8- я папка
Нохчийн мотт безачийн, амал ас лору,
Нохчийн мотт хесточийн, ц1е дагчохь кхобу.
Нохчийн мотт хьоьстучийн, марзо ас муьйлу.
Нохчийн мотт буьйцучийн, ирсах со йогу.
Резванов 1аьрбийн йоь1ан, Айзин кхоллам хилла Хьалха-Мартан т1ехь, 1963-чу шарахь, 14 - чу октябрехь. Юккъерчу дешаран № 6 – йолу школа чекхъяьккхина 1981 – чу шарахь. Цу шарахь деша яхана «Кондитерки», училише № 12 - йолу. Цул т1аьхьа дешна чекхъяьккхина Кисловодский колледж , « Экономика и права». Белхаш бина Грозни г1алахь а, Хьалха – Мартан т1ехь а, Российн дозанахь а. Поэзийн некъ болийна 8 – чу классехь, дуьххьарлера экзамен д1аелча кхаъ хилла язйина доьхьарлера стих, оьрсийн маттахь, т1аккха нохчийн маттахь а.
Къизаллийца нохчичу беанчу, хьалхарчу т1амо х1аллак йина, ненах а, жималлех а, даймахках а, безамах а оьрсийн а, нохчийн а маттахь язъйина стихаш, дагахь 1амийнарш йоцуш. Делахь а дагчуьра поэзийн орам бакъабала ца буьтуш, Айзас
дахаран марзонан мутт мийлош, дахарехь кхин а шуьйра мур схьа а лаьцна, чу са кхоьллина, зорбане яьхна стихаш а, туьйранаш а, забаре дийцарш а. Шен деган мукъамаш белла,иллешка яьхна байташ. Шен дахаран лар бодашкахь къевлина ца юьтуш, сих чу са диллина, и серло адмашка д1акховдийна цо. Шен адамашка болу безам гойту цо, шен поэзехь:
Адам дезар г1алат делахь-
Со г1алат ю, и бакъ ду.
Адмех тешар г1алат ларахь,
Юха а со, г1алат ю.
Адамийн дог хьаста лаар,
И г1алат а соьца ду,
Реза ю со г1алат хила,
Адмийн бала айбеш д1а.
Г1алат делахь, адам хилар -
Шеца долуш адмалла.
Айзин стихаш а, туьйранаш а, дийцарш а зорбане евлла «Даймохк», «Маршо» ц1ераш йолчу газеташкахь а,
«Нана», « Орга», «Стела1ад» журналашкахь а, «Созвездие», « Нохчийн фольклор» ц1е йолчу гуламийн гиншкаш т1ехь а. Цо язбинчу мукъамаш т1ехь, цуьнан дешнашца д1аолуш ду нохчийн иллиалархоша хаза нохчийн халкъан иллиш. Иштта суьрташ дахкаран говзалла а гойту цо, «Стела1ад»,- ц1е йолу берийн журналехь «1аьнан де» а, « Гуьйре» а гойтуш ара девллачу сарташца. Цул совнаха «Безаман ницкъ», ц1е йолу гуламийн киншки т1ехь а. Айзин дуьхьарлера гуламийн киншка ю «Безаман ницкъ». Кху т1ехь шун йовза таро хир ю цуьнан поэзехь йолу ойланаш а, цуьнца йолу исбаьхьалла а. Дала массо а адамашна пайденна йойла х1ара кинишка. Дала,т1аьхье беркате йойла Айзин а, массо а бусалбанийн а.
Шаид Рашидов
НР Халкъан поэт
Даймохк хьан бакъо яц ….
Даймохк, хьан бакъо яц къарбала,
Хьо къийсар эрна деш тхан,
Тхо кхета, т1амо хьо дарбина,
Ерзаза ю чевнаш хьан.
Даймохк, хьан бакъо яц къарбала,
Г1айг1ане дуьтуш хьайн къам.
Хьан озе сатуьйсуш айбелла,
Ладоьг1уш бу, лекха лам.
Даймохк, хьо къарцалуш бахалахь,
Халкъанна йовхо луш хьайн,
Машаре, зевнечу аьзнашца
Са парг1ат доккхуш тхан дайн.
Хьаннашкахь олхазарш декийта,
Лаьмнашкахь уг1ийта борз,
Ирсе дай самукъне хазийта,
Кхерчашкахь, тхан нанойн аз.
Даймохк, хьо малх санна къагалахь,
Хьанал ду хьуна тхан ц1ий.
Т1аьхьенна беркате хилалахь,
Ларделахь турпалхойн сий.
2002
Даймохк нана
Даймохк! Х1ун ду хьуна ганза?
Я баккхаза ахьа чам?
Я бу техь хьо, х1умма ланза?
Бан ца хууш х1уман хам.
Хийла геналлехь сатуьйсуш,
Бу хьан доьзалаш хьо ган,
Хьан аз хезча кхача луурш,
Масне хуьйди лаьтто д1а.
Буьйсанна хьо дага лоьцуш,
Ас набарна хьаббо б1аьрг,
Со санна шен махках хьоьгуш,
Хир ву генахь хийла стаг.
Хьан марзонах ойла хьерчаш,
Кийра кхехкош доьлху дог,
Сайн генара рицкъаш лехьош,
Ас собарца боккху ког.
Сийлахь Даймохк! Хьоме нана!
Суна хиъна шуьшин хам,
Йиш елар олхазар хилла,
Шуьшинн т1оьхул хеца т1ам.
1985
Маржа я1, маржа….
Лаьар - кха дагахь дерг, ма дарра яздан,
Адамаш лаьар - кха, вовшашна марздан,
Дахар а лаьар - кха берашна хаздан,
Лаьар - кха массо де, нохчий чохь даздан.
Лаьар - кха даймохк хьо, даггара хьаста,
Геналлехь къийлина дог хьуна даста,
Лаьар - кха ойланаш д1ахеца кхарста,
Шовданийн аьзнашка ладег1а б1аьста.
Лаьар - кха, мох хилла хьан мара хьерча,
Я ц1енчу 1аламца хьуна чу яржа,
Ма ч1ог1а лаьар - кха, ахь со а харжа,
Ирсечу доьзалех,- маржа я1, маржа…
2007
Яздар а дацар – кха,
Хьох яздеш ца хилча.
Дийцар а дацар – кха,
Хьо хьег1ош ца хилча.
Дахар а дацар – кха,
Даймохк ! Хьох къаьстича.
Ялар а дацар – кха,
Хьан кийра ца йижча.
2007
Даймехкан тулг1енах
Боккхачу х1орда чохь ойлане юьйлуш,
Цхьа тулг1е техкара самукъа доцуш.
Ас цуьнга хаьттира гергара, езаш,
Х1ун ду те хьан сецар, г1айг1ане эгаш.
Хин бердех етталуш, эзарнех яьржаш,
Кхин тулг1еш ловзушчохь вовшеха хьаьрчаш.
Хьо х1унда соьцу, кху х1ордачохь хебаш,
И тулг1еш керча хьан хазаллех хьоьгуш.
Хьо цхьаъ ю тулг1ешлахь, жовх1арех лепаш,
Боккхабеш техка х1орд хьо совг1ат хеташ.
Х1етте а сингаттам хетта хьан дебаш,
Дийцахьа, х1ун бала бу сих хьан летарг?
Т1аккха и техкира сан дагах кхеташ,
Шен бала балхийра тулг1ено зийзаш.
Ойлане со ели, цунах къа хетта,
Б1аьргеха уьду хиш х1орда чу хецца.
Доккхачу хих кхетар, дозалла хетта,
Органан хорша ша дирзира керчаш.
Цо шеца дадийна, нуьцкъала хьаьрчош,
Теркачу хийцира, ша цунах г1ерг1аш.
Къегина шен аса, г1амарлахь хьаьрчош,
Терк дуьйли шех дарц дан, бердех д1а детташ.
Амма цхьа т1адам а, ша шех ца къастош,
Х1орда чу кхоьсси цо, ша цу чу даьржаш.
Иштта ша къаьстина даймехкан хоршах,
Самукъа долучух, муьлххачу ор чохь.
Юха цу лаьмнашкахь сатийсарах ловза.
Цкъа карзаха х1орд баьлча, довр долуш доьза.
Цхьа дехар дара шен, т1аккха цо эли:
Доьза ша ца дайта, ницкъ кхачахь хьоьга.
Цхьа тулг1е схьаиэций, дег1аста кхачий,
Шовданех д1атохар, шех дерг д1аалий.
И дехар кхочуш дан, ас куьйгаш кховдий,
Цхьа тулг1е канашкахь иэца ка дели.
Ч1ург хьийзош, оьг1азе х1орд кхоссабели,
Т1еххьара шен дешнаш, тулг1ено эли:
Хьаннашкахь олхазарш шакаршца декаш,
Б1аьстенца бацалахь зезагаш лепаш.
Цу т1улгийн ламанех самукъне хьерчаш,
Ма ирсе хиллера, даймехкан кхерчахь.
2010
Кхи х1ун ирс ду….?
Син парг1ато шайна лоьхуш,
Кхечу махка ихнарш д1а,
Хир буй теша, парг1ат бехаш,
Са цахьийзаш даймохк ган?!
Дерриг дуьне серла доккхуш,
Б1аьсте йоьлуш йеъча т1е,
Сан са т1ома долий доьду,
Сайн махкахой гулбан ц1а?!
1ожалла ю когех хьерчаш,
Новкъалло еш боларна.
Замано а тукур туьйсуш,
Дацдо некъаш дахаран.
Сан дог доьлху Деле доьхуш,
Рицкъаш маьрша дерзор ц1а.
Доьзалех б1аьрг тоха хоьгуш,
Хийла наной кхелхи д1а.
Ойла ейша сан махкахой!
Къизалла, вас эккхаяй.
Барт ца хилча кхи х1ун ирс ду?
Доьзалашка кховдо вайн.
2007
Къагалахь дашо малх….
Къагалахь дашо малх, хьо серла балий,
Хьасталахь нохчийчоь йовхо луш хьайн.
З1аьнарийн куьг хьокхуш, дасталахь латта,
Ден делахь бецан хелг, ахь рицкъа лой.
Халонна, харцонна цата1ош корта,
Ницкъ лолахь ахь лардан, даймехкан сий.
Тхо бахьнехь йоьхь 1аьржа ма делахь лахьта,
Лай хилла ца баьхна, тхан оьзда дай.
Самукъне аьзнашца шовданаш декош,
Зезагех кхелина аренаш лепош.
Бахалахь тхан даймохк, хьанал къа дебош,
Ирсан мукъ даима хьайн буйнахь сецош.
2008
Х1ун г1уда ду те….
Ма г1ийла къега - кха
Дашо малх нохчий чохь,
Г1айг1ане ма хьоьжу,
Ярташка лаьмнийн бохь.
Чурташ а гуора шаьш
Х1иттина кешнашкахь,
Совдуьйлуш уьду хиш,
Цасовцуш хоршашкахь.
Х1ун г1уда ду теша,
Ца довлург текхна тхо.
Саьрмиках тарделла
Хьаьрчинарг даймахках.
Балане бода бу
Адамийн б1аьргаш чохь,
Питанийн ога ду,
Вежарий къаьстош тхох.
Сан мерза, ойланаш
Дегнаш чу ерзаяй
Сан б1аьргийн нур серло,
Вовшашка хьежа лой,
Барт хилла, иманехь
Цхьана хорша дерза,
Ницкъ лохьа, Я Аллах1!
Хьо везара дуьхьа.
2009
Дахаре
Х1ун къуьйсу, х1ай дахар
Ахь кху сан дагца,
Х1ун бахьна ду далар,
Дуьхьал хьан т1амца?!
Ойла сан керчаяр,
Хин тулг1е санна
Даймахках хьегаяр,
Ненах бер санна!?
Ца даьлла, х1ай дахар,
Хьо дог, сан зийна,
Я эрна ду лехар,
Ирс хьоьца ийна,
Вуй теша ваьхнариг,
Хьоьца дог тийна,
Я вуй хьох къаьстинарг,
Хьох дог 1абийна!?
2003
Резванова Айза
Ас кхуллу сайн илли
Шераш т1е шо дуьллуш д1ааьхарх зама,
Къонлуш ю, хазлуш ю, вайн Соьлжа г1ала.
Юха а керла шо дог1уш ду кхана,
И даздан г1аьттина вайн Даймохк – Нана.
Махкахой декъал беш керлачу шарца,
Ас кхуллу сайн илли, нохчочун ц1арца.
Вовшашца барт болуш, марзонца даха,
Ирс дохьуш дог1ийла керла шо вайна.
Б1аьргаш чохь вовшашна къинхетам гина.
Ойланаш ц1анйойла, шовданел ц1ена,
Баланаш иэшийна, ирс дуьйлуш серла,
Сан хьоме махкахой! Шу декъал дойла.
2010
Мохк бегор
Сан даймохк! Х1ун ду те хьан дегор латта,
Х1ун бала бу теша, са лоьцург хьан?!
Кийра а бат1ош хьо хьовзий те готта,
Сов яьлла те хьуна, къизалла тхан?
Сан даймохк! Диехар дан дац суна атта,
Дац хьуна дала жоп адамех сан,
Амма цхьа кегийра маликаш г1уьтту,
Ког баккха сатесна, лаьтта т1ехь хьан.
Даймохк! Со до1ийца суждана йоьду,
Къинхетам боьху ас, т1аьхьенна тхайн,
Бусалбанаш хилла, иманехь г1овтта,
Ницкъ лолахь ахь царех бай, ирсан дай.
2009
Вай ду-те замано сихдина
Вай ду те замано сихдина?
Я зама сихйина вай?
Вай г1ерта нека деш хих довла,
Генахь а доцушшехь т1ай.
Тахане цалоруш, кхане схьа
Ма еха, им йог1ур яй.
Шен болар ца дохош замано,
Д1абевлла вайн хийла дай.
Йиш, ваша дитина нахаца,
Гергарлло малеха хьайн.
Хьайн наха хьо сий деш ца ларахь.
Хетар ву хьо цхьалха, лай.
Х1ордах д1акъаьстина хин тулг1е,
Латто д1ахудий д1айов.
Вон, дика шен махкахь цалайнарг,
Адмашна вицлой д1авов.
2009
Ма ала
Ма ала, нохчийн къам ц1ена дац,
Талхийна г1иллакхаш вайн. . .
Ден дакъа къонахчо духкур дац,
Г1иллакхаш дицдийр дац дайн.
Ма ала, нохчийн мотт хаза бац,
Бийца а хала бу и.
Сийначу бацалахь лахьийна,
Зезагийн ду иза тхи.
Ма ала, вайн даймохк ирсе бац,
Самукъне дац махкахь вайн,
Седарчий санна шаьш къегина,
Кхуьуш бу вайн кегирхой.
Ма ала, къонахий бисна бац,
Уьш бу вайн лардийраш сий,
Нохчий чохь къонахий цахилча,
Хир дацара ц1ена вайн ц1ий.
2008
Жоп дели….
(Уциев Абуца къамел)
Ма ч1ог1а хьийзабеш,
Керча беш, луьсту ахь.
Ширделла дешнаш а,
Лоьцу ахь, цаций чохь.
Сов къена и дешнаш,
Кула до ахь лехьош,
Бохучун, хьекъале,
Жоп дели ахь кхетош.
- Хестабеш, белабеш,
Бер санна хьоьстуш.
Ламазан хенаца,
Карла а бохуш.
Нохчийн мотт, марзонца
Мел буьйцу къонлуш.
Бехар бу вайн даймохк,
Халкъана ирс луш.
2008
Ирсе б1ов
Хьо х1унда кхийда дог, яханчу замане,
Х1ун деха г1ерта хьо, цу ширчу дахаре,
Лоьху те халонаш, дайшна т1е х1иттина,
Доьху те баланаш, дайн дегнаш цистина?...
Къайленаш йисна те, безамах ястаза ,
Я бахам карий те, хьолан дайн бастаза,
Хьо х1унда г1ерта те, ойланаш хьагийна,
Боданан не1аре, сирла чиркх латийна?...
Лоьху ас марзонаш, дайн уьйраш ч1аг1йина,
Тешаме орамаш 1адаташ х1иттйина.
Г1иллакхе г1ерта со, халонаш эшийна,
Барт боьху, дайн дегнийн баланаш дашийна.
Бахам бу сан цигахь, х1отто мах боцуш,
Ша оьзда бийцинчу нанойн ц1е кхобуш.
Ломарчу шовданел ц1ена ша лоруш,
Нохчийн мотт, орамаш дакъо йиш йоцуш.
Лаамца сий долчу цу маттахь йотта,
Ирсе б1ов т1аьхьаьнна син кхача х1отто.
Са серла даьлча, я, х1иттича холча,
Бахкийта деган не1 йоьллуш со йолча.
2010
Дахар лай
Цкъа хьостий деладеш,
1овжадой делхош,
Вайн г1ийла синош ду,
Дуьнено ловзош.
Вайн майра дегнаш ду,
Куралло 1ехош,
Зоьртала дог1маш ду,
Цамгарша иэгош.
Зама ю дахаран
Орамаш хедош,
Толаман байракх ю
1ожалле кхийдош.
Вай цкъа а ца хилла,
Дуьненан дай ,
1ожалла ю эла,-
Ткъа дахар, лай.
1995
Ца яьхьа со….
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа дуьненах хьега.
Хир дац и боцуш цхьа бала,
Шена чохь адамаш дехаш.
1ожалла йоцуш бу аьлла,
Ца яьхьа со малхах хьега.
Хир бац и боцуш цхьа бала,
Дуьненан яй кхехкош богуш.
1ожалла йоцуш бу аьлла,
Баттах со ца яьхьа хьега.
Хир бац и боцуш цхьа бала,
Буьйсанан бода шех хьерчаш.
1ожалла йоцуш ю аьлла,
Ца яьхьа стигланех хьега.
Хир яц уьш боцуш цхьа бала,
Ткъес детташ, маьхьарца къиекъаш.
1ожалла йоцуш ю аьлла,
Ца яьхьа со мархех хьега.
Хир яц уьш боцуш цхьа бала,
Дог1анца дуьненна йоьлхуш.
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа со латтах хьега.
Хир дац и боцуш цхьа бала,
Дегадеш дог т1ек1ел дуьйлуш.
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа со лаьмнех хьега.
Хир дац уьш боцуш цхьа бала,
Мокхаза т1улган лам хеда.
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа хих а со хьега.
Хир дац и боцуш цхьа бала,
Шен тулг1еш бердех д1аетташ.
1ожалла йоцуш бу аьлла,
Ца яьхьа со мохах хьега.
Хир бац и боцуш цхьа бала,
1аьткъа и даима ц1ийзаш.
1ожалла кхочар ю аьлла,
Кхоламна яц реза йоцуш.
Хастам бо ас Везчу Далла,
Бусалба кхоллам баларна.
Ас къамел до беллачаьрца
Ас хеттарш до беллачаьрга,
Кешнийн кертахь йолалуш.
Хьолах дуьзна дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац дист хуьлуш!?
Делан кхоьлах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а.
Я хьарам дерг шеха къаьстош,
Хьанал рицкъа лехнариг а.
Цхьа воккха стаг хьаставелла,
Телхина лела моьттуш со.
Хаттар деш вист хили соьга:
-Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша жоп делира,
Хоуьйтуш сайн дагахь дерг:
-Ас къамел до беллачаьрца,
Кхето лууш сачохьверг.
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарех дисна ду.
Ткъа дуьненах 1еха ца луш,
Леллачара дитна ду.
2008
Ма г1ерта со къар ян
(Ахмадова Тамарина лерина)
Х1ай зама ! Ма г1ерта со къар ян,
Дог иэшо ма г1ерта сан,
Со кхиъна дахарехь хало ган,
Амал а евзина хьан.
Буьйсанна хаза г1ан дайча а,
1ехалой лелара со,
Безамо б1аьгашца хьаьстича,
Моьттура ирс сайна го.
Гуш долу 1аламан хаза сурт,
Дагна сов и дезалой.
Юьсура беха некъ ас барах,
Цу хазне кхача цалой.
Даггара безачу даймахке,
Боьссинчу балийна дан,
Г1о шен ца хиларна т1улг хилла,
Дисна ду кийрахь дог сан.
До1а деш, б1аьрхишца дехарх а,
Кхолламах яла ца ло.
Ният ду, ца йоха собарах,
Суна хьан къайленаш го.
Х1ай зама ! Ма г1ерта со къар ян,
Дог иэшо ма г1ерта сан,
Со кхиъна дахарехь хало ган,
Амал а евзина хьан. . .
2009
Турпала йиш-ваша
(Абдулазимов Халидан доьзална)
Сан ненан вежарий,йижарий ненан,
Сина мерза кхача шу, дахаран орам.
Сан деган йовхо шух, даглаьцча х1ора.
Къастаран ойлано, иэшадо г1ора.
Шун дегнийн пхенаш ду, вовшеха доьзна,
Цхьанне дог 1овжийча, вукхера лоза.
Шух дечу дозалло, кийрахь дог дуьзна,
Йоккхаеш лардо ас, халонан доза.
Халидан доьзалехь ца хилла цхьа а,
Уосалчу ойлано сак1амдеш цкъа а.
Вон - дика дерзийна барам цабустуш,
Комаьрша г1иллакхаш шайнех цадуьхкуш.
Яхь йолчу къонахчух схьадойлла дегнаш,
Дукха бу, шу санна шаьш хила хьегнарш.
Ц1ена хиш, бух болу шовданаш лору,
Шу санна йиш-вешех,турпалхой олу.
2006
Мульхарг ду?
Муьлхарг ду сан дуьне?
Кхоллам а хьаьнца?
Х1ун дуьйцу ирс хеташ,
Безамах лаьцна?
Хьанах со 1ехало?
Х1ун лаьа довза?
Б1аьргаш а седарчешца
Девлла ловза.
Х1ун оьшу дахарехь,
Хьаьнца ас къуьйсу?
Латта ша хьоьшушшехь
Когаш к1елл соьцу.
Дашо малх комаьрша,
Нур 1енош хьоьжу.
Я дуьхьалл йолана,
Х1умма ца доьху.
Ткъа суна делларг ду
Адмалла Дала.
Цул деза хир дац - кха
Кхин совг1ат цхьа а.
Адмалла даларна
Ийманах кхелла.
Со Далла хастам беш,
Ирс хеташ еха.
2011
Мах эццехь хадабо
Кху дуьненах ч1ог1а 1ехавелла,
Вог1у хьо ца лардеш олу дош,
Зама едда йоьдуш ю сихъелла,
Хан д1акхоьхьу цо, вайн хам ца беш.
Хьарам кхача, - цунах кийра буззий,
Кура хьоьжу кху дуьнене хьо,
Амма 1ожалла т1е те1аш улле,
Цо куралла тухий йожа йо.
Собаре верг, г1ийла миска лоруш,
Къизаллийца дог ахь 1овжа до,
Цхьа де дог1у т1аьххьара г1улч юстуш,
Къонахчуьн мах эццехь хада бо.
2008
Маликаш даьхки-те….
Воккха стаг, хьан стенах самукъа дели?
Маликаш даьхки те кхаъ бохьуш лере?
Я шераш дицделла ойла айъелла?
Баланаш лахбелла хьо сонта ваьлла?!
Шайт1анийн шабаршка ахь ламадег1а,
Къоналлийн забарш еш, ма де дог 1еха.
Дуьненан хазаллехь, эхарт ахь деха,
Некъаш ду шера гуш, ца оьшуш леха.
Мерза са ц1еххьана, 1ожалло лацахь,
Эхартахь кечъйина хьан х1усам яцахь,
Ма шийла 1а хирду, ца вохлуш цкъа а,
Я йовха ц1е хир ю, г1о доцуш цхьа а…. .
2008
Къонахчух
(Кадыров Ахьмад – Хьаьжина)
Дешарх а ца кхачош,
Ца к1ордош цкъа а.
Дукха ю къайленаш
К1оргехь Къор1анан.
Йовхо луш, цхьанна а
Ницкъ боцуш яйа.
Ц1е ахь хьайн йитина
Халкъалахь яга.
Шераш т1е шо дуьллуш,
Д1а эхарх зама,
Дуьненчохь лар юьтуш,
Даг1арх д1а кхана
Къонахчуьн ц1е йоху,
Юх-юха самса.
Ткъа к1иллойн ц1е йойу,
Кхоьруш ун дала.
2008
Сан кегий вежарий
(Т1амо х1аллак биначу нохчийн
к1енташна, деган лазамца)
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Шух хили те т1улгаш ламанийн,
Я баьрзнаш хили те шух хьаннийн,
Я хили те синош акхаройн!?
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Хин тулг1еш хили те шух кегий,
Я маьлхан з1аьнарех сов къегий,
Хьоьжу те тхан б1аьргаш чу лорий!?
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Бисна те шун дагахь цхьа бала,
Ца кхиъна дагахь дерг схьа ала,
Ца яккхарна къинт1ера нана!?
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Мила ву шу некъаш тилийнарг,
Дахаран чиркх хьалхе байинарг,
Ца 1ебаш тхан дегнаш дууш вверг!?
Я Аллах1! Я Аллах1! Я Аллах1!
Собарах ца доха ницкъ лолахь,
Иманехь барт цхьаъ бай нисделахь,
Т1аьхье тхан беркате ахь елахь.
2008
Т1аме
Ма кхера дехьа тхан бераш,
Лоьлхийтуш кийрара дегнаш,
Ма бале леци ахь 1енош,
Тхан махкахь и д1аьвше герзаш.
Барз боцуш лаьтто хьо хударг,
Хилла хьан къизалла дукха,
Тхан къоман ц1ена ц1ий муьйдург,
Хьох дала, тхан нанойн луур.
Т1ехьежо хьайн къиза б1аьргаш,
Делхадеш тхан нанойн дегнаш.
Довлийла хьан, дуьне кхаьрдаш,
Мохь - ц1ог1а даларх, г1о доцуш.
Ма кхера дехьа тхан бераш,
Лоьлхийтуш кийрара дегнаш.
Тха-м даций уьш цхьа да воцуш,
Балийна дуьненчу дохуш.
1995
Йишин безамца
(А.А)
Тийначу буьйсана,
Даьржина бетта са санна.
Ц1еначу безамца,
Хьо дагчохь вехаш ву тхан.
Хьо марша лоьлийла,
Ца лоцуш цхьана а кхело.
Диканца вехийла,
Дахарехь ца гуш кхин хало.
Буьйсана лепачу,
Цу х1ора седанан нуьрах.
Тарделла къегийла,
Даймехкан некъаш хьан ц1арах. . .
2009
Гора дуьне
«Дуьне дош дац»,- цхьамма олу;
Ца кхеташ шен дахарах.
«Гора дуьне !»,- вукхо хьосту;
Х1отто боцуш цунна мах.
Амма дуьне шек ца долу,
Хесторах, я чехорах.
Цо шен декхар ч1ог1а лору,
Ца кхоьруш ша дохорах.
Б1е шаре вай халла кхочу,
Бехкаш дохуш кхолламах.
Эзар шерийн бала токхуш,
Им ца духу, несаллех.
2009
(Межидов Мовлдин к1ентан
Мохьмадан шо кхачарца)
Шо д1а дели хьан дахаран некъан а,
Дуьне довза, ваха веъна хьо.
Хьан кхоллам а хуьлда г1уоза, декъала,
Ирсе кхачош хуьлда боккху ког.
Ийман,ислам долуш хуьлда хьекъале,
Кхоие дерзош хьайн кхолламан де.
Доьзалхо хьо Мохьмад, хуьлда беркате,
Сий деш, ларамца хьан йохуш ц1е.
Кхолламо хьох дагабуьйлуш хьоьстийла,
Ирсах юцуш ц1ена ойланаш.
Дена – нанна деза совг1ат хьох хилла,
Къегийла хьан дахар, седанах.
2010
Генахь дац и аьзнаш
(А – Хь. Хатуевна)
Генахь дац и аьзнаш, дехьачохь санна уьш хеза,
Х1ора г1улч ас йоккху, дуьненахь т1аьххьара лоьруш.
Ялсмана хьозарчий шакаршца соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу, цхьа парду, 1ожалла бен чекх ца йолуш.
Къинт1ера ваьлла со даггара дерриг дуьненна,
Доьху ас къинт1ера довлар а массо а сига.
Лелла вац дахарехь, сайн сина лоьхуш аьхналла,
Ткъа марзо лаьхна ас, дуьненахь массо а сица.
1ожалло дахарца къуьйсучу дозана юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу чот етташ, къай – меллий узуш.
Оьмар ас диканех юттуш ерг соцуш ю сиз т1ехь,
Лийринарг яра еха, т1аьхьенан некъах ирс дуцуш.
Тоьшалла
( Яздархочунна Гадаев
Мохьмад - Салахьна)
1ожаллийн б1аьргаш чу собарца хьоьжуш,
Хоьттина т1аьхьенан некъах шен некъ,
Кхолламца цхьа а ч1ир, гамо ца лоьцуш,
Цо лайна халонаш, дустуш харц - бакъ.
Къаьхьачу балано ирсан некъ боьхкуш,
Мерзачу дахаран талхорах чам.
Ц1еначу безамца вайн Даймохк хьоьстуш,
Доьналлехь яьккхина хилла цо хан.
Массо а синан ю 1ожалла эла,
Делахь а, стогалла эшаяц цо.
Къонахчо аьлла дош, ца хуьлу къера,
И лела дуьненчохь ша туьссуш гуо.
Дахаре оьг1азе ма хьежа б1аьргаш,
Я ирсах кхолламе ма еха ч1ир,
Хьекъалах дагавуьйлуш, ийманехь ваьхнарг,
Вахнад1а масална юьтуш шен лар.
2009
Цу некъан кхоллам
(Нохчийчохь дуьххьара «Исламан з1аьнарш»
ц1е йолу газет ара даьккхинчу
Жуьнийдан Мас1удна лерина)
Х1иллане йоцчу ойланца,
Дахарехь ирсе кхаж баьлла.
Исламан Динан З1аьнаршца
Хьан деган малх баьлла серла.
Деган нур т1ома айделла,
Исламан сийлалла кхайкхош.
Боданехь ца дуьтуш 1илла,
Вог1у хьо Делан дин хестош.
Ийманца иэшийна кхерам,
Исламца баьккхи ахь толам.
Везачу Далла беш хастам,
Къобал беш бусалба кхоллам.
Азаллера Абаде кхаччалц,
Лекха бу толаман х1оллам.
Махьшерийн майдана кхаччалц,
Беха бу цу некъан кхоллам.
Сан заманах
(Эпиграф Ш.Рашидовн
Заманан хьехам)
Шена бен хьехаман,
Сий, ларам ша бина,
Болар а лахдина.
Ладег1а яьлла бах,
Яханчу замано,
Г1айг1ане ша йина.
Хьекъалах дагъяьлла,
Диканах дог тешна,
Цагойтуш ша йоьхна.
Т1аьхьарчу замано,
Буолар шен сихдина,
Болх Деле кховдийна.
Яханчу заманан,
Цу ирсах ша хьегна,
Дикане сатесна.
Цасоцуш, хин йолчу
Халонна б1о къежна,
Шовкъе и хилла бах.
-Реза ю Дала ен
Кхелана ша аьлла,
Сингаттам д1абаккхий,
Парг1ата хьо хила,
Халонаш отуш ша,
Хьожур ю чекхъяла.
Ойла еш ладоьг1чи,
Малх гуора стигалахь
Кхин хийцам боцуш,
Адамийн беснаш а,
Го нуьре шаьш лепаш,
Ойланаш сирла.
Рицкъанаш дахарехь,
Са дуьйлуш дебара,
Беркате доцу.
Иман шаьш хьоьхурш а,
Х1илланца чекхбовла,
Некъ шайна бостуш.
Стиглара седарчий,
Нур даьгна 1арждаллал,
Яьржира харцонаш.
Тешам а д1абайна,
Ша шех а шек валлал,
Юьйцура шалхонаш.
Лулахойн дог кхардош,
Г1ийлачийн хьакъ лечкъош,
Т1ек1ал еш г1аланаш.
Хьанал къахьегарх а,
Цадовлуш декхарах,
Адамаш а балехь.
Эхарта беха некъ,
Дуьненан дагчухулл,
Биллина Дала.
Адамаш, кхин долу
Синош а, д1аоьхуш,
Некъахой ма ду.
Я Аллах1! 1ожалло
Эхартан не1 еллалц,
Ийманехь даха.
Ницкъ лохьа, дийхир бах
Замано, ца еш шех
Йоьхь 1аьржон тешха.
Юха а йорт еттачу
Замано элира бах,
Ша ойла йина.
-Тешаме куьг кховдош,
Бакъоно не1 тохахь,
Юьтур яц тесна.
Ша лайнарг, я дайнарг,
Д1адийца стаг воцуш,
Къонахий эгна.
Йисарна кхоьру ша,
Т1ом ирча зулам ду,
Жоьпехь стаг воцуш.
Алхьамдулиллах1и!
Къинхетам шорта бу,
Вайн везчу Делан.
Йиш ма яц дуьнен чохь,
Бакъо а эшийна,
Харцо д1алела.
Хьаьдда схьадог1у хи,
Даьржина хиларх а,
Сецначохь хьаьа.
Синош вайн бусалба
Кхолларна, вайн Далла,
Хастам бан лаьа.
18/ 11. 2009
Декийта
(Эпиграф)
Самукъне декийта
Гуьмсехахь иллийн аз
Хьоьгар ю Гуьмсехах
Ериг Кавказ…..
Самукъне декийта Гуьмсехахь иллийн аз,
Урамаш дахкийта дешиха кхолуш.
Йоккхаеш хьоьжур ю, шун ирсах хьоьгур яц,
Даггара шу г1оза дехийла бохуш.
Гуьмсехахь, Шелахь а, Мартан т1ехь, Соьлжехь,
Нохчий чохь бехаш сан махкахой бу.
Сан къомах муьлхарг а, х1ора шен х1усамехь,
Хьешана шун х1отто кийча хир ву.
Амма цхьаъ халоно г1елвина вужуш гахь,
Кийча ю, сих х1отто г1ортор а г1онна.
Мацца а цкъа дахар д1ахаьдда, эрна лахь,
Оьмар а ешар ю, гулйинарг лонах.
2011
Резванова Айза
Т1е эца…
Х1ей, Марта!
Хьо деган г1айре тхан Даймехкан,
Тешаме г1ортор хьо дег1астан,
Беркате х1усам хьайн доьзалан,
Ду хьоьга тхан мерза маршалла,
Т1е эца къовлуш тхо хьайн мара,
Беркате дайбаьхна тхан Марта!
Х1ей,Марта!
Яхь йолу къонахий кхиийна,
Оьздачу дайн, нанойн сий дина,
Ирс декъа хьан х1усмехь вовшашца,
Дог1у тхо барт болуш, марзонца,
Т1е эца къовлуш тхо хьайн мара,
Беркате дайбаьхна тхан Марта!
Х1ей, Марта!
Мисара болатан хьег1 хилла,
Лаьттина кийра хьан бакъонна,
Мерзачу безаман мутт мийла,
Хьайн деган не1 йоьллуш маршонна ,
Т1е эца къовлуш тхо хьайн мара,
Беркате дайбаьхна тхан Марта!
2010
Яздархочунна
Б1аьстено заз санна
Яьстина, ахь ц1ена ойланаш,
Бесс-бесар стом хилла
Яьржина,токхе деш адамаш.
Кхаьллича мутт 1енаш,
Х1ора стом бу мерза, чомехь.
Иштта хьан ойланаш,
Йовхо луш ю, дагна томехь.
2009
Поэзийн махка
Сайн дагца ниет а дина,
Бераллехь яьллера новкъа,
Поэзий, хьан махках ийна!
Хьох хьаьрчаш, ирс хьоьца декъа.
Жималлехь цу некъах тилла,
Кхолламо йигира гена,
Лаамах сатийсам хилла,
Кхебира хьо дагчохь тийна.
Беха некъ дахарехь бина,
Ниет а кхочуш дан лиъна,
Исбаьхьчу хазаллех ийна,
Кхечи со хьан махка сирла.
Седарчех йоьттина б1аьвнаш,
Хи бухлахь забаре лепаш,
Цу маьлхан з1аьнараш лоьцуш,
Юьйцина керташ го къегаш.
Туьйранахь юьйцу ца хезна,
Исбаьхьчу хазалле кхаьчна,
Поэзий, ахь ирсах дуьзна,
Саций дог, дахарехь лезна.
2008
Илланча
(Дагаев Валидана )
Жимчохь дуьйна ас ла доьг1уш,
Хьан аз суна девзаш ду.
Вайн даймехкан иллеш олуш,
Хьан зевне аз хаза ду.
Денна хийцалуш схьахеза,
Къона илланчийн аьзнаш.
Царна юккъехь къона хета,
Ахь олуш долу иллеш.
Вайн даймехкан хазаллийца,
Хьан зевне аз дог1уш ду.
Ахь иллешкахь ма хестора,
Вайн исбаьхьа даймохк бу.
Ломахь озах хьан тарделла,
Дека шийла шовданаш.
Сайн бан беза некъ бицбелла,
Со ю царга ладоьг1уш.
Б1е шерашкахь идарх зама,
Хийца яларх бакъонаш.
Даймохк даим къона хир бу,
Хьан аз цуьнца дехар ду.
1987шо
К1еда, мерза аз
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Тешаме хьан аз.
Т1еман г1овг1а иэшо, ирсах дегнаш тешо,
К1еда, мерза аз.
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Машаре хьан аз.
Йоьхна ойла 1ехо, берийн б1аьргаш дело,
К1еда, мерза аз.
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Сирла ц1ена аз.
Шовданех д1аийна, безам марзо йийца,
К1еда, мерза аз.
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Зевне сирла аз.
Къизалла д1акъасто, сийлахь даймохк хесто,
К1еда, мерза аз.
Цхьа миска ю иза бохучунна
(М.И)
Цхьа миска ю иза,
Пекъар дуьненан.
Ахь бахар дуй теша,
Хетар хьо эла?
Ахь соьга ла дог1а,
Ойла еш дикка,
Цул т1аьхьа хаттарна,
Жоп суна дита.
Яц хьуна со пекъар,
Ю Делан миска,
Собарца 1емина,
Дика - вон дуста,
Яц хьуна со г1ийла,
Са меца дисина,
Дуьненан рицкъанах,
Ца 1ебаш йисина,
Яц хьуна со пекъар,
Ю Делан миска,
Со санна адмашна,
Декхар ца йисина.
Азаллийн кхолламна,
Дог реза хилла,
Ца йоха сайн дагца,
Ниет а дина.
Дуьненан хазаллех
1еха а елла,
Ца лелла дахарехь,
Со некъах тилла,
Юхалург делла са,
Юьхь к1айн лелийна,
Со-м Делан миска ю,
Хьо мичхьара, мила?!
2008
Пондаран аз
(Паскаев Рамзанан 60 шо кхачарца)
Беха некъ дахарехь ас бина,
Бустуьйтуш ойланца соьга.
Пондаран озо схьа мелл гинчу,
Суьртех сан даге жоп доьху.
Пондаран озо са доссадо,
Самукъне жималлийн ирзе,
Б1аьрзениг ойланца воссаво,
Ша ган сатесначу ирсе.
Пондаран дут1къа аз тийсало,
Чов хилла бисна муо ийзош,
Кхолламца дог кхин ца къийсало,
Азаллийн бакъонаш лоьруш.
Уьдучу замано туьйсу го,
Пондаран озе ладоьг1уш,
Хьосту дог, мерзачу безамо,
Д1аяхна хан карла йохуш.
Генара сурт хьалха х1иттадо,
Ойланца яхна хан луьстуш.
Жима а, воккха а, ирсе во,
Пондаро озаца хьоьстуш.
2007
Кехатийн зама
Мацах цкъа дуьйцуш хезнера вайн дайша,
Бакъонаш кехатийн хир ю вайн бохуш.
И зама ю вайгахь тахана хьаша,
Иза а д1аг1ор ю вай вовшен дашахь.
Са а дац ц1ий а дац, кехат вай лара,
Дац иза даздина синойл вайн Дала.
Веш - йишех, гергарчех, волуш сов хиера,
Вай цуьнца ца къаьсташ, самукъне лела.
Цхьанне а ц1е тоьхна, ахча ца лела.
Шайт1а ду, адамаш дохуш дерг хиера,
Тешнабехк бу цуьнца амал д1аиер
Стагна шех тарвалар, дуьненан эла.
Дуьне а лаьттар ду, дахар ду доца,
Да-нана, йиш – ваша, 1ожалло лоцу.
Кехаттам ахча ду, амма дац деха,
Ахчанца гергарло, дуьсуш ду боьха.
2008
Лоьрашна
Цамгаро шена пхьар дина,
Церг туьйссуш къийзадо дилх.
Мерза са лаца сатесна,
Кам1арашца туьйсу зирх.
Лоьраш ду Делан Маликаш,
Цамгаршца т1ом цара бо.
Дарбане молха ду куйгаш,
Б1аргашчохь къинхетам, г1о.
Мотт сецош цамгар т1етаь1ча,
Шен мерза са а къахьло.
Амма дог деттало тешна,
Боккха ницкъ лоьрашкахь го.
Лоьраш, шу Делан Маликаш!
Ойланаш шун ц1ена ю.
Дахарехь ирс, аьтто хьиекъаш,
Сирла некъ хуьлийла шун.
2008
Макажойн куй
(Хирургана,Баиев Хьасанна)
Эшац тхуна доктор мом,
Баиев ву воккха лор,
Дарбане ду цуьнан куьг,
Цундела ву и хирург.
Америкехь,Африкехь,
Вевзаш ву массо меттехь,
Дозалийца нохчийчохь,
Макаж ламан къега бохь,
Къера хир бац баарх дуй,
Хьасан Макажойн бу куй,
Куйца къонах къаьста во,
Къонахчуьнца тайпа го.
Эшац тхуна доктор мом,
Баиев ву нохчийн лор.
2010
Винчу денца
( Резванов Хьасанна )
Тахана 1аламца
Малх ловза баьлла,
Хьо вина де хаздан,
Б1аьсте еана.
Кху дийнах кхаъ хилла,
Самдаьлла латта,
Самукъне шен кузаш,
Даржийна лаьтта.
Басаршца кечделла,
Зезагаш сетта,
Мехкарша къайлаха,
Хьоьга б1аьрг баьтта.
Ялхийтта шеран некъ,
Замано буьсти,
Жималлийн амало,
Хьан б1аьргаш хьаьсти,
Де - буьйса хийцалуш,
Ирс алсам дуьйлуш,
Безаман мерза мутт,
Дахарехь муьйлуш.
Тешаме накъостийн,
Сий-ларам болуш,
Хьо г1оза вехийла,
Дог ловза дуьйлуш.
2006
Х1аъ ву те, и……
(Эльжуркаев Мохьмадан 65 шо
кхачарца)
Х1ан – х1а, и иштта вац,
И вац эш вуьйцург.
Цхьа х1илла цуьнца дац,
Дош ду цо дуьйцург.
К1иллойн ун кхета бац
Меттиг а гонах.
Коьрта т1е йис йилларх,
И ву цхьа къонах.
Х1ан – х1а, и иштта вац,
И вац эш вуьйцург.
Цуьнан дайшна тайна дац,
Стагехь там боцург.
Шен ненан кийрахь и,
Гина ву г1иллакх.
Дилх дац и схьагуш дерг,
Вуьзна, доьналлех.
Х1аъ – ву те, и ву – кха,
Харцо ца лайнарг,
Бакъонна шех накъост
Хилла, г1аьттинарг.
Кийсикаш еш дог шен,
Халкъана даькънарг.
И ву и, Даймехкан
Хьакъ волу къонах.
Даймекан хилийта верас
(Шаид Рашидовн 70 шо кхачарца)
Хьо хилла кхиийна халкъана,
Яхь йолчу оьздачу нанас.
Собаре, г1иллакхах вуьззина,
Даймехкан хилийта верас.
Хьо иэрна ца лелла дуьненчохь,
Дайн весет ахь кхочуш дина.
Т1аьхьенна бакъонан некъат1ехь,
Тешаме т1ай а тиллина.
Лаьмнашца, хьаннашца, некъашца,
Ц1ена дог-ойла ахь екъна.
Илешца, байташца, безамца,
Адамийн бала д1аиэцна.
Поэзийн марзонах ийна,
Массане ахь ирсе вина.
Некъана накъост хьайх хилла,
Дахаре ойла денйина.
Дегнаш чохь даймехкан, халкъан,
Шерашкахь кхиийна безам.
Кхоллам хьан декъал беш тахна,
Д1акховдо хилла сан лаам.
Дахарехь некъ иэрна бина,
Ца кхечи тахане хьуна,
Делера кхаъ совг1ат хилла,
Хьо дукха вехийла тхуна.
2009
Даге
(Абдулаев Лечин к1ант
Кхалхаран хьокъехь)
Дакъаза ма дала, кийрара хьо дог сан,
Х1унда хьо г1елделла, некъ юккъе баланза?
Ойланийн архаш ахь, есале хецна д1а,
Самукъне хилла аз, къарделла хеза схьа.
Г1о-накъосталлина, ма кийча дара хьо,
Г1ийланиг, мисканиг, гергара вара хьан,
Нийят а хьан ц1ена, х1ун бахьна ду дохо,
Хьо х1унда къар дели, иэший хьо, замано?!
Делла ма дала хьо, буо берах тарделла,
Сел миска хьо хилча, мила хир сан эла?
Хьох накъост сайн вина, балхийна къа-бала,
Мила ву тешаме сан сина, кхин хьолл а?
Балано 1овжорах, дахар д1а хедаш дац,
Вон-дика ца херца, заманан бакъо яц,
Дакъаза ма даларг, сан дехар ду хьоьга,
Г1елделла дисарх а, доха ма дохалахь.
2009
Эх1, хьо къонах
(Сайн хьомечу шичана)
Эх1, хьо къонах, толам хьо къийсамехь,
Хьан дахар масалл ду мехала.
Деган не1 йиллина,
Сирла чиркх латийна,
Некъ маьрша битинарг къомана.
Эх1, хьо къонах, тоьшалла заманна,
Хьо ваьхна т1ег1а хир къегина,
Совг1ат ду халкъана,
Г1иллакх ахь х1оттийна,
Син кхача массо а адмана.
Эх1, хьо къонах, хьегам хьо мехкаршна!
Ирсе бу кхоллам хьан езаран.
Безамца йовхо,
Хьан ц1аро кховдор,
Сатийсам кхаьбначу дегнашка.
Эх1, хьо къонах,массо а заманна!
Хьо жоп, тхан дезачу до1ийна.
Азаллера, абаде,
Дуьненан дозалла,
Даймехкан сий дина къонаха.
2010
Мехал а деза…..
(Махчаев Супянна)
Мерза ду муьстаниг
Дог эца накъостий белахь,
Къаьхьа ду мерзаниг,
И шенна къуьйлуш стаг велахь,
Мехал а деза ду
К1еззиг дерг, и наха ларахь,
Амма дац данне а,
Дегнашна луш йовхо яцахь.
Серло ю бодашкахь,
Ойланаш самукъне елахь,
Цхьа 1аьржа т1еда бу
Дуьне а, дог балехь делахь.
Дуьненахь делла ду,
И адам, са чохь и хиларх,
Наха шайн диканехь,
Вонехь а, ц1е лелош дацахь.
2010
Ахь дог1а ма детта
А-Хь
Ахь дог1а ма детта хьайн дагна,
Ма кхера елларна не1,
Чиркх боцчу х1усамех дог хьегна
Яций сом, г1аддайна йо1.
Я малхо шен серло кхоайой,
Ца къовлу, суьйренца ков,
Шеконех бух боцу г1ала яй,
Ма хьеде бехк боцу дов.
Барамал сов хеттехь сан лерам,
Бехк суна ма билла ахь,
Вошалла, г1иллакхе хьан хьехам,
Бу суна дуьненан мах.
Бодашка хьан дог ца къовлийта,
Тешавеш ца баарх дуй,
Реза ю сайн дахар дагадеш,
Хьан кхерчахь багийта суй.
Яц хьуна безамна со йогуш,
Ца байна дуьненах чам,
Ца лало, адамийн дог лозуш,
Вайн дахар доллушехь г1ан.
Г1иллакх
(Э.Минкаиловна)
Къонахчо юхкуш, я оьцуш яц стогалла,
Я воцчух къонах веш молха а дац.
Вайн дайша литтина г1иллакхаш дарбанна,
Лелочух , к1иллойн ун кхета йиш яц.
Б1ешерийн цецех чекхдаьхна и г1иллакхаш,
Бакъонан олалла шаьш лелош ду.
Муьлххачу къийвсамехь толам шаьш баьккхинарш,
И дарба шайн кийрахь карийнарш бу.
Лаккхарчу даржашкахь ма леха стогалла,
Я г1ийлачуьнгара, ма къийзае.
Яхь йолчуьнгахь хуьлу, и къаго говзалла,
Йоцчуьнга, цуьнан мукъ ма кхийдабе.
Карзахе къоналла, доьналлийн зама,
Къаьстича, мехалчу дахарах д1а?
Сих хьаьрчаш, амалах д1аийна лелла,
Г1иллакхо х1иттайо, г1ортораш схьа.
2010
Бераллех дагадовлар.
Массо х1умнах кхета йоьлчи
Вай бераллех къаьсташ го.
Цуьнца ийна саца лиъчи
Замано хан чехайо.
Вайн ловзар а,вайн делар а
Хир ду моьттур даиман
Ткъа бераллех 1еха дела
Яьхьнарг хилла к1еззиг хан.
Вайн бералла вовшах х1уттуш
Теснарг хилла дуткъа тай.
Дахарехь ирс лаха олуш
Вайна дилли,дехха т1ай.
Вайн бераллех дага довла
Тахна схьагулделла вай.
Вай ирсе гуш сакъералуш
Хьоьжуш го вайн хьехархой.
Нанас бина доьзал санна
Цхьана доьшуш яьхна хан
Сан дахаран,седа хилла
Суна лепа даиман.
