10 - я папка

[27.05, 7:24]
Резванова Айза


Резванова Айза
Нохчичоь ца гина...

Цхьаболчара хестош, 1ехош,
Вукху наха, къаьстош, чехош.
Хьо ма ловзо яьккхина,
Нохчичоь, тур даьккхича,
Хьо ца гина - те  царна,
Ч1ир ца йитинарг, цхьанна!?

Лаьмнел лекха  йуттуш б1аьвнаш,
Царал лакха х1иттош г1енташ,
Даржехь бийларх шаьш лакха,
Нохчичоь, цахаьа -те царна,
Адамал лакхара дарж доций,
Кхин дерриг а д1адолий!?

Дехьара - сехьара дола х1уьттуш,
Вайн Даймахках кескаш йохуш,
Б1о шайх тарбеллачарна,
Нохчичоь, ца йевза царна,
Ц1ераш къонахийн г1арбевлла
Йа шеконо 1ехийна,
Лела - те уьш, галбелла!?

Гена паналлехь вай леларх,
Делан кхела к1ел вай сецарх.
Нохчичоь, уьш - м кхетар баций,
Йиш - вешин хьаг1 - гамо йацарх
Хьан доьзалаш - м, бу цхьана дайх.
Дехар ду, нах хьегош вай а!!!
Даламукълахь!

Последний 2раз


Резванова Айза

Чано шен к1орнех хьуо ченала хьекхорах, Нохчийн къам!
Хьо - м, кхуьуш ма  лаьтта, дезачийн б1аьрг хьостучу   сибатехь.
Сатийсам цабуьтуш денбала дегнаш чохь мостаг1ийн.
Г1аьтти хьо  до1анийн жоп хилла, хьуо боьхучу дегнийн!

Нохчийн къам! Цкъа а ма дицделахь,
Ненан мотт, дайн оьзда г1иллакхаш!
Иманехь, ирсе Хьо дахалахь,
Сий серла дохуш вайн Даймехкан!


Резванова Айза

Ган боьг1на хилла - кха, и т1ом а вайна,
Азаллехь йаздина хилла и йоза.
Цул т1аьхьа моссаза кхечи Даймахка,
Де, буьйсанал 1аьржа, къизаллийн бода.

Дукхаза мостаг1чо зийна вайн къам,
Дайшкара 1емина т1едеънарг лан.
1аьржа, ц1ен, йа мокха к1ур биссалц шайх,
Ца къарлуш, доьналлехь лаьттина дай.

Вайга а кхаьчнера  цунах цхьа дакъа,
Ца дити йуьхь1аьржа  Аллах1а вай а.
Кхин цкъ'а а   дуьненахь йоккхучу ханна,
Ма гойла Даймахка беъна и бала!


Дависа шун дела1, нур сирла б1аьргаш,
Шайн г1айг1а ца гуче шу стенна хьоьжу.
Аш х1унда лардо - те, и лела некъаш,
Х1унда аш са дуу, цуьнца ирс доьхуш?

Дависа дилхан дог, ахь х1унда хаьржи,
Бен - башха доцуш верг, хьан тийжар -  делхар...
Безаман гурачу хьо х1унда дирзи,
Синсерло йоцучахь хьайца са декъа?

Дависа хьекъал хьан, кхетамах даьлла,
Ахь х1унда йитира, со, некъа яла.
Х1унда б1аьрг битира ахь серла бала,
Дог стенна дитира безамах кхала?

Ткъа х1инца б1аьрг хьаста ахь амал бехьа,
Синтеме кийрара дог  дерзадехьа.
Буолинчу некъа т1ехь ирсан лар леха,
Бехказло ца лоьхуш, ахь ойла ехьа!
Р.А.А.


