20 - я папка

Кху хазачу 1аламах ирс оьцуш кхиъначу,
Адамийн х1унда ойланаш х1унда йац - те, сирла,
Доьналлехь лаьттачу Даймахкахь бехачу,
Божарийн х1унда йац - те, кийрахь стогалла.
Зударийн сий динчу, къуонахийн орамаш,
Хилла - те, лар йоцуш д1ахаьдда,
Стенна вай диси - те, дегнаш чу мох хьекха?

Азмана тайинарш

Дешар

Бераш,  бераш,  киншкаш  ешар,
Дахаран  цхьа  маь1на  ду.
Ткъа  дешарах  кхеташ  хилар,
Иза  коьрта  толам  бу.

1илма  довзар, 1алам  дезар,
Дахаре  хьан  безам  бу.
Барт, безам, ирс  ларда  оьшург,
1илман  корта - собар  ду.

Ийман, Ислам  довза  деза,
И лоруш  верг  сийлахь  ву.
Оьзда  г1иллакх, хаза  г1уллакх,
И  дешарца  дозуш  ду.

Еша, яздан  1амош  верг,
Вайн  дахарах  кхеташ  ву.
Ткъа  ца  доьшуш  лелаш  верг,
Шен  дахарах  леташ  ву.

2)
Ешаран мах…

Дуккха а зама ю, доккхачу ц1а чохь,
Зулайс кху кинишкашна дола до.
Жима а, йоккха а, цо сий деш, ларъеш,
Берашна масал шен леларца ло.

Дуьххьара веана тахана Сурхо,
Т1елаца, кинишкаш ешаран болх.
Цец ваьлла кинишкийн дуккхалех жимхо,
Б1аьрг бетташ ву ц1а чохь, кхин бахам ган.

Т1аккха шен нене цо, хаттар деш эли;
-Кинишкел сов бахам, мичахь бу кхин?
Йижа мотт, сискал, я, мала хи доцуш,
Х1унда  1а  кинишкийн ц1а лардеш и?

И х1унда йоьлху те, кинишка йоьшуш?
Я хьаьсти те цхьаммо, и-м йоьлуш ю…? 
Стенна йо церан чотт, хьанна уьш оьшу,
Яьхьчий а, царах дан, х1ун дезар ду?

-Кху бахамах кхета,  хьо жима хета,
Делахь а, жоп дала хьожур ю со:
Йист хилира Зулай, лууш к1ант кхета,
Лерина, ладоьг1уш, к1ант сецна ву.

-Ладог1а ахь соьга, ойла еш жимха…
Дахаран некъ къаго, оьшург ирс ду.
Кинишкаш ешарца хилахь хьо говза,
Даимна хьуна и нур къегар ду.

Дешил а, детил а, механа деза,
Хьекъалаш кху ц1а чу гулдина шайн.
Бехаш бу, д1абахна, дахараш хаьддарш,
Дуьненан, эхартан, декъала дай.
 
Амма уьш ца бахна, дуьне д1атесна,
Т1аьхьене х1орамма деш весет ду:
-«Кортош чохь синкхетам ца буьтуш бесса,
Хьекъалаш дерзолаш,  т1алам беш чу».

Зулай йистхилира, кхайкхам беш:
- Бераш!
И весет кхочуш дан, вайн декхар ду…
Хьажалаш, йозанан 1алашо йовза,
Кинишкаш  ешаран мах беза бу!!!

3)
Нохчичоь…

Суна деза сирла де, еза б1аьсте къона,
Лаьа хьаста зезагаш, барташ дохуш х1ора.
Деза лаьмнаш даймехка, юькъа хьаннаш сийна,
Деза мерза дахар хьо, ненан марзо ийна.

Суна еза буьйсанаш, бетта нур т1е 1енаш,
Кегий, даккхий седарчий, боданах чекх лепаш.
Еза сунна нохчийчоь, беза мотт сайн къоман,
Деза ирсе дахар хьо, ненан марзо ийна.

Суна деза адамаш, ойланашца сирла,
Деза шийла шовданаш, кийра 1абош мийла.
Еза сийна стигланаш, беса, сирла некъаш,
Деза ирсе дахар хьо ненан, марзо ийна.

Т1аьхьара  алар;

Къага ирсе нохчий чоь,
Кху дуьненан седа.
Декъал хила тхан марзо,
Нана, Даймохк, безам.

Бераллийн г1ан…

Сан бералла самаели,
Д1о хи йисте хьаьжча.
Дог кийрара ловза дели,
Луьйчуш бераш дайча.

Малх баьржина бац цу стиглахь,
Хоз чу и гулбелла.
Марта – хи чохь,  бераш юккъехь,
Суна со таръелла.

Д1о лоха берд, тхан бераллехь,
Лекхчу ломах бустуш.
Тхан бералла коьрте йохуш,
Хилла цо тхо хьоьстуш.

Т1улгаш 1оьхку,  кегий даккхий,
Сан бераллехь санна.
Со самукъне идош лелла,
Бераллийн г1ан дайна.

***
Дашо месаш озийна,
Малх ас сама баьккхина.
Цундела ду тахана,
Дуьне сирла къегина.

5)
Палла аьлла и…

Цкъа со хьаьжча беша яьлла,
Зезагашлахь парг1ат баьлла.
Ховха зезаг хаьржина,
Полла 1ара д1атаь1на.

Со меллаша куьг кховдийна,
Йоьлчи даккха зезаг сийна.
Полла хьала айбелла,
Хьаьжи соьга, эсала.

Басар, подар шена хьаькхна,
Цу зезагийн беснех ийна.
«Палл-ла», - аьлла и баха,
Зезагашлахь хелхар дан.

Ткъа со лаьтта цец - акъ яьлла,
Зезагаш а девлли серла.
Полла хьийзаш самукне,
Со а ели, хелхаре.

Малх а бели тхоьца ловза,
Шакарш лекха дели хьоза.
Бераш хьоьжу гулделла,
Самукъне тхан хелхаршка.

6)
Мархийн ч1ара

Цкъа со стигла хьоьжуш 1ара,
Суна гора мархийн ч1ара.
Ша т1е кхоччушехь цо малх,
«Хьапп», - аьлла д1а кxaьлли ах...
      
Т1аккха къеги стиглахь ч1ара,
Боттуш, багош  малхо кийра.
«К1арс»,- аьлла, и кагбели,
Ткъа малх юха денбели.

7)
Сама довла зезагаш ….

Маьлхан з1аьнарш яьржина,
Серла даьлла де.
Бераш ловза даьхкина,
Маьлхан майдане.

Кечде 1алам басаршца,
Можа, сийна, к1ай.
Олхазарша  шакаршца,
Д1ах1оттийна той.

Лекха лаьмнаш хестадеш
Уьду шовданаш.
Вайн Даймехкан сий айдеш,
Лоькху эшараш.

Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду,  самукъне.

Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.

8)
Баиева Сацита

Со кхолламо йигарх гена,
Геналлехь мел яларх хан.
Сан дог-ойла шуьца еха,
Сийлахь Даймохк, Макаж лам.

Со ду нохчийн мехкан зезаг,
Деган йовхо, нохчийн къам.
Орам, ч1аг1о, сан дозалла,
Сийлахь Даймохк, Макаж лам.

9)
Малх бу боьлуш
 
Б1аьсте еъна,1алам ден деш,
Шен зезагийн совг1ат даржош.
Зевне эшарш, лоькхуш уьдуш, 
Жовх1арш санна хиш ду къегаш.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш серла буьйлуш.
Бошмаш ю дато заз хоьцуш,
Хьозарчий ду шакарш лоькхуш.

Вовшен куьйгаш, лаца бераш,
Машаре самукъне хоз беш.
Бертахь дахар, вайна марздеш,
Малх бу вайга з1аьнарш кхийдош.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймохк бу денна хазлуш,
Ирсе некъаш ду схьадоьлуш.

Бераш, бераш, тоха т1араш,
Гойтуш шайн самукъне хелхарш. 
Шун синкъерам, ловзар, делар,
Ду даймехкан ирсе хилар.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймехкан байракх лепаш,
Бутт, седий самукъне къега.

10)
Йинчу денца….

Б1аьсте  еъча дуьне серла долий,
Зезагашца 1алам делало.
Хьо схьагича сан са маьрша долий,
Ойланаш самукъне екхало.

Х1ора де а, ас сайн ирсе лору,
Массо де а хьоьца декъал го.
Ткъа тахана, сан ирсан де, гора!
Йинчу денца ас хьо декъал йо.

Малхо хьоьстуш, серла яла б1аьсте,
Дуьне,1алам, хаздеш дахар хьан.
Безамах ца къаьсташ яха ирсе,
Хьо сан деган зезаг, Нана сан!

11)
Ас нанина….

Ас нанина зезаг дели,
Хаза зезаг хаьржина.
Цо барт боккхуш соьга эли,
-Хьо ду зезаг сан хаза.

Ас нанина эшар лекхи,
Хаза дешнаш хаьржина.
Цо баркалла сунна эли,
Барт а боккхуш, лерина.

Со нанина ела къежи,
Седа санна къегина.
Цо со хьостуш, мара къевли,
Марзо луш сан дахарна.

12)
Схьагулло…

Схьагулло  х1ай  кегий  бераш,
Зевне  аьзнаш  декадеш.
Лоькхур  ю  вай  нохчийн  эшарш,
Вайн  даймехкан  сий  айдеш.

Схьагулло  х1ай  кегий  бераш,
Б1аьргаш  суйнех  къегадеш.
Гойтур  ду  вай  нохчийн  хелхарш,
Нанойн  дегнаш  деладеш.

Схьагулло  х1ай  кегий  бераш,
Оьздачу дайн  лерам  беш.
Вовшен  деза,  ирсах  теша,
Вай  1аморна  хастам  беш.

Схьагулло  х1ай  кегий  бераш,
Ирсе  некъ  аш  лаца  схьа.
Кхане  еъча  диц  ма  лолаш,
Т1аьхьенга и кховдо  д1а.

13)
Со малх г1оттуш…

Со малх г1оттуш г1аьттина,
Г1уллакхаш дан х1оьттина,
Ж1ала бай т1е даьккхина,
Мимша кхарста лаьллина.

Пису бун чу доьллина,
Бедаш яжа лаьхкина.
Котам а шен к1орнешца,
Хи т1ехь ловза яьккхина.

-Баба, ас хьо тахана,
Г1уллакхех мукъа яьккхина!

Баба г1ертарх лаца схьа,
Мимша уьду генна д1а,
Ж1ала лета дарделла,
Шен х1усаман хьешана.

Бедаш йохку г1адъяхна
З1ийдиг юууш кертара,
Орца доьху котама,
Хино к1орнеш идадеш.

Баба уьду ца ларош,
Дерзо дисна г1уллакхаш.

14)
Писуй, к1езий

Мяу-в, мяу-в, сан са хьийза,
Арахь ж1аьлийн к1еза ц1ийза.
Суна лиъча шеца ловза,
Иза девне долий хьевза.

Мяу-в, мяу-в, дац и реза,
Со дитта т1е дала деза.
Со лаккхара хьоьжуш  чу,
К1еза гонах уьдуш ду.

Мяу-в, мяу-в, со ду говза,
Суна ж1алийн амал евза.
Ас сайн маттахь мяу-в бохуш,
К1еза ч1ог1а карзаха доху.

Вац кхин цхьа а, цуьнца ловза,
Тхоша х1инца вовшен девза.
Уьдуш, бохуш, - мяу-в, г1ав,
Тхойшинна д1адолу дов.
 

15)
Дашо  месаш

Вижа  жима  Сурхо  д1а,
1аьржа  баьргаш  къовла  т1е.
1уьйре  еъча  борг1ало,
Кхойкхуш  сама  воккхур  ву.

Малх  г1аттале  г1отту  и,
Кхайкхадо  цо  сирла  де.
Нагахь  даг1ахь  йочане,
Аз  хуьйцу  цо  шен  зевне.

Массо  х1уман  хаам  бо,
Дашо  месаш, йолчу  цо.
Хьаша  вог1уш  и  хир  ю,
Кхаьънаш  дог1уш  йоьрзий  чу.

Шен  х1усам  а  ца  йицйо,
Котамашна  дола  до.
Ву  и  кертахь  дика  1у,
Цунах  теша  мегар  ду.

16)
Керла шо…

1а ду шийла, аренаш к1айъелла,
Адамаш ду,  к1айн полларчех,
Ойланаш айелла.
Базалг лаьтта,  нускалах кечъелла,
Керла шо ду, массо коре
Шех хаамаш бетташ.

Чиркхаш сега, кху дуьненан стиглахь,
Бетта нур т1е 1ена лаьтта,
Лайн седарчий къега.
Г1ура - дада, веъна к1айчу говрахь,
К1айчу говрах совг1ат хилла,
Берийн делар къекъа.

Буьйса сирла, дийшина дац б1аьргаш,
Жима-воккха, сакъералуш,
Д1ах1оттийна ловзар.
Кхаьънаш дохуш, уьду сахьтан цхьамза,
Беркате хьо хуьлда хьаша,
Кху дуьненан лаьттахь.

Марша да хьо керла шо!
Кху дуьненан хьаша.
Ду хьо деза совг1ат тхан,
Ду, сан ирсан дакъа.