1986
Резванова Айза
Хьехархошна
Шу г1елделла хир ду ч1ог1а,
Зама яхна гена д1а.
Шайн дикаллийн доцуш доза,
Аш къахьийги 1амош тхо.
Тхан дай-наний хиларх мерза,
Школа дара шолг1а ц1а.
Г1иллакх,г1уллакх, хьоьхуш оьзда,
Хьехархой шу дара тхан.
Дуьне довза, дахар деза,
Серла йохуш ойланаш.
Аш кхолламна ди тхо реза,
Ирсе некъа х1иттадеш.
Тхо-м лелара сакъералуш,
Боцуш кхетам шу лардан.
Ткъа тахана баркаллийца,
Лаьа къовла шу мара.
Шолг1а наной, дай а хилла,
Лаьттина тхан хьехархой.
Ас баркалла боху шуна,
Ирсе дарна, дахар тхайн.
2010
Резванова Айза
Хьехархо
Хьекъале ю хьехархо,
Цунна девза дика, вон.
Ийман шеца хиларна,
Цо и доькъу берашца.
Деша бераш,- боху цо:
Шуьца ма ю тхан йовхо.
1илма шуна довзаро,
Тосур ду шун гергарло.
Герга валош генара,
Хьекъал доькъуш вовшенца,
Бертахь даха 1амадо,
Деша говза хиларо.
Т1аккха хьоьху, тхуна цо:
-Г1иллакх коьрта бахам бу,
Лоруш хилахь нана, да,
Дала ша шу лорур ду.
Берашца аш дов ма де,
Царна чехош вас ма йе.
Сиха йолу зама д1а,
Кхуьу бераш марзонца.
-Бертахь хила, - боху цо:
Беркате хир бу, шун го.
Сакъералуш вовшашца,
Ирсе некъаш довзарца.
Иштта ю тхан хьехархо,
Тхан амалаш тодархо.
Ирсан доза гайтархо,
Тхан сий лакха айдархо.
Тхо ду цуьнан дешархой,
Ирсе даха 1амархой.
Баркаллийца, декхар тхайн,
Кхочуш дан т1елацархой.
2010
Бераллин х1усаме
Даггара маршалла ду хьоьга,
Тхан мерза доттаг1а, Бералла!
Тахана ойланца дуьссу тхо,
Сирлачу хьан х1усме хьошалг1а.
Сатуйссуш хьан зевне аз хаза,
Б1аьргашца хьан суьрташ луьстуш.
Вовшашка хьоьжу тхо безамца,
Самукъне хан карлаюьйлуш.
Гилхана ирзешкахь ловзарга,
Х1итти тхо к1еззигчу ханна.
Цергех хи туьйссуш цу марзонга,
Г1ерта дог юха а денна.
Дехар ду тхан хьоьга,х1ай зама!
Ца дуьтуш тхан дахкар эрна.
Хьасталахь, 1ехаеш къаналла,
Ахь х1етахь, бералла санна.
2008
Резванова Айза
Заманан аьхкаш
Ас бехке х1унда йо, гуьйре,
Цкъа хадарх дуткъделла тай.
Малх къагарх, шен рог1ехь дуьне,
1аьно а лоцу, ша бой.
Ткъа баьсте, 1аламан эла,
Къоналлин самукъне той.
Къаналла юьтуш шех хьега,
Цо узу шен коре бой.
Бераллин нана ю аьхке,
Массо а са дузадой.
Йовхо цо кхийдорах лаьтте,
И лоллу мохо, дов дой.
1а, баьсте, аьхке я гуьйре,
Аьхкаш ю заманан тай т1ехь,
Де, буьйса, 1уьйре, я суьйре,
Дакъош ду, дахаран т1ай т1ехь.
2010
Гуьйренан раг1
Шен амале 1алам дерзош,
Гуьйрено раг1 ийци схьа,
Мохо ийзош диттех къаьстош,
Г1аш аренга кхоьхьу д1а.
Цкъа малх къега, кхийдош з1аьнарш,
Гуьйрене шен саламца,
Т1аккха йоьлху, мокха мархаш,
Латта лийчош дог1анца.
Генна стиглахь, нисдеш мог1наш,
Г1ийла аьзнаш хазош схьа,
Г1арг1улеш ю, дог цадог1уш,
Кхечу махка йоьлхуш д1а.
1аламо т1еоьцу лоруш,
Х1ора хан а замана,
Цуьнан йиш яц, 1а баьстенца,
Хийца вайна томана.
2005
Х1ун дара те….?
( Йишина, Раисина.)
Х1ун дара те, мохь тоьхча дуьнене,
Кхайкха беш сайн бала д1а.
Кхоьру – кха аларна кхолламо,
Ма осала лела - кха хьо.
Х1ун дара те, ас б1аьрхиш 1анийча.
Д1ахьулдеш сайн мерза са.
Дерриг а гуш йолчу замано,
Кхоьру бехк баккхарна со.
Х1ун дара те, де-буьйса ца лоруш,
Адмашка ас дехчи г1о.
Кхоьру - кха, сов холча х1иттийна,
Ас цера хьарчорна къа.
Х1ун дара те, ламаз деш,до1ийца,
Суждане яхача со.
Дуьненан,эхартан да волу,
Делера хирдар-кха г1о.
4. 9 / 2009
Вуочу цамгарна
Хьичча, маржа, хьо цамгар,
Дилхах къасто ххьоккхуш д1а.
Маржа я1, деган лазам,
Ох1ла яц – кха дарба дан.
Кхоиэ хир - кха, цхьа де, цкъа,
Дуьхьал д1авш а карийна,
Зирх ца буьтуш доь хьан дайа,
Массо сих а ч1ир иэца.
Шух кхетар, шун дезар
Зама д1аюстучу дуьненах со кхета,
Де - буьйса луьстучу заманах со кхета,
Адамаш сов къиза, х1унда ду, цакхета!?
Х1етте а адамаш, сан дагна шу деза,
Шух кхетар, шун дезар, адмалла а хета.
Вон - дика хоьрцучу дахарах со кхета,
Бакъонаш лоьручу кхолламах со кхета,
Адмаша тешнабехк х1унда бо, ца кхета!?
Х1етте а адамаш, дог ч1ог1а шух теша,
Шух кхетар, шу дезар, адмалла а хета.
Де серла доккхучу малхах а со кхета,
Буьйсанах, беттасих, седарчех со кхета,
Мерзаниг къахь дечу адамех, цакхета,
Х1етте а адамаш, сина- марзо шу хета,
Шух кхетар, шу дезар адмалла а хета.
Шен бала базбелла воьлхучух со кхета,
Лаамах кхаъ хилла воьлучух со кхета,
Дог дуьзна боцучу, безамах ца кхета,
Адамаш, дахаре сайн безам шу хета,
Шух кхетар, шу дезар, адмалла а хета.
2010
Резванова Айза
Зударий, шу декъал дойла
Б1аьстено жил-1алам санна,
Денъеш шун дахаре ойла.
Делера кхаъ совг1ат хилла,
Зударий, шу декъал дойла!
Бошмашкахь доьллу заз санна,
Ойланаш шун йохуш серла.
Доьзалаш беркате кхиъна,
Зударий, шу декъал дойла.
Мутт дуьлу мерза стом санна,
Безаман марзонах ийна.
Ирсаца бала иэшийна,
Зударий, шу декъал дойла.
Даймехкан г1иллакхаш лоьруш,
Доьналлехь даха ницкъ лойла.
Дуьнено сий дан хьакъ долу,
Зударий, шу декъал дойла!
2009
1аламна геч дина
Б1аьстенан 1аламна геч дина
Ц1ен зезаг санна,
Са маьлха долу сан хьо гича
Сан хьоме нана.
Кийрахь дог тохалой ойлано,
Са дуьгу лома,
Шовданех д1аиэлой зевне аз,
Эшаршка долу.
Малхо шен йовхо луш аренгахь,
Зезагаш досту.
З1аьнарийн куьг хьокхуш массо а
Са маьрша доккху.
Нанас шен безамца кхерчашкахь
Доьзалаш хьоьсту.
Мерза са ца кхоош дахарна,
Ирсе некъ босту.
Беркате йо1
Ахь х1унда гатдо са ,
Паччахьа нана,
Совг1ат делла хьуна,
Везачу Дала.
Билгал веш мух1арца,
К1ант хьуна велла,
Ц1ена некъ маршонна,
Ша цуьнга белла.
Ларамза вас ярна,
Кхоьруш ша дашца.
Мотт буьйцу сов к1еда,
Цо вайн адмашца.
Хьесталуш вац иза,
Шен халкъ цо хьоьсту.
Х1оранна дагчуьра,
Ша дашца босту.
- «Беркате йо1 хилла,
Паччахьан нана.
Совг1ат ду махкана
К1ант цо кхиийна»
Бохуш до дозалла,
Хьан к1антах наха.
Даггара баркалла,
Хьо нанна олу.
Г1айг1ане ма хила,
Паччахьан нана,
Я хасто яздина ,
Ма мотта хьуна.
Хьо яра махко а,
Хаьржина эла,
Амма хьо Дала а
Хилла къастийна.
Оьзда нана
(Рашидова Малканна)
Ехийла хьо оьзда нана,
Х1усамна йовхо луш денна.
Дог делош ирсе нур Дала,
Дохийла хьан х1усамехь серла.
Хьан ц1ена ойланех терра,
Дебийла дахарехь беркат.
Баланаш эшийна, тоьлла,
Лаьттийла могшалла дег1ехь.
Х1иллане доцу хьан г1иллакх,
Доьрзийла х1оранна кийра.
Ийманехь, цхьа барт а хилла,
Нохчийчохь ирсе некъ билла..
2011
Нана, сатийсинарг
Муха ду хьан яхар, хьо хьанна къежа?
Кариний те хьуна ирс къега лам?
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м, телхина, дахаран чам.
Кхиина йохучу йоь1ан некъ боьхна,
Дог хьаста вац цхьа а, я хьехар дан.
И лаьтта хьан суьрта т1е б1аьргаш доьг1на,
Яц нана, хьеган бен, езарх а ган.
1уьйранна цаг1оттуш висина ваша,
Цамгаро 1аьвдина шен мерза са.
Жима куьг дог лозуш, хьекхарх т1е йишас,
Цо ненан йовхоне туьйсура са.
Къинхетам са баьлла кийрахь дог доьлхуш,
Къона да х1оьттира к1антана т1е.
- «Х1ун лозу, мичхьара?», Хаьттарш деш, хьоьстуш,
Цо сихха лоьраш а бийхира схьа.
Амма к1ант 1уьллура, ша г1ийла хьоьжуш,
Т1аьхьарра баьтташ шайн не1аре б1аьрг.
Меллаша цо ойла къадийра, доьхуш,
- « Нана, сатийсинарг, кхачахьа схьа ».
Мичхьа ду хьан лелар, хьо муха еха?
Кариний те хьуна ирс къега лам?
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м, телхина дахаран чам.
2010
Маршалла ас хотту хьоьга
(Тхайн нанна, Нуриштана)
1уьйренца дашо малх къега,
Зезагаш т1ехь лепа тхи,
Маршалла ас хоту хьоьга,
Сан нана, йохуш хьан ц1е.
Совг1ат ду сайн кхоллам суна,
Реза ю дахарна со,
Собаре, дешийн лам санна,
Дог хьаста хиларна, хьо.
Ирс а дац карош т1е иэца,
Цатоарх дахарехь и,
Самукъа, сан марзо хьоьца,
Цул доккха ирс дуй те кхин?!
Хьан дагчохь ехийла б1аьсте,
Ца дог1уш кхоьлина де,
Ирс бухах дуьйлучу хьосте,
Юьгийла дахаро хьо.
2009
Ца евза нана
(Умкина)
Суна-м хьо ца гина, лаарх ган нана,
Амал а ца евза, муха ю и?
Х1етте а б1аьргаша, яздо хьан амат,
Цул хаза дуьненчохь х1ума дац кхин.
Хьан аз а ца хезна, сатийсарх хийла,
Саде1ар сацийна ладег1арх тийна,
Зов деъча сан лере, хьан озах ийна,
Цул мерза дацар-кха, х1ума сан сина.
Ца карий хьан куьйгийн ховхалла суна,
Хьо лоьхуш кхин наной къийларах мара,
Г1енаха хьо еъча, сатийсам хилла,
Ма бовха кхаъ бар-кха, сан дагчохь 1илла.
Дахарехь со хьегна, ца евза нана,
Дог хьаста, хьехар дан ас ехнарг хийла.
Ма ч1ог1а оьшу хьо, декъазчу сина,
Йолахьа йовхо луш, Малх кхеттачу денна.
2010
Юттийла ахь ирсе г1ала
(Керимова Сацитина)
Ладог1а ахь соьга сан хьоме Майса,
Сан дагца схьаийна хьо жимчохь дуьйна.
Самукъне хьо хилча дог доьлуш хьоьца.
Ткъа г1айг1ане яйча лууш дог эца.
Сайн дагчохь гулъелла безаман марзо,
Лаьаркха тахана хьоьга д1акховдо.
Хьан х1усмехь йостийла лаьаркха Дала
Ирс бухах дуьйлу хьост, цалекъаш цкъа а.
Лаьтта т1ехь хиш санна даьржийла шорта,
Беркате рицкъа хьан оьздачу керта .
Ца бог1уш х1усаме дог 1овжош бала,
Дахарехь юттийла, ахь ирсе г1ала.
2006
Нана резаяй
Хьайн нана резаяй валалахь хьо новкъа
И хьастий даккхалахь, цуьнан дог ахь ловза,
Делера пурбанца кхаъ бахьаш шаьш бовха.
Стиглара маликаш дуьссур ду хьо вовза.
Боккхачу ларамца ненан ц1е яккхалахь,
Хьайн лаам иеша бай, цуьнан дош ларделахь.
Даьллехь а цунах дерг г1алат ма ларалахь,
Вай Далла хьалхахь хьо, йоьхь к1айн хир ву хьуна.
Мерзачу безамца хьан б1аьргаш хьистинарг,
Хьоьгарчу лазаро кийрахь дог цистинарг.
Хьуна чу са дуьллуш шена юкъ йихкинарг,
Хьан нана ю хьуна, собаре хилалахь.
Шен нана хьистинарг дахарехь хьестинарг,
Шен нана елхийнарг дахарехь иешийнарг .
Шен ненан сий динарг, сийлалле х1оттийнарг,
Вайн Дела ву хьуна, тидам беш хилалахь.
2008
Ненан лаам.
Малх схьакхеташ,и чу бузуш,
Хенаш хуьйцу замано.
Ворх1 дуьненна го туьссийтуш,
Ойла йойту балано.
Собаре дог кийрахь сецош,
Шашах б1аьргех уьду хиш.
Аьро аг1он т1е куьг хьоькхуш,
Сингаттам бу,ненан гуш.
Цуьрриг шеко дагт1ехь йоцуш,
Буса, дийнахь, йоьллуш не1.
Нанас к1антах дог ца дуьллуш,
Массо хенахь лар бо кхаъ.
Х1унда бу сан кхоллам къиза,
Бохуш, тийжаш нана яц.
Къайлах хастам беш цо хеза,
Делер доцуш х1умма дац.
2008
Резванова Айза
Лулахошна
(Гакаева Лайла лоруш)
Иралло кийрахь дог эт1ош,
Мохь – ц1ог1а нуьцкъала дийларх,
Генара вац хьоьха кхеташ,
Лулахой барт боцуш хилахь,
Бала сих летар бу, денна.
Даима герга ву сина,
Бераллийн марзонах ийна,
Жималлийн къайленаш зийна.
Тешамах дог дуьзна 1ийна,
Лулахо, дог ц1ена хилларг.
Дагахь дерг вовшех ма къийла,
Хиллехь вас къинт1ера довла,
Ирс лоьхуш мел гена вийларх,
Лулахойн марзонал мерза
Кхача бац, цхьана а сина.
2010
Маликина
Са ма гатде ахь Малика,
Хьо х1инцца некъ болош ю.
Хьан дахаран х1орд бу боккха,
Ирсе тулг1еш дукха ю.
Цхьа ша тайпа лаьтташ г1айре,
Къегина цу юккъехь го.
Хьан кхолламан ю и къайле,
Цу т1е кхочуш лаьтта хьо.
Хьан жималлийн хаза зама,
Делан совг1ат ларалахь.
Хазалла хьо яхна 1ана,
Ирсах шек ма ялалахь.
Яхь, доьналла, ц1ена ойла,
Ахь хьайн кийрахь кхабалахь.
И ду хьуна х1ордан кема,
И т1ам д1амахецалахь.
Сирла безаман мутт муьйлуш,
Дог хьан ирсах дузийла.
Дахаран некъ серла буьйлуш,
Хьо марзонца ехийла.
Безамах
Безамах ца тешаш дуьненчохь ваьхнарг,
Лелла – кха са лелош, веллашшехь ша.
Алахьа
Алахьа х1ай сан дог,
Хьо х1унда деттало.
Хьалхачул сихделла,
Самукъне кхиссало.
Б1аьстенан 1аламо,
Хьо карзах доху те.
Я бовха кхаъ кхийдош,
Синхаъмо хьоьсту те.
Безамо тешадеш,
Нур серла доху те,
1аламо мутт мийлош,
Дахийна лела те.
Малхо шен серлонца,
Б1аьстенан де хьоьстуш.
Я ойла кхийда те,
Жималле хьо 1ехош.
Алахьа х1ай сан дог,
Хьо х1унда деттало.
Хьалхачул сихделла,
Хьо х1унда кхийсало.
2008
Безамах доьзна ирс
Беха некъ бу, дахарехь ас бинарг,
Йисте кхочуш лаьтта х1инца со.
Мерза безам, сан дахарехь хилларг,
Генна т1аьхьа сецна суна го.
Дега безам, юха хьаьжчи гушшехь,
Со жималло чехайора д1а.
- Д1а ма хьежа, бохуш,- и хьо эшахь,
Кхочур ву хьо лоьхуш т1аьххье схьа.
Къегий йоьлуш, дог сан дохуш кура,
Хьоьстуш дахар, хаздеш суна сайн.
Ткъа куралло, мотт сан сецабора,
Суна хьалха дуьллуш дашо т1ай.
Дахаран некъ, кхечи х1инца йисте,
Хих со ели, лоьхуш ирсе т1ай.
Ткъа ирс хилла, сан безамах доьзна.
Цунах суна диснарг, дуткъа тай.
2008
Т1улг т1улгах, кхета а мега
Коьртера сан кхетам д1аэцна,
Хьо кхечу дуьненчу ваха.
Хьаьрчина, сан дог а д1алаьцна,
Хилла хьайх, безаман 1еха.
Ойланаш, тулг1ешца идарх д1а,
Хьиекхалуш хьан деган бердех.
Къинхетам мичхьара хир бу хьан,
Т1улга ю, хьан деган г1айре.
Ас дог хьан безамах ца дилла,
Д1алур ду сайн мерза са а.
Д1ах1отта, безаман т1улг хилла,
Т1уллг т1улгах кхета а мега.
2009
Лелла-кха са лелош…..
Рицкъа цахиларх а, вайн цхьана даха,
Ницкъ бац - кха, дагчуьра д1авайа хьо.
Реза ю дахарехь сатуьйсуш яха,
Сан безам, хилчхьана хьо суна ган.
1ожалло, ц1еххьана мерза са лацахь,
Цунах а ларбийр бу, ас безам сайн,
Сан кошт1ехь б1аьстено ц1ен зезаг деллахь,
Хаалахь, сан безам баланза буй.
Кхолламах д1аийна, сан дог ца даьгна,
Довза ирс хиларна йоккхае со.
Дуьненан сатийсам, ас дагчохь кхаьбна,
Эхартахь ас сайна воьхур ву хьо.
Хьо тешаш хилалахь сан дагна везнарг,
Ас хьанал дина хьан безамна са.
Безамах ца тешаш, дуьненчохь ваьхнарг,
Лелла-кха, са лелош, веллашшехь ша.
2009
Ойла 1ехош
(Резванова 1айшатна)
Дерриг дуьне серла доккхуш,
Малхо шен нур даржа до.
Сан дог кийрахь ловза дохуш,
Гучу йолу 1айшат хьо.
Маьлхан з1аьнарш санна къега,
Мохо ловзуо месаш хьан.
Стигал санна сирла б1аьргаш,
Доьлу, ойла 1ехош сан.
Бешахь кхиъна хаза зезаг,
Хьоьстуш гонах хьийза мох.
Цуьнан кхолламах дог хьоьгуш,
Сан б1аьргийн нур хьаьрча хьох.
Дуьне талла йоьду ойла,
Марзо лоьхуш дахаран.
Дахар дац-кха цхьа а хьесап,
Хьоьха ваккхахь кхолламо.
2005
Азина
Х1иллане мела мох, шок лекха баьлчи,
Ду моьттуш баьстенан самукъне аз.
Малх кхетта, 1аьнан цхьа де серла даьлчи,
Жимачу марг1ало, хийцира заз.
Г1ура т1елетарх а, шан м1араш къийзош,
И хазлуш къегира, цец доккхуш 1а.
Даш санна, дазделла, ло т1ет1а хьийзош,
Цо къиза, хьулйира, и хазна д1а.
Замана гуш яра, ойла цо йина,
Г1о дан йиш йоцуш ша, хетарна г1ийла.
Мохь тоьхна йилхира, и цуьнан къина.
Г1а-бецо оьцийла-кха бохуш:-хьан ч1ир.
Еъна схьакхечира, и къуона б1аьсте,
Лайн чимаш делхадеш, 1иенийра хиш.
Жовх1арех лепачу шовданийн коьртехь,
Марг1ална хазийра безаман йиш.
2008
Сох кхета дерг
Хаза зезаг, эрна арахь кхиъна,
Наггахь мархаш дуттуш дог1ан хи.
Малх бохбелчи, лаьтте охьа таь1на,
Мохо сеттош лесташ лаьтта и.
Иштта безам бу сан дагчохь кхиъна,
И зезаг ду цунах кхета дерг.
Ц1ена безам, шовда сана хьеъна.
Вац сох кхеташ дагна везаш верг.
Йоьду со и хаза зезаг хьаста,
Цуьнга дуьйцу ас сайн дагахь дерг.
Рицкъа доцуш йиш яц кхоллам хила,
Цхьаъ хир ву-кха, сох а кхета верг.
2008
Кхолламан а ю къайле
Б1аьргаш а стенна къегина?
Йоьхуш со хьан дагчу д1а,
Деган не1 ю хьан къевлина,
Дог1а а дац яста схьа.
Дог кхийсало, х1унда карзахе?
Серла даларх 1аьнан де,
Малх къагарх а йовхо цо цало,
Ткъа дагна безамо бен.
Когаш 1уьйра дуьхьал идарх а,
Кхачалац – кха б1аьстене,
Шен зама ю массо х1уманна,
Кхолламан а ю къайле.
2008
Д1абайна безам
Хьан дешнаш б1аьргаш чохь дац сан ц1е летош,
Я безам бац кийрахь дагадеш дог.
Эрна ду ахь дуьйцург, хьалхалер хеташ,
Хьиежарца дехар а, безамах жоп.
И хилла жималла, самукъне зама,
Хазачу дешнех а 1ехало хан.
Дахарехь лела а, хала дац 1ама,
Хала ду, вовшеха цатешаш 1ен.
Кхолламан къайленех кхуьур вац атта,
Дерриг а цанисло, хуьлуш шех там.
Къаьхьалла ма йита, ахь дагчохь латта,
Мерзачу безаман талхабеш чам.
Хазачу 1аламца ойланаш йоькъуш,
Собарца туьттура баланаш д1а,
Даггарчу безамца, г1иллакхаш лоьруш,
Дог дуьзна яра со, безамо хьан.
Ахь боху, безамо дог дагош лела,
И даго ц1е йиснехь, хета хьан ирс,
Т1аьххьара суй байна, ойла шелъелла,
Коьрта т1е йиллина замано йис!
2008
Гуьйренан заза
Бошмашкахь гуьйренца
Даьккхина цхьалха заза санна.
Самбели хьо безам
Сан г1ийла ойла иэшийна.
Дахаро хьаьшна дог
Кхоьру со даккхарна самса.
Сан кийрахь кхиъначу
Безамах дерг аьлча айса.
2008
Олхазарийн майданахь
Сийначу байт1ехь зезаг сетта,
Мохо хьоьстуш качделла.
Шовдан йистехь хазйо1 лаьтта,
К1ентан дашах там хилла.
Йоь1ан дагах тулг1еш етташ,
Керча мерза ойланаш.
К1ентан кийрахь дог кхийсалуш,
Бохь бухуш ду, безамна.
Маржа я1 - кха йиш елар - кха,
Хелхар дан шун ловзаргахь.
Амма ойла ю т1ам хьийзош,
Олхазарийн майданахь.
2009
Везачуьнга
Суна-м хаац , сел сов реза хилла ,
Дог хьо волчу х1унда г1ерта сан.
Ойланаш а керчаш тулг1еш санна,
Хьан аматах хьерчаш уьду д1а.
Къайлаха сайн кхолламе хьо воьхуш,
Дагчохь безам хьулбан г1ертарх со.
Хьо схьагича, б1аьргашчухул къегаш,
Безаман нур хьуна делало.
Когийн п1елгаш чуьра дуьйна зийзош,
Хьан безамо сан са ийзадо.
Доьху хьоьга: б1аьргашца цкъа хьастий,
Сайн дахарехь, ирсе ехьа со.
2009
Безаман мохь
Х1ун ду те, хьан озе даго сатийсар,
Хьо гича пхенашчохь ц1ий ловза дийлар.
Сан б1аьргийн нур къолам сел говза хилар
Хьан суьрташ дахкарца, и серла бийлар,
Х1ун ду те, син марзо, хьан ц1арах хьерчар.
Хьан амат б1аьгаша бодашкахь къаьстор,
Самаха, г1енаха, хьо ган сатийсар,
Я, ца гуш хан яьлча, са, дагна тийжар.
Хьарчийна хилла те, безаман ас къа,
Ас хьоьга санна сатийсинарг, со ган,
Вуьтуш са даимна, марзонах хьега,
Дог дага дитина, къизаллийн ц1ергахь.
Иштта и хиллехь а, меттиг бу 1аба,
Жималлийн ницкъ бара юха а къага.
Шераш т1е шо дуьллуш д1аэхарх зама,
Ца туьгу безаман суй баьгна бала.
Юха а, хьо гаро, ц1е марса йоху,
Юха а, суй сийсаш, са карзах доху,
Безаман мохь дагна базбелла боху,
Х1ун ду те, замано сан дагца окхург?
2010
Тешам
Цхьа зезаг лаьттара буьйсанан бодашкахь,
Ша цхьаъ и лаьттара тийначу арахь.
Цхьанна а дацара и те1аш когашка,
Я цхьалла бехке еш хебаш ца гора.
Цо техкаш буьйсане цхьа шабарш дора,
Буьйса ша оьхура зезагна гора.
Седарчий беттан са, цо цунна лора,
Ткъа зезаг совг1атех 1еха цалора.
Эх1 – х1ар а боданехь юкъъелла буьрса,
Ели и тийсалуш, зезагца къийса.
Зезаго ца къарлуш малхе са туьйсу,
Теша шен сатосуш хиндолчу ирсах.
Боданах шен дашо тарраш чекх дохуш,
Г1аьтти малх серлонца и зезаг лоруш.
Безамца тешаме дог кийрахь догуш,
1ийначу зезаган г1ад ирсах кхолуш.
Безаман дуй
Шовдана йистехь со лаьттара,
Йоккхаеш безамах сайн.
Ц1еххьана ахь соьга хаьттира,
Вуй теша хьан дагчохь кхин?
Йиш йоьхна со хьоьга хьаьжира,
Къегира б1аьргаш, ши суй,
Ойлане хьан дог а даьккхира,
Безамо биъча шен дуй.
Ягийча санна со ц1ийелла,
Йирзира малх балехьа.
Малхо шен нур-сирла къагийна,
Набарха яьккхира со.
2009
Бехк боцу ч1ир
Сан безам! Ма къийса ахь соьца,
К1еззиг бен ца йисна хан.
Лаарх а марзо иэца хьоьха,
Ца хили барт хьоьца сан.
Сан кийрахь дог х1инца деттало,
Халла д1аийзош хьан кир.
Яханчу хенах ахь кхийдайо,
Юха а бехк боцу ч1ир.
Безаман ц1е яьгна д1аяйна,
Сийсаш бу цхьа жима суй.
Йовхо а лур йоцуш дахарна,
Схьалаьцча багабеш буй.
Дайначу ирсан лар карийна,
Йоху со, ког боккхуш ба-й.
Цу некъах некъ хуттуш д1аяха,
Йитахьа со х1инца сайн.
2009
* * *
Б1аьстено бецан хелг санна,
Денъеш сан дахаре ойла.
Безаман мут мийлош денна,
Хьо дог сан 1ехийна ваьлла.
Цу малхо мархех чекхйоху,
Нур дашо шен з1аьнараш санна.
Б1аьргийн нур дагах чекхдохуш,
Иэший ахь сан кура ойла.
Со лаьтта хин б1аьра хьоьжуш,
Б1аьргашца хьан амат лоьцуш.
Хин тулг1еш со шайх а хьегош,
Д1аоьху, вовшеха хьаьрчаш.
2009
* * *
Сан б1аьрхиш мийлинарг
Набарна ас ши б1аьрг къовллушехь,
Кхечи хьо г1енаха схьа.
Мерза наб сан сина марзлуччохь,
Бехк баккха х1оьттира хьо.
Ахь боху,- хьайн б1аьсте тарйина,
Кхоьлинчу гуьйренах ас.
Хьайн деган аренаш ясйина,
Д1ахьекхна зезагийн кес.
Ца совцу боху ахь дог1анаш,
Заз доьжна, г1елъелла беш.
Эгна ю ойланийн оханаш,
Мох а бац къинхетам беш.
Дукха ду боху ахь зезагаш,
Хьайн деган ц1ий муьйлург цхьаъ.
Со лела боху ахь хьегавеш,
Ца кховдош безама кхаъ.
Хьан безам, сан б1аьрхиш мийлинарг,
Ас дагчохь хьистинарг сайн.
Сан ирсан орамаш цистинарг,
Шалдинарг сан кхехка ц1ий.
Ма леха сан г1енаш кегадеш,
Замано д1аяьхьна хан.
Къоналла ю дегнаш 1ехадеш,
Д1адайнарг кхин йиш яц ган.
2009
Дагчохь кхиина безам
Ма хьежа соьга схьа, хьайн б1аьргаш делош,
Ма г1ерта сан деган къайленаш ган.
Ламанех бухдуьйлу шовданаш мийлош,
Сайн дагчохь кхиийна безам бу сан.
Ойланех сан хьерчаш дог ловза дохуш,
Сан б1аьргаш седарчех цо къагадо.
Безаман мут даго пхенаш чу уьйзуш,
Дахаран марзонах со 1аба йо.
Балано 1овжийна дог худаделча,
Шен ховха 1аьнарца дог досту цо.
Къизачу кхолламо г1елйина яйча,
Дог хьостий керла ницкъ цо суна ло.
Ма хьежа соьга схьа,хьайн б1аьргаш делош,
Ма г1ерта сан деган къайленаш ган.
Ламанех бух дуьйлу шовданаш мийлош,
Кхиинчу безамах къаьстар яц, со.
2008
Хьо х1унда ца кхета сох
Чуртана боьг1на т1улг санна,
Лаьтта со ойла еш хьан.
Ахь безам д1атиттар гена,
Х1ун ду техь, ца дуг1уш ла.
Безамо жималле йигна,
Лела со лууш хьо ган.
Кураллийн ч1аг1онаш эгна,
Дог эшош когашк1ел хьан.
Шайт1анна мох хилла хьийзаш,
Сан дагчохь безам бу хьан.
Дитт т1ера г1аш санна ийзош,
Идош сан ойланаш д1а.
Геннара вог1уш хьо вайча,
Сан б1аьргийн нур хьерча хьох.
Сел дагна хьо везаш хилча,
Хьо х1унда ца кхета сох?
2008
* * *
Генара схьахезча хьан аз,
Безаман марзо чу узий.
Сан дагчохь дастало к1айн заз,
Баьстенан йовхонах дузий,
Хьан хазчу дешнех ас ютту,
Сайн дагчохь безаман г1ала,
Сатийсам лаамца бусту,
Хуьттуш некъ хьуна т1е кхача.
* * *
2009
Безаман амал
(Б.А)
Хьох бина сайн синан хьегам,
Хилла хьан безаман лай.
Леллера со жимчохь дуьйна,
Хьо гар а, ирс хеташ сайн.
Сан дог а шех кхача хилла,
Лаьттина безамна хьан.
Дити ахь сатуьйсуш 1илла,
Байина дуьненах чам.
Шерашкахь къийлина ойла,
Сатийсам, и мерза хан.
Ца туьгуш, 1одика - гойла,
Д1аели, шех хилла, г1ан.
И ю-кха безаман амал,
Йовр йоцчу марзонан кхел.
Ца бустуш сан синан барам,
Дог къуьйлу цо хьийзош гел.
2008
Сан са деъна
Сан са деъна, хьан сих кхета,
Дуьненчуьра эхарта.
Хьан хьиежар ду сан сих леташ,
Стенна бехке со хета?
Лелла те хьо ирсах хьоьгуш?
Ца гуш хьесап дахаран.
Ваьхна хилла те дог догуш?
Кхоллам боцчу безамна.
Йиний те ткъа ахь сан ойла?
Яьхначу хьан аматца.
Сатийсамца лууш гойла,
Кхин дан доцуш амал цхьа.
Хьо – м д1аваха тохара санна,
Юьтуш со сайн ойланца.
Ткъа хьан хьежар дисна суна,
Яллалц дагахь балламца.
Захало
(Эпиграф)
Б1аьргаш дац сан хьуна къегаш,
Ницкъ ма бе хьайн дагна ахь.
Забаре къамелаш, бегаш,
Лелаш ду вайна юккъехь.
Къинхетаме сан дог хиларх,
Со тешарх а хьан дешнех.
Хаза дуьйцуш дог 1ехорах,
Тешам бац цу хьан б1аьргех.
Хезна юьйцуш гуьржийн Зазу,
Безаман ницкъ онда бу.
Сатийсаман йийсар хилла,
Ваха стагна хала ду.
Ахь Делаца ч1аг1онаш йо,
Мартанхойн йо1 веъна ган.
Ткъа дуй къера битахь ас хьо,
Лур ву Делан кхиеле д1а.
2009
Ас маршо йоьху
Сан малх ас хьох аьлча,
Са довш хьо д1аварна кхоьру,
Седанах тарвича,
Иза а, лечкъа сох боьлуш,
Ирсах дог кхелина,
Йоккхаеш со хьоьга хьоьжу.
Хьан б1аьргийн йоза ас,
Юх - юха ойланца доьшу.
Хьо хьехор, я 1ехор
Амалца сан и, ца дог1у,
Ткъа хьестар, я чехор,
Къонахчуьн амал ю боху,
Сирлачу шовданах,
Со таръяр ас хьоьга доьху,
Хьомениг, ас маршо
Хьоьга сайн безамна йоьху.
Шеко яц кхолламо
Харжамаш вайга ца бойту,
Бошмашкахь заз а го,
Стом боцуш дисина лоьгуш.
Делахь а сатийсам,
Къастарал мерза а лору,
Хьо гена вийларх а,
Сан дагна хера ца волу.
Хьоьгарчу безамо
Хьан йийсар йина со лела,
Хьо ца гуш яхна хан
Дахарехь сайн эрна хета,
1аьнан чилла яшийна
Хоьцур ю ас маьлхан к1ажарш,
Тов х1оттахь мохаца
Хьожур ю, хьо волчу кхача.
2010
Г1алат ду те……?
Ахь хастийча со дозалла хеташ,
Ткъа хьаьстича, сайна хазлуш со.
Ирсан дог1а хьоьгахь хилар тешаш,
Г1алат ду те, даго къастор хьо?
Хьох б1аьрг къетча, б1аьсте серла юьйлуш,
Деган мерзех, хьекхалуш хьан аз а.
Хьан дозаналл сов дерг, сайна къуьйлуш,
Хеба диси те, даьстина заза?
Амма гуьйре дог1анах т1е елхарх,
Буто ша беш 1аьно къовларх не1.
Сан ойланаш, шовданашца хьерчаш,
Кхочур ю хьан дагчу, огуш некъ.
2010
Ши са
Дуьне кхуллуш кхоьллина,
Ду те, ши са вайшиннан ?
Х1етахь дуьйна вевзина,
Хилла те хьо, сан сина?
Х1етахь дуьйна хаьржина,
Хилла те хьо ас сайна?
Ткъа хьо хьалха, со т1аьхьа,
Г1алат ду те заманан?
Суна-м хаац б1аьргашна,
Ца гуш дисна вай муха?
Иштта делахь и, ши са,
Девзаш хилла даима.
Х1етахь дуьйна вовшеха,
Хьерчаш лелла и ши са.
Кху дуьненахь марзонца
Цхьана даха дуьсийла.
2010
Хилла те деса
Хьомениг, бохуш, сан
б1аьрг боккхуш серла,
Безамца хьан хьежар,
Хилла те деса?
Ткъа х1унда хьан озо
Кхийда бо денна?
Безаман кхаъ даге,
Генара хезча.
Гуьйренан йовхонах
Тешна заз санна,
Безамо з1идиг сан
Хийци те эрна,
Шелоно хебадо
Зезагаш дайча,
Сан дог а кхерамо,
хьарчадо ирча.
Делахь а безаман
Ц1е марса юьйлу,
Суьйрено кханенан
Къайленаш юьйцу.
Хьан хазчу дешнех т1ай
Тешамна хуьттуш
Хьан дагчу йог1у со,
Са серла дуьйлуш.
2010
Хьо вог1у некъ
Кху махкахь тийналла х1оьттина,
Схьахезаш доцуш хьан аз.
Сан дагчу сингаттам боьссина,
Ойланех боьттина барз.
Мичахь ву, муха, я мацца а?
Хир дуй те, гойла а кхин?
Ю елла сатийсаран к1ац а,
Ткъа малхах 1ийдало хи.
Тахана суьйрено къайлаха,
Кховдийра сан даге кхаъ.
Ойланаш мархех д1аайелла,
Ларбеш 1а хьо вог1у некъ.
Сан безам!
Сан безам!
Гуьйренан йовхоно 1ехийна зезаг,
Шан куьзганахь г1ийла схьакъеда малх а!
Х1ун ду те диснарг ахь, сан даге деха?
Шелоно хебадеш дисинчу цхьалха.
Сан безам!
Б1аьстенан хазна хьо, 1аламан эла,
Ба1 баьлла яйначу аренгахь кхаьлла.
Х1ун ду те, тешийнарг, хьо ирсах селла?
Кхин зезаг дац уллехь, ял хьуна яла.
Сан безам!
Лайн чимаш дашийна, детин аса хилла,
Эшаре дуьйлучу шовданах тера.
Цакъарлуш хьадалахь ирсе некъ билла,
1аьнан чилла эшочу б1аьстенах сирла.
2010
Байттамал олу
Байттамал олий те цунах?
Хазалло 1ехийначунах ,
Ирсан некъ хедийначунах,
Безамах кхаьрдиначунах,
Байттамал олий те цунах?
Байттамал олий те цунах?
Дагахь дерг лечкъийначунах,
Гушдолчух ца тешначунах,
Шен аьтто ца лехначунах,
Байттамал олий те цунах?
Байттамал олу ас цунах?
Буьйсанна седарчийн лепар а,
Сатосуш хин тулг1еш къегар а,
Дуьсуш ду шен доьхьа хетарх а,
Байттамал олу ас цунах.
2011
Тулг1ешлахь
Ма ларде сан некъаш ойлане вуьйлуш,
Ма леха б1аьргаш чохь безаман ц1е.
Гуьйренца даьккхина заз дуьсу хебаш,
Я малхо ца дохдо ирс эца де.
Соьга са ма тийса, дог ц1арах дагош,
Йовхоно шан куьзганах дуьту хи.
Кхолламан ницкъ кхочу ойланаш лалош,
Д1адайа дагахь дерг, ткъа кхолла кхин.
Хьан дагчохь д1ахьулъеш со яьхна г1айре,
Ха хорцуш замано баржор бу т1ам,
Ирсечу езаре ахь юьйцуш къайле,
Сох ойла тулг1ешлахь, къегар ю хьан.
2010
Мукъаме евлла байташ
Уьш Исламан з1аьнарш ю
(Гимн «Исламан з1аьнарш»
журналан а, газетан а)
Аллах1 Дела цхьаъ веш хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Мухьаммад вайн бакъ веш хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Ийман, собар долуш хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Бусалба дин дезаш хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Оьзда г1иллакх, хаза г1уллакх,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Безам марзо ц1ена ойла,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Г1ийлачунах къинхетам бар ,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Комаьрша куьг кховдон лаар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Дений – нанний муьт1ахь хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Йиш – вешийца ларам лелор,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Адмалла шех доллуш хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Вовшашца барт безам хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Бериш Дели эвлияьаш,
Уьш Иаламан з1аьнарш ю.
Къадари а, Накъашбанди,
Уьш Исламан з1аьнарш ю.
Дерриг дуьне серла доккхуш,
Маьлхан дашо з1аьнарш ю.
Амма дахар ирсе къагош
Ерш, исламан з1аьнарш ю.
Илли
(Кадыров Ахьмад – Хьаьжина)
Хьан кийра хиллера стогаллех буьзна,
Нохчийн къам даьккхи ахь аттачу новкъа
Хьайн къоман сий деш ахь, хьайн са д1а делла,
Вицвир вац хьо оха тхан ахьмад – Хьаьжа.
Г1азотехь кхелхина хьо декъал хилла,
Къинт1ера дойлла тхо хьан х1ора дашна
Ахь йинчу ойланах тхо т1аьхьа кхиъна,
Къинт1ера хьо ваккха йиш яц тхан х1инца.
Нохчоллех дуьззина хьайн дог хиллар а,
Ахь майра гайтира дерриг дуьненна.
Ахь къийсам латтийра вайн мостаг1ашца,
Тхо кийча ду х1инца хьан некъ д1акхехьа.
1ожалла къайлаха тебаш хиллера,
Ахь санна тхан ойла цо ца йинера.
Дуьненахь дика да хьо тхан хиллера,
Декъала войла хьо, вайн везчу Дала.
Безаман ницкъ
Ас маьрша дуьтур ду, хьо лела некъаш,
Я дагчохь хьо сецош со йоьлхур яц.
Дуьне а лаьттар ду, шен 1алам хуьйцуш,
Безамо 1овжонза, дахар хир дац.
Вай вовшех къастарах, соцур яц зама,
Некъаш а лаьттар ду, уьдур ду хиш.
Юха а 1уьйренца б1аьстенан хьоза,
Декар ду лоькхуш шен, самукъне йиш.
Къастанза ца яьлла, со хьоьха къаьсти,
Дуьллуш сайн мерзачу дахарах дог.
Кхолламца къийсарах тоьлур вац цхьа а,
Азаллехь яздина ду цунна куьг.
Маржа я1,хьо безам, ницкъ бу хьан ч1ог1а,
Делхо, я дело а, адамийн дог.
Хьол тола луучо, хьо хьеста беза.
Собарца лоруш ша, мел боккху ког.
2008
Безаман лар
Къайлаха хьоьжуш хьан б1аьргаша,
Ойланех дуьзира дог.
Эхь хетта ц1ий елла беснеша,
1анийра безаман х1орд.
Лап аьлла тийналла х1оьттира,
Хаъелла безаман лар.
Мохо шен шабарш а совцийра,
Хотталуш безачийн уьйр.
Хьан б1аьргаш седарчех къегира,
Йийсаре лоцуш сан дог.
Когаш к1ел беттаса даьржира,
Къобал беш безаман некъ.
Ц1еххьана буьйсанах де тардеш,
Дахарехь къегира нур .
И хилла мерзачу безамо,
Ирсана диллина кор.
Б1аьргийн нур вовшеха хьаьрчира,
Вай довза бахьана х1оьттина.
Вайн дегнийн уьйраш а юьйцира,
Безамо дашочу з1аьнаршца.
2008
Йиш йоьхна йог1у со
Х1ай зама!
Дитахьа дай – наний, къиза ка ца етташ хьайн.
Марзонна
Орамаш хедийча, х1ун до, кху дуьненах тхайн ?
Хала некъ
Ас бина, цу шинна т1екхаьчна совг1ат дан сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со, дехарца, хилла хьан лай.
Х1ай зама!
Ден-ненан б1аьргаш чу хьаьжча сайн, бералла гой,
Йог1у со ,
Дуьххьара ког боккху бер санна, болар деш дай.
Цу шиннан
Могшалла ахь къийзош, даге ца ладелла сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со, дехарца хилла хьан лай.
Х1ай зама!
Ма мотта со лелла, амалах ца кхеташ хьайн.
Дуьненан
Хазаллехь ма мотта, къаьхьа чам суна ца тай.
Ден - ненан
Декхар со ца яьлла, ма хетта д1атекхна сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со, дехарца хилла хьан лай.
Х1ай зама!
Хьо уьду т1аьхь-т1аьхьа, хьалхачул болар сих дой,
Ден - ненан
Доггаха дог хьаста хан лохьа, цкъа собар дай.
Дахарехь
Ас ойла ца йина, цу шиннах къастаран сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со, дехарца хилла хьан лай.
2008
Тешнабехк
Хьайх тешаш хьо везаш, лелачу йо1на,
Хьайн дагахь хилла ахь, лелош дерг х1илла.
Йо1 езаш, тешаме дог долчу к1анта,
Вити хьо и х1илла, хьайн дагчохь 1илла.
Тешнабехк, тешнабехк, соьца цахилларг,
Тешнабехк, ахь суна бан лоьруш хилларг.
Тахана тешнабехк бу, хьуна хилларг.
Къаьсти хьох, хьо везаш тешаме хилларг.
Де хуьйцуш буьйса а, йог1ур ю тийна.
Йочана, йиекхалур, малх кхетта сирла.
Шовданаш сан ц1енчу ойланех ийна,
Мийлар ахь эрна ду, хьайн хьогаллийна.
Безамах ца къаста реза ша хилла
Хьаьжнарг а хир ю-кха, шен ирсе г1ийла.
Хьан деган къайленаш собарца зийна,
Со-м дохко ца яьлла, хьо везар витина.
2009
Со-м д1а йоьду
Со-м д1айоьду, со д1айоьду,
Кху дуьненан ойла еш,
Кийрахь шийла, шовда уьду,
Сан дог огуш, къийзадеш.
Таьхьара олу
Ахь д1ататтахь, дуткъаделла,
Рицкъанан тай хедар ду,
Безаман лам хаьрцара бу,
Хьо дагчуьра вужур ву.
Ас кхиийна мерза безам,
Кхечунна товш хетар бу,
Дахарехь ирс кхуллур ду,
Мах замано хадор бу.
Со-м д1айоьду, со д1айоьду,
Безамо дог хебадеш,
Ас кхолламе орца доьху,
Цакъасталуш безамах.
2009
Дог хьега деш
Акхтарга г1а, санна дегош,
Сан дега пхенаш ийзадо.
Безам бахна, ас ен ойла,
Ахь ирчу дашца хеда йо.
Кант вала самукъне,
Дош ала сан ойла 1еха еш.
Со-м лела дагахь яц,
Кийрара дог хьоьха хьегадеш.
Кху дуьненан, хазалла хьан,
Б1аьргаш чу хьаьжчи суна го.
Сан синкъерам, марзо безам,
Ирсе хилар хьоьх доьзна ду.
К1ант суна ма вела,
Сан дагчу б1аьргийн нур 1енадеш.
Со – м лела дагахь яц,
Кийрара дог хьоьха хьегадеш.
Сирла шовда бух дуьйлучу,
1аламо дашо сурт диллинчу.
Безаман юрт вай юьллур ю,
Вайшинне ирсан нур къегачу.
К1ант хьалха валахьа,
Ирсе некъ боло вай декъал деш.
Со - м лела дагахь яц,
Кийрара дог хьоьха хьегадеш.
2008
Д1аьвше безам
Муьлхха аг1ор со д1ахьежарх,
Хьан сурт х1утту дуьхьал схьа.
Кхечунна со ела къежарх,
Ойла хьерча хьоьха сан.
Хьан г1алаташ дага лоьцуш,
Хьо д1ахерван г1ертарх со.
Хьан безамо са д1алоьцуш,
Дагчохь сецна вели хьо.
Хьан безамо лоцучул а,
Лаьцнихьара лазаро,
Моллийн, лоьрийн дарба лехна,
Йийр яра цхьа парг1ато.
Кхин молха дац, кху сан дагна,
И хьан д1авше безам бен.
Цкъа хьан безаман мут мелла,
Дита реза ю дуьне.
2008
Х1ей, сан жима лулахо
Х1ай сан жима лулахо!
Йижайой хьо буьйсано.
Я сирлачу седарчех,
Дагаюьйлуш еха хьо.
Цу хьан б1аьргех тера лепа,
Стиглара цхьа сийна седа,
Сан дагчу нур 1енадеш,
Кийрара дог 1ехадеш.
Х1ай сан жима лулахо!
Г1аттайой хьо 1уьйрено?
Я мерзачу г1енаша,
Са д1акхоьхьу лома хьан
И шовданийн зевне декар,
Цу хьан озах тера хета.
Сан дагчу зов 1енадеш,
Кийрара дог 1ехадеш.
Х1ай сан жима лулахо,
Сарахь хит1а йог1ий хьо?
Хьайха даха дог ахь дитахь,
Хьоь сатийса воллу со.
Генара хьан когий тата.
Мохо лере кхоьхьу суна,
Сан даге кхаъ кхийдабеш,
Кийрара дог 1ехадеш.
2009
Беркате де
Самукъдаьлла, сакъералуш,
Вовшах кхетар къобал до,
Тахана кху дезчу денца,
Шумассо ас декъала во.
