21 - я папка
Дала 1алаш дойла шу!
Адамаш, хуьлий - те, адамалла йоцуш?
Нохчий а хуьлий - те, нохчалла йоцуш?
Бусулба хуьлий - те, къинхетам боцуш,
Йа Аллах1, иманехь нисдехьа тхан дегнаш!
Ма ч1ог1а доьлху дог шийлачу шен хьехахь,
Шовданаш 1енадеш г1елделлачу б1аьргех.
Лалур дуй - те, йуху а, къам дохкар стешхаша?
Дуьтуш ду хетарехь, ч1ир эеца стаг воцуш.
Бераш берийн амалех а даьхна,
Сингаттаме дуьтуш белхарш дан...
Дайн г1иллакхех, ненан маттах хьега,
Биснарш бицбан кхочур бац ницкъ сан...
Сан йиш - ваша деха хийрачу махкахь,
Комаьрша адамалла карийна...
Лела, синош дуьйлина шайн кийрахь,
Маьрша некъаш дезаш Даймахка...
Даймахкахь а ду адамаш маьрша,
Хилларш, лелларш д1а а теттина...
Бехкечарца - м, адам берта дахна,
Бехке боцурш битац - кх, бехказа...
Р.А.А.
Резванова Айза
Йог1ийла хьо маьрша,
Са сирла 1уьйре!
Б1аьрг хьоьстуш,
Дог делош,
Ирс доькъуш нуьре.
Синмарзо лаьттачу,
Кхача, луш г1ора,
Самукъне, беркате,
Хуьлда г1улч, х1ора!
***
Бераш берийн ойланех а даьхна,
Сингаттаме дуьтуш белхарш дан...
Дайн г1иллакхех, ненан маттах хьега,
Биснарш бицбан, кхочур бац ницкъ сан...
Сан йиш - ваша деха херачу махкахь,
Комаьрша адамалла карийна...
Лела, синош дуьйлина шайн кийрахь,
Маьрша некъаш дахка, Даймахка...
Даймахкахь а ду адамаш маьрша,
Хилларш, лелларш д1а а теттина...
Бехкечарца - м, адам берта дахна,
Бехке боцурш битац - кх, бехказа...
Р.А.А.
Г1аьтти малх 1уьйренца,
Шен декхарш кхочуш дан,
1алам а х1оьтти д1а,
Цу малхо бохург дан..
З1аьнарийн куьг хьокхуш,
Хьоьстуш и х1ора г1а.
Шен деган йовхо ло
Цо массо ц1илкъана…
Заманан ирс хили,
Тоьшалла цунна дан,
Сан к1еззиг кайели,
Цу суьртан т1алам бан.
Р.А.
Резванова Айза
Дахи вай
Ахь сайн некъаца лоьхучух кхийтара со...
Айса лоьхург иза дацахь а, хьоьца болчу лармана, хьан хеттаршна жоьпаш а луш, хьуна со бахьна долуш вас хиларна кхоьруш, хьоьга ладоьг1уш 1ийра со. Наггахь, хьуна ларамаза юьхь дуьхьал хьажар нисделча, велакъежар юккъешхула схьахьоьжура, мокхуочу басахь болу сингаттам. Суна ца ган тарлора и, сайна цуьнан амат девзина ца хиллехь.
Делахь а, бехк бацара хьан а...
Дуьненан г1иллакхаш лоьруш, дахарехь даккхий г1уллакхаш кхочуш деш, эхартан х1усам къаго а, г1ирс кечбеш лелачу, хьан, сирлачу дахарна т1ехула, 1аьржа т1ам баржош беана хала мур бара, хьан ойла кхуолийнарг. Ахь оццул шерашкахь безаман ц1арах йоьттина г1ала, х1ора дийнахь цхьацца т1улг бужуш, г1амарах аталуш, хьайн дагчу 1енаш гинера хьуна. Хьох дозалла деш, хьан дахаре ойла иръеш 1ийна, деган накъост, хьан дахарна мерза стом белла, хьоме са дара и 1ожалло къастийнарг хьох. Ахь цуьнан хам ца бина-м дацара иза, делан кхел ю-кх, адамаш зуьйш лелаш.
Вуоха ца вуьйхира хьо. Ахь иза а хьайн дагчу д1адиллира, х1инцалц лайначарна т1еххула т1е. Иза дахарехь уггар хала а лоруш. Иштта ду-кх дуьненан г1иллакхаш.
