12 - я папка

Бераллехь дуьйна цагулйина  синмехаллаш, къаналлехь дагчохь карайац.
Р.А.А.


Х1оранна  шен - шен йу меттиг  дуьненахь,
Ша йиннарг эхартахь кхочар йу и.
Азаллехь йаздинарг дог1у ца дехарх,
Д1адаьлларг  абадехь бен гур дац кхин.

Р.А.А.

Резванова Айза

Ирсана кхаж баьлла

- Ассалам  – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со?
Суна хьо – м бевзара...

Хьох къастар ца лайна, ненан дог доьлхуш,
И б1аьрхиш цу кийрахь мийлинарг ву со!
Безамца хьан суьрташ, шен дагчохь хьоьстуш,
Шен кийрахь нанас хьо марзбинарг ву со!

1уьйренца дашочу з1аьнарийн маша
Хьан лаьмнийн баххьаш т1ехь цу малхо бузара.
Цу т1улгий ламанех, самукъне хьаьрчаш,
Кхийссалуш и сирла шовданаш ловзара.
 
Бесс– бессара шакаршца эшаре  дуьйлуш,
Юькъачу хьаннашкахь олхазарш декара.
Б1аьстенца аренгахь помбархат зезагийн,
Тхи муьйлуш, полларчий х1аваиэ г1уьттура.

Баьстенан зазанах седарчий къегий,
Бода д1акъехкабеш, бетта са даьржара.
Куц хазчу 1аламах Ойланца хьерчий,
Сан ненан са т1ома, 1аьршашка долура.

Хьоьгарчу марзоне сатийсам г1оттий,
Шовданийн аьзнашца мукъаме йолура.
Юха а къастаран бала т1е 1аьткъий,
Г1ерг1ачу Терках и елхаре йоьдура.

Стогаллин амал т1ехь, кхиуо къахьоьгуш,
Турпалчу къонахийн амалаш хьоьхура.
Дайн оьзда г1иллакхаш шайн кийрахь кхиош,
Бехачу мехкарийн сий лаккхахь гойтура.

Генарчу Сибрехахь, хийрачу махкахь,
Даймохк, хьан ц1е йохуш, нанас дог лоьцура.
Ша хьегна марзо шен т1аьхьаьнна йоьхуш,
Даима до1ийца цо  Деле доьхура.

Халонийн, харцонийн дозанаш эешош,
Ца къарлуш, Дег1астан некъа со ваьккхира.   
Мерзачу сих хедда, дилх лаьттах эелуш,
Шех хилла лаьттан цинц хьох тохар дийхира...

- Ассалам – 1алайкум, тхан сийлахь Даймохк!
Вевзарий хьуна со?
Суна хьо – м бевзара....

Сийлахьчу хьан ц1еран декъашхо хила,
Нанас т1е диллина, хьан к1ант ву со!
Даймохк, хьан сий долчу ц1арт1е ц1е йилла,
Ирсана кхаж баьлла,
Нохчо ву со!

2012

Хьох дийца дезар-кх…

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Хьомсарчу ненан дог хьоьстуш.
Кегийчу берийн б1аьрг белош,
Диканах дайн дегнаш тешош.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Дайн оьзда г1иллакхаш хьехош,
Даймехкан турпалхой хестош,
Доьзалшна барт, безам хьоьхуш.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Безачийн ойланаш юцуш.
Б1аьргашчохь ц1ерасуйнаш летош,
Безамах, ирсах дог дузош,

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Куц хазчу 1аламах эебеш,
Зевне аз шовданех декош.
Хьо бийцар дуьненна хаздеш.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Пондарца мукъаме бохуш.
Иллешкахь сийлалла кхайкхош.
Хастам беш, Делан ц1е йохуш.

Хьох дийца дезар-кха, Нохчийн мотт!
Шен байташкахь  Шейхис санна,
Г1апура Санеташкахь санна.
Нохчийн мотт! Хьох деш дозалла.

Резванова Айза

Даьржина хи цецех чекх литтарах а хьаьаш дац,
Д1ах1оттийна хан ца ялийтича.

