18 - я папка
Дуьненах, я хьох а, со ца кхийти.
Ма хала хила-кха малхана лепа а,
Дуьне ца кхеташехь шеен ц1енчу сих.
1)Хадисы в диалоге, в коротких сценариях,
2)Пословицы и офоризмы
чеченских авторов, или народные.
В диалоге сценарии.
Как мы понимаем пророческие хадисы,
Или пословицы.
Йоьду со хьох дог ца дилла,
Д1о гена, хийрачу махка.
Сагатдан, хьоьга сатийса,
Ц1а еъча хьо гур ю мотта.
***
Са туьйсу ас ч1ог1а, хьо юха дерзо,
Долахьа сан ирс хьо, хьошалг1а сунна,
Ледарло сох ялахь, хир ду хьо маьрша.
Бехк баккха меттиг а хир бац сан хьоьха.
***
Х1ай дуьне! Сунна-м хьо девзий,
Хьан ц1е а керла яц сунна.
Сан ворх1е дас дуьйцуш дисна,
Хьо «дийцар», дуьсдолу сох а.
***
Кхачалахь сан ирс хьо,
Лар толлуш таьххье.
Сихачу боларца,
Дадалахь схьа,
Когашкахь ца соьцуш,
Далалахь баьрчче,
Хьо доцуш ца тарло,
Дуьненахь 1ен.
***
Лам лаьмнел лекха бен ца хуьлу,
Аьрзоно ца хоьцу шел лакха т1ам.
Адамалла вох1 стигла а кхочу,
Цундела бо Дала вайх къинхетам.
Алхьмдулиллах1и !
***
Цкъа со стигла хьоьжуш 1ара,
Суна гора мархийн ч1ара.
Ша т1е кхочушехь цо малх,
«Хьап» - аьлла, д1а кхаьлли ах.
Т1аккха къеги стиглахь ч1ара,
Боттуш, багош малхо кийра.
«К1арс»,- аьлла, и кагбели,
Ткъа малх юха денбели.
***
Ас батте хаьттира…
- Сан хьоме доттаг1а! Сийсара сан са чу са кхуллуш, са серла дог1уш, къегина, буьйсанан бода а къарбина, хилла хьан сирла нур х1унда кхоьлина !? Хьо мА г1елбелла го сунна тахана цу стиглахь, хин баса а баг1ана, сан даго мА ца лов и. Х1ун хила хьуна? Х1ун бала бу хьоьгахь? Соьга г1о далур дарий те хьуна? Дийцахьа соьга, хьайн йиш елахь.
Батто, дийцира:
- Со буьйсанан бода а къар бой, къегий, мохаца, мархашца ловзуш, седарчий хьоьстуш, лелара. Иза сан самукъне бералла хиллера. Цхьана буьйсанна мох ловза баьллера. Ткъа со, бижина 1уьллура. Мох гонаха хьевзира шеен х1иллане шок лоькхуш, со шеца ловза баларе са туьйсуш. Со ца г1оттуш 1уьллура, буькъачу боданан аганахь, мерзачу набарнца нур къуьйлуш.
Т1аьххьара а, кхин ша бохург ас ца дича, ч1ург хилла хьевзира мох.
Юха буьйса еъча мох гучу ца белира. Мархаш т1етт1а а гулъелла, вовшеха а хьаьрчина, цхьана меттехь севцера. Седарчий а вовшашка нур кхийдош, лепара. Со наб яйна, лаьтта нур кхийдош, аренашкахь а, лаьмнашкахь а, хьаннашкахь а, хиш долчу меттигашкахь а мох ца карош лелара. Т1аккха, со ойлане лоцуш, коьрте хьевзира суна, мохо т1аьххьара, ша д1абоьдуш аьлла дешнаш. Цо элира: «Хьо тховса хьала ца г1аттахь, со хьоьца ловза кхин бог1ур бац. Х1инцца, цхьа-ши сахьат д1а даьлчи буьйса д1аер ю. Т1аккха сирла малх г1оттур бу, шеен дашо к1ажарш а яржийна. Со цу къегинчу малхаца ловза г1ур бу, цуьнан дашо месех а хьаьрчаш, - аьлла.
Сан дагчу хаьттарш оьгура, муха бу те и дашо к1ажарш йолу малх? Муха г1отту и, маца г1отту те? Чу бузар а муха ду теша цуьнан? Со сайн хаьттаршна жоп лаха баг1ара. 1уьйранна гучу болучу малхе хьажа дагахь сецира со. Мохо сов хаза дийцира цунах. Иштта дуй теша иза? Ткъа мох а гур сунна цигахь, - бохучу, ойланца.
Жим-жима бода д1а тоьттуш, ц1ий елла, хазъелла д1ах1оьттира 1уьйре. Сох лаьчкъаш санна, гучу ца болуш, хьебеллира малх. Ткъа мохо йийцина дашочу з1аьнарийн к1ажарш яьржира, дуьне мел ду. Со царах тамаш бина ца болура. Т1аххьаре а бела а белла, мархийн кирхьа цхьа жима д1а а теттина, схьа хьежира малх. Юха а эхь хетта, лечкъира, мархийн кирхьана т1ехьа. Мархех чекх юьйлуш, сан б1аьргаш чу хьоьжура цуьнан з1аьнарш.
Со иза гучубаларе хьоьжуш 1ара. Т1аьххьаре а, лерина сан дуьхьа кеч белча санна, мархаш д1аса а тетина, къежа х1оьттира малх. Сан дог саде1ар ца тоьуш, эццахь г1орийча санна сецира. Со цуьнан хазаллех тамаш бина ца болуш, суьйре т1е кхечира. Ткъа малх, суьйренца, шеен духар а хийцина, кхин а хазбелла, къайла белира. Со кханенга сайтийса бисира. Х1етахь дуьйна, буьйсанна нур къега сан, са хилча маьлхан з1аьнарех а хьаьрчаш, безамах ирс оьцур ду ас бохучу ойлано хьоьстуш, х1инций-х1инций малхо шеен безаман нур кховдийна, дог парг1ата доккху бохучу ойланца, безамах дог дилла ницкъ ца кхочуш, безамо г1елдина нур, сатийсамо юха а къагош со лела, хийла эзар шераш д1а ихи. Ткъа сан безам г1елбала туьгуш бац. Сатийсам а мерза хетта, къастарал.
Жимниг
Б1аьстенан юьххьехь котамо даьхна к1орнеш, кхиина дог1ура. Царах цхьаъ, Жимнаг ц1е йолуш дара. Жимнаг кест кеста н1аьнех кхайкха х1уттура, керт боьххье а йолий,- «1уь -1уь1, 1уь -1уь -1уь1, 1уь -1уь1», - бохуш, мохь беттара цо. Т1аккха ша шех йоккхаеш, ши т1ам тухура, хилла яьллачу котаман борг1ало санна. 1уьйранна д1ах1оьттина н1аьна- к1орни делкъенга яьллера кхайкха 1емаш. Т1аккха еъъана схьа х1оьттира, делкъа хан кхайкхо еана борг1ал.
Цо хаьттира:
-Хьо х1ун деш ю, кху керт боьххьехь?
-Со кхойкхуш ю,- жоп делира, н1аьна-к1орнено.
-Кхойкхуш юуу…. Ткъа муьлха хан ю ахь кхайкхош ерг ?- хаьттира борг1ало.
-Со, со,- аьлла, жоп дала ца хууш йисира н1аьнан к1орни.
Цу балхах кхеттачу борг1ало, юха а хаьттира:
-Хьан ц1е х1ун ю?
-Жимниг, ю.
-Жимниг, т1аккха цкъа а, хенаш кхайкхиний ахь ?
-Со тахана 1уьйранна д1а х1оьттина, делкъа хан хиллац кхойкхуш ю,- жоп делира Жимнига.
-Ха-ха-ха. Цундела ю-кх, йиш хаьлла. Цхьаммо а ца хьехна хьуна муха, я маца кхайкха еза.
-Ца хьехна.
-И х1ун ду ткъа, ца хьехна бохург? Делахь - х1ета, тахана дуьйна ас хьоьхур ду хьуна, муха, я маца кхайкха еза. Ткъа ахь дика ла а дуг1уш схьалаца деза. Барт хиллий вайшинна?
-Хила. Со реза ю, - аьлла, т1емаш а тоьхна кхайкха г1оьртина, юха а 1уь1-1уь1,- аьлла, кхосса елира Жимниг.
Юха а, борг1ал елаелира, цу к1орнийн леларах сакъераделла:
-Ха-ха-ха. Ткъа х1инца ас делкъа хан кхайкхор ю. Ахь тидам беш, ла дог1а,- элира борг1ало.
- Дика ду,- аьлла, ладог1а х1оьттира к1орни, шеен хьехархочух йоккхаеш.
Т1аккха борг1ал кхоссаелла керт т1е хьала а яьлла, кертана боьг1начу хьокха боьххье а яьлла, «ах1а – ах1а», аьлла шен аз а тодина, корта хьала а берзийна, зевнечу озаца, кхайкха х1оьттира.
- 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1уьй1,- бохуш, юкъ-кара са а до1уш, кхузза кхайкхира иза.
Жимниг цуьнга хьоьжуш, корта а айбина лаьттара.
