла- кха ахь.
-Ца лен дича, сох къа а хетта со д1ахеца дагаххьа-м дацара хьо?
-Ткъа къера дуй баа реза а хилла- кха хьо.
-Дуй-м аса биинехь а къера бацара сан.1ожалла йоцуш цхьа а ма вац, хьо санна неха синош дохуш лелачарна дага цаярах.Со сайн болх Далла т1е а биллина лелаш бу, цундела Дала зенах а,зуламех а ларбеш лела бо со, аьлла кхокха т1ема а баьлла д1абахара.Ткъа цициг, бетах мотт а хьоькхуш, т1ехьа хьоьжуш дисира.
Резванова Айза.
Л.К.Бохург х1ун ду хаьий хьуна?
Шена езаш ,ша ялийна йолу Кеса, дуьненан чохь долчу цхьана а х1уманах хьегам болуш ца юьтура,цуьнан майрачо. Иза ша а яра, хаза куц кеп долуш а,къейгина йоьхь сибат а долуш, товш зуда.
Иштта делахь а, 1ожалло хьалхе къастийра и шиъ.Кхо к1ант цхьа боьсса кхиина вог1уш вара цуьнан.Цхьаъ бен йоцу йо1,цу кхаа к1антал а жима яра.Кху дуьненан чохь шел хаза х1ума дан а дац мотийтуш,шен майрачо, цо деш долу дов а,цуьнан, елаялар санна та а деш, лелийна яра Кеса.Цунна делахь а,цуьнан амалах кхета нахана хала дара,кхин нахана томана а, шен амал хийца лерина иза а яцара.Цунна езайеш бен къамел дан ца хаара. Амма доьзал шайн ненан дог эца г1уртура, шайн ма хуьллу. Цхьана дийнахь вокхаха волу к1ант дикка, мехала болу болх бан т1е а лаьцна, чу веара. Цо элира:
-Нана, кхана балха ара вер ву тхо кхоьа,дика болх карийна суна,цунах дуккха а ахча схьаоьцур долуш. Шена хуьлуш йолу халой бен,кхин х1ума ца гуш йолучу, Кесас элира.
-Болх т1е лаьцна-м хир бара ахьа,х1окху вайн керта цхьа зуда а ялийна, х1ара нуй-горгам сан кочара даккхахьара ахь.
К1анта, ойла а йина элира;
-Ялор ю-кха, зуда а.Хьо реза йолуш цхьа а юй ткъа.
-Со ма яц цунна реза хила езаш ерг,соьга зуда а йог1ур яц,со цунна реза хиларх а. Х1инцалац цхьа а йо1 къастонза ву хьо?
-Лакххьахь, кет1ахь г1уо а йолуш. Элби бохуш ву цхьа стаг. Цера йо1 хааелла суна,массара а магош нах а бу уьш.Хьо реза елахь, иза схьаялор ю-кха вай,элара к1анта.Цунна и йо1 евзина а,езаш йолу а, дикка хан яра. Схьаяло аьтто балалц бохуш, собар деш вара иза.
Цо аьллачунна,нана сиха реза хилара . К1ентан дехошка а аьлла,цу йоь1ан нахана т1е нах а бахийтина,захало кхочуш дира цара. Адмаша дахарехь хийцамаш барх а,зама х1инцалц санна д1аоьхуш яра,шен боларца. Шен несца а бийца хаза мотт ца карабора Кесийн. Амма цунна кертахь шен нус ч1ог1а йист хуьлуш цкъа а ца хезара. Дан дезаш г1уллакх ца дуьтура несо.Кхо к1ант болх а бина сарахь ц1а веъча,еза йиеш луьйш хуьлура Кеса,цхьа а бахьана а доцуш.Иза ахчанах 1ехаелла а самукъне,ела а луш хир яцара теша аьлла хеташ,кхаа к1анта,шаьш схьа иэцна долу ахча деригге а д1аделира цуьнга. Амма даиман оьхазе йолучу цуьнан амал,ахчано а ***цур йолуш яцара.Цаьрна, гуш дара несо лелош дерг, цо ца дийцачий а.Цкъа воккхаха волчо, хаьттира шен зудчуьнга.
