Нани ненан суьлхьанаш
НАНИ НЕНАН СУЬЛХЬАНАШ
/Молитвенные чётки моей бабушки/
На чеченском языке.
Опубликована в электронной версии журнала "НАНА" 14.03.2018 года.
Хьалхара дакъа:
1аьнан зама
Нохчийчохь 1алам а, хенан х1оттам а шайн башхалла йолуш ду. Везчу Аллах1а иза дозуш нисдина-кх, вайн мохк дуьненан барамаллехь Ша кхуллуш х1оттийнчу хиламийн низамца. Дог1анаш, муьлхха а йочанаш, дукхахьолахь, вайн латта йокъанах лардеш, хьогаллин совхуо еш долчу т1ег1анехь хуьлу. Кавказан лаьмнийн баххьашкара охьанехьа дуьйна шовданаш, хиш, 1аьмнаш ду вайн 1алам исбаьхьчу беркатехь латтош, хьаннаш дебош, дуьйш-дерзо лаьттанана а, бошмашна а туокхо луш.
Ишттачу махкахь х1аваъ т1уналлах дуьзна хилар тамашийна а дац. Цхьа бакъду, гуьйре юкъал т1ехъяьллачу хенахь, 1аьнан заманахь, къаьсттана лаьмнийн ярташкахь бехачу нахана, цу хьоло мелла а хало хуьлуьйту. Юккъерчу барамал и т1уналла сов хилахь, шело бахьанехь долу ун а хуьлу тергонехь латтон дезаш. 1аьнан заманчохь 10 градус а, цул сов х1ета а, шело лан атта ца хуьлу Нохчийчохь.
Сибрехахь я кхечу шийлачу мехкашкахь х1аваъ вай долчохь санна т1уьна дац, цундела 20–30 градус шело а цигахь адмана атта хуьлу лан. 1а к1еда хуьлу Нохчийнчохь, амма наггахь шераш-м дог1у и ч1огг1а шийла долуш а. 20 градус а, цул лахара а. Лаьмнийн ярташкахь хаъал шийла нисло 1аьнан хьал. Б1аьсте юкъал т1ехъяьлча а чохь пеш ягон езаш, буьйсанаш шийла йог1уш хиларна.
Суна дагдог1у, 1а ц1евзина шийла деъча, эвла йоькъуш дог1у Марта, буто бинчу шано деригге къовлуш хилла. Говра йоьжна дечиган салазашца цу ша т1ехула, дехьа-сехьа буьйлуш, ча-йол а кхоьхьура, хьуьнхара а, тог1ешкахь гуьйрана хино охьатекхийнчуьра гулдина дечиг а дохьура.
Иштта деанчу 1аьнан заманахь наха даьхни хи малийта Мартан йисте лохкура, цхьана меттера лом я диг деттий ша боха а бой. Кегий татолаш-м лаккхара дуьйна бинчу шано лакъдора. Мала хи а наха циггара, Мартанчуьра кхоьхьура.
Юьртахь кранташ яхкале хьалха дара иза. 1981-1982-чу шерашкахь а деара 1а ч1ог1а шийла. Бакъду, 1а мел шийла хилча а, бераш чохь-м ца совцалора: лайн мижаргех ловзура, салазаш хоьхкура. Салазаш массаьргахь а ца хуьлура, амма хахка муьжгийн эткийн къоьла яцара. Церан айраш шарделча, салазхошна т1аьхьа ца вуьсура эткаш хаьхкина вог1ург. Шелладалар х1ун ду ца хууш, берашна ч1ог1а синкъераме хуьлура и хан. Суна а цхьаьна…
Амма 1а – беха мур бац, Нохчийчохь берг х1ета а.
Суьлхьанийн буьртигаш
Шен рог1ехь юха а т1едеара 1а. Бес-бесара хиламаш, дахаран некъаш, кхин а цхьацца бахьанаш долуш, хене мел довлу а ца нисло, кест-кеста йиша-вешица, дехьа-сехьара кегийчеран доьзалашца цхьаьна а кхетта 1ар.
Ткъа тахна-м тхо дерриш а цхьаьна ду. Вовшах кхета бахьана а хили – йишин йо1, кхечу махкахь ехаш йолу, шен доьзалца хьажа-х1отта ц1аеъна. Дуьйцуш, олуш 1аш, тхан Ненаненах (Нани Нана) лаьцна дийцарш нисделира. Цунах дийца-м дукха дара.
Тхо жималлера мерзачу даглецамийн уьйраца доьзна ду цу 1аламат дикачу адамца. Нани Нана оьзда стаг яра, къинхетамах, комаьршаллех дуьззина дог а долуш, дукха хало гина а, вайн массеран наноша лайна бала а лайна. Дегахьара я
ненехьара баккхийчарех тхуна т1етовжа а, ган а висина стаг а вацара, ненанана йоцург.
* * * * *
Дедена 1937 шарахь сталинан 1едало лаьцна тоьпаш тоьхнера. Нохч-Г1алг1айн къоман пачхьалкх х1оттайарехь доккха дакъа лаьцна вара иза. Ламан къаьмнийн кхеташонан декъашхо а, Нохчийн автономни республикин ЦКхК-ан декъашхо а хилла вара. Денана вайн къам ц1ера даьккхина долуш Казахстанехь цамгар кхетта, цунах юха ца йоьрзуш кхелхинера. Ненада а иштта воцуш вара. Цхьаболчеран бара дедай а, ненадай а, амма ч1ог1а к1еззигчеран. Уьш к1езга хиларан бахьана массарна а дика хууш дара: 1920-г1ий, 1930-г1ий шерашкахь лаьттина къиза та1зар, шоллаг1а боккха дуьненаюкъарчу т1еман т1аьхьалонаш, 1944 шарахь февралехь халкъ махках даккхар. Баккхий нах, къаной бисинчу доьзалшкахь, тхо-м царех къайлаха хьоьгура, син-дег1ан а, дахаран а туокхо хилар билгал дара. Ткъа царах х1ора а мехкан мехха лара мегар долуш вара. Массеран а юкъара бара уьш, царах массара дозалла дуора, халкъан хазна лорура. Уьш болчу доьзалшкахь доккха хайра хетара – х1уъа хатта йиш хилар, хаьтинчунна жоп хазар, церан г1аттар-вижар гар, цара нахаца деш долу къамеле ладог1ар, царна ламазан тас-г1уммаг1 кечъяр… Ишттачу доьзалера хьалакхуьуш ма ду г1иллакх а, кхетам а, ларам а, оьздангалла а. Доьзалехь кхиънарг къомана а ма кхочу. Ша къам а ма ду, доьзалийн белш т1ехь кхуьуш.
Доьзалан хьокъехь дерг дика дуьйцу Хасиев С.-М. шен «Нохчалла. Нохчийн г1иллакхаш» ц1е йолчу балхахь: «… Доьзалехь кхоллалуш бу ларам. Малхбалера Малхбузе кхаччалц. Тахана дуьненахь долчу а, дуьненара д1адаьллачу а х1ора къомо «доьзал» бохучу дашна чу шен-шен маь1на дуьллу. Вайна цаьрца х1оранца а дог1уш дерш к1езиг дацахь а, амма шен сибат, васт, вадд йолуш хуьлуш бу вайн доьзал. Иза иштта хила таро йийриг, хетарехь, уьйр-безамца доьзал кхоллабалар ду. Вайн доьзал 1амийначара, цуьнан башхаллаш теллинчара олуш ду: «Нохчийн доьзал безаман т1ехь кхоллалуш а, ларамо д1акхоьхьуш а, адмаллица чеккхболуш а бу»…».
Сайд-Мохьмада хьахийна «уьйра-безам» бохучуьн маь1на дузош карадо вайлахь хаддаза лаьттачу т1аьхьенийн з1енаш – вай «цхьана жайлера – т1аьхьа т1ейог1учу жайле», «т1аьхьено – т1аьхьене», «воккхачо – жимачуьнга», «дас – к1анте» ма-аллара.
Къаношца доьзна дерг а, кхетам кхиорех дерг а дика билгала доккхуш, шен «Кханена лехам» ц1е йолчу байташкахь хьахадо Аьрсбин Абу-Бакарс а: «… Х1ора а Къано вайн 1уналле х1уттийла. Х1ора а доьзал-Да жоьпалле волийла. Х1ора а во1-Ваша Иймане кховдийла. Вайн массо йо1-Йиша эхь-бехке йог1ийла». Вовше болу ларам, воккха-жима бохучохь лела низам, г1ийлачух доглазар, жималлехь дуьйна, х1оранний кхетамехь хотталуш болу къинхетам – деригге шен орамца доьзалца доьзна ду.
Цкъа мацах, тхан дас дуьйцара. 1937 шо т1екхачале, шен да 1едало лацанза а волуш, иза волчу бахькина хьеший бара бохуш. Цхьацца х1орш дуьйцуш 1аш а болуш, кхеран деваша чувеъна хилла, масех шо кхулла жима хилла волу. Хьешашка салам а делла, могуш-парг1ат а хаьттина, цо, кхуьнан шен ваша, вист хир вара ша аьлла, аракхайкхина. Т1аккха цуьнан дедас аьлла: «Ванах, ва Халд, кху чохь берш вайн хьеший буйла ца хууш ма вацара хьо. Айхьа дехьа чохь аьнна дерг, кхуззахь схьадийца. Хьешех хьулдина сан х1умма а дац». «Со-м цхьаъ хатта волура», – аьлла вукхо. «Хатта т1аккха». «Масех дашца аьлча, цхьана хьенехо шеца доттаг1алла кховдийна соьга. Цуьнца доттаг1алла лелон мегар дуй ас?» – хаьттина девашас. «Х1унда ца мега ткъа?… Уьш дикчу нахах бу, амма, хьалха и хьенех шен деца-ненаца, йиша-вешица муха ву а хьажий тасалахь цуьнца доттаг1алла», – жоп делла цунна.
Баккхийчеран куьг к1еда, ховха хуьлура, дош мерза, беркате хуьлура. Чохь а, юьртахь а, мехкан а юкъараллехь а цаьргара доккха хьекъал оьцура, г1иллакх 1амадора, 1адатийн мехаллаш евзара. Дахнарг-деънарг девзара. Иэс сирла лаьттара.
Эзара шерашкахь кхуьуш, дайшкара шайга схьакхаьчна нохчийн мотт ларбарехь йихкинчу юкъан г1арол а лардора къаноша. Эрна ма ца хилла, нохчашлахь лелла алар: «Деден куьг т1екхочуш, цуьнан 1аьнарехь кхиийнарг беркате т1аьхье хуьлу». Цу беркатца доьзна дерг оьздангаллин стом кхиош хилла ду. Г1иллакх, Яхь, Къонахалла кхуьуш болу некъ а бозу баккхийчеран хьуьнарца, кхетамца, доьналлица, церан дахаран а, син-мехаллин терзанца.
Массо а мехаллийн, г1ишлон бутту бух-лард санна, ларлуш ю стеган адмалла, эхь-бехках, ларамах, тешамах хотталуш йолу. Адамаллийн син кхача латтош дерг хьекъал ду. Ткъа хьекъал а ма ду шеца йоккха чолхалла йолуш. Х1унда аьлча, из тайп-тайпана ду. Диканиг а ду, иштта вуониг а ду. Дикачу хьекъалх беркат хир ду. Амма вуочух – зулам, буохам, юьхь1аьржо. Диканиг – вайн Дай леллачу лорах д1аг1ерташ волчо кхиор ду. Вуониг – шен заманахь деха адам 1осаллийна олалле вирзинчуьнгахь карор ду.
Ладог1а а, б1аьргана ган а воккханиг хилар – иза боккха бахам, т1алам, кхиетам бу-кх. Тахана-м «бу» ца олуш, «хиллера» ала дог1у. Х1унда аьлча, геннарчу заманахь дисна-кх уьш…
«Дахаро шен ха а хоьрцуш,
Доьзалаш Дайх-Нанойх къестош,
Уьш диси бух дуьтуш муонаш,
Хиллачийн мог1анаш дузуш…»
* * * * *
Иштта тхо 1аш долуш, сан йоккхах йолу йиша, дехьа чу а яьлла, цхьацца х1умнаш а кегийна, карахь суьлхьанаш а долуш схьаеара.
«Х1орш дагадог1уш цхьа а вуй шух?» – олуш, тхоьга хаттар а деш. Муха ца дог1у-ткъа дага! Уьш-м Нани Нанас лелийна суьлхьанаш дара. Цо ша кхалхале хьалха тхан Нанина делла дара. Нани а кхелхинера. Х1инца, ма-гарра, уьш тхуна дисна-кх.
Кар-кара оьцуш, соьга а кхечира уьш. Хилларш карла дохуш Нани Ненах долчу дийцаршка ойланехь ла а доьг1уш, суьлхьанийн буьртигаш сайн п1елгашна юккъе а лоьцуш , ойлан йийсаре вахара со. Эх1-х1ай… ма-йоккха яра цу ойланийн чалх. Жималлехь дуьйна мел хилларш. Ойланаш юкъахйохура цкъа цхьаммо, т1аккха вукхо дуьйцучо.
«Шуна дагадог1ий, – йистхилира Раиса, – Ма дика корта узура Нани Нанас. Лула-кулахь мел 1аш хилларг вог1ур-кх иза йолчу, корта озийта. Цхьа берш шайн бераш далош а бог1ура».
«Хийла сан корта уьйзура хьуна цо. Туо а лора лозучуьра. Дала, цуо и бахьанаш доггаха лелорна, тоболуьйту хир бар-кх», – т1етуьйхира Зураа.
