13 - я папка

Амма сайн г1алатна,
Къера со яцахь.
Со харц ю, къинхетам
Ма белаш сох.

Маьлхан з1аьнарш яьржи лаьтта,   
Хи чу 1анош седарчий.

Селхане ца йицъеш,
Таханлера хила.

 

Резванова Айза
               
Мерза дагалецамаш

    Шерашкахь  ц1ерга  х1иттина, даьгна, 1аржделла, доккха ялг1у хьалха диллира, несо, мардена.
    – Дада, ахь цу ялг1у чохь юуш, чомахь  хета юург олу дела, дилли-кх ас и хьуна хьалха, – элира т1аккха. Цул таьхьа, шен мардена х1ун тов хьоьжуш, сецира.
    – Дела реза хуьлда хьуна!  Цу ялг1у чуьра кхечу пхьег1ий чу йиллича, чаьмза йолуш хета суна и  юург, – элара мардас, тIаккха шега ладоьг1уш лаьттачу несе д1а а хьаьжана, – парг1ата хила хьо, х1инца,  –  аьлла, вистхилара. Ша, паднар т1ехь, хьала а хилла, чучча когаш а боьхкина, д1а а нисвелла, х1ума яа хиира. Цул т1аьхьа, паднара йистехь хиина 1аш волчу,  ялх шо кхаьчначу, к1ентан к1анте, д1а а хьаьжана, элира цо:
    – Ислам, схьавола, дадица х1ума  яа хьайна.
    – Ца еза суна Дада. Вуьзана ву со, – элира, жимачу к1анта.
 Воккхастаг, Бисмалла а аьлла, цхьа безамехьа ялг1у чу а хьаьжина, х1ума яа волавелира. Цхьана куьйга схьалаьцначу хьокхам т1ера, вукху куьйга жима-жимма схьа а боккхий, ялг1у чу а 1уьттий, д1акхоллура цо.
Доьххьара ша юург кхаьллича, лерина цу ялг1у чу а хьаьжина, байй корта ластийра цо, к1еззига балда озош, вела а къежаш. Юха а кхаьллара, хьалха санна. Т1аккха, сих ца луш, б1аьргаш  ялг1у чу хьежа а дуьтуш, меллаша мочхалш меттах а хьедеш, ойланашка ваьлла, 1ара. Т1аккха а, б1аргаш цу ялг1у чу доьгIна дуьтуш, юург д1а а кхаьллина, ша 1аччохь техка а техкаш 1ара иза, ойланашка вахана. Ойла ееш, ц1еххьана, ялг1у чу хьоьжуш долу, цуьнан б1аьргаш, цхьана х1уманах тасаделча санна, цхьанаметтехь севцира, к1еззигчу ханна.  Т1аккха, г1ийла вела а къежна, шен буйнара  хьокхаман юьхк  охьата11ош, маь1-маь11ехула цу ялг1у чу а хьаькхана, и ерриге  а марзо ша схьагулйича санна, д1акхаьллира цо.
    Ислам,  цуьнан тидам беш а 1ийна, цо юург марзъелла, хIума яа тIехилира. Жимма 1ийна, дедега д1ахьаьжча,  цуьнан  б1аьргаш чохь,  къегина хиш гира цунна.
    Ислам ца кхийтира цуьнан велакъежарах а, ойлане вийларх а, б1аьргаш чохь къегинчу хих а.
Цул т1аьхьа дуккха а хан-зама  д1аелира. Воккхалла, Исламе кхечира.
Уьйт1а веара лулахо. Цо элира:
- Ислам, тезеташка а х1оттий вола вайша,-аьлла:
-Ца вахча вер вац, тезета а,-элира Ислама. Цул т1аьхьа чу а вахана, шена т1ера бедарш хийцина аравелира иза. Т1аккха шаьшиъ кех волучу заманчохь элира цо:
- Жималло ша лелавора, воккхалла лелодезаш хилла-кх,-аьлла.
Цхьанхьа а, шинхьа а тезета вахана, зиярт а дина, вухавирзира и шиъ. Д1аихначу шераша г1елвина ши лулахо, шен-шен х1усаме верза сихвелира. Ислам чу кхаьчча цуьнан доьзалаш а, доьзалийн доьзалаш а х1ума яа стоьла гонаха гулбеллера.
Т1аьхьарчу заманахь аттачу даьллера дахар. Х1ума юуш йолу чоь, нускал санна д1акечйина лаьттара. Юккъе х1оттийна куьзга санна къегина, еха стол яра. Керла, цакаглучу аьнгалийн, пхьегIаш яра, стол т1е  х1иттийна. Мичча хенахь а бес-бесарчу юургех юьзина лаьтташ яра стол. Хьалха санна ц1ерга яй, ялг1у а х1оттош, кечбеш бацара кхача.
    Кедахь, я бошхепахь, шен-шена товчу чомехь, цхьанна я шинна яъал, тоькаца йолчу духовки чохь йохъеш, буйна 1айг, м1арий а лоций, юучух хьакхабелча п1елг бехбаларна кхоьруш санна, шен-шена хьалха лаьттачу бошхепа а юьллуш, юуура, х1орамма. Цу кхачанех чам кхеташ вацара Ислам. Цунна кест-кеста дагадог1ура, х1етахьлера  доккха ялг1у. Т1аккха, меллаша волавелла, цхьаннига  х1ума ца олуш, лелош йоцу сал-пал д1айиллиначу  уоти чу вахана, пхьег1аш кего вуьйлира иза. Шерашкахь т1е-к1ел йохкуш гулъеллачу пхьег1ашна буххахь карийра цунна, ша лоьхург. «Керла юкъаевлла пхьегIаш дукхаелахь а, хьоьга кхочуш пхьегIа  яцар-кх, соьга хаьттича», – бохуш, цунах воккхвеш, ялг1у дохьуш чувеъначу воккхастага, элира:
    – Зуда, х1окху ялг1у чохь жижигца картолаш кхарзахьа, ас ламаз дешшехь. Ма мерза хуьлур-кх, цу чохь кечбина кхача. Мацах, лулахой хьошалг1а а кхойкхура, цу кхачанан хьожано,-аьлла, дехьа велира иза. Цуьнан х1усамананас, мало ца еш, сихха ялг1у ченех ц1андеш, хица дила а дилина, ц1ийдеш жижигца картолаш кхерзира, т1ехула хох а тосуш. Ислама ма-бохху, цхьа хазчу чомехь, схьаелира юург. Шен дедас аьлларг дагдеъча санна:
    – И ялг1у схьадалахь, суна хьалха. Кхечу пхьег1ий чохь чам кхетар бац суна, – олуш, стоьла йисте вахара иза. Доьзалаш хьала г1евттира, жима а, воккха а. Ислам даима ша охьхуучу, стоьлан коьртехь охьа хиира, доьзалшка,- охьаховша олуш. Т1аккха, и даьгна, 1аржделла, доккха  ялг1у, цу къегинчу стоьла т1е, Исламна хьалха диллара х1усамнанас. Доьзалаш цхьабоьсса схьахьевсира цуьнга. Б1аьргашца, цхьа мерза, цу ялг1у чу хьаьжира Ислам. Т1аккха, шен даг чохь воккхавер долуш, Бисмалла а аьлла, х1ума яа волавелира, цу юуучуьнан чам боцург, дерриге  диц а дина.

