Тезет

          Мукъа к1иранде, 1уьйре…
          К1ант г1аьттина хир ву-вац ца хууш, да-с, иза бе а ваьккхина чохь 1аш волу  уьйт1ара ц1енош чу а ца воьдуш, раг1ун к1елара д1а телпо туха цуьнга:
          - Сам ваьлли хьо?
          - 1уьйре дика йойла хьан, Дада. Дукха хан ю со сам ваьлла-м. Чай молуш ву со.
          - Хьуна Хьенехера нус - жима зуда кхелхина тезет дуй хаарий, ваханий хьо цига?
          - Хаара, ца вахана со цига.
          - Делахь х1ета, шу нана а цхьана, цига дахана схьадог1а вай. Суна т1аьхьуо бен ца хиина и тезет даьллийла. Ахьа а ца эли. Иза-м д1адирзина боху, тахана доьалг1а де а ду. Делахь а, Хьенехана а, цуьнан х1усамнанна а гуча а девла х1ума до вай. Хьай чай а мале ара вала маса, тхо кийча ду хьуна.
          - Со ма вигахь, дада…
          - И бохург х1ун ду?
          - Ца лаьа суна цига ваг1а.
          - Уой! И х1ун къамел ду? Вай лулахочуьна ваша вац и Хьенех? Хьуна вевзаш вац иза а, цуьнан к1ант а? Къемат вай лулахо а, цуьнан ши к1ант цигахь ца хилча а… Со-м цаьрга а ца хилла х1инца а вист, сайна ца хиин дела. Уьш а хила там бу цигахь, т1аккха т1ера долу хьуна и декхар а. Ца хилахь, кхануо вист хир ву-кх цаьрга а. Лелий вала катоххий!
          - Д1аг1ойша шаьшшиъ…
          - Ва к1ант, со ма ца кхета ахь лелочух!
          - Дада, массо а неха тезеташка лелла вера вуй со?!
          -?!
          «И х1ун дара цуо аьлларг?!» - телпо д1а а яйина, цецвелира цкъа да. Т1аккха оьг1аз вахара, тера-мера а ца воьдуш. К1ант волчу кухни чу иккхира иза. К1ента ши к1ант (ворх1 шо, кхо шо кхаьчна) цхьадика кухничу сехьа валаза вара шаьш долчуьра.
          - И х1ун къамел ду ахь деш дерг?! «Массо а неха тезеташка лелла вера вуй со?!», тов! Хьуна эхь хета а хетий?! Хьо ларт1ехь а вуй?! – карзах ваьллера да.
          Вист ца хуьлуш к1еззиг 1ан а 1ийна, к1ант хьала тасавелира стоьла т1ера:
          - Хьажахь, дада, цхьана к1иранчохь хьан шиъ шича велча, хьуна дуьхьал веарий царех цхьа а? Ца хууш 1аш ма бацара уьш! Ас ала ма аьллера цаьрга! Цига тезеташка-м ма бахкийтахь… Хьо ц1а веъча, хьуна дуьхьал а ма ца баьхки уьш ур-аттала! Баьхкири?.. Ца баьхкира!..
          - Уой, масане хуьла… Я цамгарца болуш, я цхьанхьа д1асабевла, я кхин цхьа бахьана гучадаьлла бисина хилла хир бу-кх… Х1ун дийра ду царна? Мухха делахь а, хьо царех д1а ма тарлохь! Уьш хьоьца мел во белахь а, хьо цаьрца дика хилахь! Делера ял хир ю хьуна, цкъа делахь, неха баркалла а хир ду хьуна, шолг1а делахь! Хьуна мел ма бу тезета вахча! Уой, уьш хьан тезета баьхкича - воьдуш, ца баьхкича – ца воьдуш, хила дезаш ма дац иза! Хьо х1ун ю я?!- х1ора дашаца оьг1азло марса йуьйлара де.
          - Со г1ура вац-кх цига, дада! Д1айахахь и нах йоцу х1умнаш! - мохь а хьоькхуш, уьшарш ян волавелира к1ант.
          Шена и кеп х1оттийча, моха а йеана, к1антана ласто тамехь х1ума юй те аьлла д1асахьаьжначу дена, г1овг1анаш а хезна, схьалилхина схьадаьхкинчу к1ента берех б1аьрг кхийтира. Уьш цец а бевла, мохь хьоькхуш волу шай дега хьовсара цкъа, т1аккха, т1ера бос а бехьна, кхехкхаш лаьтташ волу шайн дендега хьовсара. Тийналла х1оьттира чохь цхьана маь11аргона.
          - Собар де ахь… Цхьа де дог1ур ду хьуна оцу лаьттачара хьоьгара ч1ир оьцуш, х1ара сурт цара хьуна х1оттош! Ас ца элира ма алалахь…
          Шен дагахь: «Деладахь, ма стаг яц хьо я-м!» - аьлла, шен кхачийначу собарна кхин т1е Делега собар а доьхуш, аравелира да. К1антана коча а вахана, шен к1ента шина к1ента шех безам байа ца лиира цунна.
          К1анта аз а айдеш шега вистхилар ч1ог1а новкъа деанера дена, амма барам а  боцуш цул ч1ог1а цунна хала хеттарг и тайпа масал к1анта шен берашна гайтар дара. Царна и х1ума гайтина ца хилийта, дикка шена зие хилла хуьлуьйтур долуш а вара да.
          Цунна хаара к1ант ша шена гур буг1уш вуйла. Цунна дага дог1ара ше нанас олуш хилла: «Без дачи ни бывайт…» Амма кхунна даг даийта а ца лаьара ше к1ента ши к1ант, тахана ше к1ант шена санна, шай дена дуьхьал вер ву аьлла цхьана хенахь. Ден дог къинхетаме дара…

            

 


Рецензии
Бекхам боцуш х1умма-ъ ца диса.

Гудаль Северянин   06.08.2023 13:11     Заявить о нарушении