17 - я папка

Резванова Айза.
Мехкарийн йиш.
Безамо дог хьоьсту...

Ас хьоьсту 1уьйренаш Нана,
Ас хьоьсту суьйренаш Нана,
Массо де ас  хьоьсту Нана,
Безамо дог хьоьсту дела.

Стиглара седарчий санна,
Ойланаш сан серла юьйллу.
Наб яйна со лела Нана,
Безамо дог хьоьсту дела.

Гуьйренан  дог1анаш Нана,
Ирсана т1е 1енаш хета.
Б1аьсте ю сан дагчохь Нана,
Безамо дог хьоьсту дела.

Беттан нур, маьлхачух ийна,
Сайн безам суна карийна.
Дуьне ду цхьа башха Нана,
безамо дог хьоьсту дела.
2011


Резванова Айза.

Шийла ю 1уьйре, амма ю сирла,
Седарчий лаьттахь, детиха къега.
Г1орийна 1алам, 1ийжаме ц1ийза,
Лайн чимаш 1иена самукъне хьийзаш.

Шелбелла г1ийла, стиглахь малх къеда,
Мархаш а хьаьрчаш, шелонна хеба.
Мукъаме буьйлуш, махо шок лоькху,
Ткъа 1аьно хоьрцуш, шен сарташ оьхьу.
2013

Хелхаре  евлла.

Мархаш ю стиглахь  хелхаре евлла,
Гуьйренан дийнан х1оттам хазбелла.
Мохо бохь буг1уш, царна го туьйсу,
Ткъа мархаш ана хелхарца уьду.

Т1екхечи суьйре, шеконаш кхуллуш,
Дог1ане, шийла кханенах дуьйцуш.
Тахана-м  мархаш самукъне лела,
Т1амарш а хьийзош, хелхаре евлла.
2013


Къонахий лерина боху вайн Дала,
Х1оттийна бац боху къонахчун мах.

Цкъа мацаха  ши бутт кхаьчна бер кхелхиначу тезетахь цхьамма хаьттина бах:
- « Ханна мел вара и кхелхинарг?», - аьлла.
Доккха са а даьккхина, Дендас жоп делла бах:
- « Кху дуьненнал вар – кх», -  аьлла.
Иштта, муьлххачу а нохчийчо  «кху дуьненнал вара Иза», - аьлла, майрра тоьшалла дан мегар долуш къонах д1акхелхи вайна юккъера, кху деношкахь. Лерина Дала са эца кхоьллина долчу Мулкал – маликана а цуьнан са эца кхоам хетар болуш, ц1ена ойла йолуш нохчийн поэт, дика хьехархо а вара Ахтаханов Руслан. Дала шех къастийначу  иблисца ният диначу зуламхочуьнан карах даьлла цунна тешнабехк бан.
Ахтаханов Руслан шен кийра буьззина бусалбалла а, адмалла а долуш хиларна, цуьнан дакъа кхочуш берш дукха бу.  Бусулбан дин а, нохчийн къам а к1еззигчу механ хеташ вацара иза.
Жима а, доккха а нохчийн къомах долчу адамашна, х1оранна а шен - шенна  лерина, шен дагчохь меттиг болуш вара.
Цунна тоьшалла до цо Эвляэх а, Шейхех а, 1еламнахах а, яздархойх а, нохчийн турпалхойх а,  къонахех а, нанойх, оьздачу мехкарех а, нохчех хьакхалуш долу массо а х1ума сий дина, леккха хьала айдеш, нохчех болчу тешамна тоьшалла деш, хиламех, оьрсийн маттахь язйина араяьллачу  байтийн гуларшкахь, биначу белхаша. Цо дуьненна нохчийн амал д1айовзийтуш оьрсийн маттахь яздо нохчех. Масех киншка ю цуьнан араяьлла. Царах цхьаъ ю « Здесь с миром всех встречает Терек » , - аьлла. Цу киншкан коьртехь яздинчу «Нохчийн лар Российхь а, дуьненчохь а», - бохучу дешнаша юха а тоьшалла до, Руслан Ахтаханов шен къомах ч1ог1а тешаш хиларна а, шен сих жоп а делла ца 1аш, дерриг нохчийн къам цхьана тешамечу т1ома к1ел лаца лууш, шен къомах дог лозуш иза хиларна а.
Иштта ц1еначу даггара язйина цуьнан байташ дагах ца кхета йиш яц нохчийн ц1ийх долчу адмана. Иза поэт хилла 1аш вацара. Нохчийн къоман тешаме доттаг1а а, хьекъале хьехархо а вара иза. Цуьнан гергара дара адмалла шеца долу массо адам а. Иштта и хиларна тоьшалла до цо беш хиллачу белхаша. Диканаг дан, дикачунна дага дог1у. Доккха совг1ат дара вайн къомана т1е беъначу балано дешар юкъах дитинчу хан яьлла дисинчу адмашна а, кегирхошна а цо беш болу болх.  Ахтаханов Руслана ректор  болх бечу Гуманитарни университеташкара а, институташкара а доккха г1о кхочура къаьсттина вайн къомах болчу дешархошна. Руслан бахьана долуш, дахарехь ирсан некъ схьакарийнарш дукха бу. И тайпа хьехархо а, тешаме накъост а вайна юккъера д1акхалхар вайн къомана бокхха эшам бу. Х1инцца кога доьдуш долчу беранна уллехь нана санна оьшура, шина т1еман балано « Со мила ву теша?» - бохучу хаттарна, шен – шен дагчохь жоп леха дитинчу вайн къомана. Делахь а цуьнан хьехамаш вайца мел бу, цуьнан са серла дуьйлуш дехар ду аьлла хета. Нохчийн поэтан Юсуп Яралиевн дешнашна тоьшалла до Руслан Ахтахановс ша адмашна дитинчу диканашца.
« Вайх ала дош доцуш,
Даймахкахь каш доцуш,
Дала – ма – лайла вай», - бохучу  . Дала геч дойла Русланна! Дала г1азот къобал дойла цуьнан! Дала иманца, собар лойла цуьнан дакъа мел кхочучарна а! Сайн дагца дуьстина, иштта и халахетар сайца доькъуш болчу Ахтаханов Русланца ларам болуш, цуьнан г1оьнца шайн ирсан некъ схьалаца аьтто баьллачеран а ц1арах, Русланан сийнна язйина байт.

