Къаночун iаса

КЪАНОЧУН IАСА


Хуьлуш йу
Тайп-тайпана Iасанаш.
Цхьа йерш йу кечйина,
Хазаллин куц долуш,
Кхиерш йу
       - куц иэшийна,
Амма схьалаца атта йолуш.
ХIораммо хоржу уьш
Йустий шен амалаш.

Вай нехан алар ду,
Шовзткъа шарар валарца
Iаса куьйга иэцарх,
Шен накъост йина,...
Кхиича вайн дегIехь
ГIелдалар гIораца,
Иэшадеш бIаьрса а,
Тем буохош синан.

Iаса ластош човхаво
ГIиллакхах воьхнарг,
Иза аййина эккха до
Хецан лела жIаьла.
Ларайо шен йуьхь а,
Цаваьлла аьлларг а...
Некъ боьхна болучохь
Цаволу гала а.

Аьлла ду дайшкара –
«Воккханиг лара,
Цуьна меттана
         хIоттийнехь а
Iаса, йа гIаж!».
Цуьнгахь ду хаар,
Кхетаме дош алар.
Сий дар ду!
         ГIиллакх ду!
Дац иза дарж.

Нагахь санна веъча ша
Шен йоцчу хIусаме,
Гича шена хIоттийна
НеI-сагIехь Iаса,
Аз айдина вистхилар,
Цахилар тидаме –
ГIиллакх дац,               
Гойтуш ду
Дог хилар бIаьрса. 

Воккханиг хила тарло
Цамгарин баланехь,
Набаран тевжина, 
Йа ламазехь лаьтташ.
Деънариг дIадийца
Ларамца, собарехь.   
Хьалхара
        Къаночун
Могшалла хоттуш.

Дуккхачу туьйрнашкахь,
Аларшкахь,
          дийцаршкахь
Хьехийна,
Хийлаза, Iасанах дерг.
Ду хийла масалаш
Дахаран некъашлахь
Iамавеш, кхиавеш
ладугIуш верг.

Хуьлуш йу
тайп-тайпана Iасанаш.
ХIораммо хоржу уьш
Йустий шен амалаш.

1990 шарахь, Iай.
               


               


Рецензии