17
Жимниг

Б1аьстенан юьххьехь котамо даьхна к1орнеш, кхиина дог1ура.
Царах цхьа наьнан - к1орне,  кест - кеста н1аьнах кхайкха х1уттура, керт боьххье а йолий,-  «1уь1 -1уууьй1, 1уь1 -1уууьй1», - бохуш, мохь беттара цо. Т1аккха ша шех йоккхаеш, ши т1ам тухура, ша лаьттачохь, хилла яьллачу котаман борг1ало санна. 1уьйранна д1ах1оьттина н1аьна - к1орне,  делкъенга яьллера кхайкха 1емаш.  Еъъана,  делкъа  хан кхайкхо схьа х1оьттира,  котаман Борг1ал.
Цо н1аьнан – к1орнега а хьаьжна, хаьттира:
-Хьо х1ун деш ю, кху керт боьххьехь?
-Со, со кхойкхуш ю-кх,- жоп делира, н1аьнан-к1орнено.
-Кхойкхуш юуу…. ? Ткъа муьлха хан ю ахь кхайкхош  ерг ? - Хаьттира Борг1ало.
-Со, со,- аьлла, жоп дала ца хууш йисира н1аьнан к1орне.
Цу балхах кхеттачу Борг1ало,  хаьттира:
-Хьан ц1е х1ун ю?
- Сунна-м ца хаа, - жоп делира н1анан – к1орнено:
- Цхьаммо ц1е ца йоккху хьан.
-Ца хаа. Суна-м ца хезна, - элира н1аьнан к1орнено.
-Х1ета делахь, хьох таханадуьйна Жимниг эр ду-кх вай. Реза юй хьо?
- Жимни-иг, - олуш, Борг1але д1а хьаьжира, наьнан-к1орне.
-Х1аъ…. Жимниг…- элира, Борг1ало.
- Реза ю, - аьлла, жоп делира н1аьнан – к1орнено.
-Жимниг, т1аккха, цкъа а  хенаш кхайкхиний ахь ?
- Тахана 1уьйранна д1а х1оьттина, делкъа хан хиллац кхайкхина,- жоп делира,  Жимнига.
-Ха-ха-ха. Цундела ю-кх, йиш  хаьлла.
Цхьаммо а ца хьехна хьуна,  муха, я, маца кхайкха еза.
-Ца хьехна, - олуш, корта ластийра, Жимнига.
-И х1ун ду, ца хьехна бохург?  Хьо санна хьекъал долуш ерг, хьеха а хьоьхуш, сихха новкъа яьккхича, дика накъост мА хуьлу уллехь.
Тахана дуьйна ас хьоьхур ду хьуна. Ткъа ахь,  дика ла а дуг1уш схьалаца деза хьехнарг.  Барт хиллий вайшинна?
-Хилла. Со реза ю, - аьлла, т1емаш а тоьхна самукъа даьлла кхоссаелира, Жимниг. 
Юха а шен маттахь - «1уь1-1уь1»,- аьлла, кхайкхира.
Борг1ал елаелира, цу к1орнийн леларах сакъераделла:
-Ха-ха-ха. Ткъа х1инца,  ас делкъа хан кхайкхор ю. Ахь тидам беш, ла дог1а. Мегар дуй? -  элира, Борг1ало.
- Дика ду,- аьлла, лерина тидам беш, ладог1а х1оьттира Жимниг, шеен хьехархочух йоккхаеш.
Борг1ал  кхоссаелла, керт т1е хьала а яьлла, кертана боьг1начу хьокха боьххьехь, - «ах1а – ах1а», - аьлла,  шен аз а тодина, корта хьала а берзийна, зевнечу озаца, кхайкхира.
- 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1ууьй1,- бохуш, юкъ-кара са а до1уш, кхузза кхайкхира иза.
Жимниг цуьнан зевнечу озах цец яьлла, цуьнга хьоьжуш, корта а айбина лаьттара.

Т1аккха Борг1ал шен т1емаш  тоьхна,  дега а дина, цул т1аьхьа керт боьхьера чу кхоссаелла лаьтта йоьссира.
Цул т1аьхьа хаьттира н1анан к1орнега:
- Т1аккха, Жимниг,  реза юй хьо вайн балхана?
Жимниг кхоссаелира, т1емаш а тухуш:
- Реза ю.  Дешар х1инца д1адоло лууш ю со.
- Вайшимма дешар д1адолор ду, т1аккха. Хьалха ас хьуна хьоьхур ю хенаш. Денний, буьйсанний юккъехь моссаза я муьлхачу хенахь кхайкха еза дуьйцуш. Т1аккха хьаша вог1уш, кхаъ кхайкхо хьоьхур ду.
Наьнан-к1орни лерина ладоьг1уш лаьтташ яра.
Борг1ало элира:
-Х1инца, ахь ла дог1ал  соьга, дикка.
Денний, буьйсанний юккъехь уьссаза кхайкха еза.
Уггара хьалха,  таханалера  де - буьйса чекх а даьлла, кхане йолалуш шозза кхойкху, буьйсанна шийтта сахьт даьлча.
Шолг1а, 1уьйкъанна кхо сахьт даьлча.
Кхозлг1а, 1уьйранна ялх сахьат  даьлча .
Доьазлаг1а , де делкъенга доьдуш, исс сахьт даьлча.
Пхоьазлаг1а,  делкъе кхайкхайо, шийтта сахьт даьлча.
Ялхазлаг1а, делкъал  т1аьхье кхайкхайо, кхо сахьат даьлча.
Ворх1алг1а, суьйранна ялх сахьат даьлча кхойкху. Барх1азлаг1а, исс сахьат даьлча, адам чу дирзиначул т1аьхьа. 
Уьссалг1а,  буьйса юккъе яг1ар кхайкхадо, шийтта сахьт даьлчи.  Юха а шозза кхойкхуш, кхане йолайо. Хенаш кхайкхош корта хьала берзо беза, х1инцца делкъе кхайкхош ас санна.

Х1инца хьаша вог1уш  кхаъ кхайкхорах дерг дуьйцур ду ас хьуна. Хьаша варах хаам беш, керт боьххье яла ца оьшу. Цунах дерг х1усама чу а йоьрзий кхойкхуш хьо хилча, х1усаман да а, нана а кхета. Цул совнаха,  дика борг1ал ехачу  кертахь, кхечу керташкара борг1ал кхойкхур яц. Кхин борг1ал хьо ехачу кертахь кхайкхар, цо хьан кертахь дола дар ду. Кхин борг1ал хьайн кертарчу котамашна дола дан а,  керта хьийза а йита ца еза. Ша ехачу кертана а, шеен к1арийна а дола деш хила еза дика борг1ал. Иштта ца хилча, кхечу керташкара борг1ал ян а,  йог1ий,  кертахь олалла дан а х1уттий, тухий к1ара д1а йоккху борг1алера. Т1аккха, «шеен к1арина а, котамашна а дола деш йоцчу борг1алах кхин бала пайда бац, яйчу тасар бен»,- олий, х1усаман дас сиха яйчу тосу. Иштта бу вайн кхоллам а, дахар а. Реза юй хьо, цу балхана.
- Со реза ю, вайн кхолламна а, кертана дола дан а, хенаш кхайкхо а, хьешах кхаьънаш даха а, нагахь сох к1илло н1аьна хилахь, со яйчу тасийта а, реза ю, - аьлла, жоп делира, Жимнига.   
Борг1алан сакъераделлера цунах.
Цо т1аккха элира:
- Жимниг, Жимниг! Жима – Йоккханиг!!!

18)
1аьнан 1уьйре

Дашо  з1аьнарш  лай  т1е  1енош,
Малхо  шен  кеп  х1иттайо.
Шан  куьзганах  тулг1еш  къегош,
Хиш  карзахе  ловзуш  го.

Дато  мархех  к1ажарш  юцуш,
Ц1аста  санна  ц1ийелла.
1аламе  шен  къайле  юьйцуш,
1аьнан  1уьйре  хазъелла.

Баххьаш  т1ехь  лайн  к1ужалш  хьийзош,
Ламанаш  го  самукъне.
Генаш  ийзош,  г1уора  ц1ийзош,
Хьаннаш  хьоьжу  цу  суьрте.

Сан  Даймохк!  Хьох  хьоьгуш  г1ийла,
Ас  геналлехь  яьккхи  хан.
Сатийсина-м  ахь  а  хилла.
Совг1ат   дели,  1уьйре  хьайн.

19)
1а ду шийла…

1а ду шийла, аренаш к1айъелла,
Адамаш ду к1айн полларчех,
Ойланаш айелла.
Базалг лаьтта нускалах кечъелла,
Керла шо ду, массо коре
Шех хаамаш бетташ.

Чиркхаш сега, кху дуьненан стиглахь,
Бетта нур т1е 1ена лаьтта,
Лайн седарчий къега.
Г1ура-дада, веъна к1айчу говрахь,
К1айчу говрах совг1ат хилла,
Берийн делар къекъа.

Буьйса сирла, дийшина дац б1аьргаш,
Жима-воккха, сакъералуш,
Д1ах1оттийна ловзар.
Кхаьънаш дохуш, уьду сахьтан цхьамза,
Беркате хьо хуьлда хьаша,
Кху дуьненан лаьттахь.

Т1аьхьара алар:
Марша да хьо, Керла шо,
Кху дуьненан хьаша.
Ду хьо деза совг1ат тхан,
Ду cан ирсан дакъа.

20)
Цец  даьлла  пису
1аьнан  к1ур  хьийза  беш,
К1айн  ло  ду  дуьллуш.
Бераш  ду  даккхийдеш,
Самукъне  уьдуш.
Пису  ду  цец  даьлла,
Корехул  хьоьжуш.
Тарделла  полларчех,
Цунна  лайн  чимаш.
«Кегий  уьш  делахь а,
Ду  уьш  сов  шорта.
Царам  со  дуур  ду,
Доллушехь  уьйт1а.
Цхьаннах  а  цакхоьруш,
Сел  майра  долу.
Ж1ала  а  лечкъина,
Шен  бунчохь 1уьллу».
Бохуш,- йо  ойланаш,
Писуно  жима.
Б1аьстенан   юккъерчу,
Баттахь  и  дина.
Писуна  гина  дац,
1аьнан  к1айн  туьйра.
Цундела  цец  даьлла.
И  кхераделла.

21)
Керла  шо

Рог1е  деъна  шийла 1а,
Хиш  д1алоьцуш  бина  ша.
Мохо боху, «Сихха же,
Кечло хьаша эца т1е».

Лайн  куз  тесна  арахь  д1а,
Хьаша  веъна  кхечи  схьа.
К1айн  к1урз  буьллуш  корашка,
Хуьтту  хьаша  массо  ган.

Кхаьънаш  дохуш  вовшашка,
Дуьхьал  уьду  бераша.
Лайн  куз  сиха  къарз  бина,
Мара  хьерчаш  хьешана.

Марша  да  хьо  керла  шо!
Хьо  ду  деза  хьаша  тхан.
Оха  хьуна  кечдина,
Совг1аташ  ду  эшаран.

23)
 Х1етал – метал
Жима а воккха а шена т1ехь
Хохку,  к1айн говр.
(ло)

24)
Лайн чимаш

Лайн чимаш хьошалг1а диссина тховса,
Д1аихна шераш т1е шо дуьллуш хьовса.
Ткъа бераш  гулделла, керла шо довза,
Ловзарш а кечдина, говзалла къовса.

Ц1еххьана къегина, седарчех ийна,
Дато нур стиглара 1енаш а дайна.
Самукъне аз дели, ткъесс тоьхча санна:
- Керла шо, керла шо, седарчех ийна.

Лайн йо1 а ялаеш и Г1ура –дада,
Кхечира берашна совг1аташ декъа.
Бераш ду самукъне, ловзаршка девлла,
Базалган б1аьргаш а дехира серла.

Керла шо, керла шо, дог1ийла марша!-
Мохь бетташ бераш ду, сакъераделла.
Беркате ирсе ахь дойла тхан дахар,
Вовшашца барт болуш, ийманехь даха.
25)               
Сахьтан цхьамза    

Хьалха  баларх  къуьйсуш  уьду,
Сахьтан  цхьамза  заманца.
Зама  гена  яьлла  йоьду,
Меллаша  шен  боларца.

Цхьамза  уьдуш  де  д1адели,
Кхечи  1аьржа  буьйса  т1е.
Замано  болар  ца  хуьйцуш,
Кхана  деа  сирла  де.

Эх1-х1ар  а,  г1елбелла  кхоччуш,
Цхьамза  сеци  гойтуш  шийтта.
Замано  к1айн  духар  духуш,
1аламан  а  хийци  сурт а.

26
Шу мА хьежа сан куьйгашка,
Я беснешка юьзинчу.
Даккхий йоьхьаш ду сан кийрахь,
Кегий йоьхьаш хьерчош чу.

27
Минкаил

Со-м мацвелла ,
Чуьйраш къекъаш.
Гучу яла,
Церг яц туьгуш.

К1арс - к1ирс, бохуш ю цхьа цуьрг,
Ахьа г1ерташ аьчка 1айг.
Нана, лохьа  худар кад,
Лаац каг ян, жима церг.

28
Сурхона

Сом хьан доьхьа велало,
Лууш хьо самукъне ган.

Ахь со хьостий 1ехавой,
Туьллу суна йовлакх хьайн.

Нана, йовлакх хьоьгахь тов,
Лаац лело хьоьца дов.

Тиллахь суна дадин куй,
Хаийтахь со къонах вуй.

29
Сингаттаман цамгар

Цомгаш хилла воьжна паччахь,
Ца г1атталуш меттара.
Везарш, вевзарш гонах бевлла,
Хиллачух ца кхетара.

Де д1адолуш, буьйса хорцуш,
Цамгар ели баттенга.
Лоьраш, дарбанчаш, молланаш,
Толлуш цамгар лерина.

Амма паччахь г1атта ца луш,
Корта пене берзийна.
Цхьа дош ала мотт ца керчаш,
1уьллу б1аьргаш къевлина.

Генара а, уллера а,
Т1е х1уьттура хьолан дай.
Кхин д1адийца лазар доцуш,
1уьллу паччахь «ъах1» деш дай.

Цхьана юьртахь, ши бутт хьалха.
Ша т1ех волуш берашна,
Цу паччахьо кховдийнера,
К1еззига  х1онц томана.

Паччахьера шена кхаьчнарг,
Совг1ат деза лерина.
Цу берех цхьа жимчу к1анта,
Лардинера  безамна.

Т1аккха ловзуш бераш юккъехь,
Цунна лерах кхеттера.
Паччахь воьжна дарба доцуш,
Ца евзачу цамгарца.

Са гатделла хьевзина к1ант,
Г1аш вахна д1а кхечира.
Паччахь вехачу цу кет1ахь,
И ладоьг1уш сецира.

Цу бахамах тамаш ца беш,
Ойла еш ша хьаьжна д1а.
Меллаша цо улле таь1на,
Хешка паччахь хаьттира.

И т1е хьаьжна жима хетта,
Саха дала буьйлира.
К1анта корта ластош церан,
Сом а, схьа ца ийцира.

Т1аккха хехочо цец ваьлла,
К1анте оьшург хаьттира.
К1анта дагахь дерг шен аьлча,
И ца вешаш хьаьжира.

-Д1а вала к1ант, д1а г1о,- олуш,
Хехо вела къежира:
- Б1аьрг схьа баьллал могуш воцу,
Хьо ганне гур вац, цунна.