Т1аккха Борг1ал шен т1емаш тоьхна, дега а дина, цул т1аьхьа керт боьхьера чу кхоссаелира.
Цул т1аьхьа хаьттира н1анан к1орнега:
- Т1аккха, Жимниг, реза юй хьо вайн балхана?
Жимниг кхоссаелира, т1емаш а тухуш:
- Реза ю. Хьан йиш елахь дешар х1инца д1адоло лууш ю со.
- Вайшимма дешар д1адолор ду, т1аккха. Хьалха ас хьуна хьоьхар ю хенаш. Денний, буьйсанний юккъехь моссаза кхайкха еза дуьйцуш. Т1аккха хьаша вог1уш, кхаъ кхайкхо хьоьхар ду. Х1инца ахь ла дог1а соьга лерина. Денний, буьйсанний юккъехь уьссаза кхайкха еза.
Уггара хьалха: Таханалера де-буьйса чекх а даьлла, кхане йолалуш шозза кхойкху, буьйсанна шийтта сахьат даьлча. Шолг1а кхойкху хьо, 1уьйкъанна кхо сахьт даьлча. Кхозлг1а кхойкху, 1уьйранна ялх сахьат даьлча . Доьазлаг1а кхойкху, де делкъенга доьдуш, исс сахьт даьлчи. Пхоьазлаг1а, делкъе кхайкхайо, шийтта сахьт даьлча. Ялхазлаг1а, делкъал т1аьхье кхайкхайо, кхо сахьат даьлча. Ворх1алг1а, суьйранна ялх сахьат даьлча кхойкху. Барх1азлаг1а, исс сахьат даьлча, адам чу дирзиначул т1аьхьа. Уьссалг1а, буьйса юккъе яг1ар кхайкхадо, буьйсанна шийтта сахьт даьлчи. Юха а шозза кхойкхуш, кхане йолайо.
Хенаш кхайкхош корта хьала берзо беза, х1инцца делкъе кхайкхош ас санна. Х1инца хьаша вог1уш кхаъ кхайкхорах дерг дуьйцур ду ас хьуна. Хьаша варах хаам беш, керт боьххье яла ца оьшу. Цунах дерг х1усама чу а йоьрзий кхойкхуш хьо хилча, х1усаман да а, нана а кхета. Цул совнаха, дика борг1ал ехачу кертахь, кхечу керташкара борг1ал кхойкхур яц. Кхин борг1ал хьо ехачу кертахь кхайкхар, цо хьан кертахь дола дар ду. Кхин борг1ал хьайн котамашна а, кертана а дола дан а, улле хьийза а кертахь йита ца еза. Ша ехачу кертана а, шеен к1арийна а дола деш хила еза дика борг1ал. Иштта ца хилча, кхечу керташкара борг1ал ян а йог1ий, хьан кертахь олалла деш, к1ара д1а йоккху борг1алера. Т1аккха, «шеен к1арина а, котамашна а дола деш йоцчу борг1алах кхин бала пайда бац, яйчу тасар бен»,- олий, х1усаман да сиза яйчу тосу. Иштта бу вайн кхоллам а, дахар а. Реза юй хьо, цу балхана.
- Со реза ю, вайн кхолламна а, кертана дола дан а, хенаш кхайкхо а, хьешах кхаьънаш даха а, нагахь сох к1илло хилахь, со яйчу тасийта а,- аьлла, жоп делира, Жимачо.
Цхьа пхьагал хилла хьуьнан ц1азамаш дууш, ловзуш, йиш лоькхуш, самукъа даьллачохь д1аса хьежчи, ша х1инца стенга кхаьчна ца хууш йисина иза. Т1аккха цо мохь тоьхна:
-Х1е-х1ей! Сираниг!- аьлла, шеен накъосте.
Цхьа а дуьхьал вист ца хила, амма дуьхьала шайт1анан мохь беана.
Сирниг-ниг-ниг-ниг, бохуш. Иза кхераелла д1алачкъа яхана, цхьана дитт к1еларчу г1аш юккъе йоьлла. Цу г1аш юккъехь йижана 1уьллуш йолу ча хьала иккхина, цо аьлла:
-Мила ву хан йоцчу хенахь сан чу г1ерташ вверг?
-С-с-с-с-со ю,-аьлла пхьагало.
-Ахь х1ун лела до?- хаьттина чано.
-Со-со-со, кхера елла, лачкъа еана яра.
-Хьанах, я хьан кхерина хьо.
Резванова Айза
Марзонца....
(Алханова Майсина)
Майсик, Майсик, хьомениг,
Хьо сан деган цхьа киртик.
Зама едда йоьдуш ю,
Вай ца гуш 1ер муха, и?
Тахна-кхана бохуш даго,
1алашонца некъаш до.
Ткъа кхолламо шенаг къаго,
Деган некъаш хедадо.
Куьг кховддол бен яц кхи генахь.
Вайша-м вовшен т1е ца кхача,
Зама кхаччалц уьду-кх ши хи,
Вовшах кхета сатийсамца.
Шовдана чохь жовх1ар санна,
Ойла къегаш хьох дагчохь.
Со цу ирсах х1унда хьогу,
Вайша йоллушехь са чохь.
Майсик, Майсик! Дукха яхарг,
Хьо хилалахь х1инца чохь.
Б1аьрг, дог хьаста со хьо йолчу,
Йог1у 1аба марзонах.
Резванова Айза
Хаза кхаъ……
Даймохке йоллу со,
Хаза кхаъ баккха,
Боданах къастийна,
Са маьлха даккха.
Йоллу со пхенашчохь,
Ц1ий ловза даккха.
Ирс даьгна цахиларх,
Теш хилла г1атта.
Даймахкахь йоллу со,
Са маьрша даккха.
Тешаме к1ентан ц1е,
Иллешка яккха.
Йоллу со, баркаллин
З1аьнарийн хьаьттахь,
Вежарийн сий дина,
Х1олламах латта.
Даймахках йоллу со,
Марзо, ирс эца.
Сина т1емаш даржийна,
Ойла д1ахеца.
Сайн дагна гергара,
Адамаш деза.
Дог 1абош, шовданех,
Церан сих кхета.
Йовр йоцчу марзонан кхел…
Хьох бина сайн сина хьегам,
Хилла хьан безаман лай.
Леллера со жимчохь дуьйна,
Хьо гар а ирс хеташ сайн.
Сан дог а шех кхача хила,
Лаьттинарг безамна хьан.
Дити ахь са туьйсуш 1илла,
Байина дуьненах чам.
Шерашкахь къийлина ойла,
Сатийсам, и мерза хан.
Ца туьгуш 1одика-гойла,
Д1аели шех хилла г1ан.
И яра безаман амал,
Йовр йоцчу марзонан кхел.
Ца бустуш сан синан барам,
Дог къуьйлу цо хьийзош гел.
Хьоме махкахой! Дехар дара сан, массо а ненан а, доьзалийн а, массо а бусалба адамийн а ц1арах, к1оргера ойла ейша: Вай дуьненчу хьа кхоьллина, х1унду вайн керахь??
Вайн керахь х1умма дац, вай кхоьллинчу Делан керахь ду деригге а.
Иштта-м ду, делахь а вешан ницкъ мА ббу вешан г1уллакх кхочуш дан а мА хьовсу вай, иза ваьшна оьшуш хилча. Масалла; зуда яло ара довлу вай, кхин деригге а диц а дой, вешан лаам кхочуш бо, захало дуьйцуш, юккъехь аьшпаш а магабо вай. Яла йо вешан х1усаме, дуьне довзаза, б1аьргаш чохь лехам бен х1умма доцуш долу экама зудабер . Амма ялиначул т1аьхьа, говр санна д1а а южий, вешан ц1ен т1ехь яца йо. Дешар, балха яхар а ца мага до. Ткъа жимачу цу йоь1ан схьа а ялийна, кхин д1а боьду дахаран некъ хадо х1унда мага до вай ваьшна. Чохь, кертахь г1уллакхаш деш, чура марзахошца а, вог1у, воьду хьешаца а г1иллакхах ца юхуш чекх яла г1ерта и нус, массо а х1уманна ша бехке а хеташ. Т1аьххьара а доьзалаш кхиъча, царна а несаллахь юьсу иза, 1илма девзаш ца хилар бахьана долуш. Ткъа бехке мила ву цуьнан дахар массарна а когаш к1ела дилларна? Цунах тахана дуьненахь а, кхана дог1учу къемата дийнахь а жоп дала дезаш волу цуьнан майра ву. Муха лур ду теша цо цунах жоп Далла хьалхахь. Шен да-нана, я йиш-ваша бехке дарах вер вуй теша иза цуьнан къинах к1елхьара? Ишттачех цхьаъ ю, сунна жимчохь шеен оьздачу г1иллакхашца, ц1еначу ойланашца, мерзачу безамца дагчохь йисина йолу, Элита.
Астраханехь дехаш дара тхо. Джамалдас зуда ялийна бохуш дуьйцура. Ткъа Джамалд жимстаг вара, тхан лулачохь вехаш. Иза «заготовитель» болх беш вара. Ханна жима елахь а, дег1ана зоьртала а йолуш, горгачу беснеш т1ехь, елаелчи цхьа хаза к1аг а х1уттуш, къинхетаме, комярша деладелла б1аьргаш а долуш яра иза. Сунам х1еттехь дагчу йижара иза.