«Цкъа саьрамсекхаш бен беза, белхи дуьйлалаш Нани Нанас а аьлла, вовшах а кхетта, иза йолчу дахара тхо. Д1акхаьчча, уьйт1ахь охьах1оттийначу ховшагна (лохачу истоьлана) т1е а кхайкхина, цо элира: «Хьалха цкъа охьа а ховший, шайн Бабас кечйинарг яа. Т1аккъа керта д1аг1ур ду шу». Кийчча лаьтташ, чайник юьззина г1алмакхан чай а, т1о-берам а, х1ицца беттина хьокхам а бара. Х1ума а йиъина, керта д1а а дахна, тхо болх бан д1ах1иттийра, – дийца долийра Сацитас. – Дуккху а дара тхо. Соьца вайн Тома а яра, Лечеран Кулсам а яра, Яхитеран Хьава а яра. Кхин а г1онна баьхкина лулара маьхкарий а бара. Керт йоккха ма ярий. Шуна дагйог1ий иза? Делкъал т1аьхьа а болх д1аберза гена дара, тхо к1ад а деллера. Д1адеза дисина саьрамсекхийн логмаш (цергаш) чохь боккха кад соьгахь бара. Ас ойла ма йо: х1орш д1абевалча, болх чекхбер бар-кх бохуш, сайн дагахь. Нани Нанас а кест-кеста ма хоттурий, саьрамсекхаш мел бисна шун олий. Т1аккха, оха къайлаха барт а бой, Нани Нанна а ца гойтуш, дисина логмаш, и боккха кад кхоччуш дара уьш, юьстахо к1аг а баьккхина, цу чу охьадоьхкира, т1аккха т1е чехкка латта а хьаькхира. Нани Нанига саьрамсекхаш бийна довлар д1а а хаийтина, оха белхи д1аберзийра. Амма, Нани Нана шек йолчух тера дара. Х1унда аьлча, «Кхин ца тоьира уьш?» – аьлла, тхоьга хаттар дира цо. «Нани Нана, берриш д1а-м бийна хьуна оха», – тхан жоп а дара».
Ас 1ен а ца велла, Сацита дуьйцучух юкъах а йоккхуш, элира: «Т1аккха, юха б1аьста хилларг а дийца ахь».
Б1аьста хилларг а дийцира Сацитас:
«Нани Нана кертахула бийначу саьрамсекхашка хьажа яхча, г1ийла лаьттах хьалатохаеллачу хелагашна гена йоццуш, дукха хьийкъина хьалакъедда саьрамсекхийн хелигийн оьла гина цунна. Латта т1оьхлара схьакегийча, бухахь дерг а гина. Т1аккха, Леча (Нани Ненан ваша) волчу а яхна, шена оха бинчу белхех дерг д1адийцина. Лечас хьехар дина: «Берриш (вайнаш) схьа а балабай, цу оьланахь берш цхьацца бохуш схьа а бахитий, т1аьхьа т1е д1абог1ийта». Тхуна дов а дина, Лечас ма аллара, д1а а бог1ийтира тхоьга уьш».
* * * * *
Цхьа эзар исс б1е кхузткъалг1а шераш дара уьш. Суна а йог1у дика дага и керт а, х1етахьлера ц1енош а. Тхан ненаден хилла меттигаш яра уьш, вайн къам ц1ера ара даккхале. Юха ц1а бирзича, цу кертахь 1ийначаьрца там-мах а бина, шайн хиллачу х1усаме чубахана хиллера церан доьзал. Г1аьххьа куьг тохьча, чоьнаш а метта ялинера.
Х1инца санна, уьйт1е а дагйог1у. Цхьана аг1ор б1аьллинган сара а буцуш, юха т1оьхула поппар а хьокхуш дина пенаш а долуш, йиъ г1улч шоралла а, цхьайтт-шийтта г1улч йохалла хир йолуш раг1у дара, кертехьара раг1ун пенан юххехь яьккхина ларма а йолуш. Цунна букъ тухуш х1оттийна хьаьжк1аш чуйухкуш болу дуо бара. Кертахьа котамийн бун а, г1езашна д1аховшийла а яра. Кевна х1оттийна а серех дуьйцина з1ара дара. Уьйт1ахь хилла боллан дитт, боккха нохчийн кхор, 1ежан ши дитт… х1инца санна дагдог1у.
Генна т1аьхьа, цхьацца керла г1ишлош еш а, кхечу бахьанца доьзна а, дитташ д1адехира. Уьйт1енан амат а хийцаделира.
Нохчийн кхоран юххехь хьаладаьлла хилла синтар тхан ненайишас ша 1ачу кертахь д1адейтина хиллера. Кхо-диъ шо хьалха, цунах хьаладаьлла синтар ас со волчу кертахь а дийна.
Цу даглецамаша ойла йойтура, дуккха а кхин долчух лаьцна а.
Нохчий Даймахка юха ц1а бирзина хилла шераш ду-кх уьш. Иттех шо бен дацара ц1а бирзина. Цул а к1езга зама яра, нохчий, г1алг1ай дийна бисар ца ловш, Кавказе, шайн юхаберзар, шайн луург кхочуш ца хилар новкъадаьлла, Соьлжа-Г1алахь, вай махках даьхча кхузахь баьхначу нехан г1аттам хилла (1958 шеран август беттан чаккхенгахь), дакъалоцуш масийтта эзар стаг а волуш. Девнаш хуьлуш, вер-ваккхар а хуьлуш, доккхачу зуламна болийна хилла и питане «болх». 1алашо лаьцнарг – вайн къам юха а махках даккхийтар. Иза 1едале т1еч1аг1дайта цара дуьйцура (тхан дас динчу къамелера) – «Нохчий, г1алг1ай даръелла дог-ойла йолуш бу. Къиза а, акхаройн амалехь а бу. Кхин долчу къаьмнашца ларам а бац, я уьйр езаш а бац. Шайн г1иллакхаш а, 1адаташ а бен кхин х1умма а лоруш бац…», иштта кхин дуккха а. Царна ца гуора, 1аламате дукха нах ц1а бирзича, чубаха меттиг йоцуш хилар, шайн дайх йисинчу х1усамашка наггахь берш бен д1анисбелла ца хилар, шайн керташна, ур-атталла, юххе буьтуш ца хилар. Баккхийчара дуьйцура, шаьш чохь 1аш болчуьра, нохчий шайн хиллачу бахамна юххе ца г1ертийта, кевна юххе леташ долу ж1аьлеш доьхкура бохуш. Цул совнаха, рицкъ даккха, болх бан меттиг яцара. Нах и рицкъ гул а дина, хьолах боьттина ц1а баьхкина ма бацара. Мехаза шайн цигахь хилла къиппалгаш охьа а туьйсуш, карахь хилла сом-ком, иза т1аьххьара бен дацахь а, некъана а дойуш, ц1а ихна вайн нах. 1едало ц1а кхалхаран «программа» йийцинехь а, цуьнгара нахана г1о дукха к1езга хилла. Хабарш-ам хилла шортта, амма нехан беш аьтто ца хилла-кх.
Цунах лаьцна дерг дуьйцуш, шен «Сердец биенье в унисон» ц1е йолчу статьяхь журналиста Мансур Джургаевс, Д.Мальсаговн къахьегар дуьйцуш, билгалдоккху: «… Амма республикехь, нах т1елацаран болчу кечаман хьокъехь, х1умма а дина ца хилла, диъ шо хан а лерина, бан безачу белхаца, нах шайн ц1а берзорехь. Х1уъа дина а, нохчийн, г1алг1айн хилла бахамаш парг1ат баха дезара, бухахь берш а, шайн ц1а кхелхинарш а духь-дуьхал а ца бохуш. Дукха хьолахь, ц1а боьрзурш шайн бахамашка боьрзура, уьш мехаца юха схьа а ийбеш. Иза а ца нислора массо хенахь машарца, девнаш а хуьлура». Гуш ма-хиллара, нехан дог1маш ц1а дахкар бен, синош паналлехь дисна хилла-кх. Бухахь хиллачеран кхетаме ладоьг1ча, вайн нах 1едало шайна хила ца бог1у къинхетам а бина бахкийтина хилла юха ц1а, вайна тиллина хилла «ямарт къам» боху ц1е бакъ а лоруш.
Ткъа х1унда хилла церан вайх иштта сийсаза дог-ойла?
1) Вай бехдарехь 1едало йинчу пропагандин жам1 хилла иза;
2) 1аламате дукхачу меттигашкара лаам болуш а, боцуш а вайх бисинчу махка «чулаьхкина» («чулехка» ца оьшуш, хьанал-хьарам къестор доцуш, стеннах а катоха чухьаьлхинарш а нисбелла дуккхо а) хилла уьш х1етахьлера 1едало: «Дуьло, схьалийца шайна бахамех 1анаяхна ярташ, 1ойлаш» а бохуш. Ставрополера, Тамбовски, Пензенски, Ульяновски областашкара, Гуьржехара, х1ирий, Дег1астанара къаьмнаш, кхин масне меттигашкара хилла уьш.
3) Ма моьтту ца хиллехь а, т1аккха а вуон д1атарбелла ца хилла «керла» бахархой вайн махкахь. Т1аккха, муха йита еза х1ара 1ойла, кхеран дай юха бирзича а?! Иштта а, кхин а хаттарш-бахьнаш дара церан дагах доьлларш. Церан ойланех гена дацара меттигерчу 1едална хетарг а. Бакъду, ишттачу дог-ойланца долчу 1едало а мало-к1адо йо бохуш, цунна а т1е1аткъам бина Соьлжа-Г1лахь «г1аттамхоша». Цунах терра хьал ярташкахь а х1оьттина. Кулубашкахь а, яртийн майданашкахь а гуламаш болийна, дукха хьолахь Дег1астанхоша а, кхечу къаьмнех болчу наха а. Тхан ден маьхчас (Махьас) дуьйцура цунах лаьцна шен дагадог1уш хилларг. Иштта, юьртан кулубе гулбелла хиллера Т1ехьа-Мартант1ехь 1ийнарш. Уьш хиллера дукхахберш дег1астанара. «Сайца ши-кхо накъост а волуш, церан гуламе дахар тхо, – дуьйцура Махьас. – 1едале дехар дан гулбеллера уьш… Тхо доцурш а, цара лелош дерг хезна, баьхкинера цига кхин а нохчий. Тхо ч1ог1а новкъа дара царна. Тхан цигахь девнаш а хилира. Даррехь питана дира цигахь цхьана наха, тхо цу чохь ца 1айта, шайн 1алашо чекхъяккхархьама. Бакъду, царна ма хетта «г1улакх» ца дайтира оха цаьрга. Арахь а, мичхьа а юьрта юккъехь уьш тобанца гулбелла лаьтташ царна нохчех цхьаъ юххе нисвелча, церан къамел тап-олий соцура, шаьш дуьйцург къайлахьуш».
Юьйцучу хенахь, вайн х1усамаш д1алийцина 1ийначу нехан нохчашка хилла цабезам гойтуш дара, Т1ехьа-Мартант1ера вахархочо, вайн къам дохочу хенахь масех шо долуш хилла волчу, Абубакаров Салмана дийцинарг а. Хьалхара дийцар дара шоллаг1чу дуьненаюкъара боккхачу т1амехь дакъалаьцна хиллачу Ойшаев Асхьада дагалецамийн къамелах доьзнарг. Асхьадас дийцарехь, вайн къам махках даьккхинчу хенахь иза командованино фронтера схьа а ваьккхина, ц1а хьажийна, Нохч-Г1алг1айчохь долчух х1умма а ца хоуьйтуш. Дийцина бахьана – мосуьйтазза чов хилла ву аьлла, ког х1оттор. Къийсавелча а хийцадала х1умма доцийла хиъча, х1ара ц1а вирзина. Вогг1ушшехь вайн махка, ша ваьхначу эвла кхаьчна иза. Кхеран доьзалш, гергарнаш 1ийначохь баха хевшина т1е мел веънарг хилла. Х1орш бусулба нах а бу, ц1ера баьхнарш мичхьа д1акхалхийна хаъалц, шайн хиллачу кертахь 1аш болчаьргахь саца г1оьртина хилла иза. Амма кхуьнан къамел цара юххе а ца дитина. Иштта х1оьттинчу хьолах ч1огг1а хорам хилла хьал х1оьттинчахь кхунна т1екхаьчна циггахь, гена воццуш 1аш хилла, чергазийн къомаха стаг.
Бексултановг1еран Т1уог1иний, Эдилсолтиний т1ебаьхкина, цара шайгахь 1ойтуш хилла болу. Вайн къам ара даьккхича, цигахь баха а севцина. Царах «Нашхо» ц1е а лелош жима стаг хилла иза.
Цу стага кхунах бехк а баьккхина, вогг1ушшехь шайга х1унда ца вог1ур хьо аьлла, хьошалг1а д1акхайкхина Асхьад. Деригге а хаа а хиъна, Казахстане новкъа валлалца, Асхьад цаьргахь 1ийна хилла. Мел к1езга а кхаа баттахь. Асхьада тидам барехь, кхинарш салам-маршалла хатта а, бистхила а лууш бацара нохчийн къомах волчуьнга, деррехь шайн дог-ойла а гойтуш.
Кхин д1а а Салмана дийцира: «Нохчий махках бохучу хенахь тхан 1ер-дахар Мартанал дехьа дара. Х1инца а беха цигахь тхох болу Висаитовг1ар а, Абубакаровг1ар а, Абалаевг1ар а. Цу хенахь тхо а, Адмар а (Адмар молла нахана вевзаш а, доккхачу 1илман да а вара) ц1ера дохуш, д1адахьа ницкъ ца кхочуш, дуккха а жайнеш диснера. Кхечу цхьацца нехан а диснера уьш иштта. Тхан хиллачу куьпахь баха суьйлий хевшина хилла. Царах Шепа1 молла ц1е йолуш волчу стага, гонд1а мел йолчу х1усмашкара д1абаханчу нехан дисина Къуръан-жайнеш ша волчу д1агулдина. Тхо юха ц1а даьхкича, молла Адмарас, цхьаъ лой а, жайна луохьа шена аьлла дехна цуьнга. Дуккха а царех жайнеш шайн х1усамехь дисина хилар д1а а къадош. Амма делла-м ца хилла кхунна цхьа а.»
Х1ара масалш а, вай тидаме лаьцна хаттар данне а дац, вай хьехийнчу а, хьехоза дисинчу а къаьмнашна цхьа вуониг ала ойла йолуш. Къаьмнаш бехке ца хилла. Амма цу къаьмнех хиллачу наха вайца лаьцна ирча г1иллакх, цара г1аттийна питана, цара вайца лаьцна хилла гамо ю хьахийнарг. Уьш ду-кх билгалдохурш. Дерг «ду» ала а, хилларг «хилла» ала а ца деза ткъа?