Резванова Айза

Сан нохчичоь, хьо езар бен кхин къа доцуш сайн сица,
Со ехаш ю кху дуьненчохь хьуна делла мерза са.
Хьуна хьанал дина дахар, сайн сих йолу х1ора 1аь,
Хьоьца дезаш марзо, безам, хьоьца дезаш ялар а.
2020
*******

Резванова Айза

Лам буьххьехь шен ц1арах йог1арх а къуб,
Ша воьхуш, до1анаш деша.
Кхетар вац шен дагчохь ца хиллачух,
Делахь а гуш верг ву Дела!;;

Ткъа шен сих д1аийнарг диталуш дац,
Къинхетамо кхуллу ойла.
Дикалла ахь йекъарх кхачалуш йац,
Ша луш верг  хиларна Дела!;;

Дохко ма далалахь, бусалба дог,
Йал йоцуш дуьсуш дац  дика.
Хастамбеш, лаьтта т1е мел буьллу ког
Лоьруш верг ву Аллах1 Дела!;;

Алхьамдулиллах1!
Р.А.А.

Резванова Айза
*****
Ло санна хиларх к1айн сан деган ойла,
Йешаш йац лайн чимех б1аьста,
Цо денна заза доккху, схьагулбеш мела,
Декъалчу синойх ца къаста.

Дог1анах йоьлхуш йац сан гуьйре г1ийла,
Гуонаха  гулйина кхуоларш.
Цо Далла хастам бо даларна  шена,
Бусулба дог, малхах къегаш.

Цкъаъа а шеллуш бац сан деган малх,
Де - буьйса хьерчаш, д1акерчарх.
Йоккхае хиларна бусулба нах,
Ирс эеца сан деган кхерчах.
Р.А.А.

Ииииманушкааа!
Декъалйо хьо йинчу денца,
Хьо ирсе гар доьхуш денна.
Маьлхан - беттан нуьре къагар,
Хуьлда Иман,  хьан дог хьоьстуш.
Хьо йехийла могуш - маьрша,
Эешош массо  г1айг1а - бала,
Долларш, йевраш, беркат дебаш,
Дахар хуьлда ирсе, лепаш!
Хьо декъала йойла Дала!


Адамаллех дуьззина долчу адаман са меца ца хуьлу,
Ткъа адаман кеп цкъа а ца юзу.
Р.А.А.


Резванова Айза
***
Нахаца ваза хуучунна,  къовса а хуур ду.
***
Т1амца къийсса йезаш йац бакъонаш, хьекъалца къийсса йеза.
***
Т1ом бина баьккхиначул а, собарца баьккхина толам мехала бу.
*****
Р.А.А.

Резванова Айза

Сан сий долу Нохчийн Къам!
Ма зийна - кх хьо, эзар шершкахь хьох х1ун доллу а, х1ун долу а хьовсуш, мостаг1аша, дуьненна хьо довззал!
Девзиначул т1аьхьа, дериг дуьне хьан къина делххал....
Шовданаш санна ойланаш ц1ена къам, лам санна собаре, оьзда къам!
Малхо б1аьстенна санна дуьненна хьайн дег йовхо ца кхоош, комаьрша къам!
Яхь - доьналлех ца духуш, къонахалла йолу, майра къам!
Хьайн хьекъале, ц1еначу дог - ойланца, дуьненан юкъара хьал тадалла сирла са долу, юьхь - сибат нуьре, къегина долу, хаза къам!
Хьо эзар шерашкахь 1азапехь латторах хьайн амал ца хийцина, ийман - ислам лоруш, Делаца гергарло ч1аг1деш, тешаме Нохчийн къам!
Алхьамдулиллах1!
ЙА Аллах1 - Дела, хастам бу - кх хьуна, СО НОХЧИЙН КЪОМАХ КХОЛЛАРНА!
Аллах1 - Дала декъалчу, беркате некъа т1ехь нисдойла хьо, СИЙ ДОЛУ НОХЧИЙН КЪАМ!!!!!
ДАЛА СИЙ ДОЙЛА ХЬАН!
11.12.2018.

