14 - я папка

Резванова Айза.


Хьох дийца дезар-кх…

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Хьомсарчу ненан дог хьоьстуш.
Кегийчу берийн б1аьрг белош,
Диканах дайн дегнаш тешош.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Дайн оьзда г1иллакхаш хьехош,
Даймехкан турпалхой хестош,
Доьзалшна барт, безам хьоьхуш.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Безачийн ойланаш юцуш.
Б1аьргашчохь ц1ерасуйнаш летош,
Безамах, ирсах дог дузош,

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Куц хазчу 1аламах эебеш,
Зевне аз шовданех декош.
Хьо бийцар дуьненна хаздеш.

Хьо бийца безар-кха, Нохчийн мотт!
Пондарца мукъаме бохуш.
Иллешкахь сийлалла кхайкхош.
Хастам беш, Делан ц1е йохуш.

Хьох дийца дезар-кха, Нохчийн мотт!
Шен байташкахь  Шейхис санна,
Г1апура Санеташкахь санна.
Нохчийн мотт! Хьох деш дозалла.

Резванова Айза

Даьржина хи цецех чекх литтарах а хьаьаш дац,
Д1ах1оттийна хан ца ялийтича.

Жималлин майданахь, гон - генаш хецна,
Баьстенан бос эцна лаьттара талл.
Бохь стигла кхевдина, г1ад  а стамделла,
Цхьа башха кхиънера, цкъа хилларг кол.

Куц хазчу цу суьртах сакъера делла,
Со цуьнца сецира,  къамеле яьлла.
И г1ийла техкира шабаршка даьлла,
Цуьнгахь а хиллера – кх шееначулл бала.

Генарчу жималлин дозане кхаьчна,

 
Ма г1ертахьа, кийрара дог,
Некхах чекх дала.
Хьайх кхеташ воцчуьнга
Х1ун ду хьан ала?
И кхетар вац хьоьха,
Цуьнгахь бац бала.
Цундела цо дуьту,
Хьо даьгна, дала.

Ма г1ертахьа х1ай  сан дог!
Хьо цунна т1аьхьа.
Хьайн хьолах кхетаверг
Гохьа цкъа хьуна.
Хьан некъа х1уьтту и,
Сатуьйсуш гойла.
Хуушшехь йоьдийла,
Хьоьшуш шен ойла.

Сацахьа дилха дог,
Хьайн ширчу гурахь!
Сан кийра г1елбелла - кх,
Хьан амал лайна.
Хилахьа цхьа жимма,
Собаре, сема.
Хьекъалах дагадалий,
Г1о дег1а хьайна.

Дезчу денца….

Б1аьсте  еъча дуьне серла долий,
Зезагашца 1алам делало.
Хьо схьагича сан са маьрша долий,
Ойланаш самукъне екхало.

Х1ора де а, ирсе ас сайн лору,
Массо де а хьоьца декъал го.
Ткъа тахана, сан дахаран совг1ат!
Дезчу денца ас хьо декъал йо.

Стигла яла т1емаш ас ца лоьху,
Сан ойланаш тахна сирла ю.
Ас кхин марзо дахарехь ца йоьху,
Хьоьца ю сан марзо нана сан.

Малхо хьоьстуш, серла яла б1аьсте,
Дуьне,1алам, хаздеш дахар хьан.
Безамах ца къаьсташ яха ирсе,
Хьоме Нана, деган зезаг, сан!



Безамо дог хьоьсту….

Ас хьоьсту 1уьйренаш Мама,
Ас хьоьсту суьйренаш мама,
Х1ора де ас хьоьсту мама,
Безамо дог хьоьсту дела.

Стиглара седарчий санна,
Ойланаш сан серла юьйллу.
Наб яйна со лела мама,
Безамо дог хьоьсту дела.

Гуьйренан  дог1анаш мама,
Ирсана т1е 1енаш хетта.
Б1аьсте ю сан дагчохь мама,
Безамо дог хьоьсту дела.

Беттан нур, маьлхачух ийна,
Сайн безам суна карийна.
Дуьне ду цхьа башха мама,
Безамо дог хьоьсту дела.

Хелхаре  евлла….

Мархаш ю стиглахь, хелхаре евлла,
Гуьйренан дийнан х1оттам хазбелла.
Мохо бохь буг1уш, царна го туьйсу,
Ткъа мархаш ана, хелхарца уьду.