К1ант д1а - м тешна ца вахара,
И г1айг1ане вуьйжира.
Т1аккха денна кет1е ларъеш,
Схьах1итта а вуьйлира.

Эх1-х1ар а, цкъа, цхьаъ чу воьдуш,
Кхечо юха хаьттира.
Хьена хьо, мичхьара, х1унда,
Лаьтта кхузахь х1оьттина?

Х1унда хьийза хьо кху кет1а,
Хьо х1ун оьшуш веана?
Сингаттамна б1аьргаш эгаш,
Х1ун бала хьоь боьссина?

К1анта цунна жоп делира:
-Лула юьртахо ву ша.
Ша жимха ву, цо лерина,
И ган лууш веана.

Т1аккха хьодалча хьажийра,
Паччахье и хабар дан.
Схьа ца хьожуш волчу цунна,
К1антах дериг дийца д1а.

Цу берах сакъераделла,
Корта сехьа берзийна.
Уьш цец бохуш, бакъо елла,
Чу цо иза вийхира.

К1ант не1арах чоьхьа вели,
Г1ийла хьожуш паччахье.
Киснара куьг хьала доккхуш,
Совг1ат к1анта кховдади.

Цу жимачу беро дина,
Совг1ат доккха хетарна.
Вела къежна, вистхилира,
Цу к1антана томана.

Т1аккха к1анта самукъдаьлла,
Эли цуьнга:
- Г1аттахьа,
Тхан ловзарш а севцца лаьтта,
Тхо сагатдеш ду хьуна.

Шен визире, цу паччахьо,
Т1е кхайкхина элира:
- Воккха хьаша ву т1е веънарг,
Х1оттае стол лерина.

К1анта цуьнга т1аккха эли:
- Цхьа цуьриг а кхоллур дац.
Ахь ца кхоллуш делахь ялта,
Цуьнан чам а хетар бац.

Цу берана там бан лууш,
Паччахь хьала айвелла,
Стоьла йисте г1ента хууш,
Массо вара кхаъ хилла.

К1анта цуьнга д1а а хьожуш,
Цуьнан буйна 1айг бели.
Бисмалла а олуш т1аккха,
Юург йолор т1е дилли.

Самукъдаьлла паччахь хии,
Цу берана там берг дан.
Цо схьаэцна ялта долий
1овша, молуш чорпа т1е.

Цу г1аттарах кхин ца вужуш,
Т1аккха эли  паччахьа:
- Хезаш берийн г1овг1а йоцург,
Цамгар ю, сингаттаман.

30
Еха ма яхарг….

Бабас, бераш а гулдой белхи бо, хасстоьмаш а, стоьмаш а, чу берзо.
Бераш  тасалой болх беш хуьлу. Царех цхьаъ, дика д1анисвелла, дитта д1ахадийна йисинчу юьхк т1ехь, хиина 1аш хуьлу. Д1ахьаьжначу бабас, иза шена гича олу:

Баба:
- Ва к1ант, хьо г1улкхана т1ег1уртуш ма вац? Хьо х1ун деш 1аш ву цигахь, Дика д1а нисвелла охьахиина?  Х1умма  лозуш, са гатдеш - м вац хьо?- хотту бабас:

Т1аккха к1еззига вела а къежаш, к1анта жоп ло:
Беслан:
- Эх1 - х1ай, Баба, х1умма  лозуш - м вацара со, тахана ч1ог1а некъ ца нисбелла - кха сан.

Баба:
- Дийцал, х1ун хилла хьуна? Х1ун ду хьан юххьа даьлларг? Куьйгаш цахь дисна хьан, я болх д1абахана хьо т1аьхьа ца кхуьуш?

Беслан:
-Кхин х1ума - м  ца хиллера суна, тахана схьавог1уш некъаца дуьхьал  вайн лулара Табарик кхеттера суна. Цундела некъ ца нисбелла - кх сан.

Баба:
-Ткъа х1ун ду хьуна хилларг,  х1ун юххьа даьлла хьан, и бахьана долуш?

Стигал ирх а вирзина, 1ачу Беслана, олу;      

Беслан:
- Болх бан масть яц - кх сан.

Баба:
-Ткъа  Табарк мисканна х1ун бехк бу, хьан болх бан маска ца хилча?

Беслан:
-Иза дуьхьал кхаьтча некъ ца нисло олу, массара а. Суна тахана новкъа воллушехь иза кхийтира дуьхьал. Цундела ву - кх со болх бан карх ца долуш.

Баба:
- Иза - м хьаха яц, цхьанна а х1уманна бехке. Наха а ахь санна къамел до-кха. Бисмалла а аьлла,  болх Далла т1е а биллина, шайн г1уллакх ца деш, шайт1а  ги а хаадой, куьйгашца иза охьа цадожийта д1а а лоций, шу дуьйлало, т1аккха бехке Табарик миска йо. Хабар а ца дуьйцуш хьала  г1атта. Х1окху дохкучу берех эхь ца хета хьуна, хьох кхарна а масалл  гойтуш хила везаш ву,-олу бабас:

Иштта к1ант яхье ваккха г1ертарх,  кхин г1уллакх ца хуьлуш, суьйре т1ейог1у. Буьйса д1аяьлча, йоккхастаг а, бераш а дисина г1уллакх кхочуш дан д1ах1уьтту. Сихха делкъа хан хуьлу.  Бериш а х1ума яа, бабин жимачу стоьла йисте гулло. Беслан, балхат1ера схьа цаволуш воллу. Бабас олу:

Баба:
- К1ант хьо тахана мА т1е т1аь1на цу балхана? Схьавола, оха мерзаниг д1а а йиина вуьсур ву хьо.

Беслан, шен куьйгаш а дилина, стоьла йисте охьахуу. Т1аккха, г1арг1улийн г1овг1а хезий, стигала хьала хьожу.
Цец  волий,  цо стигал п1елг хьажош, олу:

Беслан:
- Хьажахьа, Баба, селхана  со хиина 1ачу хенахь, и г1арг1улеш иштта, малх бузехьа д1айоьлхуш яра. Тахана юхайог1уш  ю-кх уьш. И х1ун ду теша?

Елалуш  баба хьаьжт1е куьг а дуьллий, стигал хьала йоьрзу,т1аккха олу:
Баба:
- Селхана, и еха ма яхарг, Табарк дуьхьал кхетта хир ю-кх царна а, некъ юххьа баьлла,  юха йирзина хир ю-кх, уьш а. 

Бераш дуьйлуш суьйренга доьлху.            

Резванова Айза

31
Болх бича луш ду ахча?

Моллин не1 туху, жимчу зудчо:
- Мила ву? Схьа чу вола, милла велахь а,-олу моллас, ша 1ачура метах а ца волуш. Не1 йоьллий, чу йоху жима зуда.
-Де дика дойла хьан,- олу цо:
-Далла езийла. Схьадийцал, х1ун бахьана долуш еана хьо? Х1ун оьшура хьуна? – Хотту моллас:
-Со, сайна аьттонна жайна даккхийта еанера,-олу зудчо:
-Жайна доккхуш дац, яздеш ду. Охьахаа, д1о г1анта т1е. Цхьа бахьана лелор ду вай,-олу моллас.
Зуда охьахуу, дехьа лаьттачу г1анта т1е.
Т1аккха д1а кхевдий шена хьалхарчу стоьла т1ехь 1оьхкуш долу, т1ехь 1аьрбойн йоза  яздина долу кехаташ схьа а оьций, царна т1е  хьожу молла. Шена оьшуш долу кехат схьа а оьций, хотту, зудчуьнга.
-Ц1ераш яхал хьайн а, хьайн ненан а?-олу моллас:
-Сан ц1е Малика ю, сан ненан ц1е Малкан ю,-олу зудчо:
-Дика хир ду,-олуш ручка схьа а оьций, ша схьа эецначу кехатана т1е 1аьрбойн йоза яздо моллас. Цул т1аьхьа зудчуьнга д1ало и кехат.
Т1аккха олу:
-Х1ара даима шен дег1аца лелийча аьтто хуьлу, ахчанах а ца хеда.
-Дела реза хуьлда хьуна,- олий, жайна схьа а оьций, моллина ша дала лерина ахча, цуьнан стоьла т1е охьа а дуьллий, ара йолий, ц1а йоьду зуда.
Шен жайна буйна а лаьцна, йоккхаерца лелаш йолчу ненан буйнарчу кехатах б1аьрг кхета, чохь ловзуш лелачу, пхи шо долчу к1ентан. Цо шеен нене хотту:
- Нана, иза х1ун кехат ду хьоьгахь дерг?
Нанас жоп ло:
- Жайна ду-кх, моллига ас даккхийтина.
- Цунах х1ун до? – Юха а хотту к1анта:
- Х1ара жайна шеца лелош волчунна, дуккха а ахча дог1у кисана.
Шен нанас бохучуьнан дикка ойла а йой к1анта, нанас и жайна охьа дуьллу меттиг  ларйой, схьаоьций и жайна, шен кисана дуьллу.
Т1аккха ша шега воккхаверца олу, шен кисана т1е куьг а тухуш:
-Х1инца суна кисана, дуккха а ахча дог1ур ду-кх.
Иштта, цу жимчу к1анта и жайна кисанахь лелош масех де долу. Амма,  цхьанхьара а т1е дог1уш ахча  ца хаало. Цхьана суьйранна балхара чу веанчу шен дега хотту к1анта:
- Дада, хьуна балха т1ехь ахча схьа деллий?
- Ца делла. Сайна схьа ма делланехь хьуна ахча лур ду ас, - олу дас. Т1аккха ойла а йой, да дехьачу ваьлча, шегара жайна ден кисана дуьллу  к1анта, мелла а сиха дена ахча даийта.
Цул т1аьхьа цхьа-ши де долу. Амма дас ахча хьаг1а цадо.
Юха а хотту дега, к1анта:
- Дада хьуна кера ахча деъний х1инца а?
- Ца деана, сайна кера деъча, ас хьуна лур ду мА аьлла. Со цунна виц ма цавелла,-олу дас:
Цул т1аьхьа, цхьа – ши де даьлча, к1ентан ден ваша вог1у, шен ваша волчу. К1ант водий мара эеккха. Денвашас олу к1анте:
- Эе-ей, мел воккха хилла Ваши к1ант. Валол, куршки чохь мала хи дал, Вашина.
К1анта мала хи ло, ден вешина, стоьла йисте схьа а узий, г1ант а х1оттадо:
- Ваши охьхаа, г1анта т1е, - олуш.
Цу г1анта т1е охьа а хоий, шен вешийца кхача а боий, цхьана – шина сахьтехь кхаьрца марзо оьцуш а 1ай, д1аваха хьалаг1отту хьошалг1а веанарг. Гонаха хьаьвза к1ант. Т1аккха девешига, хотту:
- Д1аваха воллу хьо, Ваши?
-Дика 1ий со. Х1инца д1авоьду со, - олу денвашас:
Схьайохьий, цуьнан мачаш хьалха х1иттайо, г1иллакхе волий жимачу к1анта.
Цунах сакъералой, кисанара схьадоккхий, к1антана ахча ло денвашас:
- Х1оккхулл  болх бича, хьуна ахча дог1у, - олий, коьрта т1е куьг а хьокху.
Т1аккха юха воьрзий, шен вешига олу:
- Болх а бина, дика ахча деана суна кера. Хьуна оьший?
К1ентан дас, забаре а доккхуш, олу, жимачу к1антана томана:
- Дала беркат дойла хьуна цунах. Болх бича бен луш  дац ахча. Ас х1окхо санна болх ма ца бина.
Шен дас бохучуьнан  дика ойла а йой, воддий воьдий, шен ден киснара жайна схьа а дохьий, нене д1акховдадо  к1анта.
Т1аккха олу:
- Х1а, Нана, х1ара жайна хьайна деллачу моллига д1аала, жайна кисанахь лелийча  хуьлуш дац ахча. Ахча болх бича луш ду.
Цо дуьйцучух кхаьтта волу да а, деваша а г1аддвоьдий  велало, схьадоккхий цу шимма а кхин т1е ахча ло к1антана. Т1аккха олу девашас:
- Э - х1ей,  Дала дог дика де хьан дела1,  хьан коьрто оццул дика болх барна, хьуна-м дуккха а дог1ура и ахча,-  болхуш, воьлуш, д1а вахара и.

Резванова Айза

Х1ун дича хуьлуш ду ахча?