- Ва зуда, цхьа а йо1 хьаг1а а йой цу хьан марвашас,безам болуш ву ша аьлла а. Жима а ма вац иза,зуда ца ялош лела.Зудчо жоп делира.
-Вайна генахь а йоцуш, ехаш йолу цхьа йо1 ю цунна езаш,иза а ю, кхуьнга безам болуш,кхо шега йола аьлчи йог1ар а йолуш.
-Ахьа хаттахьа цуьнга,хьуна эвхьаза а дара.И йо1 схьа ялийча хьуна а йист хила,накъосталийна а хир яра.Зуда а ялийна шена чу верзийча,нанна синпарг1ато а хир яра.
Иштта вовшеха дага а бойлла, шоллаг1чу вешина зуда ялийра.Амма
ший а нус, кертахь цхьатерра эсала лелара.Цкъа а ч1ог1а елалуш а, аз айдина йист хуьлуш а яцара и шиъ.Делахь а марнанна дов дан меттиг болура.И шиъ цхьана охьа хиъчи а,вовшенца къамеле яьллчий а тоьура цунна.Иштта кхиина йог1уш маьрйиша а яра. Даиман, еза еш бен йист хила а ца хууш.Цхьана сарахь лулахошка а яхана чу еана йолу марнана, гуттур ч1ог1а карзаха яьлла мохь хьоькхуш,дов деш яра. Кхо к1ант а вара цо хьоькху мохь хезаш.Цо деш дерг х1ун дов ду хаа лууш,ла доьхчи,царна хезара.
-Доккха х1ума ду-кха, цу неха несарех тера дац-кха шу.И вайн лулахойн нус 1уьргара лаьхьа а боккхур болуш ю-кха,мотт шера болуш а,болх а некъ а лело хууш а ю.Ишттаниг суна нис а лур яцара,бохуш луьйш хезара к1енташна шайн нана.Амма дуьхьала дист хуьлуш адам а дацара. Ковх чоьхьа ваьллачул т1ехьа,вокххаха волучо хаьттинера.
-Нана,х1ун бог1у кхаьра? Хьо стенна оьхаз яхана ю?
-Кхерам бац хьуна,х1ара вайн керта еана ши зуда,уръаттал базар яхача совнаха цхьа б1елиг кхоссалахь сан терзий т1е, аьлла а, йист хиларна.Неха зударий шай-шайн белхашкахь бохкуш бу,шортта кера дог1уш рицкъа а долуш.Х1ара суна нисъелла шиъ ю-кха,бийца мотт а боцуш. Шоллаг1а волучу к1анта шен нанна томана элира.
-Хьо реза йоллучара, мотт хууш ерг а схьа ялор ю вай,хьожуш хила хьо,аьлла.Зама д1аоьхуш яра,диканаш а вонаш а гина долу денош,буьйсанан боданца д1ахьерчош,сингаттаме а,синтеме а буьйсанаш,1уьйренца схьайоьллуш. Цхьана 1уьйранна, балха ваха новкъа ваьлла волу кхо ваша,новкъахь машен а сацийна,воккхаха волучо элира.
-Со х1инца вайна балха т1ехь мала хи схьа а иэцна схьавог1у,эшшима кхузахь собар де,аьлла вахана г1уна йисте иза д1акхочуча заманачохь, йоккха г1овг1а елира, хи схьаиэца баьхкиначу зударшна юккъехь.
Саца а сецина, цо ла доьг1чи,цхьана йоккхачу стага элира.
-Со йоккха а яра шуна юккъехь, сан чохь меттахь лелош воккха стаг а вара,могаш воцуш.Эша со хи а делла д1аяхийтача, мел хир бара шуна.
