Последняя молитва старца

Из материалов к книге "ПАМЯТНЫЕ ПИСЬМЕНА"
На чеченском языке.
= = = = = = = = = = = = = = = = = = = = =

     "Иэс тIера йозанаш" цIе йолчу книган материалех

                КЪАНОЧУН  ТIАЬХХЬАРА  ДОIА



     Дийцаран дешхьалхе

     Диэзткъе итт шо кхоччуш хан йара Сайдул вина а, хIокху дуьненчохь веха а. Кавказехь дехаш долчу къаьмнашна йукъахь, сецна билгало йолуш ма-хиллара, нохчийн къомана Дала деллачу совгIатех цхьаъ дара – муьлххачу а заманахь, цIарна а цIе йаххана Къонахий кхиар, халонца-аьттонца доьзна а доцуш, йахь йолу беркате Къаной хилар а…

     Иштта, тхан эвларчу Къанойн могIарехь вара Сайдул а… Тхан ден маьхча вара иза. Оха цунах Воккха Ваша олура. ХIокху эвлахь (Iашхой-Март) бехаш болу тумсой масийтта некъе биэкъалуш бу. Тхо долчу некъашна йукъахь тIаьххьара бисинчу баккхийчарах уггаре воккха а, хьалхе лелош а виснера Сайдул.
Шен хенара хиллачу баккхийчу наха ма-ларра, хийлаза цуо а лайнера хало а, дахаран къахьо а…

     1944 шеран чиллан-беттан 23-чу дийнахь вайн къам Даймахках доккхучу хенахь Сайдулан цхьайтта-шийтта шо бен дацара. Оцу заманчохь лайнарш наггахь Сайдула ша а дуьйцура. ТIаьхьарчу хенахь-м уьш дийца воьлча, велхаран къурдаш деш, халлий бен ца дийцалора цуьнга.

     «Нана, суна-м Даймахкахь вала лаьа…»

     Воккхачу Вашас дуьйцура…
     «Сайдул, самавала!..» - набарх а воккхуш, тхайн ненан йистхилар хезира суна. Чохь а, арахь а гIовгIане дара. Тхан нана цхьацца тIейухург а, кад-пхьегIа а, йуург а вовшахтухуш йоллура. Сан жимах болу йижарий боьлхуш бара. Цхьана йукъанна, хилларг хIун ду ца кхеташ, Iадийча санна лаьттира со. Арахь – «Быстро, быстро!» - бохуш, мохь бетташ вара гIазкхийн эскархо.

     * * * 

     Кхеран доьзал а «Студебеккершкахь» Сипсу-ГIалан аьчган некъан станце схьабалийра. Цигахь вагонашка а ховшийна, герз-карахьчу эскархоша, дахьажийра массо а кхечу дуьненан маьIIерчу, кегийчарна буьйцу а хезна боцчу, хийрачу махка… Хилларг а, девзинарг а, кхетам а - шадерриг а шина декъе доькъуш: цхьана агIор – «Хьоме Даймохк!» (букъа тIехьа, дагалецамашкахь буьсуш болу), вукху агIор -  «Лан дезаш долу, Даймахках а хаьдда, дахаран Iазап! (иза билггала муха хир ду а дацара цхьанненна а хууш… Дела Ша воцчунна…)

     Цхьа бутт гергга некъахь а боккхуш, дуккха а кхиберш санна, хIорш а кхечира Казахстанера Кустанайски областе. Цигара дIа - Пресногорковски кIоштан «Кабан» цIе йолчу йуьрта. ГIайгIане, кIелдисина, цхьалха дара дIакхалхийна адам… Шийлачу Iаьно, кхоамза цIовзийра гIелделла догIмаш.

     Сайдул чIогIа цомгуш хиллера. ДIакхаьчна кIира - ши кIира далале хIокхуьнан дерриг а дегI лазаре лоцуш, айпашка дирзинера. Оцу чевнашкара Iийдалуш долчу соьлано тIедоьхна долу беркъа духар даима а тIеда лоттуьйтура. Нанас шен хирг леладора, дарба хиларе сатуьйсуш. Оццул вуон хьал шегахь доллушехь, шен ницкъ кхоччург дан гIерташ хуьлура Сайдул. 

     Шело! Хало! Мацалла!

     «Тхо дIадигинчу шарахь Iедало тхан да лецира. Бахьана – кхуьнгахь масех кIен кан гучубалар. Иза чIогIа Iедало шен «законашна» йеш йолу «луьра» дуьхьало лоруш хIума дара. Суьдо (кхиэло), хан а тоьхна, иза чувоьллира. Цул тIаьхьа дукха хан йалале, иза набахтехь кхелхира», - дуьйцура Сайдула.

     Дала йаздина рицкъ хиларна, хIорш (биснарш) I946 шаре бевлира.

     ЧIогIа хала шо а, хала Iа а дара иза… ХIорш дIатарбинчу йуьртахь дукха адам леш мур бара иза. Царах дукхахберш – вайн къомах болу нах (баккхийра а, кегийра а, бераш а). Сайдула дийцарехь, хIора Iуьйранна, йурт йуккъехула шина декъе хадош дIабоьдучу новкъахула, цхьана йистера вукху йисте кхаччалц, дIасайоьдура МТЗ цIе йолу трактор, шена тIаьхьатесна аьчкан салаз а йолуш. Наха, ара а бовлий, цунна тIедуттура дIайаханчу буьйсанна беллачийн декъий… ХIора Iуьйранна дукха хуьлура белларш.  «Цхьана Iуьйранна, – дуьйцура Воккха Вашас, – марчонна, шайн болчу аьттонца, цхьацца кIадин кескаш а хьарчийна, оцу салазна тхуна гена боццуш Iаш хиллачу нохчийн доьзалехь бисинчара цхьа дакъа тIедиллира. Конвойни «солдаташ» (солдаты конвойной службы) марчонна хьарчийна хилла кIадин кескаш схьайаста гIоьртира… Схьагарехь, оцу кIадин бехчалгашна тIе бIаьрг хIоьттинчух тера дар-кх церан. Цаьрга иза ца дайта дуьхьалбевлира нохчех болу нах… Дехьа-сехьара кхин тIе а орца кхиира. Доккха дов хилира цунах. Оцу салташа, герзаш а тоьхна, нохчех ворхI стаг вийра оцу девнехь. Гуш ма-хиллара, шаьш оццул гIаддайна хиларе ца хьоьжуш, веллачу стеган сий  лардайта гIоьртир-кх уьш…»

     «Оццу шеран йуьхь йара иза… Пхи-йалх де бен йуккъе ца дулуш, сан йиъ йиша хьалхий-тIаьхьий кхелхира. ЦIера арадохучу хенахь дуьненчу йаьлла йолу жимах йолу йиший, сой (Сайдул), тхан наний бен цхьа а ца виснера доьзалера… Цкъа мухха а, ас тхайн нене элира: «Нана, суна-м вайн Даймахкахь вала лаьа!» - дуьйцура цуо кхин  дIа а.
 
     Цул тIаьхьа Iедало Сайдул «Дет-Доме» дIавуьгу. Кхарна гена йоццуш хиллачу «Песчаное» цIе йолчу йуьртахь йара «Дет-Дом». Цхьана агIор, боккха Делан къинхетам бара Сайдул цига кхачар. ХIунда аьлча, иза тIанк-аьлла берех йуьззина хиллехь а (цунна чутарвала декхар верг 7-8 бIе бен кхиазхо хила йиш йолуш вацара… амма схьаэцнарг - 1200 вара) «Дет-Домехь» ца валлал йуург лора. Оцу заманахь иза а дара доккха хIума. Массо а меттехь хIоьттинчу мацалле хьаьжча, тешне а.
 
     «Кхин дан хIума доцуш – дагалоьцура Воккха Вашас – денна а «Дет-Доман» кевне, шайн бераш а далош, нах оьхура, куьйгалхошка уьш а дIаэцар доьхуш… Амма ца оьцура… Суна сайн бIаьргашна гина ду-кх… Кхин дан хIума доцуш, цхьаберш шайн бераш оццу кевнехь а дуьтий, дIабоьлхура… Циггахь и бераш леш меттигаш а хуьлура…»

          Дикка вист ца хуьлуш а Iийна, тIетуьйхира – «Ирча хьал дара шуна… Бакъйолу къизалла!…»

     * * *

     Кхеран нана шен карахь йисина жимах йолу йоI а оьций, кхин дан амал цахилар бахьана долуш, мацалла ца йала, шайн цIийнах болу гергара нах лаха лерина, Iедална ца хоуьйтуш, къайллаха шаьш Iийначу меттера дIайоьду. Иза хилла Iаьна йуккъехь йолчу заманчохь. Масех дийнахь гIаш некъ бина цуо. Карахь йолу йоI цхьанхьа хIорш дIакхачале дIайаьлла. Мухха а, хIокхунна бевзаш болу нохчий болчу кхаьчна иза. Цигахь дIайоьллина новкъахь дIайаьлла хилла йолу йоI. Ша а чIогIа цомгуш хилла нана. Кхин дукха ца йехаш, иза а дIайаьлла.