Ча-баба санна, оьг1азе буьрса,
Дог1ане к1озаргаш яржийна стиглахь.
Малх лаккхахь къегина,
Дуьненна цо серло елла.
Синош а хьаьстина,
Аьхкено лелийна, тишделла 1алам,
Мажделла баьццара кузаш.
Зарз ъеллачу мархех чекх дуьйлу ладар,
Хебайо малхо шен з1аьнарш.
Х1ун дер ткъа Элита, иштта ду дахар,
Цкъа кхача-м кхочур ду схьа ирсан дакъа.
Иштта а нисло дахарехь цкъац-къа,
Ирс гушехь т1ех долу, ца хьожуш схьа а.
Марша ян хьо, сан жималла,
Марша ян хьо, хаза хан.
Марша ян хьо, деган доттаг1а,
Элита, марзонан лам.
Ша кхеташ вверг, кхетаг хир ву,
Ца кхеташ вверг ваьхна вац.
Вайша санна вовшен езаш,
Цхьана кхетар эрна дац.
Сан дог дуург….
Малх схьакхеташ и чу бузуш,
Хенаш хуьйцу замано.
Ворх1 дуьненна го туьссийтуш,
Ойла йойту безамо.
Экаме дог кийрахь сецош,
Хьан амалах эело со,
1ехало хьан б1аьргийн лепарх,
И безамца хеталой.
Схьахьажа х1ай, сан дог дуург,
Цкъа дог хьостуш елало.
Хьо схьагича сакъералой,
Сан са малхах декхало.
Де-буьйсанах ца къасталуш
Къийсамехь ю ойланаш.
Деган лаам къобал бехьа,
Вайн безаман ойла яй.
Гена, гена уьду зама,
Цуьнца яхье дуьйлу вай.
Безамца ирс ца карийча,
Хета дахар деха т1ай.
Сан са хьийза, сан са гатло,
Лаьа теша ирсах вайн.
Йола соьга сан дог дуург,
Вехьа ирсе безам лой.
Хьох дийца дезар-кх…
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Хьомсарчу ненан дог хьоьстуш.
Кегийчу берийн б1аьрг белош,
Диканах дайн дегнаш тешош.
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Дайн оьзда г1иллакхаш хьехош,
Даймехкан турпалхой хестош,
Доьзалшна барт, безам хьоьхуш.
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Безачийн ойланаш юцуш.
Б1аьргашчохь ц1ерасуйнаш летош,
Безамах, ирсах дог дузош,
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Куц хазчу 1аламах эебеш,
Зевне аз шовданех декош.
Хьо бийцар дуьненна хаздеш.
Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Пондарца мукъаме бохуш.
Иллешкахь сийлалла кхайкхош.
Хастам беш, Делан ц1е йохуш.
Хьох дийца дезар-кха, Нохчийн мотт!
Шен байташкахь Шейхис санна,
Г1апура Санеташкахь санна.
Нохчийн мотт! Хьох деш дозалла.
Вевзарий хьуна …
- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.
Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш, цу кийрахь мийлинарг ву со.
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо, марзбинарг ву со.
1уьйренца дашочу, з1аьнарийн маша,
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь, цу малхо бузара.
Цу т1улгийн ламанех самукъне хьаьрчаш,
Кхийсалуш и сирла шовданаш ловзура.
Бес – бессара шакаршца, эшаре дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь, олхазарш а декара.
Б1аьстенца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваэ г1уьттура.
Баьстенан зазанах, седарчий къегий,
Бода д1акъахка беш, бетта са даьржара
Куц хазчу 1аламах ойланца хьаьрчий,
Сан ненан са т1ома 1аьршашка долура.
Хьоьгарчу марзонах сатийсам хьерчий,
Шовданийн аьзнашца мукъаме йолура.
Юха а, къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу терках и, елхаре йоьдура.
Стогаллин амал т1ехь, кхио къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн амалаш хьоьхура.
Дайн оьзда г1иллакхаш, шайн кийрахь кхобуш,
Бехачу мехкарийн, сий, лакхахь гойтура.
Генарчу Сибрехахь, хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен, т1аьхьанна йоьхуш,
Даима до1ийца, цо Деле доьхура.
Халонийн, харцонийн дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан некъа со ваьккхира.
Мерзачу сих хаьдда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц, хьох тохар дийхира,
- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.
Сийлахьчу, хьан ц1еран, декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со.
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е, ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчо ву со.
Маьлхан бен….
(лерамца)
Хазаза-м дацара, кху маьлхан бенах,
Я газа дацара, беркатан дебар.
Къера ю хьогамна, б1аьрг хьаста лиънера,
Син герга, марзонга сатийсам хиллера.
Кху юьртахь кхиънера, къонаха мехкан,
Во1, ваша, дика да вайн нохчийн къоман.
Ца хеташ шен халкъан маршонан меха,
Цо са д1аделлера, ца кхоош дег1ан.
Къийсамехь толамах ойланаш тешош,
И дага вийлинчу лаьмнех б1аьрг тоха.
Сел мерза, и безам, Даймахке кхуллуш,
Цуьнан дог дузийна, марзонаш йовза.
Ахьмад-Хьаьжа жималлехь хьистина латта,
Доггаха сий дина, куьг хьокхуш хьаста.
И къонах кхиинчу, гонах б1аьрг тоьхна,
Мохь тухуш, сайн деган хорамаш баста.
Даймехкан сий динчу къонахийн хьаьттахь,
Ахьмад-Хьаьжа хьалхарчу мог1арехь лаьтта.
Декхар ду, цуьнан ц1е яьккхинчохь халкъ а,
Цуьнан сий-ларам беш, х1олламех латта.
Ткъа тахна Ахьмадан во1 малхах г1аьтти,
Дикчу ден даггара Нохчийчоь хьаьсти.
Ден лаам кхочуш би, сий лаккха айди,
Дуьненна вайн къоман сий-ларам гайти.
Делаца гергарло Рамзана ч1аг1ди,
Маьждигаш тодина, хаздеш д1ах1иттий.
Берийн дог хьастар а, шолханиг лери:
Уьш ирсах кхелина, седарчех къагий.
Самукъне ду махкахь, б1аьстенах сирла,
Полларчех айделла, адамаш лела.
Делера къинхетам, совг1ат Цо делла,
Рамзан! Вайн Дала ша, хьо 1алашвойла.
Хазаза-м дацара, кху маьлхан бенах,
Я газа дацара, беркатан дебар.
Къера ю хьогамна, б1аьрг хьаста лиънера,
Син герга, марзонга сатийсам хиллера.
Хоси-юрт! Ирс бухах дуьйлу хьост, мехкан,
Дебийла хьан беркат, садуьйлуш денна.
Ийманехь кхуьийла, яхьйолу доьзал,
Нохчийчохь машаре малх бохуш серла.
2012
Назма
Б1аьрса а лахделла,
Т1евеънарг ца вевзаш.
Хьекъалах тилла со,
Хиллачух цакхеташ.
Тхьузбоьлла соьцу мотт,
Ца керчаш ала дош.
Къинхетам белахь Ахь,
Я Аллах1 Дели!
Ойланаш гулъелла,
Даге барт хоьттуш.
Кийрара дог хеба,
Дагаро морцуш.
Со Хьоьга кхойкхуш ю,
Са карзах дуьйлуш.
Къинхетам белахь Ахь,
Я Аллах1 Дели!
Со орца лоьхуш ю,
Малхе б1аьрг хьежош.
Мерза са 1ехош ю,
Кхачанаш хьехош.
Дилхан дог хьоьсту ас,
1ожалла чехош.
Къинхетам бехьа Ахь,
Я Аллах1, Дели!
«Велларг бен вац»,- олу,
Валарах ваьлла.
Седарчийн лепар а,
Кхуоларшка даьлла.
Сан деган мерзаш шун
1одика йойла.
Къинхетам белахь Ахь,
Я Аллах1, Дели!
Яздархочунна
Цуруев Шерипна
Синкъераме, синкхетаме,
Къинхетаме, къинхьекъаме,
Ойланаш хьайн дагчохь кхиийна,
Уьш йоькъуш адмашна диканна.
Ма ирс ду – кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.
Яздархой а, арздархой а,
Яздахойн ц1ергаш а, къарздархой,
Бу киншкийн киланаш юхкуш,
Ешархойн сих м1араш юьхкуш.
Ма ирс ду - кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.
Со теша и байташ кхоллало,
Хьекъале болх бойтуш хилча.
Са а дегош, дош – ам алало,
Стогалло бен дагчохь бича.
Ма ирс ду – кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.
Кхузахь
Къинхьекъаме – ойла йойтуш, к1оргера маь1ана долуш.
Арздархой – Шайн 1ийжамех язбеш берш, рифма а, ритма а, поэзии а йоцуш.
Ц1ергаш – яздархойн ц1арах лелаш берш.
Къарздархой – адамийн са ца хьосту байташ язъеш берш.
Со схьакхечи
Cо схьакхечи,
Ткъа са цигахь дисна сан,
Кхин ца 1ебаш,
Итум-Кхалийн хазаллех.
Ницкъ ца кхочуш,
Къаста лаьмнех, шовданех,
Со схьакхечи,
Ткъа са цигахь дисна сан.
Юха йоьхуш,
Логехь соьцу мерза чам.