Зударий шаьш иза тидам боцуш латторна а,эхь хетта цуьнгара ведарш схьа иэца т1екхевдира цхьаъ.
-Хьо оха латто декхар а ма дацара,ахьа хьо д1аяхийта аллалц а.Схьало хьайгара ведарш, аса схьаоьцур ду хьуна хи.
Т1аккха, цу юккъе цхьа кхиина йог1уш йолу жима йо1 г1оьртира,шен аз а стом дина.
-Дера оьцур дац-кха, цхьамма-ам,цкъа со хи схьаиэцна яллаца-м. Хьажал хьо, йоккхастаг,и хьан могаш воцуш, меттахь лелош волу стаг,хьо суьйранна хи схьа а иэцна чу йодахь а, шен меттахь 1уьллуш хир ву хьуна,ткъа шина кога т1ехь лелаш волучуьнан йиш яц, кхузахь шуна хиш а дуьттуш де дайа. Бохуш, лен а луьйш шена хи схьа а иэцна иза д1аяхара.Массо а 1адийча санна цец бойллачохь а битина.
Хи иэца ваханачу к1антана дага деара, х1ара саннарг ю-кха шен нанна езаш ерг. Т1аккха, цо хаьттира зударшка.
-И йо1 хьена ю?- аьлла.
-Деллахь ю сан луларчу,вуно оьздачу ден,ненан.И тайпана йо1 хила хьакъ доцуш оьздачу неха,аьлла жоп делира,цу зударех цхьамма.
Йоккха стаг а,хи иэца веана волу к1ант а,хи а делла д1адахийтина, цул т1ехьа, зударша хи оьцуш раг1 д1ах1оттийра.
К1ант шен хи схьа иэца ваг1арх воккхавеш веара юха.Цул т1ехьа цхьа ши бут баьллачу хенахь, воккхаха волучо шен чохь вежарех а,ненах а дага а ваьлла,цу йо1ана захало иэцна нах а бахийтина,жимаха волучу вешийна схьаялийра и йо1.Зуда ялор д1а а дерзийна,керла гергалло д1а доладалийтина,х1инцаллца сана, шайн болх бан ара бевлира вежарий.Керла нус бухарчу несарех тера яцара,леларца а,дечу г1уллакхца а,олучу дашца а.Амма марнанас шен г1иллакхаш ца дуьтура,цуьнан амалца йог1уш хила там болуш яра, керла нус.
Кхо нус вовшах а кхетта, елаелла цхьана охьхаа йиш йолуш яцара,
стоьла йистехь х1ума яа.Маьрйиша шен несаршца д1ауьйш яцара.Цуьнан амал шеен ненан амал яра.
Иштта цхьанхьа яхана чу йог1уш йолучу марнанна, кхо нус цхьана охьа а хиина чай молуш 1аш гира.Иза ца тайначу цо,сихха элира.
-Ма мукъа довла-кха шу,х1окху тхан керта схьа кхаьчначул т1ехьа,шаьш стенга кхаьчна хууш хир ду-кха шу,аьлла марненан г1овг1а йоллушехь, эхь хеташ, йоккхаха йолу ши нус хьала а г1аьттина д1аса елира.Жимаха йолучу несо,шен чай д1а а молуш, элира;
-Х1инцца бен,х1ара чай мала охьа хевшина а дацара тхо,мама,х1инца х1ара чай д1а а ца молуш хьала г1евттича,юха а, сихха охьаховша дезар ду-кха тхан.
- Ду дера-кха,массо а х1уманал хьалха яккха езаш ма ю гай,- боху дош марненан багара схьадоллушехь,жимаха йолчу несо элира.