     * * *

     «Дет-Домехь» кхин а дара нохчийн къомах бераш (кхиазхой). Iашхо-Мартан эвларчу неханаш а хиллера… Сайдула дийцарехь, уьш бара – ТIагIин воI Хьамзат (нашхойх волу), Юнусин воI ШахIид (тумсойх волу), кхин а…
Дукха хан йалале Сайдул йуха а лазар меттах долий, иза «тиф» олучу кепа а доьрзий, больнице дIавуьгу. Дукха хала, Дала Рицкъ йаздина хилар бахьана долуш, дийна а вуьсу.

     Цулла тIаьхьа, шен ка а йолийтий, къайллаха иза Карагандахь йолчу «Тихоновка» олучу метте дIавоьду. Цигахь тхан массеран а цIийнах болу нах, тIевогIург тIе а вогIуш, дIанисбелла хилла.

     КIеззиг хан йалале, Сайдула ФЗО чеккхйоккху. Цулла тIаьхьа балха хIутту. Шен вахаран рицкъ а лоху.

     СССР-н лаккхарчу Советан президиумо 1957 шеран кхолламан беттан 9-чу дийнахь (январехь) «О восстановлении Чечено-Ингушской АССР в составе РСФСР» цIе йолу Указ тIеийцира, схьа а кхайкхира. Иза бара вайн къоман дукха боккха а, сийлахь а кхаъ. Наггахь воцург бен хир вацара оцу Указана берриг чулацам ца бевзаш а, дагахь ца хууш а. ХIара де тIекхачале, муьлхха а нохчийн къомах волу ши стаг вовше вист хуьлуш, Салам-Маршалла хаьттинчул тIаьхьа, хоттуш дерг хуьлура: «Вай цIа дахарх керла хIумма а хезний хьуна (шуна)?..»

     Ткъа хIинца дала жоп дара! МаьI-маьIIехь вовше кхаьънаш дохуш, дуьйцуш хезара: «В целях создания необходимых условий для национального развития чеченского и ингушского народов Президиум Верховного Совета СССР постановляет:
1. Признать необходимым восстановить национальную автономию чеченского и ингушского народов.
2. Рекомендовать Президиуму Верховного Совета РСФСР:
а) рассмотреть вопрос о восстановлении Чечено-Ингушской АССР в составе РСФСР;
б) установить границы и административно-территориальное устройство Чечено-Ингушской АССР;
в) утвердить Организационный Комитет Чечено-Ингушской АССР, на который возложить, впредь до выборов Верховного Совета АССР, руководство хозяйственным и культурным строительством на территории республики.
3. Считать утратившими силу Указ Президиума Верховного Совета СССР от 7 марта 1944 года «О ликвидации Чечено-Ингушской АССР и об административном устройстве ее территории» и статью 2 Указа от 16 июля 1956 года в части запрещения чеченцам и ингушам возвращаться на прежнее местожительство» - оригиналехь ма-дарра.
 
     Цул тIаьхьа, шен гергарчу нахаца, Сайдул а вирзира вайн Даймахка йуха.

     «Йа АллахI, Хьуна бу-кх хастам!»

     Казахстанера цIа дахкале Сайдула зуда йалийнера. Кхеран жимачу доьзалехь цхьа кIанттий, цхьа йоIIий дуьненчу а даьллера.

     Даймахка йухаберзар, дийца дешнаш тоьур доцуш, Iаламат доккха хазахетар дара массарна а. ХIинца ловр йара аьлла хетара муьлхха а хало, мацалла, шело… ХIуъа а, Даймахках ца даьхчхьана…

     Наха, шаьш муьлхха а гIуллакх дуолош, дерзош, ламаз доьхкуш, иза дерзош, олуш хезара: «Йа АллахI, Хьуна бу-кх хастам! ХIара Даймохк йуха а хьабели-кх Ахь тхуна!»…

     Iен-вахаран меттигаш а йина, массо а санна, ваха велира Сайдул а, цуьнан доьзал а. Ваха атта-м дацара, амма самукъанечу даго, серлайаьллачу ойлано, Дайша когаш лийзинчу некъаша дерриг а дайдинера. Хилларш ца дуьйцуш, геннара бухарчу иэсан тIегIане дIадилла лаьара хилларг. Амма… Диц-м ца лора, дуккха а шерашкахь гIенаха а дагатуьйсура. Хийлаза гIенан кхоьлахаа гора цIерадахар, оцу бехачу новкъахь хилларш, дIакхаьчначу хенахь лайнарш… Да, нана… Массо а дIабевлларш… Наггахь-м, хуорам а хуьлий, набарха самаваьлча, ца тешаш, ша-шега а хоттура: «Баккъалла а цIахь дуй-техьа вай?!»…

     Цхьа хан дIайаьлча, ган йуьйлира цIахь йолу шогаллаш а, Iедал чIагIдина дара, нохчийн карахь кIезиг хIума дитинера. Буьзна, вайн тIера «бехк» дIабаьккхина цахилар гуш дара. Къам цIера даьккхинчу йукъанна Iашхо-Мартан йуккъехь хиллачу кешнашкара а, кхечу меттигийн кешнашкара чарташ схьадаьхнера, уьш тайп-тайпанчу гIишлошна бинчу баххашна а, пенашна а дехкинера. Кулубан йуххехула охьабоьдучу некъаца охьдехкина а Iоьхкура цхьадолу чарташ… Кегдина а, кегдаза а… Оцу муьрехь, цунах дерг къайлаха бен дийца ца хIуттура нах… Iедал луьра дара.

     Сайдул, нахана билгалваьлла а волуш, воккха къинхьегамхо вара. Йуьртахь йолчу цхьана «совхозе» балха хIоьттира, цIахь масех корта бежана лело гIертара. Ша да волу даьхни (бежана, говр йелахь а, жIаьла делахь а) чIогIа лерина леладора Сайдула, Iалашдарца, Iуналла дарца… Кхуьнан куьйгаха сихха дIайулура муьлхха а бежана. Кхуьнан кертахь царах гIийла йа аьрха хилларг, бутт, ши бутт балале, туолой, хазлой дIайоьдура, эсалчу амале а йоьрзура. Кхуьнан шен бежана йохка дагадеанийла хиъча, эвларчу наха атта оьцура иза, мах ца къуьйсуш. Вовше хоттуш а нислора: «Сайдула йетт (эса, шинара, старгIа, уьстагI, говр) бухка олуш-м ца хезна шуна?»- олий.

     Иштта, шена Дала схьаделлачух тоам а болуш, шен доьзалца ваха велира Сайдул. Оьзда, гIиллакхе, къинхетаме, йахь йолуш, оьшучунна дала хьехар долуш, цхьана бахьаница, оьгIазвахар нисделча, ваставалар сиха долуш, шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь дог-кIеда а вара иза.

     Дукха шераш дIадевлира. Доьзал кхиира, доьзалан доьзалш а кхиира…
1994 шарахь дуьйна шолгIа эзар шераш дуоладаллалц вайн Махкахь лаьттинчу тIемийн халонаш Сайдулан а, цуьнан доьзална а кхечира … Массарна санна, баларш-бисарш а хилира, хIусамаш йуохийна, йуха уьш меттахIитто гIерташ, тийсавала везаш а нисделира…

     Оцу тIеман халонаша кIелбитира Iаламат дукха баккхий нах… ЦIаьххьана цамгарш гучуйуьйлуш, дог соций а, кхечу бахьнашца а уьш Эхарта дIабирзира. Тахана церан могIарера эвлахь кIезиг нах бу бисина… Денна а бохург санна, дIакъесташ бу уьш…

     Къаночун дийцар

     ХIара масех бутт хан йара Сайдул меттахь сецна. Больнице вижош а, цхьацца дарбанаш лелош а хенаш дIаоьхура. Мичча а хенахь иза волчу вахча, хезара доьзале цуо дуьйцург: «КIант, варийлахь, тIехьарчу рагIу кIелара аннаш, дукъошна дечиг, кхин а тхевнна лерина йу хьуна… Кертара йетт Iалашбиний аш? Хьовсуш хиллаш цуьнга, ледарло ма йелаш… Шена оьшург дIайеха мотт бийца ца хаьа шуна цунна… Беш йолчу агIо хIоттийна керт херйелла а, тишйелла а йу вайн… ХIокху бIаьста цигахь, «сетка» тохий а, къало туойелаш. Куотам-бад дехьа-сехьа ца йолуш ца Iа, лулахошна новкъарло хилийта мегар дац. Кертана хIоттош долу богIий ара уоза а мегар дац. Шаьш ма-хиллара, нийса дуогIа»… Кхин а масане хуьлура уьш…

     Ка ма-йаьлла, иза волчу доьлхура тхо. Тхьоьца дийца а хуьлура Сайдулан дукха дийцарш. Амма, де дийне мел долу а, гIийло гора иза. Дуьйцург а дукха ца хуьлура цуьнан… Оха дуьйцучуьнга ладоьгIуш Iара. Иза гIайгIане хилар, цуо мел къайла кхехьча а, гуш хуьлура.

     Цкъа иштта тхо цхьана а долуш, Сайдул волчу Заламх а веара. Заламх а вацара кхин гена могуш, тIаккха а дIаса вахалора, эвлахь нислучу диканехь-вонехь а хуьлура. Заламх а вара тхан горах а, баккхийчарех верг а. Сайдуллел цхьа шо герггий бен жима а вацара иза. Иза чоьхьа а ваьлла, Салам а делла, могуш-паргIат хаьттина ваьлча, Сайдул вист хилира. Схьагарехь, Заламх гича дан лерина долучех тера дара Сайдулан и къамел.