Масала, СССР-ан чоьхьарчу г1уллакхийн министр хиллачу Н.П.Дудоровс ЦК КПСС-ан а, СовМин СССР-ан а ц1арах «къайлах» яздина хиллачу кехатехь а дуьйцу цунах дерг: «… СССР-ан чоьхьарчу г1уллакхийн министерство д1ахоуьйту, Нохч-Г1алг1айн АССР-е хьакхелхинчу дукхах болу нохчий чог1а къахьоьгуш бу шаьш хьалха 1ийначу ярташка а, х1усмашка а берза г1ерташ. Цу бахьанца, церан а, 1едало схьакхалхийна хиллачу суьлийн къомах болчу нехан а юкъаметтигаш ч1ог1а телхина…». Т1ехьа-Мартант1ехь лаьттинчу хиламех дерг а хьахийна: «… Новосельски к1оштехь нохчийн къомах болчу Джануралиевс (нийса дешча – Джанаралиев, иза тхан ц1ийнах хилла), Докаевс, Дадаевс мелла а болуш, кулубан чуволучу не1аршкахь д1а а х1иттина, маьттаза хабарш а дуьйцуш, кулубан чоьхьа цхьа а ца волуьйтуш хьал х1оттийна. Иштта къаьмнийн юкъарметтиган зулам деш болу кхайкхамаш а беш. Царах цхьаммо урс а даьккхина, нахана кхерамаш а тийсина. Зуламхой, схьа а лецна, чубоьхкина. Кхин д1а долу царна дан дезачу уголовни та1зарна кечам а бу беш…».
Кхузахь к1еззиг т1етуоха дог1у. Хьахийна волчу Н.П.Дудоровс, иштта кечдина, СССР-ан лаккхарчу 1едалан ц1арах яздина, дукха киехаташ, кхайкхамаш хилла. Иза нохчий ца безачу тобанна юккъехь хилла, вайн пачхьалкхалла юхаметтах1отторан духьал а волуш. Нохчий, г1алг1ай Казахстанехь, цхьа шайн субъект а кхоьллийна, Даймахка ц1а а ца бохкуьйтуш, совцо беза баьхначех цхьаъ хилла иза.
Мухха делахь а, ямарт наха лелориг а, 1едало хьийзош хилла х1илла а ницкъ болуш ца хилла нохчий, г1алг1ай ц1а кхалхаран духьало ян. 1илман талламхо хиллачу А.Н.Яковлевс билгалдаьккхина цу хьокъехь иштта: «Маь1-маь11ехь тийсалуш хилла девнаш августера юкъара низам дохоран хиламе дирзира. Цу хьоло 1едал дехаре дожийра Къилба-Седа Кавказан т1еман гуонна эскарш политически хьолан юккъеозоран. Амма муьлха дуьхьало хир яра б1е эзарнашкахь ц1а хьаьлхина нах совцон… (!?)». Нийса дара, А.Н. Яковлевс цу хьокъехь дина хилла жам1. Сталинс а, иза куьйгаллехь хилачу 1едало а вайн нах махках бохуш, уьш юха боьрзур бу аьлла йина ца хилла шаьш йина къизалла. Бохийна д1абуьгуш болу нах эшелонийн вагонашна т1еховшийчхьана, лерринчу 1азапалле боьхкина. Уггаре а хьалха дан леринарг – дарделла, мацделла, г1елделла адам (боьрша нах, зударий, бераш, цомгуш берш!..) х1оьттинчу гаттонехь г1иллакех бахар, доьналлех, цхьана дашца аьлча, шайн синойн а, дог1мийн а, г1иллакхийн а мехаллаш т1ера уьш буохо г1ортар. Амма вайн къам Дала доккха дика делла хиларна, собар делла хиларна, доьналла, къонахалла, иман делла хиларна, чогг1ачу синкхетаман бух т1ехь лаьтташ хилла. Та1зар мел до а, ч1аг1луш, дахчалуш схьадеъна.
Историн 1илман кандидата А. Бугаевс кху шеран 18 январехь вайн Республикин 1илман Академехь д1аяьхьначу семинарехь дийцарехь, лаккхарчу 1едалан Указ ара а даьлла (1957 шеран 9 январехь), вайн къомахой ц1а боьрзу мур х1оттале (1956 ш. декабрехь), Нохч-Г1алг1айчу, бакъо а йоццушехь, юха бирзина хилла, мел к1езга а, 11 эзар стаг! Т1аккха дан а дог1у-кх иза, Яковлевс баьханчунна т1е. Х1ун ницкъ хир бара, дукха хало-бала а лайна, ц1а хьаьлхина нах юха туоха?! Царна юккъехь к1езга бацара, богг1ушшехь, шайн дайн-нанойн даь1ахкийн чархаш яхьаш баьхкинарш а.
* * * * *
Сан ойла шен хорше ерзийра, карахь долчу Нани Ненан суьлхьанаша. Цхьана ханна. Юха а коьрте хьийзара кхин а дагалецамаш. Цу заманчохь леллачу хиламех. Я Рабби Везан Дела! адам ма мерза дара цу хенахь вовшашца. Ма т1екаре хуьлура. Къахьегна, шагделла куьйгаш хиллехь а, сингаттамо йинчу чевнех лацадалаза дегнаш хиллехь а, ма сирла дара б1аьрган хьажар, ма нуьре яра яххьаш. Даьхница, хьолаца г1ийла хиллехь а, ма самукъане бара х1етахь нах. Вовше Салам-Маршалла хаттарца, г1о-накъосталца, керт лелорца, вахар-варца. Ма тахана санна дацара адам, ма къинхетаме, комаьрша, дог ц1ена дара.
Тахана вайх дуккхачарна бийца дола хеташ болу вайн дашо Ненан мотт, ма доггах, дозаллийца, безаш буьйцура массара а. Хьена, мила ву аьлла хаьттачий бен, вевзаш воцчуьнга тайпа ца хоттура цхьаммо а. Иза дацара тайпа боху кхетам юккъера д1ататтар. Шаверг а цхьаъ хетар дар-кх. Шаверг йиш-ваша хетар дар-кх. Цхьа болу Дег1астанара а, цхьацца гергалонашца хилла г1азакхий а, кхечу къаьмнех болчу нехан доьзалаш а (уьш дукха ца хиллехь а) вайн къомах ца хедаш, вай 1аьвшшина хало-бала а 1овшуш, кхойтта шо вайца цхьана Сибрехахь а даьккхина, вайн нахаца ц1а бирзина хилла. Вайн нахана уьш а, вайца цхьаъ лоруш а, безаш а хилла. Къестош-м х1етте а ца хилла.
Шаьш кху махкахь баха битичхьана тоьуш хетта вайн нахана, тоьланаш чохь 1айтина а, Даймахкахь битичхьана. 1едало еш йолу шога «терго», ч1аг1йина милицин отделаш, КГБ-н дакъош, меттанаш лелойчийн сийдацар, мел лазаме делахь а, садетта лаьар-кх. Кхин х1умма дацахь а, говр-ворд лелон а, бежан-уьстаг1, котам-г1аз лелон аьтто а бара. Керташ ма лерана лелайора. П1ераска буьйсанна ма лерина, ма ц1енчу ниятца саг1а даржадора. Ма доггаха дара-кх вовшен б1аьра хьажар а.
Ткъа белхеш!.. Иза дерриг а къоманна белхий а хилла лаьттара, шаверг, х1усам а йина, тхевна к1ел верззалца. Шун, тхан дан а дацара. «Вай» дар-кх. Ма доккхачу маь1анехь дара иза!...
* * * * *
Маржа-я1, ма боккха бала а, хало гина а, лайна а хилла-кх вайн къомо, шен хьесап дина ца довлалла. И 1азап бахьанехь вайн дукха адам д1а а даьлла, вайн нанойн, йижарийн дукха б1аьрг а билхина, дукха са а диттина, дукха са а тийсина. Ала деза, цу халонехь нехан дегнаш ч1аг1дина, доггаха Далла т1е болх а биллина, ц1а доьрзург хиларх тешам ца байна, Даймахке сатийсар Къилба лаьрра дахарх тасаделла вайн халкъ. Барт ч1аг1беш, вовшех болу тешам ч1аг1беш, кхетамца цхьа къам хиларан ойлане а доьрзуш. Вайн къам дахчийна-кх халонаша. Цул а совнаха, яхь йолу кегийрхойн чкъор вайн бакъо а юьйцуш, политикин боламехь кхиа доладелла. Сибрехахь кхузар вуй, цигар вуй а доцуш, цкъа а ца бевзинарш бевзаш, цигахь цхьана рицкъанах хотталуш бахар нисделла, цхьа вежарийн санна, шайна Дала тоьхна хан чекхъяллалца цхьаьна баьхна. Дукха захалонаш нисделла, гергарлонаш, вежаралла ч1аг1делла. Цигахь тийсаделла и гергарлонаш х1инца а долуш ду, лелош а ду. Дукха дика-вуонаш доьрзуьйта вай тахана а «Казахстанехь цхьана 1ийна ду тхо», – олий. Я «Дера велира «хьенех» оьзда чекх, ц1ера даьхначахь»… Кхин масане ду уьш. 1еламнаха дуьйцу-кх, Дала боху олий: «Цхьа а вуо дац, шен т1аьхьа диканиг доцуш».
П1елгашна юккъе нисбеллачу суьлхьанийн буьртиго юха а хьовзийра сан ойла. Дагаоьхура, Нани Ненера кет1а ваьлча, кертан йисттехула охьадог1уш хилла татол.
Ши-кхо г1улч хиллал шуьйра а, г1аьххьа к1орга а дара иза. Бердаца чувоьссина хи эцарна аьтто беш яккхина масех лар а, дехьа-сехьа вала диллина шалг1а дехкина аннаш а долуш. Цу чу Нани Ненан г1езаш а йог1ура.
Ц1енош а дагдог1у. Цхьана мог1арехь йина йиъ чоь а йолуш, арара чувог1учохь ехха уче а йолуш. Ша уче даккхийчу хин туог1ера деанчу т1улгашна т1е туьйсина хьунан дечигаш ехкина бух а, ц1енкъе тоьхна попан аннаш а, гуонаха йина г1опаст а, ученна чувала х1оттийна лоха не1 а йолуш яра. Аьхкенан заманчохь г1опастана т1ехь Нани Нанас туьркийн, 1ежийн аьхкаш йой стом бакъайбора. Ученан цхьана сонехь г1абакхийн оьла нисйора. Тхоьга, берашка, хийлаза: «Г1абакхашна т1е ма дийлалаш, варийлаш!» – олура Нани Нанас.
Не1арех чуьхьаваьлча, пеш йоцу чоь яра, аьхкенан заманахь юург-мерг цу чохь лелайора. Тхов цу чохь хьалахьаьхна боцуш, тхевна дехкина дукъош а, т1оьхула, уьш къовлуш дехкина дуткъа, дагарца кечдина, дечиган пханарш а гуш бара. Тхевнах бина масех ч1ег1ардигийн бен а бара. Аьхка ч1ег1ардигаш паргг1ат т1ома чу а, ара а д1асхьалелара, къаьхкаш а доцуш. Церан к1орнех ма сакъералора тхан. Ц1енкъа коча боршам хьокхуш латтош яра. Чохь Нани Нанас тховх якъаян хьалаухкура тайп-тайпана бецаш. Эх1! чохь ма хаза, чомехь х1аваъ х1уттура цу бецех.
Дехьа чу ваьлча, нохчийн пеш а йолуш чоь яра. Цу пешахь юург а кечйора, хьокхам-сискал а йоттура. Ткъа сискалийн тоьпаш ма чомехь кхача бара. Т1о-берамца уьш хилча-м муххале а! Пешахь г1абакх а йоттура, дакъошкахь екъа а йоькъий.
Кораш долчу аг1ор ехха йина паднар яра, цу буха д1ах1оттош к1айчу аьчган г1уммаг1 а, ц1еста тас а дара, Нани Нанас ламазна лиелош (Казахстане д1а а дехьна, юха ц1а а деъна долу). Х1ума юу лоха ховшаг-истол а йара чохь, а кад-пхьег1а лелон г1ирс-партал а яра. Кхин дехьарачу чоьнашкахь вуьжийла-г1оттийла яра, хьеша-дена меттиг а яра. Некъахьара долу кораш арахьара т1екъовлуш дара, гуонаха лаьцна куьйга кечйина хьовзийначу т1амаршца дечиган киепаш а йолуш. И кораш т1екъовлучу хенахь, арара г1овлеш т1етт1а а йохийтий, коран-г1уй д1а а нисбой, цуьнан ч1унаш кора-гуран шинна а аг1онгахь куьйга-бурошца даьккхинчу 1уьргашка а нисдой, чухула зайлешца ч1аг1дора.
Нохчийн пеш йолчу чохь цхьа кор дара. Кора т1ег1ан т1ехь х1оттийна лаьтташ «радио-кад» бара, х1ора 1уьйранна массаьрга а «На зарядку становись!» олий кхайкхам беш болу. Пенашца а, тховх а (кху чоьнашкахь тхов хьалахьаьхна бара, т1оьхула, пенашна санна, хьаькхна кира а болуш) ч1абанах буьйцинчу серийн ток тесна некъаш дара, уьш ч1аг1деш юкъ-юккъе йоьг1на, нуьйдарчий санна, кегийра токан к1айчу басахь «роликаш» а йолуш. Чохь ц1енкъана тоьхна аннаш дара. Тхо паднар йолчохь дуьйшура, пеша юххехь. Генна буьйсе хиллалца Нани Нанас туьйранаш дуйцура тхуна. Цхьадерш оха юх-юха а дийца бохуш а дуьцура цо. Уьш дукха дара… «Жоьра-Бабий», «Г1аззий, божжий», «Газа-гуьзалгий», «Эл-Мусостий»…, кхин д1а дуккха а дара уьш…
* * * * *
ШоллагIа дакъа:
Т1ерг1ан пазаташ
1967-чу шеран 1аьнан зама яра… Тхоьгахь хьошалг1ахь ненаваша вара. Сан воккхахволу ваша а, ненаваша а цхьана хеннара, ненаваший – йишин к1анттий аьлла а воцуш, шина нийсархочун санна, доттаг1аллин юкъаметтиг йолуш вара, амма арахь, нахана юккъехь, ненавешица бог1у ларам а лелабора.
