11 - я папка
Ма зама йара и,
йовр йоцчу марзонах ийна.
Ма гена йели и,
мел лаарх гур йоцуш кхин.
***
Алхьамдулиллах1!
Дикачу наха ма ца дуьту г1иллакхаш тишдала,
Малх г1оттуш уьш г1овтту шайн синош хьажадой диканна.
Геннара кховдадо сан вашас, йа йишас, маршалла,
Сан дог а айъало и марзо массарна д1айекъа.
Тахана 1уьйренца бос хаза зезаг луш совг1атна,
Комаьршалла йеъна са хьостуш, 1уьйренан са айдан.
Ткъа 1уьйре ц1иййелла, дуьненна маршо луш йаьржина,
Иштта ду дог ц1енчу адаман сих йуьйлу дикалла.
Баракалла, сан Диканаш! Дог ц1ена хьехархой, дуьненна,
Шу санна адамаш хьакъ ма ду адамалла д1ахьеха.
Даггарчу ларамца, сайн дикачу вешига, Ахмадов Амхьаде.
Резванова Айза
Дац шуна иза г1ан, йа дац уьш х1иттийна сарташ.
Нохчичоь йу иза, къизачу мостаг1чо морцуш.
Нохчийн къам ду иза, балано б1арздина уьдуш,
Сан Даймохк бу иза, харцонах д1аиэ ца туьгуш.
Дуьххьара дац иза, т1еххьара хилар сатуьйсуш,
Г1аьттина нохчийн къам, мостаг1ашца Даймохк къуьйссуш.
Вайн дайша ларбинарг, т1аьхье шайн ца йита хецна,
Орамах цахедаш, нохчийн къам дахийта маьрша.
Бакъ болу дай - наной, йижарий, вежарий къоман,
Даима лаьттина Даймехкан г1ортораш хилла.
Муьлххачу халонехь дистина дог1у хи санна,
Нуьцкъала гайтина нохчаша шаьш мостаг1чунна.
Жима къам хиларна, цуьнгарчу ницкъах ца тешаш,
Моссаза т1е летта кериста, Нохчийн къам хьеша?
Амма ца къарделла, къарлур дац тхо лаьттах иэдарх.
Г1овттар ду зезагех, цаг1елбеш толамах тешам!
2021
Резванова Айза
Хьоза деъна тхан беша,
Б1аьсте кхайкхош шакарца,
Цуьнга эшарш лекхийта,
Аса цунна к1а делла.
Шен зевнечу эшаршца,
Т1ома дуьйлуш хелхарца.
Цо хьозарчий гулдина,
Туой тхан бешахь х1оттийна.
Бес - бесарчу басарша,
Самукънечу шакарша.
1уьйре, суьйре хазйина,
Тхан ойланаш аййина.
*****
Резванова Айза
Маьршачу тезетан....
Ма йелха, ма йелха, сан йиша,
Делера кхаъ - совг1ат и лара,
Дуьненчохь йоккхучу цхьана ханна,
Хьан дахарна марзо луш 1ийна.
Хьайн ненан дег1ах са къаьстича,
Цуьнан дег1 личийна, листина,
К1айн марчо хьарчийна, нисдина,
И лахьте кховдо хьан йиш хилар,
Маьршачу тезетан да хилар!
Хала ду да - нана д1акъастар,
Т1еххьара йиш - вешина т1ехь хьажар,
Доьзалхо, йа х1усман цхьа дакъа,
Д1акъастар йиш йоцуш ган цкъа а.
Делахь а вай Делан лай хилар,
Иманехь,
собаран дай хилла,
Дуьненахь кхаъ совг1ат хилла - кха,
Маьршачу тезетан да хилар!
Вай лайнарш, цатайнарш дахарехь,
Дукха ду ала а ца х1утту.
Ца хаа замано х1ун дахьар,
Чохь са дерг, т1е деънарг лан вуьсу.
Кхолламца къийсарах вац тоьлларг,
Йа эшна вац Делан кхел лайнарг.
Делахь а, доккха ирс хилла - кха,
Маьршачу тезетан да хилар!
Алхьамдулиллах1!
Лайнарш к1еззига дац.
Делахь а Дала лардойла вай Делан оьг1азлонах!
2021.
Резванова Айза.
Д1аг1о вайша, х1ай, сан дог!