Беркате де деънарг хилар,
Гойту кхуьнан дозалло,
Вовшашка маршалла хоьттуш,
Сан дагна там эша бо.
Дахаре чам шун ма бойла,
Бертахь дахар шуна лойла,
Безам марзо вовшен кхийдош,
Де мел дели ирсе гойла.
Серла баьлла боьлуш малхо,
1алам совг1ат вайна ло,
Машаре х1уо даржадина,
Дезчу денца декъал до.
Тахана вайн вовшах кхетар,
Вовшен болу безам бу,
Оьзда г1иллакх, вовшен лерам,
Дайша делла г1иллакх ду.
2008
Хьалхара – Марта
Машаре малх кхетта,
Къегийла хьо Марта.
Беркате дебийла,
Комаьрша хьан латта.
Ирс 1енош даьржийла.
Хьан х1усмехь нур бетта.
Хьайн сий мадойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Б1аьстено хьоьстийла,
Хьо мелчу мохаца.
Баланех ц1анйойла,
Дарбане дог1анца.
Яхь йолчу къонахийн,
Дог дуьзна хьо лаьтта.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Х1ай Марта! Сирла хи,
Хьо марша дог1ийла.
Тулг1ешца хьерчаш тхан,
Бералла хьистина.
Къурд бан хьйх хьегначийн,
Хьогалла яйина.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Хьан мерза марзонах,
Кийрар дог 1ебар дац.
Хьо санна самукъне,
Кхин меттиг карор яц.
Хьо хьоьстуш даиман,
Сан даго мохь бетта.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
2004
Къар ма лолаш….
Схьагулло х1ай кегирхой шу суьренца,
Сингаттаме ойланаш д1акъахкаяй.
Дуьсур ду вай кхана дагалецамца,
Синкъерамехь вовшех марзо эца вай.
Т1аьхьара олу.
Кегирхой бу баьргаш къегош,
Ловза дохуш кийрахь ц1ий.
Хаза йо1 к1ант хелха долуш,
Х1орс - вай бохуш айдо сий.
Буьйса лаьтта юккъе йоьдуш,
Серла дуьйлуш седарчий.
Бетта са ду вайна доьлуш,
Къар ма лолаш х1ай нохчий!
Дахарехь ю самукъне хан къоналла,
Вота, пондар ду къоналлийн да - нана.
Синкъерамехь тхьамда хелха вокхуш вайн,
И бал лоруш тоха т1араш бертахь х1ай.
Т1аьхьара олу.
Синкъерам бу х1ай-те боьдуш,
Самукъне бал кхечна соь.
Мехкарий бу вайна боьлуш,
Ирсе ю вайн нохчийчоь.
Буьйса лаьтта юккъе йоьдуш.
Серла дуьйлуш седарчий.
Бетта са ду вайна доьлуш,
Къар малолаш х1ай нохчий!
Лекха лаьмнаш хьоьжу вайга айделла,
Мохо кхоьхьу х1ай – вай,- боху аьзнаш д1а.
Зама ахь ма къийсса тхойца къоналла,
Хир ду тхойгахь даиман яхь, доьналла.
Т1аьхьара олу
Хьаша вог1у вайга маьрша,
Къобал деш вайн нохчийн къам.
Оьзда г1иллакх ду вайнеха.
Мерза кхача синкъерам.
Буьйса лаьтта юккъе йоьдуш,
Серладуьйлуш седарчий.
Бетта са ду вайна доьлуш,
Къар ма лолаш х1ай нохчий!
2008
Керла шо
Х1е-х1ей ! Цхьа барт хили вовшах кхета х1ей ,
Оьзда г1иллакх карла доккхуш дайн.
Хьаша вог1у вайга к1айчу лайн,
Иза т1е ца эца йиш яц вайн .
Х1е - х1ей ! Марша дог1ийла хьо керла шо,
Жима, вокха вериг ирсе веш,
Керла шо сан даго къобал до
Сайн иллийца ас шу декъала до.
Х1е-х1ей ! Б1аьрг ма хила вайн кху буьйсанна,
Бетта сина, цу седарчешна.
Б1аьрг ма хила нохчийчоь хьуна,
Дала делла хьо совг1ат тхуна.
Х1еей !
2009
Сан г1ала
Кхолламо гена со яхарах,
Дог ойла хьоьца ю сан.
Геналлехь г1елъелла йисача,
Г1ала ахь суна ниц1къ ло.
Т1аьхьа олу
Сан г1ала,
Денна хьо хазлуш ю
Дахарехь,
Марзо сан хьоьца ю
Даиман.
Хьо хестош дека сан зевне аз.
Сан г1ала,
Йоккхаеш лела со
Дахарехь.
Ахь ирс луш еха со,
Самукъне.
Сан дега марзо ю хьо.
Хьан шийла шовданех къурд база,
Хан яьлла хьогах ю со.
Сирлачу урамех доггаха,
Б1аьрг тоха хьегна ю со.
Т1аьхьара олу
Сан г1ала!
Соьлжа хин тулг1енех,
Хьаьрчина,
Б1аьстенан 1аламца,
Яьржина,
Ойланца хьан х1усме йоьрзу со.
Сан г1ала!
Б1аьргашца даиман хьистина,
Даггарчу безамца ,
Къастийна,
Сан дега марзо ю хьо.
Сайн сина пхенех ас буьллур бу,
Дег1аста чу боху некъ.
Даг т1ера салам д1акховдор ду,
Мохь туххуш нана-даймохк.
Т1аьхьара олу
Сан г1ала!
Хьоьгара маршалла хаьттина,
Кийра ,
Хьан марзонах,
1абийна,
Ирсах ас дузур ду сайн дахар.
Сан г1ала
Дайшкара
Г1иллакхаш сий дина,
Оьздачу наноша
марзйина,
Сан деган марзо ю хьо.
2008
Нохчийн мотт
Кхолламо йигарх д1а, махкана гена,
Дог ду сан бусалба, ду нохчийн ц1ий.
Дай г1иллакх, ненан мотт, ду сан дозалла,
И дицдахь, д1а довр ду, къонахчуьн сий.
Дай - наний лоруш верг, Дала а лору,
Бохуш, цу Къор1ано, беш хьехам бу.
Ша винчу ненан мотт, хиера ца болу,
И марзо, шен ц1ийца д1аийна ю.
Сан баьргаш дуьххьара, бераллехь дуьйлуш,
Безамца схьалаьцнарг ненан сурт ду.
Мерзачу озаца амал сан 1ехош,
Нанас со хьистинарг, нохчийн мотт бу.
Ламанех схьадуьйлу, шовданийн санна,
Ц1ена шен бух болуш, нохчийн мотт бу.
Дашочу 1аламца, куц хуьйцуш денна,
Къегина лаьтташ берг, сан Даймохк бу.
2008
1аьнан 1уьйре
Дашо з1аьнарш лай т1е 1енош,
Малхо шен кеп х1иттайо.
Шан куьзганах тулг1еш къегош,
Хиш карзахе ловзуш го.
Дато мархех к1ажарш юцуш,
Ц1аста санна ц1ийелла.
1аламе шен къайле юьйцуш,
1аьнан 1уьйре хазъелла.
Баххьаш т1ехь лайн к1ужалш хьийзош,
Ламанаш го самукъне.
Генаш ийзош, г1уора ц1ийзош,
Хьаннаш хьоьжу цу суьрте.
Сан даймохк! Хьох хьоьгуш г1ийла,
Ас геналлехь яьккхи хан.
Сатийсина-м ахь а хилла.
Совг1ат дели, 1уьйре хьайн.
2009
Резванова Айза
Малх бу боьлуш
Б1аьсте еъна, 1алам дендеш,
Шен зезагийн совг1ат даржош.
Зевне эшарш, лоькхуш уьдуш,
Жовх1арш санна хиш ду къегаш.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш серла буьйлуш.
Бошмаш ю дато заз хоьцуш,
Хьозарчий ду шакарш лоькхуш.
Вовшен куьйгаш, лаца бераш,
Машаре самукъне х1оз беш.
Бертахь дахар, вайна марздеш,
Малх бу вайга з1аьнарш кхийдош.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймохк бу денна хазлуш,
Ирсе некъаш ду схьадоьллуш.
Бераш, бераш, тоха куьйгаш,
Гойтуш шайн самукъне хелхарш.
Шун синкъерам, ловзар, делар,
Ду даймехкан ирсе хилар.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймехкан байракх лепаш,
Бутт, седий ду вайна къегаш.
Берашна
Резванова Айза
Схьагулло х1ай
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Зевне аьзнаш декадеш.
Лоькхур ю вай нохчийн эшарш,
Вайн даймехкан сий айдеш.
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Б1аьргаш суйнех къегадеш.
Гойтур ду вай нохчийн хелхарш,
Нанойн дегнаш деладеш.
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Оьздачу дайн ларам беш.
Вовшен деза, ирсах теша,
Вай 1аморна хастам беш.
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Ирсе некъ аш лаца схьа.
Кхане еъча диц ма лолаш,
И т1аьхьенга кховдо д1а.
Писуй, ж1аьлин к1езий
Мяу-в, мяу-в, сан са хьийза,
Арахь ж1аьлийн к1еза ц1ийза.
Суна лаарх шеца ловза,
Иза девне долий хьевза.
Мяу - в, мяу - в, дац и реза,
Со дитта т1е дала деза.
Со лаккхара хьоьжу чу,
К1еза гонах уьдуш ду.
Мяу-в, мяу-в, со ду говза,
Суна ж1аьлийн амал евза.
Ас сайн маттахь мяу-в бохуш,
Ч1ог1а карзах доху к1еза.
Вац кхин цхьа а, цуьнца ловза,
Тхоша х1инца вовшен девза.
Уьдуш, бохуш, мяу-в, г1ав,
Тхойшинна д1адолу дов.
2005
Дашо месаш
Вижа жима Сурхо д1а,
1аьржа баьргаш къовла т1е.
1уьйре еъча борг1ало,
Кхойкхуш сама воккхур ву.
Малх г1аттале г1отту и,
Кхайкхадо цо сирла де.
Нагахь даг1ахь йочане,
Аз хуьйцу цо шен зевне.
Массо х1уман хаам бо,
Дашо месаш, йолчу цо.
Хьаша вог1уш и хир ю,
Кхаьънаш дохуш йоьрзий чу.
Шен х1усам а ца йицйо,
Котамашна дола до,
Ву и кертахь дика 1у,
Цунах теша мегар ду.
Дешар
Бераш, бераш, киншкаш ешар,
Дахаран цхьа маь1на ду.
Ткъа дешарах кхеташ хилар,
Иза коьрта толам бу.
1илма довзар, 1алам дезар,
Дахаре хьан безам бу.
Барт, безам, ирс ларда оьшург,
1илман корта - собар ду.
Иман, Ислам довза деза,
И лоруш верг сийлахь ву.
Оьзда г1иллакх, хаза г1уллакх,
И дешарца дозуш ду.
Еша, яздан 1амош вериг,
Вайн дахарах кхеташ ву.
Ткъа ца доьшуш лелаш вериг,
Шен дахарах леташ ву.
Цец даьлла пису
1аьнан к1ур хьийза беш,
К1айн ло ду дуьллуш.
Бераш ду даккхийдеш,
Самукъне уьдуш.
Пису ду цец даьлла,
Корехул хьоьжуш.
Тарделла полларчех,
Цунна лайн чимаш.
«Кегий уьш делахь а,
Ду уьш сов шорта.
Царам со дуур ду,
Долушехь уьйт1а.
Цхьаннах а цакхоьруш,
Сел майра долу.
Ж1ала а лечкъина,
Шен бунчохь 1уьллу».
Бохуш,- йо ойланаш,
Писуно жима.
Б1аьстенан юккъерчу,
Баттахь и дина.
Писуна гина дац,
1аьнан к1айн туьйра.
Цундела цец даьлла,
И кхераделла.
Резванова Айза
Керла шо
Рог1е деъна шийла 1а,
Хиш д1алоьцуш бина ша.
Мохо боху, «Сихха же,
Кечло хьаша эца т1е».
Лайн куз тесна арахь д1а,
Хьаша веъна кхечи схьа.
К1айн к1урз буьллуш корашка,
Х1уьтту хьаша массо ган.
Кхаьънаш дохуш вовшашка,
Дуьхьал уьду бераша.
Лайн куз сиха къарз бина,
Мара хьаьрчаш хьешана.
Марша да хьо керла шо!
Хьо ду деза хьаша тхан.
Оха хьуна кечдина,
Совг1аташ ду эшаран.
Сахьтан цхьамза
Хьалха баларх къуьйсуш уьду,
Сахьтан цхьамза заманца.
Зама генна яьлла йоьду,
Меллаша шен боларца.
Цхьамза уьдуш де д1адели,
Кхечи 1аьржа буьйса т1е.
Замано болар ца хуьйцуш,
Юха деа сирла де.
Эх1-х1ар а, г1елбелла кхоччуш,
Цхьамза сеци гойтуш шийтта.
Замано к1айн духар духуш,
1аламан а хийци сурт.
Резванова Айза
Резванова Айза
Дарба
Цомгаш хилла 1уьллу паччахь,
Ца г1атталуш меттара.
Везарш, вевзарш гонах бевлла,
Хиллачух ца кхетара.
Де д1адолуш, буьйса хорцуш,
Цамгар ели баттенга.
Лоьраш, дарбанчаш, молланаш,
Толлуш цамгар лелара.
Амма паччахь г1атта ца луш,
Корта пене берзийна.
Цхьа дош ала мотт ца керчаш,
1уьллу б1аьргаш къевлина.
Генара а, уллера а,
Т1е х1уьттура хьолан дай.
Кхин д1адийца лазар доцуш,
1уьллу паччахь «ъах1» деш дай.
Цхьана юьртахь, ши бутт хьалха.
Ша т1ех волуш берашна,
Цу паччахьо кховдийнера,
К1еззига х1онц томана.
Паччахьера шена кхаьчнарг,
Совг1ат деза лерина.
Цу берех цхьа жимчу к1анта,
Лардинера безамна.
Т1аккха ловзуш бераш юккъехь,
Цунна лерах кхийтира.
Паччахь воьжна дарба доцуш,
Ца евзачу цамгарца.
Са гатделла хьевзина к1ант,
Г1аш вахна д1а кхечира.
Паччахь вехачу цу кет1ахь,
И ладоьг1уш сецира.
Цу бахамах тамаш ца беш,
Ойла еш ша хьаьжна д1а.
Меллаша цо улле таь1аш,
Хешка паччахь хаьттира.
И т1е хьаьжна жима хетта,
Саха дала буьйлира.
К1анта корта ластош церан,
Сом а, схьа ца ийцира.
Т1аккха хехочо цец ваьлла,
К1анте оьшург хаьттира.
К1анта дагахь дерг шен аьлча,
И ца вешаш хьаьжира.
-Д1а вала к1ант, д1а г1о,- олуш,
Хехо вела къежира:
- Б1аьрг схьа баьллал могуш воцу,
Хьо ганне гур вац, цунна.
К1ант д1а - м тешна ца вахара,
Сингаттаме хьаьвзира.
Т1аккха денна кет1е ларъеш,
Схьах1итта и вуьйлира.
Эх1-х1ар а, цкъа, цхьаъ чу воьдуш,
Кхечо юха хаьттира.
Хьена хьо, мичхьара, х1унда,
Лаьтта кхуза х1оьттина?
Х1унда хьийза хьо кху кет1а,
Хьо х1ун оьшуш веана?
Сингаттамна б1аьргаш эгаш,
Х1ун бала хьоь боьссина?
К1анта цунна жоп делира:
-Лула юьртахо ву ша.
Ша жимха ву, цо лерина,
И ган лууш веана.
Т1аккха хьодалча хьажийра,
Паччахье и хабар дан.
Схьа ца хьожуш волчу цунна,
К1антах дериг дийца д1а.
Цу берах сакъераделла,
Корта сехьа берзийна.
Уьш цец бохуш, бакъо елла,
Чу цо иза вийхира.
К1ант не1арах чоьхьа вели,
Г1ийла хьожуш паччахье.
Киснара куьг хьала доккхуш,
Совг1ат к1анта кховдади.
Цу жимачу беро дина,
Совг1ат доккха хетарна.
Вела къежна, вистхилира,
Цу к1антана томана.
Т1аккха к1анта самукъдаьлла,
Эли цуьнга:
- Г1аттахьа,
Тхан ловзарш а севцца лаьтта,
Тхо сагатдеш ду хьуна.
Шен визире, цу паччахьо,
Т1е кхайкхина элира:
- Воккха хьаша ву т1е веънарг,
Х1оттае стол лерина.
К1анта цуьнга т1аккха эли:
- Цхьа цуьриг а кхоллур дац.
Ахь ца кхоллуш делахь ялта,
Цуьнан чам а хетар бац.
Цу берана там бан лууш,
Паччахь хьала айвелла,
Стоьла йисте г1ента хууш,
Массо вара кхаъ хилла.
К1анта цуьнга д1а а хьожуш,
Цуьнан буйна 1айг бели.
Бисмалла а олуш т1аккха,
Юург йолор т1е дилли.
Самукъдаьлла паччахь хии,
Цу берана там берг дан.
Цо схьаэцна ялта долий
1овша, молуш чорпа т1е.
Цу г1аттарах кхин ца вужуш,
Т1аккха эли паччахьа:
- Хезаш берийн г1овг1а йоцург,
Цамгар ю, сингаттаман.
2011
Минкаил
Со-м мацвелла ,
Чуьйраш къекъаш.
Гучу яла,
Церг яц туьгуш.
К1арс - к1ирс бохуш ю цхьа цуьрг,
Ахьа г1ерташ, аьчка 1айг.
Нана лохьа худар кад,
Лаац каг ян, жима церг.
2008
2008
Сурхо
Со - м хьан доьхьа вела ло,
Хьо самукъне йоьлуш ган.
Ахь со хьостий, 1ехавой,
Туьллу сунна йовлакх хьайн.
Нана, йовлакх хьоьгахь тов.
Лаац лело хьоьца дов.
Тиллахь суна дадин куй.
Хаийта со къонах вуй.
Амишка
Шу ма хьежа сан куьйгашка,
Я беснешка юьзначу.
Кегий йоьхьаш ду сан кийрахь,
Даккхий йоьхьаш хьерчош чу.
Кицанаш
Деца - ненаца лерам лелийначу доьзалхочунна
Тоьшалла, т1аьхьено дийр ду.
Дика лулахо - бахам,
Вон лулахо - бохам.
Г1уллакх деш волу стаг,
Шен дахарах кхеташ ву.
Г1уллакх ца деш верг,
Шен дахарах леташ ву.
Стеган, адмашца ларам хилар,
Шен сий лакха дакхар ду.
Ийман, Собар, Хьекъал, долуш волу стаг
Махкахь кхиар, Дала цу махкана совг1ат дар ду.
Цу совг1атан сий дина мохк, декъала хилла бу.
Т1ом а бина баьккхинчу толамал а мехала бу,
Собарца баьккхина толам.
Шен махкахь дина дика а доцуш вахар,
Вахар а дац.
Дайн кешнашкахь барз боцуш дерг,
Валар а дац.
Дуьненачохь ваха, доьналла оьшу,
Дуьне дита къонахалла оьшу.
Шен кхолламца ч1ир лоьцуш вверг,
Делаца къуьйсуш хета.
Дахар,- дуьненан дагчухула биллина,
Эхарта боьдуш некъ бу.
Далла еш йолу 1амалл,- эхартахь
Шен хинйолчу х1усамна кечбеш, чиркх бу.
Шайт1анна лаам эшо хала ду,
Ийман доцчунна.
Эхартан не1 йосту дог1а,
1ожжалла ду.
Хих къаьстина тулг1е, г1амаро худу.
Сих къаьстина дилх, лаьтто худу.
Хьекъалечуьнца мотт бийца хала дац,
И ду моьттуш волчуьнца ду хала.
Дала деллачунна реза хилар ду, Ийман хилар.
Къаной ца лоруш вверг,
Шен т1е йог1учу заманах кхаьрдаш ву.
Стогаллин бен бу, яхь.
Йоьхьан куьзга ду, эхь.
Валарал а хала ду, эхьаца ваха.
Вон лара ца хуучунна,
Диканах ирс иэца хуур дац.
Делан дуьхьа лелларг,
Сина парг1ата хилла.
Йолан доьхьа ваьхнарг,
Сингаттамца висана.
Шен сина лаамна маршо ялар,
Стаг ледара хилар ду.
Шен г1алатна къера хилар,
Са ц1андар ду.
Зийнарш
Воккха стаг ца олу, хьекъална воккха воцчу стагах.
Жимстаг ца олу, муьлххачу а г1уллакхана кийча воцчух.
Къонахстаг ца олу, зударийн б1аьргашчохь кхерам латтош волчу стагах.
Беркате стаг ца олу, нахана пайда болуш воцчух.
Комаьрша ца олу, са маьрша доцчух.
Адамашца марзо йолуш ву ца олу, зуьдалла шеца долчух.
Майра стаг ца олу, кхетам боцчу стагах.
Дика стаг ца олу, шен ц1енна дика воцчух.
Тешаме ца олу, тебаш волчух.
Оьзда ца олу, шен сина бехкаме воцчу стагах.
Г1иллакхе ца олу, бераца г1иллакхе воцчух.
Къинхетаме ца олу, бакъдерг ца олучух.
Сина кхетаме ца олу, ойла ца еш вволчух.
Б1аьрзе стаг ца олу, гуш дерг кхайкхош ца хиларх.
Маттана говза ца олу, шера мотт бийцарх.
Каде ву ца олу, уьдуш леларх.
Самукъне ца олу, даима воьлуш волчух.
Хьекъале ца олу, т1аьхьлонна ойла еш воцчух.
***
Дац сан шуьга цхьа а дехар,
Бац сан шуна бан кхин там.
Амма ду сан дан цхьа хьехар,
Бертахь дахар, ирс ду шун.
2008
***
Хьоьгарчу г1иллакхо гойту,
Хьуна т1е бан беза некъ.
Адмашка ларамо гойту,
Шаьш сий дан, хьо вуйла хьакъ.
2008
***
Буьстича дахаре безам,
К1еззиг хан яьккхинарг хета.
Яханчу заманан хьехам,
Схьалаьцчи йохаллех кхета.
2010
Вайн дуьне чухоъъал,
Долу сан дог .
Д1алаццал хилла – кха,
Баланан ког.
Даш санна язъелла
Заманан ч11ург,
Т1екерчи охьта11ош
Дахаран букъ.
Баланаш дазделла
Чубуьйжи тхов,
Харцаеш дагчуьра
Дозаллийн б1ов.
1999 - 2009
Маржа – я1, маржа – я1, малх кхета дуьне,
Дезале, довзале, дитнарг ву ирсе.
2009
Резванова Айза Безаман Ницкъ
Нохчийн мотт безачийн, амал ас лору,
Нохчийн мотт хесточийн, ц1е дагчохь кхобу.
Нохчийн мотт хьоьстучийн, марзо ас муьйлу.
Нохчийн мотт буьйцучийн, ирсах со йогу.
Резванов 1аьрбийн йоь1ан, Айзин кхоллам хилла Хьалха-Мартан т1ехь, 1963-чу шарахь, 14 - чу октябрехь. Юккъерчу дешаран № 6 – йолу школа чекхъяьккхина 1981 – чу шарахь. Цу шарахь деша яхана «Кондитерки», училише № 12 - йолу. Цул т1аьхьа дешна чекхъяьккхина Кисловодский колледж , « Экономика и права». Белхаш бина Грозни г1алахь а, Хьалха – Мартан т1ехь а, Российн дозанахь а. Поэзийн некъ болийна 8 – чу классехь, дуьххьарлера экзамен д1аелча кхаъ хилла язйина доьхьарлера стих, оьрсийн маттахь, т1аккха нохчийн маттахь а. Х1етахь язъйина хилла и беран ойланаш т1ехь йолу тетрадь дайна, хьехархочо т1ехь таллам бан даьхьаначохь.
Къизаллийца нохчийчу беанчу, хьалхарчу т1амо х1аллак йина, ненах а, жималлех а, даймахках а, безамах а оьрсийн а, нохчийн а маттахь язъйина стихаш, дагахь 1амийнарш йоцуш. Делахь а дагчуьра поэзийн орам бакъабала ца буьтуш, Айзас
дахаран марзонан мутт мийлош, дахарехь кхин а шуьйра мур схьа а лаьцна, чу са кхоьллина, зорбане яьхна стихаш а, туьйранаш а, забаре дийцарш а. Шен деган мукъамаш белла,иллешка яьхна байташ. Шен дахаран лар бодашкахь къевлина ца юьтуш, сих чу са диллина, и серло адмашка д1акховдийна цо. Шен адамашка болу безам гойту цо, шен поэзехь:
Адам дезар г1алат делахь-
Со г1алат ю, и бакъ ду.
Адмех тешар г1алат ларахь,
Юха а со, г1алат ю.
Адамийн дог хьаста лаар,
И г1алат а соьца ду,
Реза ю со г1алат хила,
Адмийн бала айбеш д1а.
Г1алат делахь, адам хилар -
Шеца долуш адмалла.
Айзин стихаш а, туьйранаш а, дийцарш а зорбане евлла «Даймохк», «Маршо» ц1ераш йолчу газеташкахь а,
«Нана», « Орга», «Стела1ад» журналашкахь а, «Созвездие», « Нохчийн фольклор» ц1е йолчу гуламийн гиншкаш т1ехь а. Цо язбинчу мукъамаш т1ехь, цуьнан дешнашца д1аолуш ду нохчийн иллиалархоша хаза нохчийн халкъан иллиш. Иштта суьрташ дахкаран говзалла а гойту цо, «Стела1ад»,- ц1е йолу берийн журналехь «1аьнан де» а, « Гуьйре» а гойтуш ара девллачу сарташца. Цул совнаха «Безаман ницкъ», ц1е йолу гуламийн киншки т1ехь а. Айзин дуьхьарлера гуламийн киншка ю «Безаман ницкъ». Кху т1ехь шун йовза таро хир ю цуьнан поэзехь йолу ойланаш а, цуьнца йолу исбаьхьалла а. Дала массо а адамашна пайденна йойла х1ара кинишка. Дала,т1аьхье беркате йойла Айзин а, массо а бусалбанийн а.
Шаид Рашидов
НР Халкъан поэт
Даймохк хьан бакъо яц ….
Даймохк, хьан бакъо яц къарбала,
Хьо къийсар эрна деш тхан,
Тхо кхета, т1амо хьо дарбина,
Ерзаза ю чевнаш хьан.
Даймохк, хьан бакъо яц къарбала,
Г1айг1ане дуьтуш хьайн къам.
Хьан озе сатуьйсуш айбелла,
Ладоьг1уш бу, лекха лам.
Даймохк, хьо къарцалуш бахалахь,
Халкъанна йовхо луш хьайн,
Машаре, зевнечу аьзнашца
Са парг1ат доккхуш тхан дайн.
Хьаннашкахь олхазарш декийта,
Лаьмнашкахь уг1ийта борз,
Ирсе дай самукъне хазийта,
Кхерчашкахь, тхан нанойн аз.
Даймохк, хьо малх санна къагалахь,
Хьанал ду хьуна тхан ц1ий.
Т1аьхьенна беркате хилалахь,
Ларделахь турпалхойн сий.
2002
Даймохк нана
Даймохк! Х1ун ду хьуна ганза?
Я баккхаза ахьа чам?
Я бу техь хьо, х1умма ланза?
Бан ца хууш х1уман хам.
Хийла геналлехь сатуьйсуш,
Бу хьан доьзалаш хьо ган,
Хьан аз хезча кхача луурш,
Масне хуьйди лаьтто д1а.
Буьйсанна хьо дага лоьцуш,
Ас набарна хьаббо б1аьрг,
Со санна шен махках хьоьгуш,
Хир ву генахь хийла стаг.
Хьан марзонах ойла хьерчаш,
Кийра кхехкош доьлху дог,
Сайн генара рицкъаш лехьош,
Ас собарца боккху ког.
Сийлахь Даймохк! Хьоме нана!
Суна хиъна шуьшин хам,
Йиш елар олхазар хилла,
Шуьшинн т1оьхул хеца т1ам.
1985
Маржа я1, маржа….
Лаьар - кха дагахь дерг, ма дарра яздан,
Адамаш лаьар - кха, вовшашна марздан,
Дахар а лаьар - кха берашна хаздан,
Лаьар - кха массо де, нохчий чохь даздан.
Лаьар - кха даймохк хьо, даггара хьаста,
Геналлехь къийлина дог хьуна даста,
Лаьар - кха ойланаш д1ахеца кхарста,
Шовданийн аьзнашка ладег1а б1аьста.
Лаьар - кха, мох хилла хьан мара хьерча,
Я ц1енчу 1аламца хьуна чу яржа,
Ма ч1ог1а лаьар - кха, ахь со а харжа,
Ирсечу доьзалех,- маржа я1, маржа…
2007
Яздар а дацар – кха,
Хьох яздеш ца хилча.
Дийцар а дацар – кха,
Хьо хьег1ош ца хилча.
Дахар а дацар – кха,
Даймохк ! Хьох къаьстича.
Ялар а дацар – кха,
Хьан кийра ца йижча.
2007
Даймехкан тулг1енах
Боккхачу х1орда чохь ойлане юьйлуш,
Цхьа тулг1е техкара самукъа доцуш.
Ас цуьнга хаьттира гергара, езаш,
Х1ун ду те хьан сецар, г1айг1ане эгаш.
Хин бердех етталуш, эзарнех яьржаш,
Кхин тулг1еш ловзушчохь вовшеха хьаьрчаш.
Хьо х1унда соьцу, кху х1ордачохь хебаш,
И тулг1еш керча хьан хазаллех хьоьгуш.
Хьо цхьаъ ю тулг1ешлахь, жовх1арех лепаш,
Боккхабеш техка х1орд хьо совг1ат хеташ.
Х1етте а сингаттам хетта хьан дебаш,
Дийцахьа, х1ун бала бу сих хьан летарг?
Т1аккха и техкира сан дагах кхеташ,
Шен бала балхийра тулг1ено зийзаш.
Ойлане со ели, цунах къа хетта,
Б1аьргеха уьду хиш х1орда чу хецца.
Доккхачу хих кхетар, дозалла хетта,
Органан хорша ша дирзира керчаш.
Цо шеца дадийна, нуьцкъала хьаьрчош,
Теркачу хийцира, ша цунах г1ерг1аш.
Къегина шен аса, г1амарлахь хьаьрчош,
Терк дуьйли шех дарц дан, бердех д1а детташ.
Амма цхьа т1адам а, ша шех ца къастош,
Х1орда чу кхоьсси цо, ша цу чу даьржаш.
Иштта ша къаьстина даймехкан хоршах,
Самукъа долучух, муьлххачу ор чохь.
Юха цу лаьмнашкахь сатийсарах ловза.
Цкъа карзаха х1орд баьлча, довр долуш доьза.
Цхьа дехар дара шен, т1аккха цо эли:
Доьза ша ца дайта, ницкъ кхачахь хьоьга.
Цхьа тулг1е схьаиэций, дег1аста кхачий,
Шовданех д1атохар, шех дерг д1аалий.
И дехар кхочуш дан, ас куьйгаш кховдий,
Цхьа тулг1е канашкахь иэца ка дели.
Ч1ург хьийзош, оьг1азе х1орд кхоссабели,
Т1еххьара шен дешнаш, тулг1ено эли:
Хьаннашкахь олхазарш шакаршца декаш,
Б1аьстенца бацалахь зезагаш лепаш.
Цу т1улгийн ламанех самукъне хьерчаш,
Ма ирсе хиллера, даймехкан кхерчахь.
2010
Кхи х1ун ирс ду….?
Син парг1ато шайна лоьхуш,
Кхечу махка ихнарш д1а,
Хир буй теша, парг1ат бехаш,
Са цахьийзаш даймохк ган?!
Дерриг дуьне серла доккхуш,
Б1аьсте йоьлуш йеъча т1е,
Сан са т1ома долий доьду,
Сайн махкахой гулбан ц1а?!
1ожалла ю когех хьерчаш,
Новкъалло еш боларна.
Замано а тукур туьйсуш,
Дацдо некъаш дахаран.
Сан дог доьлху Деле доьхуш,
Рицкъаш маьрша дерзор ц1а.
Доьзалех б1аьрг тоха хоьгуш,
Хийла наной кхелхи д1а.
Ойла ейша сан махкахой!
Къизалла, вас эккхаяй.
Барт ца хилча кхи х1ун ирс ду?
Доьзалашка кховдо вайн.
2007
Къагалахь дашо малх….
Къагалахь дашо малх, хьо серла балий,
Хьасталахь нохчийчоь йовхо луш хьайн.
З1аьнарийн куьг хьокхуш, дасталахь латта,
Ден делахь бецан хелг, ахь рицкъа лой.
Халонна, харцонна цата1ош корта,
Ницкъ лолахь ахь лардан, даймехкан сий.
Тхо бахьнехь йоьхь 1аьржа ма делахь лахьта,
Лай хилла ца баьхна, тхан оьзда дай.
Самукъне аьзнашца шовданаш декош,
Зезагех кхелина аренаш лепош.
Бахалахь тхан даймохк, хьанал къа дебош,
Ирсан мукъ даима хьайн буйнахь сецош.
2008
Х1ун г1уда ду те….
Ма г1ийла къега - кха
Дашо малх нохчий чохь,
Г1айг1ане ма хьоьжу,
Ярташка лаьмнийн бохь.
Чурташ а гуора шаьш
Х1иттина кешнашкахь,
Совдуьйлуш уьду хиш,
Цасовцуш хоршашкахь.
Х1ун г1уда ду теша,
Ца довлург текхна тхо.
Саьрмиках тарделла
Хьаьрчинарг даймахках.
Балане бода бу
Адамийн б1аьргаш чохь,
Питанийн ога ду,
Вежарий къаьстош тхох.
Сан мерза, ойланаш
Дегнаш чу ерзаяй
Сан б1аьргийн нур серло,
Вовшашка хьежа лой,
Барт хилла, иманехь
Цхьана хорша дерза,
Ницкъ лохьа, Я Аллах1!
Хьо везара дуьхьа.
2009
Дахаре
Х1ун къуьйсу, х1ай дахар
Ахь кху сан дагца,
Х1ун бахьна ду далар,
Дуьхьал хьан т1амца?!
Ойла сан керчаяр,
Хин тулг1е санна
Даймахках хьегаяр,
Ненах бер санна!?
Ца даьлла, х1ай дахар,
Хьо дог, сан зийна,
Я эрна ду лехар,
Ирс хьоьца ийна,
Вуй теша ваьхнариг,
Хьоьца дог тийна,
Я вуй хьох къаьстинарг,
Хьох дог 1абийна!?
2003
Резванова Айза
Ас кхуллу сайн илли
Шераш т1е шо дуьллуш д1ааьхарх зама,
Къонлуш ю, хазлуш ю, вайн Соьлжа г1ала.
Юха а керла шо дог1уш ду кхана,
И даздан г1аьттина вайн Даймохк – Нана.
Махкахой декъал беш керлачу шарца,
Ас кхуллу сайн илли, нохчочун ц1арца.
Вовшашца барт болуш, марзонца даха,
Ирс дохьуш дог1ийла керла шо вайна.
Б1аьргаш чохь вовшашна къинхетам гина.
Ойланаш ц1анйойла, шовданел ц1ена,
Баланаш иэшийна, ирс дуьйлуш серла,
Сан хьоме махкахой! Шу декъал дойла.
2010
Мохк бегор
Сан даймохк! Х1ун ду те хьан дегор латта,
Х1ун бала бу теша, са лоьцург хьан?!
Кийра а бат1ош хьо хьовзий те готта,
Сов яьлла те хьуна, къизалла тхан?
Сан даймохк! Диехар дан дац суна атта,
Дац хьуна дала жоп адамех сан,
Амма цхьа кегийра маликаш г1уьтту,
Ког баккха сатесна, лаьтта т1ехь хьан.
Даймохк! Со до1ийца суждана йоьду,
Къинхетам боьху ас, т1аьхьенна тхайн,
Бусалбанаш хилла, иманехь г1овтта,
Ницкъ лолахь ахь царех бай, ирсан дай.
2009
Вай ду-те замано сихдина
Вай ду те замано сихдина?
Я зама сихйина вай?
Вай г1ерта нека деш хих довла,
Генахь а доцушшехь т1ай.
Тахане цалоруш, кхане схьа
Ма еха, им йог1ур яй.
Шен болар ца дохош замано,
Д1абевлла вайн хийла дай.
Йиш, ваша дитина нахаца,
Гергарлло малеха хьайн.
Хьайн наха хьо сий деш ца ларахь.
Хетар ву хьо цхьалха, лай.
Х1ордах д1акъаьстина хин тулг1е,
Латто д1ахудий д1айов.
Вон, дика шен махкахь цалайнарг,
Адмашна вицлой д1авов.
2009
Ма ала
Ма ала, нохчийн къам ц1ена дац,
Талхийна г1иллакхаш вайн. . .
Ден дакъа къонахчо духкур дац,
Г1иллакхаш дицдийр дац дайн.
Ма ала, нохчийн мотт хаза бац,
Бийца а хала бу и.
Сийначу бацалахь лахьийна,
Зезагийн ду иза тхи.
Ма ала, вайн даймохк ирсе бац,
Самукъне дац махкахь вайн,
Седарчий санна шаьш къегина,
Кхуьуш бу вайн кегирхой.
Ма ала, къонахий бисна бац,
Уьш бу вайн лардийраш сий,
Нохчий чохь къонахий цахилча,
Хир дацара ц1ена вайн ц1ий.
2008
Жоп дели….
(Уциев Абуца къамел)
Ма ч1ог1а хьийзабеш,
Керча беш, луьсту ахь.
Ширделла дешнаш а,
Лоьцу ахь, цаций чохь.
Сов къена и дешнаш,
Кула до ахь лехьош,
Бохучун, хьекъале,
Жоп дели ахь кхетош.
- Хестабеш, белабеш,
Бер санна хьоьстуш.
Ламазан хенаца,
Карла а бохуш.
Нохчийн мотт, марзонца
Мел буьйцу къонлуш.
Бехар бу вайн даймохк,
Халкъана ирс луш.
2008
Ирсе б1ов
Хьо х1унда кхийда дог, яханчу замане,
Х1ун деха г1ерта хьо, цу ширчу дахаре,
Лоьху те халонаш, дайшна т1е х1иттина,
Доьху те баланаш, дайн дегнаш цистина?...
Къайленаш йисна те, безамах ястаза ,
Я бахам карий те, хьолан дайн бастаза,
Хьо х1унда г1ерта те, ойланаш хьагийна,
Боданан не1аре, сирла чиркх латийна?...
Лоьху ас марзонаш, дайн уьйраш ч1аг1йина,
Тешаме орамаш 1адаташ х1иттйина.
Г1иллакхе г1ерта со, халонаш эшийна,
Барт боьху, дайн дегнийн баланаш дашийна.
Бахам бу сан цигахь, х1отто мах боцуш,
Ша оьзда бийцинчу нанойн ц1е кхобуш.
Ломарчу шовданел ц1ена ша лоруш,
Нохчийн мотт, орамаш дакъо йиш йоцуш.
Лаамца сий долчу цу маттахь йотта,
Ирсе б1ов т1аьхьаьнна син кхача х1отто.
Са серла даьлча, я, х1иттича холча,
Бахкийта деган не1 йоьллуш со йолча.
2010
Дахар лай
Цкъа хьостий деладеш,
1овжадой делхош,
Вайн г1ийла синош ду,
Дуьнено ловзош.
Вайн майра дегнаш ду,
Куралло 1ехош,
Зоьртала дог1маш ду,
Цамгарша иэгош.
Зама ю дахаран
Орамаш хедош,
Толаман байракх ю
1ожалле кхийдош.
Вай цкъа а ца хилла,
Дуьненан дай ,
1ожалла ю эла,-
Ткъа дахар, лай.
1995
Ца яьхьа со….
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа дуьненах хьега.
Хир дац и боцуш цхьа бала,
Шена чохь адамаш дехаш.
1ожалла йоцуш бу аьлла,
Ца яьхьа со малхах хьега.
Хир бац и боцуш цхьа бала,
Дуьненан яй кхехкош богуш.
1ожалла йоцуш бу аьлла,
Баттах со ца яьхьа хьега.
Хир бац и боцуш цхьа бала,
Буьйсанан бода шех хьерчаш.
1ожалла йоцуш ю аьлла,
Ца яьхьа стигланех хьега.
Хир яц уьш боцуш цхьа бала,
Ткъес детташ, маьхьарца къиекъаш.
1ожалла йоцуш ю аьлла,
Ца яьхьа со мархех хьега.
Хир яц уьш боцуш цхьа бала,
Дог1анца дуьненна йоьлхуш.
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа со латтах хьега.
Хир дац и боцуш цхьа бала,
Дегадеш дог т1ек1ел дуьйлуш.
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа со лаьмнех хьега.
Хир дац уьш боцуш цхьа бала,
Мокхаза т1улган лам хеда.
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа хих а со хьега.
Хир дац и боцуш цхьа бала,
Шен тулг1еш бердех д1аетташ.
1ожалла йоцуш бу аьлла,
Ца яьхьа со мохах хьега.
Хир бац и боцуш цхьа бала,
1аьткъа и даима ц1ийзаш.
1ожалла кхочар ю аьлла,
Кхоламна яц реза йоцуш.
Хастам бо ас Везчу Далла,
Бусалба кхоллам баларна.
Ас къамел до беллачаьрца
Ас хеттарш до беллачаьрга,
Кешнийн кертахь йолалуш.
Хьолах дуьзна дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац дист хуьлуш!?
Делан кхоьлах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а.
Я хьарам дерг шеха къаьстош,
Хьанал рицкъа лехнариг а.
Цхьа воккха стаг хьаставелла,
Телхина лела моьттуш со.
Хаттар деш вист хили соьга:
-Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша жоп делира,
Хоуьйтуш сайн дагахь дерг:
-Ас къамел до беллачаьрца,
Кхето лууш сачохьверг.
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарех дисна ду.
Ткъа дуьненах 1еха ца луш,
Леллачара дитна ду.
2008
Ма г1ерта со къар ян
(Ахмадова Тамарина лерина)
Х1ай зама ! Ма г1ерта со къар ян,
Дог иэшо ма г1ерта сан,
Со кхиъна дахарехь хало ган,
Амал а евзина хьан.
Буьйсанна хаза г1ан дайча а,
1ехалой лелара со,
Безамо б1аьгашца хьаьстича,
Моьттура ирс сайна го.
Гуш долу 1аламан хаза сурт,
Дагна сов и дезалой.
Юьсура беха некъ ас барах,
Цу хазне кхача цалой.
Даггара безачу даймахке,
Боьссинчу балийна дан,
Г1о шен ца хиларна т1улг хилла,
Дисна ду кийрахь дог сан.
До1а деш, б1аьрхишца дехарх а,
Кхолламах яла ца ло.
Ният ду, ца йоха собарах,
Суна хьан къайленаш го.
Х1ай зама ! Ма г1ерта со къар ян,
Дог иэшо ма г1ерта сан,
Со кхиъна дахарехь хало ган,
Амал а евзина хьан. . .
2009
Турпала йиш-ваша
(Абдулазимов Халидан доьзална)
Сан ненан вежарий,йижарий ненан,
Сина мерза кхача шу, дахаран орам.
Сан деган йовхо шух, даглаьцча х1ора.
Къастаран ойлано, иэшадо г1ора.
Шун дегнийн пхенаш ду, вовшеха доьзна,
Цхьанне дог 1овжийча, вукхера лоза.
Шух дечу дозалло, кийрахь дог дуьзна,
Йоккхаеш лардо ас, халонан доза.
Халидан доьзалехь ца хилла цхьа а,
Уосалчу ойлано сак1амдеш цкъа а.
Вон - дика дерзийна барам цабустуш,
Комаьрша г1иллакхаш шайнех цадуьхкуш.
Яхь йолчу къонахчух схьадойлла дегнаш,
Дукха бу, шу санна шаьш хила хьегнарш.
Ц1ена хиш, бух болу шовданаш лору,
Шу санна йиш-вешех,турпалхой олу.
2006
Мульхарг ду?
Муьлхарг ду сан дуьне?
Кхоллам а хьаьнца?
Х1ун дуьйцу ирс хеташ,
Безамах лаьцна?
Хьанах со 1ехало?
Х1ун лаьа довза?
Б1аьргаш а седарчешца
Девлла ловза.
Х1ун оьшу дахарехь,
Хьаьнца ас къуьйсу?
Латта ша хьоьшушшехь
Когаш к1елл соьцу.
Дашо малх комаьрша,
Нур 1енош хьоьжу.
Я дуьхьалл йолана,
Х1умма ца доьху.
Ткъа суна делларг ду
Адмалла Дала.
Цул деза хир дац - кха
Кхин совг1ат цхьа а.
Адмалла даларна
Ийманах кхелла.
Со Далла хастам беш,
Ирс хеташ еха.
2011
Мах эццехь хадабо
Кху дуьненах ч1ог1а 1ехавелла,
Вог1у хьо ца лардеш олу дош,
Зама едда йоьдуш ю сихъелла,
Хан д1акхоьхьу цо, вайн хам ца беш.
Хьарам кхача, - цунах кийра буззий,
Кура хьоьжу кху дуьнене хьо,
Амма 1ожалла т1е те1аш улле,
Цо куралла тухий йожа йо.
Собаре верг, г1ийла миска лоруш,
Къизаллийца дог ахь 1овжа до,
Цхьа де дог1у т1аьххьара г1улч юстуш,
Къонахчуьн мах эццехь хада бо.
2008
Маликаш даьхки-те….
Воккха стаг, хьан стенах самукъа дели?
Маликаш даьхки те кхаъ бохьуш лере?
Я шераш дицделла ойла айъелла?
Баланаш лахбелла хьо сонта ваьлла?!
Шайт1анийн шабаршка ахь ламадег1а,
Къоналлийн забарш еш, ма де дог 1еха.
Дуьненан хазаллехь, эхарт ахь деха,
Некъаш ду шера гуш, ца оьшуш леха.
Мерза са ц1еххьана, 1ожалло лацахь,
Эхартахь кечъйина хьан х1усам яцахь,
Ма шийла 1а хирду, ца вохлуш цкъа а,
Я йовха ц1е хир ю, г1о доцуш цхьа а…. .
2008
Къонахчух
(Кадыров Ахьмад – Хьаьжина)
Дешарх а ца кхачош,
Ца к1ордош цкъа а.
Дукха ю къайленаш
К1оргехь Къор1анан.
Йовхо луш, цхьанна а
Ницкъ боцуш яйа.
Ц1е ахь хьайн йитина
Халкъалахь яга.
Шераш т1е шо дуьллуш,
Д1а эхарх зама,
Дуьненчохь лар юьтуш,
Даг1арх д1а кхана
Къонахчуьн ц1е йоху,
Юх-юха самса.
Ткъа к1иллойн ц1е йойу,
Кхоьруш ун дала.
2008
Сан кегий вежарий
(Т1амо х1аллак биначу нохчийн
к1енташна, деган лазамца)
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Шух хили те т1улгаш ламанийн,
Я баьрзнаш хили те шух хьаннийн,
Я хили те синош акхаройн!?
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Хин тулг1еш хили те шух кегий,
Я маьлхан з1аьнарех сов къегий,
Хьоьжу те тхан б1аьргаш чу лорий!?
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Бисна те шун дагахь цхьа бала,
Ца кхиъна дагахь дерг схьа ала,
Ца яккхарна къинт1ера нана!?
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Мила ву шу некъаш тилийнарг,
Дахаран чиркх хьалхе байинарг,
Ца 1ебаш тхан дегнаш дууш вверг!?
Я Аллах1! Я Аллах1! Я Аллах1!
Собарах ца доха ницкъ лолахь,
Иманехь барт цхьаъ бай нисделахь,
Т1аьхье тхан беркате ахь елахь.
2008
Т1аме
Ма кхера дехьа тхан бераш,
Лоьлхийтуш кийрара дегнаш,
Ма бале леци ахь 1енош,
Тхан махкахь и д1аьвше герзаш.
Барз боцуш лаьтто хьо хударг,
Хилла хьан къизалла дукха,
Тхан къоман ц1ена ц1ий муьйдург,
Хьох дала, тхан нанойн луур.
Т1ехьежо хьайн къиза б1аьргаш,
Делхадеш тхан нанойн дегнаш.
Довлийла хьан, дуьне кхаьрдаш,
Мохь - ц1ог1а даларх, г1о доцуш.
Ма кхера дехьа тхан бераш,
Лоьлхийтуш кийрара дегнаш.
Тха-м даций уьш цхьа да воцуш,
Балийна дуьненчу дохуш.
1995
Йишин безамца
(А.А)
Тийначу буьйсана,
Даьржина бетта са санна.
Ц1еначу безамца,
Хьо дагчохь вехаш ву тхан.
Хьо марша лоьлийла,
Ца лоцуш цхьана а кхело.
Диканца вехийла,
Дахарехь ца гуш кхин хало.
Буьйсана лепачу,
Цу х1ора седанан нуьрах.
Тарделла къегийла,
Даймехкан некъаш хьан ц1арах. . .
2009
Гора дуьне
«Дуьне дош дац»,- цхьамма олу;
Ца кхеташ шен дахарах.
«Гора дуьне !»,- вукхо хьосту;
Х1отто боцуш цунна мах.
Амма дуьне шек ца долу,
Хесторах, я чехорах.
Цо шен декхар ч1ог1а лору,
Ца кхоьруш ша дохорах.
Б1е шаре вай халла кхочу,
Бехкаш дохуш кхолламах.
Эзар шерийн бала токхуш,
Им ца духу, несаллех.
2009
(Межидов Мовлдин к1ентан
Мохьмадан шо кхачарца)
Шо д1а дели хьан дахаран некъан а,
Дуьне довза, ваха веъна хьо.
Хьан кхоллам а хуьлда г1уоза, декъала,
Ирсе кхачош хуьлда боккху ког.