Жималлин майданахь, гон - генаш хецна,
Баьстенан бос эцна лаьттара талл.
Бохь стигла кхевдина, г1ад  а стамделла,
Цхьа башха кхиънера, цкъа хилларг кол.

Куц хазчу цу суьртах сакъера делла,
Со цуьнца сецира,  къамеле яьлла.
И г1ийла техкира шабаршка даьлла,
Цуьнгахь а хиллера – кх шееначулл бала.

Генарчу жималлин дозане кхаьчна,

 
Ма г1ертахьа, кийрара дог,
Некхах чекх дала.
Хьайх кхеташ воцчуьнга
Х1ун ду хьан ала?
И кхетар вац хьоьха,
Цуьнгахь бац бала.
Цундела цо дуьту,
Хьо даьгна, дала.

Ма г1ертахьа х1ай  сан дог!
Хьо цунна т1аьхьа.
Хьайн хьолах кхетаверг
Гохьа цкъа хьуна.
Хьан некъа х1уьтту и,
Сатуьйсуш гойла.
Хуушшехь йоьдийла,
Хьоьшуш шен ойла.

Сацахьа дилха дог,
Хьайн ширчу гурахь!
Сан кийра г1елбелла - кх,
Хьан амал лайна.
Хилахьа цхьа жимма,
Собаре, сема.
Хьекъалах дагадалий,
Г1о дег1а хьайна.

Дезчу денца….

Б1аьсте  еъча дуьне серла долий,
Зезагашца 1алам делало.
Хьо схьагича сан са маьрша долий,
Ойланаш самукъне екхало.

Х1ора де а, ирсе ас сайн лору,
Массо де а хьоьца декъал го.
Ткъа тахана, сан дахаран совг1ат!
Дезчу денца ас хьо декъал йо.

Стигла яла т1емаш ас ца лоьху,
Сан ойланаш тахна сирла ю.
Ас кхин марзо дахарехь ца йоьху,
Хьоьца ю сан марзо нана сан.

Малхо хьоьстуш, серла яла б1аьсте,
Дуьне,1алам, хаздеш дахар хьан.
Безамах ца къаьсташ яха ирсе,
Хьоме Нана, деган зезаг, сан!


Хьоза, Хьоза, хьо ду говза,
Ахь лоькху йиш, дагчу кхоча.
Кхайкхадехьа шакарца, схьакхаьчна 1а, к1айдеш  1алам,
Декъал дехьа массо са,
Доьхуш могуш - маьрша дахар!
Р.А.А.
Резванова Айза.

Дукха ду, дукха ду дийца,
Кху дийнах сан дагчохь сийсаш.
Ойланаш иэсехь самайуьйлуш,
Жоп доцчу хаьттаршка йуьйлу.

Муха? Ва х1унда? Ткъа хьаьнца?
Т1емаш бан мила ву вайца?
Вайн санна пачхьалкхе йоккха,
Хьена бу ницкъ вайца къовса?

Бохучу хеттаршка йаьлла,
Со - м, дагца ч1аг1йелла  йара.
Вайн дайша ларйинарг ц1ийца,
1алаш йан дег - дозаллийца.

Нохчичоь, хьан б1аьрхих 1ана,
Дагахь а дацара цкъа а.
Хьан маьрша дог... ц1ена, сирла,
Хьеша цхьаъ вог1ар вара аьлла?

Ма ала къинт1ера йала,
Сан дог дац дилхина даьлла.
Сан жима, оьзда къам цкъа а,
Ца хилла йамарт а цхьанна.

Т1ом бацара, тешнабехк бара,
Шен орам боллучара баьлла.
Суна - м, и д1абер бац йаллалц,
Бекхаман гурахь уьш  галлац.
2021

Резванова Айза.

Д1аг1о вайша, х1ай, сан дог!
Хьуна чохь дерг иэций?
Ца йуьйцуш, йа ца гойтуш, Цхьанна вайшин къайле.
Наха вовшашка дуьйцур,
Дийца луъург шайна,
Ткъа вайшинна ма хаа,
Ваьшингара бала.

Д1аг1о вайша, х1ай, сан дог!
Дала вайша къайла?
Кхетахь вайшинах кхетарг,
Хир - кха,  дагалаца.
Амма хьуна чохь дуьйлу,
Шовда оьшур хьанна?
Вайша кхеташ ду вовшие,
Дош цаоьшуш ала.