Тешна – бехкаца вийначу нохчийн поэтна,
сий долчу хьехархочунна,
Ахтаханов Русланна лерина.

Дависа хьан дуьне!
Хьо муха лаьтта те?
Дешана, даьржина ца шарлуш д1а.
Латта а муха 1а,
Хьулъеш и къайле?
Къизаллин когашка хьоьшийтуш ша.

Дависа хьан дуьне!
Хьо муха го те?
Зулам т1ехь ойланаш еттачунна.
Цуьнан дац  дуьне а,
Эхарт а дац  я.
Иблисо ловзош ду, и б1аьрзе са.

Дависарг,  мерза Са!
Хала ду кхета,
Хьо гура дерзолл ша, къизачунна.
Ахь лучу йовхоно,
Нур серла дохуш,
Къегийла хаа  малх кху дуьненна.

Ткъа малхха  – м лепар бу,
Хьан г1азот хьекъош.
Нохчийн къам дехар ду хьан даггара.
Ахь делла хьекъалца,
Диканаш дебаш,
Тоьшалла кхочар ду, абаде д1а.

16.11.2011

Руслан Ахтаханов

Мостаг1 а оьшуш хилла,
Къийсамехь дог ч1аг1дан.

И даже враг мне нужным стал,
В дуэли сним я стал железным.
(Ашата Сагратяна)

Чеченской доброй женщине
Айзе Резвановой днём рожденьем

Как воздух смертным
Как свобода горцам
Как гражданам гуманная страна,
Как сила и характер многоборцам
Вот так ты Айза, нам в чечне нужна.

14. 10. 2011.

Ж1аьло кучан юх схьа а лаьцна юха ийзайора зуда, дов къасто г1ерташ.

Сан ирс хьан б1аьргаш чохь къегира,
Дагах чекх нур – з1аьнарш ехира.