Ша дуьххьара д1акхаьллича, и чам тайна, г1ийла корта а лестош, д1асатехкара иза. Цунна дагавеара шен деда. Х1инца суна санна, чам тайна хилла-кх цунна х1етахь, аьлла, велакъежира иза. Юха а д1акхаьллира. Т1аккха, цу ялг1у чу а хьоьжуш, шен багахь ерг 1уьйшуш, генара жималла дагатесира цунна. Дагавеара шен деда юха а. Иштта дагалецамаш хилла-кх иза х1етахь ойлане вохуш хилларш. Цундела хилла-кх цуьнан велакъежар...  ойлане велира иза, х1етахьлера суьрташ дага а лоьцуш. Т1аккха, б1аргаш севцира цу ялг1у чохь, ц1ийелла бухлеттачу картол т1ехь. Лерина цу картоле хьоьжуш, 1ара иза, вела а къежаш. Цунна гора, шен жимачу вешин а, йишин а, кегий куьйгаш, цу ялг1у чохь бухалетта, ц1ийелла картолаш схьаяха тийсалуш. Т1аккха, охьта11ош, цу ялг1у чу а хьаькхана, цхьа мерза-марзонца,  д1акхаьллира  цо  шен буйнара бепиган юьхк. Ц1еххьана, юьхь-сибат хийцаделира Исламан, т1аккха. Нана дагаеара цунна, цу ялг1у чохь юург кечъеш, хилла.
Б1аьргаш чу хи х1оьттира, легашка хораман шед а беана. Юха, шен деден б1аьргаш дагадаьхкира, хих дуьзна хилла. Т1аккха, ялг1у чу а хьоьжуш, ойланашка вахара иза. Х1ара марзонаш хилла-кх, цо х1етахь, вела а къежаш, б1аьргашца цу ялг1у чуьра , лехьош хилларш. Х1ара дагалецамаш хилла-кх иза ойлане вохуш, цунна хьалха х1иттинарш. Къастаран къаьхьо хилла-кх, х1етахь цуьнан б1аьргаш чохь, къегина хиш гулдинарг, бохучу ойланашца сацавелира иза, ялг1у чу а хьоьжуш. Юха, жимма балда а озош, доккха са а даьккхина, г1ийла мочхалаш метах хьедан волавелира. Мацах цкъа шен дедега хьоьжуш 1ийна Ислам санна, кхуьнан тидам беш 1ийна, к1ентан к1ант, шен г1ента т1ера хьала а г1аьттина, Исламна т1е а вахана, цу ялг1у чу а хьаьжира.
Т1аккха хаьттира цо:
    – Дада, хьо цу ялг1у чу а хьожуш, цкъа велакъежаш, т1аккха велха г1ерташ ма  хуьлу?   Х1ун ду цу чохь хьуна гуш дерг?   
    – Кху ялг1у чохь дуккха  а х1уманаш ду, дадина гуш. Хьуна гур дац цу чохь дерг, цкъачунна.Тохара со, хьо санна жима волчу хенахь, тхан дедена гора цу чохь дерг, суна ца гора. Кхано-о, хьо сан хене вахача, х1окху ялг1у чохь х1ума яа хьо хиича, хьуна а гур ду,  – элира Ислама, шен т1унделла б1аьргаш дела а къежош. Жимачу к1анта, цец а ваьлла, элира :
    – Ва, х1ай! Оццул дукха 1ен веза теша со, цу чохь дерг х1ун ду ца гуш?
Воккхастага ойла а йина, элира юха а:
- Т1аккха а, хьуна кху ялг1у чохь и сан дог хьоьстуш, я б1аьрг белхош долу сарташ гур дуй  хаац, кху цхьана ялг1у чохь, доьзало вовшеха оьцуш йолчу мазонан чам бевзина ца хилча.
Т1аккха дийхира цу к1анта:
- Нана, тхан дехар ду хьоьга, кечбехьа тхуна цу ялг1у чохь, марзонан кхача. Ма мерза бу-кх, цу дадин б1аьргаш чохь гуш болу дагалецамаш,-аьлла.

Резванова Айза
Марзонан кад

Шурийт1ехь кхехкийна гарзанаш чохь, кад юккъе а х1оттийна, х1оранна а шен-шенна 1айг белира тхан нанас:
«Бисмалла а даккхий, х1ума яа шайна»,-аьлла.
Со вуххьа велира, ца юуш.
«Ахь х1унда ца юу, х1ун хилла хьуна?»-хаьттира нанас:
- Суна цаьрца яа ца лаьа, суна сайнна беза кад,-жоп делира ас.
Суна т1е куьг а хьаькхина, хьаста хьаьстина, юха а элира цо:
-« Вало цаьрцанна яа х1ума. Цхьана юуш мерза ма хуьлу, юург»,-аьлла.
Со юха а сайн лаамт1е г1ертара.
Т1аккха реза йоцуш схьахьаьжина:
- « Вало, т1е хила. Кхуьур ву хьо…. И кад а кхочур бу хьуна, хьайнна а »,-аьлла, дехьа елира иза.
- Со таккха а юучунна т1е ца г1уртуш, сайн амалца соьцура.
Гарзанаш юуш 1аш йолу сол жима йиша а, ши ваша а нене д1а а хьаьжина, т1аккха соьга схьахьаьжира, суна резадоцуш кеп а йина. Цуьнан тидам хиллера церан. Со нене д1ахьаьжча, б1аьрхиш д1адохуш хийтира суна и. Со бахьана долуш, цуьнан б1аьргех хи даьлла эхь хетта, кхин вист а ца хуьлуш, т1е а хилла, х1ума йиира ас. Цул т1аьхьа, и тхайн ненан елхар дага а лоьцуш, вовшеха ца херлуш, мерза хан яьккхира оха, цхьана, - аьлла, дийцира дас шен доьзална.
Т1аккха доьзалех цхьамма хаьттира:
- Дада, х1унда йилхара иза? Кхин кад бацара цунна, хьуна гарзанаш йотта?
- Кедаш дуккха а дара. Цу цхьана кедахь йиш-вашас вовшеха оьцуш йолчу марзонан чам, суна ца бовзарна кхоьруш хиллера иза.
- Т1аккха хьуна бевзарий и чам?
- Бевзара. Дера бевзара,-аьлла, цхьана суьрта т1е хьоьжуш сана, бесачу пене хьоьжуш, сецира иза.
- Тайри хьуна и чам, Дада?-хаьттира к1анта юха а:
Дас жоп делира:
- Йиш-вешийца, цхьана кедахь, 1ожаллин кхача баа ваххал тайра, сунна и чам,-элира воккхастага, цул т1аьхьа, т1етуьйхира:
-Делахь а, къаьста ца г1иртичий а, замано къаьстош хилла. Цхьанна шенна буьтуш а хилла и кад, тхан нанас ма боххура. Х1етахь суна моьттура, цхьа тхайн нана бен, цуьнан ден-ненан доьзал кхин хилла бац. Иза хиллер-кх, цхьаъ ша йисина, Миска, х1инца со санна,-аьлла, эхьах ваьлла, вилхира воккхастаг, - Байттмалла я1, хьо дуьне, байттмалла я1,- бохуш, шен йиш-вешийца цхьана ша кхача биина кад мара а къуьйлуш. Доьзал кхийтира, йиш-вешийна юккъерачу гергарлонал мерза, кхин марзо хуьлуш цахиларах.