Д1аг1о вайша, х1ай, сан дог,
Дала вайша генна,
Д1о сирлачу седанах, иэсехь дуьсуш къага.
Шовда х1урда чохь санна,
Кху дуьнен чохь даха,
Ца1ебаш верг вайшиннах,
Вуьтуш доггах хьега.
2021.

Резванова Айза.

Д1аг1о вайша, х1ай, сан дог!
Хьуна чохь дерг иэций?
Ца йуьйцуш, йа ца гойтуш, Цхьанна вайшин къайле.
Наха вовшашка дуьйцур,
Дийца луъург шайна,
Ткъа вайшинна ма хаа,
Ваьшингара бала.

Д1аг1о вайша, х1ай, сан дог!
Дала вайша къайла?
Кхетахь вайшинах кхетарг,
Хир - кха,  дагалаца.
Амма хьуна чохь дуьйлу,
Шовда оьшур хьанна?
Вайша кхеташ ду вовшие,
Дош цаоьшуш ала.

Д1аг1о вайша, х1ай, сан дог,
Дала вайша генна,
Д1о сирлачу седанах, иэсехь дуьсуш къага.
Шовда х1урда чохь санна,
Кху дуьнен чохь даха,
Ца1ебаш верг вайшиннах,
Вуьтуш доггах хьага.
2021.


Резванова Айза
Нохчичоь ца гина...

Цхьаболчара хестош, 1ехош,
Вукху наха, къаьстош, чехош.
Хьо ма ловзо яьккхина,
Нохчичоь, тур даьккхича,
Хьо ца гина - те  царна,
Ч1ир ца йитинарг, цхьанна!?

Лаьмнел лекха  йуттуш б1аьвнаш,
Царал лакха х1иттош г1енташ,
Даржехь бийларх шаьш лакха,
Нохчичоь, цахаьа -те царна,
Адамал лакхара дарж доций,
Кхин дерриг а д1адолий!?

Дехьара - сехьара дола х1уьттуш,
Вайн Даймахках кескаш йохуш,
Б1о шайх тарбеллачарна,
Нохчичоь, ца йевза царна,
Ц1ераш къонахийн г1арбевлла
Йа шеконо 1ехийна,
Лела - те уьш, галбелла!?

Гена паналлехь вай леларх,
Делан кхела к1ел вай сецарх.
Нохчичоь, уьш - м кхетар баций,
Йиш - вешин хьаг1 - гамо йацарх
Хьан доьзалаш - м, бу цхьана дайх.
Дехар ду, нах хьегош вай а!!!
Даламукълахь!

Последний 2раз

Резванова Айза

Ган боьг1на хилла - кха, и т1ом а вайна,
Азаллехь йаздина хилла и йоза.
Цул т1аьхьа моссаза кхечи Даймахка,
Де, буьйсанал 1аьржа, къизаллийн бода.

Дукхаза мостаг1чо зийна вайн къам,
Дайшкара 1емина т1едеънарг лан.
1аьржа, ц1ен, йа мокха к1ур биссалц шайх,
Ца къарлуш, доьналлехь лаьттина дай.

Вайга а кхаьчнера  цунах цхьа дакъа,
Ца дити йуьхь1аьржа  Аллах1а вай а.
Кхин цкъ'а а   дуьненахь йоккхучу ханна,
Ма гойла Даймахка беъна и бала!
*****

Резванова Айза

Ган боьг1на хилла - кха, и т1ом а вайна,
Азаллехь йаздина хилла и йоза.
Цул т1аьхьа моссаза кхечи Даймахка,
Де буьйсанал 1аьржа, къизаллийн бода.

Дукхазза мостаг1чо зийна вайн къам,
Дайшкара 1емина т1едеънарг лан.
1аьржа, ц1ен, йа мокха к1ур биссалц шайх,
Ца къарлуш, доьналлехь лаьттина дай.

Вайга а кхаьчнера  цунах цхьа дакъа,
Ца дити йуьхь1аьржа  Аллах1а вай а.
Кхин цкъ'а а   дуьненахь йоккхучу ханна,
Ма гойла Даймахка беъна и бала!