Вайн махкахь  дукха ю проекташ, хьехамаш беш а, г1алаташ лоьруш а.
Синан мехаллаш аьлла йолу проект ю, массеран а СА сама доккхуш. Цу проектехь нохчийн къоман г1иллакхаш довзийту, г1иллакхаш талхош долу г1алаташ  а гойту. И г1алаташ ца довлийта хьехамаш бо. Делахь а цхьа масал ду цу массо х1уманна кхачам беш. Латта т1ехулахь з1идиг ца йосту, лаьтта бухала х1у  ца дийча. И г1иллакхаш лелош баккхийчара къа хьега деза. Г1иллакх шегахь долчо бераца а лело дезаш ду. Деш гинарг лоцу бераша схьа. Некъаца автобус т1ехь а, маршрутка т1ехь а д1аса лелаш                даккхий а, кегий а адамаш нисло. Гиллакх делахь а, кийрахь къуьйлуш берш а хуьлу. И г1иллакх лелорца берийн кхетам кхиош берш а хуьлу.
Дукхаза гина сунна бераша 

Шина лулахочуьнан боцу барт ца ладелла, дозана юкъехь долу хьочан дитт дакъаделла.

Х1етал – металш

Говран когаш ларден мачаш.
(ленаш)               
Эчиган мачаш лелош долу хьайба муьлхарг ду.
(говр)

Говрана бергаш ца йохийта когаш к1ел туху 
эчиган …… .
Хьомкийн чам талхош йолу, хьомках терачу бецах олу
….. . Ц1арг х1унда олу цу бецах?
Цо муха талха бо хьомкийн чам?
Адамашна яа магош йолу акха бецийн ц1ераш?
Нитташ, хьомка,
Адамашна даа кхерамаза долу бецийн орамаш муьлхарш ду?
1аь1а ярийн орам, балгаш,

Б1аьргашна гуш йолчу къизалло,
Лазош дог, хебош.
Ас лайра баланаш нохчийчоь,
Ирсах дог тешош.

Сан деган са доьжна

Кхиъний те хьан деган бешахь
Зезаг а ирс дала суна.
Дисний те хьан ойланашкахь,
Безамах дош ала соьга?

Я ду те хьан б1аьргаш дуьхьлахь,
Диц дан ницкъ боцуш кхин сурт.
Мацца цкъа  б1аьстено  дагчохь,
Шен ц1арах доьг1на цхьа  чурт.

Лаьар – кха цу чурта т1оьххулахь,
Цхьа седа сан ц1арах къага.
Сан санна дог дагош хьоьга,
Кхача сан безаман дагар.

Ахь нийса ца диши
Сан б1аьгийн йоза.
Къорам ду ойланийн
Хьан дагца ловзар.
Сан лаам хиллера
Хьан амал йовза.
Гергарло х1илланца
Лууш яц дуоза.

Ахь нийса ца диши,
Сан б1аьргийн йоза.
Аьхна дац зезагна,
Сан деган доза.
Д1абуьзна сан дагна
Йовхо лун малх.
Чекхболучу баттана,
Эшац кхин ах.

Резванова Айза

Стиглара седарчий д1адайна,
Синтем байна лела бутт.
Буьйсанан бодано лачкъийна,
Уьш даьхьна хуьтту схьа сурт.

Мархийн лам д1атоьттуш хьоьжу и,
Лоьху цо седарчийн лар.
Муьлхачу аг1орхьа даьхьна хир
Къегаргийн лар хьоьжу ган.

Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Дилхах хаьдда са 1аьршашка даьлча,
Сирлачу седарчех ийна,
Адмашка нур кхийдо сирла,
Мерза са хьан стигла дилла.
Хьан ц1еран декъашхо  хила.

Сан Дймохк! Со хьоьца еха,
Сих хаьдда дилх лаьтта дижча,
Хьан лаьттан цинц шех хилла,
Халкъана беркате хилла,
Когашкахь даима 1илла.
Хьан ц1еран декъашхо  хила.

Сан Дймохк! Со хьоьца еха,
Б1аьвнашна ч1аг1онна билла,
Оьшучохь т1улг метта дилла,
Нохчийчун дог кийрахь 1уьллу,
Тешамна и хьуна делла.
Хьан ц1еран декъашхо хила.

Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Дахарехь хьан сийдеш баьхна,
Доьзална яхь, иман хьехна,
Нанойн  сий лакха айдеш,
Массо а ненан ц1арах, сирла,
Хьан ц1еран декъашхо  хила.