     - Заламх, шуна ма-гарра, сан «гIуллакхаш» туолуш доьлхуш дац. Суна сайна дика хаьа сайгахь долу хьал… Кхин вай боху чIогIа къонах волуш ца хиллехь а, воккха ву боху цIе йара соьгахь… Вайн некъийн болчу нехан хьалхе а. Соьгахь цхьаьнгахь дацара иза… Шуьга а кхочура цунах дакъа. ХIунда аьлча, тIаьхьа тIебогIурш воккхачун гIортораш йолу дела. Гой хьуна, со дикане-воне ваха гIора долуш а вац… Цхьаъ тIе а Iоттаделла, дийца воьлча, сайн къамелах а вуху, виц а ло… Доцца аьлча, сол тIаьхьа богIучарах хьо ву вайн воккхах ларалуш. Со тахана ву а ца хаьа, кхана ву а ца хаьа… ХIокху чохь хIара вайн кегийчарах берш а бу ладугIуш… ХIинца воккхалла хьоьга кховдо ойла йу сан…

     - Сайдул, - дуьхьала вистхилира Заламх, - делахь, ма хIокху йукъанна ца оьшуш ду ахь дуьйцург. «Кховдо ойла йу сан» элира ахь. Дика ду ахь иза хIинцца тIедуьллуш доцуш. Ма лора тIехь хира дацара иза. Вайн хIоранна а Дала тоьхна хан йу. Кханенга вайх муьлха волу хууш АллахI бен вац. Хьо дийна мел ву, хьо ву тхан воккхаллехь верг. ГIора дацахь а, дош аларан говзалла иэшалахь а, меттахь велахь а, ах агIо сецна хилча а, керташкахь диканиг де, вуониг ма де ала, тIе а веана, дагавала воккханиг хилар Iаламат доккха беркат ду. Хьалха олуш ма-хиллара, воккханиг мел кIелвисина а, гIийла хилча а, цуо хьалла (сонехьа пIелг а хьажош) дIахIоттийна йолу Iаса а лору цуьнан метта.

     - Да-м иштта ду иза  (дош схьаийцира Сайдула). Вай дайша иштта схьа а деана, тахханалц. Мелла а хIума дуьйцур ду аш шуна… Шуна карла а долуьйтуш. Вайл хьалха хиллачу баккхийчара дуьйцура хиллачу дайх лаьцна дерг… «Жанхота шен дас дийцинчех хIоттийначу тептарна тIера»,-  олура цара. Иза генна лакхара схьадогIуш долу цхьана заманашкахь лелларш ду. Дера къонахий ма хилла оцу хенахь, сох тера а боцуш… Цхьана генарчу ширачу заманахь вайн Махка дукха мостагIийн эскарш чухьаьлхина хилла. Чингисханан зама хиллачух тера ду иза. Тахана цхьацца тайпанийн цIераш лелош болу нах шайн-шайн мехкаш а долуш, лаьмнашкахь баххаш а болуш, бехаш хилла цу хенахь. Иштта вайн геннара дай а хилла Тумсахь бехаш. Тумс бохург – Тумсойн Мохк бохург ду. Кхечеран санна, вайн а бу вешан лам. Цунах Тумсойн-лам олуш ду хIинца а. Вешан Мохк а хилла… Иштта, тIехIоьттина долу хьал а тида говзалла а, хьалхе лело доьналла а, хьекъал а долуш, дахаран ирра лерам а болуш, нах хилла уьш… Оцу наха само а йина, герз, гIирс, тIамна мел оьшург а гулдина, уггаре а майра, доьналле болу кегийра нах вовшах а тоьхна, царна, уггаре а кхетам-доьналла дерг, массара а лоруш, цIейаххана верг, баьчча ву аьлла, билгалла а вина, хIинца вай дехачу хийистан аренашка схьахьажийна цхьа тIеман гIера. ГIоьнна йукъ-йукъа кхин а тIебохкуьйтуш а хилла царна тIекхуьучарах къона тIемлой. Оцу хенахь хIокху аренашкахь баха дIа а тасабелла уьш. Атта ца тасабелла… Майраллица, доьналлица, тIемашца… Вайн ломахь, Тумсахь, оцу тIеман гIерах, лела-а-ш, «тIеман гар» - олуш, цIе йаккха йолийна. Изза доцу олуш кеп кхоллайелла тIаьхьо. ХIинца, тахана олуш ма-хиллара, «ТIем-Га» нисделла цунах. Кхин а тIаьхьа, тIеман баьчча волчу цхьана къонахчун кIантана, вайн геннара Да, «ТIемга» цIе а тиллина. «ТIемган» тIаьхьенах долчу вайн тумсойшна йуккъехь йоккхуш йолу «Темг-некъи» олу цIе «ТIеман-Га» (ТIеман-ГIера) бух тIера кхоллайелла йу. Иштта дуьйцура иза вайн дайша…

     Суна баккхийчара дуьйцуш хазарехь а, дагадарехь а, ца хедаш, дикачу нахах хоттайелла къанойн зIе схьайеана вайн. Жанхоталла а, Жамболталла а, лакхахь дерг дийца хуур дац суна. Царал тIаьхьа, Висангири, Коврнакъ, МуцIа, Дуда, хьалогарчуьна (суна тIе хьожуш,  тхан деда – Дахо вуьйцура) деда, тIаккха Элмарза, Дада, Бай-Iела, Жовбетаран Жабраил, ТIелхкан Абу-Бакр, Эскархан Жунид, Дахо Уматгирий… Ахьмадгирий, Жанар-Iалин Iела, Iаси НогIин Хьасалбек, Бахьлин Iаббаз, Эльмарзий Юсп, Бай-Iелин Мовлид, Гацин Ахьмад, Исмайлин Сулумбек, Билалин Сайпул… Тахана Вай ду боху цIе, хIара Заламх а цхьаьна… Кхин дехьа - Мочкъ Мовлиди Зимал, Халдан ВахIин… ТIаккха, шайн могIарехь, кегийронаш… Иштта схьайогIу и зIе, вайна дагадарехь. Хьалха мила волу, тIаьхьа мила вуьсу-м ца хаьа вайна…

     Дан иштта ду… Амма ладугIуш хила. Кхана сайгахь муьлха хьал хуьлу ца хаьа суна. Вовше кегийнаш бовзуьйтуш хила деза. Цхъана Делан къинхетамца, чучча, вовшашлахь захалонаш нисделла йуьхьIаьржа цах илла вай хIинццалц. Амма мила, хьенан ву довзуьйтуш шу ца хилахь, хIораммо шайн-шайн чохь мукъане а, хIуъа а нисдала тарлуш зама йу карахь йерг. Оцу вайн дайн лорах дIагIерта деза. Нахаца а, шайна йукъахь а нийса хила деза. Тахана цхьа аьттонаш бара аьлла, йа могушалла йара аьлла, харцо йийца мегар дац цхьанненга а. Дукха хеза вайна шайн дай хестош, дозаллаш деш, уьш элий барий, хьолан дай барий бохуш,  Iовдала хабарш дуьйцу. ЦIенначу буха тIера схьабогIуш болу нохчий, муьлххачу тайпанара уьш хилча а, цхьатерра хилла. Цхьа а лахара а ца хилла, лакхара а ца хилла. «Дай къонахий бара тхан» бохуш, ма-товв лелаш берш а бу. Дай вайн массеран а цхьаъ хилла. Цара оьздда шайн некъаш а лелийна, шайн дика цIе а йаккхийтина. Амма бисинарш а ма бу шайн-шайн йуьхь ларйан декхарийлахь.

     Сайдула ша дуьйцург сацийра. Iийна-а вистхилира: «Заламх, сайна дагадоггIург дийца-м гIирти со, кего-ош. Ма Iе тIаккха. Ка йаьлча дуьйла… Шу гуш а синтем хуьлу суна»…

     Сан дагалецамаш

     Сайдулан дийцаршка ладоьгIуш Iаш волуш, коьрте хьаьвдинчу ойланаша со ваьхьара 20 шо гергга зама хьалхалерачу хиламашка.

     Иштта иза нисдаларан бахьана Къаночо шен къамелехь «Жахотан тептарх» дерг дийцар а, тхан деда (Дахо) хьахор а дара. Цул совнаха, Заламхас шен вистхиларехь Къаночун Iасанах дош олуш далийна масал а.

     «Жахотан тептар»:
     Жанхот (Жахот) нахана вевзаш а, наха дика цIе йоккуш а стаг хилла. Цуьнан вахар хилла ХIХ бIешарахь. XIX-чу бIешерашкахь хиллачу Кавказан тIамехь дакъалацархо хилла иза. Шелара имам Шамалан наиб хилла волчу ТIелхагца гергарло а, доттагIалла а долуш хилла бохуш вуьйцура Жанхот. Цул сов, наиб даржехь хиллачу СоIдаллас чIогIа лоруш стаг а хилла иза. Жанхота шен куьйга, Iарбийн йозанца йаздина долу, шел хьалха хилла дай а, цхьацца хиламаш а бийцаре беш долу дийцарш тIехь долу кехаташ дара тхан доьзалшкахь дисина. Билггала аьлча, кехатех дисина дакъош- царах «Жахотан тептар» олуш дара тхан чохь а, цIийнах болчу баккхийчара а. Шира, таханлерчу кехатех тера доцуш, мелла а стомма, кIеда, бамба а тухуш дича санна, дара уьш… Шаьш шалха дохкуш ма-хиллара, деа декъе декъаделла дара (йеа кийсиге) царах хIора а. Мажделла, тишделла а долуш, йоза Iаьржа бос болчу шекъанца йаздина дара (наггахь йолу меттигаш цIен басахь а гора), дукхачу хьолехь къаьсташ а доцуш. «Тептар» хIоттийна терахь йуьхьанца лаьтташ дара, дикка тIехьаьжча гуш дара цхьа эзар бархI бIе кхузткъе ворхI шеран терахь (Iарбойн йозанан терахьашца). Цунна аьттуо а, аьрруо а агIонашкахь хьовзош йехкина кхин  билгалонаш а  йара. Йуьхьанца масех шира дийцар (тхан къаноша деш хиллачу хьесапехь).