Резванова Айза
Къонахий лерина боху вайн Дала,
Х1оттийна бац боху къонахчун мах.

Цкъа мацаха  ши бутт кхаьчна бер кхелхиначу тезетахь цхьамма хаьттина бах:
- « Ханна мел вара и кхелхинарг?», - аьлла.
Доккха са а даьккхина, Дендас жоп делла бах:
- « Кху дуьненнал вар – кх», -  аьлла.

Иштта, муьлххачу а нохчийчо  «кху дуьненнал вара Иза», - аьлла, майрра тоьшалла дан мегар долуш къонах д1акхелхи вайна юккъера, кху деношкахь.

Лерина Дала са эца кхоьллина долчу Мулкал – маликана а цуьнан са эца кхоам хетар болуш, ц1ена ойла йолуш нохчийн поэт, дика хьехархо а вара Ахтаханов Руслан. Дала шех къастийначу  иблисца ният диначу зуламхочуьнан карах даьлла цунна тешнабехк бан.
Ахтаханов Руслан шен кийра буьззина бусалбалла а, адмалла а долуш хиларна, цуьнан дакъа кхочуш берш дукха бу.

Бусулбан дин а, нохчийн къам а к1еззигчу механ хеташ вацара иза.
Жима а, доккха а нохчийн къомах долчу адамашна, х1оранна а шен - шенна  лерина, шен дагчохь меттиг болуш вара.
Цунна тоьшалла до цо Эвляэх а, Шейхех а, 1еламнахах а, яздархойх а, нохчийн турпалхойх а,  къонахех а, нанойх, оьздачу мехкарех а, нохчех хьакхалуш долу массо а х1ума сий дина, леккха хьала айдеш, нохчех болчу тешамна тоьшалла деш, хиламех, оьрсийн маттахь язйина араяьллачу  байтийн гуларшкахь, биначу белхаша.

Цо дуьненна нохчийн амал д1айовзийтуш оьрсийн маттахь яздо нохчех. Масех киншка ю цуьнан араяьлла. Царах цхьаъ ю « Здесь с миром всех встречает Терек » , - аьлла. Цу киншкан коьртехь яздинчу «Нохчийн лар Российхь а, дуьненчохь а», - бохучу дешнаша юха а тоьшалла до, Руслан Ахтаханов шен къомах ч1ог1а тешаш хиларна а, шен сих жоп а делла ца 1аш, дерриг нохчийн къам цхьана тешамечу т1ома к1ел лаца лууш, шен къомах дог лозуш иза хиларна а.

Иштта ц1еначу даггара язйина цуьнан байташ дагах ца кхета йиш яц нохчийн ц1ийх долчу адмана. Иза поэт хилла 1аш вацара. Нохчийн къоман тешаме доттаг1а а, хьекъале хьехархо а вара иза. Цуьнан гергара дара адмалла шеца долу массо адам а. Иштта и хиларна тоьшалла до цо беш хиллачу белхаша.

Диканаг дан, дикачунна дага дог1у. Доккха совг1ат дара вайн къомана т1е беъначу балано дешар юкъах дитинчу хан яьлла дисинчу адмашна а, кегирхошна а цо беш болу болх.  Ахтаханов Руслана ректор  болх бечу Гуманитарни университеташкара а, институташкара а доккха г1о кхочура къаьсттина вайн къомах болчу дешархошна. Руслан бахьана долуш, дахарехь ирсан некъ схьакарийнарш дукха бу. И тайпа хьехархо а, тешаме накъост а вайна юккъера д1акхалхар вайн къомана бокхха эшам бу.

Х1инцца кога доьдуш долчу беранна уллехь нана санна оьшура, шина т1еман балано « Со мила ву теша?» - бохучу хаттарна, шен – шен дагчохь жоп леха дитинчу вайн къомана. Делахь а цуьнан хьехамаш вайца мел бу, цуьнан са серла дуьйлуш дехар ду аьлла хета. Нохчийн поэтан Юсуп Яралиевн дешнашна тоьшалла до Руслан Ахтахановс ша адмашна дитинчу диканашца.
« Вайх ала дош доцуш,
Даймахкахь каш доцуш,
Дала – ма – лайла вай», - бохучу  . Дала геч дойла Русланна! Дала г1азот къобал дойла цуьнан! Дала иманца, собар лойла цуьнан дакъа мел кхочучарна а! Сайн дагца дуьстина, иштта и халахетар сайца доькъуш болчу Ахтаханов Русланца ларам болуш, цуьнан г1оьнца шайн ирсан некъ схьалаца аьтто баьллачеран а ц1арах, Русланан сийнна язйина байт.

Тешна – бехкаца вийначу нохчийн поэтна,
сий долчу хьехархочунна,
Ахтаханов Русланна лерина.

Дависа хьан дуьне!
Хьо муха лаьтта те?
Дешана, даьржина ца шарлуш д1а.
Латта а муха 1а,
Хьулъеш и къайле?
Къизаллин когашка хьоьшийтуш ша.