Ненанана йолчу суо ваха лууш хиларе терра, цхьа меттиг а нисйина, ас хаьттира тхайн лерамечу «хьеше»: «Хьо д1авоьдуш со а вуьгур вуй ахь Нани-Нана йолчу?»…
«Хала доцург. Со д1авоьдуш, хьо кийча хилчахьана…» - жоп хилира.
Иштта, Нани-Нана йолчу кхечира со. 1аьнан зама елахь а, мелла а хатт болуш а нислора некъаца. Иза бахьана долуш, тхо д1акхачале сан мачаш чуьра т1ун а луш, когаш шелбеллера. Дукха сиха т1адийна мачаш соьга схьа а яхийтина, уьш пешана пенехьа йолчу ясуон (*) чу а х1иттийна, пазаташ а иштта пеша юххе хьалаоьхкира Нани-Нанас. Ткъа со, «тутмакх» а вина, когех йовха шаршу а хьарчийна, оццу пеша юххе охьахаийра.
Цу чохь цхьаъ бен кор дацара. Цунна йистехь вара со. Коран б1аьргашна, чоьхьа аг1ор, гондахьахула, хазачу т1амаршкахь, лацабелла ша бара. Арахь г1ийла т1есерсаш, даккхийчу чимашца, ло дара. Наггахь бужу чим корах а кхеташ. Коран т1ег1ан т1ехь лаьтташ «радио-кад» бара. Корера д1а, 5-6 г1улч, оха х1ора б1аьста куьйга охкуш хилла йолу, кху ц1енна йохаллица 1уьллуш, лаьттан а`са яра, цунна гонаха серех юьйцина керт а йолуш. Кертал дихьа татол охьадоьдуш хин саьнгар дара, цул дехьа – ураман некъ. Со 1аш волчу паднаран дехьа йисттехь т1етта-хьаладоьттина – масех гоь, юрг1а, г1айбанаш дара. Нийсса суна дуьхьаларчу пенах т1етоьхна, мажделлачу басахь, ширачу газетан цхьа да`къа дара, шен т1ехь Ю.Гагаринан сурт а долуш. Бакъду, иза хьенан сурт ду суна оцу хенахь ца хаьара. Иштта, цуна юххе д1алатийна календаран т1ера схьадаьккхина кехат а дара, т1ехь оццу стеган сурт а долуш. Амма цун т1ехь Гагарин скафандр тиллина вара.
Цхьацца г1уллакхашна, арайолуш, юха чоьхьайолуш хьийзара Нани-Нана. Кхуьнца кертахь к1ант (тхан ненаваша) воцург кхин цхьа а вацара. Чохь мел дан дезарг кхин дан стаг а вацара. К1иранах шозза-кхузза бог1ий, вешин а, йишин а мехкарша накъосталла-м дора, амма денна а лелон дезарг Нани-Нанас ша дан дезаш дара. Иштта хьал дара оцу дийнахь а.
Мелла а хан яьлча, паднара бухара ц1естан тассий, к1айчу басахь чуьйнан г1уммагг1ий схьа а озийна, къилбехьа а йирзина, ламаз эца хиира Нани-Нана. Ас шега цхьацца хаьттича, йист а ца хуьлуш, ша ламаз эцаран доьшург аз айдой, доьшура цо. Ца кхеташ хиллехь а, кхин новкъарло ца йира ас. Цецволуш тергал дора ас цо куьг-меже юьлуш хилелор. Кера юккъе цхьа к1еззиг хи а дуттий, т1аккха, цхьа а т1адам теса чу ца бужуш санна а хеташ, шозза-кхузза меженах куьг хьокхуш чекх а йолий, юха оцу меженна лакхара охьа, хи лелочу куьйгаца, хи охьа1овдура… Т1аккха бен теса чу хинт1адамаш охьа а ца оьгура. Сайн кхетам цахиларе терра, суна иза хи кхоош ю моьттура. Х1унда аьлча, хи геннара чийлакашкахь(*) схьадан дезаш дара…, 1ай иза атта а дацара. Ламаз а эцна, цул т1аьхьа дехха ламазаш а дина, кара ц1ечу басахь долу суьлхьанаш а лаьцна, суьлхьанийн буьртигаш меллаша гонаца д1акерчон йолаелира иза… Суьлхьанашна т1ехьежар юкъах а ца доккхуш. Гуш дара, цуьнан ойла юьззина ша деш долчунна т1ейирзина хилар.
Шен ламазаш д1адирзинчул т1аьхьа, Нани-Нана йисхилира: «Х1инца хаттал хьуо хатта г1иртинарг». Ма-дарра аьлча, со ала г1иртинарг сан коьртера д1адаьллера. Х1инца ас цуьнга кхин хаттар делира: «Нани-Нана, ламаз иштта къанвелча ас а дан дезар дуй?». Мелла а ела а елла, жоп делира: «Эх1, ма г1еххьа ду дуьйцург! Со къена хилар-м юхадерзон йиш йолуш дац… Ткъа ламаз жимачо а, воккхачо а, массара а дан ма деза. Х1инцца б1аьсте т1е ма-еъанехь, воккха-Махьмудига хьан йуьхиг д1акхоссийтанчулла т1аьхьа, ахь а долийча бакъхьа ду ламаз… Ишколе ваха а везаш, воккха ма хир ву хьо». Цакхетарца, дикка тидаме а ца лецира ас цуьнан и дешнаш.
Юучунна кечам беш йоллуш Нани-Нана а йолуш тхан ненаваша чувеара. Цу хенахь юьртарчу школан ялхолг1ачу классехь доьшуш вара иза. Д1а-схьа аьллачул т1аьхьа, Нани-Нана йистхилира: «Валол, Дага (иштта йоккхура цо шен к1ентан ц1е, соьх Бабиниг олура), диг схьа а эций, хьуьллура г1абакх екъал, - не1аран саг1ехьа д1а а хьожуш, цигга йисте ша охьах1оттийнчу г1абакхна тидам байта, – дакъош дукха даккхий а хир доцуш». К1анта вахана иза кхочуш а дина, г1абакхан дакъош цхьана шуьне а нисдина, уьш а дохьуш чувеара. Т1аккха юург кийча йолуш шега схьахаийта а аьлла, дехьарчу киншка еша вахара.
Цхьа жима урс буйна а лаьцна, цуьнца г1абакхийн дакъош кхехкон а, датта кеч а дина, уьш юьстах охьа а х1иттийна, х1уш схьа а къастийна, оцу сохьта елира Нани-Нана. Юха соьга: «Хьан когаш бохбеллий?» – хаьттира. «Сан когаш шел а ма ца беллера, т1адор бен…» – жоп делира ас. «Х1инца дукха а ца луьйш, хьайн пазаташ т1е а юхий, дуо йистехь даьккхина дечиг ду хьуна, хьайн дикка х1уманаш т1е а юхий, г1ой дечиг да вайна… Пеш г1елъелла» – элира соьга Нани-Нанас.
Цо сайга ма-аллара, дечиг чудеара ас, жим-жимма а дохьуш.
Ша деш долчун кхин мало йоцуш, тхан ненанана юучунна кечам бан йолаелира. Ученгахьа йолчу чохь пенах хьалакхозучуьра, т1ехула к1айн киса хьарчийна дакъийна жижиг а, к1айчу кисех тегначу т1оьрмиг чохь кхоьш а чуера цо. Дукха лерина, кхехкон кхоьш схьа а хаьржина, царах хи а кхаьрзина, буька яй чу хи а доьттина, и кхоьш цу чу тесира ненананас. Т1аккха пешан экъан т1ера 2-3 пирг (*) д1а а теттина, буька яй экъана чунисбира цо. Кхе кхин а дечиг а кхоьссина, ц1е марсаяьккхира. Катоьххина дакъийна, говзза дара а доруш кечдина жижиг схьа а эцна, ховшагна т1е а диллина, доккхачу уьрсаца, сан куьйган ц1азий, мазий, хьажон п1елг цхьаьна хир болуш шуьйра а, воккхачун цхьа ша хиллал дохалла а схьахадийра цо иза. Юха цунах кегий цастарш а хедийна, цхьана кедахь ховшагна т1е охьах1оттийра. Дуткъа чкъор а хадош, масех картол ц1ан а йина, уьш а кегий цастаршка йийкъира. Иза дина йоллушшехь, цхьа жима ж1онк а, цхьа хохан корта а билина кеч а бина, уьш а кечдира кегийчу цастаршка хада а бина. Т1аккха: «Дага, варийлаш, пешахь болчу яйне хьовсалаш, кхе дечиг а тилла… Со, яхана, хи дохьуш йог1ур ю», – аьлла, тужурка т1е а юьйхина, шен коьртарчу дуткъачу йовлакхна т1ехула кортали а тиллина, араелира Нани-Нана… Учахь аьчкан чийлакаш д1асакхетаран зов а хазош, иза доккхачу татол т1ера хи дан яхара.
Ненаваша а, со а, кхе дечиг а кхуссуш, яйне а хьожуш 1аш волуш, къамеле велира. Ас хаьттира: «Оцу суьрта т1ехь верг мила ву?», – пена т1е п1елг а хьажош. «Ооо… Иза хьаха ву ерриге а СССР-хь ваьлла а ца 1аш, дерриге дуьненахь г1араваьлла турпалхо», – жоп дара сан хаттарна. «Ткъа иштта г1аравала х1у дина цо?» «Цо динарг дан ч1ог1а майралла, хьекъал, хьуьнар… дукха х1ума оьшуш дерг дина-кх. Иза «космосе» вахана. Адамех уггаре а хьалха». «Дуккха а кеманаш ма лела х1аваэхула?... Иза а яц «космос»?» « «Космос» седарчий долчохь ю. Ахь буьйцурш мархел а гена лакха хьалаайлуш ца лела кеманашкахь. «Космосе» спутник йоьду». Со ч1ог1а цецваьккхинера оцу къамело. «Седарчашна т1екхаччалц ваха ваьхьаш верг ма майра хила веза, баккъал а?» – айса сайга хаттар дира ас. Суна моьттура оцу хенахь уггаре майра а, хьекъал долуш а, нахана везаш а верг «Никита» ву. Х1унда аьлча, сан дас а, вуьшта баккхийчара а сох бераллехь «Никита» олура. Цкъа: «Сан ц1е иштта ма яц, аша кхин ц1е х1унда йоккху сан?» – аьлла ас хаьттича, цара соьга элира – «Никитий…? Иза-м хьаха ву х1окху заманан къонах, нохчийн къоман доттаг1а а. Бакъдерг дуьйцур долуш а… Цул сов, юхьсибатна хьо цуьнах тера а ма ву». Юха шайлахь а къамел тасаделира баккхийчеран. Цара «вай арадохуш»…, «эшелонаш»…, «Казахстан» бохуш дуьйцура… Сан кхетамо церан и къамел схьа ца лоцура.
Баккхийчара иштта дерг «Никитех» олуш хилча, мелла а «Гагаринан» турпалаллин локхалла шеконе ийцира ас. Сайн ойланашкара ваьккхира со ненавешин кхид1а а вистхиларо: «Хьо т1едог1учу шарахь школе деша ваха везаш ву. Ахь дика дешахь, хьох а хилалур ву «космонавт». Суна а юхьк1ам хир бу. Йишин к1ант «космонавт» ву бохуш дозалла дан йиш а хир ю сан», – аьлла. Бегашца доцийла гуш дара цо бохург. «Т1аккха ас дика доьшур ду-кх. Хьуна юхьк1ам хир белахь, х1етте а», – элира ас дуьхьал. Ойланаш-м стигалхула д1аяханера сан. 1аьршера (* поднебесье) седарчийн сеннаре (* пространство), цигара ерригечу а Ане (* вселенная). Со «космонавт» лелош йолу «спутник» беккъа бутт болчу йоьдуш ца тарлора суна… Седарчашлахь ма-тов лелаш гора.
Нани-Нана хи а дохьуш чуеара. Чохь ишкапа юххехь лаьттачу аьчкан яй чудоьттира цо чийлакаш чуьра хи. Хица дерг д1адирзича, сихха кхехкош йолчу кхоьшна, 1айгахь схьа а эцна, чам баьккхира цо, кхин т1е мелла а туьха тесира. Картолггий, хадийна дакъийначу жижиган цастаршший а яйна чутесира. Жимма 1ийна, юха а чоме а хьаьжна, к1оллина а, дураллина а чам тобан кхин оьшург т1е а тесна, ялг1у чохь кхарзар кечъян х1оьттира. Дукха хан ялале: «Юург кийча ю. Вало шаьшшиннан куьйгаш дилий, х1ума яа охьахаа», – элира тхоьга. Дечиган кедаш чу чорпа а йоьттина, тхойшинна яа охьах1оттийра цо. Цхьацца чада а белира тхойшинна х1ума яа. Пешан белша т1ехь лаьттачу хьокхамех цхьаъ схьа а эцна, масех цастаран бекъа а бекъна, элира: «Х1инца, Бисмилла а алий, хабарш к1езга а дуьйцуш, х1ума яал шимма а». Тхойша х1ума юуш а волуш, д1анехьо, Нани-Нана ламазе х1оьттира.
«Вааа, Хьенех, чохь юй хьо?» – аьлла мохь туьйхира уьйт1ахь. Ненаваша аравелира. Хьалха цхьа йоккхстаг а йолуш, ненаваша юха чувеара. Нани-Нана ламаз дина яллалц, хьаша паднар т1е охьахиира, тхоьга – «шайн х1ума яа аша, кхуьнца г1уллакх долуш ю со», – элира цо.