Х1ордо шен дог доьллуш х1оттинчу т1ойне,
Бахна малх, хи бухлахь къега.
Хин ч1ерий, бецаш, д1о седарчий, хьесий,
Самукъне хелхарш деш  сега.

Х1ордо шен дог доьллуш х1оттинчу т1ойне,
Бахна малх, хи бухлахь къега.
Хин ч1ерий, бецаш, д1о седарчий, хьесий,
Самукъне хелхарш деш  сега.

Резванова Айза

Лам буьххьехь шен ц1арах йог1арх а къуб,
Ша воьхуш, до1анаш деша.
Кхетар вац шен дагчохь ца хиллачух,
Делахь а гуш верг ву Дела!;;

Ткъа шен сих д1аийнарг диталуш дац,
Къинхетамо кхуллу ойла.
Дикалла ахь йекъарх кхачалуш йац,
Ша луш верг  хиларна Дела!;;

Дохко ма далалахь, бусалба дог,
Йал йоцуш дуьсуш дац  дика.
Хастамбеш, лаьтта т1е мел буьллу ког
Лоьруш верг ву Аллах1 Дела!;;

Алхьамдулиллах1!
Р.А.А.

Резванова Айза
*****
Ло санна хиларх к1айн сан деган ойла,
Йешаш йац лайн чимех б1аьста,
Цо денна заза доккху, схьагулбеш мела,
Декъалчу синойх ца къаста.

Дог1анах йоьлхуш йац сан гуьйре г1ийла,
Гуонаха  гулйина кхуоларш.
Цо Далла хастам бо даларна  шена,
Бусулба дог, малхах къегаш.

Цкъаъа а шеллуш бац сан деган малх,
Де - буьйса хьерчаш, д1акерчарх.
Йоккхае хиларна бусулба нах,
Ирс эеца сан деган кхерчах.
Р.А.А.

Ииииманушкааа!
Декъалйо хьо йинчу денца,
Хьо ирсе гар доьхуш денна.
Маьлхан - беттан нуьре къагар,
Хуьлда Иман,  хьан дог хьоьстуш.
Хьо йехийла могуш - маьрша,
Эешош массо  г1айг1а - бала,
Долларш, йевраш, беркат дебаш,
Дахар хуьлда ирсе, лепаш!
Хьо декъала йойла Дала!


Адамаллех дуьззина долчу адаман са меца ца хуьлу,
Ткъа адаман кеп цкъа а ца юзу.
Р.А.А.


Резванова Айза
***
Нахаца ваза хуучунна,  къовса а хуур ду.
***
Т1амца къийсса йезаш йац бакъонаш, хьекъалца къийсса йеза.
***
Т1ом бина баьккхиначул а, собарца баьккхина толам мехала бу.
*****
Р.А.А.

Резванова Айза

Сан сий долу Нохчийн Къам!
Ма зийна - кх хьо, эзар шершкахь хьох х1ун доллу а, х1ун долу а хьовсуш, мостаг1аша, дуьненна хьо довззал!
Девзиначул т1аьхьа, дериг дуьне хьан къина делххал....
Шовданаш санна ойланаш ц1ена къам, лам санна собаре, оьзда къам!
Малхо б1аьстенна санна дуьненна хьайн дег йовхо ца кхоош, комаьрша къам!
Яхь - доьналлех ца духуш, къонахалла йолу, майра къам!
Хьайн хьекъале, ц1еначу дог - ойланца, дуьненан юкъара хьал тадалла сирла са долу, юьхь - сибат нуьре, къегина долу, хаза къам!
Хьо эзар шерашкахь 1азапехь латторах хьайн амал ца хийцина, ийман - ислам лоруш, Делаца гергарло ч1аг1деш, тешаме Нохчийн къам!
Алхьамдулиллах1!
ЙА Аллах1 - Дела, хастам бу - кх хьуна, СО НОХЧИЙН КЪОМАХ КХОЛЛАРНА!
Аллах1 - Дала декъалчу, беркате некъа т1ехь нисдойла хьо, СИЙ ДОЛУ НОХЧИЙН КЪАМ!!!!!
ДАЛА СИЙ ДОЙЛА ХЬАН!
11.12.2018.