-«Деса галие ирахь ца лаьтта», олуш ду-кха.Схьайолахьа мама,эрна къамелаш а ца деш охьа а хаий,моз 1айг биллахьа хьайн бага,и марзъеш. Т1аккха мукъане а мерза хир дацара теша хьан багара долу дош.Чай молучу юкъана, вайга а баьхкина и г1улакхаш наха дина, кхача делла аьлла кхаъ хезар бац хьуна. Х1ара йииначул т1ехьа дикахо далур ду и г1уллакхаш,аьлла шен чай д1амелира несо.Марнана кхийтира, ша дийцичий а иэрна дуй, иза кхин х1ума аьлла йист ца хилира. Сарахь шаьш чу дог1уш ,кхаа вашас,шайна балхат1ехь пачхьалкхо делла долу ведарш ц1а деара.Кхин цхьанне а б1аьрг кхетале, йишас, уьш вежаршкара схьа а иэцна,басарца царна т1ехь билгалонаш еш гира, жимаха йолучу несана,уьйт1арчу корехула ара хьаьжича. Л.К боху ши элп т1е а яздеш,чучча а доьхкина,чу даьхьира цо ведарш.Нус ша шена ела къежира, цхьаъ дага деана.
Цул т1ехьа кхин цхьанне а б1аьрг кхетта а,я цхьаммо а хьаг1ийна а дацара ведарш. Цхьана дийнахь са мукъа даьлла йолчу маьрйишийна хи т1е яха дага деанера.Цкъа а кхи г1уллакхца бала хилла а йоцу маьрйиша, ша д1адехкина ведарш лоьхуш лелара,ара йолуш,чу йолуш.Несарий цо лелочух кхеташ бацара.Эх1-х1ар а мохь хьекха йола елира иза.
-Доккха х1ума дукха, х1окху кертахь доллург, цкъа д1айиллина йолу х1ума,эшначу хенахь схьаэца карош цахуьла-кха, х1окху вайн кертахь, х1ара несарий балийчхьана,бохуш даиман а санна шен несарий бехке беш йола елира маьрйиша.
-Стенгахь ду аса т1ехь басарца билгалонаш а еш д1адехкина ведарш. Йоккхаха йолу ши нус ара а яьлла,сихха массо а меттехь, б1аьрга дайна а доцу ведарш лоьхуш, маса хьийзаш яра.Ткъа жимаха ерг,корехула ара а хьоьжуш, ла доьг1уш лаьтташ яра.Т1аьхьаре а, арахь г1овг1а лахъелча,корехула ара а хьаьжина,ведарийн ц1е а ца йоккхуш,ела а къежаш, цо элира.
-Х1ей,схьакариний Л.К ? Ишттачу кепара цо иза аьлла цатайначу маьрйишас,кхин а ч1ог1а хьоькхура мохь.
-Л. К ,бохург х1ун ду хаьий хьуна? Л бохуриг, Лула ду хьуна, К, бохуриг, Кеса ду хьуна.Хьан марненан а,маьрйишин а ц1ераш ю хьуна ахьа йохуш ерш, бохуш.Т1аккха несо чура ара а яьлла,ела а луш элира.
-Вай Дела, хаз -йо1,сом корехула ара хьоьжуш 1аш яра, ахьа цу ведарш т1ехь и билгалонаш еш,и ши элп т1ехь гинарг цу ведаршка д1а-м хьожур вац хьуна бохуш.Иза хьан ц1е юйла ца хаара суна ,ассам кхечу аг1ор тиднера иза,аьлла,юха а ела елира нус.
-Х1ун аьлла тиднера ахьа иза,хьа-м ч1ог1а самукъа даьлла цунах,элира маьрйишас.Т1аккха несо жоп делира.
-Соьга хаьттича Л бохург, лаьхьа ду,К бохург, корта ду,лаьхьанан корта хуьлу-кха цунах,аьлла ела елира нус.Цо аьллачух цец яьлла 1адийна лаьтташ яра йоккхаха йолу ши нус,маьрйишас х1умма а алале, цо бохуш дериг хезана йолу марнана, гуттур ч1ог1а мохь хьоькхуш т1е еара.