Б1аьргаш хьоьжу,
Генахь дисна и сурт ган,
Дуьхьал туьйсу
Г1енаха а, и Башлам.
Со схьакхечи,
Соьлжа г1алахь диснарг дан.
Амма юха кхача
Ойла ю сан ц1къа.
Сама довла зезагаш
(Бакаева Селимина лерина)
Маьлхан з1аьнарш яьржина,
Серла даьлла де.
Бераш ловза даьхкина,
Маьлхан майдане.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду самукъне.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.
Кечде 1алам басаршца,
Можа, сийна, к1ай,
Олхазарша шакаршца,
Д1ах1оттийна той.
Лекха лаьмнаш хестадеш
Уьду шовданаш.
Вай Даймехкан сий айдеш,
Лоькху эшараш.
Да виса хьан….
Тешна – бехкаца вийначу нохчийн поэтна,
сий долчу хьехархочунна,
Ахтаханов Русланна лерина
Дависа хьан дуьне!
Хьо муха лаьтта те?
Дешана, даьржина ца шарлуш д1а.
Латта а муха 1а,
Хьулъеш и къайле?
Къизаллин когашка хьоьшийтуш ша.
Дависа хьан дуьне!
Хьо муха го те?
Зулам т1ехь ойланаш еттачунна.
Цуьнан дац дуьне а,
Эхарт а дац я.
Иблисо ловзош ду, и б1аьрзе са.
Дависарг, мерза Са!
Хала ду кхета,
Хьо гура дерзолл ша, къизачунна.
Ахь лучу йовхоно,
Нур серла дохуш,
Къегийла хаа малх кху дуьненна.
Ткъа малхха – м лепар бу,
Хьан г1азот хьекъош.
Нохчийн къам дехар ду хьан даггара.
Ахь делла хьекъалца,
Диканаш дебаш,
Тоьшалла кхочур ду, абаде д1а.
***
Кхиъний те хьан деган бешахь
Зезаг а ирс дала суна.
Дисний те хьан ойланашкахь,
Безамах дош ала соьга?
Я ду те хьан б1аьргаш дуьхьлахь,
Диц дан ницкъ боцуш кхин сурт.
Мацца цкъа б1аьстено дагчохь,
Шен ц1арах доьг1на цхьа чурт.
Лаьар – кха цу чурта т1оьххулахь,
Цхьа седа сан ц1арах къага.
Сан санна дог дагош хьоьга,
Кхача сан безаман дагар.
Со хьоьца еха….
Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Дилхах хаьдда са 1аьршашка даьлча,
Сирлачу седарчех ийна,
Адмашка нур кхийдо сирла,
Мерза са хьан стигла дилла.
Хьан ц1еран декъашхо хила.
Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Сих хаьдда дилх лаьтта дижча,
Лаьттан цинц сайх хилла,
Халкъана беркате хилла.
Ирс луш когашкахь 1илла,
Хьан ц1еран декъашхо хила.
Сан Дймохк! Со хьоьца еха,
Б1аьвнашна ч1аг1онна билла,
Оьшучохь т1улг метта дилла,
Нохчийчун дог кийрахь 1уьллу,
И тешамна хьуна делла.
Хьан ц1еран декъашхо хила.
***
Ахь нийса ца дийши
Сан б1аьгийн йоза.
Къорам ду ойланийн
Хьан дагца ловзар.
Сан лаам хиллера
Хьан амал йовза.
Гергарло х1илланца
Лууш яц дуоза.
Ахь нийса ца диши,
Сан б1аьргийн йоза.
Хьан зезаг кхиош дац,
Сан деган доза.
Д1абуьзна сан дагна
Йовхо лун малх.
Чекхболучу баттана,
Эшац кхин ах.
***
Со ирсах ца хьаьгна,
Тоъъал сан хилла и дахарехь.
Т1ех 1енаш ца хилла,
Са дузош 1ийна, шен барамехь.
Кхин лах – ам ца делла,
Ца кхоош декъарх д1а нахана.
Наха - а ца дуьту,
Юха схьа ца кховдош саха.
Сайн ирсан да ю со,
Т1алам бо ас и ца дагийта.
Са дилхах къаьстачу
Дозанахь, цуьнан нур къагийта.
***
Ткъа суна-м….
Хуур дац цхьанна а,
Дог догуш леллийла.
Б1аьргаша даима ,
Хьан амат лаьхнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Ломарчу шовданех.
Сох ойла кхерстийла,
Хьан деган дозанахь.
Хуур дац цхьанна а,
Ойланца яьхнийла,
Кхолламе дарбанна
Хьан безам бехнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Малхах а къегина.
Хьан б1аьргаш дуьхьлара,
Дохк яйа яшийна.
Хуур дац цхьанна а,
Г1айг1ане эгнийла.
Малхо нур г1елдинчу
Баттах со кхеттийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Хьан деган бодашкахь,
Сатосучу седанан
Серлонца къага а.
Хуур дац цхьанна а,
Безамах хьегнийла.
Дог1анах йоьлхучу
Мархех а 1аьннийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Б1аьстенан 1алам а,
Хаздечу зезагах,
Хьан дахар кхала а.
Марша г1о хьо…
(Забаре)
Марша ва хьо,
Б1аьргаш лаьхнарг, даго ваьхнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог хьаьгнарг, сан дог эцнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог доххол декъала хилларг,
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача.
Марша ва хьо,
Са айдаллал со 1ехийнарг,
Марша ва хьо,
Дог ца диллал со тешийнарг,
Марша ва хьо,
Маьлхан дийнахь некъах тилларг.
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача.
Марша ва хьо,
Со ирсе ян дакъа кхаьчнарг.
Марша ва хьо,
Со езначийн декъахь хилларг.
Марша ва хьо,
Ас ирс даллал дакъаза ваьлларг,
Марша ва хьо,
Марша ва хьо,
Хьайн са лаьттача.
Вайшиннан безаман уьйраш,
Юьйцина и дашо некъаш.
Лаьтташ ду керла ирс кхуллуш,
Безаман марзонаш хуьйцуш.
Хьо д1аводахь…..
Хьо д1аводахь,
Буьтуш Даймохк, нохчийчоь а .
Серла дуьйлуш,
Хьо ларвина седарчий а.
Лекхчу лаьмнех
Хьох йоьттина ойланаш.
Сингаттамца
Д1ахаьрцар – кха заманахь.
Хьо д1аводахь,
Юьтуш б1аьсте, зезагаш а,
Вайн ойланех
Ийна хилла шовданаш а.
Доггах боьлуш
Вай хьистина дашо малх а,
Са б1арзделча,
Леха дуьсур дахкарлахь.
Хьо д1аводахь,
Сан са диъна буьйса, де а,
Цхьана тайнарг,
Цхьана лайнарг дерриге а,
Ахь д1ахьолахь
Кхин ца дуьтуш т1ам хеца,
Суна генахь,
Ирсан декъахь, хьай ваха.
Амма соьца мерза ойла ехар ю,
Зезагашца дахаран некъ буцур бу.
Бетта коча сирла малх а уллур бу,
Сайн нохчийчохь ирсе яха юьсур ю.
***
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам - йовхоно хьаьстина.
Хьо дог1а - латта хих 1абийна,
Со з1идиг- ахь ницкъ луш яьстина.
Хьо лам - хьайн къайленех боьттина,
Со шовда - хьан къайле аьхкина.
Хьо ирс - сан кхолламо кховдийна,
Со дахар - хьо совг1ат даздина.
Хьо безам - сан дагчу кхевдина,
Со ойла - марзонах хьаьрчина.
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам - ахь ирсах къагийна.
***
Шопаршна
Могуш, маьрша шу лоьлийла,
Некъан хьовзам боцуш цхьа а.
Дахар ирсе шун хуьлийла
Балано ца 1овжош цкьа а.
Рицкъа беркате кхоьхьийла,
Т1етт1а дебаш хьанал къа.
Доккха собар шуна лойла,
Тхан нуьцкъала амалш лан.
Г1оза, декъала керчийла,
Шун машенийн ч1ургаш д1а.
Зенах, зуламах лардина,
Шу диканца кхачош ц1а.
Къонахалла йолуш волчу стеган амал
хийцалур яц, цхьаннига а,
хьашалур ю, осалаллийца.
Резванова Айза
«Эхарт, деза ду. Дуьне-м дош дацара»,- олу, цхьаволчо. Ткъа ойла йича, ишший а цхьабоьсса кхоьллина ду, Ницкъ кхочуш волчо. Эхарт лоруш волчо, дуьне а лара деза. и ший а Делан ши дуьне ду. Ша эхарт кхоьллиначул т1аьхьа, цунна доьхьал нисдеш, цу эхартаца дуьстина, нийса-нисдина кхоьллина дуьне а, сан хьекъалца дуьстича. Малхана дуьхьала, бутт нибеш. Денна дуьхьала, буьйса. Стигална дуьхьалахь латта нисдеш. Ц1еранна, хи. Хьоькхучу мохна дуьхьала, лам х1оттош. Хало къар еш, аьтто беш. Вона дуьхьала, дика нисдеш. Цамгарна, дарба, и.кх.д1. Ша дуьненчу кхоьллинчу массо а х1уманначу, са а кхуллуш. Цундела ишший а, цхьабоьсса лара деза. Дуьненчуьра д1адаьхьнарг бен эхартахь, карор дац. Дуьненчуьра д1а х1ун хьо, адамо? Ша леринарг хьо. Лара дезаш дерг х1ун ду? Дала шена дела синан совг1ат ду-кх. Муха лору ахь иза? Кхоьллинчу Далла хастам беш, хьастахьа иза. Хьастахьа иштта марзонна кхача а луш, цу сих схьадойлла синош. Кхечуьнан са хьаьстича, серла долу хьан са. Цунах шена там хуьлий.Кхечу синойх хьан къинхетам са мел бели а, Делан къинхетам са болу хьан сих.