Ийман,ислам долуш хуьлда хьекъале,
Кхоие дерзош хьайн кхолламан де.
Доьзалхо хьо Мохьмад, хуьлда беркате,
Сий деш, ларамца хьан йохуш ц1е.
Кхолламо хьох дагабуьйлуш хьоьстийла,
Ирсах юцуш ц1ена ойланаш.
Дена – нанна деза совг1ат хьох хилла,
Къегийла хьан дахар, седанах.
2010
Генахь дац и аьзнаш
(А – Хь. Хатуевна)
Генахь дац и аьзнаш, дехьачохь санна уьш хеза,
Х1ора г1улч ас йоккху, дуьненахь т1аьххьара лоьруш.
Ялсмана хьозарчий шакаршца соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу, цхьа парду, 1ожалла бен чекх ца йолуш.
Къинт1ера ваьлла со даггара дерриг дуьненна,
Доьху ас къинт1ера довлар а массо а сига.
Лелла вац дахарехь, сайн сина лоьхуш аьхналла,
Ткъа марзо лаьхна ас, дуьненахь массо а сица.
1ожалло дахарца къуьйсучу дозана юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу чот етташ, къай – меллий узуш.
Оьмар ас диканех юттуш ерг соцуш ю сиз т1ехь,
Лийринарг яра еха, т1аьхьенан некъах ирс дуцуш.
Тоьшалла
( Яздархочунна Гадаев
Мохьмад - Салахьна)
1ожаллийн б1аьргаш чу собарца хьоьжуш,
Хоьттина т1аьхьенан некъах шен некъ,
Кхолламца цхьа а ч1ир, гамо ца лоьцуш,
Цо лайна халонаш, дустуш харц - бакъ.
Къаьхьачу балано ирсан некъ боьхкуш,
Мерзачу дахаран талхорах чам.
Ц1еначу безамца вайн Даймохк хьоьстуш,
Доьналлехь яьккхина хилла цо хан.
Массо а синан ю 1ожалла эла,
Делахь а, стогалла эшаяц цо.
Къонахчо аьлла дош, ца хуьлу къера,
И лела дуьненчохь ша туьссуш гуо.
Дахаре оьг1азе ма хьежа б1аьргаш,
Я ирсах кхолламе ма еха ч1ир,
Хьекъалах дагавуьйлуш, ийманехь ваьхнарг,
Вахнад1а масална юьтуш шен лар.
2009
Цу некъан кхоллам
(Нохчийчохь дуьххьара «Исламан з1аьнарш»
ц1е йолу газет ара даьккхинчу
Жуьнийдан Мас1удна лерина)
Х1иллане йоцчу ойланца,
Дахарехь ирсе кхаж баьлла.
Исламан Динан З1аьнаршца
Хьан деган малх баьлла серла.
Деган нур т1ома айделла,
Исламан сийлалла кхайкхош.
Боданехь ца дуьтуш 1илла,
Вог1у хьо Делан дин хестош.
Ийманца иэшийна кхерам,
Исламца баьккхи ахь толам.
Везачу Далла беш хастам,
Къобал беш бусалба кхоллам.
Азаллера Абаде кхаччалц,
Лекха бу толаман х1оллам.
Махьшерийн майдана кхаччалц,
Беха бу цу некъан кхоллам.
Сан заманах
(Эпиграф Ш.Рашидовн
Заманан хьехам)
Шена бен хьехаман,
Сий, ларам ша бина,
Болар а лахдина.
Ладег1а яьлла бах,
Яханчу замано,
Г1айг1ане ша йина.
Хьекъалах дагъяьлла,
Диканах дог тешна,
Цагойтуш ша йоьхна.
Т1аьхьарчу замано,
Буолар шен сихдина,
Болх Деле кховдийна.
Яханчу заманан,
Цу ирсах ша хьегна,
Дикане сатесна.
Цасоцуш, хин йолчу
Халонна б1о къежна,
Шовкъе и хилла бах.
-Реза ю Дала ен
Кхелана ша аьлла,
Сингаттам д1абаккхий,
Парг1ата хьо хила,
Халонаш отуш ша,
Хьожур ю чекхъяла.
Ойла еш ладоьг1чи,
Малх гуора стигалахь
Кхин хийцам боцуш,
Адамийн беснаш а,
Го нуьре шаьш лепаш,
Ойланаш сирла.
Рицкъанаш дахарехь,
Са дуьйлуш дебара,
Беркате доцу.
Иман шаьш хьоьхурш а,
Х1илланца чекхбовла,
Некъ шайна бостуш.
Стиглара седарчий,
Нур даьгна 1арждаллал,
Яьржира харцонаш.
Тешам а д1абайна,
Ша шех а шек валлал,
Юьйцура шалхонаш.
Лулахойн дог кхардош,
Г1ийлачийн хьакъ лечкъош,
Т1ек1ал еш г1аланаш.
Хьанал къахьегарх а,
Цадовлуш декхарах,
Адамаш а балехь.
Эхарта беха некъ,
Дуьненан дагчухулл,
Биллина Дала.
Адамаш, кхин долу
Синош а, д1аоьхуш,
Некъахой ма ду.
Я Аллах1! 1ожалло
Эхартан не1 еллалц,
Ийманехь даха.
Ницкъ лохьа, дийхир бах
Замано, ца еш шех
Йоьхь 1аьржон тешха.
Юха а йорт еттачу
Замано элира бах,
Ша ойла йина.
-Тешаме куьг кховдош,
Бакъоно не1 тохахь,
Юьтур яц тесна.
Ша лайнарг, я дайнарг,
Д1адийца стаг воцуш,
Къонахий эгна.
Йисарна кхоьру ша,
Т1ом ирча зулам ду,
Жоьпехь стаг воцуш.
Алхьамдулиллах1и!
Къинхетам шорта бу,
Вайн везчу Делан.
Йиш ма яц дуьнен чохь,
Бакъо а эшийна,
Харцо д1алела.
Хьаьдда схьадог1у хи,
Даьржина хиларх а,
Сецначохь хьаьа.
Синош вайн бусалба
Кхолларна, вайн Далла,
Хастам бан лаьа.
18/ 11. 2009
Декийта
(Эпиграф)
Самукъне декийта
Гуьмсехахь иллийн аз
Хьоьгар ю Гуьмсехах
Ериг Кавказ…..
Самукъне декийта Гуьмсехахь иллийн аз,
Урамаш дахкийта дешиха кхолуш.
Йоккхаеш хьоьжур ю, шун ирсах хьоьгур яц,
Даггара шу г1оза дехийла бохуш.
Гуьмсехахь, Шелахь а, Мартан т1ехь, Соьлжехь,
Нохчий чохь бехаш сан махкахой бу.
Сан къомах муьлхарг а, х1ора шен х1усамехь,
Хьешана шун х1отто кийча хир ву.
Амма цхьаъ халоно г1елвина вужуш гахь,
Кийча ю, сих х1отто г1ортор а г1онна.
Мацца а цкъа дахар д1ахаьдда, эрна лахь,
Оьмар а ешар ю, гулйинарг лонах.
2011
Резванова Айза
Т1е эца…
Х1ей, Марта!
Хьо деган г1айре тхан Даймехкан,
Тешаме г1ортор хьо дег1астан,
Беркате х1усам хьайн доьзалан,
Ду хьоьга тхан мерза маршалла,
Т1е эца къовлуш тхо хьайн мара,
Беркате дайбаьхна тхан Марта!
Х1ей,Марта!
Яхь йолу къонахий кхиийна,
Оьздачу дайн, нанойн сий дина,
Ирс декъа хьан х1усмехь вовшашца,
Дог1у тхо барт болуш, марзонца,
Т1е эца къовлуш тхо хьайн мара,
Беркате дайбаьхна тхан Марта!
Х1ей, Марта!
Мисара болатан хьег1 хилла,
Лаьттина кийра хьан бакъонна,
Мерзачу безаман мутт мийла,
Хьайн деган не1 йоьллуш маршонна ,
Т1е эца къовлуш тхо хьайн мара,
Беркате дайбаьхна тхан Марта!
2010
Яздархочунна
Б1аьстено заз санна
Яьстина, ахь ц1ена ойланаш,
Бесс-бесар стом хилла
Яьржина,токхе деш адамаш.
Кхаьллича мутт 1енаш,
Х1ора стом бу мерза, чомехь.
Иштта хьан ойланаш,
Йовхо луш ю, дагна томехь.
2009
Поэзийн махка
Сайн дагца ниет а дина,
Бераллехь яьллера новкъа,
Поэзий, хьан махках ийна!
Хьох хьаьрчаш, ирс хьоьца декъа.
Жималлехь цу некъах тилла,
Кхолламо йигира гена,
Лаамах сатийсам хилла,
Кхебира хьо дагчохь тийна.
Беха некъ дахарехь бина,
Ниет а кхочуш дан лиъна,
Исбаьхьчу хазаллех ийна,
Кхечи со хьан махка сирла.
Седарчех йоьттина б1аьвнаш,
Хи бухлахь забаре лепаш,
Цу маьлхан з1аьнараш лоьцуш,
Юьйцина керташ го къегаш.
Туьйранахь юьйцу ца хезна,
Исбаьхьчу хазалле кхаьчна,
Поэзий, ахь ирсах дуьзна,
Саций дог, дахарехь лезна.
2008
Илланча
(Дагаев Валидана )
Жимчохь дуьйна ас ла доьг1уш,
Хьан аз суна девзаш ду.
Вайн даймехкан иллеш олуш,
Хьан зевне аз хаза ду.
Денна хийцалуш схьахеза,
Къона илланчийн аьзнаш.
Царна юккъехь къона хета,
Ахь олуш долу иллеш.
Вайн даймехкан хазаллийца,
Хьан зевне аз дог1уш ду.
Ахь иллешкахь ма хестора,
Вайн исбаьхьа даймохк бу.
Ломахь озах хьан тарделла,
Дека шийла шовданаш.
Сайн бан беза некъ бицбелла,
Со ю царга ладоьг1уш.
Б1е шерашкахь идарх зама,
Хийца яларх бакъонаш.
Даймохк даим къона хир бу,
Хьан аз цуьнца дехар ду.
1987шо
К1еда, мерза аз
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Тешаме хьан аз.
Т1еман г1овг1а иэшо, ирсах дегнаш тешо,
К1еда, мерза аз.
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Машаре хьан аз.
Йоьхна ойла 1ехо, берийн б1аьргаш дело,
К1еда, мерза аз.
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Сирла ц1ена аз.
Шовданех д1аийна, безам марзо йийца,
К1еда, мерза аз.
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Зевне сирла аз.
Къизалла д1акъасто, сийлахь даймохк хесто,
К1еда, мерза аз.
Цхьа миска ю иза бохучунна
(М.И)
Цхьа миска ю иза,
Пекъар дуьненан.
Ахь бахар дуй теша,
Хетар хьо эла?
Ахь соьга ла дог1а,
Ойла еш дикка,
Цул т1аьхьа хаттарна,
Жоп суна дита.
Яц хьуна со пекъар,
Ю Делан миска,
Собарца 1емина,
Дика - вон дуста,
Яц хьуна со г1ийла,
Са меца дисина,
Дуьненан рицкъанах,
Ца 1ебаш йисина,
Яц хьуна со пекъар,
Ю Делан миска,
Со санна адмашна,
Декхар ца йисина.
Азаллийн кхолламна,
Дог реза хилла,
Ца йоха сайн дагца,
Ниет а дина.
Дуьненан хазаллех
1еха а елла,
Ца лелла дахарехь,
Со некъах тилла,
Юхалург делла са,
Юьхь к1айн лелийна,
Со-м Делан миска ю,
Хьо мичхьара, мила?!
2008
Пондаран аз
(Паскаев Рамзанан 60 шо кхачарца)
Беха некъ дахарехь ас бина,
Бустуьйтуш ойланца соьга.
Пондаран озо схьа мелл гинчу,
Суьртех сан даге жоп доьху.
Пондаран озо са доссадо,
Самукъне жималлийн ирзе,
Б1аьрзениг ойланца воссаво,
Ша ган сатесначу ирсе.
Пондаран дут1къа аз тийсало,
Чов хилла бисна муо ийзош,
Кхолламца дог кхин ца къийсало,
Азаллийн бакъонаш лоьруш.
Уьдучу замано туьйсу го,
Пондаран озе ладоьг1уш,
Хьосту дог, мерзачу безамо,
Д1аяхна хан карла йохуш.
Генара сурт хьалха х1иттадо,
Ойланца яхна хан луьстуш.
Жима а, воккха а, ирсе во,
Пондаро озаца хьоьстуш.
2007
Кехатийн зама
Мацах цкъа дуьйцуш хезнера вайн дайша,
Бакъонаш кехатийн хир ю вайн бохуш.
И зама ю вайгахь тахана хьаша,
Иза а д1аг1ор ю вай вовшен дашахь.
Са а дац ц1ий а дац, кехат вай лара,
Дац иза даздина синойл вайн Дала.
Веш - йишех, гергарчех, волуш сов хиера,
Вай цуьнца ца къаьсташ, самукъне лела.
Цхьанне а ц1е тоьхна, ахча ца лела.
Шайт1а ду, адамаш дохуш дерг хиера,
Тешнабехк бу цуьнца амал д1аиер
Стагна шех тарвалар, дуьненан эла.
Дуьне а лаьттар ду, дахар ду доца,
Да-нана, йиш – ваша, 1ожалло лоцу.
Кехаттам ахча ду, амма дац деха,
Ахчанца гергарло, дуьсуш ду боьха.
2008
Лоьрашна
Цамгаро шена пхьар дина,
Церг туьйссуш къийзадо дилх.
Мерза са лаца сатесна,
Кам1арашца туьйсу зирх.
Лоьраш ду Делан Маликаш,
Цамгаршца т1ом цара бо.
Дарбане молха ду куйгаш,
Б1аргашчохь къинхетам, г1о.
Мотт сецош цамгар т1етаь1ча,
Шен мерза са а къахьло.
Амма дог деттало тешна,
Боккха ницкъ лоьрашкахь го.
Лоьраш, шу Делан Маликаш!
Ойланаш шун ц1ена ю.
Дахарехь ирс, аьтто хьиекъаш,
Сирла некъ хуьлийла шун.
2008
Макажойн куй
(Хирургана,Баиев Хьасанна)
Эшац тхуна доктор мом,
Баиев ву воккха лор,
Дарбане ду цуьнан куьг,
Цундела ву и хирург.
Америкехь,Африкехь,
Вевзаш ву массо меттехь,
Дозалийца нохчийчохь,
Макаж ламан къега бохь,
Къера хир бац баарх дуй,
Хьасан Макажойн бу куй,
Куйца къонах къаьста во,
Къонахчуьнца тайпа го.
Эшац тхуна доктор мом,
Баиев ву нохчийн лор.
2010
Винчу денца
( Резванов Хьасанна )
Тахана 1аламца
Малх ловза баьлла,
Хьо вина де хаздан,
Б1аьсте еана.
Кху дийнах кхаъ хилла,
Самдаьлла латта,
Самукъне шен кузаш,
Даржийна лаьтта.
Басаршца кечделла,
Зезагаш сетта,
Мехкарша къайлаха,
Хьоьга б1аьрг баьтта.
Ялхийтта шеран некъ,
Замано буьсти,
Жималлийн амало,
Хьан б1аьргаш хьаьсти,
Де - буьйса хийцалуш,
Ирс алсам дуьйлуш,
Безаман мерза мутт,
Дахарехь муьйлуш.
Тешаме накъостийн,
Сий-ларам болуш,
Хьо г1оза вехийла,
Дог ловза дуьйлуш.
2006
Х1аъ ву те, и……
(Эльжуркаев Мохьмадан 65 шо
кхачарца)
Х1ан – х1а, и иштта вац,
И вац эш вуьйцург.
Цхьа х1илла цуьнца дац,
Дош ду цо дуьйцург.
К1иллойн ун кхета бац
Меттиг а гонах.
Коьрта т1е йис йилларх,
И ву цхьа къонах.
Х1ан – х1а, и иштта вац,
И вац эш вуьйцург.
Цуьнан дайшна тайна дац,
Стагехь там боцург.
Шен ненан кийрахь и,
Гина ву г1иллакх.
Дилх дац и схьагуш дерг,
Вуьзна, доьналлех.
Х1аъ – ву те, и ву – кха,
Харцо ца лайнарг,
Бакъонна шех накъост
Хилла, г1аьттинарг.
Кийсикаш еш дог шен,
Халкъана даькънарг.
И ву и, Даймехкан
Хьакъ волу къонах.
Даймекан хилийта верас
(Шаид Рашидовн 70 шо кхачарца)
Хьо хилла кхиийна халкъана,
Яхь йолчу оьздачу нанас.
Собаре, г1иллакхах вуьззина,
Даймехкан хилийта верас.
Хьо иэрна ца лелла дуьненчохь,
Дайн весет ахь кхочуш дина.
Т1аьхьенна бакъонан некъат1ехь,
Тешаме т1ай а тиллина.
Лаьмнашца, хьаннашца, некъашца,
Ц1ена дог-ойла ахь екъна.
Илешца, байташца, безамца,
Адамийн бала д1аиэцна.
Поэзийн марзонах ийна,
Массане ахь ирсе вина.
Некъана накъост хьайх хилла,
Дахаре ойла денйина.
Дегнаш чохь даймехкан, халкъан,
Шерашкахь кхиийна безам.
Кхоллам хьан декъал беш тахна,
Д1акховдо хилла сан лаам.
Дахарехь некъ иэрна бина,
Ца кхечи тахане хьуна,
Делера кхаъ совг1ат хилла,
Хьо дукха вехийла тхуна.
2009
Даге
(Абдулаев Лечин к1ант
Кхалхаран хьокъехь)
Дакъаза ма дала, кийрара хьо дог сан,
Х1унда хьо г1елделла, некъ юккъе баланза?
Ойланийн архаш ахь, есале хецна д1а,
Самукъне хилла аз, къарделла хеза схьа.
Г1о-накъосталлина, ма кийча дара хьо,
Г1ийланиг, мисканиг, гергара вара хьан,
Нийят а хьан ц1ена, х1ун бахьна ду дохо,
Хьо х1унда къар дели, иэший хьо, замано?!
Делла ма дала хьо, буо берах тарделла,
Сел миска хьо хилча, мила хир сан эла?
Хьох накъост сайн вина, балхийна къа-бала,
Мила ву тешаме сан сина, кхин хьолл а?
Балано 1овжорах, дахар д1а хедаш дац,
Вон-дика ца херца, заманан бакъо яц,
Дакъаза ма даларг, сан дехар ду хьоьга,
Г1елделла дисарх а, доха ма дохалахь.
2009
Эх1, хьо къонах
(Сайн хьомечу шичана)
Эх1, хьо къонах, толам хьо къийсамехь,
Хьан дахар масалл ду мехала.
Деган не1 йиллина,
Сирла чиркх латийна,
Некъ маьрша битинарг къомана.
Эх1, хьо къонах, тоьшалла заманна,
Хьо ваьхна т1ег1а хир къегина,
Совг1ат ду халкъана,
Г1иллакх ахь х1оттийна,
Син кхача массо а адмана.
Эх1, хьо къонах, хьегам хьо мехкаршна!
Ирсе бу кхоллам хьан езаран.
Безамца йовхо,
Хьан ц1аро кховдор,
Сатийсам кхаьбначу дегнашка.
Эх1, хьо къонах,массо а заманна!
Хьо жоп, тхан дезачу до1ийна.
Азаллера, абаде,
Дуьненан дозалла,
Даймехкан сий дина къонаха.
2010
Мехал а деза…..
(Махчаев Супянна)
Мерза ду муьстаниг
Дог эца накъостий белахь,
Къаьхьа ду мерзаниг,
И шенна къуьйлуш стаг велахь,
Мехал а деза ду
К1еззиг дерг, и наха ларахь,
Амма дац данне а,
Дегнашна луш йовхо яцахь.
Серло ю бодашкахь,
Ойланаш самукъне елахь,
Цхьа 1аьржа т1еда бу
Дуьне а, дог балехь делахь.
Дуьненахь делла ду,
И адам, са чохь и хиларх,
Наха шайн диканехь,
Вонехь а, ц1е лелош дацахь.
2010
Ахь дог1а ма детта
А-Хь
Ахь дог1а ма детта хьайн дагна,
Ма кхера елларна не1,
Чиркх боцчу х1усамех дог хьегна
Яций сом, г1аддайна йо1.
Я малхо шен серло кхоайой,
Ца къовлу, суьйренца ков,
Шеконех бух боцу г1ала яй,
Ма хьеде бехк боцу дов.
Барамал сов хеттехь сан лерам,
Бехк суна ма билла ахь,
Вошалла, г1иллакхе хьан хьехам,
Бу суна дуьненан мах.
Бодашка хьан дог ца къовлийта,
Тешавеш ца баарх дуй,
Реза ю сайн дахар дагадеш,
Хьан кхерчахь багийта суй.
Яц хьуна безамна со йогуш,
Ца байна дуьненах чам,
Ца лало, адамийн дог лозуш,
Вайн дахар доллушехь г1ан.
Г1иллакх
(Э.Минкаиловна)
Къонахчо юхкуш, я оьцуш яц стогалла,
Я воцчух къонах веш молха а дац.
Вайн дайша литтина г1иллакхаш дарбанна,
Лелочух , к1иллойн ун кхета йиш яц.
Б1ешерийн цецех чекхдаьхна и г1иллакхаш,
Бакъонан олалла шаьш лелош ду.
Муьлххачу къийвсамехь толам шаьш баьккхинарш,
И дарба шайн кийрахь карийнарш бу.
Лаккхарчу даржашкахь ма леха стогалла,
Я г1ийлачуьнгара, ма къийзае.
Яхь йолчуьнгахь хуьлу, и къаго говзалла,
Йоцчуьнга, цуьнан мукъ ма кхийдабе.
Карзахе къоналла, доьналлийн зама,
Къаьстича, мехалчу дахарах д1а?
Сих хьаьрчаш, амалах д1аийна лелла,
Г1иллакхо х1иттайо, г1ортораш схьа.
2010
Бераллех дагадовлар.
Массо х1умнах кхета йоьлчи
Вай бераллех къаьсташ го.
Цуьнца ийна саца лиъчи
Замано хан чехайо.
Вайн ловзар а,вайн делар а
Хир ду моьттур даиман
Ткъа бераллех 1еха дела
Яьхьнарг хилла к1еззиг хан.
Вайн бералла вовшах х1уттуш
Теснарг хилла дуткъа тай.
Дахарехь ирс лаха олуш
Вайна дилли,дехха т1ай.
Вайн бераллех дага довла
Тахна схьагулделла вай.
Вай ирсе гуш сакъералуш
Хьоьжуш го вайн хьехархой.
Нанас бина доьзал санна
Цхьана доьшуш яьхна хан
Сан дахаран,седа хилла
Суна лепа даиман.
1986
Резванова Айза
Хьехархошна
Шу г1елделла хир ду ч1ог1а,
Зама яхна гена д1а.
Шайн дикаллийн доцуш доза,
Аш къахьийги 1амош тхо.
Тхан дай-наний хиларх мерза,
Школа дара шолг1а ц1а.
Г1иллакх,г1уллакх, хьоьхуш оьзда,
Хьехархой шу дара тхан.
Дуьне довза, дахар деза,
Серла йохуш ойланаш.
Аш кхолламна ди тхо реза,
Ирсе некъа х1иттадеш.
Тхо-м лелара сакъералуш,
Боцуш кхетам шу лардан.
Ткъа тахана баркаллийца,
Лаьа къовла шу мара.
Шолг1а наной, дай а хилла,
Лаьттина тхан хьехархой.
Ас баркалла боху шуна,
Ирсе дарна, дахар тхайн.
2010
Резванова Айза
Хьехархо
Хьекъале ю хьехархо,
Цунна девза дика, вон.
Ийман шеца хиларна,
Цо и доькъу берашца.
Деша бераш,- боху цо:
Шуьца ма ю тхан йовхо.
1илма шуна довзаро,
Тосур ду шун гергарло.
Герга валош генара,
Хьекъал доькъуш вовшенца,
Бертахь даха 1амадо,
Деша говза хиларо.
Т1аккха хьоьху, тхуна цо:
-Г1иллакх коьрта бахам бу,
Лоруш хилахь нана, да,
Дала ша шу лорур ду.
Берашца аш дов ма де,
Царна чехош вас ма йе.
Сиха йолу зама д1а,
Кхуьу бераш марзонца.
-Бертахь хила, - боху цо:
Беркате хир бу, шун го.
Сакъералуш вовшашца,
Ирсе некъаш довзарца.
Иштта ю тхан хьехархо,
Тхан амалаш тодархо.
Ирсан доза гайтархо,
Тхан сий лакха айдархо.
Тхо ду цуьнан дешархой,
Ирсе даха 1амархой.
Баркаллийца, декхар тхайн,
Кхочуш дан т1елацархой.
2010
Бераллин х1усаме
Даггара маршалла ду хьоьга,
Тхан мерза доттаг1а, Бералла!
Тахана ойланца дуьссу тхо,
Сирлачу хьан х1усме хьошалг1а.
Сатуйссуш хьан зевне аз хаза,
Б1аьргашца хьан суьрташ луьстуш.
Вовшашка хьоьжу тхо безамца,
Самукъне хан карлаюьйлуш.
Гилхана ирзешкахь ловзарга,
Х1итти тхо к1еззигчу ханна.
Цергех хи туьйссуш цу марзонга,
Г1ерта дог юха а денна.
Дехар ду тхан хьоьга,х1ай зама!
Ца дуьтуш тхан дахкар эрна.
Хьасталахь, 1ехаеш къаналла,
Ахь х1етахь, бералла санна.
2008
Резванова Айза
Заманан аьхкаш
Ас бехке х1унда йо, гуьйре,
Цкъа хадарх дуткъделла тай.
Малх къагарх, шен рог1ехь дуьне,
1аьно а лоцу, ша бой.
Ткъа баьсте, 1аламан эла,
Къоналлин самукъне той.
Къаналла юьтуш шех хьега,
Цо узу шен коре бой.
Бераллин нана ю аьхке,
Массо а са дузадой.
Йовхо цо кхийдорах лаьтте,
И лоллу мохо, дов дой.
1а, баьсте, аьхке я гуьйре,
Аьхкаш ю заманан тай т1ехь,
Де, буьйса, 1уьйре, я суьйре,
Дакъош ду, дахаран т1ай т1ехь.
2010
Гуьйренан раг1
Шен амале 1алам дерзош,
Гуьйрено раг1 ийци схьа,
Мохо ийзош диттех къаьстош,
Г1аш аренга кхоьхьу д1а.
Цкъа малх къега, кхийдош з1аьнарш,
Гуьйрене шен саламца,
Т1аккха йоьлху, мокха мархаш,
Латта лийчош дог1анца.
Генна стиглахь, нисдеш мог1наш,
Г1ийла аьзнаш хазош схьа,
Г1арг1улеш ю, дог цадог1уш,
Кхечу махка йоьлхуш д1а.
1аламо т1еоьцу лоруш,
Х1ора хан а замана,
Цуьнан йиш яц, 1а баьстенца,
Хийца вайна томана.
2005
Х1ун дара те….?
( Йишина, Раисина.)
Х1ун дара те, мохь тоьхча дуьнене,
Кхайкха беш сайн бала д1а.
Кхоьру – кха аларна кхолламо,
Ма осала лела - кха хьо.
Х1ун дара те, ас б1аьрхиш 1анийча.
Д1ахьулдеш сайн мерза са.
Дерриг а гуш йолчу замано,
Кхоьру бехк баккхарна со.
Х1ун дара те, де-буьйса ца лоруш,
Адмашка ас дехчи г1о.
Кхоьру - кха, сов холча х1иттийна,
Ас цера хьарчорна къа.
Х1ун дара те, ламаз деш,до1ийца,
Суждане яхача со.
Дуьненан,эхартан да волу,
Делера хирдар-кха г1о.
4. 9 / 2009
Вуочу цамгарна
Хьичча, маржа, хьо цамгар,
Дилхах къасто ххьоккхуш д1а.
Маржа я1, деган лазам,
Ох1ла яц – кха дарба дан.
Кхоиэ хир - кха, цхьа де, цкъа,
Дуьхьал д1авш а карийна,
Зирх ца буьтуш доь хьан дайа,
Массо сих а ч1ир иэца.
Шух кхетар, шун дезар
Зама д1аюстучу дуьненах со кхета,
Де - буьйса луьстучу заманах со кхета,
Адамаш сов къиза, х1унда ду, цакхета!?
Х1етте а адамаш, сан дагна шу деза,
Шух кхетар, шун дезар, адмалла а хета.
Вон - дика хоьрцучу дахарах со кхета,
Бакъонаш лоьручу кхолламах со кхета,
Адмаша тешнабехк х1унда бо, ца кхета!?
Х1етте а адамаш, дог ч1ог1а шух теша,
Шух кхетар, шу дезар, адмалла а хета.
Де серла доккхучу малхах а со кхета,
Буьйсанах, беттасих, седарчех со кхета,
Мерзаниг къахь дечу адамех, цакхета,
Х1етте а адамаш, сина- марзо шу хета,
Шух кхетар, шу дезар адмалла а хета.
Шен бала базбелла воьлхучух со кхета,
Лаамах кхаъ хилла воьлучух со кхета,
Дог дуьзна боцучу, безамах ца кхета,
Адамаш, дахаре сайн безам шу хета,
Шух кхетар, шу дезар, адмалла а хета.
2010
Резванова Айза
Зударий, шу декъал дойла
Б1аьстено жил-1алам санна,
Денъеш шун дахаре ойла.
Делера кхаъ совг1ат хилла,
Зударий, шу декъал дойла!
Бошмашкахь доьллу заз санна,
Ойланаш шун йохуш серла.
Доьзалаш беркате кхиъна,
Зударий, шу декъал дойла.
Мутт дуьлу мерза стом санна,
Безаман марзонах ийна.
Ирсаца бала иэшийна,
Зударий, шу декъал дойла.
Даймехкан г1иллакхаш лоьруш,
Доьналлехь даха ницкъ лойла.
Дуьнено сий дан хьакъ долу,
Зударий, шу декъал дойла!
2009
1аламна геч дина
Б1аьстенан 1аламна геч дина
Ц1ен зезаг санна,
Са маьлха долу сан хьо гича
Сан хьоме нана.
Кийрахь дог тохалой ойлано,
Са дуьгу лома,
Шовданех д1аиэлой зевне аз,
Эшаршка долу.
Малхо шен йовхо луш аренгахь,
Зезагаш досту.
З1аьнарийн куьг хьокхуш массо а
Са маьрша доккху.
Нанас шен безамца кхерчашкахь
Доьзалаш хьоьсту.
Мерза са ца кхоош дахарна,
Ирсе некъ босту.
Беркате йо1
Ахь х1унда гатдо са ,
Паччахьа нана,
Совг1ат делла хьуна,
Везачу Дала.
Билгал веш мух1арца,
К1ант хьуна велла,
Ц1ена некъ маршонна,
Ша цуьнга белла.
Ларамза вас ярна,
Кхоьруш ша дашца.
Мотт буьйцу сов к1еда,
Цо вайн адмашца.
Хьесталуш вац иза,
Шен халкъ цо хьоьсту.
Х1оранна дагчуьра,
Ша дашца босту.
- «Беркате йо1 хилла,
Паччахьан нана.
Совг1ат ду махкана
К1ант цо кхиийна»
Бохуш до дозалла,
Хьан к1антах наха.
Даггара баркалла,
Хьо нанна олу.
Г1айг1ане ма хила,
Паччахьан нана,
Я хасто яздина ,
Ма мотта хьуна.
Хьо яра махко а,
Хаьржина эла,
Амма хьо Дала а
Хилла къастийна.
Оьзда нана
(Рашидова Малканна)
Ехийла хьо оьзда нана,
Х1усамна йовхо луш денна.
Дог делош ирсе нур Дала,
Дохийла хьан х1усамехь серла.
Хьан ц1ена ойланех терра,
Дебийла дахарехь беркат.
Баланаш эшийна, тоьлла,
Лаьттийла могшалла дег1ехь.
Х1иллане доцу хьан г1иллакх,
Доьрзийла х1оранна кийра.
Ийманехь, цхьа барт а хилла,
Нохчийчохь ирсе некъ билла..
2011
Нана, сатийсинарг
Муха ду хьан яхар, хьо хьанна къежа?
Кариний те хьуна ирс къега лам?
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м, телхина, дахаран чам.
Кхиина йохучу йоь1ан некъ боьхна,
Дог хьаста вац цхьа а, я хьехар дан.
И лаьтта хьан суьрта т1е б1аьргаш доьг1на,
Яц нана, хьеган бен, езарх а ган.
1уьйранна цаг1оттуш висина ваша,
Цамгаро 1аьвдина шен мерза са.
Жима куьг дог лозуш, хьекхарх т1е йишас,
Цо ненан йовхоне туьйсура са.
Къинхетам са баьлла кийрахь дог доьлхуш,
Къона да х1оьттира к1антана т1е.
- «Х1ун лозу, мичхьара?», Хаьттарш деш, хьоьстуш,
Цо сихха лоьраш а бийхира схьа.
Амма к1ант 1уьллура, ша г1ийла хьоьжуш,
Т1аьхьарра баьтташ шайн не1аре б1аьрг.
Меллаша цо ойла къадийра, доьхуш,
- « Нана, сатийсинарг, кхачахьа схьа ».
Мичхьа ду хьан лелар, хьо муха еха?
Кариний те хьуна ирс къега лам?
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м, телхина дахаран чам.
2010
Маршалла ас хотту хьоьга
(Тхайн нанна, Нуриштана)
1уьйренца дашо малх къега,
Зезагаш т1ехь лепа тхи,
Маршалла ас хоту хьоьга,
Сан нана, йохуш хьан ц1е.
Совг1ат ду сайн кхоллам суна,
Реза ю дахарна со,
Собаре, дешийн лам санна,
Дог хьаста хиларна, хьо.
Ирс а дац карош т1е иэца,
Цатоарх дахарехь и,
Самукъа, сан марзо хьоьца,
Цул доккха ирс дуй те кхин?!
Хьан дагчохь ехийла б1аьсте,
Ца дог1уш кхоьлина де,
Ирс бухах дуьйлучу хьосте,
Юьгийла дахаро хьо.
2009
Ца евза нана
(Умкина)
Суна-м хьо ца гина, лаарх ган нана,
Амал а ца евза, муха ю и?
Х1етте а б1аьргаша, яздо хьан амат,
Цул хаза дуьненчохь х1ума дац кхин.
Хьан аз а ца хезна, сатийсарх хийла,
Саде1ар сацийна ладег1арх тийна,
Зов деъча сан лере, хьан озах ийна,
Цул мерза дацар-кха, х1ума сан сина.
Ца карий хьан куьйгийн ховхалла суна,
Хьо лоьхуш кхин наной къийларах мара,
Г1енаха хьо еъча, сатийсам хилла,
Ма бовха кхаъ бар-кха, сан дагчохь 1илла.
Дахарехь со хьегна, ца евза нана,
Дог хьаста, хьехар дан ас ехнарг хийла.
Ма ч1ог1а оьшу хьо, декъазчу сина,
Йолахьа йовхо луш, Малх кхеттачу денна.
2010
Юттийла ахь ирсе г1ала
(Керимова Сацитина)
Ладог1а ахь соьга сан хьоме Майса,
Сан дагца схьаийна хьо жимчохь дуьйна.
Самукъне хьо хилча дог доьлуш хьоьца.
Ткъа г1айг1ане яйча лууш дог эца.
Сайн дагчохь гулъелла безаман марзо,
Лаьаркха тахана хьоьга д1акховдо.
Хьан х1усмехь йостийла лаьаркха Дала
Ирс бухах дуьйлу хьост, цалекъаш цкъа а.
Лаьтта т1ехь хиш санна даьржийла шорта,
Беркате рицкъа хьан оьздачу керта .
Ца бог1уш х1усаме дог 1овжош бала,
Дахарехь юттийла, ахь ирсе г1ала.
2006
Нана резаяй
Хьайн нана резаяй валалахь хьо новкъа
И хьастий даккхалахь, цуьнан дог ахь ловза,
Делера пурбанца кхаъ бахьаш шаьш бовха.
Стиглара маликаш дуьссур ду хьо вовза.
Боккхачу ларамца ненан ц1е яккхалахь,
Хьайн лаам иеша бай, цуьнан дош ларделахь.
Даьллехь а цунах дерг г1алат ма ларалахь,
Вай Далла хьалхахь хьо, йоьхь к1айн хир ву хьуна.
Мерзачу безамца хьан б1аьргаш хьистинарг,
Хьоьгарчу лазаро кийрахь дог цистинарг.
Хьуна чу са дуьллуш шена юкъ йихкинарг,
Хьан нана ю хьуна, собаре хилалахь.
Шен нана хьистинарг дахарехь хьестинарг,
Шен нана елхийнарг дахарехь иешийнарг .
Шен ненан сий динарг, сийлалле х1оттийнарг,
Вайн Дела ву хьуна, тидам беш хилалахь.
2008
Ненан лаам.
Малх схьакхеташ,и чу бузуш,
Хенаш хуьйцу замано.
Ворх1 дуьненна го туьссийтуш,
Ойла йойту балано.
Собаре дог кийрахь сецош,
Шашах б1аьргех уьду хиш.
Аьро аг1он т1е куьг хьоькхуш,
Сингаттам бу,ненан гуш.
Цуьрриг шеко дагт1ехь йоцуш,
Буса, дийнахь, йоьллуш не1.
Нанас к1антах дог ца дуьллуш,
Массо хенахь лар бо кхаъ.
Х1унда бу сан кхоллам къиза,
Бохуш, тийжаш нана яц.
Къайлах хастам беш цо хеза,
Делер доцуш х1умма дац.
2008
Резванова Айза
Лулахошна
(Гакаева Лайла лоруш)
Иралло кийрахь дог эт1ош,
Мохь – ц1ог1а нуьцкъала дийларх,
Генара вац хьоьха кхеташ,
Лулахой барт боцуш хилахь,
Бала сих летар бу, денна.
Даима герга ву сина,
Бераллийн марзонах ийна,
Жималлийн къайленаш зийна.
Тешамах дог дуьзна 1ийна,
Лулахо, дог ц1ена хилларг.
Дагахь дерг вовшех ма къийла,
Хиллехь вас къинт1ера довла,
Ирс лоьхуш мел гена вийларх,
Лулахойн марзонал мерза
Кхача бац, цхьана а сина.
2010
Маликина
Са ма гатде ахь Малика,
Хьо х1инцца некъ болош ю.
Хьан дахаран х1орд бу боккха,
Ирсе тулг1еш дукха ю.
Цхьа ша тайпа лаьтташ г1айре,
Къегина цу юккъехь го.
Хьан кхолламан ю и къайле,
Цу т1е кхочуш лаьтта хьо.
Хьан жималлийн хаза зама,
Делан совг1ат ларалахь.
Хазалла хьо яхна 1ана,
Ирсах шек ма ялалахь.
Яхь, доьналла, ц1ена ойла,
Ахь хьайн кийрахь кхабалахь.
И ду хьуна х1ордан кема,
И т1ам д1амахецалахь.
Сирла безаман мутт муьйлуш,
Дог хьан ирсах дузийла.
Дахаран некъ серла буьйлуш,
Хьо марзонца ехийла.
Безамах
Безамах ца тешаш дуьненчохь ваьхнарг,
Лелла – кха са лелош, веллашшехь ша.
Алахьа
Алахьа х1ай сан дог,
Хьо х1унда деттало.
Хьалхачул сихделла,
Самукъне кхиссало.
Б1аьстенан 1аламо,
Хьо карзах доху те.
Я бовха кхаъ кхийдош,
Синхаъмо хьоьсту те.
Безамо тешадеш,
Нур серла доху те,
1аламо мутт мийлош,
Дахийна лела те.
Малхо шен серлонца,
Б1аьстенан де хьоьстуш.
Я ойла кхийда те,
Жималле хьо 1ехош.
Алахьа х1ай сан дог,
Хьо х1унда деттало.
Хьалхачул сихделла,
Хьо х1унда кхийсало.
2008
Безамах доьзна ирс
Беха некъ бу, дахарехь ас бинарг,
Йисте кхочуш лаьтта х1инца со.
Мерза безам, сан дахарехь хилларг,
Генна т1аьхьа сецна суна го.
Дега безам, юха хьаьжчи гушшехь,
Со жималло чехайора д1а.
- Д1а ма хьежа, бохуш,- и хьо эшахь,
Кхочур ву хьо лоьхуш т1аьххье схьа.
Къегий йоьлуш, дог сан дохуш кура,
Хьоьстуш дахар, хаздеш суна сайн.
Ткъа куралло, мотт сан сецабора,
Суна хьалха дуьллуш дашо т1ай.
Дахаран некъ, кхечи х1инца йисте,
Хих со ели, лоьхуш ирсе т1ай.
Ткъа ирс хилла, сан безамах доьзна.
Цунах суна диснарг, дуткъа тай.
2008
Т1улг т1улгах, кхета а мега
Коьртера сан кхетам д1аэцна,
Хьо кхечу дуьненчу ваха.
Хьаьрчина, сан дог а д1алаьцна,
Хилла хьайх, безаман 1еха.
Ойланаш, тулг1ешца идарх д1а,
Хьиекхалуш хьан деган бердех.
Къинхетам мичхьара хир бу хьан,
Т1улга ю, хьан деган г1айре.
Ас дог хьан безамах ца дилла,
Д1алур ду сайн мерза са а.
Д1ах1отта, безаман т1улг хилла,
Т1уллг т1улгах кхета а мега.
2009
Лелла-кха са лелош…..
Рицкъа цахиларх а, вайн цхьана даха,
Ницкъ бац - кха, дагчуьра д1авайа хьо.
Реза ю дахарехь сатуьйсуш яха,
Сан безам, хилчхьана хьо суна ган.
1ожалло, ц1еххьана мерза са лацахь,
Цунах а ларбийр бу, ас безам сайн,
Сан кошт1ехь б1аьстено ц1ен зезаг деллахь,
Хаалахь, сан безам баланза буй.
Кхолламах д1аийна, сан дог ца даьгна,
Довза ирс хиларна йоккхае со.
Дуьненан сатийсам, ас дагчохь кхаьбна,
Эхартахь ас сайна воьхур ву хьо.
Хьо тешаш хилалахь сан дагна везнарг,
Ас хьанал дина хьан безамна са.
Безамах ца тешаш, дуьненчохь ваьхнарг,
Лелла-кха, са лелош, веллашшехь ша.
2009
Ойла 1ехош
(Резванова 1айшатна)
Дерриг дуьне серла доккхуш,
Малхо шен нур даржа до.
Сан дог кийрахь ловза дохуш,
Гучу йолу 1айшат хьо.
Маьлхан з1аьнарш санна къега,
Мохо ловзуо месаш хьан.
Стигал санна сирла б1аьргаш,
Доьлу, ойла 1ехош сан.
Бешахь кхиъна хаза зезаг,
Хьоьстуш гонах хьийза мох.
Цуьнан кхолламах дог хьоьгуш,
Сан б1аьргийн нур хьаьрча хьох.
Дуьне талла йоьду ойла,
Марзо лоьхуш дахаран.
Дахар дац-кха цхьа а хьесап,
Хьоьха ваккхахь кхолламо.
2005
Азина
Х1иллане мела мох, шок лекха баьлчи,
Ду моьттуш баьстенан самукъне аз.
Малх кхетта, 1аьнан цхьа де серла даьлчи,
Жимачу марг1ало, хийцира заз.
Г1ура т1елетарх а, шан м1араш къийзош,
И хазлуш къегира, цец доккхуш 1а.
Даш санна, дазделла, ло т1ет1а хьийзош,
Цо къиза, хьулйира, и хазна д1а.
Замана гуш яра, ойла цо йина,
Г1о дан йиш йоцуш ша, хетарна г1ийла.
Мохь тоьхна йилхира, и цуьнан къина.
Г1а-бецо оьцийла-кха бохуш:-хьан ч1ир.
Еъна схьакхечира, и къуона б1аьсте,
Лайн чимаш делхадеш, 1иенийра хиш.
Жовх1арех лепачу шовданийн коьртехь,
Марг1ална хазийра безаман йиш.
2008
Сох кхета дерг
Хаза зезаг, эрна арахь кхиъна,
Наггахь мархаш дуттуш дог1ан хи.
Малх бохбелчи, лаьтте охьа таь1на,
Мохо сеттош лесташ лаьтта и.
Иштта безам бу сан дагчохь кхиъна,
И зезаг ду цунах кхета дерг.
Ц1ена безам, шовда сана хьеъна.
Вац сох кхеташ дагна везаш верг.
Йоьду со и хаза зезаг хьаста,
Цуьнга дуьйцу ас сайн дагахь дерг.
Рицкъа доцуш йиш яц кхоллам хила,
Цхьаъ хир ву-кха, сох а кхета верг.
2008
Кхолламан а ю къайле
Б1аьргаш а стенна къегина?
Йоьхуш со хьан дагчу д1а,
Деган не1 ю хьан къевлина,
Дог1а а дац яста схьа.
Дог кхийсало, х1унда карзахе?
Серла даларх 1аьнан де,
Малх къагарх а йовхо цо цало,
Ткъа дагна безамо бен.
Когаш 1уьйра дуьхьал идарх а,
Кхачалац – кха б1аьстене,
Шен зама ю массо х1уманна,
Кхолламан а ю къайле.
2008
Д1абайна безам
Хьан дешнаш б1аьргаш чохь дац сан ц1е летош,
Я безам бац кийрахь дагадеш дог.
Эрна ду ахь дуьйцург, хьалхалер хеташ,
Хьиежарца дехар а, безамах жоп.
И хилла жималла, самукъне зама,
Хазачу дешнех а 1ехало хан.
Дахарехь лела а, хала дац 1ама,
Хала ду, вовшеха цатешаш 1ен.
Кхолламан къайленех кхуьур вац атта,
Дерриг а цанисло, хуьлуш шех там.
Къаьхьалла ма йита, ахь дагчохь латта,
Мерзачу безаман талхабеш чам.
Хазачу 1аламца ойланаш йоькъуш,
Собарца туьттура баланаш д1а,
Даггарчу безамца, г1иллакхаш лоьруш,
Дог дуьзна яра со, безамо хьан.
Ахь боху, безамо дог дагош лела,
И даго ц1е йиснехь, хета хьан ирс,
Т1аьххьара суй байна, ойла шелъелла,
Коьрта т1е йиллина замано йис!
2008
Гуьйренан заза
Бошмашкахь гуьйренца
Даьккхина цхьалха заза санна.
Самбели хьо безам
Сан г1ийла ойла иэшийна.
Дахаро хьаьшна дог
Кхоьру со даккхарна самса.
Сан кийрахь кхиъначу
Безамах дерг аьлча айса.
2008
Олхазарийн майданахь
Сийначу байт1ехь зезаг сетта,
Мохо хьоьстуш качделла.
Шовдан йистехь хазйо1 лаьтта,
К1ентан дашах там хилла.
Йоь1ан дагах тулг1еш етташ,
Керча мерза ойланаш.
К1ентан кийрахь дог кхийсалуш,
Бохь бухуш ду, безамна.
Маржа я1 - кха йиш елар - кха,
Хелхар дан шун ловзаргахь.
Амма ойла ю т1ам хьийзош,
Олхазарийн майданахь.
2009
Везачуьнга
Суна-м хаац , сел сов реза хилла ,
Дог хьо волчу х1унда г1ерта сан.
Ойланаш а керчаш тулг1еш санна,
Хьан аматах хьерчаш уьду д1а.
Къайлаха сайн кхолламе хьо воьхуш,
Дагчохь безам хьулбан г1ертарх со.
Хьо схьагича, б1аьргашчухул къегаш,
Безаман нур хьуна делало.
Когийн п1елгаш чуьра дуьйна зийзош,
Хьан безамо сан са ийзадо.
Доьху хьоьга: б1аьргашца цкъа хьастий,
Сайн дахарехь, ирсе ехьа со.
2009
Безаман мохь
Х1ун ду те, хьан озе даго сатийсар,
Хьо гича пхенашчохь ц1ий ловза дийлар.
Сан б1аьргийн нур къолам сел говза хилар
Хьан суьрташ дахкарца, и серла бийлар,
Х1ун ду те, син марзо, хьан ц1арах хьерчар.
Хьан амат б1аьгаша бодашкахь къаьстор,
Самаха, г1енаха, хьо ган сатийсар,
Я, ца гуш хан яьлча, са, дагна тийжар.
Хьарчийна хилла те, безаман ас къа,
Ас хьоьга санна сатийсинарг, со ган,
Вуьтуш са даимна, марзонах хьега,
Дог дага дитина, къизаллийн ц1ергахь.
Иштта и хиллехь а, меттиг бу 1аба,
Жималлийн ницкъ бара юха а къага.
Шераш т1е шо дуьллуш д1аэхарх зама,
Ца туьгу безаман суй баьгна бала.
Юха а, хьо гаро, ц1е марса йоху,
Юха а, суй сийсаш, са карзах доху,
Безаман мохь дагна базбелла боху,
Х1ун ду те, замано сан дагца окхург?
2010
Тешам
Цхьа зезаг лаьттара буьйсанан бодашкахь,
Ша цхьаъ и лаьттара тийначу арахь.
Цхьанна а дацара и те1аш когашка,
Я цхьалла бехке еш хебаш ца гора.
Цо техкаш буьйсане цхьа шабарш дора,
Буьйса ша оьхура зезагна гора.
Седарчий беттан са, цо цунна лора,
Ткъа зезаг совг1атех 1еха цалора.
Эх1 – х1ар а боданехь юкъъелла буьрса,
Ели и тийсалуш, зезагца къийса.
Зезаго ца къарлуш малхе са туьйсу,
Теша шен сатосуш хиндолчу ирсах.
Боданах шен дашо тарраш чекх дохуш,
Г1аьтти малх серлонца и зезаг лоруш.