Сан Даймохк! Со хьоьца еха,
Хьуна  парг1ато шаьш лаьхна,
Махкана тешаме а хилла,
Хьан кхерчана йовхо елла,
Хьан доьзалех ийна 1илла,
Хьан ц1еран декъашхо хила.

1алам хьоьстуш

Сан махкахь б1аьсте еъна
Дашо малх серла бели
Баьцарчу байт1ехь сетташ
Зезагаш гучу девли
Самукъне эшарш лоькхуш
Арахь хиш хеца дели
Куц хаза 1алам хьоьстуш
Сан ойла т1ома ели.
Стиглахь маьрша т1ам хьийзош
Г1арг1улеш гучу евли.
Баххьаш детиха къегош,
Вайн лаьмнаш серла девли.
Ц1енчу х1аваэхь  г1уьттуш,
Полларчий ловза дуьйлура.
Куц хаза 1алам хьоьстуш
Сан ойла т1ома елира.

Бошмаш зазашлахь яйна,
Хетало вайн махкахь туьйра.
Бераш ирсе ду тахна,
Б1астенан 1аламах ийна.
Сан даймохк серла баьлла,
Маьрша ю стигланаш сийна.
Куц хаза 1алам хьоьстуш
Сан ойла т1ома ели.

  12.03. 2008

Белабелла г1аьтти малх,
Нуьре т1амарш даржош.
Сакъералуш боьлу нах,
Ловзарна гуо хьовзош.
Олхазарш ду хелхарш деш,
Самукъне т1ам хьийзош.
Пондарчас лерг ийзадеш
Пондар бу  мохь бетташ.

Даарш мерза х1иттина,
Хьешашна дог доьллуш.
Безамца б1аьрг биттина
Нускал керта далош.
Ахчанан бог яьстина,
Нускална мотт 1амош.
Пондарчас лерг ийзадеш,
Пондар бу мохь бетташ.

Х1ей  нохчийн йо1,
Хелха яла шаршош ког.
Дикчу к1ента ловза доккхуш дог.
Х1ей  къонахий,
Тоха т1араш айдеш сий,
Стиглахь цец, акъ даха седарчий.

Хьалха – Мартанан
Телевиденин 10 шо кхачарца

Буьйсанан бода а къарбина,
Кхеттачу седанах къегина.
Х1усмашкахь сингаттам къахкийна,
Хазачу кхаьънашца хьаьстарна,
Баркалла, баркалла шуна.

Балано б1аьрсерло макхъеш.
Цхьаллийца дагвийла висча,
Коьртера бала д1аайбеш
Сапарг1ат доккхуш хьаьстарна,
Баркалла, баркалла шуна.

Къаналла жималлех иэеш,
Самукъне иллешца дахкарна.
Маьлхан мутт мийлинчу мархех,
Са серла доккхуш  хьестарна,
Баркалла, баркалла шуна.            

Дижа, я, ма дижа лаьтта,
Бохучу ойланца дайй.
Х1аваэхь г1айг1ане, техкаш,
Эгаш ду лайн чимаш к1ай.

Бегаш беш, забрийна санна,
К1ез – к1еззиг уозадеш т1етт1а,
Ца доьхуш жоп, ца деш хаттар,
Датош ду, шелоно  латта.

Цхьацца хир, кхаъ хилла 1аьнах,
Ца кхоьруш шелонах, лайх а.
Олхазар, дисна – кх д1о бенахь,
Тхов боцуш, б1аьрса а дайна.

Сих синан къинхетам байча,
Хьа бер те къинхетам вайх а?
Адамаш, хьадийша орцаха,
Шайн синойх къинхетам байша!

***
Со ирсах ца хьаьгна,
Тоъъал сан хилла и дахарехь.
Т1ех 1енаш ца хилла,
Са дузош 1ийна, шен барамехь.

Кхин лах – ам ца делла,
Ца кхоош декъарх д1а нахана.
Наха - а ца дуьту,
Юха схьа ца кховдош саха.

Сайн ирсан да ю со,
Т1алам бо ас и ца дагийта.
Са дилхах къаьстачу
Дозанахь, цуьнан нур къагийта.