Х1ордо шен дог доьллуш х1оттинчу т1ойне,
Бахна малх, хи бухлахь къега.
Хин ч1ерий, бецаш, д1о седарчий, хьесий,
Самукъне хелхарш деш  сега.

Х1ордо шен дог доьллуш х1оттинчу т1ойне,
Бахна малх, хи бухлахь къега.
Хин ч1ерий, бецаш, д1о седарчий, хьесий,
Самукъне хелхарш деш  сега.



Со йуй - те, хьан даго къастийнарг,
Лаьцний - те, уьйр соьца ахь?
Я г1ура санна бу хьан безам,
Кхин ч1аг1о йоцуш дагчохь?...

Хьан кхане декъалйеш со йацахь,
Марзонца ойла хьан сох йацахь.
Хьайн ирсе хьо маьрша кховдалахь,
Суна хьайн деган не1 къовлалахь.

***

1ожалло  къаьставац, къена, йа къуона.
Цуо вуьгу хан кхаьчнарг,
Д1акъастош гуонах.
Аллах1а хаьржинчу тобанах хила,
Иманехь хуьлда вайн, д1адерзар цига!;;

*****

Со йара г1алара сарахь ц1айог1уш,
Ц1еххьана лазаро лаьцна дог доруш.
Тхан йуьрта йохучу машена хууш,
Меллаша, ,ъах1" ди ас, - йа Аллах1, олуш.

Машена чуьра схьа йист хили йо1 цхьа,
- Х1ун хилла хьуна ва, г1о дие ас?? - олуш,
Цу йо1ах эхь хетта, суо ледара йаьлла,
Тийна со таръели цхьа меттиг лоцуш.

Йуху а  г1иллакхе йели йо1 соьца,
,,Хала- м, дац - те, хьуна, цигах 1ен, бохуш?
Ас цунна жоп дели, и парг1ата йуьтуш,
- Нахехь дерг  ладоьхчи, х1умма дац, олуш.

Кхин меттах ца йолуш, сайн лазар тиедеш,
Со 1ара сайгара хьал сайгахь къуьйлуш. Машено кхоссалой,  некъехь ор лоцуш,
Ов тухий доккхура, ,,ъах1,, лазар ойъуш.

Эх1 - х1ар а,   йо1  соьга хеттарш дан йуьйли,
К1едачу озаца, сан дагчу йели.
Со уллехь 1аш йолчу, цуьнга д1ахьаьжчи,
Цхьа Делан маликах и йела къежи.

Сов ч1ог1а йо1 тайна, сайгара хьал дицдина,
Хаттар ди ас цуьнга, дарбане и гина.
- Лоьралла 1амош йуй, хьо г1алахь доьшуш?
Наханна кхаъ хир бу, Дарба хьох долуш.

Йуху а лазарна хаъал йеш г1оле,
Йист хили йо1 к1еда, сан дагна там беш.
- ,,Х1аъ", йу со лор хила лаамца лелаш.
Хьоьгарчу лазарна а
Хала ду т1е хьежа, кхин дан г1о доцуш.

*****
,,Хьан дикалла йухкуш хилчи,
Хир бацара мах бала,
Йа къинхетам э'ца дезчи,
Таро йоцуш хир вара," - бохуш дуьйцу ахь сох ч1ог1а,
Сий деш г1иллакх айдина.
И дериг а, марздеш суна,
Ахь к1еззиг дерг, дестийна.

Амма бакъ ду и ахь дуьйцург,
Эеца таро хир йарий,
И вайн Дала луш цахилча,
Дала меттиг хирбарий??
Дуьне - 1алам кхоьллиначо,
Адамалла даларна.
Хастам бу - кха, Аллах1 - Далла,;;
вай бусулба кхолларна!
АЛХЬАМДУЛИЛЛАХ1!