Безамца тешаме дог кийрахь догуш,
1ийначу зезаган г1ад ирсах кхолуш.
Безаман дуй
Шовдана йистехь со лаьттара,
Йоккхаеш безамах сайн.
Ц1еххьана ахь соьга хаьттира,
Вуй теша хьан дагчохь кхин?
Йиш йоьхна со хьоьга хьаьжира,
Къегира б1аьргаш, ши суй,
Ойлане хьан дог а даьккхира,
Безамо биъча шен дуй.
Ягийча санна со ц1ийелла,
Йирзира малх балехьа.
Малхо шен нур-сирла къагийна,
Набарха яьккхира со.
2009
Бехк боцу ч1ир
Сан безам! Ма къийса ахь соьца,
К1еззиг бен ца йисна хан.
Лаарх а марзо иэца хьоьха,
Ца хили барт хьоьца сан.
Сан кийрахь дог х1инца деттало,
Халла д1аийзош хьан кир.
Яханчу хенах ахь кхийдайо,
Юха а бехк боцу ч1ир.
Безаман ц1е яьгна д1аяйна,
Сийсаш бу цхьа жима суй.
Йовхо а лур йоцуш дахарна,
Схьалаьцча багабеш буй.
Дайначу ирсан лар карийна,
Йоху со, ког боккхуш ба-й.
Цу некъах некъ хуттуш д1аяха,
Йитахьа со х1инца сайн.
2009
* * *
Б1аьстено бецан хелг санна,
Денъеш сан дахаре ойла.
Безаман мут мийлош денна,
Хьо дог сан 1ехийна ваьлла.
Цу малхо мархех чекхйоху,
Нур дашо шен з1аьнараш санна.
Б1аьргийн нур дагах чекхдохуш,
Иэший ахь сан кура ойла.
Со лаьтта хин б1аьра хьоьжуш,
Б1аьргашца хьан амат лоьцуш.
Хин тулг1еш со шайх а хьегош,
Д1аоьху, вовшеха хьаьрчаш.
2009
* * *
Сан б1аьрхиш мийлинарг
Набарна ас ши б1аьрг къовллушехь,
Кхечи хьо г1енаха схьа.
Мерза наб сан сина марзлуччохь,
Бехк баккха х1оьттира хьо.
Ахь боху,- хьайн б1аьсте тарйина,
Кхоьлинчу гуьйренах ас.
Хьайн деган аренаш ясйина,
Д1ахьекхна зезагийн кес.
Ца совцу боху ахь дог1анаш,
Заз доьжна, г1елъелла беш.
Эгна ю ойланийн оханаш,
Мох а бац къинхетам беш.
Дукха ду боху ахь зезагаш,
Хьайн деган ц1ий муьйлург цхьаъ.
Со лела боху ахь хьегавеш,
Ца кховдош безама кхаъ.
Хьан безам, сан б1аьрхиш мийлинарг,
Ас дагчохь хьистинарг сайн.
Сан ирсан орамаш цистинарг,
Шалдинарг сан кхехка ц1ий.
Ма леха сан г1енаш кегадеш,
Замано д1аяьхьна хан.
Къоналла ю дегнаш 1ехадеш,
Д1адайнарг кхин йиш яц ган.
2009
Дагчохь кхиина безам
Ма хьежа соьга схьа, хьайн б1аьргаш делош,
Ма г1ерта сан деган къайленаш ган.
Ламанех бухдуьйлу шовданаш мийлош,
Сайн дагчохь кхиийна безам бу сан.
Ойланех сан хьерчаш дог ловза дохуш,
Сан б1аьргаш седарчех цо къагадо.
Безаман мут даго пхенаш чу уьйзуш,
Дахаран марзонах со 1аба йо.
Балано 1овжийна дог худаделча,
Шен ховха 1аьнарца дог досту цо.
Къизачу кхолламо г1елйина яйча,
Дог хьостий керла ницкъ цо суна ло.
Ма хьежа соьга схьа,хьайн б1аьргаш делош,
Ма г1ерта сан деган къайленаш ган.
Ламанех бух дуьйлу шовданаш мийлош,
Кхиинчу безамах къаьстар яц, со.
2008
Хьо х1унда ца кхета сох
Чуртана боьг1на т1улг санна,
Лаьтта со ойла еш хьан.
Ахь безам д1атиттар гена,
Х1ун ду техь, ца дуг1уш ла.
Безамо жималле йигна,
Лела со лууш хьо ган.
Кураллийн ч1аг1онаш эгна,
Дог эшош когашк1ел хьан.
Шайт1анна мох хилла хьийзаш,
Сан дагчохь безам бу хьан.
Дитт т1ера г1аш санна ийзош,
Идош сан ойланаш д1а.
Геннара вог1уш хьо вайча,
Сан б1аьргийн нур хьерча хьох.
Сел дагна хьо везаш хилча,
Хьо х1унда ца кхета сох?
2008
* * *
Генара схьахезча хьан аз,
Безаман марзо чу узий.
Сан дагчохь дастало к1айн заз,
Баьстенан йовхонах дузий,
Хьан хазчу дешнех ас ютту,
Сайн дагчохь безаман г1ала,
Сатийсам лаамца бусту,
Хуьттуш некъ хьуна т1е кхача.
* * *
2009
Безаман амал
(Б.А)
Хьох бина сайн синан хьегам,
Хилла хьан безаман лай.
Леллера со жимчохь дуьйна,
Хьо гар а, ирс хеташ сайн.
Сан дог а шех кхача хилла,
Лаьттина безамна хьан.
Дити ахь сатуьйсуш 1илла,
Байина дуьненах чам.
Шерашкахь къийлина ойла,
Сатийсам, и мерза хан.
Ца туьгуш, 1одика - гойла,
Д1аели, шех хилла, г1ан.
И ю-кха безаман амал,
Йовр йоцчу марзонан кхел.
Ца бустуш сан синан барам,
Дог къуьйлу цо хьийзош гел.
2008
Сан са деъна
Сан са деъна, хьан сих кхета,
Дуьненчуьра эхарта.
Хьан хьиежар ду сан сих леташ,
Стенна бехке со хета?
Лелла те хьо ирсах хьоьгуш?
Ца гуш хьесап дахаран.
Ваьхна хилла те дог догуш?
Кхоллам боцчу безамна.
Йиний те ткъа ахь сан ойла?
Яьхначу хьан аматца.
Сатийсамца лууш гойла,
Кхин дан доцуш амал цхьа.
Хьо – м д1аваха тохара санна,
Юьтуш со сайн ойланца.
Ткъа хьан хьежар дисна суна,
Яллалц дагахь балламца.
Захало
(Эпиграф)
Б1аьргаш дац сан хьуна къегаш,
Ницкъ ма бе хьайн дагна ахь.
Забаре къамелаш, бегаш,
Лелаш ду вайна юккъехь.
Къинхетаме сан дог хиларх,
Со тешарх а хьан дешнех.
Хаза дуьйцуш дог 1ехорах,
Тешам бац цу хьан б1аьргех.
Хезна юьйцуш гуьржийн Зазу,
Безаман ницкъ онда бу.
Сатийсаман йийсар хилла,
Ваха стагна хала ду.
Ахь Делаца ч1аг1онаш йо,
Мартанхойн йо1 веъна ган.
Ткъа дуй къера битахь ас хьо,
Лур ву Делан кхиеле д1а.
2009
Ас маршо йоьху
Сан малх ас хьох аьлча,
Са довш хьо д1аварна кхоьру,
Седанах тарвича,
Иза а, лечкъа сох боьлуш,
Ирсах дог кхелина,
Йоккхаеш со хьоьга хьоьжу.
Хьан б1аьргийн йоза ас,
Юх - юха ойланца доьшу.
Хьо хьехор, я 1ехор
Амалца сан и, ца дог1у,
Ткъа хьестар, я чехор,
Къонахчуьн амал ю боху,
Сирлачу шовданах,
Со таръяр ас хьоьга доьху,
Хьомениг, ас маршо
Хьоьга сайн безамна йоьху.
Шеко яц кхолламо
Харжамаш вайга ца бойту,
Бошмашкахь заз а го,
Стом боцуш дисина лоьгуш.
Делахь а сатийсам,
Къастарал мерза а лору,
Хьо гена вийларх а,
Сан дагна хера ца волу.
Хьоьгарчу безамо
Хьан йийсар йина со лела,
Хьо ца гуш яхна хан
Дахарехь сайн эрна хета,
1аьнан чилла яшийна
Хоьцур ю ас маьлхан к1ажарш,
Тов х1оттахь мохаца
Хьожур ю, хьо волчу кхача.
2010
Г1алат ду те……?
Ахь хастийча со дозалла хеташ,
Ткъа хьаьстича, сайна хазлуш со.
Ирсан дог1а хьоьгахь хилар тешаш,
Г1алат ду те, даго къастор хьо?
Хьох б1аьрг къетча, б1аьсте серла юьйлуш,
Деган мерзех, хьекхалуш хьан аз а.
Хьан дозаналл сов дерг, сайна къуьйлуш,
Хеба диси те, даьстина заза?
Амма гуьйре дог1анах т1е елхарх,
Буто ша беш 1аьно къовларх не1.
Сан ойланаш, шовданашца хьерчаш,
Кхочур ю хьан дагчу, огуш некъ.
2010
Ши са
Дуьне кхуллуш кхоьллина,
Ду те, ши са вайшиннан ?
Х1етахь дуьйна вевзина,
Хилла те хьо, сан сина?
Х1етахь дуьйна хаьржина,
Хилла те хьо ас сайна?
Ткъа хьо хьалха, со т1аьхьа,
Г1алат ду те заманан?
Суна-м хаац б1аьргашна,
Ца гуш дисна вай муха?
Иштта делахь и, ши са,
Девзаш хилла даима.
Х1етахь дуьйна вовшеха,
Хьерчаш лелла и ши са.
Кху дуьненахь марзонца
Цхьана даха дуьсийла.
2010
Хилла те деса
Хьомениг, бохуш, сан
б1аьрг боккхуш серла,
Безамца хьан хьежар,
Хилла те деса?
Ткъа х1унда хьан озо
Кхийда бо денна?
Безаман кхаъ даге,
Генара хезча.
Гуьйренан йовхонах
Тешна заз санна,
Безамо з1идиг сан
Хийци те эрна,
Шелоно хебадо
Зезагаш дайча,
Сан дог а кхерамо,
хьарчадо ирча.
Делахь а безаман
Ц1е марса юьйлу,
Суьйрено кханенан
Къайленаш юьйцу.
Хьан хазчу дешнех т1ай
Тешамна хуьттуш
Хьан дагчу йог1у со,
Са серла дуьйлуш.
2010
Хьо вог1у некъ
Кху махкахь тийналла х1оьттина,
Схьахезаш доцуш хьан аз.
Сан дагчу сингаттам боьссина,
Ойланех боьттина барз.
Мичахь ву, муха, я мацца а?
Хир дуй те, гойла а кхин?
Ю елла сатийсаран к1ац а,
Ткъа малхах 1ийдало хи.
Тахана суьйрено къайлаха,
Кховдийра сан даге кхаъ.
Ойланаш мархех д1аайелла,
Ларбеш 1а хьо вог1у некъ.
Сан безам!
Сан безам!
Гуьйренан йовхоно 1ехийна зезаг,
Шан куьзганахь г1ийла схьакъеда малх а!
Х1ун ду те диснарг ахь, сан даге деха?
Шелоно хебадеш дисинчу цхьалха.
Сан безам!
Б1аьстенан хазна хьо, 1аламан эла,
Ба1 баьлла яйначу аренгахь кхаьлла.
Х1ун ду те, тешийнарг, хьо ирсах селла?
Кхин зезаг дац уллехь, ял хьуна яла.
Сан безам!
Лайн чимаш дашийна, детин аса хилла,
Эшаре дуьйлучу шовданах тера.
Цакъарлуш хьадалахь ирсе некъ билла,
1аьнан чилла эшочу б1аьстенах сирла.
2010
Байттамал олу
Байттамал олий те цунах?
Хазалло 1ехийначунах ,
Ирсан некъ хедийначунах,
Безамах кхаьрдиначунах,
Байттамал олий те цунах?
Байттамал олий те цунах?
Дагахь дерг лечкъийначунах,
Гушдолчух ца тешначунах,
Шен аьтто ца лехначунах,
Байттамал олий те цунах?
Байттамал олу ас цунах?
Буьйсанна седарчийн лепар а,
Сатосуш хин тулг1еш къегар а,
Дуьсуш ду шен доьхьа хетарх а,
Байттамал олу ас цунах.
2011
Тулг1ешлахь
Ма ларде сан некъаш ойлане вуьйлуш,
Ма леха б1аьргаш чохь безаман ц1е.
Гуьйренца даьккхина заз дуьсу хебаш,
Я малхо ца дохдо ирс эца де.
Соьга са ма тийса, дог ц1арах дагош,
Йовхоно шан куьзганах дуьту хи.
Кхолламан ницкъ кхочу ойланаш лалош,
Д1адайа дагахь дерг, ткъа кхолла кхин.
Хьан дагчохь д1ахьулъеш со яьхна г1айре,
Ха хорцуш замано баржор бу т1ам,
Ирсечу езаре ахь юьйцуш къайле,
Сох ойла тулг1ешлахь, къегар ю хьан.
2010
Мукъаме евлла байташ
Уьш Исламан з1аьнарш ю
(Гимн «Исламан з1аьнарш»
журналан а, газетан а)
Аллах1 Дела цхьаъ веш хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Мухьаммад вайн бакъ веш хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Ийман, собар долуш хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Бусалба дин дезаш хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Оьзда г1иллакх, хаза г1уллакх,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Безам марзо ц1ена ойла,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Г1ийлачунах къинхетам бар ,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Комаьрша куьг кховдон лаар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Дений – нанний муьт1ахь хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Йиш – вешийца ларам лелор,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Адмалла шех доллуш хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Вовшашца барт безам хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Бериш Дели эвлияьаш,
Уьш Иаламан з1аьнарш ю.
Къадари а, Накъашбанди,
Уьш Исламан з1аьнарш ю.
Дерриг дуьне серла доккхуш,
Маьлхан дашо з1аьнарш ю.
Амма дахар ирсе къагош
Ерш, исламан з1аьнарш ю.
Илли
(Кадыров Ахьмад – Хьаьжина)
Хьан кийра хиллера стогаллех буьзна,
Нохчийн къам даьккхи ахь аттачу новкъа
Хьайн къоман сий деш ахь, хьайн са д1а делла,
Вицвир вац хьо оха тхан ахьмад – Хьаьжа.
Г1азотехь кхелхина хьо декъал хилла,
Къинт1ера дойлла тхо хьан х1ора дашна
Ахь йинчу ойланах тхо т1аьхьа кхиъна,
Къинт1ера хьо ваккха йиш яц тхан х1инца.
Нохчоллех дуьззина хьайн дог хиллар а,
Ахь майра гайтира дерриг дуьненна.
Ахь къийсам латтийра вайн мостаг1ашца,
Тхо кийча ду х1инца хьан некъ д1акхехьа.
1ожалла къайлаха тебаш хиллера,
Ахь санна тхан ойла цо ца йинера.
Дуьненахь дика да хьо тхан хиллера,
Декъала войла хьо, вайн везчу Дала.
Безаман ницкъ
Ас маьрша дуьтур ду, хьо лела некъаш,
Я дагчохь хьо сецош со йоьлхур яц.
Дуьне а лаьттар ду, шен 1алам хуьйцуш,
Безамо 1овжонза, дахар хир дац.
Вай вовшех къастарах, соцур яц зама,
Некъаш а лаьттар ду, уьдур ду хиш.
Юха а 1уьйренца б1аьстенан хьоза,
Декар ду лоькхуш шен, самукъне йиш.
Къастанза ца яьлла, со хьоьха къаьсти,
Дуьллуш сайн мерзачу дахарах дог.
Кхолламца къийсарах тоьлур вац цхьа а,
Азаллехь яздина ду цунна куьг.
Маржа я1,хьо безам, ницкъ бу хьан ч1ог1а,
Делхо, я дело а, адамийн дог.
Хьол тола луучо, хьо хьеста беза.
Собарца лоруш ша, мел боккху ког.
2008
Безаман лар
Къайлаха хьоьжуш хьан б1аьргаша,
Ойланех дуьзира дог.
Эхь хетта ц1ий елла беснеша,
1анийра безаман х1орд.
Лап аьлла тийналла х1оьттира,
Хаъелла безаман лар.
Мохо шен шабарш а совцийра,
Хотталуш безачийн уьйр.
Хьан б1аьргаш седарчех къегира,
Йийсаре лоцуш сан дог.
Когаш к1ел беттаса даьржира,
Къобал беш безаман некъ.
Ц1еххьана буьйсанах де тардеш,
Дахарехь къегира нур .
И хилла мерзачу безамо,
Ирсана диллина кор.
Б1аьргийн нур вовшеха хьаьрчира,
Вай довза бахьана х1оьттина.
Вайн дегнийн уьйраш а юьйцира,
Безамо дашочу з1аьнаршца.
2008
Йиш йоьхна йог1у со
Х1ай зама!
Дитахьа дай – наний, къиза ка ца етташ хьайн.
Марзонна
Орамаш хедийча, х1ун до, кху дуьненах тхайн ?
Хала некъ
Ас бина, цу шинна т1екхаьчна совг1ат дан сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со, дехарца, хилла хьан лай.
Х1ай зама!
Ден-ненан б1аьргаш чу хьаьжча сайн, бералла гой,
Йог1у со ,
Дуьххьара ког боккху бер санна, болар деш дай.
Цу шиннан
Могшалла ахь къийзош, даге ца ладелла сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со, дехарца хилла хьан лай.
Х1ай зама!
Ма мотта со лелла, амалах ца кхеташ хьайн.
Дуьненан
Хазаллехь ма мотта, къаьхьа чам суна ца тай.
Ден - ненан
Декхар со ца яьлла, ма хетта д1атекхна сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со, дехарца хилла хьан лай.
Х1ай зама!
Хьо уьду т1аьхь-т1аьхьа, хьалхачул болар сих дой,
Ден - ненан
Доггаха дог хьаста хан лохьа, цкъа собар дай.
Дахарехь
Ас ойла ца йина, цу шиннах къастаран сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со, дехарца хилла хьан лай.
2008
Тешнабехк
Хьайх тешаш хьо везаш, лелачу йо1на,
Хьайн дагахь хилла ахь, лелош дерг х1илла.
Йо1 езаш, тешаме дог долчу к1анта,
Вити хьо и х1илла, хьайн дагчохь 1илла.
Тешнабехк, тешнабехк, соьца цахилларг,
Тешнабехк, ахь суна бан лоьруш хилларг.
Тахана тешнабехк бу, хьуна хилларг.
Къаьсти хьох, хьо везаш тешаме хилларг.
Де хуьйцуш буьйса а, йог1ур ю тийна.
Йочана, йиекхалур, малх кхетта сирла.
Шовданаш сан ц1енчу ойланех ийна,
Мийлар ахь эрна ду, хьайн хьогаллийна.
Безамах ца къаста реза ша хилла
Хьаьжнарг а хир ю-кха, шен ирсе г1ийла.
Хьан деган къайленаш собарца зийна,
Со-м дохко ца яьлла, хьо везар витина.
2009
Со-м д1а йоьду
Со-м д1айоьду, со д1айоьду,
Кху дуьненан ойла еш,
Кийрахь шийла, шовда уьду,
Сан дог огуш, къийзадеш.
Таьхьара олу
Ахь д1ататтахь, дуткъаделла,
Рицкъанан тай хедар ду,
Безаман лам хаьрцара бу,
Хьо дагчуьра вужур ву.
Ас кхиийна мерза безам,
Кхечунна товш хетар бу,
Дахарехь ирс кхуллур ду,
Мах замано хадор бу.
Со-м д1айоьду, со д1айоьду,
Безамо дог хебадеш,
Ас кхолламе орца доьху,
Цакъасталуш безамах.
2009
Дог хьега деш
Акхтарга г1а, санна дегош,
Сан дега пхенаш ийзадо.
Безам бахна, ас ен ойла,
Ахь ирчу дашца хеда йо.
Кант вала самукъне,
Дош ала сан ойла 1еха еш.
Со-м лела дагахь яц,
Кийрара дог хьоьха хьегадеш.
Кху дуьненан, хазалла хьан,
Б1аьргаш чу хьаьжчи суна го.
Сан синкъерам, марзо безам,
Ирсе хилар хьоьх доьзна ду.
К1ант суна ма вела,
Сан дагчу б1аьргийн нур 1енадеш.
Со – м лела дагахь яц,
Кийрара дог хьоьха хьегадеш.
Сирла шовда бух дуьйлучу,
1аламо дашо сурт диллинчу.
Безаман юрт вай юьллур ю,
Вайшинне ирсан нур къегачу.
К1ант хьалха валахьа,
Ирсе некъ боло вай декъал деш.
Со - м лела дагахь яц,
Кийрара дог хьоьха хьегадеш.
2008
Д1аьвше безам
Муьлхха аг1ор со д1ахьежарх,
Хьан сурт х1утту дуьхьал схьа.
Кхечунна со ела къежарх,
Ойла хьерча хьоьха сан.
Хьан г1алаташ дага лоьцуш,
Хьо д1ахерван г1ертарх со.
Хьан безамо са д1алоьцуш,
Дагчохь сецна вели хьо.
Хьан безамо лоцучул а,
Лаьцнихьара лазаро,
Моллийн, лоьрийн дарба лехна,
Йийр яра цхьа парг1ато.
Кхин молха дац, кху сан дагна,
И хьан д1авше безам бен.
Цкъа хьан безаман мут мелла,
Дита реза ю дуьне.
2008
Х1ей, сан жима лулахо
Х1ай сан жима лулахо!
Йижайой хьо буьйсано.
Я сирлачу седарчех,
Дагаюьйлуш еха хьо.
Цу хьан б1аьргех тера лепа,
Стиглара цхьа сийна седа,
Сан дагчу нур 1енадеш,
Кийрара дог 1ехадеш.
Х1ай сан жима лулахо!
Г1аттайой хьо 1уьйрено?
Я мерзачу г1енаша,
Са д1акхоьхьу лома хьан
И шовданийн зевне декар,
Цу хьан озах тера хета.
Сан дагчу зов 1енадеш,
Кийрара дог 1ехадеш.
Х1ай сан жима лулахо,
Сарахь хит1а йог1ий хьо?
Хьайха даха дог ахь дитахь,
Хьоь сатийса воллу со.
Генара хьан когий тата.
Мохо лере кхоьхьу суна,
Сан даге кхаъ кхийдабеш,
Кийрара дог 1ехадеш.
2009
Беркате де
Самукъдаьлла, сакъералуш,
Вовшах кхетар къобал до,
Тахана кху дезчу денца,
Шумассо ас декъала во.
Беркате де деънарг хилар,
Гойту кхуьнан дозалло,
Вовшашка маршалла хоьттуш,
Сан дагна там эша бо.
Дахаре чам шун ма бойла,
Бертахь дахар шуна лойла,
Безам марзо вовшен кхийдош,
Де мел дели ирсе гойла.
Серла баьлла боьлуш малхо,
1алам совг1ат вайна ло,
Машаре х1уо даржадина,
Дезчу денца декъал до.
Тахана вайн вовшах кхетар,
Вовшен болу безам бу,
Оьзда г1иллакх, вовшен лерам,
Дайша делла г1иллакх ду.
2008
Хьалхара – Марта
Машаре малх кхетта,
Къегийла хьо Марта.
Беркате дебийла,
Комаьрша хьан латта.
Ирс 1енош даьржийла.
Хьан х1усмехь нур бетта.
Хьайн сий мадойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Б1аьстено хьоьстийла,
Хьо мелчу мохаца.
Баланех ц1анйойла,
Дарбане дог1анца.
Яхь йолчу къонахийн,
Дог дуьзна хьо лаьтта.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Х1ай Марта! Сирла хи,
Хьо марша дог1ийла.
Тулг1ешца хьерчаш тхан,
Бералла хьистина.
Къурд бан хьйх хьегначийн,
Хьогалла яйина.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Хьан мерза марзонах,
Кийрар дог 1ебар дац.
Хьо санна самукъне,
Кхин меттиг карор яц.
Хьо хьоьстуш даиман,
Сан даго мохь бетта.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
2004
Къар ма лолаш….
Схьагулло х1ай кегирхой шу суьренца,
Сингаттаме ойланаш д1акъахкаяй.
Дуьсур ду вай кхана дагалецамца,
Синкъерамехь вовшех марзо эца вай.
Т1аьхьара олу.
Кегирхой бу баьргаш къегош,
Ловза дохуш кийрахь ц1ий.
Хаза йо1 к1ант хелха долуш,
Х1орс - вай бохуш айдо сий.
Буьйса лаьтта юккъе йоьдуш,
Серла дуьйлуш седарчий.
Бетта са ду вайна доьлуш,
Къар ма лолаш х1ай нохчий!
Дахарехь ю самукъне хан къоналла,
Вота, пондар ду къоналлийн да - нана.
Синкъерамехь тхьамда хелха вокхуш вайн,
И бал лоруш тоха т1араш бертахь х1ай.
Т1аьхьара олу.
Синкъерам бу х1ай-те боьдуш,
Самукъне бал кхечна соь.
Мехкарий бу вайна боьлуш,
Ирсе ю вайн нохчийчоь.
Буьйса лаьтта юккъе йоьдуш.
Серла дуьйлуш седарчий.
Бетта са ду вайна доьлуш,
Къар малолаш х1ай нохчий!
Лекха лаьмнаш хьоьжу вайга айделла,
Мохо кхоьхьу х1ай – вай,- боху аьзнаш д1а.
Зама ахь ма къийсса тхойца къоналла,
Хир ду тхойгахь даиман яхь, доьналла.
Т1аьхьара олу
Хьаша вог1у вайга маьрша,
Къобал деш вайн нохчийн къам.
Оьзда г1иллакх ду вайнеха.
Мерза кхача синкъерам.
Буьйса лаьтта юккъе йоьдуш,
Серладуьйлуш седарчий.
Бетта са ду вайна доьлуш,
Къар ма лолаш х1ай нохчий!
2008
Керла шо
Х1е-х1ей ! Цхьа барт хили вовшах кхета х1ей ,
Оьзда г1иллакх карла доккхуш дайн.
Хьаша вог1у вайга к1айчу лайн,
Иза т1е ца эца йиш яц вайн .
Х1е - х1ей ! Марша дог1ийла хьо керла шо,
Жима, вокха вериг ирсе веш,
Керла шо сан даго къобал до
Сайн иллийца ас шу декъала до.
Х1е-х1ей ! Б1аьрг ма хила вайн кху буьйсанна,
Бетта сина, цу седарчешна.
Б1аьрг ма хила нохчийчоь хьуна,
Дала делла хьо совг1ат тхуна.
Х1еей !
2009
Сан г1ала
Кхолламо гена со яхарах,
Дог ойла хьоьца ю сан.
Геналлехь г1елъелла йисача,
Г1ала ахь суна ниц1къ ло.
Т1аьхьа олу
Сан г1ала,
Денна хьо хазлуш ю
Дахарехь,
Марзо сан хьоьца ю
Даиман.
Хьо хестош дека сан зевне аз.
Сан г1ала,
Йоккхаеш лела со
Дахарехь.
Ахь ирс луш еха со,
Самукъне.
Сан дега марзо ю хьо.
Хьан шийла шовданех къурд база,
Хан яьлла хьогах ю со.
Сирлачу урамех доггаха,
Б1аьрг тоха хьегна ю со.
Т1аьхьара олу
Сан г1ала!
Соьлжа хин тулг1енех,
Хьаьрчина,
Б1аьстенан 1аламца,
Яьржина,
Ойланца хьан х1усме йоьрзу со.
Сан г1ала!
Б1аьргашца даиман хьистина,
Даггарчу безамца ,
Къастийна,
Сан дега марзо ю хьо.
Сайн сина пхенех ас буьллур бу,
Дег1аста чу боху некъ.
Даг т1ера салам д1акховдор ду,
Мохь туххуш нана-даймохк.
Т1аьхьара олу
Сан г1ала!
Хьоьгара маршалла хаьттина,
Кийра ,
Хьан марзонах,
1абийна,
Ирсах ас дузур ду сайн дахар.
Сан г1ала
Дайшкара
Г1иллакхаш сий дина,
Оьздачу наноша
марзйина,
Сан деган марзо ю хьо.
2008
Нохчийн мотт
Кхолламо йигарх д1а, махкана гена,
Дог ду сан бусалба, ду нохчийн ц1ий.
Дай г1иллакх, ненан мотт, ду сан дозалла,
И дицдахь, д1а довр ду, къонахчуьн сий.
Дай - наний лоруш верг, Дала а лору,
Бохуш, цу Къор1ано, беш хьехам бу.
Ша винчу ненан мотт, хиера ца болу,
И марзо, шен ц1ийца д1аийна ю.
Сан баьргаш дуьххьара, бераллехь дуьйлуш,
Безамца схьалаьцнарг ненан сурт ду.
Мерзачу озаца амал сан 1ехош,
Нанас со хьистинарг, нохчийн мотт бу.
Ламанех схьадуьйлу, шовданийн санна,
Ц1ена шен бух болуш, нохчийн мотт бу.
Дашочу 1аламца, куц хуьйцуш денна,
Къегина лаьтташ берг, сан Даймохк бу.
2008
1аьнан 1уьйре
Дашо з1аьнарш лай т1е 1енош,
Малхо шен кеп х1иттайо.
Шан куьзганах тулг1еш къегош,
Хиш карзахе ловзуш го.
Дато мархех к1ажарш юцуш,
Ц1аста санна ц1ийелла.
1аламе шен къайле юьйцуш,
1аьнан 1уьйре хазъелла.
Баххьаш т1ехь лайн к1ужалш хьийзош,
Ламанаш го самукъне.
Генаш ийзош, г1уора ц1ийзош,
Хьаннаш хьоьжу цу суьрте.
Сан даймохк! Хьох хьоьгуш г1ийла,
Ас геналлехь яьккхи хан.
Сатийсина-м ахь а хилла.
Совг1ат дели, 1уьйре хьайн.
2009
Резванова Айза
Малх бу боьлуш
Б1аьсте еъна, 1алам дендеш,
Шен зезагийн совг1ат даржош.
Зевне эшарш, лоькхуш уьдуш,
Жовх1арш санна хиш ду къегаш.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш серла буьйлуш.
Бошмаш ю дато заз хоьцуш,
Хьозарчий ду шакарш лоькхуш.
Вовшен куьйгаш, лаца бераш,
Машаре самукъне х1оз беш.
Бертахь дахар, вайна марздеш,
Малх бу вайга з1аьнарш кхийдош.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймохк бу денна хазлуш,
Ирсе некъаш ду схьадоьллуш.
Бераш, бераш, тоха куьйгаш,
Гойтуш шайн самукъне хелхарш.
Шун синкъерам, ловзар, делар,
Ду даймехкан ирсе хилар.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймехкан байракх лепаш,
Бутт, седий ду вайна къегаш.
Берашна
Резванова Айза
Схьагулло х1ай
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Зевне аьзнаш декадеш.
Лоькхур ю вай нохчийн эшарш,
Вайн даймехкан сий айдеш.
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Б1аьргаш суйнех къегадеш.
Гойтур ду вай нохчийн хелхарш,
Нанойн дегнаш деладеш.
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Оьздачу дайн ларам беш.
Вовшен деза, ирсах теша,
Вай 1аморна хастам беш.
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Ирсе некъ аш лаца схьа.
Кхане еъча диц ма лолаш,
И т1аьхьенга кховдо д1а.
Писуй, ж1аьлин к1езий
Мяу-в, мяу-в, сан са хьийза,
Арахь ж1аьлийн к1еза ц1ийза.
Суна лаарх шеца ловза,
Иза девне долий хьевза.
Мяу - в, мяу - в, дац и реза,
Со дитта т1е дала деза.
Со лаккхара хьоьжу чу,
К1еза гонах уьдуш ду.
Мяу-в, мяу-в, со ду говза,
Суна ж1аьлийн амал евза.
Ас сайн маттахь мяу-в бохуш,
Ч1ог1а карзах доху к1еза.
Вац кхин цхьа а, цуьнца ловза,
Тхоша х1инца вовшен девза.
Уьдуш, бохуш, мяу-в, г1ав,
Тхойшинна д1адолу дов.
2005
Дашо месаш
Вижа жима Сурхо д1а,
1аьржа баьргаш къовла т1е.
1уьйре еъча борг1ало,
Кхойкхуш сама воккхур ву.
Малх г1аттале г1отту и,
Кхайкхадо цо сирла де.
Нагахь даг1ахь йочане,
Аз хуьйцу цо шен зевне.
Массо х1уман хаам бо,
Дашо месаш, йолчу цо.
Хьаша вог1уш и хир ю,
Кхаьънаш дохуш йоьрзий чу.
Шен х1усам а ца йицйо,
Котамашна дола до,
Ву и кертахь дика 1у,
Цунах теша мегар ду.
Дешар
Бераш, бераш, киншкаш ешар,
Дахаран цхьа маь1на ду.
Ткъа дешарах кхеташ хилар,
Иза коьрта толам бу.
1илма довзар, 1алам дезар,
Дахаре хьан безам бу.
Барт, безам, ирс ларда оьшург,
1илман корта - собар ду.
Иман, Ислам довза деза,
И лоруш верг сийлахь ву.
Оьзда г1иллакх, хаза г1уллакх,
И дешарца дозуш ду.
Еша, яздан 1амош вериг,
Вайн дахарах кхеташ ву.
Ткъа ца доьшуш лелаш вериг,
Шен дахарах леташ ву.
Цец даьлла пису
1аьнан к1ур хьийза беш,
К1айн ло ду дуьллуш.
Бераш ду даккхийдеш,
Самукъне уьдуш.
Пису ду цец даьлла,
Корехул хьоьжуш.
Тарделла полларчех,
Цунна лайн чимаш.
«Кегий уьш делахь а,
Ду уьш сов шорта.
Царам со дуур ду,
Долушехь уьйт1а.
Цхьаннах а цакхоьруш,
Сел майра долу.
Ж1ала а лечкъина,
Шен бунчохь 1уьллу».
Бохуш,- йо ойланаш,
Писуно жима.
Б1аьстенан юккъерчу,
Баттахь и дина.
Писуна гина дац,
1аьнан к1айн туьйра.
Цундела цец даьлла,
И кхераделла.
Резванова Айза
Керла шо
Рог1е деъна шийла 1а,
Хиш д1алоьцуш бина ша.
Мохо боху, «Сихха же,
Кечло хьаша эца т1е».
Лайн куз тесна арахь д1а,
Хьаша веъна кхечи схьа.
К1айн к1урз буьллуш корашка,
Х1уьтту хьаша массо ган.
Кхаьънаш дохуш вовшашка,
Дуьхьал уьду бераша.
Лайн куз сиха къарз бина,
Мара хьаьрчаш хьешана.
Марша да хьо керла шо!
Хьо ду деза хьаша тхан.
Оха хьуна кечдина,
Совг1аташ ду эшаран.
Сахьтан цхьамза
Хьалха баларх къуьйсуш уьду,
Сахьтан цхьамза заманца.
Зама генна яьлла йоьду,
Меллаша шен боларца.
Цхьамза уьдуш де д1адели,
Кхечи 1аьржа буьйса т1е.
Замано болар ца хуьйцуш,
Юха деа сирла де.
Эх1-х1ар а, г1елбелла кхоччуш,
Цхьамза сеци гойтуш шийтта.
Замано к1айн духар духуш,
1аламан а хийци сурт.
Резванова Айза
Резванова Айза
Дарба
Цомгаш хилла 1уьллу паччахь,
Ца г1атталуш меттара.
Везарш, вевзарш гонах бевлла,
Хиллачух ца кхетара.
Де д1адолуш, буьйса хорцуш,
Цамгар ели баттенга.
Лоьраш, дарбанчаш, молланаш,
Толлуш цамгар лелара.
Амма паччахь г1атта ца луш,
Корта пене берзийна.
Цхьа дош ала мотт ца керчаш,
1уьллу б1аьргаш къевлина.
Генара а, уллера а,
Т1е х1уьттура хьолан дай.
Кхин д1адийца лазар доцуш,
1уьллу паччахь «ъах1» деш дай.
Цхьана юьртахь, ши бутт хьалха.
Ша т1ех волуш берашна,
Цу паччахьо кховдийнера,
К1еззига х1онц томана.
Паччахьера шена кхаьчнарг,
Совг1ат деза лерина.
Цу берех цхьа жимчу к1анта,
Лардинера безамна.
Т1аккха ловзуш бераш юккъехь,
Цунна лерах кхийтира.
Паччахь воьжна дарба доцуш,
Ца евзачу цамгарца.
Са гатделла хьевзина к1ант,
Г1аш вахна д1а кхечира.
Паччахь вехачу цу кет1ахь,
И ладоьг1уш сецира.
Цу бахамах тамаш ца беш,
Ойла еш ша хьаьжна д1а.
Меллаша цо улле таь1аш,
Хешка паччахь хаьттира.
И т1е хьаьжна жима хетта,
Саха дала буьйлира.
К1анта корта ластош церан,
Сом а, схьа ца ийцира.
Т1аккха хехочо цец ваьлла,
К1анте оьшург хаьттира.
К1анта дагахь дерг шен аьлча,
И ца вешаш хьаьжира.
-Д1а вала к1ант, д1а г1о,- олуш,
Хехо вела къежира:
- Б1аьрг схьа баьллал могуш воцу,
Хьо ганне гур вац, цунна.
К1ант д1а - м тешна ца вахара,
Сингаттаме хьаьвзира.
Т1аккха денна кет1е ларъеш,
Схьах1итта и вуьйлира.
Эх1-х1ар а, цкъа, цхьаъ чу воьдуш,
Кхечо юха хаьттира.
Хьена хьо, мичхьара, х1унда,
Лаьтта кхуза х1оьттина?
Х1унда хьийза хьо кху кет1а,
Хьо х1ун оьшуш веана?
Сингаттамна б1аьргаш эгаш,
Х1ун бала хьоь боьссина?
К1анта цунна жоп делира:
-Лула юьртахо ву ша.
Ша жимха ву, цо лерина,
И ган лууш веана.
Т1аккха хьодалча хьажийра,
Паччахье и хабар дан.
Схьа ца хьожуш волчу цунна,
К1антах дериг дийца д1а.
Цу берах сакъераделла,
Корта сехьа берзийна.
Уьш цец бохуш, бакъо елла,
Чу цо иза вийхира.
К1ант не1арах чоьхьа вели,
Г1ийла хьожуш паччахье.
Киснара куьг хьала доккхуш,
Совг1ат к1анта кховдади.
Цу жимачу беро дина,
Совг1ат доккха хетарна.
Вела къежна, вистхилира,
Цу к1антана томана.
Т1аккха к1анта самукъдаьлла,
Эли цуьнга:
- Г1аттахьа,
Тхан ловзарш а севцца лаьтта,
Тхо сагатдеш ду хьуна.
Шен визире, цу паччахьо,
Т1е кхайкхина элира:
- Воккха хьаша ву т1е веънарг,
Х1оттае стол лерина.
К1анта цуьнга т1аккха эли:
- Цхьа цуьриг а кхоллур дац.
Ахь ца кхоллуш делахь ялта,
Цуьнан чам а хетар бац.
Цу берана там бан лууш,
Паччахь хьала айвелла,
Стоьла йисте г1ента хууш,
Массо вара кхаъ хилла.
К1анта цуьнга д1а а хьожуш,
Цуьнан буйна 1айг бели.
Бисмалла а олуш т1аккха,
Юург йолор т1е дилли.
Самукъдаьлла паччахь хии,
Цу берана там берг дан.
Цо схьаэцна ялта долий
1овша, молуш чорпа т1е.
Цу г1аттарах кхин ца вужуш,
Т1аккха эли паччахьа:
- Хезаш берийн г1овг1а йоцург,
Цамгар ю, сингаттаман.
2011
Минкаил
Со-м мацвелла ,
Чуьйраш къекъаш.
Гучу яла,
Церг яц туьгуш.
К1арс - к1ирс бохуш ю цхьа цуьрг,
Ахьа г1ерташ, аьчка 1айг.
Нана лохьа худар кад,
Лаац каг ян, жима церг.
2008
2008
Сурхо
Со - м хьан доьхьа вела ло,
Хьо самукъне йоьлуш ган.
Ахь со хьостий, 1ехавой,
Туьллу сунна йовлакх хьайн.
Нана, йовлакх хьоьгахь тов.
Лаац лело хьоьца дов.
Тиллахь суна дадин куй.
Хаийта со къонах вуй.
Амишка
Шу ма хьежа сан куьйгашка,
Я беснешка юьзначу.
Кегий йоьхьаш ду сан кийрахь,
Даккхий йоьхьаш хьерчош чу.
Кицанаш
Деца - ненаца лерам лелийначу доьзалхочунна
Тоьшалла, т1аьхьено дийр ду.
Дика лулахо - бахам,
Вон лулахо - бохам.
Г1уллакх деш волу стаг,
Шен дахарах кхеташ ву.
Г1уллакх ца деш верг,
Шен дахарах леташ ву.
Стеган, адмашца ларам хилар,
Шен сий лакха дакхар ду.
Ийман, Собар, Хьекъал, долуш волу стаг
Махкахь кхиар, Дала цу махкана совг1ат дар ду.
Цу совг1атан сий дина мохк, декъала хилла бу.
Т1ом а бина баьккхинчу толамал а мехала бу,
Собарца баьккхина толам.
Шен махкахь дина дика а доцуш вахар,
Вахар а дац.
Дайн кешнашкахь барз боцуш дерг,
Валар а дац.
Дуьненачохь ваха, доьналла оьшу,
Дуьне дита къонахалла оьшу.
Шен кхолламца ч1ир лоьцуш вверг,
Делаца къуьйсуш хета.
Дахар,- дуьненан дагчухула биллина,
Эхарта боьдуш некъ бу.
Далла еш йолу 1амалл,- эхартахь
Шен хинйолчу х1усамна кечбеш, чиркх бу.
Шайт1анна лаам эшо хала ду,
Ийман доцчунна.
Эхартан не1 йосту дог1а,
1ожжалла ду.
Хих къаьстина тулг1е, г1амаро худу.
Сих къаьстина дилх, лаьтто худу.
Хьекъалечуьнца мотт бийца хала дац,
И ду моьттуш волчуьнца ду хала.
Дала деллачунна реза хилар ду, Ийман хилар.
Къаной ца лоруш вверг,
Шен т1е йог1учу заманах кхаьрдаш ву.
Стогаллин бен бу, яхь.
Йоьхьан куьзга ду, эхь.
Валарал а хала ду, эхьаца ваха.
Вон лара ца хуучунна,
Диканах ирс иэца хуур дац.
Делан дуьхьа лелларг,
Сина парг1ата хилла.
Йолан доьхьа ваьхнарг,
Сингаттамца висана.
Шен сина лаамна маршо ялар,
Стаг ледара хилар ду.
Шен г1алатна къера хилар,
Са ц1андар ду.
Зийнарш
Воккха стаг ца олу, хьекъална воккха воцчу стагах.
Жимстаг ца олу, муьлххачу а г1уллакхана кийча воцчух.
Къонахстаг ца олу, зударийн б1аьргашчохь кхерам латтош волчу стагах.
Беркате стаг ца олу, нахана пайда болуш воцчух.
Комаьрша ца олу, са маьрша доцчух.
Адамашца марзо йолуш ву ца олу, зуьдалла шеца долчух.
Майра стаг ца олу, кхетам боцчу стагах.
Дика стаг ца олу, шен ц1енна дика воцчух.
Тешаме ца олу, тебаш волчух.
Оьзда ца олу, шен сина бехкаме воцчу стагах.
Г1иллакхе ца олу, бераца г1иллакхе воцчух.
Къинхетаме ца олу, бакъдерг ца олучух.
Сина кхетаме ца олу, ойла ца еш вволчух.
Б1аьрзе стаг ца олу, гуш дерг кхайкхош ца хиларх.
Маттана говза ца олу, шера мотт бийцарх.
Каде ву ца олу, уьдуш леларх.
Самукъне ца олу, даима воьлуш волчух.
Хьекъале ца олу, т1аьхьлонна ойла еш воцчух.
***
Дац сан шуьга цхьа а дехар,
Бац сан шуна бан кхин там.
Амма ду сан дан цхьа хьехар,
Бертахь дахар, ирс ду шун.
2008
***
Хьоьгарчу г1иллакхо гойту,
Хьуна т1е бан беза некъ.
Адмашка ларамо гойту,
Шаьш сий дан, хьо вуйла хьакъ.
2008
***
Буьстича дахаре безам,
К1еззиг хан яьккхинарг хета.
Яханчу заманан хьехам,
Схьалаьцчи йохаллех кхета.
2010
Вайн дуьне чухоъъал,
Долу сан дог .
Д1алаццал хилла – кха,
Баланан ког.
Даш санна язъелла
Заманан ч11ург,
Т1екерчи охьта11ош
Дахаран букъ.
Баланаш дазделла
Чубуьйжи тхов,
Харцаеш дагчуьра
Дозаллийн б1ов.
1999 - 2009
Маржа – я1, маржа – я1, малх кхета дуьне,
Дезале, довзале, дитнарг ву ирсе.
2009
Резванова Айза Безаман Ницкъ
Нохчийн мотт безачийн, амал ас лору,
Нохчийн мотт хесточийн, ц1е дагчохь кхобу.
Нохчийн мотт хьоьстучийн, марзо ас муьйлу.
Нохчийн мотт буьйцучийн, ирсах со йогу.
Резванов 1аьрбийн йоь1ан, Айзин кхоллам хилла Хьалха-Мартан т1ехь, 1963-чу шарахь, 14 - чу октябрехь. Юккъерчу дешаран № 6 – йолу школа чекхъяьккхина 1981 – чу шарахь. Цу шарахь деша яхана «Кондитерки», училише № 12 - йолу. Цул т1аьхьа дешна чекхъяьккхина Кисловодский колледж , « Экономика и права». Белхаш бина Грозни г1алахь а, Хьалха – Мартан т1ехь а, Российн дозанахь а. Поэзийн некъ болийна 8 – чу классехь, дуьххьарлера экзамен д1аелча кхаъ хилла язйина доьхьарлера стих, оьрсийн маттахь, т1аккха нохчийн маттахь а. Х1етахь язъйина хилла и беран ойланаш т1ехь йолу тетрадь дайна, хьехархочо т1ехь таллам бан даьхьаначохь.
Къизаллийца нохчийчу беанчу, хьалхарчу т1амо х1аллак йина, ненах а, жималлех а, даймахках а, безамах а оьрсийн а, нохчийн а маттахь язъйина стихаш, дагахь 1амийнарш йоцуш. Делахь а дагчуьра поэзийн орам бакъабала ца буьтуш, Айзас
дахаран марзонан мутт мийлош, дахарехь кхин а шуьйра мур схьа а лаьцна, чу са кхоьллина, зорбане яьхна стихаш а, туьйранаш а, забаре дийцарш а. Шен деган мукъамаш белла,иллешка яьхна байташ. Шен дахаран лар бодашкахь къевлина ца юьтуш, сих чу са диллина, и серло адмашка д1акховдийна цо. Шен адамашка болу безам гойту цо, шен поэзехь:
Адам дезар г1алат делахь-
Со г1алат ю, и бакъ ду.
Адмех тешар г1алат ларахь,
Юха а со, г1алат ю.
Адамийн дог хьаста лаар,
И г1алат а соьца ду,
Реза ю со г1алат хила,
Адмийн бала айбеш д1а.
Г1алат делахь, адам хилар -
Шеца долуш адмалла.
Айзин стихаш а, туьйранаш а, дийцарш а зорбане евлла «Даймохк», «Маршо» ц1ераш йолчу газеташкахь а,
«Нана», « Орга», «Стела1ад» журналашкахь а, «Созвездие», « Нохчийн фольклор» ц1е йолчу гуламийн гиншкаш т1ехь а. Цо язбинчу мукъамаш т1ехь, цуьнан дешнашца д1аолуш ду нохчийн иллиалархоша хаза нохчийн халкъан иллиш. Иштта суьрташ дахкаран говзалла а гойту цо, «Стела1ад»,- ц1е йолу берийн журналехь «1аьнан де» а, « Гуьйре» а гойтуш ара девллачу сарташца. Цул совнаха «Безаман ницкъ», ц1е йолу гуламийн киншки т1ехь а. Айзин дуьхьарлера гуламийн киншка ю «Безаман ницкъ». Кху т1ехь шун йовза таро хир ю цуьнан поэзехь йолу ойланаш а, цуьнца йолу исбаьхьалла а. Дала массо а адамашна пайденна йойла х1ара кинишка. Дала,т1аьхье беркате йойла Айзин а, массо а бусалбанийн а.
Шаид Рашидов
НР Халкъан поэт
Даймохк хьан бакъо яц ….
Даймохк, хьан бакъо яц къарбала,
Хьо къийсар эрна деш тхан,
Тхо кхета, т1амо хьо дарбина,
Ерзаза ю чевнаш хьан.
Даймохк, хьан бакъо яц къарбала,
Г1айг1ане дуьтуш хьайн къам.
Хьан озе сатуьйсуш айбелла,
Ладоьг1уш бу, лекха лам.
Даймохк, хьо къарцалуш бахалахь,
Халкъанна йовхо луш хьайн,
Машаре, зевнечу аьзнашца
Са парг1ат доккхуш тхан дайн.
Хьаннашкахь олхазарш декийта,
Лаьмнашкахь уг1ийта борз,
Ирсе дай самукъне хазийта,
Кхерчашкахь, тхан нанойн аз.
Даймохк, хьо малх санна къагалахь,
Хьанал ду хьуна тхан ц1ий.
Т1аьхьенна беркате хилалахь,
Ларделахь турпалхойн сий.
2002
Даймохк нана
Даймохк! Х1ун ду хьуна ганза?
Я баккхаза ахьа чам?