Т1екхечи суьйре, шеконаш кхуллуш,
Дог1ане, шийла кханенах дуьйцуш.
Тахана-м  мархаш, самукъне лела,
Т1амарш а хьийзош, хелхаре евлла.

***

Шийла ю 1уьйре, амма ю сирла,
Седарчий лаьттахь, детиха къега.
Г1орийна 1алам, 1ийжаме ц1ийза,
Лайн чимаш хьийзаш, самукъне 1ена.

Шелбелла, г1ийла, стиглахь малх къеда,
Мархаш а хьаьрчаш, шелонна хеба.
Мукъаме ийзош, мохо шок лоькху,
Ткъа 1аьно хоьрцуш, шен сарташ оьхьу.

***

Ца юьтуш буо хила…..

Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана!   
Мохь тухуш, я г1ийла, кхайкха те со хьоьга генна.
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш тийна,
Далхаде те ас сайн дагахь  дерг, есалле сийна.

Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1уллакхийн мах хадор хьан?
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а.

Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е.
Мила ву, сан Нана! Къинхетамца б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган.   

Со наггахь со сайца, шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бохьуш хьайха.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, хьайгарчу марзонах хаьдда.

5.08.2012

***
Со ирсах ца хьаьгна,
Тоъъал сан хилла и дахарехь.
Т1ех 1енаш ца хилла,
Са дузош 1ийна, шен барамехь.

Кхин лах – ам ца делла,
Ца кхоош декъарх д1а нахана.
Наха - а ца дуьту,
Юха схьа ца кховдош саха.

Сайн ирсан да ю со,
Т1алам бо ас и ца дагийта.
Са дилхах къаьстачу
Дозанахь, цуьнан нур къагийта.

***
    Хьо д1аводахь…..

Хьо д1аводахь,
Буьтуш Даймох, нохчийчоь а. 
Серла дуьйлуш,
Хьо ларвина седарчий а.
Лекхчу лаьмнех
Хьох йоьттина ойланаш.
Сингаттамца
Д1ахаьрцар  – кха заманахь.

Хьо д1аводахь,
Юьтуш б1аьсте, зезагаш а,
Сирла, сирла,
Вай безаман, шовданаш а.
Доггах боьлуш
Вай хьистина дашо малх а,
Са б1арзделча,
Леха дуьсур дахкарлахь.

Хьо д1аводахь,
Сан са диъна буьйса, де а,
Цхьана тайнарг,
Цхьана лайнарг дерриге а,
Ахь д1ахьолахь
Ца дуьтуш кхин т1ам хеца,
Суна генахь,
Ирсан декъахь хьай ваха.

Амма соьца, мерза ойла ехар ю,
Йинчу махкахь ирсах безам буцар бу.
Бетта коча сирла малх а уллур бу,
Сайн Даймекан седа хилла къегар ю.

Ткъа суна-м….

Хуур дац цхьанна а,
Дог догуш леллийла.
Б1аьргаша даима ,
Хьан амат лаьхнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Ломарчу  шовданех.
Сох ойла кхерстийла,
Хьан деган дозанахь.

Хуур дац цхьанна а,
Ойланца яьхнийла,
Кхолламе дарбанна
Хьан безам бехнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Малхах а къегина.
Хьан б1аьргаш дуьхьлара,
Дохк яйа яшийна.

Хуур дац цхьанна а,
Г1айг1ане эгнийла.
Малхо нур г1елдинчу
Баттах со кхеттийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Хьан деган бодашкахь,
Сатосучу седанан
Серлонца къага а.

Хуур дац цхьанна а,
Безамах хьегнийла.
Дог1анах йоьлхучу
Мархех  а 1аьннийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Б1аьстенан 1алам а,
Хаздечу зезагах,
Хьан дахар кхала а.