Дависа хьан дуьне!
Хьо муха го те?
Зулам т1ехь ойланаш еттачунна.
Цуьнан дац  дуьне а,
Эхарт а дац  я.
Иблисо ловзош ду, и б1аьрзе са.

Дависарг,  мерза Са!
Хала ду кхета,
Хьо гура дерзолл ша, къизачунна.
Ахь лучу йовхоно,
Нур серла дохуш,
Къегийла хаа  малх кху дуьненна.

Ткъа малхха  – м лепар бу,
Хьан г1азот хьекъош.
Нохчийн къам дехар ду хьан даггара.
Ахь делла хьекъалца,
Диканаш дебаш,
Тоьшалла кхочар ду, абаде д1а.

16.11.2011



Ас меттиг цайитна сайх   бехкаш даха,
Ца леллехь а тай тоьхна, зилт1ехь нисъелла.
Адамаллех ца йоьхна хало т1е йарах,
Сайн дагна томехь дерг, нахаца декъна.
Р.А.А.

Маржа я1, Нохчийн къам!
Яхь йолчу к1енташа  йуьхь йина,
ц1е йар - кх, ахь лелош Къонахийн.
Яхь йоцчу к1иллойн йуьхь йина
ма г1ойла хьо  сибате  тодакхийн!
Р.А.А.

Дуьне а харцонна т1е тайча,
хьан ойла эшо,
Г1оттур яра со дуьхьал дуьненна,
бакъо хьан толо....
Серлонах цинц боцуш хьо витча,
хьан тешам къажо,
Ч1урамах йага со х1уттур йара,
луш хьуна  серло..
Р.А.А.
КЪАМ МАХКАХ ДАККХАРАЛ А ХАЛА ДУ ЛАН,  ДАЙМАХКАХЬ, ШЕН ДАЙН АМАЛЕХ И
 КЪАЬСТАШ ГАН.
Р.А.А


Маржа я1, Нохчийн къам!
Яхь йолчу к1енташа  йуьхь йина,
ц1е йар - кх, ахь лелош Къонахийн.
Яхь йоцчу к1иллойн йуьхь йина
ма г1ойла хьо  сибате  тодакхийн!
Р.А.А.

Бераллехь ца гора Нана хьо йезар бен суна.
Хьо эешар бен сайна кхин довзанза дуьне  дахар.
Декъала хетара массо  де сайн ирсах дуьзна.
Хьан б1аьргаш деларо сан дагна ницкъ лора йаха.

Тахана кхетта со дуьненан десаллех Нана,
Хьо йоцуш хьежна - кх, хийла бер йесаллийн пана.
Ткъа суна - м, хиллера х1ара дерриг дуьне гуш Нана,
Ахь б1аьргаш къовларца, сан дуьне 1аржлели Нана.


Резванова Айза.

Шун хаарех йоккхае со,
1илма муьлхарг а сийлахь ду.
Нохчийн маттаца хьаг1 йацахь а,
Кхиош мотта - м, оьрсийн бу.

Хьоьстуш нохчийн ойланашца,
Базбеш нохчийн амалца.
Бийцар марздеш вайн байташца,
Оьрсийн мотт вай кхиош бу.

Нана хестор оьрсийн маттахь,
Бераша йетта  оьрсех чот.
Къам декъал дар, оьрсийн маттахь,
Вай йузуш йу - кх, оьрсийн ботт.

Р.А.А


Къонахалла йолчу стеган амал
хийцалур яц, цхьаннига а,
хьашалур ю, осалаллийца.
(Резванова Айза)

«Эхарт, деза ду. Дуьне-м дош дацара»,- олу, цхьаволчо. Ткъа ойла йича, ишший а цхьабоьсса  кхоьллина ду, Ницкъ кхочуш волчо. Эхарт лоруш волчо, дуьне а лара деза.  и ший а Делан ши дуьне ду. Ша эхарт кхоьллиначул т1аьхьа, цунна доьхьал нисдеш, цу эхартаца дуьстина, нийса-нисдина кхоьллина дуьне а, сан хьекъалца дуьстича. Малхана дуьхьала, бутт нибеш. Денна дуьхьала, буьйса. Стигална дуьхьалахь латта нисдеш. Ц1еранна, хи. Хьоькхучу мохна дуьхьала, лам х1оттош. Хало къар еш, аьтто беш. Вона дуьхьала, дика нисдеш. Цамгарна, дарба, и.кх.д1. Ша дуьненчу кхоьллинчу массо а х1уманначу, са а кхуллуш.  Цундела ишший а, цхьабоьсса лара деза. Дуьненчуьра д1адаьхьнарг бен эхартахь, карор дац. Дуьненчуьра д1а х1ун хьо, адамо? Ша леринарг хьо. Лара дезаш дерг х1ун ду? Дала шена дела синан совг1ат ду-кх. Муха лору ахь иза? Кхоьллинчу Далла хастам беш, хьастахьа иза. Хьастахьа иштта марзонна кхача а луш, цу сих схьадойлла синош. Кхечуьнан са хьаьстича, серла долу хьан са. Цунах шена там хуьлий.Кхечу синойх хьан къинхетам са мел бели а, Делан къинхетам са болу хьан сих.
Эх1-х1ай-кх. И деригге а синош а адамийн синош бахьана долуш кхоьллина Дала. Ойла ейша. Ма дезаш кхоьллина-кх Цо вай. Хастам бу хьуна тхан Дела. Алхьамдулиллах1, Алхьамдулиллах1, Алхьамдулиллах1.
Резванова Айза

Ца юьтуш буо хила…..

Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана!   
Мохь тухуш, я г1ийла, кхайкха те со хьоьга генна.
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш тийна,
Далхаде те ас сайн дагахь  дерг, есалле сийна.

Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1уллакхийн мах хадор хьан?
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а.

Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е.
Мила ву, сан Нана! Къинхетамца б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган.   

Со наггахь со сайца, шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бохьуш хьайха.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, хьайгарчу марзонах хаьдда.

5.08.2012

Сан дог дуург….

Малх схьакхеташ и чу бузуш,
Хенаш хуьйцу замано.
Ворх1 дуьненна го туьссийтуш,
Ойла йойту безамо.
Экаме дог кийрахь сецош,
Хьан амалах эело со,
1ехало хьан б1аьргийн лепарх,
И безамца хеталой.

Схьахьажа х1ай, сан дог дуург,
Цкъа дог хьостуш елало.
Хьо схьагича сакъералой,
Сан са малхах д1екхало.
Де-буьйсанах ца къасталуш
Къийсамехь ю ойланаш.
Деган лаам къобал бехьа,
Вайн безаман ойла яй.