Я бу техь хьо, х1умма ланза?
Бан ца хууш х1уман хам.
Хийла геналлехь сатуьйсуш,
Бу хьан доьзалаш хьо ган,
Хьан аз хезча кхача луурш,
Масне хуьйди лаьтто д1а.
Буьйсанна хьо дага лоьцуш,
Ас набарна хьаббо б1аьрг,
Со санна шен махках хьоьгуш,
Хир ву генахь хийла стаг.
Хьан марзонах ойла хьерчаш,
Кийра кхехкош доьлху дог,
Сайн генара рицкъаш лехьош,
Ас собарца боккху ког.
Сийлахь Даймохк! Хьоме нана!
Суна хиъна шуьшин хам,
Йиш елар олхазар хилла,
Шуьшинн т1оьхул хеца т1ам.
1985
Маржа я1, маржа….
Лаьар - кха дагахь дерг, ма дарра яздан,
Адамаш лаьар - кха, вовшашна марздан,
Дахар а лаьар - кха берашна хаздан,
Лаьар - кха массо де, нохчий чохь даздан.
Лаьар - кха даймохк хьо, даггара хьаста,
Геналлехь къийлина дог хьуна даста,
Лаьар - кха ойланаш д1ахеца кхарста,
Шовданийн аьзнашка ладег1а б1аьста.
Лаьар - кха, мох хилла хьан мара хьерча,
Я ц1енчу 1аламца хьуна чу яржа,
Ма ч1ог1а лаьар - кха, ахь со а харжа,
Ирсечу доьзалех,- маржа я1, маржа…
2007
Яздар а дацар – кха,
Хьох яздеш ца хилча.
Дийцар а дацар – кха,
Хьо хьег1ош ца хилча.
Дахар а дацар – кха,
Даймохк ! Хьох къаьстича.
Ялар а дацар – кха,
Хьан кийра ца йижча.
2007
Даймехкан тулг1енах
Боккхачу х1орда чохь ойлане юьйлуш,
Цхьа тулг1е техкара самукъа доцуш.
Ас цуьнга хаьттира гергара, езаш,
Х1ун ду те хьан сецар, г1айг1ане эгаш.
Хин бердех етталуш, эзарнех яьржаш,
Кхин тулг1еш ловзушчохь вовшеха хьаьрчаш.
Хьо х1унда соьцу, кху х1ордачохь хебаш,
И тулг1еш керча хьан хазаллех хьоьгуш.
Хьо цхьаъ ю тулг1ешлахь, жовх1арех лепаш,
Боккхабеш техка х1орд хьо совг1ат хеташ.
Х1етте а сингаттам хетта хьан дебаш,
Дийцахьа, х1ун бала бу сих хьан летарг?
Т1аккха и техкира сан дагах кхеташ,
Шен бала балхийра тулг1ено зийзаш.
Ойлане со ели, цунах къа хетта,
Б1аьргеха уьду хиш х1орда чу хецца.
Доккхачу хих кхетар, дозалла хетта,
Органан хорша ша дирзира керчаш.
Цо шеца дадийна, нуьцкъала хьаьрчош,
Теркачу хийцира, ша цунах г1ерг1аш.
Къегина шен аса, г1амарлахь хьаьрчош,
Терк дуьйли шех дарц дан, бердех д1а детташ.
Амма цхьа т1адам а, ша шех ца къастош,
Х1орда чу кхоьсси цо, ша цу чу даьржаш.
Иштта ша къаьстина даймехкан хоршах,
Самукъа долучух, муьлххачу ор чохь.
Юха цу лаьмнашкахь сатийсарах ловза.
Цкъа карзаха х1орд баьлча, довр долуш доьза.
Цхьа дехар дара шен, т1аккха цо эли:
Доьза ша ца дайта, ницкъ кхачахь хьоьга.
Цхьа тулг1е схьаиэций, дег1аста кхачий,
Шовданех д1атохар, шех дерг д1аалий.
И дехар кхочуш дан, ас куьйгаш кховдий,
Цхьа тулг1е канашкахь иэца ка дели.
Ч1ург хьийзош, оьг1азе х1орд кхоссабели,
Т1еххьара шен дешнаш, тулг1ено эли:
Хьаннашкахь олхазарш шакаршца декаш,
Б1аьстенца бацалахь зезагаш лепаш.
Цу т1улгийн ламанех самукъне хьерчаш,
Ма ирсе хиллера, даймехкан кхерчахь.
2010
Кхи х1ун ирс ду….?
Син парг1ато шайна лоьхуш,
Кхечу махка ихнарш д1а,
Хир буй теша, парг1ат бехаш,
Са цахьийзаш даймохк ган?!
Дерриг дуьне серла доккхуш,
Б1аьсте йоьлуш йеъча т1е,
Сан са т1ома долий доьду,
Сайн махкахой гулбан ц1а?!
1ожалла ю когех хьерчаш,
Новкъалло еш боларна.
Замано а тукур туьйсуш,
Дацдо некъаш дахаран.
Сан дог доьлху Деле доьхуш,
Рицкъаш маьрша дерзор ц1а.
Доьзалех б1аьрг тоха хоьгуш,
Хийла наной кхелхи д1а.
Ойла ейша сан махкахой!
Къизалла, вас эккхаяй.
Барт ца хилча кхи х1ун ирс ду?
Доьзалашка кховдо вайн.
2007
Къагалахь дашо малх….
Къагалахь дашо малх, хьо серла балий,
Хьасталахь нохчийчоь йовхо луш хьайн.
З1аьнарийн куьг хьокхуш, дасталахь латта,
Ден делахь бецан хелг, ахь рицкъа лой.
Халонна, харцонна цата1ош корта,
Ницкъ лолахь ахь лардан, даймехкан сий.
Тхо бахьнехь йоьхь 1аьржа ма делахь лахьта,
Лай хилла ца баьхна, тхан оьзда дай.
Самукъне аьзнашца шовданаш декош,
Зезагех кхелина аренаш лепош.
Бахалахь тхан даймохк, хьанал къа дебош,
Ирсан мукъ даима хьайн буйнахь сецош.
2008
Х1ун г1уда ду те….
Ма г1ийла къега - кха
Дашо малх нохчий чохь,
Г1айг1ане ма хьоьжу,
Ярташка лаьмнийн бохь.
Чурташ а гуора шаьш
Х1иттина кешнашкахь,
Совдуьйлуш уьду хиш,
Цасовцуш хоршашкахь.
Х1ун г1уда ду теша,
Ца довлург текхна тхо.
Саьрмиках тарделла
Хьаьрчинарг даймахках.
Балане бода бу
Адамийн б1аьргаш чохь,
Питанийн ога ду,
Вежарий къаьстош тхох.
Сан мерза, ойланаш
Дегнаш чу ерзаяй
Сан б1аьргийн нур серло,
Вовшашка хьежа лой,
Барт хилла, иманехь
Цхьана хорша дерза,
Ницкъ лохьа, Я Аллах1!
Хьо везара дуьхьа.
2009
Дахаре
Х1ун къуьйсу, х1ай дахар
Ахь кху сан дагца,
Х1ун бахьна ду далар,
Дуьхьал хьан т1амца?!
Ойла сан керчаяр,
Хин тулг1е санна
Даймахках хьегаяр,
Ненах бер санна!?
Ца даьлла, х1ай дахар,
Хьо дог, сан зийна,
Я эрна ду лехар,
Ирс хьоьца ийна,
Вуй теша ваьхнариг,
Хьоьца дог тийна,
Я вуй хьох къаьстинарг,
Хьох дог 1абийна!?
2003
Резванова Айза
Ас кхуллу сайн илли
Шераш т1е шо дуьллуш д1ааьхарх зама,
Къонлуш ю, хазлуш ю, вайн Соьлжа г1ала.
Юха а керла шо дог1уш ду кхана,
И даздан г1аьттина вайн Даймохк – Нана.
Махкахой декъал беш керлачу шарца,
Ас кхуллу сайн илли, нохчочун ц1арца.
Вовшашца барт болуш, марзонца даха,
Ирс дохьуш дог1ийла керла шо вайна.
Б1аьргаш чохь вовшашна къинхетам гина.
Ойланаш ц1анйойла, шовданел ц1ена,
Баланаш иэшийна, ирс дуьйлуш серла,
Сан хьоме махкахой! Шу декъал дойла.
2010
Мохк бегор
Сан даймохк! Х1ун ду те хьан дегор латта,
Х1ун бала бу теша, са лоьцург хьан?!
Кийра а бат1ош хьо хьовзий те готта,
Сов яьлла те хьуна, къизалла тхан?
Сан даймохк! Диехар дан дац суна атта,
Дац хьуна дала жоп адамех сан,
Амма цхьа кегийра маликаш г1уьтту,
Ког баккха сатесна, лаьтта т1ехь хьан.
Даймохк! Со до1ийца суждана йоьду,
Къинхетам боьху ас, т1аьхьенна тхайн,
Бусалбанаш хилла, иманехь г1овтта,
Ницкъ лолахь ахь царех бай, ирсан дай.
2009
Вай ду-те замано сихдина
Вай ду те замано сихдина?
Я зама сихйина вай?
Вай г1ерта нека деш хих довла,
Генахь а доцушшехь т1ай.
Тахане цалоруш, кхане схьа
Ма еха, им йог1ур яй.
Шен болар ца дохош замано,
Д1абевлла вайн хийла дай.
Йиш, ваша дитина нахаца,
Гергарлло малеха хьайн.
Хьайн наха хьо сий деш ца ларахь.
Хетар ву хьо цхьалха, лай.
Х1ордах д1акъаьстина хин тулг1е,
Латто д1ахудий д1айов.
Вон, дика шен махкахь цалайнарг,
Адмашна вицлой д1авов.
2009
Ма ала
Ма ала, нохчийн къам ц1ена дац,
Талхийна г1иллакхаш вайн. . .
Ден дакъа къонахчо духкур дац,
Г1иллакхаш дицдийр дац дайн.
Ма ала, нохчийн мотт хаза бац,
Бийца а хала бу и.
Сийначу бацалахь лахьийна,
Зезагийн ду иза тхи.
Ма ала, вайн даймохк ирсе бац,
Самукъне дац махкахь вайн,
Седарчий санна шаьш къегина,
Кхуьуш бу вайн кегирхой.
Ма ала, къонахий бисна бац,
Уьш бу вайн лардийраш сий,
Нохчий чохь къонахий цахилча,
Хир дацара ц1ена вайн ц1ий.
2008
Жоп дели….
(Уциев Абуца къамел)
Ма ч1ог1а хьийзабеш,
Керча беш, луьсту ахь.
Ширделла дешнаш а,
Лоьцу ахь, цаций чохь.
Сов къена и дешнаш,
Кула до ахь лехьош,
Бохучун, хьекъале,
Жоп дели ахь кхетош.
- Хестабеш, белабеш,
Бер санна хьоьстуш.
Ламазан хенаца,
Карла а бохуш.
Нохчийн мотт, марзонца
Мел буьйцу къонлуш.
Бехар бу вайн даймохк,
Халкъана ирс луш.
2008
Ирсе б1ов
Хьо х1унда кхийда дог, яханчу замане,
Х1ун деха г1ерта хьо, цу ширчу дахаре,
Лоьху те халонаш, дайшна т1е х1иттина,
Доьху те баланаш, дайн дегнаш цистина?...
Къайленаш йисна те, безамах ястаза ,
Я бахам карий те, хьолан дайн бастаза,
Хьо х1унда г1ерта те, ойланаш хьагийна,
Боданан не1аре, сирла чиркх латийна?...
Лоьху ас марзонаш, дайн уьйраш ч1аг1йина,
Тешаме орамаш 1адаташ х1иттйина.
Г1иллакхе г1ерта со, халонаш эшийна,
Барт боьху, дайн дегнийн баланаш дашийна.
Бахам бу сан цигахь, х1отто мах боцуш,
Ша оьзда бийцинчу нанойн ц1е кхобуш.
Ломарчу шовданел ц1ена ша лоруш,
Нохчийн мотт, орамаш дакъо йиш йоцуш.
Лаамца сий долчу цу маттахь йотта,
Ирсе б1ов т1аьхьаьнна син кхача х1отто.
Са серла даьлча, я, х1иттича холча,
Бахкийта деган не1 йоьллуш со йолча.
2010
Дахар лай
Цкъа хьостий деладеш,
1овжадой делхош,
Вайн г1ийла синош ду,
Дуьнено ловзош.
Вайн майра дегнаш ду,
Куралло 1ехош,
Зоьртала дог1маш ду,
Цамгарша иэгош.
Зама ю дахаран
Орамаш хедош,
Толаман байракх ю
1ожалле кхийдош.
Вай цкъа а ца хилла,
Дуьненан дай ,
1ожалла ю эла,-
Ткъа дахар, лай.
1995
Ца яьхьа со….
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа дуьненах хьега.
Хир дац и боцуш цхьа бала,
Шена чохь адамаш дехаш.
1ожалла йоцуш бу аьлла,
Ца яьхьа со малхах хьега.
Хир бац и боцуш цхьа бала,
Дуьненан яй кхехкош богуш.
1ожалла йоцуш бу аьлла,
Баттах со ца яьхьа хьега.
Хир бац и боцуш цхьа бала,
Буьйсанан бода шех хьерчаш.
1ожалла йоцуш ю аьлла,
Ца яьхьа стигланех хьега.
Хир яц уьш боцуш цхьа бала,
Ткъес детташ, маьхьарца къиекъаш.
1ожалла йоцуш ю аьлла,
Ца яьхьа со мархех хьега.
Хир яц уьш боцуш цхьа бала,
Дог1анца дуьненна йоьлхуш.
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа со латтах хьега.
Хир дац и боцуш цхьа бала,
Дегадеш дог т1ек1ел дуьйлуш.
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа со лаьмнех хьега.
Хир дац уьш боцуш цхьа бала,
Мокхаза т1улган лам хеда.
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа хих а со хьега.
Хир дац и боцуш цхьа бала,
Шен тулг1еш бердех д1аетташ.
1ожалла йоцуш бу аьлла,
Ца яьхьа со мохах хьега.
Хир бац и боцуш цхьа бала,
1аьткъа и даима ц1ийзаш.
1ожалла кхочар ю аьлла,
Кхоламна яц реза йоцуш.
Хастам бо ас Везчу Далла,
Бусалба кхоллам баларна.
Ас къамел до беллачаьрца
Ас хеттарш до беллачаьрга,
Кешнийн кертахь йолалуш.
Хьолах дуьзна дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац дист хуьлуш!?
Делан кхоьлах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а.
Я хьарам дерг шеха къаьстош,
Хьанал рицкъа лехнариг а.
Цхьа воккха стаг хьаставелла,
Телхина лела моьттуш со.
Хаттар деш вист хили соьга:
-Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша жоп делира,
Хоуьйтуш сайн дагахь дерг:
-Ас къамел до беллачаьрца,
Кхето лууш сачохьверг.
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарех дисна ду.
Ткъа дуьненах 1еха ца луш,
Леллачара дитна ду.
2008
Ма г1ерта со къар ян
(Ахмадова Тамарина лерина)
Х1ай зама ! Ма г1ерта со къар ян,
Дог иэшо ма г1ерта сан,
Со кхиъна дахарехь хало ган,
Амал а евзина хьан.
Буьйсанна хаза г1ан дайча а,
1ехалой лелара со,
Безамо б1аьгашца хьаьстича,
Моьттура ирс сайна го.
Гуш долу 1аламан хаза сурт,
Дагна сов и дезалой.
Юьсура беха некъ ас барах,
Цу хазне кхача цалой.
Даггара безачу даймахке,
Боьссинчу балийна дан,
Г1о шен ца хиларна т1улг хилла,
Дисна ду кийрахь дог сан.
До1а деш, б1аьрхишца дехарх а,
Кхолламах яла ца ло.
Ният ду, ца йоха собарах,
Суна хьан къайленаш го.
Х1ай зама ! Ма г1ерта со къар ян,
Дог иэшо ма г1ерта сан,
Со кхиъна дахарехь хало ган,
Амал а евзина хьан. . .
2009
Турпала йиш-ваша
(Абдулазимов Халидан доьзална)
Сан ненан вежарий,йижарий ненан,
Сина мерза кхача шу, дахаран орам.
Сан деган йовхо шух, даглаьцча х1ора.
Къастаран ойлано, иэшадо г1ора.
Шун дегнийн пхенаш ду, вовшеха доьзна,
Цхьанне дог 1овжийча, вукхера лоза.
Шух дечу дозалло, кийрахь дог дуьзна,
Йоккхаеш лардо ас, халонан доза.
Халидан доьзалехь ца хилла цхьа а,
Уосалчу ойлано сак1амдеш цкъа а.
Вон - дика дерзийна барам цабустуш,
Комаьрша г1иллакхаш шайнех цадуьхкуш.
Яхь йолчу къонахчух схьадойлла дегнаш,
Дукха бу, шу санна шаьш хила хьегнарш.
Ц1ена хиш, бух болу шовданаш лору,
Шу санна йиш-вешех,турпалхой олу.
2006
Мульхарг ду?
Муьлхарг ду сан дуьне?
Кхоллам а хьаьнца?
Х1ун дуьйцу ирс хеташ,
Безамах лаьцна?
Хьанах со 1ехало?
Х1ун лаьа довза?
Б1аьргаш а седарчешца
Девлла ловза.
Х1ун оьшу дахарехь,
Хьаьнца ас къуьйсу?
Латта ша хьоьшушшехь
Когаш к1елл соьцу.
Дашо малх комаьрша,
Нур 1енош хьоьжу.
Я дуьхьалл йолана,
Х1умма ца доьху.
Ткъа суна делларг ду
Адмалла Дала.
Цул деза хир дац - кха
Кхин совг1ат цхьа а.
Адмалла даларна
Ийманах кхелла.
Со Далла хастам беш,
Ирс хеташ еха.
2011
Мах эццехь хадабо
Кху дуьненах ч1ог1а 1ехавелла,
Вог1у хьо ца лардеш олу дош,
Зама едда йоьдуш ю сихъелла,
Хан д1акхоьхьу цо, вайн хам ца беш.
Хьарам кхача, - цунах кийра буззий,
Кура хьоьжу кху дуьнене хьо,
Амма 1ожалла т1е те1аш улле,
Цо куралла тухий йожа йо.
Собаре верг, г1ийла миска лоруш,
Къизаллийца дог ахь 1овжа до,
Цхьа де дог1у т1аьххьара г1улч юстуш,
Къонахчуьн мах эццехь хада бо.
2008
Маликаш даьхки-те….
Воккха стаг, хьан стенах самукъа дели?
Маликаш даьхки те кхаъ бохьуш лере?
Я шераш дицделла ойла айъелла?
Баланаш лахбелла хьо сонта ваьлла?!
Шайт1анийн шабаршка ахь ламадег1а,
Къоналлийн забарш еш, ма де дог 1еха.
Дуьненан хазаллехь, эхарт ахь деха,
Некъаш ду шера гуш, ца оьшуш леха.
Мерза са ц1еххьана, 1ожалло лацахь,
Эхартахь кечъйина хьан х1усам яцахь,
Ма шийла 1а хирду, ца вохлуш цкъа а,
Я йовха ц1е хир ю, г1о доцуш цхьа а…. .
2008
Къонахчух
(Кадыров Ахьмад – Хьаьжина)
Дешарх а ца кхачош,
Ца к1ордош цкъа а.
Дукха ю къайленаш
К1оргехь Къор1анан.
Йовхо луш, цхьанна а
Ницкъ боцуш яйа.
Ц1е ахь хьайн йитина
Халкъалахь яга.
Шераш т1е шо дуьллуш,
Д1а эхарх зама,
Дуьненчохь лар юьтуш,
Даг1арх д1а кхана
Къонахчуьн ц1е йоху,
Юх-юха самса.
Ткъа к1иллойн ц1е йойу,
Кхоьруш ун дала.
2008
Сан кегий вежарий
(Т1амо х1аллак биначу нохчийн
к1енташна, деган лазамца)
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Шух хили те т1улгаш ламанийн,
Я баьрзнаш хили те шух хьаннийн,
Я хили те синош акхаройн!?
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Хин тулг1еш хили те шух кегий,
Я маьлхан з1аьнарех сов къегий,
Хьоьжу те тхан б1аьргаш чу лорий!?
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Бисна те шун дагахь цхьа бала,
Ца кхиъна дагахь дерг схьа ала,
Ца яккхарна къинт1ера нана!?
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Мила ву шу некъаш тилийнарг,
Дахаран чиркх хьалхе байинарг,
Ца 1ебаш тхан дегнаш дууш вверг!?
Я Аллах1! Я Аллах1! Я Аллах1!
Собарах ца доха ницкъ лолахь,
Иманехь барт цхьаъ бай нисделахь,
Т1аьхье тхан беркате ахь елахь.
2008
Т1аме
Ма кхера дехьа тхан бераш,
Лоьлхийтуш кийрара дегнаш,
Ма бале леци ахь 1енош,
Тхан махкахь и д1аьвше герзаш.
Барз боцуш лаьтто хьо хударг,
Хилла хьан къизалла дукха,
Тхан къоман ц1ена ц1ий муьйдург,
Хьох дала, тхан нанойн луур.
Т1ехьежо хьайн къиза б1аьргаш,
Делхадеш тхан нанойн дегнаш.
Довлийла хьан, дуьне кхаьрдаш,
Мохь - ц1ог1а даларх, г1о доцуш.
Ма кхера дехьа тхан бераш,
Лоьлхийтуш кийрара дегнаш.
Тха-м даций уьш цхьа да воцуш,
Балийна дуьненчу дохуш.
1995
Йишин безамца
(А.А)
Тийначу буьйсана,
Даьржина бетта са санна.
Ц1еначу безамца,
Хьо дагчохь вехаш ву тхан.
Хьо марша лоьлийла,
Ца лоцуш цхьана а кхело.
Диканца вехийла,
Дахарехь ца гуш кхин хало.
Буьйсана лепачу,
Цу х1ора седанан нуьрах.
Тарделла къегийла,
Даймехкан некъаш хьан ц1арах. . .
2009
Гора дуьне
«Дуьне дош дац»,- цхьамма олу;
Ца кхеташ шен дахарах.
«Гора дуьне !»,- вукхо хьосту;
Х1отто боцуш цунна мах.
Амма дуьне шек ца долу,
Хесторах, я чехорах.
Цо шен декхар ч1ог1а лору,
Ца кхоьруш ша дохорах.
Б1е шаре вай халла кхочу,
Бехкаш дохуш кхолламах.
Эзар шерийн бала токхуш,
Им ца духу, несаллех.
2009
(Межидов Мовлдин к1ентан
Мохьмадан шо кхачарца)
Шо д1а дели хьан дахаран некъан а,
Дуьне довза, ваха веъна хьо.
Хьан кхоллам а хуьлда г1уоза, декъала,
Ирсе кхачош хуьлда боккху ког.
Ийман,ислам долуш хуьлда хьекъале,
Кхоие дерзош хьайн кхолламан де.
Доьзалхо хьо Мохьмад, хуьлда беркате,
Сий деш, ларамца хьан йохуш ц1е.
Кхолламо хьох дагабуьйлуш хьоьстийла,
Ирсах юцуш ц1ена ойланаш.
Дена – нанна деза совг1ат хьох хилла,
Къегийла хьан дахар, седанах.
2010
Генахь дац и аьзнаш
(А – Хь. Хатуевна)
Генахь дац и аьзнаш, дехьачохь санна уьш хеза,
Х1ора г1улч ас йоккху, дуьненахь т1аьххьара лоьруш.
Ялсмана хьозарчий шакаршца соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу, цхьа парду, 1ожалла бен чекх ца йолуш.
Къинт1ера ваьлла со даггара дерриг дуьненна,
Доьху ас къинт1ера довлар а массо а сига.
Лелла вац дахарехь, сайн сина лоьхуш аьхналла,
Ткъа марзо лаьхна ас, дуьненахь массо а сица.
1ожалло дахарца къуьйсучу дозана юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу чот етташ, къай – меллий узуш.
Оьмар ас диканех юттуш ерг соцуш ю сиз т1ехь,
Лийринарг яра еха, т1аьхьенан некъах ирс дуцуш.
Тоьшалла
( Яздархочунна Гадаев
Мохьмад - Салахьна)
1ожаллийн б1аьргаш чу собарца хьоьжуш,
Хоьттина т1аьхьенан некъах шен некъ,
Кхолламца цхьа а ч1ир, гамо ца лоьцуш,
Цо лайна халонаш, дустуш харц - бакъ.
Къаьхьачу балано ирсан некъ боьхкуш,
Мерзачу дахаран талхорах чам.
Ц1еначу безамца вайн Даймохк хьоьстуш,
Доьналлехь яьккхина хилла цо хан.
Массо а синан ю 1ожалла эла,
Делахь а, стогалла эшаяц цо.
Къонахчо аьлла дош, ца хуьлу къера,
И лела дуьненчохь ша туьссуш гуо.
Дахаре оьг1азе ма хьежа б1аьргаш,
Я ирсах кхолламе ма еха ч1ир,
Хьекъалах дагавуьйлуш, ийманехь ваьхнарг,
Вахнад1а масална юьтуш шен лар.
2009
Цу некъан кхоллам
(Нохчийчохь дуьххьара «Исламан з1аьнарш»
ц1е йолу газет ара даьккхинчу
Жуьнийдан Мас1удна лерина)
Х1иллане йоцчу ойланца,
Дахарехь ирсе кхаж баьлла.
Исламан Динан З1аьнаршца
Хьан деган малх баьлла серла.
Деган нур т1ома айделла,
Исламан сийлалла кхайкхош.
Боданехь ца дуьтуш 1илла,
Вог1у хьо Делан дин хестош.
Ийманца иэшийна кхерам,
Исламца баьккхи ахь толам.
Везачу Далла беш хастам,
Къобал беш бусалба кхоллам.
Азаллера Абаде кхаччалц,
Лекха бу толаман х1оллам.
Махьшерийн майдана кхаччалц,
Беха бу цу некъан кхоллам.
Сан заманах
(Эпиграф Ш.Рашидовн
Заманан хьехам)
Шена бен хьехаман,
Сий, ларам ша бина,
Болар а лахдина.
Ладег1а яьлла бах,
Яханчу замано,
Г1айг1ане ша йина.
Хьекъалах дагъяьлла,
Диканах дог тешна,
Цагойтуш ша йоьхна.
Т1аьхьарчу замано,
Буолар шен сихдина,
Болх Деле кховдийна.
Яханчу заманан,
Цу ирсах ша хьегна,
Дикане сатесна.
Цасоцуш, хин йолчу
Халонна б1о къежна,
Шовкъе и хилла бах.
-Реза ю Дала ен
Кхелана ша аьлла,
Сингаттам д1абаккхий,
Парг1ата хьо хила,
Халонаш отуш ша,
Хьожур ю чекхъяла.
Ойла еш ладоьг1чи,
Малх гуора стигалахь
Кхин хийцам боцуш,
Адамийн беснаш а,
Го нуьре шаьш лепаш,
Ойланаш сирла.
Рицкъанаш дахарехь,
Са дуьйлуш дебара,
Беркате доцу.
Иман шаьш хьоьхурш а,
Х1илланца чекхбовла,
Некъ шайна бостуш.
Стиглара седарчий,
Нур даьгна 1арждаллал,
Яьржира харцонаш.
Тешам а д1абайна,
Ша шех а шек валлал,
Юьйцура шалхонаш.
Лулахойн дог кхардош,
Г1ийлачийн хьакъ лечкъош,
Т1ек1ал еш г1аланаш.
Хьанал къахьегарх а,
Цадовлуш декхарах,
Адамаш а балехь.
Эхарта беха некъ,
Дуьненан дагчухулл,
Биллина Дала.
Адамаш, кхин долу
Синош а, д1аоьхуш,
Некъахой ма ду.
Я Аллах1! 1ожалло
Эхартан не1 еллалц,
Ийманехь даха.
Ницкъ лохьа, дийхир бах
Замано, ца еш шех
Йоьхь 1аьржон тешха.
Юха а йорт еттачу
Замано элира бах,
Ша ойла йина.
-Тешаме куьг кховдош,
Бакъоно не1 тохахь,
Юьтур яц тесна.
Ша лайнарг, я дайнарг,
Д1адийца стаг воцуш,
Къонахий эгна.
Йисарна кхоьру ша,
Т1ом ирча зулам ду,
Жоьпехь стаг воцуш.
Алхьамдулиллах1и!
Къинхетам шорта бу,
Вайн везчу Делан.
Йиш ма яц дуьнен чохь,
Бакъо а эшийна,
Харцо д1алела.
Хьаьдда схьадог1у хи,
Даьржина хиларх а,
Сецначохь хьаьа.
Синош вайн бусалба
Кхолларна, вайн Далла,
Хастам бан лаьа.
18/ 11. 2009
Декийта
(Эпиграф)
Самукъне декийта
Гуьмсехахь иллийн аз
Хьоьгар ю Гуьмсехах
Ериг Кавказ…..
Самукъне декийта Гуьмсехахь иллийн аз,
Урамаш дахкийта дешиха кхолуш.
Йоккхаеш хьоьжур ю, шун ирсах хьоьгур яц,
Даггара шу г1оза дехийла бохуш.
Гуьмсехахь, Шелахь а, Мартан т1ехь, Соьлжехь,
Нохчий чохь бехаш сан махкахой бу.
Сан къомах муьлхарг а, х1ора шен х1усамехь,
Хьешана шун х1отто кийча хир ву.
Амма цхьаъ халоно г1елвина вужуш гахь,
Кийча ю, сих х1отто г1ортор а г1онна.
Мацца а цкъа дахар д1ахаьдда, эрна лахь,
Оьмар а ешар ю, гулйинарг лонах.
2011
Резванова Айза
Т1е эца…
Х1ей, Марта!
Хьо деган г1айре тхан Даймехкан,
Тешаме г1ортор хьо дег1астан,
Беркате х1усам хьайн доьзалан,
Ду хьоьга тхан мерза маршалла,
Т1е эца къовлуш тхо хьайн мара,
Беркате дайбаьхна тхан Марта!
Х1ей,Марта!
Яхь йолу къонахий кхиийна,
Оьздачу дайн, нанойн сий дина,
Ирс декъа хьан х1усмехь вовшашца,
Дог1у тхо барт болуш, марзонца,
Т1е эца къовлуш тхо хьайн мара,
Беркате дайбаьхна тхан Марта!
Х1ей, Марта!
Мисара болатан хьег1 хилла,
Лаьттина кийра хьан бакъонна,
Мерзачу безаман мутт мийла,
Хьайн деган не1 йоьллуш маршонна ,
Т1е эца къовлуш тхо хьайн мара,
Беркате дайбаьхна тхан Марта!
2010
Яздархочунна
Б1аьстено заз санна
Яьстина, ахь ц1ена ойланаш,
Бесс-бесар стом хилла
Яьржина,токхе деш адамаш.
Кхаьллича мутт 1енаш,
Х1ора стом бу мерза, чомехь.
Иштта хьан ойланаш,
Йовхо луш ю, дагна томехь.
2009
Поэзийн махка
Сайн дагца ниет а дина,
Бераллехь яьллера новкъа,
Поэзий, хьан махках ийна!
Хьох хьаьрчаш, ирс хьоьца декъа.
Жималлехь цу некъах тилла,
Кхолламо йигира гена,
Лаамах сатийсам хилла,
Кхебира хьо дагчохь тийна.
Беха некъ дахарехь бина,
Ниет а кхочуш дан лиъна,
Исбаьхьчу хазаллех ийна,
Кхечи со хьан махка сирла.
Седарчех йоьттина б1аьвнаш,
Хи бухлахь забаре лепаш,
Цу маьлхан з1аьнараш лоьцуш,
Юьйцина керташ го къегаш.
Туьйранахь юьйцу ца хезна,
Исбаьхьчу хазалле кхаьчна,
Поэзий, ахь ирсах дуьзна,
Саций дог, дахарехь лезна.
2008
Илланча
(Дагаев Валидана )
Жимчохь дуьйна ас ла доьг1уш,
Хьан аз суна девзаш ду.
Вайн даймехкан иллеш олуш,
Хьан зевне аз хаза ду.
Денна хийцалуш схьахеза,
Къона илланчийн аьзнаш.
Царна юккъехь къона хета,
Ахь олуш долу иллеш.
Вайн даймехкан хазаллийца,
Хьан зевне аз дог1уш ду.
Ахь иллешкахь ма хестора,
Вайн исбаьхьа даймохк бу.
Ломахь озах хьан тарделла,
Дека шийла шовданаш.
Сайн бан беза некъ бицбелла,
Со ю царга ладоьг1уш.
Б1е шерашкахь идарх зама,
Хийца яларх бакъонаш.
Даймохк даим къона хир бу,
Хьан аз цуьнца дехар ду.
1987шо
К1еда, мерза аз
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Тешаме хьан аз.
Т1еман г1овг1а иэшо, ирсах дегнаш тешо,
К1еда, мерза аз.
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Машаре хьан аз.
Йоьхна ойла 1ехо, берийн б1аьргаш дело,
К1еда, мерза аз.
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Сирла ц1ена аз.
Шовданех д1аийна, безам марзо йийца,
К1еда, мерза аз.
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Зевне сирла аз.
Къизалла д1акъасто, сийлахь даймохк хесто,
К1еда, мерза аз.
Цхьа миска ю иза бохучунна
(М.И)
Цхьа миска ю иза,
Пекъар дуьненан.
Ахь бахар дуй теша,
Хетар хьо эла?
Ахь соьга ла дог1а,
Ойла еш дикка,
Цул т1аьхьа хаттарна,
Жоп суна дита.
Яц хьуна со пекъар,
Ю Делан миска,
Собарца 1емина,
Дика - вон дуста,
Яц хьуна со г1ийла,
Са меца дисина,
Дуьненан рицкъанах,
Ца 1ебаш йисина,
Яц хьуна со пекъар,
Ю Делан миска,
Со санна адмашна,
Декхар ца йисина.
Азаллийн кхолламна,
Дог реза хилла,
Ца йоха сайн дагца,
Ниет а дина.
Дуьненан хазаллех
1еха а елла,
Ца лелла дахарехь,
Со некъах тилла,
Юхалург делла са,
Юьхь к1айн лелийна,
Со-м Делан миска ю,
Хьо мичхьара, мила?!
2008
Пондаран аз
(Паскаев Рамзанан 60 шо кхачарца)
Беха некъ дахарехь ас бина,
Бустуьйтуш ойланца соьга.
Пондаран озо схьа мелл гинчу,
Суьртех сан даге жоп доьху.
Пондаран озо са доссадо,
Самукъне жималлийн ирзе,
Б1аьрзениг ойланца воссаво,
Ша ган сатесначу ирсе.
Пондаран дут1къа аз тийсало,
Чов хилла бисна муо ийзош,
Кхолламца дог кхин ца къийсало,
Азаллийн бакъонаш лоьруш.
Уьдучу замано туьйсу го,
Пондаран озе ладоьг1уш,
Хьосту дог, мерзачу безамо,
Д1аяхна хан карла йохуш.
Генара сурт хьалха х1иттадо,
Ойланца яхна хан луьстуш.
Жима а, воккха а, ирсе во,
Пондаро озаца хьоьстуш.
2007
Кехатийн зама
Мацах цкъа дуьйцуш хезнера вайн дайша,
Бакъонаш кехатийн хир ю вайн бохуш.
И зама ю вайгахь тахана хьаша,
Иза а д1аг1ор ю вай вовшен дашахь.
Са а дац ц1ий а дац, кехат вай лара,
Дац иза даздина синойл вайн Дала.
Веш - йишех, гергарчех, волуш сов хиера,
Вай цуьнца ца къаьсташ, самукъне лела.
Цхьанне а ц1е тоьхна, ахча ца лела.
Шайт1а ду, адамаш дохуш дерг хиера,
Тешнабехк бу цуьнца амал д1аиер
Стагна шех тарвалар, дуьненан эла.
Дуьне а лаьттар ду, дахар ду доца,
Да-нана, йиш – ваша, 1ожалло лоцу.
Кехаттам ахча ду, амма дац деха,
Ахчанца гергарло, дуьсуш ду боьха.
2008
Лоьрашна
Цамгаро шена пхьар дина,
Церг туьйссуш къийзадо дилх.
Мерза са лаца сатесна,
Кам1арашца туьйсу зирх.
Лоьраш ду Делан Маликаш,
Цамгаршца т1ом цара бо.
Дарбане молха ду куйгаш,
Б1аргашчохь къинхетам, г1о.
Мотт сецош цамгар т1етаь1ча,
Шен мерза са а къахьло.
Амма дог деттало тешна,
Боккха ницкъ лоьрашкахь го.
Лоьраш, шу Делан Маликаш!
Ойланаш шун ц1ена ю.
Дахарехь ирс, аьтто хьиекъаш,
Сирла некъ хуьлийла шун.
2008
Макажойн куй
(Хирургана,Баиев Хьасанна)
Эшац тхуна доктор мом,
Баиев ву воккха лор,
Дарбане ду цуьнан куьг,
Цундела ву и хирург.
Америкехь,Африкехь,
Вевзаш ву массо меттехь,
Дозалийца нохчийчохь,
Макаж ламан къега бохь,
Къера хир бац баарх дуй,
Хьасан Макажойн бу куй,
Куйца къонах къаьста во,
Къонахчуьнца тайпа го.
Эшац тхуна доктор мом,
Баиев ву нохчийн лор.
2010
Винчу денца
( Резванов Хьасанна )
Тахана 1аламца
Малх ловза баьлла,
Хьо вина де хаздан,
Б1аьсте еана.
Кху дийнах кхаъ хилла,
Самдаьлла латта,
Самукъне шен кузаш,
Даржийна лаьтта.
Басаршца кечделла,
Зезагаш сетта,
Мехкарша къайлаха,
Хьоьга б1аьрг баьтта.
Ялхийтта шеран некъ,
Замано буьсти,
Жималлийн амало,
Хьан б1аьргаш хьаьсти,
Де - буьйса хийцалуш,
Ирс алсам дуьйлуш,
Безаман мерза мутт,
Дахарехь муьйлуш.
Тешаме накъостийн,
Сий-ларам болуш,
Хьо г1оза вехийла,
Дог ловза дуьйлуш.
2006
Х1аъ ву те, и……
(Эльжуркаев Мохьмадан 65 шо
кхачарца)
Х1ан – х1а, и иштта вац,
И вац эш вуьйцург.
Цхьа х1илла цуьнца дац,
Дош ду цо дуьйцург.
К1иллойн ун кхета бац
Меттиг а гонах.
Коьрта т1е йис йилларх,
И ву цхьа къонах.
Х1ан – х1а, и иштта вац,
И вац эш вуьйцург.
Цуьнан дайшна тайна дац,
Стагехь там боцург.
Шен ненан кийрахь и,
Гина ву г1иллакх.
Дилх дац и схьагуш дерг,
Вуьзна, доьналлех.
Х1аъ – ву те, и ву – кха,
Харцо ца лайнарг,
Бакъонна шех накъост
Хилла, г1аьттинарг.
Кийсикаш еш дог шен,
Халкъана даькънарг.
И ву и, Даймехкан
Хьакъ волу къонах.
Даймекан хилийта верас
(Шаид Рашидовн 70 шо кхачарца)
Хьо хилла кхиийна халкъана,
Яхь йолчу оьздачу нанас.
Собаре, г1иллакхах вуьззина,
Даймехкан хилийта верас.
Хьо иэрна ца лелла дуьненчохь,
Дайн весет ахь кхочуш дина.
Т1аьхьенна бакъонан некъат1ехь,
Тешаме т1ай а тиллина.
Лаьмнашца, хьаннашца, некъашца,
Ц1ена дог-ойла ахь екъна.
Илешца, байташца, безамца,
Адамийн бала д1аиэцна.
Поэзийн марзонах ийна,
Массане ахь ирсе вина.
Некъана накъост хьайх хилла,
Дахаре ойла денйина.
Дегнаш чохь даймехкан, халкъан,
Шерашкахь кхиийна безам.
Кхоллам хьан декъал беш тахна,
Д1акховдо хилла сан лаам.
Дахарехь некъ иэрна бина,
Ца кхечи тахане хьуна,
Делера кхаъ совг1ат хилла,
Хьо дукха вехийла тхуна.
2009
Даге
(Абдулаев Лечин к1ант
Кхалхаран хьокъехь)
Дакъаза ма дала, кийрара хьо дог сан,
Х1унда хьо г1елделла, некъ юккъе баланза?
Ойланийн архаш ахь, есале хецна д1а,
Самукъне хилла аз, къарделла хеза схьа.
Г1о-накъосталлина, ма кийча дара хьо,
Г1ийланиг, мисканиг, гергара вара хьан,
Нийят а хьан ц1ена, х1ун бахьна ду дохо,
Хьо х1унда къар дели, иэший хьо, замано?!
Делла ма дала хьо, буо берах тарделла,
Сел миска хьо хилча, мила хир сан эла?
Хьох накъост сайн вина, балхийна къа-бала,
Мила ву тешаме сан сина, кхин хьолл а?
Балано 1овжорах, дахар д1а хедаш дац,
Вон-дика ца херца, заманан бакъо яц,
Дакъаза ма даларг, сан дехар ду хьоьга,
Г1елделла дисарх а, доха ма дохалахь.
2009
Эх1, хьо къонах
(Сайн хьомечу шичана)
Эх1, хьо къонах, толам хьо къийсамехь,
Хьан дахар масалл ду мехала.
Деган не1 йиллина,
Сирла чиркх латийна,
Некъ маьрша битинарг къомана.
Эх1, хьо къонах, тоьшалла заманна,
Хьо ваьхна т1ег1а хир къегина,
Совг1ат ду халкъана,
Г1иллакх ахь х1оттийна,
Син кхача массо а адмана.
Эх1, хьо къонах, хьегам хьо мехкаршна!
Ирсе бу кхоллам хьан езаран.
Безамца йовхо,
Хьан ц1аро кховдор,
Сатийсам кхаьбначу дегнашка.
Эх1, хьо къонах,массо а заманна!
Хьо жоп, тхан дезачу до1ийна.
Азаллера, абаде,
Дуьненан дозалла,
Даймехкан сий дина къонаха.
2010
Мехал а деза…..
(Махчаев Супянна)
Мерза ду муьстаниг
Дог эца накъостий белахь,
Къаьхьа ду мерзаниг,
И шенна къуьйлуш стаг велахь,
Мехал а деза ду
К1еззиг дерг, и наха ларахь,
Амма дац данне а,
Дегнашна луш йовхо яцахь.
Серло ю бодашкахь,
Ойланаш самукъне елахь,
Цхьа 1аьржа т1еда бу
Дуьне а, дог балехь делахь.
Дуьненахь делла ду,
И адам, са чохь и хиларх,
Наха шайн диканехь,
Вонехь а, ц1е лелош дацахь.
2010
Ахь дог1а ма детта
А-Хь
Ахь дог1а ма детта хьайн дагна,
Ма кхера елларна не1,
Чиркх боцчу х1усамех дог хьегна
Яций сом, г1аддайна йо1.
Я малхо шен серло кхоайой,
Ца къовлу, суьйренца ков,
Шеконех бух боцу г1ала яй,
Ма хьеде бехк боцу дов.
Барамал сов хеттехь сан лерам,
Бехк суна ма билла ахь,
Вошалла, г1иллакхе хьан хьехам,
Бу суна дуьненан мах.
Бодашка хьан дог ца къовлийта,
Тешавеш ца баарх дуй,
Реза ю сайн дахар дагадеш,
Хьан кхерчахь багийта суй.
Яц хьуна безамна со йогуш,
Ца байна дуьненах чам,
Ца лало, адамийн дог лозуш,
Вайн дахар доллушехь г1ан.
Г1иллакх
(Э.Минкаиловна)
Къонахчо юхкуш, я оьцуш яц стогалла,
Я воцчух къонах веш молха а дац.
Вайн дайша литтина г1иллакхаш дарбанна,
Лелочух , к1иллойн ун кхета йиш яц.
Б1ешерийн цецех чекхдаьхна и г1иллакхаш,
Бакъонан олалла шаьш лелош ду.
Муьлххачу къийвсамехь толам шаьш баьккхинарш,
И дарба шайн кийрахь карийнарш бу.
Лаккхарчу даржашкахь ма леха стогалла,
Я г1ийлачуьнгара, ма къийзае.
Яхь йолчуьнгахь хуьлу, и къаго говзалла,
Йоцчуьнга, цуьнан мукъ ма кхийдабе.
Карзахе къоналла, доьналлийн зама,
Къаьстича, мехалчу дахарах д1а?
Сих хьаьрчаш, амалах д1аийна лелла,
Г1иллакхо х1иттайо, г1ортораш схьа.
2010
Бераллех дагадовлар.
Массо х1умнах кхета йоьлчи
Вай бераллех къаьсташ го.
Цуьнца ийна саца лиъчи
Замано хан чехайо.
Вайн ловзар а,вайн делар а
Хир ду моьттур даиман
Ткъа бераллех 1еха дела
Яьхьнарг хилла к1еззиг хан.
Вайн бералла вовшах х1уттуш
Теснарг хилла дуткъа тай.
Дахарехь ирс лаха олуш
Вайна дилли,дехха т1ай.
Вайн бераллех дага довла
Тахна схьагулделла вай.
Вай ирсе гуш сакъералуш
Хьоьжуш го вайн хьехархой.
Нанас бина доьзал санна
Цхьана доьшуш яьхна хан
Сан дахаран,седа хилла
Суна лепа даиман.
1986
Резванова Айза
Хьехархошна
Шу г1елделла хир ду ч1ог1а,
Зама яхна гена д1а.
Шайн дикаллийн доцуш доза,
Аш къахьийги 1амош тхо.
Тхан дай-наний хиларх мерза,
Школа дара шолг1а ц1а.
Г1иллакх,г1уллакх, хьоьхуш оьзда,
Хьехархой шу дара тхан.
Дуьне довза, дахар деза,
Серла йохуш ойланаш.
Аш кхолламна ди тхо реза,
Ирсе некъа х1иттадеш.
Тхо-м лелара сакъералуш,
Боцуш кхетам шу лардан.
Ткъа тахана баркаллийца,
Лаьа къовла шу мара.
Шолг1а наной, дай а хилла,
Лаьттина тхан хьехархой.
Ас баркалла боху шуна,
Ирсе дарна, дахар тхайн.
2010
Резванова Айза
Хьехархо
Хьекъале ю хьехархо,
Цунна девза дика, вон.
Ийман шеца хиларна,
Цо и доькъу берашца.
Деша бераш,- боху цо:
Шуьца ма ю тхан йовхо.
1илма шуна довзаро,
Тосур ду шун гергарло.
Герга валош генара,
Хьекъал доькъуш вовшенца,
Бертахь даха 1амадо,
Деша говза хиларо.
Т1аккха хьоьху, тхуна цо:
-Г1иллакх коьрта бахам бу,
Лоруш хилахь нана, да,
Дала ша шу лорур ду.
Берашца аш дов ма де,
Царна чехош вас ма йе.
Сиха йолу зама д1а,
Кхуьу бераш марзонца.
-Бертахь хила, - боху цо:
Беркате хир бу, шун го.
Сакъералуш вовшашца,
Ирсе некъаш довзарца.
Иштта ю тхан хьехархо,
Тхан амалаш тодархо.
Ирсан доза гайтархо,
Тхан сий лакха айдархо.
Тхо ду цуьнан дешархой,
Ирсе даха 1амархой.
Баркаллийца, декхар тхайн,
Кхочуш дан т1елацархой.
2010
Бераллин х1усаме
Даггара маршалла ду хьоьга,
Тхан мерза доттаг1а, Бералла!
Тахана ойланца дуьссу тхо,
Сирлачу хьан х1усме хьошалг1а.
Сатуйссуш хьан зевне аз хаза,
Б1аьргашца хьан суьрташ луьстуш.
Вовшашка хьоьжу тхо безамца,
Самукъне хан карлаюьйлуш.
Гилхана ирзешкахь ловзарга,
Х1итти тхо к1еззигчу ханна.
Цергех хи туьйссуш цу марзонга,
Г1ерта дог юха а денна.
Дехар ду тхан хьоьга,х1ай зама!
Ца дуьтуш тхан дахкар эрна.
Хьасталахь, 1ехаеш къаналла,
Ахь х1етахь, бералла санна.
2008
Резванова Айза
Заманан аьхкаш
Ас бехке х1унда йо, гуьйре,
Цкъа хадарх дуткъделла тай.
Малх къагарх, шен рог1ехь дуьне,
1аьно а лоцу, ша бой.
Ткъа баьсте, 1аламан эла,
Къоналлин самукъне той.
Къаналла юьтуш шех хьега,
Цо узу шен коре бой.
Бераллин нана ю аьхке,
Массо а са дузадой.
Йовхо цо кхийдорах лаьтте,
И лоллу мохо, дов дой.
1а, баьсте, аьхке я гуьйре,
Аьхкаш ю заманан тай т1ехь,
Де, буьйса, 1уьйре, я суьйре,
Дакъош ду, дахаран т1ай т1ехь.
2010
Гуьйренан раг1
Шен амале 1алам дерзош,
Гуьйрено раг1 ийци схьа,
Мохо ийзош диттех къаьстош,
Г1аш аренга кхоьхьу д1а.
Цкъа малх къега, кхийдош з1аьнарш,
Гуьйрене шен саламца,
Т1аккха йоьлху, мокха мархаш,
Латта лийчош дог1анца.
Генна стиглахь, нисдеш мог1наш,
Г1ийла аьзнаш хазош схьа,
Г1арг1улеш ю, дог цадог1уш,
Кхечу махка йоьлхуш д1а.
1аламо т1еоьцу лоруш,
Х1ора хан а замана,
Цуьнан йиш яц, 1а баьстенца,
Хийца вайна томана.
2005
Х1ун дара те….?
( Йишина, Раисина.)
Х1ун дара те, мохь тоьхча дуьнене,
Кхайкха беш сайн бала д1а.