«Марша йог1ийла, ма тамаш бу хьо яр х1окху хенахь. Схьадийцал», – йистхилира Нани-Нана хьеше, ламазера ма-яьлли. «Ой, тамаш х1унда бу иза? Сайн г1уллакх хилча еана-кх», – жоп луш, елаелира «хьаша». Кхин д1а а: «Х1инца хьоьгара орца оьшу суна. Етт бу сан шура ца яккхийтарал а сов, юххе стаг ца г1уртуьйтуш… Цунна х1ун дер ца хууш, схьаиккхина йог1у-кх со». «Вай! Эсала етт ма-бара хьайниг, ва-Х1азан. Х1инца х1ун хилла цунна?!» «Хьанна хаьа иза? Ялохьа соьца, хьажийтахьа вайшиъ цуьнга…» «Дера йог1ур ю… Со т1аьхьа кхуьу хьуна, цхьацца х1ума д1аса а яьккхина… Хьелур яц хьуна. Х1ума юий-м бохийла дац хьоьга иштта хилча. Бакъду, йовхха чорпа-м ю хьуна, яахь…». «Г1оза юийла! Со арайолу, т1аьхьакхуьур хьо». «Хьаша»-Х1азан араелира. Цуьнца араяьллачара юха чу а еана, тхоьга элира Нани-Нанас: «Ховшаг т1ера пхьег1аш д1асаяхий, вайн шинаре хьовсалаш». «Мама, хьо бежнийн лор а яцара… Ахь х1ун дийр ду оцу аттана? Ахь х1ума юуш а ца гина суна тахана… Айхьа а, цкъа х1ума яахьа!», – карзахе вистхилира ненаваша. «Со лор йоцийла ца хууш ма яц иза… Йоьхна хьийза. Яхана ца хьаьжча-м ца йолу со… Оьг1азйодахь Матусел а ч1ог1а юхахьаер ю иза» – еларца а олуш, т1е х1ума а юьйхина, араелира тхан ненанана.
Тхойшиъ юург йиина а ваьлла, чохь оьшуш дерг а дина, ненавашас: «Х1ара а, вицвалале, д1акъовла еза», – аьлла, пешан кхерчан бат, аьчкан нег1арца, д1а а къевлира. Т1аккха т1е х1уманаш а юьйхина, шинар 1алашдан аравелира.
Раг1ун маь11еххьий, хьаьжк1ийн дуоний юккъехь д1адоьттина даьккхина а, даккхаза а дечиг дара. Пена уллехь, т1етесна х1ума а йолуш, яккхийчу г1орзолгийн 1аьржачу к1оранан к1еззиг оьла а яра. Дайн к1елахь масех котам йоллура цунна бухахьахула хьала а кхийдаш, з1ара юккъехула з1акаршца хьаьжк1ех тийсалуш. Божал, д1анехьо, кертахь дара. Цунна гондахьа х1оттийна хьаьжк1ийн г1одмаш дара, тхевнах, йочанийн ладарш чу ца эхийта, ехкина каяьлларг яра. Юьххьехь лаьтташ масех г1одмийн такхор а бара. Хьаьвданах чуханца д1атесна лаьтташ месала а долуш, ц1ечу басахь шинар дара. Тхо гучудевлча, корта а хьийзош, ловзаделира иза. Ненавашас, вогг1ушшехь, кет1арчу татолах схьаэцна, цхьа чийлик дуьззина шинарна мало хи деанера. Чийлик чу батт 1уттуш, к1еззаг молий юхадолуш иза доллушехь, вахана, воккхачу стеган ялх-ворх1 кана барамехь хир долуш, жоржан ахьар деара. Оцу юкъана, ас а накъосталла а деш, масех гарачу аннех кечбина болу бух, гам а, бел а хьокхуш схьац1анбира. Шинар жарж биина даллалц, цхьацца олуш-дуьйцуш а лаьттина, болийначу такхорах схьаэцна, оха хьаьвдичу г1одмаш д1анисдира. Шен батт г1одмашна т1е а хьой, хьожа а йоккхий, к1едачара а хоржуш, г1одмийн патарш 1ийша доладелира шинар.
Шайн таронашка хьаьжжина, етт-бежана, котам-г1аз а, кхидолу даьхни а лелон г1ертара эвлара нах, ч1огг1а са а къералуш. Х1ора доьзалан шайн даьхни-бахаме хьаьжжина 1едало х1оттийна ял хилар хало еш делахь а, амма чохь шайн сурсаташ хилар дезар-кх. Гонахара дежийлаш к1еззиг яра. Совхозаш дуьйш-дерзош долчу латтанашна бежан т1едалар ларо дезаш дара. Г1уда тухуш меттигаш дукха нислора. Цхьана заманчохь санна, бардал-1аьзера лахьанан бутт чеккхбаллалц йолчу ханна (*), ц1адаьхкинчул т1аьхьа дуьххьара, лома даьхни хьаладигийта аьтто белира даханчу шарахь. Суьлийн махкара 1уй бара нехан даьхни х1етта лома дигинарш. Бежнаш дукха дацара. Амма ломара царех цхьадолу бежнаш юха ца дирзира. 1уйш дийцарехь, бежнаш чано даьхьна а, тиладелла а къайладевллера. Вас-оьг1азаллаш-м хиллера. Т1аккха а, х1инца т1ейог1учу б1аьстенан юьххьехь а лоьрура наха шайн даьхни лома дигийтар. 1едало елла бакъо хилча х1етте а. Цу хьокъехь масех воккхастаг вара эвларчу нехан ц1арах м1айстон махкарчу нахаца барт беш, цаьрга уьш лома дигийта лерина.
Иштта тхо дохкуш, Нани-Ненан вешин а, йишин а ши к1ант веара кертахула тхуна т1е. Тхо цхьа нийсархой дара, со кхуза веъча цхьаьна дийца а, лелон а дукха дара тхан, цхьаьна ловзарш а. Х1инца а со хьошалг1ахь хилар а хиина, баьхкинера уьш. Вовшашка дистхилла девлча, Куьйрас (Нани-Ненан вешин к1ант) элира: «Лоьма (ненайишин к1ант) 1аш волчуьра д1а, гена боццуш, бина бехха шаршолаг (*) бу…
Хехкавала а, лайн мижаргех ловза а вохий хьо?» (соьга хоьттуш). Куьйрина бен ца гойтуш, б1аьргаца хича а йина, ненавешига хатта дезийла хаийтира ас. Цара а олура ненавешех «Дага». Куьйра ас бохучух кхетта хилла. «Дага, мегий тхо цхьаьна даха?» – шен хаттар дерзийра Куьйрас.
«Дуьло, г1о т1аккха… Хье а ма ло, г1уллакх доцучу а ма г1ерта!» – ч1аг1дина, жоп делира ненавашас
* * * * *
К1адваллалц накъосташца левзина а ваьлла, со чувог1уш буьйса яра.
Со чуволлушехь: «Дага! Валол арара ас кхунна етта кечйина г1аж схьаял!» – йисхилира Нани-Нана. «Хьо мичхьа лелаш ву?!» – кхин т1е хаттар а дира. Т1аккха со шена т1е а кхайкхина, мара а къевлина, элира: «Иштта мегар ма дац. Бабин са ма гатди ахь… Гой хьуна, т1ера х1умнаш а т1адийна». Оьг1азъяхана елахь а, к1еда дара Нани-Ненан дешнаш. «Дага, йитал г1аж. Кхин дийр дац кхуо иза», – к1анте а элира цо. Юха а сан х1умнаш якъо а оьхкина, шен кортале соьга сайх д1а а хьарчадайтина, ховшага т1е кедахь йовхха кхоьн чорпа х1оттийра суна. Хьокхам т1е а кхоллуш, иза йиина со ваьлча, куршка юьззина, довхха, якъийначу 1ежийн аьхкех, т1е шекар а тосуш, хи т1ехь кхехкош кечдина 1о`жан мутт (*) малийтира соьга. Дукха иза чомехь – мерза долуш, ас куршкан бухахь йисина, кхихкина, к1адъелла йолу аьхкаш а йиира.
Сайх хьарчийна кортали а долуш, ненаваша волчу вахара со, дехьа чу. Кху чохь а яра ягош пеш, хьалха аьчкан не1 йолуш, чохь к1ора багош… Пенан йохаллица йина яра иза. Вуьжуш маьнга а бара, коран йистехь лекха стол а яра. Пеша юххехь а, стоьла юххехь а шиъ дечиган г1ант дара, горга т1ехоуйлаш а йолуш дина. Стоьлан т1ехь дуккха а кинишкаш а, тетрадаш а дар, ангалин шекъачудуттург а, перо йолу ручка а... Шуьйрачу коран т1ег1ан т1ехь лаьтташ йоккха «радио» а яра. Цуьнан аг1онца д1ах1иттийна лаьтташ яккхий лакхалуш йолу экъанаш яра, юккъехь, даккхийчу элпашца яздина «МЕЛОДИЯ» а долуш. Тхан а яра иза санна йолу «радио». Тхоьгахь дуккха а гулбеллачу баккхийчу наха лоррий ладуг1ура ишттачу экъанаш т1ерачу эшаршка а, мукъамашка а, Димаев 1умаран а, т1аьхьо – Шамилёва Жансарин а, кхечеран а. Ненавешин «гитара» а бара. Локхуш йолу эшарш а, экъанаш т1ехь ерш а Высоцкийс локхуш хилларш яра. Цу хенахь-м суна ца хаьара иза г1араваьлла, вевзаш эшаршлакхархо хилар. Экъан т1ехь локхучуьнга ла а дуг1уш, ненавашас т1аьхьара локхура: «… Я спросил тебя: «Зачем идёте в гору вы? А ты к вершине шла, а ты рвалася в бой»…». Высоцкех аз тардан а г1ертара иза, амма кхуьнан аз к1еда нислора. Высоцкийс, сан хьесапехь, ч1огг1а мохь бетташ, ладог1а хала долуш локхура шен эшарш. Иштта чорда цо уьш х1унда лоькху? – со цунах а ца кхетара. Ненавешига цхьацца хоьттуш, цуьнан кинишкашка а хьоьжуш 1ийра со. Царна т1ехь цхьадолу элпаш суна деша хаьара, терахьаш а девзара. Б1аьргаш к1адбаллалц, суьрташка а, йозане а хьежна, юха сехьачу велира со. Наб а т1ег1оьртинера. Ховшк а, лоха г1анташ а паднар буха теттинера, пхьег1аш д1аяьхнера, чохь нуй а хьаькхнера. Уггаре а коьрта, суна охьавижа мотт а кийча бара.
Нани-Нанас соьга, сайн хьал ас дийцича санна: «Вало, метта а валий, юрг1ана буха г1о… Болх бина, к1ад а велла, чу ма веанера хьо», – элира, еларца. Нани-Нанас буьйсанна маьхкадаьтта дагош болу чиркх латтабора, г1ийла чу а узий, сагур долуш. Хьалха а ас тидам барехь, 1уьйранна чиркх д1абойъуш, цо т1ера шиша схьа а доккхий, шен куьйган шина п1елгаца (наний, хьажонний) милт юкъа а 1овдий, х1уп-аьлла, мох ца тухуш, д1абойъура… Х1инца, ехха ламаз деш а, вирд доккхуш а 1ийра Нани-Нана. Дехьара чохь ненаваша а охьавижинера. Со наб озош, юха а самаволуш 1уьллура. Ша яьлча, паднарана юххехь, пенаца лаьттачу дечиган т1орказ чуьра урчаккхий, т1ерг1ан уьйриггий, чкъорашший (*) схьийцира цуо. Чиркхан серло алсам а яьккхина, сан кога т1ера юрг1а д1а а теттина, коган лоран барам баьккхира цо. Т1аккха охьахиина, т1ерг1ан-тай хьовзош, чкъораш т1ехула шеддашка а дерзош, цхьаъ юца юьйлира иза. Наггахь, юкъахйолий, пеша дечиг кхуссуш, ц1е марсайоккхура. Цуьнга хьоьжуш, сан наб еддера. Со сема вуйла ца хоуьйтура ас. Со цецвуьйлура: «Мичара болу-те цунна оццул ницкъ, собар, доьналла? Сада1ар данне а дац-кха цуьнан?» – хоьттура ас айса сайга. Мелла а хан яьлча, билгалделира цо дийриг. Иза суна т1ерг1ан пазаташ юцуш яра. Суна доккха хазахетар а дара иза. 1ашехь, г1ийла, шений бен хезар доцуш, узам болийра цо. Дукха сингаттаме мукъам болуш бара иза. Узум бечуьра соцуш, юха а 1ийна, болабора. Цхьацца нехан ц1ераш йохура цо, валар, 1азап дуьйцура. Цхьацца куп балхийна яьлча, юх-юха а олура: «… Я Аллах1, тхоьх къинхетам белахь». Чкъорашший, таййий лелочара куьйгаш ца совцош, д1атийна 1ийра иза ехха. Т1акха кисина а кхевдина, йовлакха бехчалг схьа а яьккхина, б1аьрхиш дакъош, юьхьах хьаькхира.
Иштта цуьнга хьоьжжучохь, суна наб кхийтира…
Дагардан 1аморан дарс
«Расчитайся, по-порядку… Снова солнцу, снова солнцу улыбнись. На зарядку, на зарядку, на зарядку, на зарядку становись!... Доброе утро! Начинаем занятия с подтягивания…» – дуьйцуш, «радио-кедахь» йолийначу г1овг1ано самаваьккхира со.