-Цхьаъ бен йоцу маьрйишина ахьа и ц1е тиллина хилча,мар нанна а хир ю хьан тиллина цхьа б1ег1ийла йоллу ц1е,бохуш.Х1умма а йоха а ца юхуш, цунна а жоп делира несо.
-Мама, шек ма ялахьа,и К олуш долу элп хьалха а диллина,Л олуш долу элп т1ехьа диллича, хьан ц1е хутту царна т1ехь.Коьрта лаьхьа,хуьлу цунах,аьлла нус чу яхара, х1орш 1адийна лаьттачохь а битина. Цо аьллачух сов ч1ог1а цец а яьлла, марнана ела елира.Кхо к1ант ковх чоьхьа ваьлчи царна шайн нана йоьлуш а гина,цера самукъа делира,хиллачух ца кхеташ.Цул т1аьхьа т1екхаьчначу кхаа к1анта нене хаьттира.
-Х1ун деш ду шу?-аьлла.Нанас к1енташна жоп делира.
-Х1ума деш дац тхо-м.Сайн жимаха йолчу несо,цхьа нохчийн кица дага а даийтина йоьлуш лаьтта-кха со,элира нанас.
-Х1ун кица ду иза?-аьлла юха а хаьттира к1енташа.
-Къаьхьаниг ца кхаьллича,мерзачуьнан чам ца хаа;-бохуш дерг ду-кха, элира нанас.
Вокхаха волу к1ант кхийтира хиллачух.
-Мерзаниг а,къаьхьаниг а лан дезаш дуьне ду х1ара. Элира цо.
Резванова Айза
Т1аьхьара зама
Туьйра.
Б1аьстенан малх хьежна довха де а хержина,Хьалха-Мартант1ера, Марта олуш долу хинйисте сада1а дахана, жимдолуш дуьйна а цхьана ловзуш кхиина долу ши доттаг1а; Цициггий, ж1аьлий. Хьалхе дуьйна шаьшшинне а дика евзаш йолчу хинйистехь дит а лаьтташ, сада1а тийна йолчу меттехь, жимма дечиг а гулдина ц1е латийна цициго.Ж1аьла хичуьра баьккхина ч1ара бахьаш схьадеана. Шаьшшинне а ц1ергахь беттина ч1ара а биина, цул т1ехьа хинйистехь лаьтташ долчу дитта
к1ела сада1а д1адижна ж1аьла,ткъа цициг дитт т1е хьала а даьлла,
хинт1оьхула д1акхевдина долу шуьйра га а хержина, цу т1ехь дахделла охьа а дижана, хи чу а хьоьжуш ойланаш еш 1уьллуш хилла;-"Ма к1орга а, доккха а ду-кха хьо Марта, ма хьеана хаза дог1у-кха хьо,нагахь суна нека дан хууш хилча а, ма даьхьар дацар-кха со хьуна чохь лийча"-бохуш,1уьллу цициг,ц1еххьана,цец а даьлла,хичу а хьоьжуш, хьалаг1аьттина.Цицигна хит1оьхула т1ема девлла доьлхуш долу хьозарчийн 1индаг1а хи чохь шена гичи,уьш шена хинбухлахь го моьттина.Т1аккха цициго аьлла:
-Ва ж1аьла,х1ара ма тамашийна доккха х1ума ду суна гуш дерг, х1ара г1ан ду теша ,я боккъал а ду теша, аьлла: Ж1аьла хьала а г1аьттина, д1а-са а хьежана т1аккха дист хилла:
-Ва цициг! Х1ун ду хьуна гуш дерг ? Сунам цхьа а х1умма а ма ца го.
Цициго юха а гуттура ч1ог1а цец а даьлла.