     ТIаьххьарчу агIон тIехь лакхара охьа йогIуш йолу тхан Дайн цIераш. Гуьржехьа 17-чу бIешарахь тхох къаьстина дIадахана бохуш дуьйцу цхьа Га а дара цунна тIехь билгалдаьккхина. Наггахь йолчу меттигехь бен дацара йоза къаьсташ. Деригг а йоза даста а, дIадеша а леррина гIирс оьшура.

     Тхан дас дийцарехь, тIаьхьа оцу тептаран кириллица йозанца тIейаздинарг тхан дедас – Дахос йаздина хилла. Уьш иттех цIе йара (Жанхотана тIера хьала), Iарбойн йозанера кириллице йерзийна.

     Вайн къам цIера арадоккхуш тхан денанас (Кану), шега Дахос ларде аьлла ма-хиллара, шен йукъах а дихкина, кIелхьарадаьхна хилла дуккха а хьосташ а, тхан дедас шен куьйга йаздина кехаташ а (доьзалан архив). Царна йуккъехь хилла «Жахотан тептар» а. Делан гIоьнца, цIера арадохучу новкъахь а, Казахстанехь а тил ца луш, кIелхьара а девлла, царах дуккха а хьосташ йуха цIадирзина. Иза иштта дика нисдаларан уггар а доккха бахьана - уьш Iалашдина йолу тхан де-нана а йолуш.

     Нохчийчохь лаьттинчу тIемийн хьалхара дакъа дIадирзича (вайн ма-хаъара, машаре ши шо гергга зама йеара хIетахь), сан воккхах волу ваша – Ахьмад а (Дала цунна геч дойла, хIинца воцуш ву иза), цуьнца со а волавеллера нохчийн къоман истори а, паччахьакх хIоттайаларан некъаш а талла. Ахьмад ша кхиина ваьлла юрист а вара, Соьлжа-ГIалин Авторхановски (Ленински) кIоштан прокурор а вара.

     Оцу белхан кхо дакъа дуьззина кийча дара. Болх бан безаш кхин а ши дакъа дисинера. Амма 1999 шеран чаккхенгахь тIемаш йуха марсабевлира. 2001 шеран кхолламан баттахь (январехь) тхайн доьзалехь йисинчу архивера оьшур долу хьосташ а (цаьрца цхьаьна «Жахотан тептар» а долуш), талламан белхан кийча долу дакъош сайца схьа а эцна, кхидIа болу болх дозанал дехьаваьлла бан а лерина, со Нохчийчуьра аравелира. Дозанал дехьавала оьшуш болу кечам беш со цхьана йукъанна ГIалгIайн махкахь сецира. Амма со Россин Iедало лецира. Ростов-гIалахь суьдан кхел а йина, набахте чуьвоьллира. Со дIалоцуш соьгара дIадехира соьца хилла тептарш а, йазаман болх а. Мосуьйттуза уьш схьадоьхуш дехаран кехаташ йаздира ас Iедале.  Кхин уьш схьа ца луш, хилларг хIун ду ца хууш, дисира.

     Дай ларар – уьш хестор дац, ша йахь а йолуш, церан некъахь нисвалар ду:

     Иштта оцу дагалецамашкахь карлабелира кхин а хилам. Оццу тIеман заманера бара иза а. Вайн махкахь хиллачу тIеман хьалхара дакъа дIа а дирзина, 1997 шеран кхолламан беттан (январь) 27 дийнахь Нохчийн Республикин президент а хаьржина, цуьнан инаугураци хиллалц йолчу йукъана со цхьана ханна тIечIагIйинчу правительствон декъашхо вара, пачхьалкхан политикин а, хаамийн гIирсийн министран даржан декхарш кхочушдеш. А. Масхадовн инаугураци хуьлучу дийнахь, сайн лаамца, сайна тIедехкина хилла долу декхарш охьадехкира ас. Цул тIаьхьа президентан харжамийн штабан куьйгалло а. Масхадовн цIарах, суна тIе хабар а даийтинера правительстве балха аравалар дийца лаар хоуьйтуш. ХIетта министр экономики хIоттийна хилла волу Мохьмад Малаев а ваийтира оцу хьокъехь сан вешина а, суна а тIе. Амма вайн пачхьалкхехь хIоьттина хьал со реза волуш дацара. Iедалан низам а, политически хиламаш а чIогIа кегабелла бара. Халкъ масийтта декъе декъаделлера. Йаьлла цIе санна, нохчийн гIиллакхаш дуохош, цхьацца нахехула Iарбойн а, кхечеран а амалш, кхетамаш, бусалбачу динехь вайна хийра йолу идеологеш а йара чукхоьхьуш. Иштта иза хиларна, бехке гуш дерг, уггаре а хьалха, -   вайн пачхьалкхан а, къоман а зуламхой, цулла тIаьхьа догIучех - президент. ХIунда? Иза тIех дог-кIеда хиларна. Нагахь ша шеца Iедалехь болуш а, боцуш а гуондахьа болчу наха доггIуш долу конституционни низам дIахIотторна новкъарло йеш йелахь, ма-дарра и хьал массо а халкъе довзуьйтуш цахиларо.
 
     Мухха  делахь а, 1999 шеран гуьйранна (марсхьокху баттахь) йуха а вайн Махкахь тIом чубаран хьал хIоьттира. И хан тIекхачале а вайн дозан гуонаха дуккха а лазаме хиламаш нисбелира. Герз кхуьссуш а, нах дIалуьйцуш, бойъуш а, тIепаза бовш а, Россин беркеманаш ракеташ тухуш а. Амма уггаре доккха зулам дара Нохчийчуьра герз карахь долу гIеранаш Дагестан чу йахар. Иза боккха тешнабехк а бара, маггане а мегар доцуш, cан кхетамца, чIогIа зуламе хIума а дара. Россин, дерриг а дуьненна гергахь, вай бехке лара а, дийца а бух лору цуо.

     Буьйцучу муьрехь сайн накъосташца со цхьана йукъараллин-политически буоламан куьйгаллехь вара. Масхадов Асланца йолу йукъаметтиг чIогIа йоьхна а, хаьдда а йара тхан. «ДК Химиков» цIе йолчу коьчалехь массо а политически ницкъийн йукъара съезд гулйира официалан Iедалан лаамехула. Цига тхоьга а кхайкира. Амма тхо оцу гуламе ца дахара. ТIаккха а, гулам дIабирзинчул тIаьхьа, Алдан-эвларчу доккхачу маьждигехь цхьана ламазе а, кхеташоне а кхайкхинче дахара тхо. Кхеташонехь вистхилар сан накъосташа суна тIедиллинера. Ламаз динчул тIаьхьа кхеташонан болх болийра. Гуо бина охьахевшинера массо а: президент, вице-президент, правительствон декъашхой, парламентан декъашхой, иштта дIа кхин а. Президентаца а, Iедалца а тхан йоцу йукъаметтиг йевзаш вара хIокху кхеташонехь Масхадовн йуххехь Iаш хилла волу Элмарзин Юсуп. Иза тхан цIийнах болчу баккхийрачарах вара. Цуо Масхадов Аслане дIа а вирзина элира: «Хьал лаьтташ волу хьенех (сан цIе а йаьккхина) цавевзаш берш а хила тарло хIокху чохь. Иза вистхилийта веза вай. Йахь-кхетам болчарах а, оьздачу бух тIера а ву иза… Шен заманчохь цуьнан деда царски инарла вара (цуо вуьйцург тхан деда Дахо вара)»

     Аслана – «Иза-м кхечарна дIавийца а вевзаш ву. Дера мегар ду вистхила. Вовше дагадовла ма гулделла вай…» - элира.

     Ас доцца тхайн политически хьолах хетарг а, тхайн хьесапехь пачхьалкхан куьйгалло дан догIуш дерг а дийцира. ЧIагIдина билгалдаьккхинарг – президента Дагестане чубахнарш официалехь бехке бан безар, иза нохчийн пачхьалкхана дуьхьала деш зулам хилар дIакхайкхор. Кхин а...