Моллин не1 туху жимчу зудчо:
- Мила ву, схьа чу вола, милла велахь а,-олу моллас, ша 1ачигара метах а ца волуш.
Чоьхьа йолу жима зуда.
- Х1ун бахьана долуш еана хьо? Х1ун оьшура хьуна?-хотту моллас:
-Со, аьттонна жайна даккхийта еана.
-Жайна доккхуш дац, яздеш ду. Охьахаа, д1о г1анта т1е. Цхьа бахьана лелор ду вай,-олу моллас.
Зуда охьахуу, дехьа лаьттачу г1анта т1е.
Т1аккха д1а кхевдий шена хьалхарчу стоьла т1ехь 1оьхкуш долу, т1ехь 1аьрбийн йоза  яздина долу кехаташ схьа а оьций, уьш кегадой, шена оьшуш долу кехат схьа а оьций, олу, зудчуьнга.
-Ц1ераш яхал хьайн а, хьайн ненан а.
-Сан ц1е Малика ю, сан ненан ц1е Малкан ю,-жоп ло зудчо:
-Дика хир ду,-олуш ручка схьа а оьций, ша схьа эецначу кехатана т1е 1аьрбийн йоза яздо моллас. Цул т1аьхьа зудчуьнга д1ало и кехат.
-Х1ара даима шен дег1аца лелийча аьтто хуьлу, ахчанах а ца хеда,-олуш:
Зудчо жайна схьа а оьций, моллина ша дала лерина ахча цуьнан стол т1е охьа а дуьллий, олу:
-Дела реза хуьлда хьуна,-  т1аккха, ара йолий, ц1а йоьду.
Шена аьттонна аьлла ша даккхийтина жайна буйна а лаьцна, йоккхаерца лелаш йолчу ненан буйнарчу кехатах б1аьрг кхета, чохь ловзуш лелаш волчу, пхи шо долчу к1ентан.
Цо хотту:
- Нана, иза х1ун кехат ду хьоьгахь дерг?
Нанас жоп ло:
- Жайна ду-кх, моллига ас даккхийтина.
- Цунах х1ун до? – Юха а хотту к1анта:
- Х1ара жайна шеца лелош волчунна т1е, дуккха а ахча дог1у.
Шен нанас бохучуьнан дикка ойла а йой к1анта, нанас и жайна охьа дуьллу меттиг  ларйой, схьаоьций и жайна, шен кисана дуьллу.
Т1аккха ша шега воккхаверца олу, шен кисана т1е куьг а тухуш:
-Х1инца суна дуккха а ахча хир ду-кх.
Иштта, цу жимчу к1анта и жайна кисанахь лелош масех де долу. Амма, цхьанхьара а т1е дог1уш ахча  ца хаало.Т1аккха цец а волий ша шега къамел до к1анта:
-Ва-х1ай, х1ара х1ун ду даъ. Нанас х1ара жайна шеца лелийча дуккха а ахча дог1у мА бохура, суна т1е дог1уш ахча а мА дац. К1ант цец ваьлла лелаш,
К1ентан да чу вог1у. Т1аккха,дега хотту хотту к1анта:
- Дада, хьуна балха т1ехь ахча схьа деллий?
- Ца делла. Сайна схьа ма делланехь хьуна ахча лур ду ас, - олу дас. Т1аккха ойла а йой, да дехьа ваьлча, шегара жайна ден кисана дуьллу  к1анта, мелла а сиха, дена ахча даийта. Т1аккха цо шена а лур ду бохург дагахь.
Цул т1аьхьа цхьа-ши де долу. Амма дас ахча хьаг1а цадо.
Т1аккха а, цец волий, дега хотту к1анта:
- Дада хьуна кера ахча деъний, х1инца а?
- Ца деана, сайна кера деъча, ас хьуна лур ду мА аьлла. Со цунна виц ма цавелла.
К1антана жайна кисанахь доллушехь, ахча кера ца дог1уш д1аоьху хан тамашийна хета. Иштта ойлане ваьлла к1ант а лелаш, к1ентан ден ваша вог1у, шен ваша волчу. К1ант водий мара эеккха.
Денвашас олу:
- Эе-ей, мел воккха хилла и. Ваши бож. Валол, куршки чохь мала хи дал, Вашина.
К1анта мала хи а ло, цул т1аьхьа девешина, стоьла йисте схьа а узий, г1ант а х1оттадой олу:
- Ваши охьхаа, г1анта т1е.
Цу г1анта т1е охьа а хоий, шен вешийца кхача а бууш, цхьана – шина сахьтехь кхаьрца марзо оьцуш а 1ай, д1аваха хьалаг1отту хьошалг1а веанарг. Гонаха хьаьвза к1ант. Т1аккха хотту:
- Д1аваха воллу хьо, Ваши?
-Дика 1ий со. Х1инца д1авоьду со, - олу денвашас:
Схьайохьий, цуьнан мачаш хьалха х1иттайо, г1иллакхе волий жимачу к1анта.
Цунах сакъералой, кисанара схьадоккхий, к1антана ахча ло денвашас:
- Х1оккхулл  болх бича, хьуна ахча дог1у, - олий, коьрта т1е куьг а хьокху.
Т1аккха юха воьрзий, шен вешига олу:
- Болх а бина, дика ахча деана суна кера. Хьуна оьший?
К1ентан дас, забаре вела а къежаш, олу, жимачу к1антана томана:
- Дала беркат дойла хьуна цунах. Болх бича бен луш  мА дац ахча. Ас х1окхо санна болх мА ца бина.
Шен дас а, девашас а бохучуьнан  дика ойла йой, д1ахьоду к1ант, шен ден кисна ша диллина  жайна схьа а дохьий, нене дакховдадо  цо.
Т1аккха олу:
- Х1а, Нана, х1ара жайна д1аэца. Х1ара хьайна деллачу моллига д1аалалахь, жайна кисанахь лелийча  хуьлуш дац ахча. Ахча болх бича луш ду.
Цо лелочух кхетий, да а, денваша а г1аддвоьдий  велало, схьадоккхий цу шимма а кхин а, т1е ахча ло к1антана. Т1аккха денвашас воккхаверца шен вешин к1ант хьостуш, олу:
- Э - х1ей,  Дала дог дика де хьан дела1!  Хьан коьрто оццул дика болх барна, кхин а т1е дог1ура хьуна ахча, дуккха а.
Иза самукъне дийцар а хуьлий лела нахана юккъехь. «Болх бича луш ду ахча»,- бохуш.

Жимниг

Б1аьстенан юьххьехь котамо даьхна к1орнеш, кхиина дог1ура. Царах цхьаъ, Жимнаг ц1е йолуш дара.  Жимнаг кест кеста н1аьнех кхайкха х1уттура, керт боьххье а йолий,-  «1уь -1уь1, 1уь -1уь -1уь1, 1уь -1уь1», - бохуш, мохь беттара цо. Т1аккха ша шех йоккхаеш, ши т1ам тухура, хилла яьллачу котаман борг1ало санна. 1уьйранна д1ах1оьттина н1аьна- к1орни делкъенга яьллера кхайкха 1емаш. Т1аккха еъъана схьа х1оьттира,  делкъа хан кхайкхо еана борг1ал.
Цо хаьттира:
-Хьо х1ун деш ю, кху керт боьххьехь?
-Со кхойкхуш ю,- жоп делира, н1аьна-к1орнено.
-Кхойкхуш юуу…. Ткъа муьлха хан ю ахь кхайкхош  ерг ?- хаьттира борг1ало.
-Со, со,- аьлла, жоп дала ца хууш йисира н1аьнан к1орни.
Цу балхах кхеттачу борг1ало, юха а хаьттира:
-Хьан ц1е х1ун ю?
-Жимниг, ю.
-Жимниг, т1аккха цкъа а, хенаш кхайкхиний ахь ?
-Со тахана 1уьйранна д1а х1оьттина, делкъа хан хиллац кхойкхуш ю,- жоп делира Жимнига.
-Ха-ха-ха. Цундела ю-кх, йиш  хаьлла. Цхьаммо а ца хьехна хьуна муха, я маца кхайкха еза.
-Ца хьехна.
-И х1ун ду ткъа, ца хьехна бохург?  Делахь - х1ета, тахана дуьйна ас хьоьхур ду хьуна,  муха, я маца кхайкха еза. Ткъа ахь дика ла а дуг1уш схьалаца деза. Барт хиллий вайшинна?
-Хила. Со реза ю, - аьлла, т1емаш а тоьхна кхайкха г1оьртина, юха а 1уь1-1уь1,- аьлла, кхосса елира Жимниг.
Юха а, борг1ал елаелира, цу к1орнийн леларах сакъераделла:
-Ха-ха-ха. Ткъа х1инца ас делкъа хан кхайкхор ю. Ахь тидам беш, ла дог1а,- элира борг1ало.
- Дика ду,- аьлла, ладог1а х1оьттира к1орни, шеен хьехархочух йоккхаеш.
Т1аккха борг1ал кхоссаелла керт т1е хьала а яьлла, кертана боьг1начу хьокха боьххье а яьлла, «ах1а – ах1а», аьлла шен аз а тодина, корта хьала а берзийна, зевнечу озаца, кхайкха х1оьттира.
- 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1уьй1,- бохуш, юкъ-кара са а до1уш, кхузза кхайкхира иза.
Жимниг цуьнга хьоьжуш, корта а айбина лаьттара.
Т1аккха Борг1ал шен т1емаш  тоьхна,  дега а дина, цул т1аьхьа керт боьхьера чу кхоссаелира.
Цул т1аьхьа хаьттира н1анан к1орнега:
- Т1аккха, Жимниг,  реза юй хьо вайн балхана?
Жимниг кхоссаелира, т1емаш а тухуш:
- Реза ю. Хьан йиш елахь дешар х1инца д1адоло лууш ю со.
- Вайшимма дешар д1адолор ду, т1аккха. Хьалха ас хьуна хьоьхар ю хенаш. Денний, буьйсанний юккъехь моссаза кхайкха еза дуьйцуш. Т1аккха хьаша вог1уш, кхаъ кхайкхо хьоьхар ду. Х1инца ахь ла дог1а соьга лерина. Денний, буьйсанний юккъехь уьссаза кхайкха еза.
Уггара хьалха: Таханалера де-буьйса чекх а даьлла, кхане йолалуш шозза кхойкху, буьйсанна шийтта сахьат даьлча. Шолг1а кхойкху хьо, 1уьйкъанна кхо сахьт даьлча. Кхозлг1а кхойкху, 1уьйранна ялх сахьат  даьлча . Доьазлаг1а кхойкху, де делкъенга доьдуш, исс сахьт даьлчи. Пхоьазлаг1а,  делкъе кхайкхайо, шийтта сахьт даьлча. Ялхазлаг1а, делкъал  т1аьхье кхайкхайо, кхо сахьат даьлча. Ворх1алг1а, суьйранна ялх сахьат даьлча кхойкху. Барх1азлаг1а, исс сахьат даьлча, адам чу дирзиначул т1аьхьа.  Уьссалг1а,  буьйса юккъе яг1ар кхайкхадо, буьйсанна шийтта сахьт даьлчи.  Юха а шозза кхойкхуш, кхане йолайо.

Хенаш кхайкхош корта хьала берзо беза, х1инцца делкъе кхайкхош ас санна. Х1инца хьаша вог1уш  кхаъ кхайкхорах дерг дуьйцур ду ас хьуна. Хьаша варах хаам беш, керт боьххье яла ца оьшу. Цунах дерг х1усама чу а йоьрзий кхойкхуш хьо хилча, х1усаман да а, нана а кхета. Цул совнаха,  дика борг1ал ехачу  кертахь, кхечу керташкара борг1ал кхойкхур яц. Кхин борг1ал хьо ехачу кертахь кхайкхар, цо хьан кертахь дола дар ду. Кхин борг1ал хьайн котамашна а, кертана а дола дан а, улле хьийза а кертахь йита ца еза. Ша ехачу кертана а, шеен к1арийна а дола деш хила еза дика борг1ал. Иштта ца хилча, кхечу керташкара борг1ал ян а йог1ий, хьан кертахь олалла деш, к1ара д1а йоккху борг1алера. Т1аккха, «шеен к1арина а, котамашна а дола деш йоцчу борг1алах кхин бала пайда бац, яйчу тасар бен»,- олий, х1усаман да сиза яйчу тосу. Иштта бу вайн кхоллам а, дахар а. Реза юй хьо, цу балхана.
- Со реза ю, вайн кхолламна а, кертана дола дан а, хенаш кхайкхо а, хьешах кхаьънаш даха а, нагахь сох к1илло хилахь, со яйчу тасийта а,- аьлла, жоп делира, Жимачо.



Яздархочунна 
Цуруев Шерипна

Синкъераме, синкхетаме,
Къинхетаме, къинхьекъаме,
Ойланаш хьайн дагчохь кхиийна,
Уьш йоькъуш адмашна диканна.
Ма ирс ду – кха,  хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг,  дуккха а, диканца.

Яздархой а,  арздархой  а,
Яздахойн ц1ергаш а, къарздархой,
Бу киншкийн киланаш юхкуш,
Ешархойн сих м1араш  юьхкуш.
Ма ирс ду - кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.

Со теша и байташ  кхоллало,
Хьекъале болх бойтуш хилча.
Са а дегош, дош – ам алало,
Стогалло  бен дагчохь бича.
Ма ирс ду – кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.

Кхузахь
Къинхьекъаме  – ойла йойтуш, к1оргера маь1ана долуш.
Арздархой –  Шайн 1ийжамех язбеш берш, рифма а, ритма а, поэзии а йоцуш.
Ц1ергаш – яздархойн  ц1арах  лелаш берш.
Къарздархой – адамийн са ца хьосту байташ язъеш берш.




Резванова Айза.

Цхьана дийнахь, ло дог1уш, кор диллина, лайн - чимийн тидам беш ву тхан чохь волу пхи шо кхаьчна волу, Хьамзат. Шийла йу арахь. Доккха кор а диллина, ара хьоьжуш волчу цунна,
Сайн бага молха а диллина 1аш йолчу аса, сайха дов деш, човхи, бага а ца йоьллуш: ,,Х1у - х1у, х1у - х1у. Х1ай, х1а - х1а - х1а!" - аьлла, дов дечу кепехь. Цу беро кор т1е а теттина, корера сехьа даьлла, бехк баьккхи сох.
- Ахь х1ун до, дан - а? Иштта буьйца кхин  Нохчийн мотт?
,,Х1а - х1а - х1а, бохуш?" - аьлла.
И цо нисдина алар хазделла суна. Ас хаьтти:
- Муха буьйцу т1аккха?
- Шен багахь ерг д1а а йоккхий, олу - кх, ,,Т1е татта кор! Ас йеттар йу хьуна! - бохуш," - аьлла, со кхета а йина, ловза ваха иза - м. Суна ч1ог1а тайнарг ,,Иштта буьйцу кхин Нохчийн мотт?" - аьлла, цо билгал даккхар дара.;;;
Ишттанаг аш дийцича а хир ду самукъане.


Бераллехь ца гора Нана хьо йезар бен суна.
Хьо эешар бен сайна кхин довзанза дуьне  дахар.
Декъала хетара массо  де сайн ирсах дуьзна.
Хьан б1аьргаш деларо сан дагна ницкъ лора йаха.

Тахана кхетта со дуьненан десаллех Нана,
Хьо йоцуш хьежна - кх, хийла бер йесаллийн пана.
Ткъа суна - м, хиллера х1ара дерриг дуьне гуш Нана,
Ахь б1аьргаш къовларца, сан дуьне 1аржлели Нана.


Луиза Бадаева
Суна и ца йевза... Йевза цуьнан  б1аьргийн г1айг1а суна.
Цу хьежаро буьйци,
Маьлхан з1аьнарех сан дагчохь маша.
Иштта хуьлуш хилла,
Херехь хиларх, гергарлонаш дегнийн,
Ца довзарх вай, синош дезаш, девзаш хуьлу  вовшие.
Ларамца.

Шуна гуш йерг бен йац со, йу со зуда.
Дег1ана жима, беса, йуьхь - сибт сирла.
Амма йу со, дагца Нохчийн зуда,
Ца дитина ас сайх къоман г1уда.