-Со хьера цадаьллехь, оцу хин бухлахь,суна нека деш доьлхуш схьагуш дерш хьозарчий ду-кха. Ж1аьла цец а даьлла цо дуьйцучух цатешаш хи чу хьежна. Цу хенахь хьозарчий генна дойлла хилла. Хийистехь лаьтташ долчу ж1аьлийна,хьозарчийн 1индаг1а гуш ца хилла.
-Сунам ца го уьш, ва цициг,- аьлла ж1ала цициге хьала хьежна.
-Вай-дах ду-кха, ша ч1ерий санна нека деш суна цу хин бухлахь схьагуш дерш-м хьозарчий, д1ахьажахьа цаьрга,-элира цициго.Цо дуьйцучух цадешаш долчу ж1аьло дела а делла хаьттина.
-Т1ехь х1ун ю царна, ва цициг?
-Хуьйцуш бедарш хуьли кхи, хьозарчийн. Шайн хьозана месаш ю-кха царна т1ехь,аьлла юха хичу хьежначу цицигна хичохь хьозарчийн 1индаг1а цагина. Цу хенахь уьш т1ема а девлла генна д1адахна хилла.
-Х1инцам уьш вайшиъ хааделла къайла девлла моьтту суна, аьлла цициго.
-Ва цициг, хьозарчий а хиллий техьа хьуна гинарш? Хаьттина ж1аьло. Иза шех цатешаш дог даьтт1ачу цициго,реза доцуш аьлла .
-Х1ун хилла уьш т1аккха,шайт1анаш хилла уьш?
-Шайна т1е хьозанийн месаш а йоьхкина,"Разведчикаш"олуш долу хьозарчий хилла хир дукха уьш,аьлла ж1аьло.
-Т1аккха хьозана месаш х1унда юхкуш ю цара шайна т1е.
-Шаьш цхьанге а схьа цалацийта,вай 1ехо дагахь хир дукха уьш.
-М1аьав, аьлла,бетах мот а хьекхина аьлла цициго.
-Асса-м ч1ара цабаа а хьозанан жижиг дуур дара,хьозанан жижиг мерза а хуьлу, аьлла баьргаш а карчийна хьала хьежначу цицигана хьалхарчу гаьн т1ехь 1аш хьоза гина,иза лаца дагахь тебина цицигах шен б1аьрг кхетташшехь ж1аьло мохь тоьхна;
-Ма лацалахь ва цициг,мегар дац хьуна хьоза лаца.
Хьоза оцу минотехь т1ома даьлла д1адахара, цициг реза доцуш ж1аьлега хатта дагахь охьа хьежна,иза дист хилале ж1аьло элира.
-"Птичье грип"-олуш ца хезна хьуна?Цхьана а тайпанна дан дарба а доцуш вон цамгараш ма ю царах юьйлуш;- аьлла ж1алийн багара даларцани,цициг кхера делла дитт т1ера чу хеца делира,иза ж1аьлийна букъ т1е доьжнера.Цициг цамгар а кхетта чудоьжна моьттуш, кхера делла ж1аьла, хьала иккхина деддера, цунна шен гехь 1аш цициг хилар дагахь дацара. Ша ма даддалу чехка деда, гехь цициг а долуш ж1аьла юьрта юккъехула а даьлла, шайн урамехула ма доьдду чехка, шайн ковх чу а иккхина,шен бун чу д1а леч1къанера.Урамехь арадойлла лаьтташдолу адамаш цец дойлла лаьттара.
-Ва-х1ай, иза ма тамашийна х1ума дара,бохуш.Ткъа кегийнаш и сурт гина болу забарш еш,боьлуш лаьттара.
-Ошх1ада-Биллах1, дикка 1еминчу дин- беречо динъа-м хохкур бац цу цициго и ж1ала санна,элира цхьаммо.
-Х1унда боху ахьа?-аьлла хаьттира вукхо,иза цхьа хаза забар ян воллий хууш.
-Т1е тиллина нуьйр а йоцуш,я схьалаьцна дуьрста а йоцуш,цо и ж1аьла леллина далош долу дела боху-кха. Уллехь лаьтташ болу накъостий г1ад бахана бела белира.