Хьуна чохь дерг иэций?
Ца йуьйцуш, йа ца гойтуш, Цхьанна вайшин къайле.
Наха вовшашка дуьйцур,
Дийца луъург шайна,
Ткъа вайшинна ма хаа,
Ваьшингара бала.
Д1аг1о вайша, х1ай, сан дог!
Дала вайша къайла?
Кхетахь вайшинах кхетарг,
Хир - кха, дагалаца.
Амма хьуна чохь дуьйлу,
Шовда оьшур хьанна?
Вайша кхеташ ду вовшие,
Дош цаоьшуш ала.
Д1аг1о вайша, х1ай, сан дог,
Дала вайша генна,
Д1о сирлачу седанах, иэсехь дуьсуш къага.
Шовда х1урда чохь санна,
Кху дуьнен чохь даха,
Ца1ебаш верг вайшиннах,
Вуьтуш доггах хьега.
2021.
Резванова Айза.
Дукха ду, дукха ду дийца,
Кху дийнах сан дагчохь сийсаш.
Ойланаш иэсехь самайуьйлуш,
Жоп доцчу хаьттаршка йуьйлу.
Муха? Ва х1унда? Ткъа хьаьнца?
Т1емаш бан мила ву вайца?
Вайн санна пачхьалкхе йоккха,
Хьена бу ницкъ вайца къовса?
Бохучу хеттаршка йаьлла,
Со - м, дагца ч1аг1йелла йара.
Вайн дайша ларйинарг ц1ийца,
1алаш йан дег - дозаллийца.
Нохчичоь, хьан б1аьрхих 1ана,
Дагахь а дацара цкъа а.
Хьан маьрша дог... ц1ена, сирла,
Хьеша цхьаъ вог1ар вара аьлла?
Ма ала къинт1ера йала,
Сан дог дац дилхина даьлла.
Сан жима, оьзда къам цкъа а,
Ца хилла йамарт а цхьанна.
Т1ом бацара, тешнабехк бара,
Шен орам боллучара баьлла.
Суна - м, и д1абер бац йаллалц,
Бекхаман гурахь уьш галлац.
2021
Резванова Айза
Ган боьг1на хилла - кха, и т1ом а вайна,
Азаллехь йаздина хилла и йоза.
Цул т1аьхьа моссаза кхечи Даймахка,
Де буьйсанал 1аьржа, къизаллийн бода.
Дукхазза мостаг1чо зийна вайн къам,
Дайшкара 1емина т1едеънарг лан.
1аьржа, ц1ен, йа мокха к1ур биссалц шайх,
Ца къарлуш, доьналлехь лаьттина дай.
Вайга а кхаьчнера цунах цхьа дакъа,
Ца дити йуьхь1аьржа Аллах1а вай а.
Кхин цкъ'а а дуьненахь йоккхучу ханна,
Ма гойла Даймахка беъна и бала...
Безамо дог хьоьсту….
Ас хьоьсту 1уьйренаш Мама,
Ас хьоьсту суьйренаш мама,
Х1ора де ас хьоьсту мама,
Безамо дог хьоьсту дела.
Стиглара седарчий санна,
Ойланаш сан серла юьйллу.
Наб яйна со лела мама,
Безамо дог хьоьсту дела.
Гуьйренан дог1анаш мама,
Ирсана т1е 1енаш хетта.
Б1аьсте ю сан дагчохь мама,
Безамо дог хьоьсту дела.
Беттан нур, маьлхачух ийна,
Сайн безам суна карийна.
Дуьне ду цхьа башха мама,
Безамо дог хьоьсту дела.
Хелхаре евлла….
Мархаш ю стиглахь, хелхаре евлла,
Гуьйренан дийнан х1оттам хазбелла.
Мохо бохь буг1уш, царна го туьйсу,
Ткъа мархаш ана, хелхарца уьду.
Т1екхечи суьйре, шеконаш кхуллуш,
Дог1ане, шийла кханенах дуьйцуш.
Тахана-м мархаш, самукъне лела,
Т1амарш а хьийзош, хелхаре евлла.
***
Шийла ю 1уьйре, амма ю сирла,
Седарчий лаьттахь, детиха къега.
Г1орийна 1алам, 1ийжаме ц1ийза,
Лайн чимаш хьийзаш, самукъне 1ена.