Гена, гена уьду зама,
Цуьнца яхье дуьйлу вай.
Безамца ирс ца карийча,
Хета дахар деха т1ай.
Сан са хьийза, сан са гатло,
Лаьа теша ирсах вайн.
Йола соьга сан дог дуург,
Вехьа ирсе безам лой.

Хьох дийца дезар-кх…

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Хьомсарчу ненан дог хьоьстуш.
Кегийчу берийн б1аьрг белош,
Диканах дайн дегнаш тешош.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Дайн оьзда г1иллакхаш хьехош,
Даймехкан турпалхой хестош,
Доьзалшна барт, безам хьоьхуш.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Безачийн ойланаш юцуш.
Б1аьргашчохь ц1ерасуйнаш летош,
Безамах, ирсах дог дузош,

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Куц хазчу 1аламах эебеш,
Зевне аз шовданех декош.
Хьо бийцар дуьненна хаздеш.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Пондарца мукъаме бохуш.
Иллешкахь сийлалла кхайкхош.
Хастам беш, Делан ц1е йохуш.

Хьох дийца дезар-кха, Нохчийн мотт!
Шен байташкахь  Шейхис санна,
Г1апура Санеташкахь санна.
Нохчийн мотт! Хьох деш дозалла.

 
Вевзарий хьуна …

- Ассалам  – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.

Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш, цу кийрахь мийлинарг ву со.
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо, марзбинарг ву со.

1уьйренца дашочу, з1аьнарийн маша,
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь, цу малхо бузара.
Цу т1улгийн ламанех самукъне хьаьрчаш,
Кхийсалуш и сирла шовданаш ловзура.
 
Бес – бессара шакаршца, эшаре  дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь, олхазарш а декара.
Б1аьстенца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваэ г1уьттура.

Баьстенан зазанах, седарчий къегий,
Бода д1акъахка беш, бетта са даьржара
Куц хазчу 1аламах ойланца хьаьрчий,
Сан ненан са т1ома 1аьршашка долура.

Хьоьгарчу марзонах сатийсам хьерчий,
Шовданийн аьзнашца мукъаме йолура.
Юха а, къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу терках и, елхаре йоьдура.

Стогаллин амал т1ехь, кхио къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн амалаш хьоьхура.
Дайн оьзда г1иллакхаш, шайн кийрахь кхобуш,
Бехачу мехкарийн, сий, лакхахь гойтура.

Генарчу Сибрехахь, хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен, т1аьхьанна йоьхуш,
Даима до1ийца, цо  Деле доьхура.

Халонийн, харцонийн дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан некъа со ваьккхира.   
Мерзачу сих хаьдда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц, хьох тохар дийхира,

- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со? Суна хьо – м, бевзара.

Сийлахьчу, хьан ц1еран, декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со.
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е, ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла, нохчо ву со.

Маьлхан бен….
(лерамца)
Хазаза-м дацара, кху маьлхан бенах,
Я газа дацара, беркатан дебар.
Къера ю хьогамна, б1аьрг хьаста лиънера,
Син герга, марзонга сатийсам хиллера.

Кху юьртахь кхиънера, къонаха мехкан,
Во1, ваша, дика да вайн нохчийн къоман.
Ца хеташ шен халкъан маршонан меха,
Цо са д1аделлера, ца кхоош дег1ан.

Къийсамехь толамах ойланаш тешош,
И дага вийлинчу лаьмнех б1аьрг тоха.
Сел мерза, и безам, Даймахке кхуллуш,
Цуьнан дог дузийна, марзонаш йовза.

Ахьмад-Хьаьжа жималлехь хьистина латта,
Доггаха сий дина, куьг хьокхуш хьаста.
И къонах кхиинчу, гонах б1аьрг тоьхна,
Мохь тухуш, сайн деган хорамаш баста.

Даймехкан сий динчу къонахийн хьаьттахь,
Ахьмад-Хьаьжа хьалхарчу мог1арехь лаьтта.
Декхар ду, цуьнан ц1е яьккхинчохь халкъ а,
Цуьнан сий-ларам беш, х1олламех латта.

Ткъа тахна Ахьмадан во1 малхах г1аьтти,
Дикчу ден даггара Нохчийчоь хьаьсти.
Ден лаам кхочуш би, сий лаккха айди,
Дуьненна вайн къоман сий-ларам гайти.

Делаца гергарло Рамзана ч1аг1ди,
Маьждигаш тодина, хаздеш д1ах1иттий.
Берийн дог хьастар а, шолханиг лери:
Уьш ирсах кхелина, седарчех къагий.

Самукъне ду махкахь, б1аьстенах сирла,
Полларчех айделла, адамаш лела.
Делера къинхетам, совг1ат Цо делла,
Рамзан! Вайн Дала ша, хьо 1алашвойла.

Хазаза-м дацара, кху маьлхан бенах,
Я газа дацара, беркатан дебар.
Къера ю хьогамна, б1аьрг хьаста лиънера,
Син герга, марзонга сатийсам хиллера.

Сан Даймохк, ирс бухара дуьйлу хьост мехкан,
Дебийла хьан беркат, садуьйлуш денна.
Ийманехь кхуьийла, яхьйолу доьзал,
Нохчийчохь машаре малх бохуш серла. 

2012

Назма

Б1аьрса а лахделла,
Т1евеънарг ца вевзаш.
Хьекъалах  тилла - те,
Хиллачух цакхеташ.
Тхьузбоьлла соьцу мотт,
Ца керчаш ала дош.
Къинхетам белахь Ахь,
Я Аллах1 Дели!

Ойланаш гулъелла,
Даге барт хоьттуш.
Кийрара дог хеба,
Дагаро морцуш.
Со Хьоьга кхойкхуш ю,
Са карзах дуьйлуш.
Къинхетам белахь Ахь,
Я Аллах1 Дели!

Со орца лоьхуш ю,
Малхе б1аьрг хьежош.
Мерза са 1ехош ю,
Кхачанаш хьехош.
Дилхан дог хьоьсту ас,
1ожалла чехош.
Къинхетам бехьа Ахь,
Я Аллах1, Дели!

«Велларг бен вац»,- олу,
Валарах ваьлла.
Седарчийн лепар а,
Кхуоларшка даьлла.
Сан деган мерзаш шун
1одика йойла.
Къинхетам белахь Ахь,
Я Аллах1, Дели!

Яздархочунна 
Цуруев Шерипна

Синкъераме, синкхетаме,
Къинхетаме, къинхьекъаме,
Ойланаш хьайн дагчохь кхиийна,
Уьш йоькъуш адмашна диканна.
Ма ирс ду – кха,  хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг,  дуккха а, диканца.