     Хевшина Iаш болучарна тIехьа лаьттачех волчу цхьамма хаьттира соьга: «Керисташна дуьхьала бечу къийсамехь а, тIамехь а шайна вошалла-накъосталла доьхуш вайга кхайкхам ма бина цигарчу вайн динан вежарша! ТIаккха бакъо йуй вай IадIен?!» (Иза Iедалан йуккъерчех вацара, «ЖамаIат» бохучу тобанех вара).
Кхин а тIе ала дийзира сан: «Бакъо йуй, хоьттий ахь? Бакъо хиларал а совнаха, вайн декхар ду-кх хьалха хиллачу масалех ойла а йеш, нийса хьесап дар. Ушурмин заманера дуьйна схьа… Масалш кIезиг дац! Вайн ойла йан хиъчахьана… Вайга «ГIовтта деза вай!» - олий, кхайкхам беш, нохчий гIовттуш, хIаллакьхуьлуш. Ткъа вайга кхайкхамаш бинарш лерг таIIийна Iаш… Уьш дебар, кхуьур… Ткъа вай, даима санна, гIеллора. Вайн майданашкахь вовшех а бетталуш, вайн байракхаш а аййина, Дагестане баха гIуллакх дац цхьанненна а! Березоски санна болчеран ахчанах, нохчийн къоман букъа тIехьа кечйина йамартло йу Дагестанехь йерг! Вайн некъан, вайн маршонна!»…

     Кхеташо дIайирзича, Элмарзин Юсупе хаьттира ас: «Ванах… Сан деда вийца бина гулам ма бац хIара. Цуьнан а, кхечеран а цIераш хьалха а тоьттуш, суо цхьаъ ву моттийтина ма вац со цкъа а. Кхин а… иза «царски генерал» хилла ма элира ахь? Хилла а доцург!  Лаккхарчу Iедалехь шен заманахь белхашкахь-м хилла иза, царски армин эпсар а хилла… Амма «генерал» бохург хезна хIума дац, ахь иза ца аьллехь дика а дара…»

     - ДIавалахь! Сан дас а, кхечара а олуш дар-кх иза инарла хилла, полковник хилла… Хьан хIун телхина иза ас аларх? Дера элира цу чохь маьI-маьIIера ирахкхиссалучеран хIуьттаренна! - жоп делира Юсупа.

     Вела а велла аса:
     - Алаза велир-кх хьо иза… Цахилларг, йа билгалла цахуург, ду алар а ма дац лора тIехь… «Дай дика къонахий бара тхан, бохуш, ког а хIиттош, шен цIе йаккхийта гIерта хIара» цхьамма аларх ларвала веза ша кхетамчохь верг муьлхха а… Ахь суна бехк а ма-билла иштта аларна. Вай цхьаъ ду. Хьо воккха велахь а, ца Iевели со», - сан дуьхьала вистхилар.

     Къаночун Iасанах дийцар:

     Заламхас Сайдулин дийцинчу къамелехь Iаса хьахийча суна карладерира цхьа масал. 1972-чу шарахь хилла иза. Ведана кIоштара Хоттане олучу эвлара, элистанжхойх а волуш, цхьа жима стаг тIехьаьвзина хилла хIокху эвларчу Iамар-Iелин Гиланин йоIана. ЙоIана а мегга жимчу стага шега кховдийна некъ. ТIаккха, вайна йукъахь лелаш долчу гIиллакхца доьзна ма-хиллара, кIант волчу наха Гиланин тIе захало хьедан масех стаг ваийтина. Гиланис цаьрга ла доьгIна, амма захалонна реза ца хилла. ГIеххьачул вас а йолуш, и нах дIабахна. КIеззиг хан йаьлча йуха а баьхкина, Гилани волча изза некъ бахьаш… Йуха а Гиланис тIе ца дитина цара деънарг. Кегийчарна и захало мегаш а, дезаш а хилар бахьана долуш, Хоттанерчу наха хIокху тхан эвлахь стаг лехна, цуо бохург Гиланис дийр долуш. Мухха а, цаьрга вийцина Гиланин доттагI волу, хIокху эвларчу тумсойн тайпанах болучеран, доккхачу цхьана горах воккхалла а, хьалхе а йолуш хилла волу Iумаран Абу. Наха дика цIе йоккхуш, нахана оьшуш, беркате стаг хилла иза, наха шайна йукъахь цунах «Маж йолу Абу» олуш а хилла. Мухха а, Абу волче баьхкина и нах. Къано лазарца меттахь волу хан хилла иза. Салам-Маршалла, могуш-паргIат дийцинчул тIаьхьа, Абу вистхилла: «ХIинца шаьш беана некъ а буьцур-кх аш», - олуш.

     Хьешаша шаьш лелориг ма-дарра дийцина къаночуьнга. Абух дарба хиларе са а туьйсу шаьш бохург а цхьаьна. Дикка ла а доьгIна, Къаночо аьлла: «Дера дика некъ ма бу аш арабаьккхинарг. Суна хетарехь, шуьца гамо йолуш, йа шуна реза воцуш долчух тера дац шуна Гиланис жоп цадалар. Цхьа гергарло хIоьттина даьлча, дIалела везаш а, схьалела везаш а нисло… Генаро долу захало ду иза тIе цавоьрзуьйтург, суна схьагучу хьесапехь. Цунах шуна а хила ца йеза вас. ТIаккха а, рицкъанаш Делехь ду. ХIинца шуна ма-гарра, меттахь ву со, шуьца дIава гIора а дац…»

     Хьешашка вистхилар оццу дешнашца дерза а дина, шен хIусамнене схьакхайкхира Къаночо. Иза а йара йоккха, къена стаг. Схьа чоьхьа а йаьлла, хIусамнанас хаьттира: «Кхайкхирий ахь соьга, ва стаг?»

     Кхин цуьнга хIума ца олуш, Къаночо элира: «ХIинца аш хIун дан деза аьлча… - мелла а сецна, – йалол, зуда, хьаллара сан Iаса схьакховдайел (Iаса а эцна, хIусамнана Къаночунна йуххехьа хIоьттира). - Ахь хIун де аьлча (шен хIусам-нене), хIокху хьешашца Гилани волчу а гIой, хIара сан Iаса цуьнга дIа а лой, хIокху нехан гIуллакхе ладогIа ала…»

     Циггара уьш цхьаьна Гилани волчу кхочу. Гилани ламаз эцарна кечамбина воллуш хилла. Арахь баьхкина нах а тусабелла, тас-гIуммагI йуьстаха а теттина, хьешашна дуьхала а вахна, цуо уьш хIусаме чукхайкхина. Салам-Маршалла хаьттина даьлча, кхин къамел йукъа дале, Къаночун хIусамнана йист хилла: «КIант, тхо цхьаьна ду… Хьан доттагIчо хьоьга хIара Iаса дIа а лой, хIокху вайн хьешийн некъе ла а догIий, уьш дIабахийта бохура…» Шегахь йолу Iаса Гиланига дIайелира цуо. Гилани, Iаса шен кара а эцна, вистхилира: «Иштта элира боху ахь?... Вуоза лелайойла бохура а олуш, Iаса йухайерзайе … Хьешийн гIуллакх а дира ала…»

     Иштта, Къаночух беркат а долуш, Къаночун Iаса бахьана а хIуттуш, Гиланис жоп а делла, цунах дика захало хиллера. Церан кхо йоI а, кхо кIант а – доьзал а кхиъна.

     ТIаьххьара доIа

     Вайх муьлхха а некъахо ву…

     Селханлерчу дийнахь а, тахана сарралц а хIума йууш вацара Сайдул. Иза волчохь вовшех кхетта, цуьнан догъиэца гIерташ Iара тхо. Кхин хууш, дегIо сагатдеш хIумма а дацара цуьнан. Чуьрчу кегийчех верг вахийтинера оха больницера лоьраш болчу цуьнан хьал дийца. Дукха хан йацара ша Сайдул а оцу больницехь Iиллина. Лоьрашна, оха дийца ца дезаш, дика хаьара Къаночун цамгарх дерг. Больнице бахийтинарш йуха богIуш, цаьрца шен чохь оьшу гIирс а, молха-дарба долу тIоьрмиг а цхьаьна, лор а йеара. Лор, Къаночуьнга цхьацца хатта а хоьттуш, шен декхарш кхочуш дан йелира:
        - Маршалла хуьлийла хьуна, Ваша! Хьо хIума ца йуъуш а, сагатдеш а ву ма боху хIокхара? Мелла йиъна а, хIума йууш хила ма веза…
       - Делера маршалла хьуна а хуьлийла… ХIумма а йаа дог-м ца догIу сан…                Сано, цхьаъ дагайоуьйтий, наггахь дIайоьху. ДегIо и ойла йухатотту.  Йаа-м ца ло соьга, - гIийло вистхилира Сайдул.

     Тонометр а хIоттийна, пхенашкарчу цIийн таIаман гайтаме а хьаьжина, куьйган боккхучу пIелгана лаххахь синпхене шен пIелг биллина, иза беттабаларе ла а доьгIна, шеца схьадеъначу «журнала» тIехь, Къаночуьнга цхьацца хаттарш а деш, йаздан йуьйлира лор. Цул тIаьхьа, цхьана жимо хадийначу кехат тIехь лело деза дарба йаздира цуо. Йуха ша йаздинарг хозуьйтуш дIа а дешна, элира: «Ас хIинцца кеч а бина маха тухур бу цунна. Иэца йезачун цIераш, хIинцца дIайешна ма-хиллара, ас хIокху кехат тIехь дIайазйина, пхенашка тIадамашца дотта  дезаш долу молханаш ду уьш. Кхана дуьйна, цхьацца а хIоттош, пхеа дийнахь дарба леладе. Тхо а ладугIуш хир ду шуна, сихха оьшуш хилахь, схьахаийта».