Эх1-х1ай-кх. И деригге а синош а адамийн синош бахьана долуш кхоьллина Дала. Ойла ейша. Ма дезаш кхоьллина-кх Цо вай. Хастам бу хьуна тхан Дела. Алхьамдулиллах1, Алхьамдулиллах1, Алхьамдулиллах1.
Резванова Айза
Ца юьтуш буо хила…..
Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана!
Мохь тухуш, я г1ийла, кхайкха те со хьоьга генна.
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш тийна,
Далхаде те ас сайн дагахь дерг, есалле сийна.
Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1уллакхийн мах хадор хьан?
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а.
Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е.
Мила ву, сан Нана! Къинхетамца б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган.
Со наггахь со сайца, шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бохьуш хьайха.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, хьайгарчу марзонах хаьдда.
5.08.2012
Хьекъале хаьттина:
-Хьекъал, Эшначу хенахь, схьаэца синан кхача хуьлу хьан.
И ницкъ стенгара болу хьуна?
-Дика накъост кхетам бу сан. Цо т1алам бой д1а1алаш до ас хьегна къа.
-Кхетам, хьекъало хьо бу боху ша бечу белхан т1алам беш, иза 1алашбеш.
И ницкъ муха кхочу хьан, и лардан?
-Сан дика накъост ду, иэесс. Цо лардо шеен хусамехь ас шега д1акховдийнарг.
-Эес, ахь дийцахьа, хьуна стенгара болу и ницкъ, оццул болу бахам ларбан?
-Сан дика накъост, тешам бу. Цо ларбо сан бахам, цуьриг а галл ца болийтуш.
-Тешам, Ахь дийцахьа, хьцна стенгара болу ницкъ, еригге заманан куьзга лардан. МА боккха болх бу и?
-Суна ницкъ стогалло ло. Цо ларбо шеен бахам.
-Стогалла, ахь дийцахьа, муха тоьа хьан ницкъ?
-Яхь дика накъост ю сан. Цо даима иръеш лелайо со.
-Яхь, ахьа дийцахьа, хьуна стенгара болу оццул ницкъ?
-Эхь ду сан куьзга а хилла лаьтташ. Шена чохь цо лардо и
Ясмина….
Цхьаъ, шиъ, кхоъ,
Г1оза баккха ког.
Хьайн нена,
Ловза даккха дог.
Сан нана! Ахь г1уда лерича, тхан дахар деригге а хьуна декхарна дог1уш ду-кх. 1уьренца лаьтта 1ена маьлхан аз доцу сирла эшарш. Лекхачу лаьмнийн дийцаза дисина б1аьрсинош хьоьстуш долу ира беснаш. Заманах къона чекхбуьйлуш лаьттачу Даймехкан х1отто мах боцу оьзда бахам. Нохчийн къоман со йо1 хилар. Ма доккха декхар ду-кх иза, сан хьоме Нана, и беригге а хьан безам бу-кх. Ма онда ницкъ бу-кх цу безамехь. Нана! Цу декхарах цкъа а вер вац.
Дагчу 1ена маьлхан йиш.
Деган езарна
Хьо йоцчохь сан ойла ца соцу,
Хьуна бен дог делац сан.
Хьоь болчу безамо са лоьцуш,
Йоккху хан сатуьйсуш ган.
Яханчу заманан куьзганахь,
Хьан суьрташ ас луьсту схьа.
Сан дахар беккъа хьоь сатийсам,
Боккъал а, со-м к1ад ца ло.
Сан дагчохь хьо санна, хьан дагчохь,
Вехий те со, ягош ц1е.
Я ю те хьо дууш лерина,
Хьо езаш г1елделла са.
Къиношлахь уггаре къилахь дерг,
Ду боху, безаман къа.
Хьомениг, дош лохьа безамца,
Къинт1ера доккхуш сан са.
***
Седа хьо белахь со, нур ду хьан сирла,
Буьйса хьо елахь со, бода бу 1аьржа.
Дуьне хьо делахь со, зама ю еха,
1ожалла елахь хьо, ю хьуна реза.
Шийла 1а хьо делахь, со ло ду к1ай,
Елахь хьо б1аьсте со, баьццара бай.
Шовда хьо делахь со, тулг1е хьан сетташ,
Ц1е елахь, со йовхо, дегнаш чохь кхехка.
Дахар хьо делахь со, ирс ду хьох хьаьрчаш,
Лазар хьо делахь со, дарбане молха.
Хьо безам белахь со, ю цуьнан марзо,
Адам хьо делахь со, хьан аьтто аг1о.
Хьан ц1арца…
Малхо дай-й куьг хьокхуш, суьйре йижича,
Буьйсанан х1усаме дуьне дирзича.
Беттасих йог1ий т1е, нур хьоьрсуш тийна,
Нана, ахь дуьгу са, г1енашка сийна.
Б1аьстенан 1уьйре а, хьан озах ека.
Зезагаш хьан хазчу аматах лепа,
Шовданаш, хьан сирла ойланех 1ена,
Нана, малх хьан куьйгийн йовхо луш къега.
Заманах чекхдуьйлуш, г1иллакхаш деха,
Догзалла йоцучохь, марзонаш юцуш.
Хьайн сих ахь са делла, т1аьхьенаш деба,
Къоначу дахаран ирсе тхи муьйлуш.
Нана, хьан ц1арца до, дуьнено некъаш,
Хьан б1аьргийн мотт буьйцуш, седарчий къега.
Хьан дагчохь сий дожарх, ларвойла, Нана!
Дала ша ницкъ лойла, хьан сий деш даха.
Эх1, хьо тешнабехк!
Ирбелла-м хила некъ хадо:
Чалтанчан шалтанал,
Къизалла хьайна чу гулйина.
Делахь а хьо ийши,
Эеший хьо, ц1еначу амало.
Шеко яц, Дела ву,
Массанхьа толош Верг бакъо.
20/09/2013
Х1ун къайле ю теша, тебаш ерг?
Б1аьрнег1ар хаддаза дега.
Х1ун ду те, хьан ойла хедош дерг,
Сан теша-м ма бели техка?
Сан ойла сов серла ели те?
Дог къайллах, сан ирсах кхардал.
Я г1иллакх зилал т1ех дели те?
Хьо некъан серлонах къахкал.
Х1ун ду те, хьекъало хьоьхуш дерг?
Яхь ца 1а, лаг-кхор ца лоьцуш.
Селхана сан лаам толийнарг!
Хилалахь, хьо шалхо йоцуш.
Адамалийн дарж
Б1аьстенан духарца кечъеш сан гуьйре,
Самабели сатийсам, нур сегош гойла.
Йихкинчу з1аьнарийн, шад баьсти малхо,
Шелонгахь заз дасттал, йохъеш сан ойла.
Готтачу урамехь, са парг1ат доккхуш,
Къаръели зама а, ца туьйсуш ког.
Т1аьххьара орамаш, кхалхарна кхоьруш,
Лардина ирс кхии, сан эеца дог.
Мехала бу тешам, дахарал беза,
Мехала ду г1иллакх, сина сирла малх.
Мехала ду адам, адамалла лоруш,
Лелош верг дегабаьрччехь, стогалийн дарж.
***
Маьлхан нур къегина, зезагаш хоьстуш,
Аренаш сенъелла, дахараш хаздеш.
Б1аьстенан духарца кечделла 1алам,
И ду сан дахар, и ду сан дахар.
Тахане д1акечъян айелла 1уьйре,
Суьйренах сирла кхаъ кхийдабо малхо..
Йист йоцчу анехьа, къега цхьа къайле
И ду сан дахар, и ду сан дахар.
И сирла шовданаш ламанех хьаьрча,
1инах чу кхийсалуш, маршоне г1ерта.
1алашо, тийначу х1ордах д1акхета,
И ду сан дахар, и ду сан дахар.
***
Юха а гайти шаьшиннан дегнашкара г1иллакхаш дуьненна а, нохчийн къомана а цу шимма.
2012-чу шеран 27-чу февралехь кхелхира 1алун нана, Нура. Шех бахьана дина, нохчийн махкахь бан кечбина бохам ца байта, Нохчийн къоман куьйгалхочуьнан лаккхара дарж а дитина, ша массо а х1уманах кхеташ а, шина т1амах цхьанна а тешна бехк бан а ца лоьруш, шина декъа декъначу нохчийн къомана юккъехь г1аттийна зуламна дуьхьал т1емаш беш, Дала 1алашвеш чекхваьлла волу 1алу, Москва д1авахара. Российн президенте ша нохчийн куьйгалхочуьнан балхах мукъа витар доьхуш, шозза кехат а дахьийтина. Иштта сацийра 1алус шех бахьана дина г1атто кечбина зуламе т1ом. Т1аккха а зуламхоша, муьлххачу бахьнийца а халкъалахь зуламаш деш лелачара, кегочу бохачу г1уллакхашна доккха собар оьшура. «Ц1ена бусалба дог эшо зулам дан а дац», олура 1алус. Ша къийса х1ума дац цигахь, шеца къуьйсуш а дац. Ша ву-кх къийсалуш, зуламца. Иза шел ца толийта.