Кхоьру – кха аларна кхолламо,
Ма осала лела - кха хьо.
Х1ун дара те, ас б1аьрхиш 1анийча.
Д1ахьулдеш сайн мерза са.
Дерриг а гуш йолчу замано,
Кхоьру бехк баккхарна со.
Х1ун дара те, де-буьйса ца лоруш,
Адмашка ас дехчи г1о.
Кхоьру - кха, сов холча х1иттийна,
Ас цера хьарчорна къа.
Х1ун дара те, ламаз деш,до1ийца,
Суждане яхача со.
Дуьненан,эхартан да волу,
Делера хирдар-кха г1о.
4. 9 / 2009
Вуочу цамгарна
Хьичча, маржа, хьо цамгар,
Дилхах къасто ххьоккхуш д1а.
Маржа я1, деган лазам,
Ох1ла яц – кха дарба дан.
Кхоиэ хир - кха, цхьа де, цкъа,
Дуьхьал д1авш а карийна,
Зирх ца буьтуш доь хьан дайа,
Массо сих а ч1ир иэца.
Шух кхетар, шун дезар
Зама д1аюстучу дуьненах со кхета,
Де - буьйса луьстучу заманах со кхета,
Адамаш сов къиза, х1унда ду, цакхета!?
Х1етте а адамаш, сан дагна шу деза,
Шух кхетар, шун дезар, адмалла а хета.
Вон - дика хоьрцучу дахарах со кхета,
Бакъонаш лоьручу кхолламах со кхета,
Адмаша тешнабехк х1унда бо, ца кхета!?
Х1етте а адамаш, дог ч1ог1а шух теша,
Шух кхетар, шу дезар, адмалла а хета.
Де серла доккхучу малхах а со кхета,
Буьйсанах, беттасих, седарчех со кхета,
Мерзаниг къахь дечу адамех, цакхета,
Х1етте а адамаш, сина- марзо шу хета,
Шух кхетар, шу дезар адмалла а хета.
Шен бала базбелла воьлхучух со кхета,
Лаамах кхаъ хилла воьлучух со кхета,
Дог дуьзна боцучу, безамах ца кхета,
Адамаш, дахаре сайн безам шу хета,
Шух кхетар, шу дезар, адмалла а хета.
2010
Резванова Айза
Зударий, шу декъал дойла
Б1аьстено жил-1алам санна,
Денъеш шун дахаре ойла.
Делера кхаъ совг1ат хилла,
Зударий, шу декъал дойла!
Бошмашкахь доьллу заз санна,
Ойланаш шун йохуш серла.
Доьзалаш беркате кхиъна,
Зударий, шу декъал дойла.
Мутт дуьлу мерза стом санна,
Безаман марзонах ийна.
Ирсаца бала иэшийна,
Зударий, шу декъал дойла.
Даймехкан г1иллакхаш лоьруш,
Доьналлехь даха ницкъ лойла.
Дуьнено сий дан хьакъ долу,
Зударий, шу декъал дойла!
2009
1аламна геч дина
Б1аьстенан 1аламна геч дина
Ц1ен зезаг санна,
Са маьлха долу сан хьо гича
Сан хьоме нана.
Кийрахь дог тохалой ойлано,
Са дуьгу лома,
Шовданех д1аиэлой зевне аз,
Эшаршка долу.
Малхо шен йовхо луш аренгахь,
Зезагаш досту.
З1аьнарийн куьг хьокхуш массо а
Са маьрша доккху.
Нанас шен безамца кхерчашкахь
Доьзалаш хьоьсту.
Мерза са ца кхоош дахарна,
Ирсе некъ босту.
Беркате йо1
Ахь х1унда гатдо са ,
Паччахьа нана,
Совг1ат делла хьуна,
Везачу Дала.
Билгал веш мух1арца,
К1ант хьуна велла,
Ц1ена некъ маршонна,
Ша цуьнга белла.
Ларамза вас ярна,
Кхоьруш ша дашца.
Мотт буьйцу сов к1еда,
Цо вайн адмашца.
Хьесталуш вац иза,
Шен халкъ цо хьоьсту.
Х1оранна дагчуьра,
Ша дашца босту.
- «Беркате йо1 хилла,
Паччахьан нана.
Совг1ат ду махкана
К1ант цо кхиийна»
Бохуш до дозалла,
Хьан к1антах наха.
Даггара баркалла,
Хьо нанна олу.
Г1айг1ане ма хила,
Паччахьан нана,
Я хасто яздина ,
Ма мотта хьуна.
Хьо яра махко а,
Хаьржина эла,
Амма хьо Дала а
Хилла къастийна.
Оьзда нана
(Рашидова Малканна)
Ехийла хьо оьзда нана,
Х1усамна йовхо луш денна.
Дог делош ирсе нур Дала,
Дохийла хьан х1усамехь серла.
Хьан ц1ена ойланех терра,
Дебийла дахарехь беркат.
Баланаш эшийна, тоьлла,
Лаьттийла могшалла дег1ехь.
Х1иллане доцу хьан г1иллакх,
Доьрзийла х1оранна кийра.
Ийманехь, цхьа барт а хилла,
Нохчийчохь ирсе некъ билла..
2011
Нана, сатийсинарг
Муха ду хьан яхар, хьо хьанна къежа?
Кариний те хьуна ирс къега лам?
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м, телхина, дахаран чам.
Кхиина йохучу йоь1ан некъ боьхна,
Дог хьаста вац цхьа а, я хьехар дан.
И лаьтта хьан суьрта т1е б1аьргаш доьг1на,
Яц нана, хьеган бен, езарх а ган.
1уьйранна цаг1оттуш висина ваша,
Цамгаро 1аьвдина шен мерза са.
Жима куьг дог лозуш, хьекхарх т1е йишас,
Цо ненан йовхоне туьйсура са.
Къинхетам са баьлла кийрахь дог доьлхуш,
Къона да х1оьттира к1антана т1е.
- «Х1ун лозу, мичхьара?», Хаьттарш деш, хьоьстуш,
Цо сихха лоьраш а бийхира схьа.
Амма к1ант 1уьллура, ша г1ийла хьоьжуш,
Т1аьхьарра баьтташ шайн не1аре б1аьрг.
Меллаша цо ойла къадийра, доьхуш,
- « Нана, сатийсинарг, кхачахьа схьа ».
Мичхьа ду хьан лелар, хьо муха еха?
Кариний те хьуна ирс къега лам?
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м, телхина дахаран чам.
2010
Маршалла ас хотту хьоьга
(Тхайн нанна, Нуриштана)
1уьйренца дашо малх къега,
Зезагаш т1ехь лепа тхи,
Маршалла ас хоту хьоьга,
Сан нана, йохуш хьан ц1е.
Совг1ат ду сайн кхоллам суна,
Реза ю дахарна со,
Собаре, дешийн лам санна,
Дог хьаста хиларна, хьо.
Ирс а дац карош т1е иэца,
Цатоарх дахарехь и,
Самукъа, сан марзо хьоьца,
Цул доккха ирс дуй те кхин?!
Хьан дагчохь ехийла б1аьсте,
Ца дог1уш кхоьлина де,
Ирс бухах дуьйлучу хьосте,
Юьгийла дахаро хьо.
2009
Ца евза нана
(Умкина)
Суна-м хьо ца гина, лаарх ган нана,
Амал а ца евза, муха ю и?
Х1етте а б1аьргаша, яздо хьан амат,
Цул хаза дуьненчохь х1ума дац кхин.
Хьан аз а ца хезна, сатийсарх хийла,
Саде1ар сацийна ладег1арх тийна,
Зов деъча сан лере, хьан озах ийна,
Цул мерза дацар-кха, х1ума сан сина.
Ца карий хьан куьйгийн ховхалла суна,
Хьо лоьхуш кхин наной къийларах мара,
Г1енаха хьо еъча, сатийсам хилла,
Ма бовха кхаъ бар-кха, сан дагчохь 1илла.
Дахарехь со хьегна, ца евза нана,
Дог хьаста, хьехар дан ас ехнарг хийла.
Ма ч1ог1а оьшу хьо, декъазчу сина,
Йолахьа йовхо луш, Малх кхеттачу денна.
2010
Юттийла ахь ирсе г1ала
(Керимова Сацитина)
Ладог1а ахь соьга сан хьоме Майса,
Сан дагца схьаийна хьо жимчохь дуьйна.
Самукъне хьо хилча дог доьлуш хьоьца.
Ткъа г1айг1ане яйча лууш дог эца.
Сайн дагчохь гулъелла безаман марзо,
Лаьаркха тахана хьоьга д1акховдо.
Хьан х1усмехь йостийла лаьаркха Дала
Ирс бухах дуьйлу хьост, цалекъаш цкъа а.
Лаьтта т1ехь хиш санна даьржийла шорта,
Беркате рицкъа хьан оьздачу керта .
Ца бог1уш х1усаме дог 1овжош бала,
Дахарехь юттийла, ахь ирсе г1ала.
2006
Нана резаяй
Хьайн нана резаяй валалахь хьо новкъа
И хьастий даккхалахь, цуьнан дог ахь ловза,
Делера пурбанца кхаъ бахьаш шаьш бовха.
Стиглара маликаш дуьссур ду хьо вовза.
Боккхачу ларамца ненан ц1е яккхалахь,
Хьайн лаам иеша бай, цуьнан дош ларделахь.
Даьллехь а цунах дерг г1алат ма ларалахь,
Вай Далла хьалхахь хьо, йоьхь к1айн хир ву хьуна.
Мерзачу безамца хьан б1аьргаш хьистинарг,
Хьоьгарчу лазаро кийрахь дог цистинарг.
Хьуна чу са дуьллуш шена юкъ йихкинарг,
Хьан нана ю хьуна, собаре хилалахь.
Шен нана хьистинарг дахарехь хьестинарг,
Шен нана елхийнарг дахарехь иешийнарг .
Шен ненан сий динарг, сийлалле х1оттийнарг,
Вайн Дела ву хьуна, тидам беш хилалахь.
2008
Ненан лаам.
Малх схьакхеташ,и чу бузуш,
Хенаш хуьйцу замано.
Ворх1 дуьненна го туьссийтуш,
Ойла йойту балано.
Собаре дог кийрахь сецош,
Шашах б1аьргех уьду хиш.
Аьро аг1он т1е куьг хьоькхуш,
Сингаттам бу,ненан гуш.
Цуьрриг шеко дагт1ехь йоцуш,
Буса, дийнахь, йоьллуш не1.
Нанас к1антах дог ца дуьллуш,
Массо хенахь лар бо кхаъ.
Х1унда бу сан кхоллам къиза,
Бохуш, тийжаш нана яц.
Къайлах хастам беш цо хеза,
Делер доцуш х1умма дац.
2008
Резванова Айза
Лулахошна
(Гакаева Лайла лоруш)
Иралло кийрахь дог эт1ош,
Мохь – ц1ог1а нуьцкъала дийларх,
Генара вац хьоьха кхеташ,
Лулахой барт боцуш хилахь,
Бала сих летар бу, денна.
Даима герга ву сина,
Бераллийн марзонах ийна,
Жималлийн къайленаш зийна.
Тешамах дог дуьзна 1ийна,
Лулахо, дог ц1ена хилларг.
Дагахь дерг вовшех ма къийла,
Хиллехь вас къинт1ера довла,
Ирс лоьхуш мел гена вийларх,
Лулахойн марзонал мерза
Кхача бац, цхьана а сина.
2010
Маликина
Са ма гатде ахь Малика,
Хьо х1инцца некъ болош ю.
Хьан дахаран х1орд бу боккха,
Ирсе тулг1еш дукха ю.
Цхьа ша тайпа лаьтташ г1айре,
Къегина цу юккъехь го.
Хьан кхолламан ю и къайле,
Цу т1е кхочуш лаьтта хьо.
Хьан жималлийн хаза зама,
Делан совг1ат ларалахь.
Хазалла хьо яхна 1ана,
Ирсах шек ма ялалахь.
Яхь, доьналла, ц1ена ойла,
Ахь хьайн кийрахь кхабалахь.
И ду хьуна х1ордан кема,
И т1ам д1амахецалахь.
Сирла безаман мутт муьйлуш,
Дог хьан ирсах дузийла.
Дахаран некъ серла буьйлуш,
Хьо марзонца ехийла.
Безамах
Безамах ца тешаш дуьненчохь ваьхнарг,
Лелла – кха са лелош, веллашшехь ша.
Алахьа
Алахьа х1ай сан дог,
Хьо х1унда деттало.
Хьалхачул сихделла,
Самукъне кхиссало.
Б1аьстенан 1аламо,
Хьо карзах доху те.
Я бовха кхаъ кхийдош,
Синхаъмо хьоьсту те.
Безамо тешадеш,
Нур серла доху те,
1аламо мутт мийлош,
Дахийна лела те.
Малхо шен серлонца,
Б1аьстенан де хьоьстуш.
Я ойла кхийда те,
Жималле хьо 1ехош.
Алахьа х1ай сан дог,
Хьо х1унда деттало.
Хьалхачул сихделла,
Хьо х1унда кхийсало.
2008
Безамах доьзна ирс
Беха некъ бу, дахарехь ас бинарг,
Йисте кхочуш лаьтта х1инца со.
Мерза безам, сан дахарехь хилларг,
Генна т1аьхьа сецна суна го.
Дега безам, юха хьаьжчи гушшехь,
Со жималло чехайора д1а.
- Д1а ма хьежа, бохуш,- и хьо эшахь,
Кхочур ву хьо лоьхуш т1аьххье схьа.
Къегий йоьлуш, дог сан дохуш кура,
Хьоьстуш дахар, хаздеш суна сайн.
Ткъа куралло, мотт сан сецабора,
Суна хьалха дуьллуш дашо т1ай.
Дахаран некъ, кхечи х1инца йисте,
Хих со ели, лоьхуш ирсе т1ай.
Ткъа ирс хилла, сан безамах доьзна.
Цунах суна диснарг, дуткъа тай.
2008
Т1улг т1улгах, кхета а мега
Коьртера сан кхетам д1аэцна,
Хьо кхечу дуьненчу ваха.
Хьаьрчина, сан дог а д1алаьцна,
Хилла хьайх, безаман 1еха.
Ойланаш, тулг1ешца идарх д1а,
Хьиекхалуш хьан деган бердех.
Къинхетам мичхьара хир бу хьан,
Т1улга ю, хьан деган г1айре.
Ас дог хьан безамах ца дилла,
Д1алур ду сайн мерза са а.
Д1ах1отта, безаман т1улг хилла,
Т1уллг т1улгах кхета а мега.
2009
Лелла-кха са лелош…..
Рицкъа цахиларх а, вайн цхьана даха,
Ницкъ бац - кха, дагчуьра д1авайа хьо.
Реза ю дахарехь сатуьйсуш яха,
Сан безам, хилчхьана хьо суна ган.
1ожалло, ц1еххьана мерза са лацахь,
Цунах а ларбийр бу, ас безам сайн,
Сан кошт1ехь б1аьстено ц1ен зезаг деллахь,
Хаалахь, сан безам баланза буй.
Кхолламах д1аийна, сан дог ца даьгна,
Довза ирс хиларна йоккхае со.
Дуьненан сатийсам, ас дагчохь кхаьбна,
Эхартахь ас сайна воьхур ву хьо.
Хьо тешаш хилалахь сан дагна везнарг,
Ас хьанал дина хьан безамна са.
Безамах ца тешаш, дуьненчохь ваьхнарг,
Лелла-кха, са лелош, веллашшехь ша.
2009
Ойла 1ехош
(Резванова 1айшатна)
Дерриг дуьне серла доккхуш,
Малхо шен нур даржа до.
Сан дог кийрахь ловза дохуш,
Гучу йолу 1айшат хьо.
Маьлхан з1аьнарш санна къега,
Мохо ловзуо месаш хьан.
Стигал санна сирла б1аьргаш,
Доьлу, ойла 1ехош сан.
Бешахь кхиъна хаза зезаг,
Хьоьстуш гонах хьийза мох.
Цуьнан кхолламах дог хьоьгуш,
Сан б1аьргийн нур хьаьрча хьох.
Дуьне талла йоьду ойла,
Марзо лоьхуш дахаран.
Дахар дац-кха цхьа а хьесап,
Хьоьха ваккхахь кхолламо.
2005
Азина
Х1иллане мела мох, шок лекха баьлчи,
Ду моьттуш баьстенан самукъне аз.
Малх кхетта, 1аьнан цхьа де серла даьлчи,
Жимачу марг1ало, хийцира заз.
Г1ура т1елетарх а, шан м1араш къийзош,
И хазлуш къегира, цец доккхуш 1а.
Даш санна, дазделла, ло т1ет1а хьийзош,
Цо къиза, хьулйира, и хазна д1а.
Замана гуш яра, ойла цо йина,
Г1о дан йиш йоцуш ша, хетарна г1ийла.
Мохь тоьхна йилхира, и цуьнан къина.
Г1а-бецо оьцийла-кха бохуш:-хьан ч1ир.
Еъна схьакхечира, и къуона б1аьсте,
Лайн чимаш делхадеш, 1иенийра хиш.
Жовх1арех лепачу шовданийн коьртехь,
Марг1ална хазийра безаман йиш.
2008
Сох кхета дерг
Хаза зезаг, эрна арахь кхиъна,
Наггахь мархаш дуттуш дог1ан хи.
Малх бохбелчи, лаьтте охьа таь1на,
Мохо сеттош лесташ лаьтта и.
Иштта безам бу сан дагчохь кхиъна,
И зезаг ду цунах кхета дерг.
Ц1ена безам, шовда сана хьеъна.
Вац сох кхеташ дагна везаш верг.
Йоьду со и хаза зезаг хьаста,
Цуьнга дуьйцу ас сайн дагахь дерг.
Рицкъа доцуш йиш яц кхоллам хила,
Цхьаъ хир ву-кха, сох а кхета верг.
2008
Кхолламан а ю къайле
Б1аьргаш а стенна къегина?
Йоьхуш со хьан дагчу д1а,
Деган не1 ю хьан къевлина,
Дог1а а дац яста схьа.
Дог кхийсало, х1унда карзахе?
Серла даларх 1аьнан де,
Малх къагарх а йовхо цо цало,
Ткъа дагна безамо бен.
Когаш 1уьйра дуьхьал идарх а,
Кхачалац – кха б1аьстене,
Шен зама ю массо х1уманна,
Кхолламан а ю къайле.
2008
Д1абайна безам
Хьан дешнаш б1аьргаш чохь дац сан ц1е летош,
Я безам бац кийрахь дагадеш дог.
Эрна ду ахь дуьйцург, хьалхалер хеташ,
Хьиежарца дехар а, безамах жоп.
И хилла жималла, самукъне зама,
Хазачу дешнех а 1ехало хан.
Дахарехь лела а, хала дац 1ама,
Хала ду, вовшеха цатешаш 1ен.
Кхолламан къайленех кхуьур вац атта,
Дерриг а цанисло, хуьлуш шех там.
Къаьхьалла ма йита, ахь дагчохь латта,
Мерзачу безаман талхабеш чам.
Хазачу 1аламца ойланаш йоькъуш,
Собарца туьттура баланаш д1а,
Даггарчу безамца, г1иллакхаш лоьруш,
Дог дуьзна яра со, безамо хьан.
Ахь боху, безамо дог дагош лела,
И даго ц1е йиснехь, хета хьан ирс,
Т1аьххьара суй байна, ойла шелъелла,
Коьрта т1е йиллина замано йис!
2008
Гуьйренан заза
Бошмашкахь гуьйренца
Даьккхина цхьалха заза санна.
Самбели хьо безам
Сан г1ийла ойла иэшийна.
Дахаро хьаьшна дог
Кхоьру со даккхарна самса.
Сан кийрахь кхиъначу
Безамах дерг аьлча айса.
2008
Олхазарийн майданахь
Сийначу байт1ехь зезаг сетта,
Мохо хьоьстуш качделла.
Шовдан йистехь хазйо1 лаьтта,
К1ентан дашах там хилла.
Йоь1ан дагах тулг1еш етташ,
Керча мерза ойланаш.
К1ентан кийрахь дог кхийсалуш,
Бохь бухуш ду, безамна.
Маржа я1 - кха йиш елар - кха,
Хелхар дан шун ловзаргахь.
Амма ойла ю т1ам хьийзош,
Олхазарийн майданахь.
2009
Везачуьнга
Суна-м хаац , сел сов реза хилла ,
Дог хьо волчу х1унда г1ерта сан.
Ойланаш а керчаш тулг1еш санна,
Хьан аматах хьерчаш уьду д1а.
Къайлаха сайн кхолламе хьо воьхуш,
Дагчохь безам хьулбан г1ертарх со.
Хьо схьагича, б1аьргашчухул къегаш,
Безаман нур хьуна делало.
Когийн п1елгаш чуьра дуьйна зийзош,
Хьан безамо сан са ийзадо.
Доьху хьоьга: б1аьргашца цкъа хьастий,
Сайн дахарехь, ирсе ехьа со.
2009
Безаман мохь
Х1ун ду те, хьан озе даго сатийсар,
Хьо гича пхенашчохь ц1ий ловза дийлар.
Сан б1аьргийн нур къолам сел говза хилар
Хьан суьрташ дахкарца, и серла бийлар,
Х1ун ду те, син марзо, хьан ц1арах хьерчар.
Хьан амат б1аьгаша бодашкахь къаьстор,
Самаха, г1енаха, хьо ган сатийсар,
Я, ца гуш хан яьлча, са, дагна тийжар.
Хьарчийна хилла те, безаман ас къа,
Ас хьоьга санна сатийсинарг, со ган,
Вуьтуш са даимна, марзонах хьега,
Дог дага дитина, къизаллийн ц1ергахь.
Иштта и хиллехь а, меттиг бу 1аба,
Жималлийн ницкъ бара юха а къага.
Шераш т1е шо дуьллуш д1аэхарх зама,
Ца туьгу безаман суй баьгна бала.
Юха а, хьо гаро, ц1е марса йоху,
Юха а, суй сийсаш, са карзах доху,
Безаман мохь дагна базбелла боху,
Х1ун ду те, замано сан дагца окхург?
2010
Тешам
Цхьа зезаг лаьттара буьйсанан бодашкахь,
Ша цхьаъ и лаьттара тийначу арахь.
Цхьанна а дацара и те1аш когашка,
Я цхьалла бехке еш хебаш ца гора.
Цо техкаш буьйсане цхьа шабарш дора,
Буьйса ша оьхура зезагна гора.
Седарчий беттан са, цо цунна лора,
Ткъа зезаг совг1атех 1еха цалора.
Эх1 – х1ар а боданехь юкъъелла буьрса,
Ели и тийсалуш, зезагца къийса.
Зезаго ца къарлуш малхе са туьйсу,
Теша шен сатосуш хиндолчу ирсах.
Боданах шен дашо тарраш чекх дохуш,
Г1аьтти малх серлонца и зезаг лоруш.
Безамца тешаме дог кийрахь догуш,
1ийначу зезаган г1ад ирсах кхолуш.
Безаман дуй
Шовдана йистехь со лаьттара,
Йоккхаеш безамах сайн.
Ц1еххьана ахь соьга хаьттира,
Вуй теша хьан дагчохь кхин?
Йиш йоьхна со хьоьга хьаьжира,
Къегира б1аьргаш, ши суй,
Ойлане хьан дог а даьккхира,
Безамо биъча шен дуй.
Ягийча санна со ц1ийелла,
Йирзира малх балехьа.
Малхо шен нур-сирла къагийна,
Набарха яьккхира со.
2009
Бехк боцу ч1ир
Сан безам! Ма къийса ахь соьца,
К1еззиг бен ца йисна хан.
Лаарх а марзо иэца хьоьха,
Ца хили барт хьоьца сан.
Сан кийрахь дог х1инца деттало,
Халла д1аийзош хьан кир.
Яханчу хенах ахь кхийдайо,
Юха а бехк боцу ч1ир.
Безаман ц1е яьгна д1аяйна,
Сийсаш бу цхьа жима суй.
Йовхо а лур йоцуш дахарна,
Схьалаьцча багабеш буй.
Дайначу ирсан лар карийна,
Йоху со, ког боккхуш ба-й.
Цу некъах некъ хуттуш д1аяха,
Йитахьа со х1инца сайн.
2009
* * *
Б1аьстено бецан хелг санна,
Денъеш сан дахаре ойла.
Безаман мут мийлош денна,
Хьо дог сан 1ехийна ваьлла.
Цу малхо мархех чекхйоху,
Нур дашо шен з1аьнараш санна.
Б1аьргийн нур дагах чекхдохуш,
Иэший ахь сан кура ойла.
Со лаьтта хин б1аьра хьоьжуш,
Б1аьргашца хьан амат лоьцуш.
Хин тулг1еш со шайх а хьегош,
Д1аоьху, вовшеха хьаьрчаш.
2009
* * *
Сан б1аьрхиш мийлинарг
Набарна ас ши б1аьрг къовллушехь,
Кхечи хьо г1енаха схьа.
Мерза наб сан сина марзлуччохь,
Бехк баккха х1оьттира хьо.
Ахь боху,- хьайн б1аьсте тарйина,
Кхоьлинчу гуьйренах ас.
Хьайн деган аренаш ясйина,
Д1ахьекхна зезагийн кес.
Ца совцу боху ахь дог1анаш,
Заз доьжна, г1елъелла беш.
Эгна ю ойланийн оханаш,
Мох а бац къинхетам беш.
Дукха ду боху ахь зезагаш,
Хьайн деган ц1ий муьйлург цхьаъ.
Со лела боху ахь хьегавеш,
Ца кховдош безама кхаъ.
Хьан безам, сан б1аьрхиш мийлинарг,
Ас дагчохь хьистинарг сайн.
Сан ирсан орамаш цистинарг,
Шалдинарг сан кхехка ц1ий.
Ма леха сан г1енаш кегадеш,
Замано д1аяьхьна хан.
Къоналла ю дегнаш 1ехадеш,
Д1адайнарг кхин йиш яц ган.
2009
Дагчохь кхиина безам
Ма хьежа соьга схьа, хьайн б1аьргаш делош,
Ма г1ерта сан деган къайленаш ган.
Ламанех бухдуьйлу шовданаш мийлош,
Сайн дагчохь кхиийна безам бу сан.
Ойланех сан хьерчаш дог ловза дохуш,
Сан б1аьргаш седарчех цо къагадо.
Безаман мут даго пхенаш чу уьйзуш,
Дахаран марзонах со 1аба йо.
Балано 1овжийна дог худаделча,
Шен ховха 1аьнарца дог досту цо.
Къизачу кхолламо г1елйина яйча,
Дог хьостий керла ницкъ цо суна ло.
Ма хьежа соьга схьа,хьайн б1аьргаш делош,
Ма г1ерта сан деган къайленаш ган.
Ламанех бух дуьйлу шовданаш мийлош,
Кхиинчу безамах къаьстар яц, со.
2008
Хьо х1унда ца кхета сох
Чуртана боьг1на т1улг санна,
Лаьтта со ойла еш хьан.
Ахь безам д1атиттар гена,
Х1ун ду техь, ца дуг1уш ла.
Безамо жималле йигна,
Лела со лууш хьо ган.
Кураллийн ч1аг1онаш эгна,
Дог эшош когашк1ел хьан.
Шайт1анна мох хилла хьийзаш,
Сан дагчохь безам бу хьан.
Дитт т1ера г1аш санна ийзош,
Идош сан ойланаш д1а.
Геннара вог1уш хьо вайча,
Сан б1аьргийн нур хьерча хьох.
Сел дагна хьо везаш хилча,
Хьо х1унда ца кхета сох?
2008
* * *
Генара схьахезча хьан аз,
Безаман марзо чу узий.
Сан дагчохь дастало к1айн заз,
Баьстенан йовхонах дузий,
Хьан хазчу дешнех ас ютту,
Сайн дагчохь безаман г1ала,
Сатийсам лаамца бусту,
Хуьттуш некъ хьуна т1е кхача.
* * *
2009
Безаман амал
(Б.А)
Хьох бина сайн синан хьегам,
Хилла хьан безаман лай.
Леллера со жимчохь дуьйна,
Хьо гар а, ирс хеташ сайн.
Сан дог а шех кхача хилла,
Лаьттина безамна хьан.
Дити ахь сатуьйсуш 1илла,
Байина дуьненах чам.
Шерашкахь къийлина ойла,
Сатийсам, и мерза хан.
Ца туьгуш, 1одика - гойла,
Д1аели, шех хилла, г1ан.
И ю-кха безаман амал,
Йовр йоцчу марзонан кхел.
Ца бустуш сан синан барам,
Дог къуьйлу цо хьийзош гел.
2008
Сан са деъна
Сан са деъна, хьан сих кхета,
Дуьненчуьра эхарта.
Хьан хьиежар ду сан сих леташ,
Стенна бехке со хета?
Лелла те хьо ирсах хьоьгуш?
Ца гуш хьесап дахаран.
Ваьхна хилла те дог догуш?
Кхоллам боцчу безамна.
Йиний те ткъа ахь сан ойла?
Яьхначу хьан аматца.
Сатийсамца лууш гойла,
Кхин дан доцуш амал цхьа.
Хьо – м д1аваха тохара санна,
Юьтуш со сайн ойланца.
Ткъа хьан хьежар дисна суна,
Яллалц дагахь балламца.
Захало
(Эпиграф)
Б1аьргаш дац сан хьуна къегаш,
Ницкъ ма бе хьайн дагна ахь.
Забаре къамелаш, бегаш,
Лелаш ду вайна юккъехь.
Къинхетаме сан дог хиларх,
Со тешарх а хьан дешнех.
Хаза дуьйцуш дог 1ехорах,
Тешам бац цу хьан б1аьргех.
Хезна юьйцуш гуьржийн Зазу,
Безаман ницкъ онда бу.
Сатийсаман йийсар хилла,
Ваха стагна хала ду.
Ахь Делаца ч1аг1онаш йо,
Мартанхойн йо1 веъна ган.
Ткъа дуй къера битахь ас хьо,
Лур ву Делан кхиеле д1а.
2009
Ас маршо йоьху
Сан малх ас хьох аьлча,
Са довш хьо д1аварна кхоьру,
Седанах тарвича,
Иза а, лечкъа сох боьлуш,
Ирсах дог кхелина,
Йоккхаеш со хьоьга хьоьжу.
Хьан б1аьргийн йоза ас,
Юх - юха ойланца доьшу.
Хьо хьехор, я 1ехор
Амалца сан и, ца дог1у,
Ткъа хьестар, я чехор,
Къонахчуьн амал ю боху,
Сирлачу шовданах,
Со таръяр ас хьоьга доьху,
Хьомениг, ас маршо
Хьоьга сайн безамна йоьху.
Шеко яц кхолламо
Харжамаш вайга ца бойту,
Бошмашкахь заз а го,
Стом боцуш дисина лоьгуш.
Делахь а сатийсам,
Къастарал мерза а лору,
Хьо гена вийларх а,
Сан дагна хера ца волу.
Хьоьгарчу безамо
Хьан йийсар йина со лела,
Хьо ца гуш яхна хан
Дахарехь сайн эрна хета,
1аьнан чилла яшийна
Хоьцур ю ас маьлхан к1ажарш,
Тов х1оттахь мохаца
Хьожур ю, хьо волчу кхача.
2010
Г1алат ду те……?
Ахь хастийча со дозалла хеташ,
Ткъа хьаьстича, сайна хазлуш со.
Ирсан дог1а хьоьгахь хилар тешаш,
Г1алат ду те, даго къастор хьо?
Хьох б1аьрг къетча, б1аьсте серла юьйлуш,
Деган мерзех, хьекхалуш хьан аз а.
Хьан дозаналл сов дерг, сайна къуьйлуш,
Хеба диси те, даьстина заза?
Амма гуьйре дог1анах т1е елхарх,
Буто ша беш 1аьно къовларх не1.
Сан ойланаш, шовданашца хьерчаш,
Кхочур ю хьан дагчу, огуш некъ.
2010
Ши са
Дуьне кхуллуш кхоьллина,
Ду те, ши са вайшиннан ?
Х1етахь дуьйна вевзина,
Хилла те хьо, сан сина?
Х1етахь дуьйна хаьржина,
Хилла те хьо ас сайна?
Ткъа хьо хьалха, со т1аьхьа,
Г1алат ду те заманан?
Суна-м хаац б1аьргашна,
Ца гуш дисна вай муха?
Иштта делахь и, ши са,
Девзаш хилла даима.
Х1етахь дуьйна вовшеха,
Хьерчаш лелла и ши са.
Кху дуьненахь марзонца
Цхьана даха дуьсийла.
2010
Хилла те деса
Хьомениг, бохуш, сан
б1аьрг боккхуш серла,
Безамца хьан хьежар,
Хилла те деса?
Ткъа х1унда хьан озо
Кхийда бо денна?
Безаман кхаъ даге,
Генара хезча.
Гуьйренан йовхонах
Тешна заз санна,
Безамо з1идиг сан
Хийци те эрна,
Шелоно хебадо
Зезагаш дайча,
Сан дог а кхерамо,
хьарчадо ирча.
Делахь а безаман
Ц1е марса юьйлу,
Суьйрено кханенан
Къайленаш юьйцу.
Хьан хазчу дешнех т1ай
Тешамна хуьттуш
Хьан дагчу йог1у со,
Са серла дуьйлуш.
2010
Хьо вог1у некъ
Кху махкахь тийналла х1оьттина,
Схьахезаш доцуш хьан аз.
Сан дагчу сингаттам боьссина,
Ойланех боьттина барз.
Мичахь ву, муха, я мацца а?
Хир дуй те, гойла а кхин?
Ю елла сатийсаран к1ац а,
Ткъа малхах 1ийдало хи.
Тахана суьйрено къайлаха,
Кховдийра сан даге кхаъ.
Ойланаш мархех д1аайелла,
Ларбеш 1а хьо вог1у некъ.
Сан безам!
Сан безам!
Гуьйренан йовхоно 1ехийна зезаг,
Шан куьзганахь г1ийла схьакъеда малх а!
Х1ун ду те диснарг ахь, сан даге деха?
Шелоно хебадеш дисинчу цхьалха.
Сан безам!
Б1аьстенан хазна хьо, 1аламан эла,
Ба1 баьлла яйначу аренгахь кхаьлла.
Х1ун ду те, тешийнарг, хьо ирсах селла?
Кхин зезаг дац уллехь, ял хьуна яла.
Сан безам!
Лайн чимаш дашийна, детин аса хилла,
Эшаре дуьйлучу шовданах тера.
Цакъарлуш хьадалахь ирсе некъ билла,
1аьнан чилла эшочу б1аьстенах сирла.
2010
Байттамал олу
Байттамал олий те цунах?
Хазалло 1ехийначунах ,
Ирсан некъ хедийначунах,
Безамах кхаьрдиначунах,
Байттамал олий те цунах?
Байттамал олий те цунах?
Дагахь дерг лечкъийначунах,
Гушдолчух ца тешначунах,
Шен аьтто ца лехначунах,
Байттамал олий те цунах?
Байттамал олу ас цунах?
Буьйсанна седарчийн лепар а,
Сатосуш хин тулг1еш къегар а,
Дуьсуш ду шен доьхьа хетарх а,
Байттамал олу ас цунах.
2011
Тулг1ешлахь
Ма ларде сан некъаш ойлане вуьйлуш,
Ма леха б1аьргаш чохь безаман ц1е.
Гуьйренца даьккхина заз дуьсу хебаш,
Я малхо ца дохдо ирс эца де.
Соьга са ма тийса, дог ц1арах дагош,
Йовхоно шан куьзганах дуьту хи.
Кхолламан ницкъ кхочу ойланаш лалош,
Д1адайа дагахь дерг, ткъа кхолла кхин.
Хьан дагчохь д1ахьулъеш со яьхна г1айре,
Ха хорцуш замано баржор бу т1ам,
Ирсечу езаре ахь юьйцуш къайле,
Сох ойла тулг1ешлахь, къегар ю хьан.
2010
Мукъаме евлла байташ
Уьш Исламан з1аьнарш ю
(Гимн «Исламан з1аьнарш»
журналан а, газетан а)
Аллах1 Дела цхьаъ веш хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Мухьаммад вайн бакъ веш хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Ийман, собар долуш хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Бусалба дин дезаш хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Оьзда г1иллакх, хаза г1уллакх,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Безам марзо ц1ена ойла,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Г1ийлачунах къинхетам бар ,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Комаьрша куьг кховдон лаар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Дений – нанний муьт1ахь хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Йиш – вешийца ларам лелор,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Адмалла шех доллуш хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Вовшашца барт безам хилар,
Уьш исламан з1аьнарш ю.
Бериш Дели эвлияьаш,
Уьш Иаламан з1аьнарш ю.
Къадари а, Накъашбанди,
Уьш Исламан з1аьнарш ю.
Дерриг дуьне серла доккхуш,
Маьлхан дашо з1аьнарш ю.
Амма дахар ирсе къагош
Ерш, исламан з1аьнарш ю.
Илли
(Кадыров Ахьмад – Хьаьжина)
Хьан кийра хиллера стогаллех буьзна,
Нохчийн къам даьккхи ахь аттачу новкъа
Хьайн къоман сий деш ахь, хьайн са д1а делла,
Вицвир вац хьо оха тхан ахьмад – Хьаьжа.
Г1азотехь кхелхина хьо декъал хилла,
Къинт1ера дойлла тхо хьан х1ора дашна
Ахь йинчу ойланах тхо т1аьхьа кхиъна,
Къинт1ера хьо ваккха йиш яц тхан х1инца.
Нохчоллех дуьззина хьайн дог хиллар а,
Ахь майра гайтира дерриг дуьненна.
Ахь къийсам латтийра вайн мостаг1ашца,
Тхо кийча ду х1инца хьан некъ д1акхехьа.
1ожалла къайлаха тебаш хиллера,
Ахь санна тхан ойла цо ца йинера.
Дуьненахь дика да хьо тхан хиллера,
Декъала войла хьо, вайн везчу Дала.
Безаман ницкъ
Ас маьрша дуьтур ду, хьо лела некъаш,
Я дагчохь хьо сецош со йоьлхур яц.
Дуьне а лаьттар ду, шен 1алам хуьйцуш,
Безамо 1овжонза, дахар хир дац.
Вай вовшех къастарах, соцур яц зама,
Некъаш а лаьттар ду, уьдур ду хиш.
Юха а 1уьйренца б1аьстенан хьоза,
Декар ду лоькхуш шен, самукъне йиш.
Къастанза ца яьлла, со хьоьха къаьсти,
Дуьллуш сайн мерзачу дахарах дог.
Кхолламца къийсарах тоьлур вац цхьа а,
Азаллехь яздина ду цунна куьг.
Маржа я1,хьо безам, ницкъ бу хьан ч1ог1а,
Делхо, я дело а, адамийн дог.
Хьол тола луучо, хьо хьеста беза.
Собарца лоруш ша, мел боккху ког.
2008
Безаман лар
Къайлаха хьоьжуш хьан б1аьргаша,
Ойланех дуьзира дог.
Эхь хетта ц1ий елла беснеша,
1анийра безаман х1орд.
Лап аьлла тийналла х1оьттира,
Хаъелла безаман лар.
Мохо шен шабарш а совцийра,
Хотталуш безачийн уьйр.
Хьан б1аьргаш седарчех къегира,
Йийсаре лоцуш сан дог.
Когаш к1ел беттаса даьржира,
Къобал беш безаман некъ.
Ц1еххьана буьйсанах де тардеш,
Дахарехь къегира нур .
И хилла мерзачу безамо,
Ирсана диллина кор.
Б1аьргийн нур вовшеха хьаьрчира,
Вай довза бахьана х1оьттина.
Вайн дегнийн уьйраш а юьйцира,
Безамо дашочу з1аьнаршца.
2008
Йиш йоьхна йог1у со
Х1ай зама!
Дитахьа дай – наний, къиза ка ца етташ хьайн.
Марзонна
Орамаш хедийча, х1ун до, кху дуьненах тхайн ?
Хала некъ
Ас бина, цу шинна т1екхаьчна совг1ат дан сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со, дехарца, хилла хьан лай.
Х1ай зама!
Ден-ненан б1аьргаш чу хьаьжча сайн, бералла гой,
Йог1у со ,
Дуьххьара ког боккху бер санна, болар деш дай.
Цу шиннан
Могшалла ахь къийзош, даге ца ладелла сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со, дехарца хилла хьан лай.
Х1ай зама!
Ма мотта со лелла, амалах ца кхеташ хьайн.
Дуьненан
Хазаллехь ма мотта, къаьхьа чам суна ца тай.
Ден - ненан
Декхар со ца яьлла, ма хетта д1атекхна сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со, дехарца хилла хьан лай.
Х1ай зама!
Хьо уьду т1аьхь-т1аьхьа, хьалхачул болар сих дой,
Ден - ненан
Доггаха дог хьаста хан лохьа, цкъа собар дай.
Дахарехь
Ас ойла ца йина, цу шиннах къастаран сайн,
Тахана
Йиш йоьхна йог1у со, дехарца хилла хьан лай.
2008
Тешнабехк
Хьайх тешаш хьо везаш, лелачу йо1на,
Хьайн дагахь хилла ахь, лелош дерг х1илла.
Йо1 езаш, тешаме дог долчу к1анта,
Вити хьо и х1илла, хьайн дагчохь 1илла.
Тешнабехк, тешнабехк, соьца цахилларг,
Тешнабехк, ахь суна бан лоьруш хилларг.
Тахана тешнабехк бу, хьуна хилларг.
Къаьсти хьох, хьо везаш тешаме хилларг.
Де хуьйцуш буьйса а, йог1ур ю тийна.
Йочана, йиекхалур, малх кхетта сирла.
Шовданаш сан ц1енчу ойланех ийна,
Мийлар ахь эрна ду, хьайн хьогаллийна.
Безамах ца къаста реза ша хилла
Хьаьжнарг а хир ю-кха, шен ирсе г1ийла.
Хьан деган къайленаш собарца зийна,
Со-м дохко ца яьлла, хьо везар витина.
2009
Со-м д1а йоьду
Со-м д1айоьду, со д1айоьду,
Кху дуьненан ойла еш,
Кийрахь шийла, шовда уьду,
Сан дог огуш, къийзадеш.
Таьхьара олу
Ахь д1ататтахь, дуткъаделла,
Рицкъанан тай хедар ду,
Безаман лам хаьрцара бу,
Хьо дагчуьра вужур ву.
Ас кхиийна мерза безам,
Кхечунна товш хетар бу,
Дахарехь ирс кхуллур ду,
Мах замано хадор бу.
Со-м д1айоьду, со д1айоьду,
Безамо дог хебадеш,
Ас кхолламе орца доьху,
Цакъасталуш безамах.
2009
Дог хьега деш
Акхтарга г1а, санна дегош,
Сан дега пхенаш ийзадо.
Безам бахна, ас ен ойла,
Ахь ирчу дашца хеда йо.
Кант вала самукъне,
Дош ала сан ойла 1еха еш.
Со-м лела дагахь яц,
Кийрара дог хьоьха хьегадеш.
Кху дуьненан, хазалла хьан,
Б1аьргаш чу хьаьжчи суна го.
Сан синкъерам, марзо безам,
Ирсе хилар хьоьх доьзна ду.
К1ант суна ма вела,
Сан дагчу б1аьргийн нур 1енадеш.
Со – м лела дагахь яц,
Кийрара дог хьоьха хьегадеш.
Сирла шовда бух дуьйлучу,
1аламо дашо сурт диллинчу.
Безаман юрт вай юьллур ю,
Вайшинне ирсан нур къегачу.
К1ант хьалха валахьа,
Ирсе некъ боло вай декъал деш.
Со - м лела дагахь яц,
Кийрара дог хьоьха хьегадеш.
2008
Д1аьвше безам
Муьлхха аг1ор со д1ахьежарх,
Хьан сурт х1утту дуьхьал схьа.
Кхечунна со ела къежарх,
Ойла хьерча хьоьха сан.
Хьан г1алаташ дага лоьцуш,
Хьо д1ахерван г1ертарх со.
Хьан безамо са д1алоьцуш,
Дагчохь сецна вели хьо.
Хьан безамо лоцучул а,
Лаьцнихьара лазаро,
Моллийн, лоьрийн дарба лехна,
Йийр яра цхьа парг1ато.
Кхин молха дац, кху сан дагна,
И хьан д1авше безам бен.
Цкъа хьан безаман мут мелла,
Дита реза ю дуьне.
2008
Х1ей, сан жима лулахо
Х1ай сан жима лулахо!
Йижайой хьо буьйсано.
Я сирлачу седарчех,
Дагаюьйлуш еха хьо.
Цу хьан б1аьргех тера лепа,
Стиглара цхьа сийна седа,
Сан дагчу нур 1енадеш,
Кийрара дог 1ехадеш.
Х1ай сан жима лулахо!
Г1аттайой хьо 1уьйрено?
Я мерзачу г1енаша,
Са д1акхоьхьу лома хьан
И шовданийн зевне декар,
Цу хьан озах тера хета.
Сан дагчу зов 1енадеш,
Кийрара дог 1ехадеш.
Х1ай сан жима лулахо,
Сарахь хит1а йог1ий хьо?
Хьайха даха дог ахь дитахь,
Хьоь сатийса воллу со.
Генара хьан когий тата.
Мохо лере кхоьхьу суна,
Сан даге кхаъ кхийдабеш,
Кийрара дог 1ехадеш.
2009
Беркате де
Самукъдаьлла, сакъералуш,
Вовшах кхетар къобал до,
Тахана кху дезчу денца,
Шумассо ас декъала во.
Беркате де деънарг хилар,
Гойту кхуьнан дозалло,
Вовшашка маршалла хоьттуш,
Сан дагна там эша бо.
Дахаре чам шун ма бойла,
Бертахь дахар шуна лойла,
Безам марзо вовшен кхийдош,
Де мел дели ирсе гойла.
Серла баьлла боьлуш малхо,
1алам совг1ат вайна ло,
Машаре х1уо даржадина,
Дезчу денца декъал до.
Тахана вайн вовшах кхетар,
Вовшен болу безам бу,
Оьзда г1иллакх, вовшен лерам,
Дайша делла г1иллакх ду.
2008
Хьалхара – Марта
Машаре малх кхетта,
Къегийла хьо Марта.
Беркате дебийла,
Комаьрша хьан латта.
Ирс 1енош даьржийла.
Хьан х1усмехь нур бетта.
Хьайн сий мадойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Б1аьстено хьоьстийла,
Хьо мелчу мохаца.
Баланех ц1анйойла,
Дарбане дог1анца.
Яхь йолчу къонахийн,
Дог дуьзна хьо лаьтта.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Х1ай Марта! Сирла хи,
Хьо марша дог1ийла.
Тулг1ешца хьерчаш тхан,
Бералла хьистина.
Къурд бан хьйх хьегначийн,
Хьогалла яйина.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
Хьан мерза марзонах,
Кийрар дог 1ебар дац.
Хьо санна самукъне,
Кхин меттиг карор яц.
Хьо хьоьстуш даиман,
Сан даго мохь бетта.
Хьайн сий ма дойла хьан,
Хьалхара тхан Марта!
2004
Къар ма лолаш….
Схьагулло х1ай кегирхой шу суьренца,
Сингаттаме ойланаш д1акъахкаяй.
Дуьсур ду вай кхана дагалецамца,
Синкъерамехь вовшех марзо эца вай.
Т1аьхьара олу.
Кегирхой бу баьргаш къегош,
Ловза дохуш кийрахь ц1ий.
Хаза йо1 к1ант хелха долуш,
Х1орс - вай бохуш айдо сий.
Буьйса лаьтта юккъе йоьдуш,
Серла дуьйлуш седарчий.
Бетта са ду вайна доьлуш,
Къар ма лолаш х1ай нохчий!
Дахарехь ю самукъне хан къоналла,
Вота, пондар ду къоналлийн да - нана.
Синкъерамехь тхьамда хелха вокхуш вайн,
И бал лоруш тоха т1араш бертахь х1ай.
Т1аьхьара олу.
Синкъерам бу х1ай-те боьдуш,
Самукъне бал кхечна соь.
Мехкарий бу вайна боьлуш,
Ирсе ю вайн нохчийчоь.
Буьйса лаьтта юккъе йоьдуш.
Серла дуьйлуш седарчий.
Бетта са ду вайна доьлуш,
Къар малолаш х1ай нохчий!
Лекха лаьмнаш хьоьжу вайга айделла,
Мохо кхоьхьу х1ай – вай,- боху аьзнаш д1а.
Зама ахь ма къийсса тхойца къоналла,
Хир ду тхойгахь даиман яхь, доьналла.
Т1аьхьара олу
Хьаша вог1у вайга маьрша,
Къобал деш вайн нохчийн къам.
Оьзда г1иллакх ду вайнеха.
Мерза кхача синкъерам.
Буьйса лаьтта юккъе йоьдуш,
Серладуьйлуш седарчий.
Бетта са ду вайна доьлуш,
Къар ма лолаш х1ай нохчий!
2008
Керла шо
Х1е-х1ей ! Цхьа барт хили вовшах кхета х1ей ,
Оьзда г1иллакх карла доккхуш дайн.
Хьаша вог1у вайга к1айчу лайн,
Иза т1е ца эца йиш яц вайн .
Х1е - х1ей ! Марша дог1ийла хьо керла шо,
Жима, вокха вериг ирсе веш,
Керла шо сан даго къобал до
Сайн иллийца ас шу декъала до.
Х1е-х1ей ! Б1аьрг ма хила вайн кху буьйсанна,
Бетта сина, цу седарчешна.
Б1аьрг ма хила нохчийчоь хьуна,
Дала делла хьо совг1ат тхуна.
Х1еей !
2009
Сан г1ала
Кхолламо гена со яхарах,
Дог ойла хьоьца ю сан.
Геналлехь г1елъелла йисача,
Г1ала ахь суна ниц1къ ло.
Т1аьхьа олу
Сан г1ала,
Денна хьо хазлуш ю
Дахарехь,
Марзо сан хьоьца ю
Даиман.