Яздархой а,  арздархой  а,
Яздахойн ц1ергаш а, къарздархой,
Бу киншкийн киланаш юхкуш,
Ешархойн сих м1араш  юьхкуш.
Ма ирс ду - кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.

Со теша и байташ  кхоллало,
Хьекъале болх бойтуш хилча.
Са а дегош, дош – ам алало,
Стогалло  бен дагчохь бича.
Ма ирс ду – кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.

Кхузахь
Къинхьекъаме  – ойла йойтуш, к1оргера маь1ана долуш.
Арздархой –  Шайн 1ийжамех язбеш берш, рифма а, ритма а, поэзии а йоцуш.
Ц1ергаш – яздархойн  ц1арах  лелаш берш.
Къарздархой – адамийн са ца хьосту байташ язъеш берш.

Со схьакхечи

Cо схьакхечи,
Ткъа са цигахь дисна сан,
Кхин ца 1ебаш,
Итум-Кхалийн хазаллех.
Ницкъ ца кхочуш,
Къаста лаьмнех, шовданех,

Со схьакхечи,
Ткъа са цигахь дисна сан.
Юха йоьхуш,
Логехь соьцу мерза чам.
Б1аьргаш хьоьжу,
Генахь дисна и сурт ган,
Дуьхьал туьйсу
Г1енаха а, и Башлам.

Со схьакхечи,
Соьлжа г1алахь диснарг дан.
Амма  юха кхача
Ойла ю сан ц1къа.

Сама довла зезагаш
(Бакаева Селимина лерина)

Маьлхан з1аьнарш яьржина,
Серла даьлла де.
Бераш ловза даьхкина,
Маьлхан майдане.

Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду самукъне.
Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.

Кечде 1алам басаршца,
Можа, сийна, к1ай,
Олхазарша шакаршца,
Д1ах1оттийна той.

Лекха лаьмнаш хестадеш
Уьду шовданаш.
Вай Даймехкан сий айдеш,
Лоькху эшараш.

Да виса хьан….
Тешна – бехкаца вийначу нохчийн поэтна,
сий долчу хьехархочунна,
Ахтаханов Русланна лерина

Дависа хьан дуьне!
Хьо муха лаьтта те?
Дешана, даьржина ца шарлуш д1а.
Латта а муха 1а,
Хьулъеш и къайле?
Къизаллин когашка хьоьшийтуш ша.

Дависа хьан дуьне!
Хьо муха го те?
Зулам т1ехь ойланаш еттачунна.
Цуьнан дац  дуьне а,
Эхарт а дац  я.
Иблисо ловзош ду, и б1аьрзе са.

Дависарг,  мерза Са!
Хала ду кхета,
Хьо гура дерзолл ша, къизачунна.
Ахь лучу йовхоно,
Нур серла дохуш,
Къегийла хаа  малх кху дуьненна.

Ткъа малхха  – м лепар бу,
Хьан г1азот хьекъош.
Нохчийн къам дехар ду хьан даггара.
Ахь делла хьекъалца,
Диканаш дебаш,
Тоьшалла кхочур ду, абаде д1а.

***
Кхиъний те хьан деган бешахь
Зезаг а ирс дала суна.
Дисний те хьан ойланашкахь,
Безамах дош ала соьга?

Я ду те хьан б1аьргаш дуьхьлахь,
Диц дан ницкъ боцуш кхин сурт.
Мацца цкъа  б1аьстено  дагчохь,
Шен ц1арах доьг1на цхьа  чурт.

Лаьар – кха цу чурта т1оьххулахь,
Цхьа седа сан ц1арах къага.
Сан санна дог дагош хьоьга,
Кхача сан безаман дагар.

Со хьоьца еха….

Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Дилхах хаьдда са 1аьршашка даьлча,
Сирлачу седарчех ийна,
Адмашка нур кхийдо сирла,
Мерза са хьан стигла дилла.
Хьан ц1еран декъашхо  хила.

Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Сих хаьдда дилх лаьтта дижча,
Лаьттан цинц сайх хилла,
Халкъана беркате хилла.
Ирс луш когашкахь 1илла,
Хьан ц1еран декъашхо  хила.

Сан Дймохк! Со хьоьца еха,
Б1аьвнашна ч1аг1онна билла,
Оьшучохь т1улг метта дилла,
Нохчийчун дог кийрахь 1уьллу,
И тешамна хьуна делла.
Хьан ц1еран декъашхо хила.

***
Ахь нийса ца дийши
Сан б1аьгийн йоза.
Къорам ду ойланийн
Хьан дагца ловзар.
Сан лаам хиллера
Хьан амал йовза.
Гергарло х1илланца
Лууш яц дуоза.

Ахь нийса ца диши,
Сан б1аьргийн йоза.
Хьан зезаг кхиош дац,
Сан деган доза.
Д1абуьзна сан дагна
Йовхо лун малх.
Чекхболучу баттана,
Эшац кхин ах.   

***
Со ирсах ца хьаьгна,
Тоъъал сан хилла и дахарехь.
Т1ех 1енаш ца хилла,
Са дузош 1ийна, шен барамехь.

Кхин лах – ам ца делла,
Ца кхоош декъарх д1а нахана.
Наха - а ца дуьту,
Юха схьа ца кховдош саха.

Сайн ирсан да ю со,
Т1алам бо ас и ца дагийта.
Са дилхах къаьстачу
Дозанахь, цуьнан нур къагийта.

***
Ткъа суна-м….

Хуур дац цхьанна а,
Дог догуш леллийла.
Б1аьргаша даима ,
Хьан амат лаьхнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Ломарчу  шовданех.
Сох ойла кхерстийла,
Хьан деган дозанахь.

Хуур дац цхьанна а,
Ойланца яьхнийла,
Кхолламе дарбанна
Хьан безам бехнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Малхах а къегина.
Хьан б1аьргаш дуьхьлара,
Дохк яйа яшийна.

Хуур дац цхьанна а,
Г1айг1ане эгнийла.
Малхо нур г1елдинчу
Баттах со кхеттийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Хьан деган бодашкахь,
Сатосучу седанан
Серлонца къага а.

Хуур дац цхьанна а,
Безамах хьегнийла.
Дог1анах йоьлхучу
Мархех  а 1аьннийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Б1аьстенан 1алам а,
Хаздечу зезагах,
Хьан дахар кхала а.

Марша г1о хьо…
(Забаре)

Марша ва хьо,
Б1аьгаш лаьхнарг, даго ваьхнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог хьаьгнарг, сан дог эцнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог доххол декъала хилларг,
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача.