И ду аз, зов хаьдда зшаре ца долуш дисна
И бу х1оз, нур дайна, къегина малха баьгна бисина,
И ду заз, гуьйренца шелонгахь хеба дисина.
Сан дахар, безамах къаьстина, лелонза тишделла.
Гуьйре и дог1анаш 1енаш шийла,
Я не хвалю, горжусь я вами,
Что есть такой, знакома сним.
Награда от судьбы. Вот жизнь!
Таких друзей иметь в отчизне.
Дуьненчохь уггар а лакхара дарж ду, Адамалла,
Ц1ена г1иллакх, дахарехь толам.
Дуьненахь а, эхартахь а бахам, Далла еш йолу 1амалла ю.
Сина парг1ато, адамашца барт бу.
Тешаме хиларо марзо.
Лекхачу лам буьххьехь къега,
Сийлаллийн доза.
Ас б1аьргаш къовлу д1а,
Хьо воккхуш, сайн синан дола.
Со т1аккха ехха 1а,
Т1е тевжий, безаман огана.
Ойланех 1ехало,
Схьах1уьттуш, б1аьстенан сирла мур,
Сатийсам х1утту схьа,
Къехкадеш, къастаран
Ирча сурт.
Цу муьргах ирс оьцуш,
Ехха 1а дерриге диц а дой.
Серло луш со еха
Хьо х1инца схьакхечи,
Ах б1е шо т1аьхьа а висина.
Делахь а ахь дакъа леци
Дахарехь виссал.
-Хьажахьа Муслим, и д1о лаьттачу шинниг. Уьш х1ун ю.
- Ши шо ду-кх. Хьуна ца го и шиъ.
- Га-м дера го, ца девза-кх. Цхьаъ х1о-оккхал дерстина ду, ткъа важа, о-о-оза-оза…. Ши шо цхьатерра хила ца деза.
- И х1оккхал дерстина дерг, дуьзина даьлларг ду. Иза новкъа докхур ду вай. Ткъа и оза-озаниг, т1елоцур ду, даз а деш.
-Вай, и дера ду хаза? Кху шарахь дешна а ваьлла, сайна балха а х1оьттина, машен эцца, зуда а ялийна бохуш, ойла яра сан. Ахь схьа дийцарехь, иза а д1адели-кх. И тхан куьгалхо ца вузалуш, цхьадолчу беттанашкахь алпа а ца оьцуш, вукху беттанашкахь ах алпа оьцуш белхаш беш ду тхо. Х1инца х1ара шо а соьгара дисинарг д1адаккха дог1уш хила-кх. Эх1-х1ай, ладог1ахьа Муслим, мА дика х1ума дагадеа суна. Вайшимма, и оза шо т1е а ца лоцуш дита дезара, х1ара вайшиннига хьала а ца айало, иза ша г1аьттина дехьа а ца далало. Цо меттиг д1а ца елча иза т1еэца меттиг яц аьлла, бахьана а х1оттийна. Иза дузо г1ертачул а, дуьзинадерг дитий вайшимма?
-Ахь х1ун дуьйцу, вайшиъ цхьа шо т1аьхьа вуьсур мА ву.
-Дик хир ду-кх. Вайшиъ жима а вуьсур мА ву.
-Хьекъална бахий ахь? Иштта а башха воккха а ца хилла вайшиъ. Х1ара шо а т1аьхьа висахь, д1а баьлла болх бу.
-Иза кхин а дика ду-кх. Хьекъална к1еззига ву бохуш, пенсии а хир ду вайшинна. Белхаш бина алпа схьа а ца луш, дог эт1аш лелачул а.
Керла шо…
1а ду шийла, аренаш к1айъелла,
Адамаш ду к1айн полларчех,
Ойланаш айелла.
Базалг лаьтта нускалах кечъелла,
Керла шо ду, массо коре
Шех хаамаш бетташ.
Чиркхаш сега, кху дуьненан стиглахь,
Бетта нур т1е 1ена лаьтта,
Лайн седарчий къега.
Г1ура-дада, веъна к1айчу говрахь,
К1айчу говрах совг1ат хилла,
Берийн делар къекъа.
Буьйса сирла, дийшина дац б1аьргаш,
Жима-воккха, сакъералуш,
Д1ах1оттийна ловзар.
Кхаьънаш дохуш, уьду сахьтан цхьамза,
Беркате хьо хуьлда хьаша,
Кху дуьненан лаьттахь.
Марша да хьо, Керла шо,
Кху дуьненан хьаша.
Ду хьо деза совг1ат тхан,
Ду cан ирсан дакъа.
Резванова Айза
Нене
Хьо стенга яьхьана, яьккхи-те соьха?
Мичхьа бу Нана, цу 1ожаллийн бен?
Сил дукха езачун йиш йоцуш гойла,
Ма къиза хилла вайн кхолламан кхел.
Ца лало Нана, соь къастаран бала,
Хьо бар-кха сан деган ч1аг1онан лам.
Ткъа х1етахь 1ожалло вай къастичхьана,
Лам лаьттинчу метте, х1оьттина 1ам.
Сан Нана, г1арг1делла эшаре аз а,
Баьргаш а цец дуьйлуш хьоьжу хьо ган.
Кхерамо ов детташ, кхийссало дог сан,
Мохь бетташ доьлху и, ц1е йохуш хьан.
Ницкъ бац-кха дуьне а кхехкочу маьлхан а,
К1еззига хьоьгарчу йовхонах къага.
Делахь а, Делан бу къинхетам шорта,
Имано дог хьостуш со къовлу мара.
Дуьххьара дуьненчу кхоьллинчу хенахь адамашна девзаш ца хилла, х1инца вайна девзаш дерг. Шен дахаран некъат1ехь нисделларш, собарца бакъонна т1ехь нисдан хьекъале болучара , вайна дитина г1иллакхаш ду Хож-Ахьмад-хьаьжас вайна хьоьхуш дерш. кийрахь оьздангалла а, и г1иллакхийн хазна а кхиийна воцчунна хуур дацара и тайпа къегина дахарехь адамийн барт хин болу, бакъонан некъаш гойтуш, оьздачу г1иллакхех жоьпаш дала. Делера салам-маршалла хуьлда Цунна, вайн Делан Аьлчано, Моххьуммад пайхамара къобал бинчу некъат1ехь ша нисвала а, вай массо а адамаш цу некъат1ехь нисдала лууш болчеха цхьаъ ву, Хожа-Ахьмад хьаьжа Кадыров.
Иза цо гойту, вайн нохчийн республикехь дехачу адамаша динчу хаьттаршна деллачу жоьпашкахь. Шен бешахь кхиийначу стоьмийн чам бевза, стоьмаш кхиош волчунна. Иштта ша шен дахаран некъат1ехь лелийначу г1иллакхийн бакъ-харц девзаш волчу Хож-Ахьмад хьаьжас делла жоьпаш мехала ду, х1оранна а дахарехь. 2012-чу шарахь, «Исламан з1аьнарш»-аьлла йолчу редакцийн белхалоша, зорба тоьхна араяьккхина «Хож-Ахьмад-хьаьжас дуьйцу…» -аьллачу ц1арца, 316 -аг1о еша таро йолуш 4 киншка. Цу киншкаш т1ехь цхьаволчунна шеен кийрара г1иллакхашна бакъ долу тоьшалла карор ду. Цу г1иллакхийн бакъонашна т1аьхьа кхиаза болчеран, цу г1иллакхийн бакъонаш а, хазна а йовза таро хир ю. Бакъонийн некъаш лоьруш а, уьш лелош а волчуьнан дахар хазло. Х1унда аьлча, бакъ дерг, иза мел ирча делахь а, бакъонна т1ехь хилчахьана лан хала дац. Харцонна т1ехь тодинаарг, иза дахар хаздеш делахь а, шен сица лело хала ду, Делаца гергарло долчунна. Цу бакъонийн накъост а хила вайна и г1иллакхийн ша шен кийрахь кхийна хазна а, иштта шена 1илма
Гадаев Мохьмад-Салехьан «Нус» аьлла йолчу произведех дийца лаьа сунна вайнехан кегирхойн а, мехкарийн, кегийчу зударийн а яхь сама йоккхуш.
Цу произведенехь яздархочо къегина гойту тешамечу стага кхуллуш долчу гергарлонан, марзонан , безаман сурт. Цуьнан исбаьхьаллех. Угаре а хьалха ала лаьа, хьакъ волчу яздархочо шен произведенехь ларбо шен турпалхой. Вайн къоман зуда бех ца йо цо, шеен яздарца. Я стагах кхарда меттиг а ца буьту. Цо гойту цу произведенехь вайнехан, стогалла йолуш болчу къонахех г1ортораш хилла, бух ч1аг1белла, бохь къегина вайн Даймохк лаьтташ хилар. Иштта къегина гойту тешам болчу адаман васт. Ша лоруш волчу стага, шеен го а, цуьнца цхьана шеен мехкан сий а лардеш хилар гойту.