Шинар, котамаш, г1езаш д1а1алашйина яра, чохь-арахь мел оьшург а динера… Х1инца Нани-Нана, лоха-боккхачу наштара кедахь сискалг1ин мижарг хьакхош йоллура. Буха стомма кехат а диллина, пешан белша т1е х1оттийна лаьтташ, таь11инчу ц1ен басахь, юкъ-юккъех 1аьржуо ягаран томмаг1наш а долуш, масех деттина г1абакхин дакъа дара. Цигга юххехь дакъон дехкина г1абакхийн х1уш а дара. Х1окху к1иранах а ненаваша школехь мукъа денош долуш ц1ахь вара. Амма 1уьйранна, со вижина 1уьллушшехь, г1аьттина оьшург а дина, юучух а «кхета», накъостий а баьхкина, цаьрца юьрта юккъе ваханера. Нани-Нанас, чувогг1ушшехь, туькана а г1ой шекар а, кхин чохь оьшург а, эций, я а аьллера цуьнга. Яханчу буьйсанна арахь кхин а ло диллинера. Х1уманаш т1е а юьйхина, «со жимма араволу» а аьлла, уьйт1а велира. Мачашца, «г1анч1-г1анч1» а дойтуш, луо а хьешна, к1етахь а, уьйт1ахь вола а велла, ц1еххьана т1ерг1ан пазаташ дага а яьхкина, чувеара со. Нани-Нана сискалг1ин мижаргаш т1ейирзина йоллура, пешан экъан т1ехь ятталуш 1уьллуш цхьа сискал а яра. Кхин 1ен а ца велла, ас хаьттира: «Нани-Нана, хьо сийсара х1у деш яра?» «Дера яра Баби-к1антана т1ерг1ан пазаташ еш… Хьажал, – шен аьтту куьг т1орказ долчу д1а а хьажийна, – хьуьллахь 1охку хьуна, т1еюхий, хьажал… г1еххьа юйла»,– йистхилира иза. Дукха хазахеташ уьш схьа а эцна, паднар т1е охьа а хиъна, ас т1еюхале: «Бисмилла а ала, аьтту кога хьалха а юха!» – аз айдеш, т1етуьйхира цо. Цо ма-аллара дира ас. Пазаташ-м ч1ог1а г1еххьа яра. Цара сайн когаш бохбарна а, уьш аьхна хиларна а кхаъ хиллера суна. «Г1еххьа юй?» – хаьттира Нани-Нанас. «Суна т1ехь йича санна-м ю, Нани-Нана», жоп делира а. «Хьуна т1ехь йина уьш-м. Г1оза лелайойла! Ког бовха хила беза. Дерриге а лазар когашкахула дог1у, эрна олуш ма ца хилла д1абаханчу баккхийчара»… «Дела реза хуьлда хьуна. Ц1авахча д1а а гайтина, т1аккха т1еюха мегий х1орш?»… «Хьайн бакъахьа хеттарг дехьа, Бабиниг».
Со вуьжуш волчу йистехь долчу коран т1ег1ан т1еехкира ас уьш, ц1авоьдуш д1ахьур йолуш. Т1аккха сайн тиша пазаташ т1еюхуш бен тидам а цахилира сан кхечунна… Церан буьхьигашна а, к1ажошна а йоманаш техкина хиллера Нани-Нанас сийссарехь.
Пеша т1ера еттинчу г1абакхин цхьа дакъа схьа а эцна, иза дууш вара со. П1елгаш т1е а леташ, шех схьадаьлла моз дара еттинчу г1абакхан. Дуткъа цхьа чкъор доцург, ерриге а йиира ас. Чомехь а, мерза а яра иза. Еттинчуьра сискал схьаъ эцна, ша яьккхина охьа а йиллина, Нани-Нана мижарг, куьйгаца керча а беш, «тоьпаш» ятта кечам беш яра. Цуо уьш йоттушшехь, со цхьацца хетта велира. «Селхана цу йоккхачу стеган етт тобелирий?»… «Чу-к1ело йистина хиллера цуьнан… Бежнийн лор оьшура цунна… Тахана 1уьйранна лор валор волуш барт хилира церан… Эсала а, шура яларна а дика етт бу иза». Ас кхин а хаьттира: «Нани-Нана, ахь селхана цу етт болчу йоккхачу стеган гергахь элир-кха – «… Оьг1азйодахь, Матусел а ч1ог1а юхахьаер ю иза». Иза х1ун бохург дара хьан? Матуса мила ю?»… Дуьхьал йист ца хуьлуш ехха 1ийра Нани-Нана, йоьлуш, сан хаттар хаз а делла. Т1аьххьара а: «Хьуна ца хезаш дац-кха х1ума … Дера ю Матуса дукха аьрха амалш йолуш стаг»… «Вайн эвларп юй иза? Х1ун дина цо иштта амал хила?»… «Вай эвлара яц иза… Цхьанхьара, Соьлжа-Г1алара ю… Билггал ца хаьа суна. Суна, юьйцуш хазар бен, евзаш яц иза… Лелийнарш-м дукха ду цуьнах дуьйцуш. Схьадийцарехь, шена луъург бен чеккхдолуьйтуш ца хилла-кх цо. Нах цуьнца шайн х1умма а таса ца далийта, йог1у-йоьдуш гича, къаьхкаш хилла цунах. Массарна а иза йовзар бахьана – пхи-ялх шо хьалха цо, Соьлжа-Г1алахь 1едало Сталинна х1оттийнчу х1оллам т1е, чохь боьхалш йолу чийлак х1оттийна хилар ду-кх… И бахьана долуш милицино лаьцна чохь яллийна иза. Бакъду, иза шен амал т1ера ца йолуш, лорт1ара яьлла ю аьлла, цунна дан х1умма а ца хилла, араялийтина хилла».
Нани-Нанас ховшаг т1е масех еттина яьлла сискалан топп йиллира. «Хьо кестта школе ваха везаш ву. Дагардан хаьий хьуна? Алал, маса топ ю х1орш?» – хаьттира соьга Нани-Нанас. Дикка хьаьжна: «Шиъ ю-кх», – элира ас. «Вай, нийса дагардан а ца хаьа хьуна? Ма эхь дара иза. Юха а, дикка ойла а яй, алал соьга, маса топ ю?!» «Шиъ ю-кх уьш… Суна-м ца хаьа, кхин муха ала деза…» Т1аккха, оьг1азъяхана: «Хьажал, цхьаъ, шиъ, кхоъ… – х1ора тоьпа т1е шен п1елг а 1уттуш – … кхо топ яц х1орш?!» «Х1ара цхьа топ ас юур йолуш ю, – аьлла, цхьа топ сайн куьйга схьа а эцна, – юьсуш ерг ши топ яц-ткъа?!» – реза воцаш, ас а делира жоп. Дукха йийлира Нани-Нана ас деллачу жоьпах. 1ен а ца велла, со а вийлира, ма-дарра, тхаьш деларан бахьанах суо ца кхетташехь.
Иштта тхо 1аш долуш, сан доттаг1 (Нани-Нанин вешин к1ант) Куьйра чоьхьа велира. «Де дика дойла хьан!» – аьлла, Нани-Нанина мара иккхира, т1аккха соьга саламан куьг делира. «Схьавоьл, охьахаал хьо а, Бабиниг – Куьйрига – схьаэцал, йовха йоллушехь х1ара топ яал», – элира Нани-Нанас, сан доттаг1чуьнга сискалан топ д1а а кховдош.
Цхьацца дуьйцуш 1ийначул т1аьхьа, Куьйрас дехар дира Нани-Нанига, со шайга ваийта аьлла, буьйса а йоккхуш. Тхо тахана «т1амах» ловзур ду аьлла барт бина дара. Кхин а накъостий бара тхоьга хьоьжур болуш. «Воуьйтур ву, шу вон лелар дацахь», – йистхилира Нани-Нана. «Вон лелар дац хьуна тхо!» – сан а, Куьйрин а, цхьатерра багах иккхира. Иза а хаза нисдаларна, Нани-Нана ела а елла, реза хилира Куьйра волчу со хьошалг1а вахийта. «Г1о т1аккха! Варелаш, вон а ма лела, г1уллакх доцучу а ма г1ерта. Лайш кегош, шел а ма ло. Шух цхьаъ ледарниг далахь, ас Дагига г1аж йоьттуьйтур ю шуна!»
Боккха кхаъ хилла, х1уманаш т1е а юьйхина, аравелира тхойшиъ.
Кегий доттаг1ий
Цкъа хьалха, воьддушехь, Куьйраг1аьрга вахара. Цаьрга тхо чоьхьадевлча, баккхийчеран де дика а дина, могаш-парг1ат хаьттира ас. Т1аккха церан хаттаршна, сайн ц1ахь берш (да, нана, вуьйш доьзалш) мухачу 1ер-хьолехь бу, жоьпаш а делира. Соьга: «Хьо ма дукха хан яра кхуза ваза? Кест-кестта ван ма веза», – а аьлла, тхо ховшаге охьаховшийтира Муъмас (Куьйрин нана). Хьалха масех йовха локъам а йиллина, чай а доьттина, шекаран коьртах, кег а деш, схьадаьккхина иттех цастар а диллира цо тхуна.
Х1ума а йиъна, цхьацца къамелаш деш тхо 1аш а долуш, арахь: «Куьйра, чохь вуй хьо?» – мохь тухуш хезира. Иза кхеран лулара Аслан вара, тхан доттаг1. Куьйра ара а ваьлла, к1еззиг 1ийна, юха чоьхьавелира. Соьга: «Вайшиъ араволий боху Аслана», – хаийтира цо. Со вист ца хуьлуш, 1ад1ер тидаме а лаьцна, нене: «Мама, арадовла мегий тхо, ловза?» – хаьттира цо. «Дуьло, довла т1аккха», – тхоьга а олуш, масех локъам схьа а эцна, тхуна хьалхара ара а яьлла, Аслане: «Схьавоьлл, хьайна а яа, накъосташна а ло», – олуш, Аслане локъамаш д1акховдийра Муъмас. «Дала саг1а йойла!» – олуш, Аслана уьш схьаийцира. Аслан локъам юуш а волуш, тхо кет1а девлира. Кет1ахь тхоьга хьоьжуш лаьтташ тхан накъостий бара – Аптий, Вахий, Зубайрий. Зубайра майра к1ант а вара, охьатохарх дика леташ а вара, сан дика доттаг1 а вара. Селхана а тхо цхьаьна дара ловзуш а, хехкалуш а. Шаьш Зубайраг1ара ц1ера кху эвлара бацара. Х1орш хьалха 1ийна ломара юрт 1едало йохийна, кхин меттах1оттийна ца хилла, цига нах хьалабохуьйтуш а ца хилла. Казахстанехь тхан эвларчу нахаца цхьаьна 1ийна хилла Зубайрера баккхийнаш. Даймахка ц1абогг1ушшехь, Зубайраг1еран да-нана, доьзалш а схьакхелхина хилла кхуза, тхан эвларчу наха ч1ог1а дехар а дина. Нани-Нанас а элира цкъа, шен со Зубайрица доттаг1алла лелош вуйла хиъча: «Ч1ог1а оьзда, беркате, дика нах бу уьш… Вайца уьш схьа ца баьхкинехьара, вас хир яра вайн баккхийчарна а».
Вовшеашка салам а луш, тхо мар-мара кхийтира. Аслана: «Х1ан, схьаэцал локъамаш, Куьйрин нанас елла соьга х1орш, шуна д1ало аьлла», – элира доттаг1ашка, локъамаш д1а а кховдош. «Дала саг1а йойла х1орш цуьнан!» – ша-ша а олуш, массо а бистхилира. Юучо локъам а юуш, тхо барт бан х1иттира. Зубайрас: «Х1инца х1ун до вай?» Куьйрас: «Хийцаделла дацахь, вай селхана ма-леррара, к1еззиг шаршолаг т1ехь хехка а делла, т1аккха «комарийн беша» г1ур ду-кх, «т1амах» ловза». Ас: «Дийнахь, сирла а йолуш, «т1амех» ловзалур дац, к1еззиг маьрк1аж хан ца х1оьттича. Мел д1алечкъича а гур ву. Лоьма волчу д1а а дахана, т1аккха берриге а накъостий схьагулбаллалц, хехкалуш а, жимма тасалуш а, хан йоккхур ю-кх вай». Аптис: «Дуьло. Барт хили вай».
Тхо Лоьмаг1еран кет1а кхечира. Шайн корах арахьаьжча, Лоьмина тхо дог1уш гинера. Шега ца хьожуьйтуш, сихха т1е х1уманаш а юьйхина, иза аравелира. Вовшашка саламаш а делла, тхо цхьацца дуьйцуш лаьттара. Кхин а, цхьаъ вог1уш, шиъ вог1уш, накъостий гуллуш бара. Цхьа шовзткъ-шовзткъе итт г1улч, кхузара д1а, шаршолаг кхин гена бацара. К1еззиг басе а йолуш, хехкадала меттиг яра цигахь. Сийссарехь Лоьмас шен накъосташца, т1ехула хи а дуттуш, ангали санна, кечбинера иза. «Д1адуьйлалой вай?» – хаттаре вистхилира Лоьма. «Дуьло, т1аккха!» – элира цхьамма-шимма цхьаьна.
Салазаш йолуш а, йоцуш а дукха бераш дара хехкалуш. Цхьаьна кхин а алсам хилира тхо. Хехкадала к1ордийча, лайн мижаргех левзира… Дукха даьхкира… Т1аккха, д1анехьо а девлла, т1ехулара палтош д1а а яьхна, г1олехьа хуучо схьа а гойтуш, леташ – когашна т1екхетар а, т1ехула кхоссар а, тасаваларехь, хьаьвззина шена дуьхьал леташволчунна т1ехьа а волуш, к1ел ког тосий, веалара вахийтар а, кхин а 1амош даьхкира.
1аббалца, самукъадаьккхира оха. К1ад а деллера… Амма шело-м ю-яц а ца хаалора… Шаверг а х1оттина, хьуьхьвоьлла вара. Куьйрас: «К1ентий, суна-м к1ордийна шуна… Говрашна баргал тухий вай?» – элира, вела а велла. Зубайрас: «Кхин а х1ара д1адодахь иштта, вайга а ца хьоьжуш, и баргал ша д1а-м дехкалур ду цу говрийн когашна». Тхо деладелира. Апти дехьа а ваьлла, лайх боккха к1еда мижарг а бина, иза баа велира, хьогалла ерзо воллу ша аьлла. «Апти, иза-м цаоьшург ду ахь дийриг. К1еззиг собарде. Хьаьга вай массо а ма ву. Хьацар даьлла а волуш ас хи мелча, дов до суна-м ц1ахь», – ас Аптига. Лоьмас: «Охьакхоссахьа, Апти. Вай меллаша д1адоьлхуш хьацарх дакъалур ду. Тхоьгахь хи мер ду вай», – элира. Аптис, лайн мижарг охьа а кхуссуш: «Дуьлойша, т1аккха…» – элира.