САН, ХЬАН БОХУШ ЦА КЪЕСТОР ДАРА И....
ЦУ Г1ИЛЛАКХАШЦА Т1АЬХЬЕННА КХУЛЛУШ БОЛУ БАРТ БАРА ИЗА...
САН ДА, ХЬАН ДА, - БАХА ЦА 1АМАДОРА БЕРАШНА...
МАССО А ДА САННА, НАНА САННА ЛАРА 1АМАБОРА Х1ОРА Х1УСАМЕХЬ ДОЬЗАЛАШ.
ДАС - НАНАС АЬЛЧА САННА ДОРА МУЬЛХХАЧУ ВОККХАЧО АЬЛЛАРГ...
АДАМИЙН СИНПАРГ1АТОННА, ХЬЕКЪАЛЕЧУ ДАЙН, КХЕТАМЦА КХОЬЛЛИНА Г1ИЛЛАКХАШ ДАРА УЬШ...

ЦУ ТЕШАМЕЧУ  Г1ИЛЛАКХАША  НОХЧИЙН КЪОМАН БАРТ ЛАТТАБОРА, СИНПАРГАТО ЛОРА...
 СИЙ ЛАКХАХЬ ГОЙТУРА...

Т1АЬХЬАРЧУ ЗАМАНАХЬ "САН ДОЬЗАЛ,, АЬЛЛА, ДАС - НАНАС И ДОЬЗАЛАШ СХЬА КЪАСТОР БАХЬАНА ДОЛУШ, КЪОМАН БАРТ БОЬХНА...
"САН, АС, АХЬА, ХЬАН,, БОХУЧУ КЪАСТАМАША " ВАЙ,, БОХУЧУ ЮКЪАРЧУ МАРЗОНАН НЕКЪАХ КЪАСТИЙНА, Г1АЙГ1АНИЙН ГУРАШ ЧУ ЕРЗИЙНА ДОЬЗАЛИЙН ОЙЛАНАШ.
АДАМАША ВОВШАШЦА ЙОЬКЪУШ ЙОЦУРГ МАРЗО ЯЦ.
"САН, ХЬАН,, БОХУЧУХ "ВАЙН,, БОХУ ЮКЪАХЬ МАШАР, МАРЗОНАН УЬЙРАШ ЛЕЛОН ДОШ ЦА ХИЛАХЬ, БАРТ КХОЛЛАР ХИР ДАЦ.
БАРТ БОЦЧАХЬ ИРС ЦА СОЦУ...

ДАЛА ИМАНЕХЬ, ИРСЕ ДАХАР НИСДОЙЛА ВАЙН!
30.11.2018.

Хьо - м вели дош аьлла,
Бакъ делахь- дацахь а.
И ала цу меттехь хьакъ велахь, вацахь а.
Дош ала хьуо векал винехь, ца винехь а,
Цу дешан меха хьуо, хеттехь, ца хеттехь а.

Х1ун дийр ду цу дашо,
схьадаларх багара?
Воцчух стаг вийр ву цо?
Верг стоглара воккхур ву?
Йа хьуна стогаллийн дакъа т1е тухур ду?
Ахь йина хьан ойла, нахала-м, йоккхар йу...


Хьажахьа Нана, д1о хи йисте,
Даккхий б1аьргаш долуш 1ийриг.
Когаш дуткъий, доккха гай,
Баьццара чкъор, ткъа лаг к1айн.
Цуьна - м, бат ю, бохуш ,,Вакъ"
Суна - м, йац и гина цкъа а.

Вай и- м, пхьид ю, Жимниг сан,
И йац гуьнахь х1умма а дан.
Чуьркаш, мозий дуу цо.
Дахар хица ду цуьнан,
И ша санна ю шийла.
Кхийссалуш и йоьду д1а,
Ду и доккха самукъа.


Рецензии