     Лор, Сайдулин маха а тоьхна, йуха а хIума йууш хила везар тидаме а дина, тхан Iодика а йина, дIайахара.

     * * *

     Тхо вовшашка цхьацца дуьйцуш Iара. Шен цхьана куьйга лаьцначу  суьлхьанашкара цхьацца суьлхьан буьртиг дIа а карчош,  зикр деш Iуьллура Сайдул. Цуьнан аз хезаш дацахь а, цуо шен багахь дIа а, схьа а карчош болчу матто гойтура хIора а олуш долу «Ла илахIа иллАллахI». Цхьана йукъанна суьлхьанаш саца а дина, тхоьга ладогIа велира иза. Гуш дара, иза ладоьгIуш вацара тхоьга… Цхьана ойланийн йийсарехь вара. Цуо йен ойланаш иза ша бен кхетар воцуш ойланаш йара… Эххар а хаьттира цуо: «Массо а чоьтах воьхна со… Чилла дIайаьллий вайн? ХIара муьлха бутт бу, терахь муьлха ду?»

     Жоп луш со вистхилира: «Воккха Ваша, чилла чеккхйалаза йу вайн… февралан 2I де ду вайна тахана»…
     - Йуххе схьахилахь, дика ца хеза суна. ТIейогIуш йуй вайна арахь? – гIийлачу озаца хаьттира Къаночо.
     - КIеззиг лайн чимаш-м ду тIедогIуш.
     - ХIума дац… Йочана а Делан къинхетам бу. Делахь а, иштта цхьана хIуманна ойла йора ас… Стаг дIавуллуш догIа а, йочана а хилча, дIавуллучарна къинхьегам болу, шел а ло, дегаза а хуьлу…
     - Воккха Ваша, нах тезета а, кешнашка а шайн Делера мел-йал хиларе сатуьйсуш ма боьлху. Дика хьаха ду, Дала мукъ лахь, кхин вай Казахстанехь, Сибрехахь нах дIабихка ца дезаш. Цхьа ткъех шо хьалха хилларг а ма дац дукха генахь. Кхелхинарг кешнашка а ваьхьна дIаволла аьттуо боцуш ма хуьлура… Иштта долчух ойланаш ма йехьа.
     - Ас-м хьаха ца йо… Даго йо-кх… Вай цхьана ханна Дала рицкъ а делла, хIокху дуьненчу даьхкина хьеший ду. Массо а некъахой ду вай. Iожалла куога кIеллахь йу… Дала деллачунна кийча хила деза-кх…

     Цхьана ханна дIатийра Къано.

     * * *

     Хьехар

     Куьйга эшарехь йиш-маьIаш а йина, Сайдула тIекхайкхира шен йоьIан кIант Апти. Ша Iуьллучу меттара, пенах букъ дIа а тухуш, охьахаавойла лиънера цунна. Аптина гIоьнна сихха тIевеара Iимран а (Сайдулан жимах волу кIант. Воккхах волу кIант Хьамзат, цхьацца шен белхаш а беш, хIокху тIаьхьарчу иттех шарахь шен доьзалца Россин Красноярск цIе йолчу гIалахь Iаш-вехаш вара).

     Леррина куьг-белш а лоцуш, Сайдул дIатарвеш воллучу шина жимчу стагана накъосталлина, сайн хуьлучух Сайдул лазорах лар а веш, цуьнан ши ког цхьаьна схьа а лаьцна, дегI меттахула хьалатоттуш накъосталла дира ас а. Сайн дагахь: «Маржа-йаI, ма хийла некъаш дина ши ког бу-кх хIорш» олуш.

     Сайдул, суна дага мел догIу, йуург йааран тIехь йухаийзалуш, кIеззигчух а тоам болуш вара. ДегI а, совнаха дилхе а доцуш, оьзда дара цуьнан даима а. Амма хIинца, сан тидамо схьалацарехь, кхин а чIогIа гIийла дара цуьнан дегI. ХIокху цхьана-шина кIиран йуккъехь иэшавеллера, гIелвеллера.

     Букъа тIехьа а, коьртанга а гIайбеш а хIиттийна, дегIа тIе, когаш къайла а бохуш, шаршу а тесна, меттахь дIатарвира оха Къано.

     Меллаша, аьттуо буйна лаьцна долу суьлхьанаш хьийзо волавелира иза. Цуо шен дагахь «Ла илахIа иллАллахI» бохуш меттахъхьара цуьнан кIайчу можо сирлачу куьце йерзийна йолу чIениг.

     ХIокху буьйсанна Сайдул волчу чохь а, дехьара чохь а и ган а, цунна оьшург дан а даьхкина тхо дукха дара.

     Сайдулин шина куога тIе меллаша шен куьйгаш а хьоькхуш, цуьнан когашка хиина Iара Апти. «Валол, жимма неI дIахерйел, кIеззиг хIаваъ ца тоьу суна», - элира цуо Аптина хозуьйтуш. Вахана цхьамма неI мелла а дIахерйира. «Кхин а йоккхо йелла иза…» - гIийлачу озаца элира Сайдула.

     * * *

     Тхо Сайдул волчохь, ламазаш а дина, йуха а вовшехкхетта Iаш долуш, кхин Заламх а, ВахIид а, Гиланин воI Iусман а веара тIе. Оха вовше дуьйцург Къаночунна новкъарло хир йоцуш а, иза вистхилар тхайна дикка хезар долуш а дара. Цхьана йукъанна Сайдула, халла хезаш, элира: «ХIара цхьа куьг тхьуздоьлча санна хета суна… Ши ког а шелло сан, тIе йовхо хIума тасийша царна».

     Тхох цхьамма хаьттира:
     - Оха новкъарло –м ца йо хьуна? Мел  кхаьллина а, хIума а кхоллуш, са а доIуш, хьо цхьана йукъана витича хIу дара-техьа оха?
     - Йуург ма хьехайе… Логах чекхйер йац… Вай дика Iа… Шу гуш, аш дуьйцург а, шун аьзнаш а хезаш синтем хуьлу суна, – элира Сайдула. -Иштта вай цхьаьна а долуш, шуьга цхьа жимма хIума дийца а воллу со - долийра Къаночо къамел. - КIеззиг, сайн синкхетам боллучуьра, сайна хуучу кепара шуна хьехар дита лаьа суна.. Со Iилма долуш-м вац… ТIаккха а, Дала бусалбачу нахана диканиг де, вуониг ма де вовшашка дIаалар тIедиллина ду-кх …

     Тхо цунна гергахьо тIехилира. ХIинца цуо дуьйцург кхетташ хезара.

     - ХIара «Ла илахIа иллАллахI», бохург кхин доккха хила йиш йоцуш, доккха маьIан долуш ду. АллахI вай Дела ву. Иза цхьаъ ву… Цуо вай бусалбанаш долуш кхолларна Цунна хастам беш а ду вай… АлхьамдулиЛахI! Вайн Махкарчу а, хIокху эвлахь баьхна, Эхарте дIабирзинчу баккхийчу Iеламнаха вайга дийцина а, вайна лардан дитина дерг ду иза. Шуна дагавогIу хир ву Хасун Ахьмад… Цуо а билгал ма-дарра, вай олуш долу «Ла илахIа иллАллахI» цIеначу дог-ойланца долуш, нийсса дIаолуш хила деза, Хасун Ахьмада ма-аллара, «ДогIа схьадоккхур долуш». «Ла илахIа иллАллахI» бохург масех дош ду уьш… ХIун маьIна ду-техьа церан? Iеламчу наха ма-дарра дуьйцур дара цунах дерг. Вайна гуш дерг тIоьхлахь дерг бен дац… Вайн хIора де деа декъе декъало. Оцу муьлххачу а декъехь вай зикрехь олуш долу «Ла илахIа иллАллахI» АллахIана гергахь Цуо вайна гечдарехь, къинхетам барехь хIуттуш бахьана ду. Иштта, ойла йича, шо а ду деа декъе декъалуш – бIаьсте, аьхке, гуьйре, Iа… Изза маьIна нисло шеран хьокъехь долчун хьесап дича а. Цхьаболчу Iеламчу наха дийцарехь, стеган дог а ду деа декъах хуоттаделла. Оцу дагна дарбане дерг а «Ла илахIа иллАллахI» ду. Iеламнаха олуш хезна вайна, Маккара сийлахь йолу Къибла а йу йеа чIагIон тIехь лаьтташ… ХIара вайн дуьне а ду масийтта сахьт лела дакъош долуш. Цхьа а меттиг йац бусалбачу нехан ламаз ца хIуттуш. Массеран а ламазаш къилбехьа а дерзийна деш ду… Дийнахь а, буьйсанна а… Хедаш а доцуш! Кхин хIумма а дацахь а, оцу масаллех ган деза вайна доккха маьIна. Къинхетамечу АллахIа вайна Шен Элча а вина ваийтина волу Мухьаммад Пайхамар а (Делера Салам-Маршалла хуьлийла цунна) ваийтина диъ дозалла (Исламан дакъа) дахьаш – Фарз (вай иза кхочуш деш дацахь, вай довллане а кIелхьара девр доцург. Дала лардойла вай ишттачух); Важиб – вайн Дин лелорехь дика лерина, кхочуш дан тIедиллина дерг, Фарзний-Суннатний йуккъехь лаьттарг; Суннат – ШариIатан гергахь лелийча а, кхочуш дича а дика дерг. Царах цхьадерш Важиб дерг санна деза а долуш; Мустахьаб – вайна хьанал а дина магийна долучарех цхьа дакъа, АллахIан гергахь деза а долуш, Иза реза а волуш.