Тхо Лоьмаг1еран кет1а кхечира. Хах-аьлла, кийрахь ц1елетча санна, вон хилира суна. Ч1ог1а юьхь1аьржа вара со… Нани-Нанин йишига (Зараъ), хьалха, кхузза т1едаьхкича, чу а вахана могаш-парг1ат ца хаьттинера ас… Х1инцца бен цуьнан ойла а ца йи. Мелла а со воьхна хилар тосаделлачу Зубайрас: «Ахь х1ун до, доттаг1?! Вон-м ца хета хьуна?» «Ч1ог1а г1алат даьлла соьх, Зубайр. Лоьмин нене а, дега а вистхила синкхетам боцуш, кет1а а веана, шуьца д1авахара со. Х1инца ас х1ун эр ду а ца хаьа цаьрга». Т1аьхьа бог1урш т1е а кхиина, лаьтташ долуш, Лоьмас хаьттира: «Цхьаьна чудоьлхий вай?» Цхьамма а, шимма а: «Ца дог1у хьуна… Валохьа, цул а, хи схьадахьа вайна кхуза», – элира. Лоьма чуваха д1аволавелира. Ас: «Лоьма, собардехьа, цхьаьна воьду вайшиъ».
Хьалха Лоьма а волуш, не1 схьа а йиллина, чоьхавелира тхойшиъ. Паднара т1ехь аг1орваьлла, буйнахь суьлхьанаш а долуш, вирд доккхуш Лоьмин да (Нажа) вара, пеша дечиг а кхоьссина, цунна хьалха нег1ар х1оттош йоллуш Зараъ яра, чохь нуй хьокхуш йоллуш Лоьмин йоккхахйолу йиша Хьава яра. «Де дика дойла шун!» – аьлла, Лоьмин нанна а, дена а мараиккхира со. «Ээ… Ма гергарниг ву… Суна ца эккха мара», – элира Хьавас. Цунна а мара а иккхина, ас массаьрга а могаш-парг1ат хаьттира. Ч1ог1а сапарг1ат даьллера сан, со кет1а а веана, д1авахана хилар царна цахаарх. Тхо дистхуьлуш дохкушшехь, Лоьма йоккхачу куршки чохь хи а эцна араволавелира. «Хьо стенга воьду, Лоьма?» – хаьттира Зараа. «Арахь накъостий бу тхойшинца. Куьйра а, Зубайра а, кхин а…» «Вай! Арахь х1унда лаьтташ бу уьш, шеллуш?… Чудуьйла ала цаьрга!» – элира Зараа. «Ас аьллера иза цаьрга… Х1инца а олу»… Арахь мелла хьевелира Лоьма. Амма оха тхайн къамелаш кхин а д1адира. Цхьацца дуьйцуш 1ашшехь, шеца Зубайрий, Аптий, Куьйрий волуш, Лоьма чувеара. Ша-ша олуш, массара а: «Де дика дойла шун! Могашалла муха ю шун?» – бистхилира. «Эээ… Ма хетталаш, могашалла бохург мичахь ю а ца хаьа тхуна-м. Даймохк бу-кх шайолу могашалла а, синпарг1ато а», – вела а къежна, элира Нажас. Кхид1а а: «Куьйра, охьаховшийтал шайн доттаг1ий… Т1аккха дийцал, шун г1уллакхаш муха ду, хьанна зуда яло арадевлла шу?» – ша, г1адвахана вела а луш. «Дуьйладала а, ловза а вовшакхеттера тхо» – элира Куьйрас. «Вовшах-м дика хьаха кхеттера шу! Цу везачу Дала могаш-маьрша, вайна гинарг кхин а ца гуш, дуккха а дехийла шу!» – доггах т1етуьйхира Нажас. «Амин! Я Аллах1! Амин!» – Зараа а элира. Т1аккха: «Х1инца шаверг кху ховшагана т1ехилалл. Шу хьаха ду б1аьрмециг доцуш хьеший. Со х1инцца ма яьллера далланаш еттина». Дукха хазахеташ, оха охьахевшина, далланаш йиира. Кхин мало йоцуш, Хьавага дехьачуьра беъсонара, дуткъа-лекхачу г1утакх чохь, т1ехь даккхий пийлан суьрташ а долуш, чайнбуц схьа а яийтина, Зараа элира: «Кху санна волчу генарчу хьешана (со вара вуьйцург), шу санна долчу дикачу доттаг1ашна гуьржехара чай малор дац ас. Дукха леринчу хьешашна луш долу «Индийски» молуьйтур ду!» Хила а хиллера цу хенахь «Индийски» чай деза а, наггахь бен доцуш а. Т1аьхьо шуьйрра даьржинехь а. Ткъа х1ара чайнин г1утакх, Зараа дийцарехь, Казастанехь кхаьрца цхьана тхов к1елахь 1ийначу наха (тхан эвлара), шаьш Даймахка ц1акхелхаш, Москвахь (Москвахула баьхкина хилла уьш ц1а) билеташ а эцна, поезде хьожучу хенахь, генайоццуш хиллачу йоккхачу туьканара Зараъна совг1атна эцна деана хилла ши-кхо шо хьалха.
Вуьйш тхан доттаг1ий шаьш чубахана, жимма са а даь1на, «комарийн беша» д1абог1ур бу аьлла д1асабевлла хиллера. Х1инца садан герга дара. Оха х1ума а йиънера, дукха мерза чай а меллера. Тхайга х1уъу а далур ду аьлла дог-ойла яра тхан. Доцца аьлча, «т1амах» ловза кийча дар-кха тхо, цу «т1амехь» толам цхьанна а д1абала 1алашо а яцара.
«Воккхачу стагана», «йоккхачу стагана», Хьавана а баркалла аьлла, царна мара а лилхина, стенга доьлху а хаийтина, «т1амах» ловза «комарийн беша» даха арадевлира тхо.
«Обаргийн» толам
«Комарийн беш» эвла йисттехь яра. Цхьана хенахь хиллера цигахь йоккха комарийн дитташ долуш беш. Амма х1инца наггахь бен дацара цигахь дитт.
Вайн къам арадаьккхинчул т1аьхьа охьадиттинера цигара дитташ, цунах еса майда еш. Йохъеллачул т1аьхьа, буц яьлча, цигахь нехан бежанаш, г1езаш ежара. Охьахевшина 1ен меттиг а яра. Берийн дерриге а ловзарш а цигахь хуьлура. Буьрканах, лаптух, «т1амах», цхьана 1ам лаьттинчу меттига уллехь «хьокхех», охьатохарех летара, кхин а масане дара уьш.
Накъостий дикка вовшехкхеттера. Кхин а т1ебогуш а бара. «Т1амах» ловзуш ши тоба хила езара (армеш). Дуьйладалале къасто дезара – муьлха тоба «русски», муьлха «немецки» ю. Т1еман йийсархо чувуллу меттиг мичахь хир ю, уьш лареш мила хир ву. Чевнаш йиначарна «лазарет» (больницех, санчастех, медсанбатех,… дуккха а кхечарах оха хаьржинарг «лазарет» яра, и дош нохчийчух тера хиларна). Хаа дезара, моссаза герз далийтича «чов еш, лазаво», «воь». «Рукопашнехь» бакъонаш а хила езара билгалъяьхна. Амма, иза даима а ма-хиллара, букъ-хьалха бухаваханарг «вийна» лоруш дара. Шинна а «армин» (эскаран) «командир» билгалван а везара.
Муьлха «арми» хьенан хир ю къастош хилира уггаре а боккха къовсам. Дерриган а бахьана – ас «со нохчийн обарг хир ву» алар. Ма-дарра дийцича, суна сайна а ца хаьара билггал долу «обарг» бохучу дешан маь1на. Баккхийчара иза хьахош хезначара схьалаьцнера ас. Сан кхетамехь, «обарг» бохург нохчо вара, харцонна дуьхьала лаьтташ волу, дедоьхначунна орцахвала кийча а волуш, майра а, яхь йолуш а стаг. Цуьнгахь даима герз хуьлу аьлла а хетара суна. Х1унда аьлча, герз ца хилча цуьна ницкъ кхочур бац харцонна дуьхьалла латта. Цхьамма а, шимма а (соьга дуьхьал) – «обарг велахь а, цхьана «армехь» хила ма-везий». Ас: «Т1ом Нохчийчохь бу. Т1аккха т1елеттачуьнца бийр бу-кх ас т1ом. Немцой т1елетта… Сан т1ом немцойшца хир бу-кх». Куьйрас: «Дика ду делахь, немцошца т1ом беш «обаргийн эскар» хуьлуьйтур ду-кх вай. Иштта мегар дац иза?!» «Со реза ву», «Дика ду т1аккха», – масийттама, маь1-маь11ера. Важа дерг къесто хала дацара. Амма, «обарг» хила лууш верриге а вара. Т1аккха а, немцой а хила безара. Цу т1ехь барт беш соьгара жигаралла ийшира. «Хьовсал, къийсалуш вай дукха хан йойъур ю. «Обарг» бохург ас дуьххьара хьахийна. Цундела со «обаргашна» юккъехь хила веза. Цхьа а дуьхьал вуй шух цунна?» «Цхьа а дуьхьал вац хьуна. Хьайн къамел де ахь», – элира Зубайрас. «Со «обарг» велахь, суна сайца цхьаьна товрболу т1еман накъостий оьшу. И накъостий схьахаржа бакъо яла еза аша суна». Цхьамма а, шимма а: «Тхо реза ду хьуна. Харжа!» Ас Куьйрий, Зубайрий, Аптий, Асланний, кхин а ялх «обарг» хаьржира. Лоьма а хаьржинехь, верриге а гергарниг хоржу моьттура дара вукху накъосташна. Бисинарш «немцой» хилира. Цара шайн «командир» Лоьма хаьржира. Оха Зубайр хаьржира. Х1уман т1ехь сих цахилар, ойла ян хууш хилар – ас а дика лорура цуьнан.
Маьрк1аже яра. Тхан «т1ом» болабеллера. Тхан «командиро» шен «омрица» массарна а хьалха 1алашо х1оттийра, цуьнан жам1 хила дезара «толам». Муьлхачо х1ун дийр ду а даьккхира оха билгал.
Маьхьарий, кхузара, эццара «тра-та-т-т-т..» – «герзаш» дийла а дуьйлира. «Т1еман» юьхьиг шовкъе яра. «Байъинарш» а, «лазийнарш» а, «йийсаре» балийнарш бара шинна а аг1ор. Амма ткъех минот ялале, «немцойн эскархой», шовкъ-м х1етте а юьйцийла дацара, дуьхьало ян а догдог1уш бацара. «Рукопашнехь» чуччавахча, «немцочо» сихха олура: «Со «вийна» ларахьа», – дуьхьало а ца еш – охьатохарехь-м «т1ом» д1абаьлча а летар ду вай», – т1е а тухуш. Х1ун дара а ца хаьа, дог цадог1уш «т1ом» бара «немцойниг».
Ахь сахьт далале, «вуьйриг» – «вуьйш», «йийсаре» валориг – «йийсаре» валош, «немцой» эшийра. «Толам» д1акхайкхабале, Лоьмас, Вахас, кхечара а – «Вай дуьйлалушшехь, нийса ца дуьйладелира шуна». Куьйрас: «Х1унда?!» Лоьмас (ша цхьамма) – «Хьовсал! Х1инцачул т1аьхьа вайн барт хила беза… Шун «эскар» юккъехь верг а, тхан «эскар» юккъехь верг а – ша ма-варра а вуьсуш… Цкъа шу долуш «обаргаш», т1аккха тхо долуш «обаргаш», шу «немцой» а долуш. Иштта хийца а луш хила беза-кх вайн барт!» (Церан шовкъ д1аяларан бахьана иза хиллера. Тхо цунах кхийтира) Ас: «Иштта нийса хир а ду иза. Цу т1ехь барт буй вайн?» Юкъ-юкъара, массара а: «Барт хили-кх вайн!».
Султан. Къайлаха дина къамел
«Комарийн бешан» майдане т1ебаьхкира баккхийро к1ентий… Арахь 1аржъеллера. Т1ебаьхкинчарах цхьамма: «Схьадуьйлал. Накъосталла дел. Г1ой цкъа гуонахьара колл-дечигаш дал вайна. Кхуззахь ц1е лато дохку тхо». Ас а цхьаьна, оха лахьийна, маь1-маь11ера дечигаш еара. Т1ебаьхкинчу к1енташа ц1е латоран кечам бира. Царех цхьаьнгахь чуьра-араэккхаш долу урс дара. Цуьнца ч1еш кечдира цо, цхьана дечиган герагех юткъа хелигаш а хадош. Дукха хан ялале йоккха ц1е летира. Тхо а гулделира цунна гуонаха. Тийначу махо, ц1еран мотт, цкъа цхьана аг1ор, т1аккха вукху аг1ор д1асахьийзабора. Иза бирзинчу аг1оне йовхо алссам кхетара, наггахь к1ур а хьовзош.