-И ж1аьла дера дезара хьалха даларах къовса дига. Элира царех цхьаммо.
-Иза ша дигар-м пайденна а дацара,иза хехкана дог1уш долу цициг-берийцана дигийта дезар-кха,ша хахка цициг ца хилча иза хьалха долий а ца хаа.Юха а уьш бела белира.Х1орш забаш еш лаьтташехь
«Г1алх-г1илх,мяав-мяав»,бохуш йоккхачу г1овг1анца юха ковх цициг хьалха , ж1аьла цунна т1еххьа ара хьедира и шиъ. Х1инца х1ун ду теша хилларг?- аьлла цец бевлла забарш еш лаьтташ болу кегирхой.
-Астаг1-фируллах1,Астаг1-фируллах1.Т1аьхьарчу заманчохь хирду бохуш хилла суьрташ дукха схьагуш дерш,бохуш воьлуш лаьттара воккха стаг. Кегийчу неха ч1ог1а сакъералора воккхачу стага дуьйцучу хабарех. Уьш цуьнга цхьацца хаьттарш дан буьйла белира. Воккхачу стеган а долура кегийчарца самукъа.
-Дийцахьа Ваший,муха хир ду олура т1аьхьарчу заманахь? Т1аккха воккхачу стага дийцира.
-Т1аьхьарчу заманахь цициганний,ж1алинний,барт хир бу,адамаш барт боьхна, вовшашца т1емаш болуш хир ду олуш дара. И вайна х1инца схьагуш долу сурт ду-кха т1ехьарчу замана тоьшалла деш дерг. Шоллаг1а дерг,котаман к1орнеш х1оий чуьра схьамадевллинехь дуьйна,котамаш 1амош хир ду олуш дара. Котам а к1орнеш а мА дац цара дийцинарш.Х1инца т1е кхуьуш долу чкъор ду-кха. Дайша – наноша бохург тергал а ца деш,цаьрга шаьш бохург бакъ ду,шаьш бохург де бохуш дуьхьала хуьлуш болу. Цул т1аьхьа,кет1а яьлла ,шайга ла доьг1уш лаьтташ йолчу шен х1усамненах б1аьрг кхаьтчи, цуьнга д1аахьежна забар йира воккхачу стага.
-Т1аьхьарчу заманчохь, х1усамдайшна доьхьала хир бу олура х1усамананой,и д1огехь лаьтташ ерг а ю-кха царех цхьаъ,аьлла шен кевнехьа д1ахьежира иза.Цо шена бохучунна реза йоцуш лаьтташ йолчу,цуьнан х1усамнанас элира.
-Схьаволахьа чу,ламазан хан а хилла вайна,и кегирхой 1ехо а цаг1еташ.
-Вай, аса х1ун бохуш 1еха бо уьш?
-Таьхьарчу заманчохь х1ара хир дуй, важа хир дуй, ж1аьлин,цициган барт хир буй, бохуш.
-Х1инцца тхуна б1аьрга дайна сурт ду-кха и. Забаре волу шен х1усаман да,юха а ша 1ехош ву-кха аьлла хеташ йолчу зудчо, ела а къежаш элира.
-Цу цициганний,ж1алинний барт хилчи йог1ур юй,яций-м цаха а суна и т1аьхьара зама, вайшинне барт хилча-м ян а мегар хьуна иза. Амма цициггий, дахкий барт а хилла цхьана ловзахь а, вайшинне цхьа барт а хилла, йог1ур яц-кха хьуна иза цкъа а;-олуш кегирхошка д1аайирзина зудчо элира.