Массо а ломан шеен-шен бу бохь, къонахчуьна лакхе ю. Алханов 1алун лакхе лаьмнийн баххьаш хьулдеш ю.
Берашца болх беш йолу хьехархо ю берийн хазахетар самадаккха декхарийлахь ерг.
Берийн ойла дахаре денъеш,муьлххачу маттана уьш шардеш.
Дуьненачохь долчу даржех уггара лакхара дарж ду 1алу Алхановгахь дерг. Иза цу даржехь ву шена адмалла девзичахьана дуьйна. Бераллехь дуьйна тидаме эцна вара иза кхетам болчу наха. Дуьненан г1иллакхаш лоруш а, бакъонан некъ безаш а, муьлхха а Дала кхоьллина СА лоруш а, лардеш а вара 1алу. Ша бечу белхан сий деш а, уллехь волчуьнан терго еш, нийсачу некъа ваккха хьехам беш а, шегара масал эца меттиг буьтуш вара. Яхь, доьналла долуш а. Шен да-нана дезаш а, иштта хьенна хилчий а баккхийнаш лоруш а, царна шеен хуьлчу аг1ора там беш. Кегийчеран некъ ца буху болу аг1ора царна хьехам беш, жима а, воккха а лоруш а, адамаш дезаш а вара. 1илма 1амош волу стаг хьостуш а, муьлххачу а дешаран сий деш, иза цо шеен дуьхьа деш сана цу адамах самукъа долуш, и дозалла хеташ, шега далучу аг1ора доьшуш волчунна г1о деш а вара. Адамашца машар безаш а, адамех кхета лууш а, адамаш шех кхетийла лууш а вара. Дог майра, тешаме а волуш, ша бахьана долуш цхьана а сина бохам бийр боцуш ву 1алу. Тахана 2013-чу шеран 20-чу январехь цуьнан 55-тта шо кхочу. Оццул хан ю 1алу адамаллин даржах ца вухуш, схьавог1уш волу. 2004-чу шарахь хаьржира Алханов 1алу НР-н куьйгалхо. Ша куьйгаллехь волчу шерашкахь иза кхиара дуккха а диканаш шеен махкахь дан. Иза шеен халкъана муьт1ахь куьйгалхо вуйла хиъча, даима нохчийн къам когашкахь латто лаам болчу Российн паччахьана ца тайра, ша 1990-чу шарахь дуьйна къийсам латтош, 1994-чу шеран 12-чу декабрехь д1аболийна, 2014-г1а шо кхаччалц боккхачу ницкъаца т1ом беш, г1ел дина адам, 1алун комаьршаллийца, цо беллачу тешамца юха кога доьдуш гар. Российн паччахь 1алу куьйгаллехь а волуш хиндерг ган кхиира, иза заманах чакх хьежира. Т1аккха цуьнан лаам кхоллабелира, нохчийн къам юха а х1аллак дан, ша бехказа а волуш. Цунна хаара 1алус омра дича цунна т1аьхь х1иттина долу халкъ т1ом бан х1ттар дуйла. Иштта гора цунна шеен халкъана тешаме а хилла, г1азотехь д1акхелхинчу НХ-н турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин к1ант Рамзан шега 1ехалург хилар, иза цхьа а 1илма 1амийна, хиладезаш дерг а, хиндерг а ган говза ца хилар а гора цунна. Российн паччахь х1илланца нохчийчохь т1ом а боккхуш, нохчашна юкъахь питана а дина, уьш х1аллак а хуьлийтуш рог1ера бохам бан воллий хаа хьекъал кхечира Алханов 1алун. Иштта жимаволуш дуьйна а хезина дара цунна нохчийн халкъан кица « Т1ом, т1амой бен юха цат уху», олуш долу. Делахь а цуьнан ц1еначу дагчохь кхоллаелла ойла « Шен лаам толо, адамийн дог эшош вверг, зуламхо ву. Ткъа адамалла зуламца къийса кхоьллина ду. Ас со
Амма сайн г1алатна,
Къера со яцахь.
Со харц ю, къинхетам
Ма белаш сох.
Маьлхан з1аьнарш яьржи лаьтта,
Хи чу 1анош седарчий.
Селхане ца йицъеш,
Таханлера хила.
Резванова Айза
Мерза дагалецамаш
Шерашкахь ц1ерга х1иттина, даьгна, 1аржделла, доккха ялг1у хьалха диллира, несо, мардена.
– Дада, ахь цу ялг1у чохь юуш, чомахь хета юург олу дела, дилли-кх ас и хьуна хьалха, – элира т1аккха. Цул таьхьа, шен мардена х1ун тов хьоьжуш, сецира.
– Дела реза хуьлда хьуна! Цу ялг1у чуьра кхечу пхьег1ий чу йиллича, чаьмза йолуш хета суна и юург, – элара мардас, тIаккха шега ладоьг1уш лаьттачу несе д1а а хьаьжана, – парг1ата хила хьо, х1инца, – аьлла, вистхилара. Ша, паднар т1ехь, хьала а хилла, чучча когаш а боьхкина, д1а а нисвелла, х1ума яа хиира. Цул т1аьхьа, паднара йистехь хиина 1аш волчу, ялх шо кхаьчначу, к1ентан к1анте, д1а а хьаьжана, элира цо:
– Ислам, схьавола, дадица х1ума яа хьайна.
– Ца еза суна Дада. Вуьзана ву со, – элира, жимачу к1анта.
Воккхастаг, Бисмалла а аьлла, цхьа безамехьа ялг1у чу а хьаьжина, х1ума яа волавелира. Цхьана куьйга схьалаьцначу хьокхам т1ера, вукху куьйга жима-жимма схьа а боккхий, ялг1у чу а 1уьттий, д1акхоллура цо.
Доьххьара ша юург кхаьллича, лерина цу ялг1у чу а хьаьжина, байй корта ластийра цо, к1еззига балда озош, вела а къежаш. Юха а кхаьллара, хьалха санна. Т1аккха, сих ца луш, б1аьргаш ялг1у чу хьежа а дуьтуш, меллаша мочхалш меттах а хьедеш, ойланашка ваьлла, 1ара. Т1аккха а, б1аргаш цу ялг1у чу доьгIна дуьтуш, юург д1а а кхаьллина, ша 1аччохь техка а техкаш 1ара иза, ойланашка вахана. Ойла ееш, ц1еххьана, ялг1у чу хьоьжуш долу, цуьнан б1аьргаш, цхьана х1уманах тасаделча санна, цхьанаметтехь севцира, к1еззигчу ханна. Т1аккха, г1ийла вела а къежна, шен буйнара хьокхаман юьхк охьата11ош, маь1-маь11ехула цу ялг1у чу а хьаькхана, и ерриге а марзо ша схьагулйича санна, д1акхаьллира цо.
Ислам, цуьнан тидам беш а 1ийна, цо юург марзъелла, хIума яа тIехилира. Жимма 1ийна, дедега д1ахьаьжча, цуьнан б1аьргаш чохь, къегина хиш гира цунна.
Ислам ца кхийтира цуьнан велакъежарах а, ойлане вийларх а, б1аьргаш чохь къегинчу хих а.
Цул т1аьхьа дуккха а хан-зама д1аелира. Воккхалла, Исламе кхечира.
Уьйт1а веара лулахо. Цо элира:
- Ислам, тезеташка а х1оттий вола вайша,-аьлла:
-Ца вахча вер вац, тезета а,-элира Ислама. Цул т1аьхьа чу а вахана, шена т1ера бедарш хийцина аравелира иза. Т1аккха шаьшиъ кех волучу заманчохь элира цо:
- Жималло ша лелавора, воккхалла лелодезаш хилла-кх,-аьлла.
Цхьанхьа а, шинхьа а тезета вахана, зиярт а дина, вухавирзира и шиъ. Д1аихначу шераша г1елвина ши лулахо, шен-шен х1усаме верза сихвелира. Ислам чу кхаьчча цуьнан доьзалаш а, доьзалийн доьзалаш а х1ума яа стоьла гонаха гулбеллера.
Т1аьхьарчу заманахь аттачу даьллера дахар. Х1ума юуш йолу чоь, нускал санна д1акечйина лаьттара. Юккъе х1оттийна куьзга санна къегина, еха стол яра. Керла, цакаглучу аьнгалийн, пхьегIаш яра, стол т1е х1иттийна. Мичча хенахь а бес-бесарчу юургех юьзина лаьтташ яра стол. Хьалха санна ц1ерга яй, ялг1у а х1оттош, кечбеш бацара кхача.