Шелбелла, г1ийла, стиглахь малх къеда,
Мархаш а хьаьрчаш, шелонна хеба.
Мукъаме ийзош, мохо шок лоькху,
Ткъа 1аьно хоьрцуш, шен сарташ оьхьу.
***
Ца юьтуш буо хила…..
Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана!
Мохь тухуш, я г1ийла, кхайкха те со хьоьга генна.
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш тийна,
Далхаде те ас сайн дагахь дерг, есалле сийна.
Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур те, Нана!
Толаме узуш сан, г1уллакхийн мах хадор хьан?
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьа къахкор д1а.
Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьа дер те, сан некъех айеш сан ц1е.
Мила ву, сан Нана! Къинхетамца б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган.
Со наггахь со сайца, шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бохьуш хьайха.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, хьайгарчу марзонах хаьдда.
5.08.2012
***
Со ирсах ца хьаьгна,
Тоъъал сан хилла и дахарехь.
Т1ех 1енаш ца хилла,
Са дузош 1ийна, шен барамехь.
Кхин лах – ам ца делла,
Ца кхоош декъарх д1а нахана.
Наха - а ца дуьту,
Юха схьа ца кховдош саха.
Сайн ирсан да ю со,
Т1алам бо ас и ца дагийта.
Са дилхах къаьстачу
Дозанахь, цуьнан нур къагийта.
***
Хьо д1аводахь…..
Хьо д1аводахь,
Буьтуш Даймох, нохчийчоь а.
Серла дуьйлуш,
Хьо ларвина седарчий а.
Лекхчу лаьмнех
Хьох йоьттина ойланаш.
Сингаттамца
Д1ахаьрцар – кха заманахь.
Хьо д1аводахь,
Юьтуш б1аьсте, зезагаш а,
Сирла, сирла,
Вай безаман, шовданаш а.
Доггах боьлуш
Вай хьистина дашо малх а,
Са б1арзделча,
Леха дуьсур дахкарлахь.
Хьо д1аводахь,
Сан са диъна буьйса, де а,
Цхьана тайнарг,
Цхьана лайнарг дерриге а,
Ахь д1ахьолахь
Ца дуьтуш кхин т1ам хеца,
Суна генахь,
Ирсан декъахь хьай ваха.
Амма соьца, мерза ойла ехар ю,
Йинчу махкахь ирсах безам буцар бу.
Бетта коча сирла малх а уллур бу,
Сайн Даймекан седа хилла къегар ю.
Ткъа суна-м….
Хуур дац цхьанна а,
Дог догуш леллийла.
Б1аьргаша даима ,
Хьан амат лаьхнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Ломарчу шовданех.
Сох ойла кхерстийла,
Хьан деган дозанахь.
Хуур дац цхьанна а,
Ойланца яьхнийла,
Кхолламе дарбанна
Хьан безам бехнийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Малхах а къегина.
Хьан б1аьргаш дуьхьлара,
Дохк яйа яшийна.
Хуур дац цхьанна а,
Г1айг1ане эгнийла.
Малхо нур г1елдинчу
Баттах со кхеттийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Хьан деган бодашкахь,
Сатосучу седанан
Серлонца къага а.
Хуур дац цхьанна а,
Безамах хьегнийла.
Дог1анах йоьлхучу
Мархех а 1аьннийла.
Ткъа суна – м лиънера,
Б1аьстенан 1алам а,
Хаздечу зезагах,
Хьан дахар кхала а.
Яздархочух
Шарип Цуруев суна гина вевзаш вацара, вайна дика вевзаш волчу иллиалархочо, Цураев 1аьрбис шен мукъам а биллина, д1аолуш долу цхьа башха илли дара суна девзаш, «Д1а ма г1о Нана», - аьлла долу, Шарип Цуруевн дешнаш т1ехь долу. Кхолламан лаам хиларна, дукха хьолахь, сайн сина сел хьоме йолчу нанна генахь хан йоккхуш, сов ч1ог1а син накъост хилла лаьттина дара и илли суна. Х1оразза а адам доцчохь цу иллина ойла йостий, елхар дора ас. Со Российра ц1а йирзинчул т1аьхьа, вевзира сунна яздархо Шарип Цуруев. Суна кхаъ хийтира иза вовзар, цуьнан поэзийн к1орге евзаш а йоцушехь, цу иллин дешнаш яздинарг и хиларна. Цул т1аьхьа журналашкахь а, газеташ т1ехь а цуьнан зорбане евлла к1ез – к1еззига байташ ешнера аса. Цуьнан гуларийн киншка кера кхаьчна яцара суна хьалха.Ткъа х1инца, 2011 – чу шарахь зорбанера араяьлла Цуруев Шарипан « Цхьа мерза, г1айг1ане мукъам», - ц1е йолу, стихаш а, поэмаш а т1ехь йолу, гуларийн киншка кера кхаьчна, еша т1е хьаьжира со. Дуьххьара сайн б1аьрг т1е х1оьттина байт дагна тайна, сайца ц1а яьхьара ас и киншка, йолчуьнгара пурба а даьккхина, еша.