     АллахIа дерриге а кхоьллина долчух уггаре а диканиг – АДАМ… ХIора стаг, ша воккхахиларехь, деа декъехь веха – бералла, кхиазхо, гIеметтахIоттар, воккха хилар. Иштта деа хIуманах хоттавелла а ву иза… Уьш ду – Са, Дог, Кхетам (хьекъал), ДегI.
 
     «Ла илахIа иллАллахI» шен дага тIера муьлхха а шеко дIа а йоккхуш, цIенначу даггара, АллахIах тешаш а волуш, Цунна тIе ойла йахийтина а волуш, вай дуьненчу довлар а, вайн Рицкъанаш а, вай Эхарта дерзар а Цуьнан карахь дуйла хууш, вайн дика хин дерг а, вуон хин дерг а хууш верг Иза вуйла а хууш, дерриг а вайн Iамал-Iибадаташ Цунна хила дезийла а хууш, Иза воцург кхин вайн тIетевжийла, орцаха вала а воцийла а хууш, хила дезаш ду… Дала доссийначу КъурIанах тешаш а волуш, Къематан дийнах тешаш а волуш, Цуо вазвина, Шен Элча а вина, ваийтина волу Мухьаммад Пайхамар (Делера Салам-Маршалла хуьлийла цунна) бакъ а веш ала дезаш ду бусалбачу стага «Ла илахIа иллАллахI…
      
     Цул тIаьхьа кхин вист ца хуьлуш, хьаббина бIаьргаш а болуш, цхьана иттех минотехь Iийра Къано…  ГIеххьа холча а хIиттина, тхайн дагахь Делан цIераш а йохуш, Iара тхо.

     * * *

     - Апти, мичахь ву хьо?
     - Кхуза ву, Дада…
     - Схьавоьл, сан бIаьргаш тIе хIума хьакхал…
     - ХIун до ахь, Дада? БIаьргаша са-м ца гатдо хьан?
     - ТIада а йай, цхьа бехчалг хьакхахь бIаьрган негIарш тIоьхула… Хиш лаьтта царна чохь…
     - Лаза-м ца во хьо, Дада? (йай тIоьхула, цIеначу кисех схьайаьккхина бехчалг а хьокхуш)...
     - Йита… Тоьу…
     - ХIинца дика хетий, Дада?
     - (Жимма Iийна-а) Схьагуш хIума-м дац суна хIинца, бода боцург…

     * * *

     «Хьенех, хьенех…» - тхох шина-кхааннан цIе в йаьккхина, Къаночо хаьттира: «Кхуза чохь дуй шу?»

     Массеран а цIарах Заламх вистхилира:
     - Сайдул, хьуна йуххехь ду хьуна тхо. Ахь тхаьш арадаххалц, дIагIур долуш а дац хьуна.
     - Делахь ладогIал кхин а. ХIара бIаьрса дIадаьллачух тера ду, аьрру куьйгана а вац со реза, тхьуздоьлла лаьтташ хета суна хIара… ХIара мотт а кхин мел дIалуьйр бу Дела Ша воцург хууш вац… Хьовсал, варлаш, воккханиг – воккха волуш, жимчух, гIийлачух  къинхетам болуш, вовше тIекхочуш, гергарлонаш ца хедош, вовшашлахь а, нахаца а шайн куьйгаца, къамелаца, амалшца мерза, гIиллакхе, тешаме, комаьрша, йуха а… йуха а къинхетаме хилалаш. Хьенан мила ву хууш, вовшех кегийранаш бовзуьйтуш хилалаш. Махкана, вай дехачу вайн эвлана, вай Дай баьхначу, вай Дай дукха генарчу заманахь дуьйна кешнашкахь дIабихкинчу, вай Iеран-дахаран орам, бух ша хилла лаьтташ йолу…  ХIуъа тIедеъча а, йуьстаха ма латталаш! Хьалха а ма гIерта, тIехьа лаьттачийн тобонехь а ма сеца… Йуккъехь хилар гIолехь ду шуна!... Хьалха гIертачийн йукъахь – хьалхе йезарш а хуьлу шуна, тIехьа сецачийн йукъахь – шина даггахь ойланаш йолуш берш а хуьлу шуна.  Шайн дахар оьзда хилийта, иштта вайчарна дIа а хьеха… ЦIенна Делан дуьхьа динарг, цIеначу даггара серло йуьтуш, беркат хилла дуьсур ду шуна. Вуочу ойланца, шен бен гIуллакх ма хилахьара бохуш динарг – тIаьхье ирча йолуш, хьоькх а хилла дIадер ду шуна… Шаьш дуьненан мичча маьIIехь хиларх, муьлххачу а къаьмнашна йуккъехь, цара лелориг муьлхха а дин делахь а, шу  адамаллах ма довлалаш.

     ХIокху гуондахьа Iаш болчу лулахошца дика чекхдевли тхо… Цхьа а вуониг ца гина суна царах даьлла. Суна накъостий а хилла, гIиллакхе а хилла…
АллахI гуш волуш, массо бусалбачу стагана къинтIера ваьлла со, сайх йийлинчу ледарлонашна дохко а ваьлла… Шу суна а довла къинтIера, нахе а ала иштта.
Гуш дара, Сайдул ша деш долу къамел, шена боккха ницкъ а беш, деш хилар. Схьагарехь, ша дуьйцург тхуна ца хеза моьттуш, аз айддина дийца гIертара иза. Амма гIийла аз дара схьахезаш дерг, халлий бен къаста а ца луш.
Оццу дешнашца дIабирзира цуьнан хьехам… Дуьйцург а сецира… Кхин вистхилар доцуш, наб озийча санна, дIатийра тхан Къано. Оха дикка шен меттахь охьа а хилийна, гIовла нис а йина, паргIат садаIийта витира иза.

     ДоIа

     Iуьйра- ламаз а дина, кхин а цхьана сохьтанна агIорвала лерина воллуш со волуш, куоран тIегIа тIе йиллина Iуьллу телефон, цхьаммо соьга зIене кхойкхийла хоуьйтуш, йека йолайелира. Оццул Iуьйранна хIара схьайеттарг цхьаъ доцуш ма дац хьуна, аьлла хетта, дIакхевдина телефон схьа а эцна: «Со ладугIуш ву…Лаа йеттарий?» - хаьттира ас. Куьзганаш доцуш, телефонан бIаьштигехь (экран) дIахIоьттина йоза къаьсташ дацара суна.
     - Iуьйре дика йойла хьан. Со Iимран ву.
     - Далла везийла, Iимран. Лаа йеттарий ахь? Iуьйренга муха велира Воккха Ваша?
     - Сийсара шу дIадоьлхуш ма-хиллара, Iад Iуьллуш-м ву Дада. Наб йеш ву а ца хаьа…
     - Вист а хиллий иза?
     - Цхьа а дош-м ца аьлла. Шега вистхилча а, Iад Iуьллу-кх иза. Наб йеш санна, цIенна са а доьIуш.
     - Дика ду, со жимма тIаьхьо дIа дехьа вер ву. Са ма гатде. Телефон схьатухуш а хила.

     * * *

     Арахь гIийла тесерсаш догIа а, наггахь лайн чимаш а дара…
Вешин кIанте Сайдул волчу дIа а вигийтина, иза волчу чоьхьавелира со. Бухахь больницера схьайалийна лор а йара, иштта масех чуьрачарах стаг а вара.
Тхоьга хIумма а схьа ца олуш, лор арайели, цунна тIаьххье арайелира Сайдулан йоккхах йолу йоI Алпату а.

     Къаночунна йуххе охьа а хиина, цуо садеIаре кIеззиг ла а доьгIна, со хезийла хьожуш, цуьнан куьг а лоцуш, вистхилира со: «Воккха Ваша, со хезий хьуна?»
Ас дуьйцург хезаш долчех тера дацара цунна. Iад, тийна садоьIуш Iуьллура иза…
КIезиг хан йалале Алпату а чуйеара (Сайдулан йоккхах йолу йоI). Хьалла диван йолчу агIор цуьнга дIа а кхайкхина, «Лоьро хIун бохура?» - хаьттира ас.
     - Схьагарехь, церан а дан хIума долчух тера дац цунна (йелха а озош)…
     - Болх Делехь бу… Собар хила деза… Дикане сатуьйсур ду вай.

     * * *

     Иштта тхо ладоьгIуш а долуш, пхуьйра -ламазан хан а хилира. Ламазаш динчул тIаьхьа кхин а хан йелира. Къано, ша сийсара дуьйна ма-хиллара, Iуьллуш вара.