Кедахь, я бошхепахь, шен-шена товчу чомехь, цхьанна я шинна яъал, тоькаца йолчу духовки чохь йохъеш, буйна 1айг, м1арий а лоций, юучух хьакхабелча п1елг бехбаларна кхоьруш санна, шен-шена хьалха лаьттачу бошхепа а юьллуш, юуура, х1орамма. Цу кхачанех чам кхеташ вацара Ислам. Цунна кест-кеста дагадог1ура, х1етахьлера доккха ялг1у. Т1аккха, меллаша волавелла, цхьаннига х1ума ца олуш, лелош йоцу сал-пал д1айиллиначу уоти чу вахана, пхьег1аш кего вуьйлира иза. Шерашкахь т1е-к1ел йохкуш гулъеллачу пхьег1ашна буххахь карийра цунна, ша лоьхург. «Керла юкъаевлла пхьегIаш дукхаелахь а, хьоьга кхочуш пхьегIа яцар-кх, соьга хаьттича», – бохуш, цунах воккхвеш, ялг1у дохьуш чувеъначу воккхастага, элира:
– Зуда, х1окху ялг1у чохь жижигца картолаш кхарзахьа, ас ламаз дешшехь. Ма мерза хуьлур-кх, цу чохь кечбина кхача. Мацах, лулахой хьошалг1а а кхойкхура, цу кхачанан хьожано,-аьлла, дехьа велира иза. Цуьнан х1усамананас, мало ца еш, сихха ялг1у ченех ц1андеш, хица дила а дилина, ц1ийдеш жижигца картолаш кхерзира, т1ехула хох а тосуш. Ислама ма-бохху, цхьа хазчу чомехь, схьаелира юург. Шен дедас аьлларг дагдеъча санна:
– И ялг1у схьадалахь, суна хьалха. Кхечу пхьег1ий чохь чам кхетар бац суна, – олуш, стоьла йисте вахара иза. Доьзалаш хьала г1евттира, жима а, воккха а. Ислам даима ша охьхуучу, стоьлан коьртехь охьа хиира, доьзалшка,- охьаховша олуш. Т1аккха, и даьгна, 1аржделла, доккха ялг1у, цу къегинчу стоьла т1е, Исламна хьалха диллара х1усамнанас. Доьзалаш цхьабоьсса схьахьевсира цуьнга. Б1аьргашца, цхьа мерза, цу ялг1у чу хьаьжира Ислам. Т1аккха, шен даг чохь воккхавер долуш, Бисмалла а аьлла, х1ума яа волавелира, цу юуучуьнан чам боцург, дерриге диц а дина.
Ша дуьххьара д1акхаьллича, и чам тайна, г1ийла корта а лестош, д1асатехкара иза. Цунна дагавеара шен деда. Х1инца суна санна, чам тайна хилла-кх цунна х1етахь, аьлла, велакъежира иза. Юха а д1акхаьллира. Т1аккха, цу ялг1у чу а хьоьжуш, шен багахь ерг 1уьйшуш, генара жималла дагатесира цунна. Дагавеара шен деда юха а. Иштта дагалецамаш хилла-кх иза х1етахь ойлане вохуш хилларш. Цундела хилла-кх цуьнан велакъежар... ойлане велира иза, х1етахьлера суьрташ дага а лоьцуш. Т1аккха, б1аргаш севцира цу ялг1у чохь, ц1ийелла бухлеттачу картол т1ехь. Лерина цу картоле хьоьжуш, 1ара иза, вела а къежаш. Цунна гора, шен жимачу вешин а, йишин а, кегий куьйгаш, цу ялг1у чохь бухалетта, ц1ийелла картолаш схьаяха тийсалуш. Т1аккха, охьта11ош, цу ялг1у чу а хьаькхана, цхьа мерза-марзонца, д1акхаьллира цо шен буйнара бепиган юьхк. Ц1еххьана, юьхь-сибат хийцаделира Исламан, т1аккха. Нана дагаеара цунна, цу ялг1у чохь юург кечъеш, хилла.
Б1аьргаш чу хи х1оьттира, легашка хораман шед а беана. Юха, шен деден б1аьргаш дагадаьхкира, хих дуьзна хилла. Т1аккха, ялг1у чу а хьоьжуш, ойланашка вахара иза. Х1ара марзонаш хилла-кх, цо х1етахь, вела а къежаш, б1аьргашца цу ялг1у чуьра , лехьош хилларш. Х1ара дагалецамаш хилла-кх иза ойлане вохуш, цунна хьалха х1иттинарш. Къастаран къаьхьо хилла-кх, х1етахь цуьнан б1аьргаш чохь, къегина хиш гулдинарг, бохучу ойланашца сацавелира иза, ялг1у чу а хьоьжуш. Юха, жимма балда а озош, доккха са а даьккхина, г1ийла мочхалаш метах хьедан волавелира. Мацах цкъа шен дедега хьоьжуш 1ийна Ислам санна, кхуьнан тидам беш 1ийна, к1ентан к1ант, шен г1ента т1ера хьала а г1аьттина, Исламна т1е а вахана, цу ялг1у чу а хьаьжира.
Т1аккха хаьттира цо:
– Дада, хьо цу ялг1у чу а хьожуш, цкъа велакъежаш, т1аккха велха г1ерташ ма хуьлу? Х1ун ду цу чохь хьуна гуш дерг?
– Кху ялг1у чохь дуккха а х1уманаш ду, дадина гуш. Хьуна гур дац цу чохь дерг, цкъачунна.Тохара со, хьо санна жима волчу хенахь, тхан дедена гора цу чохь дерг, суна ца гора. Кхано-о, хьо сан хене вахача, х1окху ялг1у чохь х1ума яа хьо хиича, хьуна а гур ду, – элира Ислама, шен т1унделла б1аьргаш дела а къежош. Жимачу к1анта, цец а ваьлла, элира :
– Ва, х1ай! Оццул дукха 1ен веза теша со, цу чохь дерг х1ун ду ца гуш?
Воккхастага ойла а йина, элира юха а:
- Т1аккха а, хьуна кху ялг1у чохь и сан дог хьоьстуш, я б1аьрг белхош долу сарташ гур дуй хаац, кху цхьана ялг1у чохь, доьзало вовшеха оьцуш йолчу мазонан чам бевзина ца хилча.
Т1аккха дийхира цу к1анта:
- Нана, тхан дехар ду хьоьга, кечбехьа тхуна цу ялг1у чохь, марзонан кхача. Ма мерза бу-кх, цу дадин б1аьргаш чохь гуш болу дагалецамаш,-аьлла.
Резванова Айза
Марзонан кад
Шурийт1ехь кхехкийна гарзанаш чохь, кад юккъе а х1оттийна, х1оранна а шен-шенна 1айг белира тхан нанас:
«Бисмалла а даккхий, х1ума яа шайна»,-аьлла.
Со вуххьа велира, ца юуш.
«Ахь х1унда ца юу, х1ун хилла хьуна?»-хаьттира нанас:
- Суна цаьрца яа ца лаьа, суна сайнна беза кад,-жоп делира ас.
Суна т1е куьг а хьаькхина, хьаста хьаьстина, юха а элира цо:
-« Вало цаьрцанна яа х1ума. Цхьана юуш мерза ма хуьлу, юург»,-аьлла.
Со юха а сайн лаамт1е г1ертара.
Т1аккха реза йоцуш схьахьаьжина:
- « Вало, т1е хила. Кхуьур ву хьо…. И кад а кхочур бу хьуна, хьайнна а »,-аьлла, дехьа елира иза.
- Со таккха а юучунна т1е ца г1уртуш, сайн амалца соьцура.
Гарзанаш юуш 1аш йолу сол жима йиша а, ши ваша а нене д1а а хьаьжина, т1аккха соьга схьахьаьжира, суна резадоцуш кеп а йина. Цуьнан тидам хиллера церан. Со нене д1ахьаьжча, б1аьрхиш д1адохуш хийтира суна и. Со бахьана долуш, цуьнан б1аьргех хи даьлла эхь хетта, кхин вист а ца хуьлуш, т1е а хилла, х1ума йиира ас. Цул т1аьхьа, и тхайн ненан елхар дага а лоьцуш, вовшеха ца херлуш, мерза хан яьккхира оха, цхьана, - аьлла, дийцира дас шен доьзална.
Т1аккха доьзалех цхьамма хаьттира:
- Дада, х1унда йилхара иза? Кхин кад бацара цунна, хьуна гарзанаш йотта?
- Кедаш дуккха а дара. Цу цхьана кедахь йиш-вашас вовшеха оьцуш йолчу марзонан чам, суна ца бовзарна кхоьруш хиллера иза.
- Т1аккха хьуна бевзарий и чам?
- Бевзара. Дера бевзара,-аьлла, цхьана суьрта т1е хьоьжуш сана, бесачу пене хьоьжуш, сецира иза.
- Тайри хьуна и чам, Дада?-хаьттира к1анта юха а:
Дас жоп делира:
- Йиш-вешийца, цхьана кедахь, 1ожаллин кхача баа ваххал тайра, сунна и чам,-элира воккхастага, цул т1аьхьа, т1етуьйхира:
-Делахь а, къаьста ца г1иртичий а, замано къаьстош хилла. Цхьанна шенна буьтуш а хилла и кад, тхан нанас ма боххура. Х1етахь суна моьттура, цхьа тхайн нана бен, цуьнан ден-ненан доьзал кхин хилла бац. Иза хиллер-кх, цхьаъ ша йисина, Миска, х1инца со санна,-аьлла, эхьах ваьлла, вилхира воккхастаг, - Байттмалла я1, хьо дуьне, байттмалла я1,- бохуш, шен йиш-вешийца цхьана ша кхача биина кад мара а къуьйлуш. Доьзал кхийтира, йиш-вешийна юккъерачу гергарлонал мерза, кхин марзо хуьлуш цахиларах.
Свидетельство о публикации №222031302121