Баккхий к1ентий юх-юххехь охьахевшинера. Царна юккъехь 1аш верг хьалхара дош долуш а, дуьйцург майра, говза дуьйцуш а вара. Къамелаш дуьйцуш, цуьнан ц1е Султан юй, цунна аьтту аг1ор волчун ц1е Олхазар юй, аьрру аг1ор волчун ц1е Тумсо юй хиира тхуна. Султанний, Тумсой цхьана хенара хир волуш вара. Олхазар – цхьа-ши шо царал а жима. Гуш дара, уьш барт а, ларам а болуш дика доттаг1ий хилар. Дуккха а динчу къамелашкахь, цара вовшийн цхьа а дош юха ца тухуш, г1иллакх леладора. Султана, кест-кеста, ша дуьцург сацадой: «Тумсо, хьуна дагадог1ий? Тумсо, ас нийса бохий-те? Кхин а…», – Тумсона хетарг хоттура. Тумсо наггахь бен вист ца хуьлура. Дуьйцучунна, ша реза волчу хенахь, корта цкъа-шозза охьата1абора. Хилларг дуьйцуш – зорбанехь ма-хиллара, кинишкехь ма-яздарра, терахь а далош, нисдора цо юкъара къамел. Цхьана куьйгахь г1аж яра Тумсон. Оцу г1ожца наггахь ц1аран, ягаза йолчуьра, дечиг т1етоттуш, алу самсайоккхуш, ойлане 1ара иза. Олхазар, жимуо велахь а, х1уманна сихуо вара. Урс буйнахь хилларг вара иза. Ша олуш дерг оьг1азе, доггах хиларна билгалдолуш а, олура цо. Кхочушъян еза 1алашо, шех ледарло ца йолуьйтуш, ша кхочушйийриг хиларх шеко а ца юьтура. Уьш кхоъ вайн къам арадаьккхинчу хенахь вина вара.
Къамелаш деш 1ачу юкъана, тхоьца хилларш, цхьаъ воьдуш, т1аккха кхиниг воьдуш, шайн-шайн ц1абахара. Ц1ара гуонаха тхох виъ-пхиъ бен ца вуьсуш.
Сулатана дуьйцура: «Гой шуна, вайн 1едало а, цуьнан багара ма-даллара цхьаццадолчу къаьмнаша а, йоцу ц1ераш тохкуш, боцу бехкаш т1е а туьттуш, лелийнарг харцхилар, къизалла хилар х1инца хиъна дерриге а дуьненна. Тхоьл а баккхийчара дукха къахьийгира вайн бакъо йийца г1ерташ, церан харцо эшон г1ерташ. Дала къинхетам бира вайн къомах. Иза уггаре а коьрта ду. Тахана вай вешан Даймахкахь ду. Иза ду кхин а цхьа тоьшалла, вайна динарг бакъо а, нийсо а йоцуш дина хиларан. Цхьа зама йог1ур, Дала мукъ лахь, бехке мел волчун ц1ерш билгал а, емал а еш».
Олхазара элира: «Кестта-м хилахь тамаш бу!»
Тумсос: «Массо а х1уманан шен зама ю. «Грозненски област» ц1е д1аяккха а ийши кхо-диъ шо. Х1инца вайн хьалха хилла йолу «ЧИ АССР» ю. 1едале керла нах а хаьржина. Сиха-м хир дац, хьо бакълоь, Олхазар. Шен заманчохь-м хир ду!»
Иштта къамеле девлла 1аш долуш, генна йоццуш, ло хьошуш воьдучу, г1ашлочун «г1аржт1-г1аржт1» кепехь г1овг1а хезира тхуна. Султана лахдинчу озаца элира: «Кхин къамел делаш. Ч1ог1о а деш». Олхазара беламечу бегашийн къамел долийра. Синкъерамехь ша дуьххьара хелхавалар а дуьйцуш. Мачийн г1овг1а д1атийра. Олхазара ша дийца долийнарг, шовкъе ваьлла, чекхдаллаца дийцира. Оцу юкъана Султана шен киснара леррина кехата юкъахьарчийна хилла йолу цигаьрга п1елгаш юккъе а йоьллина, ц1ергарчу цхьана хаьштигах хьалалатийра. Цкъа-шазза боккха к1ур а баьккхира цо. Тхан тидам а боцуш, цхьаъ т1евеара тхуна. Оцу сохьта Султана, цхьа а тидам бан ца кхуьуьйтуш, х1инцца латийна йолу цигаьрка, ц1ара юккъе кхоьссира. Т1евеанарг кху лулара воккхастаг хиллера, тхо лаа дуй-те аьлла, сагатделла веана. Султана хьалха, оха массара а т1аьхьа, буьйса дика йира цуьнан. «Шу хьенан ду? Вон лелаш-м дац шу?» – хаьттира воккхачу стага. Массеран а ц1арах Султана жоп делира: «Со Хьенехг1еран ву. Х1орш сан накъостий бу». Суна ч1ог1а хазахийтира Султана со а, сан доттаг1ий а юкъатохарна, шен накъостий ду аьлла. «Ваша, вон лелаш дац хьуна тхо, са ма гатделахь. Хьуна оьшучунна накъостий а хир ду тхо. Хьо варий лаа?» – т1ехьа диллина ши куьг а долуш, охьата1ийна корта а болуш, лаьттара Султан а, цуьнан ши накъост а. Тхо – кегийнаш – мелла а парг1ат дара, г1иллакх лелоран к1орге цайовзарна. Воккхачу стага: «Дала сий дойла шун! Хаьа суна, шу ледара хир доций а, г1уллакхе хьовсур дуй а. Амма 1едал ч1ог1а ду вайна. Шу кхузахь гулдалар, 1ер, д1атосалахь, х1ун дагадог1ур ду ца хаьа. Лардала дезаш ду вайн хьал… Кхин дукха ца хьелуш шайш-шайн ц1адерза».
Воккхастаг юьртехьа д1авахара. К1еззиг 1ийна, Куьйра хьалаг1аьттира: «Вай а д1адоьлхий?» – хаьттира цо соьга, вукху накъосташка а. Тхоьца хилла Ваха а г1аьттира хьала, Куьйрица д1аваха. Дуьйцучу къамелех ч1ог1а самукъадаьллера сан. Кхин а 1ен лаьара. Ас: «Куьйра, к1еззиг 1айтахьа вай. Хаза дац кхузахь?» «Чохь хила веза сан, цхьацца х1ума а ду сан Мамас де аьлла даза дисина», – элира Куьйрас.
Тхан къамел Олхазара юкъахдаьккхира. «Куьйра, хьан дан дезарг а дан, хьо чу г1о. Хьан накъост оха д1авалор ву хьуна. Тхо а 1ийр дац кхузахь дукха. Са ма гатде ахь», – вистхилира иза.
«Т1аккха тхойшиъ д1авоьду. Варийлахь, ма хьелолахь. Хьо кхузахь волуш со чувар а хир дац хьуна сан нийса, Дадина гергахь», – элира Куьйрас, шай, Вахий юьртехьа д1аволалуш. «Дика ду, ца хьело хьуна со», – элира ас.
Сан доттаг1ех бухависнарг Зубайрий, Аптий вара. Гуш дара, цу шиннан тайна хилар х1ара цхьаьнакхетар. Лакхахь кхоъ воккханаг, лахахь тхо кхоъ жиманиг… Иштта нисделлера тхан ц1ара гуондахьа ховшар.
«1едал-м хьаха ду дерригенна а т1е лерг диллина 1аш. Бакъ ма лоьра и воккхастаг…», – долийра юха а тхан къамел Олхазара. «Цуьнгахьара, чомехь х1умма а дан йиш а ма яц», – кхин д1а а. «Сихалла дика яц, сан доттаг1а. Вай цкъа когадаха деза. Мел хала делахь а, собар а долуш», – шена хетарг элира Тумсос. Султана: «Бакъ-м лоьра иза, шеко яц, Олхазар. Вай вочух лардеш дерг а дика элира цо. Собар а хила деза, Тумсос ма-баххара. Шена моьттург чекхдалахь-м кху 1едало вай кханнехь арадохур ду юха а. Гуьмсера сан ненашичин к1ант ву Сольжа-Г1алахь «Красный молотехь» болх беш. Со иза волчу ваханера стомара. Делкъенна иза мукъаваьлча, тхойшиъ церан заводан арахь вовшехкхеттера. Тхо дистхуьлуш лаьтташ масех г1азакхи т1евирзинера тхуна, аша «гар-гар-гар» бохуш буьйцург х1ун мотт бу? Шайна аша х1ун дуьйцу ца хаьа, шун дагахь х1ун ойланаш ю а ца хаьа. Шу ца кхетахь, шаьш милицига чудухкуьйтур ду! Дош хила деза иза ткъа?! Вайн ц1ахь, вайн Даймахкахь… Вайн мотт ма бийца бохург!» Олхазара: «Иза-м кху эвлахь болчара а ма олу! Ткъа догдет1а х1ума дац иза?!» Тумсос: «Дог дат1ийта а ма олу цара иза. Церан ойланца вай х1инца а ма ду зуламхой. Вайх зуламхой тардан г1ерташ дукха къа ма хьегна оццу 1едало. Ас юха а боху, вай собарца, карзах ца дуьйлуш, ницкъаца хилла а ца 1аш, вешан син-ойланца а юхаметтах1итта деза. Вешан мотт а бийца беза, г1азакхийниг 1амон а, бийца хаа а деза. Вайн махкахь дехаш долчу кхечу къаьмнашца а, уьш дукха бац, мага а деза. Яхь йолу чкъор а, хьекъал а кхион деза вай».
«Доттаг1ий, дика боху аша», – къамел долийра Султанас – «Вайн декхар суна муха го? Баккхийниш, тахана уьш самукъане белахь а, лайначу балано к1елбитина бу вайн. Уьш кхоа а беш, церан синтем а ларбеш, цаьргара яханчу заманахь дуьйна схьадеанарг схьа а оьцуш, цаьрца дага а довлуш, къахьега дезарш вай ду. Тахана вай инженераш кхион беза, школашна хьехархой, лоьраш, 1илманчаш, юьртбахаман говзанчаш… Х1инцца школа чекхъяьлча со а лерина ву Соьлжа-Г1аларчу нефтяной техникуме деша ваха. Геолог хила лаьа суна. Тумсо а соьца цхьаьна хир ву. Ша дешна ваьлча, Олхазара а деза деша. Вайгахь говзаллаш хилахь, хьекъал хилахь, вайна вешан г1уллакх лелон хаахь, вайн Дала аьтто бийр бу. Дуккха вайн кегий нах бу шуна кхунна сагатдеш, ойла еш. Казахстанехь а бара. Х1инца-м тешна а бу. Цул сов, 1едало вайна хоуьйтуш дацахь а, дозанал дехьа вайн къомах а волуш, профессор ву боху баккхийчара. Советан 1едало лелочу политикина дуьхьал ву боху иза, боккха къийсам а латтош. Иза вайх лачкъийна хиларх, шеко йоцуш, кху 1едална лазаме т1е1аткъам бу боху цо беш, иза бахьана долуш кхечу пачхьалкхашкарчу политикаша а. Ткъа кхузахь къахьега дезарш вай ду. Вайл т1аьхьа х1орш хир бу», – тхо кхаанна т1е п1елг а хьажош (д1ахьаьжначу сан а, соьга схьахьаьжначу Зубайрин а хьажар дуьхь-дуьхьал нисделира, дагна хилла там а, шовкъ а гойтуш. Апти нийса ц1ара т1ехьожуш 1ара, амма юхь майра яра, б1аьргаш серладевлла дара) – «Вай ду, шен хан т1екхаьчча, Ермоловна х1оттийна х1оллам, кхечеранаш а д1а а яьхна, Сталинаниг диъ-пхиъ шо хьалха д1а ма-яккхара, харачойн Зеламхин, Таймин Бийболтан, Бойсг1аран, шейх Мансуран-Ушурмин, кхин масане бу уьш, царна х1олламаш х1иттон безарш, вайн дай кога метта д1а а х1иттина, къоман а, махкана доладан дезарш». Т1евог1уш цхьаъ хиларан, Султана къамел лахдира. Амма шовкъе ваьллачу Олхазара элира: «Оцу Ермоллийнаг-м ас йоккхур ю хьуна д1а, вуьйр бен варий со?!» Султана, цергаш юккъехула: «Д1асацаде хьайн къамел!!!»
Цхьа-ши стаг вара тхуна т1евог1уш. Ц1ара юххехь 1ачу тхуна гуш бацара уьш, т1ебог1уш буй хаар бен. Т1екхаьчча бевлча гира суна сайн ненаваша а, цуьнца цхьаьна Куьйра а. Т1екхочушшехь, ненавашас салам делира Султане а, цуьнан накъосташка а. Вовшашка бист а хилла бевлча, соьга: «Вало х1инца ц1а, хьо арахь буьйса яккха лерина вацахь», – элира ненавашас. «Зубайра, Апти, дуьлойша цхьаьна. Султан, 1одикайойла шун!» –вистхилира со. Зубайра а, Апти а тхоьца схьабуьйлабелира. Султана соьга: «Жима доттаг1, тхо наг-наггахь кхузахь вовшахкхеташ ду хьуна».
Цхьа шовзткъа-шовзткъе итт, эвлехьа, г1улч яьккхинчул т1аьхьа, со юхахьаьжира, тхаьш латийна хиллачу ц1е йолчу аг1ор. Кхин а дечигаш т1етехкина, сирла йогура иза. Баккхий доттаг1ий а бара, кхин а юх-юххе а хевшина, шаьш вовшах дика кхеташ дерг дуьйцуш.
Эвла чудулуш, тхо севцира. Шайн-шайн чу д1асадоьлхуш, кхуззахь къаста везаш вара со сайн доттаг1ашца. Зубайрига а, Аптига саламан куьг делира ас, х1оранна юьхь т1е а хьожуш. Церан яххьаш г1айг1ане яцара. Ойлане яра, майра яра, тешаме яра.
Цу буьйсанна тхан хиллачу къамело сан даг чохь йоккха лар йитира, иэсехь йоккха меттиг д1а а лецира, дахарехь сан хиллачу некъана серло а елира. Цу буьйссанехь, седарчашка «космонавт хилла хьалавийла», ас сайн ойланашкахь х1оттийна хилла болу лами, вовшах баьккхира ас. Сайн г1уллакхаш лаьттахь дуй хиира суна. Ма-дарра долчух кхета генахь хиллехь а, доттаг1ий мел бу, суо цхьалха воций а хаьара…
= = = = = = = = =
БИЛГАЛЛАДАХАРШ:
1. Ясуо – ниша (оьрсийн маттахь);
2. Чийлак – ведро;
3. Пирг – кольца чугунной печной плиты;
4. 1арш – поднебесье;
5. Седарчийн сеннаре – звёздное пространство;
6. Ане – вселенная;
7. Кхехкош кечдина 1о`жан мутт – компот;
Свидетельство о публикации №221121701731