15 - я папка

Д1адели кхи цхьа шо а,
Со шена т1алам бан уьдушшехь.
Д1аса  хьажа кхиале,  б1аьстене, аьхкене, гуьйрене.
Йуху а схьакхечи 1аьржа 1а,  к1айдаргийн хьоькхнашца,
,,Керла шо"  ц1е тоьхна, шен гура йерзинчу замане.

Йуху а  адамаш г1айг1анех д1акъаста ойланца,
Д1ауьдуш, схьауьдуш,  х1аваиэ айделла синошца.
1алам а ,,тапп" аьлла, дог1а- ло, мехаш а сацийна.
Хетарехь адамийн лаамашна некъ маьрша битина.

Шатлакхаш лоьлхийтуш, буьйсанал 1аьржа к1ур баьккхина,
Шо шарах д1акъеста юкъаметтиг тай санна йуткъйелча,
Жима а, воккха а г1аьттина,
хьаг1 - б1аьргах ц1андина,
К1ур тоьхна,
Керлачу шеран йуьхь, вай  гучуйаьккхина.

Некъ дика хуьлда хьан Керла шо, дуьненан 1аламца,
Цхьа а са ца дуьсуш хьан некъах, хьох дагахьбалламца.

2022 шо.

Х1оранна  шен - шен йу меттиг  дуьненахь,
Ша йиннарг эхартахь кхочар йу и.
Азаллехь йаздинарг дог1у ца дехарх,
Д1адаьлларг  абадехь бен гур дац кхин.

Р.А.А.

,,Г1оркхам" -
Акула.

Берахь хезна дийцар.

Цхьаъ хилла бах, веллачул т1аьхьа, къинойх йоьттина вордана т1ехь, шена  Деле къинхетам беха воьдуш.
Цхьа миска хилла воьлхуш лаьтташ.
Вордант1ехь волчо мохь тоьхна хаьттинера бах:
- Хьо х1унда воьлхуш ву. Ас дан г1о хир дарий хьуна?
- Х1ан - х1а. Ахь дан цхьа а г1о дац суна. Цхьана а адаме дика а, вон а дош аларах а ларлуш, оццул лерина леллашшехь, х1ара къа хьаьрчина хилла сох. Кхунна воьлху ша, аьлла жоп делла бах, цо.
Вордана т1ехь волчо аьлла бах:
- Велха а ца воьлхуш, схьа т1е кхоссахьа и хьайн къа а кху сайчарна. Ас д1ахьур ду хьуна иза а. Дуьненахь а вацара хьо кхин стаг. Кхузахь а х1ун доьналла т1е кхетар дара хьан? - аьлла. И къа а хьуш, д1акхачале, и дериг къинош новкъахь ворда хи чу  хаьрцина, охьа 1аьнна, хино д1адехьна боху. Дала цунна геч дина боху. Адамашна дика дан лерина даьлла г1алат, къилахь ца лору, аьлла.



Машарца дог1у шо йиш йац д1атетта,
Вайн Делан кхолламца дог1уш ду и.
Синхаамаш тилбелла хьерчинехь  декхар,
И г1уда д1адаккха совг1ат ду и.

Аса шу декъал до, Керлачу шарца!
Барт, беркат доьху ас, махканна вайн!
Иманах дузийла бусулбан дегнаш!
Машаре, маьрша деш  Даймехкан некъаш!


Италагов ....

Ахь йазйелахь, Даладелларг! Ахь мегар ду йазйан! Нохчийн махках, нохчийн маттахь, 1аламн хазаллех. Х1ора  лам а, ламана т1улг а, лела хьо багарбеш. Хьан ира б1аьрг т1е ца кхуьуш, дуьсуш дац бецхелг а. 1ана дахна хьуна дериг, ирс а кхаьчна хьайнна. Кху Даймахках марзо эеца, хьа - м, ирс хилла, зовкх йа1!


Рецензии