***

Марша г1о хьо

Марша ва хьо,
Б1аьгаш лаьхнарг, даго ваьхнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог хьаьгнарг, сан дог эцнарг,
Марша ва хьо,
Сан дог доххол декъала хилларг,
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача.

Марша ва хьо,
Са айдаллал со 1ехийнарг,
Марша ва хьо,
Дог ца диллал со тешийнарг,
Марша ва хьо,
Маьлхан дийнахь некъах тилларг.
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача.

Марша ва хьо,
Со ирсе ян дакъа кхаьчнарг.
Марша ва хьо,
Со езначийн декъахь хилларг.
Марша ва хьо,
Ас ирс даллал дакъаза ваьлларг,
Марша ва хьо,
Марша г1о хьо,
Хьайн са лаьттача.

    Хьо д1аводахь…..

Хьо д1аводахь,
Буьтуш Даймохк, Нохчийчоь а,
Серла дуьйлуш
Хьо ларвина седарчий а ,
Лекхчу лаьмнех
Хьох йоьттина ойланаш а,
Сингаттамца
Д1ахаьрцар  – кха заманахь.

Хьо д1аводахь,
Дуьтуш маьлхан дог1анаш.
Б1аьсте хазъеш,
Вай кхийна зезагаш а,
Доггах боьлуш
Вай хьистина дашо малх а,
Са б1арзделча,
Леха дуьсур дахкарлахь.

Хьо д1аводахь,
Сан са диъна буьйса, де а,
Цхьана тайнарг,
Цхьана лайнарг дерриге а,
Ахь д1ахьолахь
Ца дуьтуш кхин т1ам хеца,
Суна генахь,
Ирсан декъахь хьай ваха.

Ткъа суна – м….

Хуур дац цхьанна а,
Дог догуш леллийла.
Б1аьргаша даима ,
Хьан амат лаьхнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Ломарчу  шовданех.
Сох ойла кхарстийла,
Хьан деган дозанахь.

Хуур дац цхьанна а,
Ойланца яьхнийла,
Кхолламе дарбанна
Хьан безам бехнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Малхах а къегина.
Хьан б1аьргаш дуьхьлара,
Дохк яйа яшийна.

Хуур дац цхьанна а,
Г1айг1ане эгнийла.
Малхо нур г1елдинчу
Баттах со кхеттийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Хьан деган бодашкахь,
Сатосучу седанах
Серлонца къага а.

Хуур дац цхьанна а,
Безамах хьегнийла.
Дог1анах йоьлхучу
Мархех  а 1аьннийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Б1аьстенан 1алам а,
Хаздечу зезагах,
Хьан дахар кхала а.

***
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам -  йовхоно хьаьстина.
Хьо дог1а -  лаьттан кийра 1абийна,
Со з1идиг- ахь ницкъ луш яьстина.
Хьо лам - хьайн къайленех боьттина,
Со шовда - хьан къайле аьхкина.
Хьо ирс - сан кхолламо кховдийна,
Со дахар - хьо совг1ат даздина.
Хьо безам - сан дагчу кхевдина,
Со ойла - марзонах хьаьрчина.
Хьо малх - сан цхьа дуьне хаьржина,
Со 1алам - ирсе ахь къагийна.
***

Шопаршна

Могуш, маьрша шу лоьлийла,
Некъан хьовзам боцуш цхьа а.
Дахар ирсе шун хуьлийла
Балано ца 1овжош цкьа а.

Рицкъа беркате кхоьхьийла,
Т1етт1а дебаш хьанал къа.
Доккха собар шуна лойла,
Тхан нуьцкъала амалш лан.

Г1оза, декъала керчийла,
Шун машенийн ч1ургаш д1а.
Зенах, зуламах лардина,
Шу диканца кхачош ц1а.

Нохчийчоь хьо йихи оха,
До1ийца, б1аьрхишца,
Ма  хуьллу ч1ог1а. 
Нохчийчоь хьо ели тхуна,
Дешиха, детиха
Кхелина юха.

Нохчийчоь ца яьккхина цкъа а,
Хьо дагчуьра д1а тхох
Дагчу йиллина а яц хьо,
Аллах1 воцчо, цхьамма тхуна.