     Iимран ара а кхайкхина, цунна тIедиллира ас воккхах волчу Хьамзатига телефон тоха йезар а, ма-дарра цунна хьал хаийтар а. Гучу хьолехь Къано гена вер волчух тера дацара. Йасин деша дезаш хилахь а аьлла, цхьаъ со волчу куьзганаш схьадан вахийта везар дагадеана со воллучу хенахь, сан воккхах волчу вешин кIант схьакхечира. ХIинца куьзганаш ца оьшура. Вешин кIанта дагахь Iамийна доьшура Йасин. ХIинций-хIинций бохуш, ладоьгIуш, сийсара санна схьагулделира тхо. Кегийнаш уьйтIахь а, арахь а тезет хIотто йезаш нислахь а, кечам хилийта, оьшург деш бохкура. Сингаттаме йолчу тийналлехь чохь хевшина Iаш тхо а дара… Сийсара санна, Сайдулан куогашка хиина Iара Апти… Жима волуш дуьйна, шен ненада чIогIа везаш а, цуьнга дика хьожуш а вара иза.

     Иштта тхо Iаш долуш, Аптис, хьалагIоттий, Сайдулан корта болчухьа охьатаьIий, хотту: «Дада, хьо варий вист хилларг?..»

     Тхуна хезаш хIумма а дацара… Амма Апти тешна вара цуо цхьаъ бохучух. Со а тIевахара Къаночунна. ХIинца дикка хезаш, ша аьттуо агIор верзавай, йуьхь тхо долчу йирзина хир йолуш, дIанисве ша бохура цуо. Иза хезна, арахь болучарах масех стаг а чувеара, цецбевлла а, хазахетарна зударшка а белхар деара. Массо а хIуманна собаре волчу Заламхс чохь гIовгIанаш йалийтар дихкира. Ас, вахана, арара цIена хIаваъ чухьадийта, мелла а неI схьайиллира.
      
     * * *

     Сайдул вист хилахь а бохуш, цунна йуххехь лаьттара со.
     - ХIара муьлха хан йу? Бутт а, де а? –йуххехь волчунний бен хезар доцуш, хаьттира Сайдула.
     - Итт долуш буьйсе йу хIара. Тахана 22 февраль ду, – сан жоп.
     - Кхин цхьа а вуй кхузахь?
     - Вай ву бохург шаверг кхузахь ву-кх, Воккха Ваша.

     Мелла а вист ца хуьлуш а Iийна:
     - Арахь тIейогIий вайна?

     Наггахь догIан тIадам кхоссар бен тIейогIуш йацара арахь… Амма кхоьлина а, йочане хила сахьт доцуш а йара.

     - Арахь беттаса буьйсе йу, Воккха Ваша… Йекхна йолуш, мелла а тховса гIуоро сахьт а доцуш (оцу хенахь иштта доццушехь, йочанна цуьнга са ца гатдата).
     - ЭхI, ма-дика ду иза!...

     Сайдул кхин вист ца хуьлуш, итт-пхийтта минот хан йелира. Цуо цхьаъ бохучух тарделла, кхин а йуххе таьIина ладуьйгIира ас. Ша-шега луьйш санна, цхьаъ дуьйцура цуо.
     - Воккха Ваша, ахь тхоьга хIумма а бохий, чIогIо алахь?

     Иштта хаттар а дина, цунна йуххе лохачу гIанта тIе охьалахвелира со. ХIинца суна къаьсташ дара цуо дуьйцург. Цул тIаьхьа Къаночо олуш долу дош ас чIагIдой дIаолура, массарна а хазийта. Цуо доьшург доIа дара. Иштта чулацам бара оцу доIан:
     - Йа АллахI, мухIажарш а хилла, керистано Сибрех махка а, Казахстане а, йуккъерчу Азин кхечу мехкашка а нохчийн къам арадоккхуш, Хьайбахахь багийнарш, Ялхарахь, Аьккхахь, Зингалахь, ЧIебарлахь, Итум-Кхелахь, Зумсахь, хIокху вайн эвлахь, Маьлхистахь, Пешхахь, ГIалан-ЧIажахь, Хьалха-МартантIехь, ВалартIехь, лаьмнашкарчу, шайн Iийначу меттигашкара,  Нохчийнчоьнан эвланаш-йарташкара герз детташ а, ницкъ бина а байина тхан Дай-Наной, Йиша-Ваша… Декъалбиэ Ахь уьш, ГIазотан лаккхарчу дарже уьш нисбе Ахь…

     Вайн къам Махках доккхуш… шело, мацалла, цамгарш бахьана долуш, кхелхинарш… Iедало хIоттийна къиза Iазап ца ловш белларш а декъалбе Ахь, ГIазотан охIланаш бе Ахь царах… Церан декъахь нисбе Ахь сан Да, Нана, хеназа кхелхина сан пхи йиша…
Хийрачу мехкашкахь эзарнашкахь кхелхинарш, докъаза байнарш, мах база бисинарш, докъа- ламаз даза биснарш, кешнашка берзо аьттуо боцуш биснарш… Йа АллахI тхан Веза Дела, гечде Ахь царна, декъалбе Ахь уьш а, тхо а!.. Хьайн хаза а, сийлахь а йолчу Йалсамане чохь цхьаьна а гулде Ахь тхо…

     Йа АллахI, нохчийн къам Ийманехь а, Исламехь а, Хьо вовзарехь а, хьехорехь а, везарехь а садаккха Ахь…

     Дуьненахь а, Эхартахь а Хьайна йезначу, Айхьа декъалйен йолчу тобанах тхо нисдай, Хьайн сийлахь йолчу Йалсаманан ниIматашка тхо кхачаде Ахь, йа АллахI, тхан Дела!...

     Йа АллахI, тхан Дела, нохчийн къоман барт хилийта Ахь, дерриг а бусалбанех цхьа вежарий бе Ахь. Массо а вуочух Нохчийчоь ларйе Ахь, дерриг а Мухьаммад Уммат декъалде Ахь…

     Цул тIаьхьа цуьнан ДоIа сецира, меттахвийлар а цхьаьна…
Тхо массо а вовшашка хьаьвсира… Къано дIакхелхачу киртиге кхаьчначух тера хийтира тхуна.

     Воккхах волчу вешин кIанте суо волчча схьа а кхайкхина, Йасин деша доладайтира оха…

     АIузу биллахIи минашшайтIанир-ражийми.
     БисмиллахIир-рахьманир-рахьийми.
     Йасин.
     Вал КъурIанил хьакийми.
     Иннака ламинал мурсалийна.
     Iала сиратIим мустакъиймин.
     Танзийлал Iазийззир-рахьийми…
    (1. Йа син. 2. Ша хьикмате долчу КъурIанах дуй боу Аса. 3. Баккъалла а, хьо ма ву бахкийтинчарах. 4. Нийсачу новкъахь. 5. Ша веза – воккха а, къинхетаме а волчуьнгара охьадоьссина ду иза /КъурIан/…) (I)

     БIаьргаш чу хи а доьссина, со аравелира… Тап-аьлла тийна буьйса йара… Со хьалахьаьжча, гIеххьа цец а воккхуш, беттаса стигал гира суна, маьI-маьIIехь лепаш сирла седарчий а долуш. Уггаре а хьалха суна дагадеънарг – «АлхьамдулиЛлахI, доцург аьлла ца хилла-кха ас Къаночун хаттарна жоп луш!»
Иштта ойланашкахь со волуш, суна дагаоьхура Къаночо йийцина, геннара тахханалц зIе латтийначу тхан Дайн йуьхь-сибаташ, царах сайна дагадогIурш:
Жовбетаран Жабраил, ТIелхкан Абу-Бакр, Эскархан Жунид, Дахо Уматгири, сайн Да, Жанар-Iалин Iела, Iасин НогIин Хьасалбек, Бахьлин Iаббаз, Бай-Iелин Мовлид, Элмарзийн Юсуп, Гацин Ахьмад, Исмайлин Сулумбек, Билалин Сайпул… ХIинца церан могIаре дIавоьдуш волчу Сайдулан а…

     Со йуха чоьхьавелира. Йасин дешар чеккхдолуш дара:
     - … Иннама амрухIу иза арада шайан анйакъула лахIу кун файа куну. Фа субхьаналлези биййадихIи малакуту кулли шайин ва илайхIи туржаIуна.
АллахIу акбар. (… Цуьнан гIуллакх ду Шена цхьа хIума лиъча «Хила!» алар – иза хуьлу. Вонах цIена Ву и /Дела/, Шен куьйгахь массо а хIуманан паччахьалла долу, шу Шена тIе дIадерзор долу.) (2)

     Йасин чекхдаларцана, Сайдул дIакхелхира… Цхьа а хало йоцуш…
ЦIенкъахь, буха шалха диллина йургIа а тесна, бакъаха а верзийна, дегI  нисдеш охьавиллира оха Сайдул.
 
     - Йа АллахI, гечде ахь хIокху тхан бусалбачу вешина Сайдулна. Декъалве Ахь хIара, Эхартахь лаккхарчу даржехь а нисве Ахь хIара. ХIара воьрзун волу кхуьнан лахьта шорде Ахь, иза сирла а де Ахь кхуьнан. Хьайн сийлахьчу Йалсаманехь схьаделлийта Ахь кхуьнга шен бIаьргаш.
 
     Амин.

2019 шо.

Автор – Дахо Ахьмадгирин воI Iалви

- - - - - - - - - -  - - - - - - - -


I. Сийлахь долу КъурIан а, цуьнан айатийн гергара маьIна а нохчийн маттахь.  ХIоттийнарг – Магомедов Мухьаммад. Рецензенташ – Мачаев Самад.А., Гойбасханов Абдулхьелам.А.. Редактор – Магомедов Ахьмад. 445-446 агIонаш;
2. Изза… 452 агIо.


Рецензии