Дайн мехалчу г1иллакхехь дара, нус керта ялийча, иза катоьхна юьстах а ца йоккхуш,  ц1ен т1ехь зуда хила 1амош, марзахойх юлийтуш, г1уллакх деш а, г1иллакх лелош а, къахьега 1амош, марзахой ларар - шен ц1ерачарца долу гергарло тадар дуйла хоийтуш, шина - кхаа шарахь шайца а юьтий, доьзалаш буьйлабелча, ойла доьзална т1е а йоьрзийти, цул т1ахьа шена йоккхура. Нус а, марзахойх д1а а оьй, шен ц1ера ц1а санна лоруш марзахой т1е а лоций, шегара ледарнаг царна даларна кхоьруш, ша ц1енош а дина, шена йоккху аьлча, марнене а, мардега а, дехарш а деш, елха а йоьлхуш, хуьлура "шу доцчохь ша 1енлур ма йац, ма къастаейша со шайх д1а,, бохуш....

Цкъа а неслара а ца йолуш, г1иллакх а леладора. Доьзалшна а, марзахошна а, шен ден - ненан ц1ийнерчарна а, юккъе мерза маша а бузара....
К1антанна а хаара, шена ц1енош чу ша валарах а, да - нана а, йиш - ваша а, долара долуш доцийла. Мелххо а, кхин а ондда жоьпалла т1е дужийла а хууш, кхин а ч1аг1лора к1ант... Ша шена ваьккхача, шен доьзална дола дар а, дена - нанна г1о дар а ойланца а- дагца а т1елоцура к1анта.
Доцца аьлча стаг хилар т1е дужура цунна. Лела а дора, шен да - нана а, йиш - ваша а, доьзал а, стунцхошца долу гергарло а, стага. Вуно мерза гергарлонаш хуьлура цундела юккъехь. Вовшен диканехь а, вонехь а т1аьхьа - хьалха а х1уьттура, цу гергарлонца...
Дайн г1иллакхаш хьекъалца х1иттийна ду, т1аьхьлонна а, вовшашца йолу юкъаметтигашна марзо луш.

Тахана лелош дерш хьекъале г1иллакхаш дац. Кегийчеран некъ бохош г1иллакхаш ду,   т1е лаьцнарш....
Нус йалош волу к1ант, и йала а йале д1а къаьста дех - ненах а, йиш - вешшех а, йалош йолчух нус ца хилийта, иза а хера йоккху цо. Кегийчара олу "Зуда шен майрачо бохарг дичахьана йолу.,,
Цу дешнийн маь1на ца девзаш олу цара иза. Цуьнан ойла йан хьекъал ца кхочу. Т1аккха нехан ц1ент1е йаха кечъелла йо1 а хуьлу изза, къамел деш. Цо а олу "Шен майрачо бохург дичахьана йолуш ю зуда,, бохуш, нехан ц1ент1ехь несалла лелочул а, майралла дан кечло иза а...
Ткъа дай - наной ладоьг1уш 1а, цу берийн хьекъале боьрзий. Доьзалшна бан бог1у хьехам ца бо дайша - наноша а....

Майрачо аьлларг дан деза, шаьшиннан х1усамехь. Марзахой болчахь вист ма хуьлийла хьо зудчуьнга, бохург, к1ентан дас - нанас а ца олу, йа йо1е марзахошца г1иллакхах ма йохалахь, ц1а йан меттиг хир бац хьуна, тхо юьхь 1аьржа х1иттадахь, боху хьехар йо1ана а ца до, ц1ерачара...
Уьш шайн дуьненчу боьрзу вовшах кхетча.
Нах лара а ца хууш, шаьш ларийтар а доцуш. Стаг зудчуьнна амале а воьрзий, зуда ж1алийн амале а йоьрзий.
Иза Къор1анан хьехам лору цара. "Къор1ано зуда хьоьстуш лела ен боху,, олу нене а, дега а... И схьа йалош ерг бен хьаста хьекъал ца кхочу ишттачу божарийн.

Къор1ана т1ера ц1ена шайн орам а болуш ду, дайша дехкина г1иллакхаш. Маь1на хьекъалца даьстина а ду...
Да - нана ларарца д1а дуьйлалуш ду уьш...
Дайн г1иллакхаш лелош волчу стеган сий довр дац, цкъа а. Ц1ена ду уьш...
Кегийчарна къор1ана т1ера маь1на даста ца хаа, шайн буьйдачу хьекъалашца.
Къахьега ца 1амарна, нахана юккъехь лело деза г1иллакх т1е лаца а ца лаьа...
Т1аккха вовшен а к1орда до цу шинна.
Эццехь марех ца йоха орца эшча хаа несанна, марзахой несан дахарехь, коьрта дакъа долуш хилар.
Орца деха адам ца дуьсу, к1ентан да - нана, йиш - ваша доцург.
Т1аккха дицло, "Майрачо бохург дича йолу зуда бохург,, Т1аккха несла йоьду, бертаза..
Халахета дайн ц1енчу лорах т1аьхье тилар...
Дала т1аьхье беркате йойла вайн!

Р.А.


Резванова Айза
 
Мерза дагалецамаш

 Шерашкахь  ц1ерга  х1иттийна, даьгна, 1аржделла доккха ялг1у хьалха х1оттийра, несо мардена.
Т1аккха элара:
 – Дада, ахь цу ялг1у чохь юуш, юуург чомехь  хета олу дела х1отти - кх, ас и ялг1у хьуна хьалха, эьлла. Цул таьхьа, шен мардена х1ун тов хьожуш, сецара и, не1арехь.
 – Дела реза хуьлда хьуна!  Цу ялг1у чуьра кхечу пхьег1ий чу йиллича, чамза йолуш хета суна и  юург, элара, мардас. ТIаккха шега ладоьг1уш лаьттачу несе д1а а хьаьжана, – парг1ата хила хьо, х1инца, аьлла, вистхилара.
Цул т1аьхьа, паднар т1ехь ;хьала а хилла, чучча когаш а боьхкина, д1а а нисвелла, х1ума яа хиара иза.

Ша юучуьнан чам шена а дукху тайна хиларна,  паднар йисте  хиина, тилвизар хьоьжуш 1аш волчу,  ялх шо кхаьчначу, к1ентан к1анте, д1а а хьаьжана, элара цо:
 – Ислам, схьавола, дадица х1ума  яа хьайна!
 – Ца еза суна Дада... Вуьзана ву со, – элара, жимачу к1анта.
 Воккхстаг  Бисмалла а аьлла, цхьа безамехьа ялг1у чу а хьаьжана, х1ума яа волавелара. Цхьана буйна схьалаьцначу хьокхамах вукху куьйга жим - жимма юьхк схьа а йоккхуш, ялг1у чу а 1уттуш.
Доьххьара ша юург кхаьллича, лерина цу ялг1у чу а хьаьжина, байй корта ластийра цо, к1еззига вела а къежаш. Юха а кхаьллара, хьалха санна.  Т1аккха, сих ца луш, б1аьргаш  ялг1у чу хьежа а дуьтуш, меллаша мочхалш меттах а хьедеш, ойланашка ваьлла, 1ара. Т1аккха а, б1аргаш цу ялг1у чу доьгIна дуьтуш, юург д1а а кхаьллана, ша 1аччахь техка а техкаш 1ара иза, ойланашка вахана. Ойла е'ш, ц1еххьана, ялг1у чу хьоьжуш долу, цуьнан б1аьргаш, цхьана х1уманах тасделча санна, цхьанаметтехь севцира, к1еззигчу ханна.  Т1аккха, г1ийла вела а къежна, шен буйнара  хьокхаман юьхк  охьата11ош, маь1- маь11ехула цу ялг1у чу а хьаькхана, и ерриге  а марзо ша схьагулйича санна, д1акхаьллара цо.
 Ислам,  цуьнан тидам беш а 1ийна, цо юург марзъелла, хIума яа тIехилара. Жимма 1ийна, дендега д1ахьаьжча,  цуьнан  б1аьргаш чохь,  къегина хиш гира цунна.
 Ислам ца кхийтира цуьнан велакъежарах а, ойлане вийларх а, б1аьргаш чохь къегинчу хих а.

Цул т1аьхьа дуккха а хан-зама  д1аелара. Воккхалла, Исламе кхечара.
Уьйт1ахь шецана кхиана долчу кхоран дитт к1еллахь, бераллийн ойланашка вахана 1аш вара Ислам...
Цу хеннахь ковх чоьхьа ваьлла, луларчу Султана, элара:
- Ислам, тезеташка а х1оттий вола вайша? - аьлла:
-Ца вахча вер вац, тезета а. Жималло - м ша лелавора, воккхалла лелодезаш хилла-кх,- элара, Ислама:  Т1аккха, цхьанхьа а, шинхьа а тезета вахана, зиярт а дина, вухавирзира и шиъ. Д1аихначу шераша г1елвина волу ши лулахо, к1ет1а схьа кхочуш,  Ислама элара:
- Султан, схьавола чу, чай молуш, цхьана луьш - о'луш 1ер вайша...
- Х1ан - х1а, г1елвелла ву со... Чу вахана, к1еззига садо1ар ду ас. Цул т1аьхьа хан йокхур вайша цхьана, аьлла, вовшен 1одика йина д1аса вахара ши лулахо...
 Ислам чу кхаьчча цуьнан доьзалаш а, доьзалийн доьзалаш а х1ума яа стоьла гонаха гулбелла 1ара.
Т1аьхьарчу заманахь, аттачу даьллачу дахарехь, х1ума юу чоь нускал санна к1айн бойнаш оьхкина д1акечйина лаьттара. Юккъе х1оттийна куьзга санна къегина, е'ха стол яра. Керла юкъа евлла, цакаглучу аьнгалийн, пхьегIаш яра стол т1е  х1иттийна, къегина лаьтташ. Мичча хенахь а бес-бесарчу стоьмех а, юургех а юьззина лаьтташ яра стол. Хьалха санна ц1ерга яй, ялг1у а х1оттош, кечбеш бацара кхача.
 Кедахь, я бошхепахь, шен-шенна товчу чомехь, цхьанна я шинна яъал, тоькаца йолчу духовки чохь йохъеш, буйна 1айг, м1арий а лоций, юучух хьакхабелча п1елг бехбаларна кхоьруш санна, шен-шенна хьалха лаьттачу бошхепа а юьллуш, юуура, х1орамма.

Х1инцалерачу юургех чам леташ вацара Ислам. Цунна кест-кеста дагадог1ура, х1етахьлера  даьгна, ялг1у. Т1аккха, меллаша волавелла, цхьаннига  х1ума ца олуш, лелош йоцу сал-пал д1айиллиначу  уоти чу вахана, пхьег1аш кегош, царна буххахь карийра цунна, ша лоьхург. «Керла юкъаевлла пхьегIаш дукхаелахь а, хьоьга кхочуш пхьегIа  яцар-кх, соьга хаьттича», – бохуш, цунах воккхвеш, ялг1у дахьаш чувеъначу воккхстага, элара:
 – Зуда, х1окху ялг1у чохь жижигца картолаш кхарзахьа, ас ламаз дешшехь. Ма мерза хуьлур-кх, цу чохь кечбина кхача мацах, лулахой хьошалг1а а кхойкхура, цу кхачанан хьожано,-аьлла, дехьа велира иза. Цуьнан х1усамнанас, мало ца еш, сихха ялг1у ченех ц1андеш, хица дила а дилина, ц1ийдеш жижигца картолаш кхерзара, т1ехула хох а тосуш. Ислама ма-бохху, цхьа хазчу чомехь, схьаелара юург.
Шен дедас аьлларг дагдеъча санна элара Ислама.
 – И ялг1у схьадалахь, суна хьалха. Кхечу пхьег1ий чохь чам кхетар бац суна, – олуш, стоьла йисте вахара иза. Доьзалаш хьала г1евттира, жима а, воккха а. Ислам даима ша охьхуучу, стоьлан коьртехь охьа хиара, доьзалшка,- г1оза йуург хуьлда!  Охьаховша олуш. Т1аккха, и даьгна, 1аржделла, доккха  ялг1у, цу къегинчу стоьла т1е, Исламна хьалха диллара х1усамнанас. Доьзалаш цхьабоьсса схьахьевсира цуьнга. Б1аьргашца, цхьа мерза, цу ялг1у чу хьаьжара Ислам. Т1аккха, шен даг чохь воккхавер долуш, Бисмалла а  аьлла, х1ума яа волавелара, цу юуучуьнан чам боцург, дерриге  диц а дина.