-Аса дуьйцур ду шуна т1аьхьара зама маца йог1ур ю.Тхойшиъ санна ,хан д1а яьлла къеначера т1аьхьара зама ю шуна. Шу санна кегийчера хьалхара зама ю шуна.Ткъа и тамашийна х1умнаш, дуьне долийчхьана дуьйна а,т1ехь-т1ехьа схьагуш дерг тамашийна х1ума ду-кха, х1ара т1аьхьарчу заманчохь хир ду бохуш дуьйцур-кха, бохуш, кху хене даьлла шуна х1ара дуьне,элира зудчо.Таккха воккхачу стага велаавелла элира:
-Вайшиъ вовшах кхетчхьана цкъа а хьо х1ума - хууш, бакъдерг олуш юйла цахиънера суна. Ва зуда х1ай! "Настрадамус" ю-кха хьо .
Кегирхой цера къамелех сакъера делла,боьлуш бехха лаьттара.
Резванова Айза.
Некъ юххьа баьлла г1арг1улийн а.
Гуьйренан йочане денош дуьйладалале,шена ялта чу гул деш г1о дан,бераш далийнера йоккхачу стага. Бера йоккхачу стагаца сихха,суьйре т1е яле бохуш,болх беш дохкура,цхьаъ воцург.
Йоккхачу стага иза яхьие ваккха г1ерташ, цуьнга болх байта г1ерташ бохура.
-Вай жим-стаг вац хьо,хьажал цу болх беш дохкучу берашка, эхь дац хьуна,хьо иштта болх бан карах ца долуш хилча, вало хьала а г1аттий хаийта царна хьо белхало вуйла,бохуш. Цу дийнахь болх бан Лерина воцчу к1анта элира.
- Эх1-х1ай баба, тахана ч1ог1а некъ цанисбелла сан.
-Х1унда ца нисбелла хьан некъ? Х1ун хилла хьуна? Хаьттира
йоккхачу стага.
-Со кхуза схьаван новкъа волуш, вайн лулара цхьа вон зуда
кхеттера суна дуьхьала, иза гичи некъ ца нисло олу, массара а.
-Ткъа хьуна х1ун хилла, некъ юххьа баьлла , ши куьйг
ц1ахь дисина хьан? Я болх бедда д1абахана? Хьо т1ехьа ца кхуьуш,
Бохуш йоккхачу стага шенаг дуьцура , к1ант г1уллакхана т1е верзо дагахь.К1анта элира:
-Болх бан карах ца долуш висана- кха со. Юха а йоккхачу стага шенаг дуьйцура. Мел дукху дийцарх а, и к1ант балхана т1е а вирзина, цо г1уллакх ца деш и де д1а делира. Шозллаг1чу дийнахь юха а ара дойлира бераш а, йоккха стаг а, ялта чу гул дан. Массо а цхьабоьсса д1ахиттина болх беш бара. Делкъанна х1ума юу хан а хилла, массо а х1ума яа т1е гулбеллчий а, селхана ша ца деш дисинарг кхочуш дан г1ерташ санна воллура,болх бан карах цадолуш 1ийнарг. Йоккхачу стага элира,
-Схьавола х1ума а йиина, юха д1ахуьттур ду вай, цхьане.Т1аккха к1ант ши куьйг а дилина, х1ума яа хиина 1аш, цунна хьала хьаьжчи г1арг1улеш гира, стиглахь, мог1бинна, гуьйренца йовхачу метте д1а йоьлхуш. К1анта сов ч1ог1а цец а ваьлла элира, йоккхачу стаге.
-Д1ахьажахьа баба, и г1арг1улеш селхана цу аг1орхьа д1айоьлхуш
яра, тахана юха йирзина, кху аг1орхьа схьайог1уш ю-кха уьш.
Иза х1ун ду теша?
Йоккхачу стага жоп деллира.
-Селхана и еха-ма яхарг, шун лулара вон зуда доьхьала кхетта хир ю-кха царна а. Некъ юххьар а баьлла, юха йирзина хир юкха уьш а. Цунах самукъа даьлла бераш а, йоккха стаг а,юха дерза ца туьгуш, дукха дилийра.
Свидетельство о публикации №221092400700