И киншка доккха совг1ат хийтира суна ешархошна а, яздархошна а цу т1ехь пайда эца меттиг буйла хиира. Шарипа шен дахарах яздина ца 1аш, шена гонаха дерг а, дуьненан юкъара дерг а, адамийн дагчохь дерг а, дуьненан г1иллакхех а, 1аламатех, дахаран некъаш дустуш, лоруш, хьоьстуш язъйина байташ ешначул т1аьхьа, сан кхолладелира цунах лаьцна дешнаш. Со кхийтира Цуруев Шарип лаккхара мах болуш, нохчийн къоман хьакъ волу яздархо, мехкан хьехархо хиларх а. Цунах вайн махкахойн дозалла дан меттиг шорта хилар гойту, ма дарра сурт б1аьргашна хьалха схьах1оттош йолчу Шарипан байташа. Вайн махкана хьалха а, т1аьхьа а т1е х1иттинчу баланех йоьттина, г1айг1анечу ойланийн б1аьвнаш, ала мегар ду цу байтех. Дуьненан г1иллакхаш дика девзаш, адмашца дог, ойла ц1ена йолуш, массо а заманан стаг ву иза.
Боккъалла а доккха совг1ат и киншка хиларах массо кхета а, иза еша а луур дара суна къаьсттина вайн т1е кхуьуш болчу кегирхоша, студенташа а, ишколан дешархоша а. Нохчийн мотт а, нохчийн мохк а мел деза совг1ат ду, шен да – нана а, шен бух а лоруш, дахаран марзо а, къаьхьо а евзаш волчунна. Шен кхолламан хам бан хьекъал оьшу. Цунах масал эца меттиг бу, цу киншкан т1ехь. Муьлххачу а яздархочо шен ойланашца кхуллу повест а, произведенеш а. Ишттачу дешнашца баркалла ала лаьа суна: Шарип! Замано къар ца веш, дахаро г1ел ца веш дуккха а вехийла хьо. Цу киншкан т1аьхье беркате хуьлда .
Яздархочунна
Цуруев Шарипна
Синкъераме, синкхетаме,
Къинхетаме, къинхьекъаме,
Ойланаш хьайн дагчохь кхиийна,
Уьш йоькъуш адмашна диканна.
Ма ирс ду – кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.
Яздархой а, арздархой а,
Яздахойн ц1ергаш а, къарздархой,
Бу киншкийн киланаш юхкуш,
Ешархойн сих м1араш юьхкуш.
Ма ирс ду - кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.
Со теша и байташ кхоллало,
Хьекъале болх бойтуш хилча.
Са а дегош, дош – ам алало,
Стогалло бен дагчохь бича.
Ма ирс ду – кха, хьо махкахь кхиар,
Хьо вахарг, дуккха а, диканца.
Кхузахь
Къинхьекъаме – ойла йойтуш, хаза маь1ана долуш а.
Арздархой – ма дарра шайн дагахь дерг кехата т1ехь яздийраш.
Ц1ергаш – Пох1ма а доцуш, яздархойн ц1арах лелаш берш.
Къарздархой – рифма, ритма, поэзии а йоцуш, адамийн са ца хьосту байташ язъеш берш.
Резванова Айза
Дуьне а харцонна т1е тайча,
хьан ойла эшо,
Г1оттур яра со дуьхьал дуьненна,
бакъо хьан толо....
Серлонах цинц боцуш хьо витча,
хьан тешам къажо,
Ч1урамах йага со х1уттур йара,
луш хьуна серло..
Р.А.А.
Свидетельство о публикации №222031901729