Г1орасиз хилар ца дезаш, юха а б1аьрг бетта а волвелира хьо, дуьнене. Амма, хьайна ирс лоьхуш вацара хьо х1инца. Хьуна хьайн ирс хьайн доьзалан б1аьргаш чохь гора. Уьш самукъне, боьлуш байча, велалуш, церан б1аьрг кхоьлича, дог доьлхуш.
Хьуна хьайнна бисананера и бала. Муьлххачу а херонгахула чекхбуьйлу мох санна, халонаш эшош, заманах чекхвийла 1еминчу хьуна хала дара къарвала таханенна а. Деган къайленаш ястар а дог1уш дацара хьан амалца. Амма жималло ша лелавора, воккхалла лелодезаш ду-кх.
Мел деза ду-кх, цхьанна текхо вокхалла. Цу т1е ма эга деригге шераш а. Д1аиханчу заманах йисинчу марзонийн а, т1едохучу шерашца дуозалуш долчу гергарлонийн а...
Наггахь жималлех а, къоналлех а дагавалар коьрте деъча, и мерза а, къаьхьа а дагалецамаш бекъа уллехь хьох кхеташ накъот хилча, юха йоьрзуш а ма хета и доьналлийн зама, цхьана м1аьргонна. Со-м кхета хьох. Суна-м сайх а къа хета, иштта ойла йича. Адам даха дезаш ма ду, дег1ачуьра са д1адаллалц. Делахь а, къаналлийн бахам бу-кх, д1аяханчу заманан уьйриг баста дагадеъча, уллехь тай уозош, дакъа лаца адам хилар... Бакъ дерг аьлча, со а кхоьру - кх, х1инца дахаран накъост лаца.
Со кхоьру, тохара жималло ницкъ луш, доьналлехь гайтиначу даго, юха дахарца марзонан уьйр лаьцна, къастаран зама еъча, кхолламца бакъонаш къийсса а х1оьттина, со юьхь 1аьржа х1отторна. Сан дог а ма ду, дахаро къизийна, зарзделла.
Т1аккха а, ойла йича, х1ун юьхь 1аьржо яра, иза? Дахаран чам тазбелча , иза къахьбала ца буьтуш, вовшен г1ортораш а хилла, дуьненачохь даьхна ши адам, хьалхий, т1аьхьий лаьттан кийра дижча?
Дахи вай, даллалц?!
Р.А.
Д1абалахьа т1ом, сингаттам, бала,
Д1абижахьа кхин ца г1атта цкъа а.
Д1ашарлохьа хилий 1аьржа латта,
Дитахьа тхан дегнаш б1аьсте хьаста.
Дитахьа тхан дегнаш б1аьсте хьаста,
Тхайн Даймахке мерза ойла йаста.
1уьйре, суьйре дай - наношца йаккха,
Кхуьур дар - кха, тхо дуьненах къаста.
Айза Резванова
Б1аьрса а кхоьлина,
Т1евеънарг ца вевзаш,
Хьекъалах иэсс тилла,,
Хиллачух ца кхеташ.
Мотт багахь тхьузбоьлла,
Дош ала ца керчаш.
Къинхетам белахь Ахь,
Йа Аллах1 - Дела!
Ойланаш гулъелла,
Даге барт шаьш хоьттуш.
Дог хеба кийрахь ша,
Дагаро ва морцуш.
Со Хьоьга кхойкхуш ю,
Са карзаха ва дуьйлуш,
Къинхетам белахь Ахь,
Йа Аллах1 - Дела!
Со орца лоьхуш ю,
Малхе дог ва дохуш,
Мерза са 1ехош ю,
Кхачанийн ц1е йохуш.
Дилхан дог хьоьсту ас,
1ожалла д1а чехош.
Къинхетам белахь Ахь,
Йа Аллах1 - Дела!
"Велларг бен вац олу,
Валарах ва ваьлла,,
Седарчийн лепар а,
Кхуоларшка ма даьлла.
Сан деган мерзаш шун,
1адика ва йойла.
Къинхетам белахь Ахь,
Йа Аллах1-Дела!
Р.А.А.
Лам лаьмнел лекха бен ца хуьлу,
Аьрзоно ца хоьцу шел лакха т1ам.
Адамалла ворх1 стилах чакхйолу,
Аллах1а бина вайх и къинхетам!
Алхьамдулиллах1!
Р.А.А.
Свидетельство о публикации №222031200539