Марша ва хьо,
Са айдаллал со 1ехийнарг,
Марша ва хьо,
Дог ца диллал со тешийнарг,
Марша ва хьо,
Маьлхан дийнахь некъах тилларг.
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача.

Марша ва хьо,
Со ирсе ян дакъа кхаьчнарг.
Марша ва хьо,
Со езначийн декъахь хилларг.
Марша ва хьо,
Ас ирс даллал дакъаза ваьлларг,
Марша ва хьо,
Марша  ва хьо,
Хьайн са лаьттача.

Вайшиннан безаман уьйраш,
Юьйцина и дашо некъаш.
Лаьтташ ду керла ирс кхуллуш,
Безаман марзонаш хуьйцуш.

    Хьо д1аводахь…..

Хьо д1аводахь,
Буьтуш Даймохк, нохчийчоь а . 
Серла  дуьйлуш,
Хьо ларвина седарчий а.
Лекхчу лаьмнех
Хьох йоьттина ойланаш.
Сингаттамца
Д1ахаьрцар  – кха заманахь.

Хьо д1аводахь,
Юьтуш б1аьсте, зезагаш а,
Вайн ойланех
Ийна хилла шовданаш а.
Доггах боьлуш
Вай хьистина дашо малх а,
Са б1арзделча,
Леха дуьсур дахкарлахь.

Хьо д1аводахь,
Сан са диъна буьйса, де а,
Цхьана тайнарг,
Цхьана лайнарг дерриге а,
Ахь д1ахьолахь
Кхин ца дуьтуш т1ам хеца,
Суна генахь,
Ирсан декъахь, хьай ваха.

Амма соьца мерза ойла ехар ю,
Зезагашца дахаран некъ  буцур бу.
Бетта коча сирла малх а уллур бу,
Сайн нохчийчохь ирсе яха юьсур ю.

***
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам -  йовхоно хьаьстина.
Хьо дог1а -  латта хих 1абийна,
Со з1идиг- ахь ницкъ луш яьстина.
Хьо лам - хьайн къайленех боьттина,
Со шовда - хьан къайле аьхкина.
Хьо ирс - сан кхолламо кховдийна,
Со дахар - хьо совг1ат даздина.
Хьо безам - сан дагчу кхевдина,
Со ойла - марзонах хьаьрчина.
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам - ахь ирсах къагийна.

***

Шопаршна

Могуш, маьрша шу лоьлийла,
Некъан хьовзам боцуш цхьа а.
Дахар ирсе шун хуьлийла
Балано ца 1овжош цкьа а.

Рицкъа беркате кхоьхьийла,
Т1етт1а дебаш хьанал къа.
Доккха собар шуна лойла,
Тхан нуьцкъала амалш лан.

Г1оза, декъала керчийла,
Шун машенийн ч1ургаш д1а.
Зенах, зуламах лардина,
Шу диканца кхачош ц1а.

Резванова Айза

Анасова Индира керарчу хенахь, Австрехь йехаш йу. Цу генарчу, хийрачу махкахь кхолламан рицкъа цуьнан хиллехь а, ша Нохчийн къоман хьакъ йолу йо1 хиларе терра, Нохчийн къоман мотт кхиорехь къахьоьгуш йу Индира. Шен махкахь а дац хьехархо болх бан атта. Индира цу хийрачу махкахь, нохчийн къомах долчу берашна Нохчийн мотт хьоьхуш а, царна мотт а, Даймохк а марзбеш, цу берашкахь  Нохчалла кхио къахьоьгуш йу.
 
Анасова Индира Хасав - йуьртахь йина, кхиъна а йу. Цу йуьртахь дешаре ишколе лелла а йу. Ишколехь дешна йаьлча, Гуьмсера  училищехь дешна ,,Филолог" йу иза.
Дешар а дац. Цул т1аьхьа Махачквлара университетехь дешна ,,"Психолог - педагог". Кхузахь коьртаниг, шен Нохчийн къам а, Ненан мотт а безаш а, лоруш а хилар ду. Дахар муьлххачу махкахь хилча а, шен кийрахь йахь йолчо ,,Нохчалла" олуш йолу мехалла сий деш лелош йу.

Сан хаттар хилира Индирига:
- Цу хийрачу махкахь кхуьуш долчу бераша схьалоций, ахь д1ахьоьхуш дерг? - аьлла.
Цуьнан жоьпе ладоьг1уш, сан тидам хилира, ша цу берийн амалех а, церан хаарех а, церан ша гучуйаьлча самукъадаларах а цо дуьйцуш,  сан а са айделлера цунах д1акхета. Цуьнан йуьхь сибат т1ехь ловза дуьйлура цу берийн самукъа.
Ишттачарах йу Индира.
 
Тахана ас дуьххьара сайн вг1онт1е йохку Анасов Адыман йоь1ан,  Индирин байташ. Индирас шеца долчу пох1мин  тидам бина дикка хан йелахь а, шен байташ нахана хьалха йахка ца сихъелла иза.  Йаздархойх бехк лоьцуш а, шен йозанаш гайта эхь хеташ а дикка шераш даьхна цо.
Суна Индирас  шен байташ ,,йешахьара, цу байтех хетарг а алахьара" аьлла, йаийтича, сихха лиира уьш шуна гайта.  Йоккхайеш, кхин цхьа з1аьнар а маьлхан йовхонца  Нохчийн меттан зирх  денбеш, лаьттат1ехь серлонца йаржарах Даймахке кхаъ боккхуш. Иштта лаьа Индира декъал йан а, дуьххьарлерачу поэзин г1улчашца:
Индира, Дала т1аьхье беркате йойла хьан!
Иштта хаза ойланашца вайн Даймохк а, махкахойн ойланаш хьеста а аьтто бойла хьан!
Дала декъала бойла хьан пох1маллин  некъ!

Автор: Анасова Индира.

Сан хьоме Даймохк!
Дай  баьхна латта!
Ма дукха  гулделла сан хьоьга дийца.
Мел беха  некъ ас барх,  сатуьйсуш хьоьга,
Цак1адлуш йог1у со,
Хьан кхерча кхача.

Мел ч1ог1а б1аьрг 1ехош 
пачхьалкхеш гина,
Ма яккхий г1аланаш, бес - бесара йайна.
Сай боцчу махкахь ас
диъначу  мазал а,
Мерза сан  Даймохк,
хьан х1аваъ хетта.
*****
Жимачу школехь  доьшуш ю со,
Хьехархо  хила ойла ю сан.
Дахаран 1илма ас 1амадо,
Берашна хьеха, йокхъхилча суо.

