23 - я папка
Р.А А
Не услышишь крик моей души,
Потому - что, ты ушёл с ветрами.
Не увидишь слёзы на шеке,
Ведь дожди запели вечерами.
Не узнаешь что скрываю я,
В сердце нет тебя, следы я стёрла
Я одна, одна я без тебя,
И не будет никогда мне хуже.
Вот и всё!
;;
Р.А.А.
Ма г1уолахь вуьтуш со
безамах хьега...
Адамийн дукхаллехь
хьайн амат леха...
Доккхачу дуьненахь
цхьа воцуш кхета,
Ма вита со дагчохь
сингаттам хьекъа...
2019
Резванова Айза
Мохь бетташ кхайкхадо, бехке деш аш Нохчийн бераш.
Сан кегий вежарийн доьналлийн барам ца бустуш.
Делахь а цхьа некъ бу, бусулбанийн амал тусуш,
Дел - Ненал деза дерг, хьешийта синбакъо йоцуш.
Ишттачех ду тахна сан жимчу вешига кхаьчнарг,
Ца кхоош цо шен са, г1азотан декъа д1ахецнарг.
Ца хилла адамашка цабезам цуьна кийрахь кхиъна,
Вайн Делан Элчанна с.1.с. умматах и хилла ц1енна.
Х1унда аш кхелахой, ца йо те адамаллийн ойла,
Иблисо ца дуьту, шун хьекъалш, бакъоне кховда?
Х1унда аш витина зуламхо цу бераца къовса?
Муха аш бехйо ц1е "Хьехархо,, иблисах олуш?.
Шу стенга хьежнера, цо беран синхьесий хедош?
Х1унда аш битнера дешархой 1уналла доцуш?
Шун бехк бу, шу ду уьш, чалтанчаш къизлла туолош,
Шу ду сан мостаг1ий, шу Делан кхелах мадовларш!
Р.А.А.
Моссаза елла со,
моссаза денъелла,
Кхин моссаза еза те яла?...
Яхь йолчу къонахийн,
сан кегий вежарийн,
Маца хир - те, некъаш маьрша?
Тхан дайша ларбина,
Т1аьхьенна совг1атна,
Даймахкахь барт болуш даха,
Бусулба Нохчийн къам,
Дайн ларт1ехь нисделла,
Хир яц - те, хан ирсах теша?
Массо а де - буьйса,
дог1у сан сих хьерчаш,
Нохчичохь, со нохчех хьегош.
Эхь - бехке, яхь йолуш,
Дайн кхерчахь барт болуш.
Замане кхача сатуьйсуш.
Свидетельство о публикации №221102001117