Яздархочух

Шарип Цуруев суна гина вевзаш вацара, вайна дика вевзаш волчу иллиалархочо, Цураев 1аьрбис шен мукъам а биллина, д1аолуш долу цхьа башха илли дара суна девзаш, «Д1а ма г1о Нана», - аьлла долу, Шарип Цуруевн дешнаш т1ехь долу.  Кхолламан лаам хиларна, дукха хьолахь, сайн сина сел хьоме йолчу нанна генахь хан йоккхуш, сов ч1ог1а син накъост хилла лаьттина дара и илли суна. Х1оразза а адам доцчохь цу иллина ойла йостий, елхар дора ас. Со Российра ц1а йирзинчул т1аьхьа, вевзира сунна яздархо Шарип Цуруев. Суна кхаъ хийтира иза вовзар, цуьнан поэзийн к1орге евзаш а йоцушехь, цу иллин  дешнаш яздинарг и хиларна. Цул т1аьхьа журналашкахь а, газеташ т1ехь а цуьнан зорбане евлла к1ез – к1еззига байташ ешнера аса. Цуьнан гуларийн киншка кера кхаьчна яцара суна хьалха.Ткъа х1инца, 2011 – чу шарахь зорбанера араяьлла Цуруев  Шарипан « Цхьа мерза, г1айг1ане мукъам», -  ц1е  йолу, стихаш а, поэмаш а т1ехь йолу, гуларийн киншка кера кхаьчна, еша т1е хьаьжира со. Дуьххьара сайн б1аьрг т1е х1оьттина байт дагна тайна, сайца ц1а яьхьара ас и киншка, йолчуьнгара пурба а даьккхина, еша.
И киншка доккха совг1ат хийтира суна ешархошна а, яздархошна а цу т1ехь пайда эца меттиг буйла хиира. Шарипа шен дахарах яздина ца 1аш, шена гонаха дерг а, дуьненан юкъара дерг а, адамийн дагчохь дерг а, дуьненан г1иллакхех а, 1аламатех, дахаран некъаш дустуш, лоруш, хьоьстуш  язъйина байташ  ешначул т1аьхьа, сан  кхолладелира цунах лаьцна дешнаш. Со кхийтира  Цуруев Шарип лаккхара мах болуш, нохчийн къоман хьакъ волу яздархо, мехкан хьехархо хиларх а.  Цунах вайн махкахойн дозалла дан меттиг шорта хилар гойту, ма дарра сурт б1аьргашна хьалха схьах1оттош йолчу Шарипан  байташа. Вайн махкана хьалха а, т1аьхьа а т1е х1иттинчу баланех йоьттина, г1айг1анечу ойланийн б1аьвнаш, ала мегар ду цу байтех. Дуьненан г1иллакхаш дика девзаш, адмашца дог, ойла ц1ена йолуш, массо а заманан стаг ву иза.
Боккъалла а доккха совг1ат и киншка хиларах массо кхета а, иза еша а луур дара суна къаьсттина вайн т1е кхуьуш болчу кегирхоша, студенташа а, ишколан дешархоша а. Нохчийн мотт а,  нохчийн мохк а мел деза совг1ат ду, шен да – нана а, шен бух а лоруш, дахаран марзо а, къаьхьо а евзаш волчунна. Шен кхолламан хам бан хьекъал оьшу. Цунах масал эца меттиг бу, цу киншкан т1ехь. Муьлххачу а яздархочо шен ойланашца кхуллу повест а, произведенеш а. Ишттачу дешнашца баркалла ала лаьа суна: Шарип! Замано къар ца веш, дахаро г1ел ца веш дуккха а вехийла хьо. Цу киншкан т1аьхье беркате хуьлда .

Яздархочунна 
Цуруев Шарипна

Синкъераме, синкхетаме,
Къинхетаме, къинхьекъаме,
Ойланаш хьайн дагчохь кхиийна,
Уьш йоькъуш адмашна диканна.
Ма ирс ду – кха,  хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг,  дуккха а, диканца.

Яздархой а,  арздархой  а,
Яздахойн ц1ергаш а, къарздархой,
Бу киншкийн киланаш юхкуш,
Ешархойн сих м1араш  юьхкуш.
Ма ирс ду - кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.

Со теша и байташ  кхоллало,
Хьекъале болх бойтуш хилча.
Са а дегош, дош – ам алало,
Стогалло бен дагчохь бича.
Ма ирс ду – кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.

Кхузахь

Къинхьекъаме  – ойла йойтуш, хаза маь1ана долуш а.
Арздархой –  ма дарра шайн дагахь дерг кехата т1ехь яздийраш.
Ц1ергаш – Пох1ма а доцуш, яздархойн ц1арах лелаш берш.
Къарздархой – рифма, ритма, поэзии а йоцуш, адамийн са ца хьосту байташ язъеш берш.

Резванова Айза


Рецензии