Цициго бохуш шен маттахь ,,маьув"
Х1ун доьху вайга, дуьйцур ду ас,
Ткъа джаьла ,,г1алх" деш, дарделла гахь,
И 1ехо оьшург, хьоьхар ду д1а.

Со х1инца школехь ю  дешархо,
Зезагаш гулдан йоьду со.
Хаза курс зезагийн гулйина,
Лур ю сайн хьехархочунна!
*****
Хьоза деъна тхан беша,
Зевне декаш эшарца.
Цуьнга ладоха деза,
Юург йала а еза.
Т1аккха иза юха а,
Дохар ду шен йиш лакха.
*****
Берийн байт.
Немцой маттара, нохчийн матта гоч йинарг йу,
Анасова Индира.
Кхо полла.

Кхо полла, кхо полла,
боьду т1ома баьлла,
Лоьху цара сийнач арахь,
Бай зезагех кхаьлла.

Сийна, можа, бай къарзбина,
Зезагаш т1е хуьйшуш,
Кхузахь, д1огехь полларчий го,
Мутт зезагийн  муьйлуш.

Ткъа суьйренца малх чу бузуш,
Цаьпцалган йиш хезча,
Хазчу т1емаш йуккъе хьерчаш.
Уьш набарна тевжа.
*****
Индира Анасова



Резванова Айза

1аламо хийлаза х1оттийна  суна и сурт а,
Бес - бесара басаршца йехкина асанаш ане.
Малхо шен дешийн варкъ диллина къагийна нуьре,
Цул тоьлла хьал - бахам ца хеташ кхачийна ирсе.

Бакъволу 1илманча, говзалла Кхоьллинчо йелла,
Ахьа - м, и сурт саций т1аламбеш, дерзийна гура.
Ирс ду - кх, хьо совг1ат хиларна кху Нохчийн къоман,
Даима б1аьрг сирла, са маьрша вехийла хьо тхуна!
Али Аздамировга, йишин ларамца.

****

Хьо йара тхан г1ала, самукъне, сирла,
Хьоьца тхан массо де хуьлура мерза. Хьо йара тхан маршо, сатийсам, къайле,
Хьо йара дахарехь тхан ирсе кхане.


Дехар.
Кхолламо вайшиннах дира к1ант нана
Рицкъанаш яздина хиллера Дала.
Ойланаш ас йора къаста ца лууш
Бераллех хьоьгуш хьо леларна кхоьруш.

Сапарг1ат долура самукъне хилча
Даге цалалора г1айг1ане вайча
Хьо соьха хьерчара,нана таръелла
Хиллаьхь сох цатам хьо,къинт1ера вала.

Да-нана,вежарий,йижарий даьзна
Доьху ас шуьгаъа,къинт1ера довла.
Сай бала айса лар,дозалла хеташ
Ели хан геналлехь ойла шух хьегош.

Т1едеънарг цалайнарг,хир вацкха цхьа а
Халонаш,баланаш вай цхьана лай
Къинт1ера со яьлла маьл бевзачарна
Г1алатна геч делаш,сан лулахой.

Дуьненахь жималлийн ойла эшийна
Лелла со хастам беш,хилла хьан лай
Эхарте са туьссуш,доьху ас хьоьга
Аллах1, Ахь геч делахь, къинхетам бай!

1995ш.Резванова Айза Арбиевна.

Хьох дийца дезар-кх…

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Хьомсарчу ненан дог хьоьстуш.
Кегийчу берийн б1аьрг белош,
Диканах дайн дегнаш тешош.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Дайн оьзда г1иллакхаш хьехош,
Даймехкан турпалхой хестош,
Доьзалшна барт, безам хьоьхуш.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Безачийн ойланаш юцуш.
Б1аьргашчохь ц1ерасуйнаш летош,
Безамах, ирсах дог дузош,

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Куц хазчу 1аламах эебеш,
Зевне аз шовданех декош.
Хьо бийцар дуьненна хаздеш.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Пондарца мукъаме бохуш.
Иллешкахь сийлалла кхайкхош.
Хастам беш, Делан ц1е йохуш.

Хьох дийца дезар-кха, Нохчийн мотт!
Шен байташкахь  Шейхис санна,
Г1апура Санеташкахь санна.
Нохчийн мотт! Хьох деш дозалла.

Резванова Айза

Даьржина хи цецех чекх литтарах а хьаьаш дац,
Д1ах1оттийна хан ца ялийтича.

Жималлин майданахь, гон - генаш хецна,
Баьстенан бос эцна лаьттара талл.
Бохь стигла кхевдина, г1ад  а стамделла,
Цхьа башха кхиънера, цкъа хилларг кол.

Куц хазчу цу суьртах сакъера делла,
Со цуьнца сецира,  къамеле яьлла.
И г1ийла техкира шабаршка даьлла,
Цуьнгахь а хиллера – кх шееначулл бала.

Генарчу жималлин дозане кхаьчна,

 
Ма г1ертахьа, кийрара дог,
Некхах чекх дала.
Хьайх кхеташ воцчуьнга
Х1ун ду хьан ала?
И кхетар вац хьоьха,
Цуьнгахь бац бала.
Цундела цо дуьту,
Хьо даьгна, дала.

Ма г1ертахьа х1ай  сан дог!
Хьо цунна т1аьхьа.
Хьайн хьолах кхетаверг
Гохьа цкъа хьуна.
Хьан некъа х1уьтту и,
Сатуьйсуш гойла.
Хуушшехь йоьдийла,
Хьоьшуш шен ойла.

Сацахьа дилха дог,
Хьайн ширчу гурахь!
Сан кийра г1елбелла - кх,
Хьан амал лайна.
Хилахьа цхьа жимма,
Собаре, сема.
Хьекъалах дагадалий,
Г1о дег1а хьайна.

Дезчу денца….

Б1аьсте  еъча дуьне серла долий,
Зезагашца 1алам делало.
Хьо схьагича сан са маьрша долий,
Ойланаш самукъне екхало.

Х1ора де а, ирсе ас сайн лору,
Массо де а хьоьца декъал го.
Ткъа тахана, сан дахаран совг1ат!
Дезчу денца ас хьо декъал йо.

Стигла яла т1емаш ас ца лоьху,
Сан ойланаш тахна сирла ю.
Ас кхин марзо дахарехь ца йоьху,
Хьоьца ю сан марзо нана сан.

Малхо хьоьстуш, серла яла б1аьсте,
Дуьне,1алам, хаздеш дахар хьан.
Безамах ца къаьсташ яха ирсе,
Хьоме Нана, деган зезаг, сан!


Рецензии