Денойн хьесап

Денойн хьесап 2021 шо
 Некъан йозанаш (Саг1а юхахьаьвза)
Тамашийна зама ю х1ара, тамашийна шераш, ун ду массанхьа ,цуьнан бала хьакхабалаза болчунна хуур дац  и мел хала х1ума ду. Уьнах дукха адам дели, цуо  цамгарна  гонаха дукха къамелаш а до: адамийн куьйгаша дина, биологически т1ом бу, тайп-тайпана дуьйцу. Суна уггаре а хьалха Делан оьг1азло го массанхьа. Вай адамаш зуьйш долу эзар шераш ду, х1инца а зуьйш ду. Дукха адамаш д1адаха кху лазарх, я х1инца а сецна а дац.
Уьнах валарал хала ду ц1еххьана йог1у 1ожалла. Бахьана а доцуш дийца, д1акхелхаш  бу кегирйаш. Новкъа цхьанхьа воьдуш , авари йина ц1а валийна сан кхиний йишин к1ант,хазалла йоха йоллу жима зуда йиси, ши бутт бара ялийна. Ненан дог атаделла д1адахал хала киртиг т1е1оттаелла , амма Делера ду шадерг. Ма-хуьллу ненан  дог эца хьаьжи со, лере эли аса: варелахь, йоха ма йохалахь, хаьа сих даьлларг деза дуйла, амма 1ожалла вайна ца хууш т1ейог1у. Доьзал а даьхни а вай зуьйш делла хилар тидаме эцалахь: Делера Салам маршалла хуьйла цунна,Аййуб пайхамраехула масала даийтина вайна Аллах1о шен дезачу Каламехь бахам берриг д1аэцарца, берриг доьзал д1акхалхорца , цамгар-бала шех хьарчорца. Хьо Далла езар хилий тидалахь шадерг а: кхин д1а а яха еза ,хьан к1ант а ву , цуьнан ойла ян еза ахь- дог тедан г1ерта со…
Тезетара ц1а дог1уш ду тхо, со а ,марваша а ,кхин а. Луьйш-олуш, схьадог1уш Хазк1анта цхьа дийцар даладо новкъахь лелочу г1иллаккхех лаьцна.
Цкъа а машен сацор яц аса зударшна  аьлла вара со, цкъа г1ала юьртара схьавог1уш цхьа ши зуда схьаяличахьана. Нус марнаний хиллера, цу шиннан дов даьлла ,юха уьш охьа ца биссалуш хьийзира ша г1алахь.Хьекъало хьийзош яцара  ший а.
Иштта цкъа схьавог1уш, т1ейог1уш ю арахь ,цхьа йоккхо зуда ю новкъахь ,куьг луьйцу цуо . Ша чу ма –хиинехь баркалла а аьлла, къамеле елира иза. Деллахь к1ант , шен дец1ара схьайог1уш ю ша элира цуо,хокху уьнах ши йиша ,ши ваша д1адаьлла дуьненчуьра ,дисина ша а шен ваша а. Вашас  г1урбаннна д1акхайкхина ,х1оку гали чу дуккха а жижиг диллина шена,иза шега д1адахьалур дац, чу йуьгур яцара ахь со.
-Дера йуьгур ю-кх, аьлла ша машен д1ахьовзийча ,оцу зудчо дийцира шена боху х1ара дийцар:
 -Хьо санна цхьа дика шопар а кхетта схьайог1уш яра со , цу шопаро(Ахьмад хуьлуьйту вай цуьнан ц1е) дийцина дагахь кхетта цхьа х1ума дийца луур дара суна олу цуо.
К1ирандийнахь Хьалха-Март1ант1е базара ваханера. Шена т1евеара цхьа къонаха,г1урбан денош дара уьш, х1ара уьстаг1 шайн ц1а д1а а хьой шен х1усамнене д1ало аьлла,мах беллера, 1ан меттиг а йийцинера. Кхуьнгара телефон схьа а эцна х1ара ц1а а вахийтина ша сецнера. Схьавог1уш волу и шопар  ураме д1аккхаьчча  ул-уллохь доккха  а жима  а ши ц1а лаьттара , кху сигнал тоьхча , кевнах арайелира цхьа биркъа кечъелла зуда. Ч1ог1а ледара хьал дара схьагуш дерг: гуш дара таро ледара хилар.  Х1ара уьстаг1 баийтина шега и д1абала цхьа а ара ца волу те бохуш лаьттара ша,шу-м бац те х1ара.
Суна уьстаг1 баийта стаг вац , лулахойн хир бу, сан ц1ийнда кхелхина а дукха ханю аьлча , Ахьмада  аьллера :
-Х1ара уьстаг1 хьан бу –кх чу бига ахь.
Кхенуо сарахь телефон тоьхна уьстаг1 ц1а бахьийтинчо: ванах аса хьога д1абелла уьстаг1 мича баьхьна ахьа аьлла.
Шопаро ма-дарра д1адийцина шена гина сурт, юха аьллера:Делахь хала а ца хеташ оцу уьстаг1ан мах д1аэцахьара ахьа.

- Оццул доьналла хьоьгара даьлча , хьоьгара мах ца баккхал къонах ву ша аьллера вукху накъосто  .
Цулт1аьхьа  юха а базара вахара иза уьстаг1 эца.
   Уьстаг1ий охьа дог1уш воллура цхьа жимаха., уллохь г1о дан стаг а воцуш. Цунна   г1о а дер ша ,цуьнгара г1урбанна уьстаг1 а оьцур ша аьлла.Уьстаг1ий долчо цхьа уьстаг1 йисттах баььккхира . Юха х1окухо мах бийцича , элира цуо: «Делахь хьенех , ша чуьра араволуш ниййат ду дина , шен дуьххьара эца веанчунна саг1ийна х1ара уьстаг1 лур буш а аьлла. Иштта уьстаг1 а бахьаш ц1 а веара ша аьлла тоьшалла динера цу накъосто. Мелла а дехо-м дийци аса х1ара , делахь а ма йоккха къайле ю оцу саг1а бохучу дешан. Д1адаларе терра ,Дала схьа а ло рицкъа.


Рецензии