Ша дуьххьара хьокхаман юьхк  кхаьллача  и чам тайна, г1ийла корта а лестош, д1аса техкара иза. Цунна дагавеара шен денда. Т1аккха ойла йира цо,- х1инца суна санна, чам тайна хилла-кх  цунна х1етахь, аьлла, б1аьргаш т1е нег1арш а теттина, меллаша мочхалш а хьендеш 1ара Ислам. Юха а д1акхаьллара. Т1аккха, цу ялг1у чу а хьоьжуш, шен багахь ерг 1уьйшуш, генара жималла дагатесира цунна. Дагавеара шен денда юха а. Иштта дагалецамаш хилла-кх иза х1етахь ойлане вохуш хилларш. Цундела хилла-кх цуьнан велакъежар...  ойлане велира иза, х1етахьлера суьрташ дага а лоьцуш. Т1аккха, б1аргаш севцира цу ялг1у чохь, ц1ийелла бухлеттачу картол т1ехь. Лерина цу картоле хьоьжуш, 1ара иза, вела а къежаш. Цунна гора, шен жимачу вешин а, йишин а, кегий куьйгаш, цу ялг1у чохь бухалетта, ц1ийелла картолаш схьаяха тийсалуш. Т1аккха, охьта11ош, цу ялг1у чу а хьаькхана, цхьа мерза-марзонца,  д1акхаьллара  цо  шен буйнара бепиган юьхк. Ц1еххьана, юьхь-сибат хийцаделира Исламан, т1аккха. Нана дагаеара цунна, цу ялг1у чохь юург кечъеш, хилла.
Б1аьргаш чу  къегина хи х1оьттира... Легашка хораман шед а беара. Юха, шен деден б1аьргаш дагадаьхкира, хих дуьзна хилла. Т1аккха, ялг1у чу а хьоьжуш, ойланашка вахара иза. Х1ара марзонаш хилла-кх, цо х1етахь, вела а къежаш, б1аьргашца цу ялг1у чуьра , лехьош хилларш. Х1ара дагалецамаш хилла-кх иза ойлане вохуш, цунна хьалха х1иттинарш. Къаьстаран къаьхьо хилла-кх, х1етахь цуьнан б1аьргаш чохь, къегина хиш гулдинарг, бохучу ойланашца сацавелира иза, ялг1у чу а хьоьжуш. Юха, жимма балда а уозош, доккха са а даьккхина, г1ийла мочхалаш метах хьедан волавелира. Мацах цкъа шен дедега хьоьжуш 1ийна Ислам санна, кхуьнан тидам беш 1ийна, к1ентан к1ант, шен г1ента т1ера хьала а г1аьттина, Исламна т1е а вахана, цу ялг1у чу а хьаьжира.
Т1аккха хаьттира цо:
 – Дада, хьо цу ялг1у чу а хьожуш, цкъа велакъежаш, т1аккха велха г1ерташ ма  хуьлу?   Х1ун ду цу чохь хьуна гуш дерг? Суна - м, ма цаго цу чохь и йуург бен кхин х1ума?
 – Кху ялг1у чохь дуккха  а х1уманаш ду, дадина гуш. Хьуна гур дац цу чохь дерг, цкъачунна.Тохара со, хьо санна жима волчу хенахь, тхан дедена гора цу чохь дерг, суна ца гора. Кхано-о, хьо сан хене вахача, х1окху ялг1у чохь х1ума яа хьо хиича, хьуна а гур ду,  – элира Ислама, шен т1унделла б1аьргаш дела а къежош. Жимачу к1анта, цец а ваьлла, элира :
 – Ва, х1ай! Оццул дукха 1ен веза теша со, цу чохь дерг х1ун ду ца гуш?
Воккхстага ойла а йина, элира юха а:
- Т1аккха а, хьуна кху ялг1у чохь и сан дог хьоьстуш, я б1аьрг белхош долу сарташ гур дуй  хаац, кху цхьана ялг1у чохь, доьзало вовшеха оьцуш йолчу мазонан чам бевзина ца хилча.
Т1аккха дийхира цу к1анта:
- Нана, тхан дехар ду хьоьга, кечбехьа тхуна цу ялг1у чохь, марзонан кхача. Ма мерза бу-кх, цу дадин б1аьргаш чохь гуш болу дагалецамаш!


Суна айса йазйина байт мехала хета,
Кхечу йаздархочуьнан деших кхелина цхьа мог1а а сайн байт йуккъе ца биллал.
Р.А.А.

Дуьненан марзонаш д1ахедда,
1уьйренаш, суьйренаш йасйелла,
Дахарехь ма цхьалха йиси хьо,
Ойланаш ма кхалха йити хьан.
Хьокхе д1адаьхча серийн керт йужа  лаьтта.
Йиш - вешийца ца лелийча гергарло а духа атта.
Р А.А.

Дуьне хьан кхолламах  баккха бехк бац сан,
Ахь хаза хьисти хьайн 1аламца со.
Зен ца деш дахарна, вас ца йеш дагна,
Хьайн хенийн х1оттамаш ахь бовзийти.
Дуьне хьан амал а хилла сов ч1ог1а,
Хьан доьналлех масал иэца хьакъ ду.
Малханна хьесталуш, дог1анна кхулуш,
Лайн амал йац хьоьца,
Дац хьо хьайх духуш.


Резванова Айза
Дахалахь Нохчийн къам!

Масний ду дайн хьуьнарш,
йазданза диснарш?
Масний бу барз боцуш,
Эгначахь биснарш?
Дакъаза ма даларг,
Декъала хилла,
Дахалахь Нохчийн къам,
Нурседа хилла!!

Турпала Нохчийн къам!
Дозаллийн б1ов тхан!
Хьо денъеш кхелхина
К1ентий йахь йола.
Хьан сий деш массанний
1азапехь биси?
Дахалахь Нохчийн Къам,
Хуьйцуш хьайн ц1е!

Хьакъ ду хьо даха хьайн,
Къонахий кхиош.
Даймехкан лаьтта т1ехь
Хьанал къа хьоьгуш.
Т1аьхьенна дахарехь
Маьрша некъ хьоьхуш.
Дахалахь Нохчийн къам,
Нохчийн мотт хьекъош!

Дайн оьзда г1иллакхаш,
Дегнаш чу дерзош.
Марзонца синкхача,
Вовшашца боькъуш.
Дебалахь, Нохчийн къам,
Сийлаллехь къегаш!
Дахалахь Нохчийн къам,
Дурс д1а цахоьцуш!

16.10.2020

Со йоллу к1айдаргаш лехьо,
Бераллийн лорах йисина.
К1еззига къаналла 1ехо,
Самукъне хиламех дийцина.

Цхьа зезаг дара со сирла,
Даймехкан марзонехь кхиъна,
Цхьа з1аьнар йара со маьлхан,
Дуьненан синойх са ийна.

Цхьа тача шовданийн хьостах,
Дара со  Даьрг1арчу ломан.
Цхьа адам, ойланца ц1ена,
Ду - кх, со, кху  Кохчийн къоман.
Р.А.А.


Резванова Айза.

Шун хаарех йоккхае со,
1илма муьлхарг а сийлахь ду.
Нохчийн маттаца хьаг1 йацахь а,
Кхиош мотта - м, оьрсийн бу.

Хьоьстуш нохчийн ойланашца,
Базбеш нохчийн амалца.
Бийцар марздеш вайн байташца,
Оьрсийн мотт вай кхиош бу.

Нана хестор оьрсийн маттахь,
Бераша йетта  оьрсех чот.
Къам декъал дар, оьрсийн маттахь,
Вай йузуш йу - кх, оьрсийн ботт.

Р.А.А.


Резванова Айза.

Шун хаарех йоккхае со,
1илма муьлхарг а сийлахь ду.
Нохчийн маттаца хьаг1 йацахь а,
Кхиош мотта - м, оьрсийн бу.

Хьоьстуш нохчийн ойланашца,
Базбеш нохчийн амалца.
Бийцар марздеш вайн байташца,
Оьрсийн мотт вай кхиош бу.

Нана хестор оьрсийн маттахь,
Бераша буьйцу оьрсийн мотт.
Къам декъал дар, оьрсийн маттахь,
Вай йузуш йу  оьрсийн ботт.

Р.А.А.

Х1ора дийнахь лей д1айолу со, сайн йиш - вешийн балийна г1о дан ницкъ цахиларна.
Амма, йуху а денло Деле къинхетам бехархьама сайн хьомечу Нохчийн къомана.
Аллах1а Шен къинхетам бойла вайх!
Р.А.А.

Дуьне а харцонна т1е тайча,
хьан ойла эшо,
Г1оттур яра со дуьхьал дуьненна,
бакъо хьан толо....
Серлонах цинц боцуш хьо витча,
хьан тешам къажо,
Ч1урамах йага со х1уттур йара,
луш хьуна  серло..
Р.А.А.


Суна айса йазйина байт мехала хета,
Кхечу йаздархочуьнан деших кхелина цхьа мог1а а сайн байт йуккъе ца биллал.
Р.А.А.

Дуьненан марзонаш д1ахедда,
1уьйренаш, суьйренаш йасйелла,
Дахарехь ма цхьалха йиси хьо,
Ойланаш ма кхалха йити хьан.
Хьокхе д1адаьхча серийн керт йужа  лаьтта.
Йиш - вешийца ца лелийча гергарло а духа атта.
Р А.А.

Дуьне хьан кхолламах  баккха бехк бац сан,
Ахь хаза хьисти хьайн 1аламца со.
Зен ца деш дахарна, вас ца йеш дагна,
Хьайн хенийн х1оттамаш ахь бовзийти.
Дуьне хьан амал а хилла сов ч1ог1а,
Хьан доьналлех масал иэца хьакъ ду.
Малханна хьесталуш, дог1анна кхулуш,
Лайн амал йац хьоьца,
Дац хьо хьайх духуш.


Резванова Айза

Хьо воккха хир ву,
Цхьа зама яьлча,
Со а хир къена,
1ожалло йитахь...
Эесс хир ду - кх къуона,
Хан - зама яларх,
Безамца хиларна,
Ца туьгуш кхуола...

Яхна хан эесан,
Цецех чекх луьйсуш,
Сецор ду аса,
Лерехь хьан аз..
Эхарта ерззалц,
Хьан даге кхийдаш,
Лепар ду дагчохь,
Безаман зазза....

Хьуо доггаха везна,
Йо1 дага лаьцна,
Хьо нагахь ваг1ахь,
Б1аьрг тоха сох...
Ма гуолахь зама,
Сан юьхьт1ехь хебба,
Безам сан гулахь,
Ас дагчохь кхаьбна....

Р.А.А.




Резванова Айза
Сан хьекъалца...

Вай тидамца ойла т1е йахийтича,
"Ненан мотт" а, "Нохчийн мотт" а аларан маь1на шен - шен кеп йолуш ду.
Вайн дайшкахь дуьйна схьа нохчийн х1усамашкахь цхьа хаза г1иллакх дара, ден а, доьзалан а юккъаметтиг лелош, ненан мотт болуш. Деца дуьхьал воьрзий къамел доьзалхочо деш дацара. Иза эехье дара. Дех кхерар а, иза ца везар а дацара иза. Иза деца болу ларам лаккхара хиларна, эхь - бехк лоьцуш дара. Цундела и юкъметтиг ненан матта - эшарца ларйар а дара иза.

Цу дена ца товн дерг,  доьзалхочуьнгара ца далийта а, ден оьг1азлонца долучу дашах доьзалхо ларван а, шен матта - эшарца нанас къамелан з1е латтайора х1усамехь. Доьзалхочуьнан лаамах дерг а ненехула хазадора дена д1а.
Ден лаамах дерг а, доьзална ненан маттаца хазадора.
"Шун дас боху"- аьлча тоьаш а дара, кхин совнаха дош ца олура.

Ненан маттаца лелош дара х1усамехь г1иллакхаш.
Нанас шен оьздачу маттаца кхиайора доьзалан амалаш.
Цу ненан маттаца 1емара зудабер нехан ц1арт1е даьлча, церан лаамехь лела а, даха а.
Шен х1усамехь волчу доьзалан деца а яьхь хуьлура ненан, шен доьзалах жоп далар шен маттах доьзна хиларна. Доьзалера даьлла дика а, вон а ненан хьехамашца дустуш, мах хадош олура - "Шен ненан мотт бу - кха цу йо1а буьйцуш берг а".
"Нанас шен маттаца марздиннарг ду г1иллакх а", - олуш.
Ненан маттаца мах хадабора доьзалан.
"Ненан мотт" - алар, цуьнан доьзалан г1иллакхех олуш ду.
"НОХЧИЙН МОТТ"  нохчийн къоман юкъара мотт бу.

Вайн "Ненан де" даздеш, нанойн дозаллех дуьйцуш, Ненан меттан марзонах, безамах, оьздачу г1иллакхех, массо а дахаран хьал а ненан матто марздеш хиларах дийцар хир ду нийса. Иза низамца дог1уш ду.
Амма "Нохчийн Мотт" бохург  "Ненан Мотт" бохучу кепе ца дерзош, цуьнан хьесап деш, царна юккъера башхаллаш берашна йовзийта декхар ду вайн.
Вешан т1аьхье кхетош кхиор вайна т1ехь ду.

Ларамца Резванов 1аьрбин Айза.
2020

Резванова Айза
Ненан мотт
(Йовсултанова Ларисина  лерина)

Нохчийн мотт а, Ненан мотт а,
Ший а бу сов мехала.
Нохчийн махкахь Нохчийн маттахь,
Кхиош ду вайн нохчалла.

Ненан мотт а ду цхьа 1илма,
Къагош сийлахь Ненан ц1е.
Цу маттах шайн къилба динарш
Кхуьу ненан г1иллакхехь.

Нанас хьоьху яхь - доьналла,
Дуьйцу къоман турпалхойх.
К1ант 1амаво къонах хила,
Йо1 а ненан декхарехь.

Цкъа геналлехь, хийрачу махкахь,
Нохчийн х1усамехь хьошалг1ахь.
Сайна дайнарг дисна иэсехь,
Кхийдош хьехам хьекъале.

Кхо доьзалхо волуш шеца,
Т1еман балех бовдийна.
Шен доьзална аьтто лоьхуш,
Махках Нана йаьллера.

Синпарг1атчу цу х1усамехь,
Цхьа к1еззигачу ханна,
Нана ели туькана яха,
Бехк ца биллар а дехна.

Лаккхара а кхойтта шаре
Яьллачу йишас долийра.
Ас ладог1ар ч1ог1а тайна,
Нохчийн маттахь цхьа дийцар.

Цул а пхи шо жимчу вашас
Шега ийци и юккъехь.
 И ца тайна йист хилира,
Йиша шен Ненан маттахь:

- Собар дехьа ахь цкъа,- олуш,
- Со ма ю и долийнарг.
Вашас жоп ло:
- Суна лаьа кхин д1а дийца, Хьо саца.

Юха а йо1 йист хилира:
- Со хьол йоккха ма ю! - ткъа,
К1анта т1адам буьллуш эцца:
- Со к1ант ву. Дош соьгахь ду.

Кхин вовшашца къовсам боцуш,
Тхойша йиси ладег1а.
К1анта нохчийн маттахь дуьйцуш,
Дийцар диги чаккхенга.

Суна тайнарг цу х1усамехь,
Цу доьзалехь зенделларг.
Нохчийн мотт а, Ненан мотт а
Бара вовшах эебелла.

Нохчийн мотт бу кьам кхиош берг,
Шен Даймехкан сий айдеш.
Ненан мотт бу доьзал 1амош,
Дайн лараш т1ехь уьш нисбеш.

Декъала хуьлда Нохчийн мотт а,
Ненан мотт а ший цхьана!!
Йиший - ваший санна ийна,
Баха Нохчийн къомаца.
25. 04. 2021

Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Мерза са 1аьршашка даьлча.
Сирлачу седарчех ийна,
Буьйсанан бода къар бина,
Адамашка нур кхийдош сирла,
Хьан ц1еран,  декъашхо хила!

Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Сих хаьдда, дилх лаьтта дижча.
Беркате, хьанал къа хьекъош,
Адамалла сайн букът1ехь дебош,
1илла хьан лаьттан цинц хилла,
Хьан ц1еран,  декъашхо хила!

Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Дахарехь хьан сий деш баьхна,
Доьзалшна яхь-иман хьехна,
Нанойн сий лаккха айдина,
Даймехкан сий динчех ийна,
Хьан ц1еран, декъашхо хила!

Сан Даймохк, со хьоьца еха,
Б1евнашна ч1аг1онна аьлла,
Эшначохь т1улг метта дилла,
Тешаме дог кийрахь 1уьллу,
Совг1атна и хьуна делла,
Хьан ц1еран, декъашхо хила!
2012

Резванова Айза
Яшуркаев Султанна лерина

Даймехкан марзонах къастийна,
Безачех, бевзачех хьагийна,
Бертаза махкаха ваьккхина,
Хьан лелар, йал йоцуш ма дойла!

Балано кийрахь дог 1евдина,
Харцоно мерза са лазийна,
Мух1ажар хилла ахь йаьккхина,
Хан Дала, совг1ате хьан йойла!

Халкъана совг1ат дан лерина,
Хьайн ц1енчу ойланех дуьйцина,
Х1ора дош нур - деших къегина,
Хьан сина теш хилла г1оттийла!

Комаьрша кевнаш д1адаьстина,
Шайн мехкан хьаша хьо лерина...
Хьан доьхна  дог - ойла хьаьстина,
Халкъашлахь барт - безам лаьттийла!

Нохчийчохь ирсе сатуьйсуш,
Маьршачу дахарах ваьлла...
Даймехан бакъонаш къуьйссуш,
Хьан кхалхар Г1азотехь дойла!!!
2018

Мух1ажаран ойланаш

Генахь со велахь а, бац дагна хера,




Сингаттам, сан Даймохк, хьийзарг хьан кийра.
Ма мотта, со веха, са парг1ат даьлла,
Хьан бала, сан деган пхенаш чу баьлла.

Дага а ма далахь, геналлехь къайллаха,
Ойланца, цхьана муьргана хьох къаьстина 1ийна.
Маьршачу аренгахь, сина маршо яйна,
Хьийзачу мохах са, хьан не1ре идда.

Тийналла х1оьттича, базлуш хьан бала,
Г1енашкахь сатуьйсуш, хьох дагавала.
Сан Даймохк, со лела, къен-миска ваьлла,
Хьоьгуш хьан дозанах, кошбарз балла.
2017


Адамашка ладехча, чам балал бен дац хьо,
И Аллах1 воцчуьнан кхолла ницкъ а бац  - кх, хьо.
Х1етте а дуу хьо, моьттуш тхо лела,
Дуьне, ахь - м,  ца къуьйссу, тхойца тхан къоьлла.
Р.А.А.

Италагов ....

Ахь йазйелахь, Даладелларг! Ахь мегар ду йазйан! Нохчийн махках, нохчийн маттахь, 1аламн хазаллех. Х1ора  лам а, ламана т1улг а, лела хьо багарбеш. Хьан ира б1аьрг т1е ца кхуьуш, дуьсуш дац бецхелг а. 1ана дахна хьуна дериг, ирс а кхаьчна хьайнна. Кху Даймахках марзо эеца, хьа - м, ирс хилла, зовкх йа1!


Резванова Айза

Чано шен к1орнех хьуо ченала хьекхорах, Нохчийн къам!
Хьо - м, кхуьуш ма  лаьтта, дезачийн б1аьрг хьостучу   сибатехь.
Сатийсам цабуьтуш денбала дегнаш чохь мостаг1ийн.
Г1аьтти хьо  до1анийн жоп хилла, хьуо боьхучу дегнийн!

Нохчийн къам! Цкъа а ма дицделахь,
Ненан мотт, дайн оьзда г1иллакхаш!
Иманехь, ирсе Хьо дахалахь,
Сий серла дохуш вайн Даймехкан!


Умар Якиев, х1ара газет ахь лелош дерг ду бохуш йу со. Х1ара дийцар кху т1е диллар а хьан лаам хилла хир бу. Дела реза хуьлда хьуна иштта тидаме эцна, ларам бина и газета т1ехь зорбане даккхарна а! Хьайна тайна ца хиллехь газете доккхур дацара ахь иза. Вайнехан г1иллакхаш дукха ц1ена бух болуш а, к1орггера маь1на долуш а ду. Иза вай 1еламнаха а хоийту вайна, вайн Дайша дехкина г1иллакхаш а, 1адаташ а Къор1ана т1ера бух болуш хиларах тоьшаллаш деш.
Дала т1аьхье беркате йойла хьан а, вайн массер а!
Дела реза хуьлда шуна, Нохчийн къоман мотт а, къам а, мохк а лоруш, къахьоьгуш болучарна массарна а!
Ларамца: Резванова Айза.

Умар Якиев.
Айза, йиша! Бехк ца биллар доьху хьоьга! Хьан пурба доцуш  материал зорбане йаккхарна! Вайн дайн г1иллаккхаш, 1адаташ тахана дийцаре деш ца хилахь, т1екхуьуш долчу чкъорана уьш дицлур ду.
Даггара баркалла ду хьуна ахь бечу балхана! Дала т1аьхье беркате йойла! Кхоллараллехь кхиамш болуш, ирсе дахар хуьлда хьан!

Ларамца 1абдулнесаран  1умар.


Веза а мва везара жималлехь,
Вай цкъа а лийр доцуш санна.
1ехош ма хиллера дуьнено,
Даларан ойла а ца йойтуш,



Резванова Айза
Шу дезар, шух кхетар....

Зама д1аюстучу дуьненах со кхета,
Де-буьйса луьстучу заманах со кхета.
Адамаш сов къиза, х1унда ду, ца кхета!?
Х1етте а адамаш, сан дагна шу деза,
Шух кхетар, шу дезар, адамалла а хета.

Вон-дика хоьрцучу дахарах со кхета,
Бакъонаш лоьручу кхолламах со кхета.
Адамаша тешнабехк х1унда бо ца кхета!?
Х1етте а адамаш, дог ч1ог1а шух теша,
Шух кхетар, шу дезар, адмалла а хета.

Де серла доккхучу малхах а со кхета,
Буьйсанах, беттасих, седарчех со кхета.
Адамаш, мерзаниг къахьдечух, ца кхета!
Х1етте а адамаш, сина-марзо шу хета,
Шух кхетар, шу дезар, адамалла а хета.

Шен бала базбелла воьлхучух со кхета,
Лаамах кхаъ хилла воьлучух со кхета.
Дог дуьзна и бацахь, безамах ца кхета.
Адамаш, дахаре сайн безам шу хета,
Шух кхетар, шу дезар, адамалла а хета.

2009

Резванова Айза

Къинхетам бу те хьо, безам,
Кхетам, я тешам бу хьо,
Бу те хьо, сингаттам, эшам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!

Къизалла ю те хьо, безам,
Я ду те, хьаьрчина къа,
Бу те хьо, тидам, я кхиам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!

Синлехам бу те хьо, безам,
Ю теша, синмарзо хьо,
Бу те хьо, синхьегам, лешам???
Лазам бу, сан дагна - м хьо!

Хьох тардеш, маьлхан нур къегар,
Б1аьсте а, зазза - 1алам хьох...
Амма ас хьох олу, - белам,
Есаллехь бисарна хьо!
Р.А.А.

Р. Айзина.

Лазам а хуьлуш бу - безам,
Бекхам а хуьлуш бу иза.
Седанал къегаш а - безам,
Мостаг1ал наггахь и къиза..

Х1етте а - Делера совг1ат,
Хетало сунам хьо, безам.
Реза ю  хьоьх дагайуьлуш,
Лела хьо сайн дагчохь къуьйлуш.

/Медина Ис./

******

Цкъа хьостий деладеш,
1овжадой делхош,
Вайн г1ийла синош ду
Дуьнено ловзош...
Вайн майра дегнаш ду
Куралло 1ехош,
Зоьртала дог1маш ду
Цамгарша эегош....
Зама ю дахаран
Орамаш хедош,
Толаман байракх ю
1ожалле кхийдош...
Вайх цкъа а ца хилла
Дуьненан дай,
1ожалла ю эла,
Ткъа дахар, - лай!

2006


Резванова Айза

Дохко дийла 1амарал а хьалха,
1ама деза ларйан амал талхарх.
Вай кьинт1ера  ваккха веза Дела,
Цуьнан оьг1азлонах деза кхера.
*****


Безаман ма хила эла,
Хиллане ма хила лай.
Хила хьо безамна кьера,
Тешаме ирс кхолла шайн.
Р А.А.

Адамаш дукха ду лелаш,
Девзаш, ца девзаш а, дезаш.
Хаало и деган хьехе,
Беьча кхаь, йостуш цхьа кьайле.

Р.А.А




Резванова Айза

Вай ду - те, замано сихдина,
Я зама сихйина вай??
Вай г1ерта нека деш хих довла,
Генахь а доццушехь т1ай...

Тахане ца лоруш, кхане схьа,
Ма еха, им йог1ур яй...
Шен буолар ца цатахош замано,
Д1абевлла эзарнаш дай.

Йиш - ваша д1ататтий нахаца,
Гергарло ма леха хьайн.
Хьайн наха сий деш хьо ца ларахь,
Хетар ву хьо, цхьалха лай...

Тулг1е а х1ордах д1а къаьстинарг,
Г1амарлахь лар йоцуш йов.
Вон - дика шен нахаца ца лаьхнарг,
Адамашна вицлой д1авов...

2003


Соьцаберг ца хеташ толам, я эшам,
Хьо - м, ваша а ца веши, ойланех сан.
Делахь а заманан йохалла лела'ш, 
Лаьар - кха хьо кхача цу ирсе цкъа.

Цул т1аьхьа сайн деган уьйраш  д1ахедош,
Хьоьца долчу гергарлонах тукур таса.
Цу ирсехь хьо  вуьтуш, хьуо маьрша ваха,
Хьоьцана дуьтуш  сайн са диъна дакъа.
Р.А.А


Хьуна - м, иэшац соьгара бала,
И байба ахь цайо г1айг1а.
Сан са - м, кийрара хьаладала,
Г1ерта йаккха ойла маьлха.



Резванова Айза

(Д1ондин совг1ат лоруш)

Диси дериг,
Лехнарг, хьегнарг, карийнарг а,
Диси лела, лело,  эешахь, ца эешахь а.
Т1аьхьа делха меле - къилахь ша  делахь а,
Кху дуьненахь хьиекъа диснарг  эзаршкахь.

Хьан вахар а дуьсур ма ду иштта цкъа,
Ахь дитинарг лелар ду хьан йохуш ц1е.
Дика - вон а дуьсуш ду хьан некъа т1ехь,
Маьрша, я кайетташ даха,
дуьйцуш шех.

Дуьне довза веъна, лелла дуьненахь
Иза вахна шен лар йуьтуш лаьтта т1ехь,
Дуьне довззалц ваха шен хан ца хиллехь а,
Шен са хьеста дуьтуш совг1ан махканна.

Шен Даймехкан,
Нохчийн къоман к1ант хилар,
Дуьненна а шен къоман сий гайтар ду.
Безамца шен махкахь муьлхха дика дар,
Т1аьхьене шен ц1арца йовхо кхийдор ду.

Дала декъал войла Султан



Де дика дойла шун, массер а!
Шух х1оранга а ладуьйг1и ас.
Дахарехь кхечарна хилларг сов боккха аса ларахь а, сайн кхолламо сан синбарам ца бустуш, синтохар диначу сан синх1оттам деруо бара кху шерашкахь. Делахь а, Аламадан беркатца, х1окху йаздархойн тобанца  нисъелчахьана сайн сина дарба а, синтем а карийна аьлла хеташ йу со.
Со ала г1ертарг, сайна вас хилча цхьангера, ойла а йой дохко йолу со, суо бехке хеташ. Ас собар динехь эццехь, цо аьллачунна т1е тайча а йолар - кх, со, бохучу ойланашца, сайна вас йинарг а къинт1ера воккху. Кхул т1ахьа а, Даламцкълахь сайна т1ехь болх бийр бу, иманца ч1аг1луш.
Шу сан йиш - ваша санна ду суна, х1ора а.
Сайн байташна а, кхин долчу белхашна а  критика йар, сайна ларамца тидам бар хета суна.
Цу т1ехь вас хила бакъо йац.  Дала т1аьхье беркате йойла вайн массер а!
Дала дебадойла шу, хьекъале адамаш!



Время пройдёт  как родник ручейком,
Расвет поменяет закат чередом.
Только я буду ждать тебя тихо, тайком,
С слезами в глазах, но на сердце теплом.

Хьан деган хьехахь малх бу  сирла,
Шен з1аьнарш дегнашчу кхачош.
Ницкъ болуш массо а дегнийн а,
Ойланаш б1аьстенах къаго.

Дела реза хуьлда хьуна, Илман!

* * *
Движенья души осуждает скептический разум,
И он не воспримет моё утвержденье всерьёз,
Что в жизни ещё не увидев друг друга ни разу,
Мы оба синхронно создали Вселенную грёз.

И в ней мы с тобою прописаны в царстве печали,
Но врозь проживаем на улице тихой мечты.
И нас обступают разлукой чернённые дали,
И мутные ливни сомнений текут с высоты.

Надежда – вот наша с тобой ежедневная пища,
И в честь её тикают ходики наших сердец.
Спонтанно мы выбрали разные формы жилища:
Я - башню из грусти, а ты – иллюзорный дворец.

И, если когда-то отметим мы встречу свою,
Нам будет казаться, что это случилось в раю…

© Ильман Юсупов

Из цикла "Сонеты о любви".

Къоман муьлххачу хьолан ц1ена бух биллархой мехала бу. Бух ц1ена хилча бен ца  ч1аг1ло орамаш. Орам ч1ог1а хилча къега бохь. Дала т1аьхье беркате йойла вайн


Малх д1акерча,
Шена т1аьхьа йуьтуш лар,
1алам  хьоьжу  маьлхан лорах хилла там.
Дуьне хьоьстуш,



Вай стенна къаьждо - те, Нохчийн къам?
Тайпанаш къаьстадеш


Резванова Айза

Махо нехаш т1е хьекхарх,
Шек ца болу т1улг.
Гам'о цо шен лелорах,
Дуьхьло цайо цуьрг.