*****






КЪИНХЕТАМ БОЙЛА ВАЙХ ДАЛА.

Вайн къина йоьлхий-техь стигланаш денна?
Ца тарлуш вовшашца къийсало стенна?
Тардала дезар-кха вовшашца  х1инца,
Синошца, дегнашца нисдала динца.

Са хаьдда лоьху вай дуьненан хьелаш,
Ма тергал ца бо вай де эшна леларш.
Оьг1азло вайна техь сацарна кхоьру,
Х1ара дуьне ка етташ мел ч1ог1а лоьру.

Кхайкхам бац ас бийриг, хьехам бац х1ара,
Сан деган аз ду и, даьлла и пана.
Кечделла х1ара латта къовла вай мара,
Къинхетам бойла вайх, кхоьллинчу Дала...
               
1АЬРБИ ГАКАЕВ.
                22.05.2020 Г1ой-Чу.

Гакаев 1аьрбига
Резванова Айза
Хьалхара - Марта
27.12.2020

Вайн къина - м ца йоьлху, стигланаш йелххане,
Вайн къа ма дац, цатарлахь х1инца!
Хьо шек ма валалахь, са а  магатде,
Ца нислахь, лахьтий чу нисдийр ду  динца.

Делан лай хууш ву ша лело дезарг,
Цунахха - м, къинхетам Дала бийр бу.
Хьолан лай, лам баарх а бац - кха, 1ебаш,
Цу нехан къарделла - кх, иманан нур.

Кхайкхам, я хьехам, я деган аз хезна,
Декъалчу некъа - т1ехь  нислойла вай!
Боккъал а гена дац латто маракъовла а,
Аллах1а къинхетам бойла Шен лайх!
Р.А.А.

ДУЬНЕ, ТХУНА МОЬТТУ ХЬО ТХАЙНА ДЕВЗА.
ТКЪА ХЬУНА ТХО - М, МА ДАРРА ДЕВЗА.
Х1ЕТТЕ А ЦА КЪУЬЙССУ АХЬ ТХОЬЦА Х1УММА А.
ТХО ДАЦ - КХА, ТУЬГУШ ХЬАН ДИКАНАХ  КХЕТА.

Р.А.А.

Г1овг1анех йедча а, г1овг1ане кхочуш,
Г1овг1ане йаьлча а, г1овг1а ца соцуш.
Г1овг1анех йала кхин меттиг а боцуш,
Г1овг1анехь йаьхьара зама тем боцуш.

Р.А.А.

Ма доккха дог хила деза сан кийрахь,
Ма ондда ницкъ хила беза цу дагехь.
И дерриг чу тардан, тардича лелон,
Ца тарлуш иккхича, и кийра 1ано.

Арахь 1а т1е деъна ду шийла,
Лаьттахь ло лац дац, буц йу сийна.
Ловза долу наггахь ло,
Бецан к1ай коч хуьлий.
Сихха деший 1ена и,
Лаьттан кхача хуьлий.


А я хочу поздравить всех и пожелать всем звонкий  смех!
Чтоб сбылись добрые  мечты,
Смеялись дети всей страны!
И нам, желаю взрослым людям,
От ныне все чтоб по умнели.
Чтоб в головы с умом дружили,
Травить друг друга позабыли.
И все народы дружно жили.
Друг другу счастья мы дарили.


Алийша, мичхьа ву и жима къонах?
Муьлхачу юьртан ду  кхуьуш и ирс.
Ларвойла и Дала массо а вонах,
Машааллах1! Даймехкан  седа бу И!
;;;;;
И Жим Къонах волу меттиг хуучо дицийша,
Иза хьена, мичхьара ву?
Х1инца - м, воккха к1ант хир ву иза.
Аллах1а могаш, маьрша, ирсе, беркате, декъалчу дахарехь, дуккха а вахавойоа иза!
Нохчийн къоман йуьхь йу и санна к1ентий.
Дала дахар тадойла цуьнан!
29.12.2021

Ас лору керла шо, и дог1у лара.
Цо дустуш, йа кходуш, лору вайн некъаш.