Гуьйрено кегабо х1оттам,
Яржийна мархаш а,
Г1аттийна дохк а.
Юха а мархийн лам хедош,
Малхо шен з1аьнаршца,
Дашо нур хьоьрсу.

Массамма деган  кор тухуш,
Сан корах б1аьргаш чу къарзий.
Ойланаш набарха йохуш,
Ас чиркхаш хьо ларвеш къагий.

Хьан б1аьргийн г1айг1ано лаьцна,
Хьох ойланаш коьртехь  етта.
Кхечуьнца ас ирс  ца таьгна,
Хьо ирсе ца хиларх кхаьтта.

Мажделла г1а  ловза доккхуш,
Б1аьстенах гуьйре а айеш.
Дог дилла герга со яхча,
Кхечи ирс сан хила хьаьг1нарг. 

Ахь бекхам бехьа…..

Дахаро хьестича ирс декъа хьоьгуш,
Баланаш эшабар со бахьна лоьруш,
Цкъа мацца вовшен вайн гар Деле доьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг суна.

Дахаран хьесап а со бахьна лоьруш,
Хьо цхьаллехь висича сан амат доьшуш,
Сан б1аьргийн г1айг1анийн 1алашо лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг суна.

Къорачу озаца соьга мохь бетташ,
Кхолламе къайлаха  соьца ирс доьхуш,
Я соьха ойланаш къахьъян ницкъ лоьхуш,
Ахь бекхам бехьа сан дог хьегнарг суна.

Г1овтта вай доттаг1ий

Серла бели Даймохк,
Кхойкхуш ирсечу дахаре,
Б1аьргаш дуьхьлара дохк,
Яйи тешамо д1а.
Нохчийчоь денъели,
Зезагех  г1уьттуш мехкарий,
Г1овтта вай доттаг1ий,
Айдеш Даймехкан сий.

Нохчийчоь, нохчийчоь,
Яхалахь хьо ирсе,
Шен са хьайна чу диллинчу,
Нохчийн къома дуьхьа.
Нохчий чоь, нохчий чоь,
Яхалахь самукъне,
Даиман сийдеш яхалахь,
Нохчийн къонахийн ц1е.

Бертахь дахар гина,
Ирсе нур даржош нохчийчохь,
Дала беркат дина,
Дебаш бу кегирхой.
Даккхийдеш айделла,
Къоьжа лаьмнаш 1аьршашка,
Хьоьжу йуьхь к1айелла
Хастам беш вайн Далла.

Жималин оганах тевжина,
Йилхира со 1ана яхана.
Барз боцуш безамах битина,
Хьан кхалхар даго цалайна.

Амма хьан аматта – м деана,
Лаьттара схьахьоьжуш тийна.
Жималлехь санна деш дехар,
Сан б1аьра  хьийжира г1ийла.

Хан – зама д1аидарх гена,
Ца волу хьо дагна хера.
Цундела безаман сирла,
Сан деган шовданаш 1ена.

Чеченской доброй женщине
Айзе Резвановой с днём её рождением
14 октября
Как воздух смертным
Как свобода горцам
Как гражданам гуманная страна
Как сила и характер многоборьцам
Вот так ты Айза нам в чечне нужна.

Руслан Ахтаханов

Хьоме сан Нана

Хин куршка кховдийча
Баркалла ахь олу.
Куьг лаьцна г1о дича
Баркалла ахь олу.
Хьайн мерза СА кхийдош
Со ларъеш хьо 1ийна,
Ас муьлха дешнашца
Ала те баркалла.
Ас муха хьаста те
Хьо хьоме сан Нана.

Марша г1о хьо бохуш,
Со новкъа ахь йоху,
Марша я хьо бохуш
Марзонца ц1а йоьху,
Хьо еха хьайн дахарах
Суна некъ буьллуш.
Ас муьлха дешнашца
Ала те баркалла.
Ас муха хьаста те
Хьо хьоме сан Нана.

Бераллехь б1аьргаш чохь
Сан лаам ва лоьхуш.
Тахана дагчуьра
Къайленаш сан йоьшуш.
Даима сан балийн мохь
Дагт1ехь лелийна
Ас муьлха дешнашца
Ала те баркалла,
Ас муха хьаста те
Хьо хьоме сан Нана.


Рецензии