Нехаш ягош, малх бохло,
Юьтуш царах гам.
Ткъа дог1ано т1улг  ц1анбо,
Лаьттах иэйеш чан.

Иштта хуьлу вайн дахарехь,
Адамаш юккъехь хьал.
Х1орамма а шен ойланца,
Йо шен дагна кхел.
21.02.2021

Р.А.А.

Г1а дужуш хан йог1у,
заза дужуш хан йог1у,
Цхьа дагахь доцучахь,
са дужуш хан йог1у.
Г1а денло б1аьстенца,
заза досту бошмашца,
Са дац - кха, кхин денлуш, цхьанна а заманца.
2022


Резванова Айза


Резанова Айза
1аьржа марчо

Буьйса йоьлху тховса, тийна,
1енаш шийла дог1анех.
Йишас дуьйцу хиламех хийла,
Мацах лайна  баланех.

-"Тховса - м, яц кхин иштта шийла,,
Олуш дуоли  къамел цо.
-"Ткъа и шело, буто чилла,
Хилла йиси сан дагчохь.

Седарчий а левчкъинера,
Цалууш ган и харцо.
Бода лаьтта боьссинера,
Хилла маршонна  марчо.

Ц1ен муьргех ц1ий б1аьргех даллал,
Къиза белхош  зударий.
Дуьхьло йинарг тоьпаца вожош,
Дацара доза къизаллийн.

Х1ора х1усамехь  наб йойъуш,
Кхаьчча санна денц1а шаьш.
Х1усамдай а ара тоьттуш,
Хебабора, чехабеш.

Цомгуш нана меттахь лелош,
1ийна цхьаъ бен воцу к1ант..
Ваьккхира ара, "Пошол!,, олуш
Белха буьтуш ненан б1аьрг.

Хиллачух ша цакхетарна,
"Со схьавог1хьуна, Нана!,,
Аьлла и сатийса юьтуш,
Во1 д1авигара, воккхуш пана.

Кхин шен ненах дерг цахууш,
Сингаттамо са дууш.
Д1айелира кхойтта шо зама,
Нана д1айай каш  доцуш.

Кхин дуьненахь вахарх дукха,
К1ентан б1аьрг ца бели серла.
Ненан б1аьрхиш лагчу 1енаш,
К1ентан ирс ирс ца дирзи духа.


Воьвзарий хьуна...

- Ассаламу – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со?
Суна хьо – м бевзара...

Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш цу кийрахь мийланарг ву со!
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо марзбинарг ву со!

1уьйренца дашочу з1аьнарийн маша
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь цу малхо бузара.
Цу т1улгийн ламанех, самукъне хьаьрчаш,
Кхийссалуш, и сирла шовданаш ловзура.
 
Бесс– бессара шакаршца эшаре  дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь олхазарш декара.
Б1аьстенца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваие г1уьттура.

Баьстенан зазанах седарчий къегий,
Бода д1акъехкабеш, бетта са даьржара.
Куц хазчу 1аламах Ойланца хьерчий,
Сан ненан са т1ома, 1аьршашка долура.

Хьоьгарчу марзоне сатийсам г1оттий,
Шовданийн аьзнашца мукъаме йолура.
Юха а къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу Терках и елхаре йоьдура.

Стогаллин амал т1ехь, кхиуо къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн амалаш хьоьхура.
Дайн оьзда г1иллакхаш шайн кийрахь кхиош,
Бехачу мехкарийн сий лаккхахь гойтура.

Генарчу Сибрехахь, Хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен т1аьхьаьнна йоьхуш,
Даима до1ийца цо  Деле доьхура.

Халонийн, харцонийн дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан Некъа со ваьккхира.   
Мерзачу сих хедда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц хьох тохар дийхира...

- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м бевзара....

Сийлахьчу хьан ц1еран декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со!
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчо ву со!

2012


Резванова Айза


Резанова Айза
1аьржа марчо

Буьйса йоьлху тховса, тийна,
1енаш шийла дог1анех.
Йишас дуьйцу хиламех хийла,
Мацах лайна  баланех.

-"Тховса - м, яц кхин иштта шийла,,
Олуш дуоли  къамел цо.
-"Ткъа и шело, буто чилла,
Хилла йиси сан дагчохь.

Седарчий а левчкъинера,
Цалууш ган и харцо.
Бода лаьтта боьссинера,
Хилла маршонна  марчо.

Ц1ен муьргех ц1ий б1аьргех даллал,
Къиза белхош  зударий.
Дуьхьло йинарг тоьпаца вожош,
Дацара доза къизаллийн.

Х1ора х1усамехь  наб йойъуш,
Кхаьчча санна денц1а шаьш.
Х1усамдай а ара тоьттуш,
Хебабора, чехабеш.

Цомгуш нана меттахь лелош,
1ийна цхьаъ бен воцу к1ант..
Ваьккхира ара, "Пошол!,, олуш
Белха буьтуш ненан б1аьрг.

Хиллачух ша цакхетарна,
"Со схьавог1хьуна, Нана!,,
Аьлла и сатийса юьтуш,
Во1 д1авигара, воккхуш пана.

Кхин шен ненах дерг цахууш,
Сингаттамо са дууш.
Д1айелира кхойтта шо зама,
Нана д1айай каш  доцуш.

Кхин дуьненахь вахарх дукха,
К1ентан б1аьрг ца бели серла.
Ненан б1аьрхиш лагчу 1енаш,
К1ентан ирс ирс ца дирзи духа.


Воьвзарий хьуна...

- Ассаламу – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со?
Суна хьо – м бевзара...

Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш цу кийрахь мийланарг ву со!
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо марзбинарг ву со!

1уьйренца дашочу з1аьнарийн маша
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь цу малхо бузара.
Цу т1улгийн ламанех, самукъне хьаьрчаш,
Кхийссалуш, и сирла шовданаш ловзура.
 
Бесс– бессара шакаршца эшаре  дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь олхазарш декара.
Б1аьстенца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваие г1уьттура.

Баьстенан зазанах седарчий къегий,
Бода д1акъехкабеш, бетта са даьржара.
Куц хазчу 1аламах Ойланца хьерчий,
Сан ненан са т1ома, 1аьршашка долура.

Хьоьгарчу марзоне сатийсам г1оттий,
Шовданийн аьзнашца мукъаме йолура.
Юха а къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу Терках и елхаре йоьдура.

Стогаллин амал т1ехь, кхиуо къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн амалаш хьоьхура.
Дайн оьзда г1иллакхаш шайн кийрахь кхиош,
Бехачу мехкарийн сий лаккхахь гойтура.

Генарчу Сибрехахь, Хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен т1аьхьаьнна йоьхуш,
Даима до1ийца цо  Деле доьхура.

Халонийн, харцонийн дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан Некъа со ваьккхира.   
Мерзачу сих хедда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц хьох тохар дийхира...

- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м бевзара....

Сийлахьчу хьан ц1еран декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со!
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчо ву со!

2012


Резванова Айза

Воьвзарий хьуна...

- Ассаламу – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со?
Суна хьо – м бевзара...

Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш цу кийрахь мийланарг ву со!
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо марзбинарг ву со!

1уьйренца дашочу з1аьнарийн маша
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь цу малхо бузара.
Цу т1улгийн ламанех, самукъне хьаьрчаш,
Кхийссалуш, и сирла шовданаш ловзура.
 
Бесс– бессара шакаршца эшаре  дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь олхазарш декара.
Б1аьстенца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваие г1уьттура.

Баьстенан зазанах седарчий къегий,
Бода д1акъехкабеш, бетта са даьржара.
Куц хазчу 1аламах Ойланца хьерчий,
Сан ненан са т1ома, 1аьршашка долура.

Хьоьгарчу марзоне сатийсам г1оттий,
Шовданийн аьзнашца мукъаме йолура.
Юха а къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу Терках и елхаре йоьдура.

Стогаллин амал т1ехь, кхиуо къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн амалаш хьоьхура.
Дайн оьзда г1иллакхаш шайн кийрахь кхиош,
Бехачу мехкарийн сий лаккхахь гойтура.

Генарчу Сибрехахь, Хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен т1аьхьаьнна йоьхуш,
Даима до1ийца цо  Деле доьхура.

Халонийн, харцонийн дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан Некъа со ваьккхира.   
Мерзачу сих хедда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц хьох тохар дийхира...

- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м бевзара....

Сийлахьчу хьан ц1еран декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со!
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчо ву со!

2012





Чилланан беттан 24 - чу дийнахь, С.В. Михальковн ц1арах йолчу НР - н  берийн библиотекехь  берашца а, церан хьехархошца а, къоначу,  йешархошца а цхьанакхетаре кхакханера со, цу библиотекан Директор йолчу Миланас а, цу библиоткехь  Нохчийн къоман берийн библиотеке   Детская Библиотека: Республиканская  детская библиотека им.С.В.Михалкова.Клуб" Книгомания".Цель клуба интелектуально-творческая развитие молодежи..
[24.02, 21:18] Детская Библиотека: Руководитель и ведущая клуба Хажаева Деши.В сегодняшнем заседание приняли участие уч-ся 6х классов гим /5 под .руководством..Б. Исаковой;С. Ибаевой и А. Саидова
[24.02, 21:21] Детская Библиотека: А также уч-ся 6х кл.Сош/ 3 с.Автуры.
[24.02, 21:21] Детская Библиотека: Кл. рук. Джамалханова Луиза Ильясовна

Директор Эдиева Милана Бадрудиевна.


Са маьрша хила деза. Некъаш маьрша хиларх а, са  йийсарехь долчуьнан  дахар парг1ата цахуьлу.
Р.А.А.

,,Тап" аьлла тийна ду нохчийчохь,
Х1ора а веха  ладоьг1уш .
Сингаттам бу хьиег1аш дегнашчохь,
Хиларх т1ом  украинехь.


Резванова Айза
Беха некъ бу

Беха некъ бу, дахарехь ас бинарг,
Йисте кхочуш лаьтта х1инца со.
Мерза безам, сан дахарехь хилларг,
Генна т1аьхьа сецна суна го.

Дега безам, юха хьаьжчи гушшехь,
Со жималло чехайора д1а.
- Д1а ма хьежа, - бохуш, - и, хьо эешахь,
Кхочур ву хьо лоьхуш т1аьххье схьа.

Къегий йоьлуш, дог сан дохуш кура,
Хьоьстуш, дахар хаздеш суна сайн.
Ткъа жималло мотт сан сеца бора,
Суна хьалха дуьллуш дашо т1ай.

Дахаран некъ кхечи х1инца йисте,
Хих со ели, лоьхуш ирсе т1ай.
Ткъа ирс хилла, сан безамах доьзна,
Цунах суна диснарг, дуткъа тай


Даймахкахь бен къам ца кхуьу. Шен къомехь бен мотт ца кхуьу.
Р.А.А.


Вай вешан лаамаш кхолламна хьоьху,
Кхолламо дуьненахь шен бакъо лоьру.
Р.А А.



Raja Tag
Вас цахилар доьху ас, кху сайн къамелах!
Иштта йуьйцу вай харцо. Кхечу махка д1абаханчу мух1ажарша шайн берашка шайна луургца дойту, 1едална луург бен. Я церан мотт а ца буьйцуш нохчийн мотт а ца буьцийту. Кхечу пачхьалкхехь церан бакъонаш санна вешан пачхьалкхан бакъонаш а ларйан йезаш йу. Ца ларйинарг воьхна лела. И бераш бехке дац цу т1ехь. Уьш т1ом д1абаьлча дина, кхиъна а бераш ду. Вовшашца къийссал а, т1емаш беш йайъал а йац вайн дахаран зама. Шен махкаца къийссинарг махках волу. Шен махкахь бен шен къам а, мотт а ца кхиало. Ц1ера даьккхана х1аллак дина вайн къам. Ц1абирзича вайн Дайша и шаьш лайна баланаш бахьана долуш, доьзал х1аллак ца хилийта, къевлина шайн кийрахь и баланаш а худуш, т1аьхьенна дихкинера 1едалца къийссар. Къам кхиорхьама дара и дериг а. Вай ойла йан йеза. Дала иманехь нисдойла вай!
Дала т1аьхье беркате йойла вайн!


Бакъонаш а, Бакъдерг а дийци вай?
Кхечу пачхьалкхашка д1абахча церан бакъонаш санна ларйан йеза вешан къоман бакъонаш а, г1иллакхаш а. Нехан махкахь шен къам ца кхиало, шен къомехь бен мотт ца кхиало. Къам а, Мотт а, Даймахкахь бен кхуьуш дац. Ткъа Даймохк цхьаъ бен хуьлуш бац.  Дала 1алаш дойла Хьо, Нохчийн къам!  Аллах1а барт цхьаъ бина, маьрша даха ирс лойла массо а къаьмнашна кху  дуьненчохь!

Вайн дайшна йевзинера махках довларан халонаш. И шаьш лайна баланаш вайга ца лелабайта цара олуш дара ,,1едалца къийссинарг махках волу."
,,Хало ца лайча, аьтто ца хуьлу."
Вайн хьекъалечу дайша дитинчу весеташка ладег1а а деза. Церан маь1на деш, масална лело а деза уьш.
Дала т1аьхье беркате йойла вайн!


Резванова Айза
Адамаш, хуьлий - те, адамалла йоцуш?
Нохчий а хуьлий - те,  нохчалла йоцуш?
Бусулба хуьлий - те,  къинхетам боцуш,
 Йа Аллах1, иманехь нисдехьа тхан дегнаш!

*****

Хьекъалца бен иман ца хуьлу.  Иманца бен тешам ца хуьлу. Тешамца бен ницкъ ца хуьлу. Ницкъ ца хилча собар ца хуьлу. Собар доцчуьнан бух ца ч1аг1ло.
Бух ца хилча бохь ца къега.
Шен дайбаьхнчух бен Даймохк ца хуьлу. Даймахкахь бен къам ца кхуьу. Къомехь бен мотт ца кхуьу.
Даймохк а, Ненан мотт а боцчахь марзо ца хуьлу. Марзо йоцчахь барт ца хуьлу. Барт боцчахь ирсе дахар ца хуьлу.
Аллах1а т1аьхье беркате йойла вайн!

Аллах1а бертаза шен махках ма воккхийла цхьа а!


Рецензии