Йахь йоцчу кIентан йуьхь

ЙАХЬ ЙОЦЧУ КIЕНТАН ЙУЬХЬ

Йахь йоцчу кIентан «йахь» – хьагI...
Цуьнан Iер-вахар – хене валар...
Цуьнан собар – дистина Орга...
Цуьнан гIайгIа – цкъа вала везар...
Цуьнан чIагIо – цеца чохь гIум...
Цуьнан къайле – ша ма-варра гучуцавалар...
Цуьнан иэс – ша-шех дечу дозаллин гIаларт...
Цунна дезарг – дегIанна, урх хецна, маршо...
Цунна моьттург – ша тIехь йина гIала...
Цуьнан ийман – тIедуьйхина барзакъ...
Цуьнан ойла – мухха а, даьхни...
Цуьнан амал – доцург тардар...
Ткъа барам – «Кхин тIе а, оццул!»...
Цуьнан велар – кийрара жиргIа...
Велхар – нахала валар...
Цуьнан шовда – Iам лаьттинчохь уьшал...
Ткъа Iилма – дуьйцург, шена луъучу агIор, карчор...
Цуьнан йуьхь  –  бIаьрзе лаамаш...
Ткъа оьмар – хедийна орамаш...
Цуьнан ницкъ-доьналла – гIийланиг иэшор...
Ткъа толам – бIостанехьа буолам...
Цуьнан орца – кхана хьо урамехь вийцар...
Цуьнан дика – йухалург делларг...
Цуьнан вуо – хьан даг чуьра вуожар...
Цуьнан лазар – деса хабарш дийцар...
Цуьнан хьекъал – хIилла...
Цуьнан хьуьнар – шена цхьаннина оьшург лахар...
Цуьнан дийцар – «ас», «со»...
Цуьнан гIиллакх – гайтам...
Цуьнан оьздангалла – моттаргIа...
Цуьнан къинхетам – гIорийна кхача...
Цуьнан совгIат – стиглара тача...
Цуьнан некъ – тIехиъна ворда...
Цуьнан дозалла – сирбелла корта...
Цуьнан дош – цкъа мацца а, шалха...
Цо буьйцу мотт – кегийна хатт...
Цунна Даймохк безар – иза магар...
Цуьнан цIий – пхенаш чуьра тIуналла...
Цуьнан безам – хIинцца марзйелларг...
Цуьнан чIир-бекхам – йамартло...
Цуьнан дуьнене хьежам – ша-шена тардина гIенаш...
Цуьнан хьехар – шайтIанан мох...
Цуьнан кхечуьнга ладогIар – иза аьлла ваьлча, йуха а шениг дийцар...
Цуьнан къонахчалла – доцург...
Цуьнан нохчалла – кор-неI йоцу хIусам...

Маржа-йаI, дахар...
Ма декъаза ду-кх хьо, Йахь йоцчу кIентан!


2015-чу шарахь


Рецензии