,,Г1оркхам" -
Акула.

Машарца дог1у шо йиш йац д1атетта,
Вайн Делан кхолламца дог1уш ду и.
Синхаамаш тилбелла хьерчинехь  декхар,
И г1уда д1адаккха совг1ат ду и.

Аса шу декъал до, Керлачу шарца!
Барт, беркат доьху ас, махканна вайн!
Иманах дузийла бусулбан дегнаш!
Машаре, маьрша деш  Даймехкан некъаш!


Х1оранна  шен - шен йу меттиг  дуьненахь,
Ша йиннарг эхартахь кхочар йу и.
Азаллехь йаздинарг дог1у ца дехарх,
Д1адаьлларг  абадехь бен гур дац кхин.

Р.А.А.

Д1адели кхи цхьа шо а,
Со шена т1алам бан уьдушшехь.
Д1аса  хьажа кхиале,  б1аьстене, аьхкене, гуьйрене.
Йуху а схьакхечи 1аьржа 1а,  к1айдаргийн хьоькхнашца,
,,Керла шо"  ц1е тоьхна, шен гура йерзинчу замане.

Йуху а  адамаш г1айг1анех д1акъаста ойланца,
Д1ауьдуш, схьауьдуш,  х1аваиэ айделла синошца.
1алам а ,,тапп" аьлла, дог1а- ло, мехаш а сацийна.
Хетарехь адамийн лаамашна некъ маьрша битина.

Шатлакхаш лоьлхийтуш, буьйсанал 1аьржа к1ур баьккхина,
Шо шарах д1акъеста юкъаметтиг тай санна йуткъйелча,
Жима а, воккха а г1аьттина,
хьаг1 - б1аьргах ц1андина,
К1ур тоьхна,
Керлачу шеран йуьхь, вай  гучуйаьккхина.

Некъ дика хуьлда хьан Керла шо, дуьненан 1аламца,
Цхьа а са ца дуьсуш хьан некъах, хьох дагахьбалламца.

2022 шо.


Резванова Айза.

Хелхаре  евлла.

Мархаш ю стиглахь  хелхаре евлла,
Гуьйренан дийнан х1оттам хазбелла.
Мохо бохь буг1уш, царна го туьйсу,
Ткъа мархаш ана хелхарца уьду.

Т1екхечи суьйре, шеконаш кхуллуш,
Дог1ане, шийла кханенах дуьйцуш.
Тахана-м  мархаш самукъне лела,
Т1амарш а хьийзош, хелхаре евлла.
2013

Резванова Айза.

Шийла ю 1уьйре, амма ю сирла,
Седарчий лаьттахь, детиха къега.
Г1орийна 1алам, 1ийжаме ц1ийза,
Лайн чимаш 1иена самукъне хьийзаш.

Шелбелла г1ийла, стиглахь малх къеда,
Мархаш а хьаьрчаш, шелонна хеба.
Мукъаме буьйлуш, махо шок лоькху,
Ткъа 1аьно хоьрцуш, шен сарташ оьхьу.
2013

Резванова Айза.

Хьо д1аводахь.

Хьо д1аводахь
буьтуш Даймох, Нохчийчоь а. 
Серла дуьйлуш,
Хьо ларвина седарчий а.
Лекхчу лаьмнех
Хьох йоьттина ойланаш а,
Сингаттамца
Д1ахаьрцар  – кха заманахь.

Хьо д1аводахь,
Юьтуш б1аьсте, зезагаш а,
Сирла 1ена
вай безамна  шовданаш а,
Доггах боьлуш,
вай хьистина дашо малх а,
Са б1арзделча,
леха дуьсур дахкарлахь.

Хьо д1аводахь сан са диъна буьйса, де а,
Цхьана тайнарг,
Цхьана лайнарг дерриге а,
Ахь д1ахьолахь
Ца дуьтуш кхин т1ам хеца,
Суна геннахь,
Ирсан декъахь хьайн ваха.

Амма соьца мерза ойла ехар ю,
Йинчу махкахь ирсах безам буцар бу.
Бетта коча сирла малх а уллур бу,
Сайн Даймахкахь, со дог дуьзна йехар йу.
2012


Рецензии