Хьо хестош дека сан зевне аз.
Сан г1ала,
Йоккхаеш лела со
Дахарехь.
Ахь ирс луш еха со,
Самукъне.
Сан дега марзо ю хьо.
Хьан шийла шовданех къурд база,
Хан яьлла хьогах ю со.
Сирлачу урамех доггаха,
Б1аьрг тоха хьегна ю со.
Т1аьхьара олу
Сан г1ала!
Соьлжа хин тулг1енех,
Хьаьрчина,
Б1аьстенан 1аламца,
Яьржина,
Ойланца хьан х1усме йоьрзу со.
Сан г1ала!
Б1аьргашца даиман хьистина,
Даггарчу безамца ,
Къастийна,
Сан дега марзо ю хьо.
Сайн сина пхенех ас буьллур бу,
Дег1аста чу боху некъ.
Даг т1ера салам д1акховдор ду,
Мохь туххуш нана-даймохк.
Т1аьхьара олу
Сан г1ала!
Хьоьгара маршалла хаьттина,
Кийра ,
Хьан марзонах,
1абийна,
Ирсах ас дузур ду сайн дахар.
Сан г1ала
Дайшкара
Г1иллакхаш сий дина,
Оьздачу наноша
марзйина,
Сан деган марзо ю хьо.
2008
Нохчийн мотт
Кхолламо йигарх д1а, махкана гена,
Дог ду сан бусалба, ду нохчийн ц1ий.
Дай г1иллакх, ненан мотт, ду сан дозалла,
И дицдахь, д1а довр ду, къонахчуьн сий.
Дай - наний лоруш верг, Дала а лору,
Бохуш, цу Къор1ано, беш хьехам бу.
Ша винчу ненан мотт, хиера ца болу,
И марзо, шен ц1ийца д1аийна ю.
Сан баьргаш дуьххьара, бераллехь дуьйлуш,
Безамца схьалаьцнарг ненан сурт ду.
Мерзачу озаца амал сан 1ехош,
Нанас со хьистинарг, нохчийн мотт бу.
Ламанех схьадуьйлу, шовданийн санна,
Ц1ена шен бух болуш, нохчийн мотт бу.
Дашочу 1аламца, куц хуьйцуш денна,
Къегина лаьтташ берг, сан Даймохк бу.
2008
1аьнан 1уьйре
Дашо з1аьнарш лай т1е 1енош,
Малхо шен кеп х1иттайо.
Шан куьзганах тулг1еш къегош,
Хиш карзахе ловзуш го.
Дато мархех к1ажарш юцуш,
Ц1аста санна ц1ийелла.
1аламе шен къайле юьйцуш,
1аьнан 1уьйре хазъелла.
Баххьаш т1ехь лайн к1ужалш хьийзош,
Ламанаш го самукъне.
Генаш ийзош, г1уора ц1ийзош,
Хьаннаш хьоьжу цу суьрте.
Сан даймохк! Хьох хьоьгуш г1ийла,
Ас геналлехь яьккхи хан.
Сатийсина-м ахь а хилла.
Совг1ат дели, 1уьйре хьайн.
2009
Резванова Айза
Малх бу боьлуш
Б1аьсте еъна, 1алам дендеш,
Шен зезагийн совг1ат даржош.
Зевне эшарш, лоькхуш уьдуш,
Жовх1арш санна хиш ду къегаш.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш серла буьйлуш.
Бошмаш ю дато заз хоьцуш,
Хьозарчий ду шакарш лоькхуш.
Вовшен куьйгаш, лаца бераш,
Машаре самукъне х1оз беш.
Бертахь дахар, вайна марздеш,
Малх бу вайга з1аьнарш кхийдош.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймохк бу денна хазлуш,
Ирсе некъаш ду схьадоьллуш.
Бераш, бераш, тоха куьйгаш,
Гойтуш шайн самукъне хелхарш.
Шун синкъерам, ловзар, делар,
Ду даймехкан ирсе хилар.
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймехкан байракх лепаш,
Бутт, седий ду вайна къегаш.
Берашна
Резванова Айза
Схьагулло х1ай
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Зевне аьзнаш декадеш.
Лоькхур ю вай нохчийн эшарш,
Вайн даймехкан сий айдеш.
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Б1аьргаш суйнех къегадеш.
Гойтур ду вай нохчийн хелхарш,
Нанойн дегнаш деладеш.
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Оьздачу дайн ларам беш.
Вовшен деза, ирсах теша,
Вай 1аморна хастам беш.
Схьагулло х1ай кегий бераш,
Ирсе некъ аш лаца схьа.
Кхане еъча диц ма лолаш,
И т1аьхьенга кховдо д1а.
Писуй, ж1аьлин к1езий
Мяу-в, мяу-в, сан са хьийза,
Арахь ж1аьлийн к1еза ц1ийза.
Суна лаарх шеца ловза,
Иза девне долий хьевза.
Мяу - в, мяу - в, дац и реза,
Со дитта т1е дала деза.
Со лаккхара хьоьжу чу,
К1еза гонах уьдуш ду.
Мяу-в, мяу-в, со ду говза,
Суна ж1аьлийн амал евза.
Ас сайн маттахь мяу-в бохуш,
Ч1ог1а карзах доху к1еза.
Вац кхин цхьа а, цуьнца ловза,
Тхоша х1инца вовшен девза.
Уьдуш, бохуш, мяу-в, г1ав,
Тхойшинна д1адолу дов.
2005
Дашо месаш
Вижа жима Сурхо д1а,
1аьржа баьргаш къовла т1е.
1уьйре еъча борг1ало,
Кхойкхуш сама воккхур ву.
Малх г1аттале г1отту и,
Кхайкхадо цо сирла де.
Нагахь даг1ахь йочане,
Аз хуьйцу цо шен зевне.
Массо х1уман хаам бо,
Дашо месаш, йолчу цо.
Хьаша вог1уш и хир ю,
Кхаьънаш дохуш йоьрзий чу.
Шен х1усам а ца йицйо,
Котамашна дола до,
Ву и кертахь дика 1у,
Цунах теша мегар ду.
Дешар
Бераш, бераш, киншкаш ешар,
Дахаран цхьа маь1на ду.
Ткъа дешарах кхеташ хилар,
Иза коьрта толам бу.
1илма довзар, 1алам дезар,
Дахаре хьан безам бу.
Барт, безам, ирс ларда оьшург,
1илман корта - собар ду.
Иман, Ислам довза деза,
И лоруш верг сийлахь ву.
Оьзда г1иллакх, хаза г1уллакх,
И дешарца дозуш ду.
Еша, яздан 1амош вериг,
Вайн дахарах кхеташ ву.
Ткъа ца доьшуш лелаш вериг,
Шен дахарах леташ ву.
Цец даьлла пису
1аьнан к1ур хьийза беш,
К1айн ло ду дуьллуш.
Бераш ду даккхийдеш,
Самукъне уьдуш.
Пису ду цец даьлла,
Корехул хьоьжуш.
Тарделла полларчех,
Цунна лайн чимаш.
«Кегий уьш делахь а,
Ду уьш сов шорта.
Царам со дуур ду,
Долушехь уьйт1а.
Цхьаннах а цакхоьруш,
Сел майра долу.
Ж1ала а лечкъина,
Шен бунчохь 1уьллу».
Бохуш,- йо ойланаш,
Писуно жима.
Б1аьстенан юккъерчу,
Баттахь и дина.
Писуна гина дац,
1аьнан к1айн туьйра.
Цундела цец даьлла,
И кхераделла.
Резванова Айза
Керла шо
Рог1е деъна шийла 1а,
Хиш д1алоьцуш бина ша.
Мохо боху, «Сихха же,
Кечло хьаша эца т1е».
Лайн куз тесна арахь д1а,
Хьаша веъна кхечи схьа.
К1айн к1урз буьллуш корашка,
Х1уьтту хьаша массо ган.
Кхаьънаш дохуш вовшашка,
Дуьхьал уьду бераша.
Лайн куз сиха къарз бина,
Мара хьаьрчаш хьешана.
Марша да хьо керла шо!
Хьо ду деза хьаша тхан.
Оха хьуна кечдина,
Совг1аташ ду эшаран.
Сахьтан цхьамза
Хьалха баларх къуьйсуш уьду,
Сахьтан цхьамза заманца.
Зама генна яьлла йоьду,
Меллаша шен боларца.
Цхьамза уьдуш де д1адели,
Кхечи 1аьржа буьйса т1е.
Замано болар ца хуьйцуш,
Юха деа сирла де.
Эх1-х1ар а, г1елбелла кхоччуш,
Цхьамза сеци гойтуш шийтта.
Замано к1айн духар духуш,
1аламан а хийци сурт.
Резванова Айза
Резванова Айза
Дарба
Цомгаш хилла 1уьллу паччахь,
Ца г1атталуш меттара.
Везарш, вевзарш гонах бевлла,
Хиллачух ца кхетара.
Де д1адолуш, буьйса хорцуш,
Цамгар ели баттенга.
Лоьраш, дарбанчаш, молланаш,
Толлуш цамгар лелара.
Амма паччахь г1атта ца луш,
Корта пене берзийна.
Цхьа дош ала мотт ца керчаш,
1уьллу б1аьргаш къевлина.
Генара а, уллера а,
Т1е х1уьттура хьолан дай.
Кхин д1адийца лазар доцуш,
1уьллу паччахь «ъах1» деш дай.
Цхьана юьртахь, ши бутт хьалха.
Ша т1ех волуш берашна,
Цу паччахьо кховдийнера,
К1еззига х1онц томана.
Паччахьера шена кхаьчнарг,
Совг1ат деза лерина.
Цу берех цхьа жимчу к1анта,
Лардинера безамна.
Т1аккха ловзуш бераш юккъехь,
Цунна лерах кхийтира.
Паччахь воьжна дарба доцуш,
Ца евзачу цамгарца.
Са гатделла хьевзина к1ант,
Г1аш вахна д1а кхечира.
Паччахь вехачу цу кет1ахь,
И ладоьг1уш сецира.
Цу бахамах тамаш ца беш,
Ойла еш ша хьаьжна д1а.
Меллаша цо улле таь1аш,
Хешка паччахь хаьттира.
И т1е хьаьжна жима хетта,
Саха дала буьйлира.
К1анта корта ластош церан,
Сом а, схьа ца ийцира.
Т1аккха хехочо цец ваьлла,
К1анте оьшург хаьттира.
К1анта дагахь дерг шен аьлча,
И ца вешаш хьаьжира.
-Д1а вала к1ант, д1а г1о,- олуш,
Хехо вела къежира:
- Б1аьрг схьа баьллал могуш воцу,
Хьо ганне гур вац, цунна.
К1ант д1а - м тешна ца вахара,
Сингаттаме хьаьвзира.
Т1аккха денна кет1е ларъеш,
Схьах1итта и вуьйлира.
Эх1-х1ар а, цкъа, цхьаъ чу воьдуш,
Кхечо юха хаьттира.
Хьена хьо, мичхьара, х1унда,
Лаьтта кхуза х1оьттина?
Х1унда хьийза хьо кху кет1а,
Хьо х1ун оьшуш веана?
Сингаттамна б1аьргаш эгаш,
Х1ун бала хьоь боьссина?
К1анта цунна жоп делира:
-Лула юьртахо ву ша.
Ша жимха ву, цо лерина,
И ган лууш веана.
Т1аккха хьодалча хьажийра,
Паччахье и хабар дан.
Схьа ца хьожуш волчу цунна,
К1антах дериг дийца д1а.
Цу берах сакъераделла,
Корта сехьа берзийна.
Уьш цец бохуш, бакъо елла,
Чу цо иза вийхира.
К1ант не1арах чоьхьа вели,
Г1ийла хьожуш паччахье.
Киснара куьг хьала доккхуш,
Совг1ат к1анта кховдади.
Цу жимачу беро дина,
Совг1ат доккха хетарна.
Вела къежна, вистхилира,
Цу к1антана томана.
Т1аккха к1анта самукъдаьлла,
Эли цуьнга:
- Г1аттахьа,
Тхан ловзарш а севцца лаьтта,
Тхо сагатдеш ду хьуна.
Шен визире, цу паччахьо,
Т1е кхайкхина элира:
- Воккха хьаша ву т1е веънарг,
Х1оттае стол лерина.
К1анта цуьнга т1аккха эли:
- Цхьа цуьриг а кхоллур дац.
Ахь ца кхоллуш делахь ялта,
Цуьнан чам а хетар бац.
Цу берана там бан лууш,
Паччахь хьала айвелла,
Стоьла йисте г1ента хууш,
Массо вара кхаъ хилла.
К1анта цуьнга д1а а хьожуш,
Цуьнан буйна 1айг бели.
Бисмалла а олуш т1аккха,
Юург йолор т1е дилли.
Самукъдаьлла паччахь хии,
Цу берана там берг дан.
Цо схьаэцна ялта долий
1овша, молуш чорпа т1е.
Цу г1аттарах кхин ца вужуш,
Т1аккха эли паччахьа:
- Хезаш берийн г1овг1а йоцург,
Цамгар ю, сингаттаман.
2011
Минкаил
Со-м мацвелла ,
Чуьйраш къекъаш.
Гучу яла,
Церг яц туьгуш.
К1арс - к1ирс бохуш ю цхьа цуьрг,
Ахьа г1ерташ, аьчка 1айг.
Нана лохьа худар кад,
Лаац каг ян, жима церг.
2008
2008
Сурхо
Со - м хьан доьхьа вела ло,
Хьо самукъне йоьлуш ган.
Ахь со хьостий, 1ехавой,
Туьллу сунна йовлакх хьайн.
Нана, йовлакх хьоьгахь тов.
Лаац лело хьоьца дов.
Тиллахь суна дадин куй.
Хаийта со къонах вуй.
Амишка
Шу ма хьежа сан куьйгашка,
Я беснешка юьзначу.
Кегий йоьхьаш ду сан кийрахь,
Даккхий йоьхьаш хьерчош чу.
Кицанаш
Деца - ненаца лерам лелийначу доьзалхочунна
Тоьшалла, т1аьхьено дийр ду.
Дика лулахо - бахам,
Вон лулахо - бохам.
Г1уллакх деш волу стаг,
Шен дахарах кхеташ ву.
Г1уллакх ца деш верг,
Шен дахарах леташ ву.
Стеган, адмашца ларам хилар,
Шен сий лакха дакхар ду.
Ийман, Собар, Хьекъал, долуш волу стаг
Махкахь кхиар, Дала цу махкана совг1ат дар ду.
Цу совг1атан сий дина мохк, декъала хилла бу.
Т1ом а бина баьккхинчу толамал а мехала бу,
Собарца баьккхина толам.
Шен махкахь дина дика а доцуш вахар,
Вахар а дац.
Дайн кешнашкахь барз боцуш дерг,
Валар а дац.
Дуьненачохь ваха, доьналла оьшу,
Дуьне дита къонахалла оьшу.
Шен кхолламца ч1ир лоьцуш вверг,
Делаца къуьйсуш хета.
Дахар,- дуьненан дагчухула биллина,
Эхарта боьдуш некъ бу.
Далла еш йолу 1амалл,- эхартахь
Шен хинйолчу х1усамна кечбеш, чиркх бу.
Шайт1анна лаам эшо хала ду,
Ийман доцчунна.
Эхартан не1 йосту дог1а,
1ожжалла ду.
Хих къаьстина тулг1е, г1амаро худу.
Сих къаьстина дилх, лаьтто худу.
Хьекъалечуьнца мотт бийца хала дац,
И ду моьттуш волчуьнца ду хала.
Дала деллачунна реза хилар ду, Ийман хилар.
Къаной ца лоруш вверг,
Шен т1е йог1учу заманах кхаьрдаш ву.
Стогаллин бен бу, яхь.
Йоьхьан куьзга ду, эхь.
Валарал а хала ду, эхьаца ваха.
Вон лара ца хуучунна,
Диканах ирс иэца хуур дац.
Делан дуьхьа лелларг,
Сина парг1ата хилла.
Йолан доьхьа ваьхнарг,
Сингаттамца висана.
Шен сина лаамна маршо ялар,
Стаг ледара хилар ду.
Шен г1алатна къера хилар,
Са ц1андар ду.
Зийнарш
Воккха стаг ца олу, хьекъална воккха воцчу стагах.
Жимстаг ца олу, муьлххачу а г1уллакхана кийча воцчух.
Къонахстаг ца олу, зударийн б1аьргашчохь кхерам латтош волчу стагах.
Беркате стаг ца олу, нахана пайда болуш воцчух.
Комаьрша ца олу, са маьрша доцчух.
Адамашца марзо йолуш ву ца олу, зуьдалла шеца долчух.
Майра стаг ца олу, кхетам боцчу стагах.
Дика стаг ца олу, шен ц1енна дика воцчух.
Тешаме ца олу, тебаш волчух.
Оьзда ца олу, шен сина бехкаме воцчу стагах.
Г1иллакхе ца олу, бераца г1иллакхе воцчух.
Къинхетаме ца олу, бакъдерг ца олучух.
Сина кхетаме ца олу, ойла ца еш вволчух.
Б1аьрзе стаг ца олу, гуш дерг кхайкхош ца хиларх.
Маттана говза ца олу, шера мотт бийцарх.
Каде ву ца олу, уьдуш леларх.
Самукъне ца олу, даима воьлуш волчух.
Хьекъале ца олу, т1аьхьлонна ойла еш воцчух.
***
Дац сан шуьга цхьа а дехар,
Бац сан шуна бан кхин там.
Амма ду сан дан цхьа хьехар,
Бертахь дахар, ирс ду шун.
2008
***
Хьоьгарчу г1иллакхо гойту,
Хьуна т1е бан беза некъ.
Адмашка ларамо гойту,
Шаьш сий дан, хьо вуйла хьакъ.
2008
***
Буьстича дахаре безам,
К1еззиг хан яьккхинарг хета.
Яханчу заманан хьехам,
Схьалаьцчи йохаллех кхета.
2010
Вайн дуьне чухоъъал,
Долу сан дог .
Д1алаццал хилла – кха,
Баланан ког.
Даш санна язъелла
Заманан ч11ург,
Т1екерчи охьта11ош
Дахаран букъ.
Баланаш дазделла
Чубуьйжи тхов,
Харцаеш дагчуьра
Дозаллийн б1ов.
1999 - 2009
Маржа – я1, маржа – я1, малх кхета дуьне,
Дезале, довзале, дитнарг ву ирсе.
2009
Резванова Айза Безаман Ницкъ
Нохчийн мотт безачийн, амал ас лору,
Нохчийн мотт хесточийн, ц1е дагчохь кхобу.
Нохчийн мотт хьоьстучийн, марзо ас муьйлу.
Нохчийн мотт буьйцучийн, ирсах со йогу.
Резванов 1аьрбийн йоь1ан, Айзин кхоллам хилла Хьалха-Мартан т1ехь, 1963-чу шарахь, 14 - чу октябрехь. Юккъерчу дешаран № 6 – йолу школа чекхъяьккхина 1981 – чу шарахь. Цу шарахь деша яхана «Кондитерки», училише № 12 - йолу. Цул т1аьхьа дешна чекхъяьккхина Кисловодский колледж , « Экономика и права». Белхаш бина Грозни г1алахь а, Хьалха – Мартан т1ехь а, Российн дозанахь а. Поэзийн некъ болийна 8 – чу классехь, дуьххьарлера экзамен д1аелча кхаъ хилла язйина доьхьарлера стих, оьрсийн маттахь, т1аккха нохчийн маттахь а. Х1етахь язъйина хилла и беран ойланаш т1ехь йолу тетрадь дайна, хьехархочо т1ехь таллам бан даьхьаначохь.
Къизаллийца нохчийчу беанчу, хьалхарчу т1амо х1аллак йина, ненах а, жималлех а, даймахках а, безамах а оьрсийн а, нохчийн а маттахь язъйина стихаш, дагахь 1амийнарш йоцуш. Делахь а дагчуьра поэзийн орам бакъабала ца буьтуш, Айзас
дахаран марзонан мутт мийлош, дахарехь кхин а шуьйра мур схьа а лаьцна, чу са кхоьллина, зорбане яьхна стихаш а, туьйранаш а, забаре дийцарш а. Шен деган мукъамаш белла,иллешка яьхна байташ. Шен дахаран лар бодашкахь къевлина ца юьтуш, сих чу са диллина, и серло адмашка д1акховдийна цо. Шен адамашка болу безам гойту цо, шен поэзехь:
Адам дезар г1алат делахь-
Со г1алат ю, и бакъ ду.
Адмех тешар г1алат ларахь,
Юха а со, г1алат ю.
Адамийн дог хьаста лаар,
И г1алат а соьца ду,
Реза ю со г1алат хила,
Адмийн бала айбеш д1а.
Г1алат делахь, адам хилар -
Шеца долуш адмалла.
Айзин стихаш а, туьйранаш а, дийцарш а зорбане евлла «Даймохк», «Маршо» ц1ераш йолчу газеташкахь а,
«Нана», « Орга», «Стела1ад» журналашкахь а, «Созвездие», « Нохчийн фольклор» ц1е йолчу гуламийн гиншкаш т1ехь а. Цо язбинчу мукъамаш т1ехь, цуьнан дешнашца д1аолуш ду нохчийн иллиалархоша хаза нохчийн халкъан иллиш. Иштта суьрташ дахкаран говзалла а гойту цо, «Стела1ад»,- ц1е йолу берийн журналехь «1аьнан де» а, « Гуьйре» а гойтуш ара девллачу сарташца. Цул совнаха «Безаман ницкъ», ц1е йолу гуламийн киншки т1ехь а. Айзин дуьхьарлера гуламийн киншка ю «Безаман ницкъ». Кху т1ехь шун йовза таро хир ю цуьнан поэзехь йолу ойланаш а, цуьнца йолу исбаьхьалла а. Дала массо а адамашна пайденна йойла х1ара кинишка. Дала,т1аьхье беркате йойла Айзин а, массо а бусалбанийн а.
Шаид Рашидов
НР Халкъан поэт
Даймохк хьан бакъо яц ….
Даймохк, хьан бакъо яц къарбала,
Хьо къийсар эрна деш тхан,
Тхо кхета, т1амо хьо дарбина,
Ерзаза ю чевнаш хьан.
Даймохк, хьан бакъо яц къарбала,
Г1айг1ане дуьтуш хьайн къам.
Хьан озе сатуьйсуш айбелла,
Ладоьг1уш бу, лекха лам.
Даймохк, хьо къарцалуш бахалахь,
Халкъанна йовхо луш хьайн,
Машаре, зевнечу аьзнашца
Са парг1ат доккхуш тхан дайн.
Хьаннашкахь олхазарш декийта,
Лаьмнашкахь уг1ийта борз,
Ирсе дай самукъне хазийта,
Кхерчашкахь, тхан нанойн аз.
Даймохк, хьо малх санна къагалахь,
Хьанал ду хьуна тхан ц1ий.
Т1аьхьенна беркате хилалахь,
Ларделахь турпалхойн сий.
2002
Даймохк нана
Даймохк! Х1ун ду хьуна ганза?
Я баккхаза ахьа чам?
Я бу техь хьо, х1умма ланза?
Бан ца хууш х1уман хам.
Хийла геналлехь сатуьйсуш,
Бу хьан доьзалаш хьо ган,
Хьан аз хезча кхача луурш,
Масне хуьйди лаьтто д1а.
Буьйсанна хьо дага лоьцуш,
Ас набарна хьаббо б1аьрг,
Со санна шен махках хьоьгуш,
Хир ву генахь хийла стаг.
Хьан марзонах ойла хьерчаш,
Кийра кхехкош доьлху дог,
Сайн генара рицкъаш лехьош,
Ас собарца боккху ког.
Сийлахь Даймохк! Хьоме нана!
Суна хиъна шуьшин хам,
Йиш елар олхазар хилла,
Шуьшинн т1оьхул хеца т1ам.
1985
Маржа я1, маржа….
Лаьар - кха дагахь дерг, ма дарра яздан,
Адамаш лаьар - кха, вовшашна марздан,
Дахар а лаьар - кха берашна хаздан,
Лаьар - кха массо де, нохчий чохь даздан.
Лаьар - кха даймохк хьо, даггара хьаста,
Геналлехь къийлина дог хьуна даста,
Лаьар - кха ойланаш д1ахеца кхарста,
Шовданийн аьзнашка ладег1а б1аьста.
Лаьар - кха, мох хилла хьан мара хьерча,
Я ц1енчу 1аламца хьуна чу яржа,
Ма ч1ог1а лаьар - кха, ахь со а харжа,
Ирсечу доьзалех,- маржа я1, маржа…
2007
Яздар а дацар – кха,
Хьох яздеш ца хилча.
Дийцар а дацар – кха,
Хьо хьег1ош ца хилча.
Дахар а дацар – кха,
Даймохк ! Хьох къаьстича.
Ялар а дацар – кха,
Хьан кийра ца йижча.
2007
Даймехкан тулг1енах
Боккхачу х1орда чохь ойлане юьйлуш,
Цхьа тулг1е техкара самукъа доцуш.
Ас цуьнга хаьттира гергара, езаш,
Х1ун ду те хьан сецар, г1айг1ане эгаш.
Хин бердех етталуш, эзарнех яьржаш,
Кхин тулг1еш ловзушчохь вовшеха хьаьрчаш.
Хьо х1унда соьцу, кху х1ордачохь хебаш,
И тулг1еш керча хьан хазаллех хьоьгуш.
Хьо цхьаъ ю тулг1ешлахь, жовх1арех лепаш,
Боккхабеш техка х1орд хьо совг1ат хеташ.
Х1етте а сингаттам хетта хьан дебаш,
Дийцахьа, х1ун бала бу сих хьан летарг?
Т1аккха и техкира сан дагах кхеташ,
Шен бала балхийра тулг1ено зийзаш.
Ойлане со ели, цунах къа хетта,
Б1аьргеха уьду хиш х1орда чу хецца.
Доккхачу хих кхетар, дозалла хетта,
Органан хорша ша дирзира керчаш.
Цо шеца дадийна, нуьцкъала хьаьрчош,
Теркачу хийцира, ша цунах г1ерг1аш.
Къегина шен аса, г1амарлахь хьаьрчош,
Терк дуьйли шех дарц дан, бердех д1а детташ.
Амма цхьа т1адам а, ша шех ца къастош,
Х1орда чу кхоьсси цо, ша цу чу даьржаш.
Иштта ша къаьстина даймехкан хоршах,
Самукъа долучух, муьлххачу ор чохь.
Юха цу лаьмнашкахь сатийсарах ловза.
Цкъа карзаха х1орд баьлча, довр долуш доьза.
Цхьа дехар дара шен, т1аккха цо эли:
Доьза ша ца дайта, ницкъ кхачахь хьоьга.
Цхьа тулг1е схьаиэций, дег1аста кхачий,
Шовданех д1атохар, шех дерг д1аалий.
И дехар кхочуш дан, ас куьйгаш кховдий,
Цхьа тулг1е канашкахь иэца ка дели.
Ч1ург хьийзош, оьг1азе х1орд кхоссабели,
Т1еххьара шен дешнаш, тулг1ено эли:
Хьаннашкахь олхазарш шакаршца декаш,
Б1аьстенца бацалахь зезагаш лепаш.
Цу т1улгийн ламанех самукъне хьерчаш,
Ма ирсе хиллера, даймехкан кхерчахь.
2010
Кхи х1ун ирс ду….?
Син парг1ато шайна лоьхуш,
Кхечу махка ихнарш д1а,
Хир буй теша, парг1ат бехаш,
Са цахьийзаш даймохк ган?!
Дерриг дуьне серла доккхуш,
Б1аьсте йоьлуш йеъча т1е,
Сан са т1ома долий доьду,
Сайн махкахой гулбан ц1а?!
1ожалла ю когех хьерчаш,
Новкъалло еш боларна.
Замано а тукур туьйсуш,
Дацдо некъаш дахаран.
Сан дог доьлху Деле доьхуш,
Рицкъаш маьрша дерзор ц1а.
Доьзалех б1аьрг тоха хоьгуш,
Хийла наной кхелхи д1а.
Ойла ейша сан махкахой!
Къизалла, вас эккхаяй.
Барт ца хилча кхи х1ун ирс ду?
Доьзалашка кховдо вайн.
2007
Къагалахь дашо малх….
Къагалахь дашо малх, хьо серла балий,
Хьасталахь нохчийчоь йовхо луш хьайн.
З1аьнарийн куьг хьокхуш, дасталахь латта,
Ден делахь бецан хелг, ахь рицкъа лой.
Халонна, харцонна цата1ош корта,
Ницкъ лолахь ахь лардан, даймехкан сий.
Тхо бахьнехь йоьхь 1аьржа ма делахь лахьта,
Лай хилла ца баьхна, тхан оьзда дай.
Самукъне аьзнашца шовданаш декош,
Зезагех кхелина аренаш лепош.
Бахалахь тхан даймохк, хьанал къа дебош,
Ирсан мукъ даима хьайн буйнахь сецош.
2008
Х1ун г1уда ду те….
Ма г1ийла къега - кха
Дашо малх нохчий чохь,
Г1айг1ане ма хьоьжу,
Ярташка лаьмнийн бохь.
Чурташ а гуора шаьш
Х1иттина кешнашкахь,
Совдуьйлуш уьду хиш,
Цасовцуш хоршашкахь.
Х1ун г1уда ду теша,
Ца довлург текхна тхо.
Саьрмиках тарделла
Хьаьрчинарг даймахках.
Балане бода бу
Адамийн б1аьргаш чохь,
Питанийн ога ду,
Вежарий къаьстош тхох.
Сан мерза, ойланаш
Дегнаш чу ерзаяй
Сан б1аьргийн нур серло,
Вовшашка хьежа лой,
Барт хилла, иманехь
Цхьана хорша дерза,
Ницкъ лохьа, Я Аллах1!
Хьо везара дуьхьа.
2009
Дахаре
Х1ун къуьйсу, х1ай дахар
Ахь кху сан дагца,
Х1ун бахьна ду далар,
Дуьхьал хьан т1амца?!
Ойла сан керчаяр,
Хин тулг1е санна
Даймахках хьегаяр,
Ненах бер санна!?
Ца даьлла, х1ай дахар,
Хьо дог, сан зийна,
Я эрна ду лехар,
Ирс хьоьца ийна,
Вуй теша ваьхнариг,
Хьоьца дог тийна,
Я вуй хьох къаьстинарг,
Хьох дог 1абийна!?
2003
Резванова Айза
Ас кхуллу сайн илли
Шераш т1е шо дуьллуш д1ааьхарх зама,
Къонлуш ю, хазлуш ю, вайн Соьлжа г1ала.
Юха а керла шо дог1уш ду кхана,
И даздан г1аьттина вайн Даймохк – Нана.
Махкахой декъал беш керлачу шарца,
Ас кхуллу сайн илли, нохчочун ц1арца.
Вовшашца барт болуш, марзонца даха,
Ирс дохьуш дог1ийла керла шо вайна.
Б1аьргаш чохь вовшашна къинхетам гина.
Ойланаш ц1анйойла, шовданел ц1ена,
Баланаш иэшийна, ирс дуьйлуш серла,
Сан хьоме махкахой! Шу декъал дойла.
2010
Мохк бегор
Сан даймохк! Х1ун ду те хьан дегор латта,
Х1ун бала бу теша, са лоьцург хьан?!
Кийра а бат1ош хьо хьовзий те готта,
Сов яьлла те хьуна, къизалла тхан?
Сан даймохк! Диехар дан дац суна атта,
Дац хьуна дала жоп адамех сан,
Амма цхьа кегийра маликаш г1уьтту,
Ког баккха сатесна, лаьтта т1ехь хьан.
Даймохк! Со до1ийца суждана йоьду,
Къинхетам боьху ас, т1аьхьенна тхайн,
Бусалбанаш хилла, иманехь г1овтта,
Ницкъ лолахь ахь царех бай, ирсан дай.
2009
Вай ду-те замано сихдина
Вай ду те замано сихдина?
Я зама сихйина вай?
Вай г1ерта нека деш хих довла,
Генахь а доцушшехь т1ай.
Тахане цалоруш, кхане схьа
Ма еха, им йог1ур яй.
Шен болар ца дохош замано,
Д1абевлла вайн хийла дай.
Йиш, ваша дитина нахаца,
Гергарлло малеха хьайн.
Хьайн наха хьо сий деш ца ларахь.
Хетар ву хьо цхьалха, лай.
Х1ордах д1акъаьстина хин тулг1е,
Латто д1ахудий д1айов.
Вон, дика шен махкахь цалайнарг,
Адмашна вицлой д1авов.
2009
Ма ала
Ма ала, нохчийн къам ц1ена дац,
Талхийна г1иллакхаш вайн. . .
Ден дакъа къонахчо духкур дац,
Г1иллакхаш дицдийр дац дайн.
Ма ала, нохчийн мотт хаза бац,
Бийца а хала бу и.
Сийначу бацалахь лахьийна,
Зезагийн ду иза тхи.
Ма ала, вайн даймохк ирсе бац,
Самукъне дац махкахь вайн,
Седарчий санна шаьш къегина,
Кхуьуш бу вайн кегирхой.
Ма ала, къонахий бисна бац,
Уьш бу вайн лардийраш сий,
Нохчий чохь къонахий цахилча,
Хир дацара ц1ена вайн ц1ий.
2008
Жоп дели….
(Уциев Абуца къамел)
Ма ч1ог1а хьийзабеш,
Керча беш, луьсту ахь.
Ширделла дешнаш а,
Лоьцу ахь, цаций чохь.
Сов къена и дешнаш,
Кула до ахь лехьош,
Бохучун, хьекъале,
Жоп дели ахь кхетош.
- Хестабеш, белабеш,
Бер санна хьоьстуш.
Ламазан хенаца,
Карла а бохуш.
Нохчийн мотт, марзонца
Мел буьйцу къонлуш.
Бехар бу вайн даймохк,
Халкъана ирс луш.
2008
Ирсе б1ов
Хьо х1унда кхийда дог, яханчу замане,
Х1ун деха г1ерта хьо, цу ширчу дахаре,
Лоьху те халонаш, дайшна т1е х1иттина,
Доьху те баланаш, дайн дегнаш цистина?...
Къайленаш йисна те, безамах ястаза ,
Я бахам карий те, хьолан дайн бастаза,
Хьо х1унда г1ерта те, ойланаш хьагийна,
Боданан не1аре, сирла чиркх латийна?...
Лоьху ас марзонаш, дайн уьйраш ч1аг1йина,
Тешаме орамаш 1адаташ х1иттйина.
Г1иллакхе г1ерта со, халонаш эшийна,
Барт боьху, дайн дегнийн баланаш дашийна.
Бахам бу сан цигахь, х1отто мах боцуш,
Ша оьзда бийцинчу нанойн ц1е кхобуш.
Ломарчу шовданел ц1ена ша лоруш,
Нохчийн мотт, орамаш дакъо йиш йоцуш.
Лаамца сий долчу цу маттахь йотта,
Ирсе б1ов т1аьхьаьнна син кхача х1отто.
Са серла даьлча, я, х1иттича холча,
Бахкийта деган не1 йоьллуш со йолча.
2010
Дахар лай
Цкъа хьостий деладеш,
1овжадой делхош,
Вайн г1ийла синош ду,
Дуьнено ловзош.
Вайн майра дегнаш ду,
Куралло 1ехош,
Зоьртала дог1маш ду,
Цамгарша иэгош.
Зама ю дахаран
Орамаш хедош,
Толаман байракх ю
1ожалле кхийдош.
Вай цкъа а ца хилла,
Дуьненан дай ,
1ожалла ю эла,-
Ткъа дахар, лай.
1995
Ца яьхьа со….
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа дуьненах хьега.
Хир дац и боцуш цхьа бала,
Шена чохь адамаш дехаш.
1ожалла йоцуш бу аьлла,
Ца яьхьа со малхах хьега.
Хир бац и боцуш цхьа бала,
Дуьненан яй кхехкош богуш.
1ожалла йоцуш бу аьлла,
Баттах со ца яьхьа хьега.
Хир бац и боцуш цхьа бала,
Буьйсанан бода шех хьерчаш.
1ожалла йоцуш ю аьлла,
Ца яьхьа стигланех хьега.
Хир яц уьш боцуш цхьа бала,
Ткъес детташ, маьхьарца къиекъаш.
1ожалла йоцуш ю аьлла,
Ца яьхьа со мархех хьега.
Хир яц уьш боцуш цхьа бала,
Дог1анца дуьненна йоьлхуш.
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа со латтах хьега.
Хир дац и боцуш цхьа бала,
Дегадеш дог т1ек1ел дуьйлуш.
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа со лаьмнех хьега.
Хир дац уьш боцуш цхьа бала,
Мокхаза т1улган лам хеда.
1ожалла йоцуш ду аьлла,
Ца яьхьа хих а со хьега.
Хир дац и боцуш цхьа бала,
Шен тулг1еш бердех д1аетташ.
1ожалла йоцуш бу аьлла,
Ца яьхьа со мохах хьега.
Хир бац и боцуш цхьа бала,
1аьткъа и даима ц1ийзаш.
1ожалла кхочар ю аьлла,
Кхоламна яц реза йоцуш.
Хастам бо ас Везчу Далла,
Бусалба кхоллам баларна.
Ас къамел до беллачаьрца
Ас хеттарш до беллачаьрга,
Кешнийн кертахь йолалуш.
Хьолах дуьзна дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац дист хуьлуш!?
Делан кхоьлах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а.
Я хьарам дерг шеха къаьстош,
Хьанал рицкъа лехнариг а.
Цхьа воккха стаг хьаставелла,
Телхина лела моьттуш со.
Хаттар деш вист хили соьга:
-Хьаьнца къамел деш ю хьо?
Ас меллаша жоп делира,
Хоуьйтуш сайн дагахь дерг:
-Ас къамел до беллачаьрца,
Кхето лууш сачохьверг.
Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарех дисна ду.
Ткъа дуьненах 1еха ца луш,
Леллачара дитна ду.
2008
Ма г1ерта со къар ян
(Ахмадова Тамарина лерина)
Х1ай зама ! Ма г1ерта со къар ян,
Дог иэшо ма г1ерта сан,
Со кхиъна дахарехь хало ган,
Амал а евзина хьан.
Буьйсанна хаза г1ан дайча а,
1ехалой лелара со,
Безамо б1аьгашца хьаьстича,
Моьттура ирс сайна го.
Гуш долу 1аламан хаза сурт,
Дагна сов и дезалой.
Юьсура беха некъ ас барах,
Цу хазне кхача цалой.
Даггара безачу даймахке,
Боьссинчу балийна дан,
Г1о шен ца хиларна т1улг хилла,
Дисна ду кийрахь дог сан.
До1а деш, б1аьрхишца дехарх а,
Кхолламах яла ца ло.
Ният ду, ца йоха собарах,
Суна хьан къайленаш го.
Х1ай зама ! Ма г1ерта со къар ян,
Дог иэшо ма г1ерта сан,
Со кхиъна дахарехь хало ган,
Амал а евзина хьан. . .
2009
Турпала йиш-ваша
(Абдулазимов Халидан доьзална)
Сан ненан вежарий,йижарий ненан,
Сина мерза кхача шу, дахаран орам.
Сан деган йовхо шух, даглаьцча х1ора.
Къастаран ойлано, иэшадо г1ора.
Шун дегнийн пхенаш ду, вовшеха доьзна,
Цхьанне дог 1овжийча, вукхера лоза.
Шух дечу дозалло, кийрахь дог дуьзна,
Йоккхаеш лардо ас, халонан доза.
Халидан доьзалехь ца хилла цхьа а,
Уосалчу ойлано сак1амдеш цкъа а.
Вон - дика дерзийна барам цабустуш,
Комаьрша г1иллакхаш шайнех цадуьхкуш.
Яхь йолчу къонахчух схьадойлла дегнаш,
Дукха бу, шу санна шаьш хила хьегнарш.
Ц1ена хиш, бух болу шовданаш лору,
Шу санна йиш-вешех,турпалхой олу.
2006
Мульхарг ду?
Муьлхарг ду сан дуьне?
Кхоллам а хьаьнца?
Х1ун дуьйцу ирс хеташ,
Безамах лаьцна?
Хьанах со 1ехало?
Х1ун лаьа довза?
Б1аьргаш а седарчешца
Девлла ловза.
Х1ун оьшу дахарехь,
Хьаьнца ас къуьйсу?
Латта ша хьоьшушшехь
Когаш к1елл соьцу.
Дашо малх комаьрша,
Нур 1енош хьоьжу.
Я дуьхьалл йолана,
Х1умма ца доьху.
Ткъа суна делларг ду
Адмалла Дала.
Цул деза хир дац - кха
Кхин совг1ат цхьа а.
Адмалла даларна
Ийманах кхелла.
Со Далла хастам беш,
Ирс хеташ еха.
2011
Мах эццехь хадабо
Кху дуьненах ч1ог1а 1ехавелла,
Вог1у хьо ца лардеш олу дош,
Зама едда йоьдуш ю сихъелла,
Хан д1акхоьхьу цо, вайн хам ца беш.
Хьарам кхача, - цунах кийра буззий,
Кура хьоьжу кху дуьнене хьо,
Амма 1ожалла т1е те1аш улле,
Цо куралла тухий йожа йо.
Собаре верг, г1ийла миска лоруш,
Къизаллийца дог ахь 1овжа до,
Цхьа де дог1у т1аьххьара г1улч юстуш,
Къонахчуьн мах эццехь хада бо.
2008
Маликаш даьхки-те….
Воккха стаг, хьан стенах самукъа дели?
Маликаш даьхки те кхаъ бохьуш лере?
Я шераш дицделла ойла айъелла?
Баланаш лахбелла хьо сонта ваьлла?!
Шайт1анийн шабаршка ахь ламадег1а,
Къоналлийн забарш еш, ма де дог 1еха.
Дуьненан хазаллехь, эхарт ахь деха,
Некъаш ду шера гуш, ца оьшуш леха.
Мерза са ц1еххьана, 1ожалло лацахь,
Эхартахь кечъйина хьан х1усам яцахь,
Ма шийла 1а хирду, ца вохлуш цкъа а,
Я йовха ц1е хир ю, г1о доцуш цхьа а…. .
2008
Къонахчух
(Кадыров Ахьмад – Хьаьжина)
Дешарх а ца кхачош,
Ца к1ордош цкъа а.
Дукха ю къайленаш
К1оргехь Къор1анан.
Йовхо луш, цхьанна а
Ницкъ боцуш яйа.
Ц1е ахь хьайн йитина
Халкъалахь яга.
Шераш т1е шо дуьллуш,
Д1а эхарх зама,
Дуьненчохь лар юьтуш,
Даг1арх д1а кхана
Къонахчуьн ц1е йоху,
Юх-юха самса.
Ткъа к1иллойн ц1е йойу,
Кхоьруш ун дала.
2008
Сан кегий вежарий
(Т1амо х1аллак биначу нохчийн
к1енташна, деган лазамца)
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Шух хили те т1улгаш ламанийн,
Я баьрзнаш хили те шух хьаннийн,
Я хили те синош акхаройн!?
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Хин тулг1еш хили те шух кегий,
Я маьлхан з1аьнарех сов къегий,
Хьоьжу те тхан б1аьргаш чу лорий!?
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Бисна те шун дагахь цхьа бала,
Ца кхиъна дагахь дерг схьа ала,
Ца яккхарна къинт1ера нана!?
Х1ай к1ентий, сан кегий вежарий,
Мила ву шу некъаш тилийнарг,
Дахаран чиркх хьалхе байинарг,
Ца 1ебаш тхан дегнаш дууш вверг!?
Я Аллах1! Я Аллах1! Я Аллах1!
Собарах ца доха ницкъ лолахь,
Иманехь барт цхьаъ бай нисделахь,
Т1аьхье тхан беркате ахь елахь.
2008
Т1аме
Ма кхера дехьа тхан бераш,
Лоьлхийтуш кийрара дегнаш,
Ма бале леци ахь 1енош,
Тхан махкахь и д1аьвше герзаш.
Барз боцуш лаьтто хьо хударг,
Хилла хьан къизалла дукха,
Тхан къоман ц1ена ц1ий муьйдург,
Хьох дала, тхан нанойн луур.
Т1ехьежо хьайн къиза б1аьргаш,
Делхадеш тхан нанойн дегнаш.
Довлийла хьан, дуьне кхаьрдаш,
Мохь - ц1ог1а даларх, г1о доцуш.
Ма кхера дехьа тхан бераш,
Лоьлхийтуш кийрара дегнаш.
Тха-м даций уьш цхьа да воцуш,
Балийна дуьненчу дохуш.
1995
Йишин безамца
(А.А)
Тийначу буьйсана,
Даьржина бетта са санна.
Ц1еначу безамца,
Хьо дагчохь вехаш ву тхан.
Хьо марша лоьлийла,
Ца лоцуш цхьана а кхело.
Диканца вехийла,
Дахарехь ца гуш кхин хало.
Буьйсана лепачу,
Цу х1ора седанан нуьрах.
Тарделла къегийла,
Даймехкан некъаш хьан ц1арах. . .
2009
Гора дуьне
«Дуьне дош дац»,- цхьамма олу;
Ца кхеташ шен дахарах.
«Гора дуьне !»,- вукхо хьосту;
Х1отто боцуш цунна мах.
Амма дуьне шек ца долу,
Хесторах, я чехорах.
Цо шен декхар ч1ог1а лору,
Ца кхоьруш ша дохорах.
Б1е шаре вай халла кхочу,
Бехкаш дохуш кхолламах.
Эзар шерийн бала токхуш,
Им ца духу, несаллех.
2009
(Межидов Мовлдин к1ентан
Мохьмадан шо кхачарца)
Шо д1а дели хьан дахаран некъан а,
Дуьне довза, ваха веъна хьо.
Хьан кхоллам а хуьлда г1уоза, декъала,
Ирсе кхачош хуьлда боккху ког.
Ийман,ислам долуш хуьлда хьекъале,
Кхоие дерзош хьайн кхолламан де.
Доьзалхо хьо Мохьмад, хуьлда беркате,
Сий деш, ларамца хьан йохуш ц1е.
Кхолламо хьох дагабуьйлуш хьоьстийла,
Ирсах юцуш ц1ена ойланаш.
Дена – нанна деза совг1ат хьох хилла,
Къегийла хьан дахар, седанах.
2010
Генахь дац и аьзнаш
(А – Хь. Хатуевна)
Генахь дац и аьзнаш, дехьачохь санна уьш хеза,
Х1ора г1улч ас йоккху, дуьненахь т1аьххьара лоьруш.
Ялсмана хьозарчий шакаршца соь кхойкхуш дека,
Цхьа пен бу, цхьа парду, 1ожалла бен чекх ца йолуш.
Къинт1ера ваьлла со даггара дерриг дуьненна,
Доьху ас къинт1ера довлар а массо а сига.
Лелла вац дахарехь, сайн сина лоьхуш аьхналла,
Ткъа марзо лаьхна ас, дуьненахь массо а сица.
1ожалло дахарца къуьйсучу дозана юккъехь,
Г1айг1ане со соьцу чот етташ, къай – меллий узуш.
Оьмар ас диканех юттуш ерг соцуш ю сиз т1ехь,
Лийринарг яра еха, т1аьхьенан некъах ирс дуцуш.
Тоьшалла
( Яздархочунна Гадаев
Мохьмад - Салахьна)
1ожаллийн б1аьргаш чу собарца хьоьжуш,
Хоьттина т1аьхьенан некъах шен некъ,
Кхолламца цхьа а ч1ир, гамо ца лоьцуш,
Цо лайна халонаш, дустуш харц - бакъ.
Къаьхьачу балано ирсан некъ боьхкуш,
Мерзачу дахаран талхорах чам.
Ц1еначу безамца вайн Даймохк хьоьстуш,
Доьналлехь яьккхина хилла цо хан.
Массо а синан ю 1ожалла эла,
Делахь а, стогалла эшаяц цо.
Къонахчо аьлла дош, ца хуьлу къера,
И лела дуьненчохь ша туьссуш гуо.
Дахаре оьг1азе ма хьежа б1аьргаш,
Я ирсах кхолламе ма еха ч1ир,
Хьекъалах дагавуьйлуш, ийманехь ваьхнарг,
Вахнад1а масална юьтуш шен лар.
2009
Цу некъан кхоллам
(Нохчийчохь дуьххьара «Исламан з1аьнарш»
ц1е йолу газет ара даьккхинчу
Жуьнийдан Мас1удна лерина)
Х1иллане йоцчу ойланца,
Дахарехь ирсе кхаж баьлла.
Исламан Динан З1аьнаршца
Хьан деган малх баьлла серла.
Деган нур т1ома айделла,
Исламан сийлалла кхайкхош.
Боданехь ца дуьтуш 1илла,
Вог1у хьо Делан дин хестош.
Ийманца иэшийна кхерам,
Исламца баьккхи ахь толам.
Везачу Далла беш хастам,
Къобал беш бусалба кхоллам.
Азаллера Абаде кхаччалц,
Лекха бу толаман х1оллам.
Махьшерийн майдана кхаччалц,
Беха бу цу некъан кхоллам.
Сан заманах
(Эпиграф Ш.Рашидовн
Заманан хьехам)
Шена бен хьехаман,
Сий, ларам ша бина,
Болар а лахдина.
Ладег1а яьлла бах,
Яханчу замано,
Г1айг1ане ша йина.
Хьекъалах дагъяьлла,
Диканах дог тешна,
Цагойтуш ша йоьхна.
Т1аьхьарчу замано,
Буолар шен сихдина,
Болх Деле кховдийна.
Яханчу заманан,
Цу ирсах ша хьегна,
Дикане сатесна.
Цасоцуш, хин йолчу
Халонна б1о къежна,
Шовкъе и хилла бах.
-Реза ю Дала ен
Кхелана ша аьлла,
Сингаттам д1абаккхий,
Парг1ата хьо хила,
Халонаш отуш ша,
Хьожур ю чекхъяла.
Ойла еш ладоьг1чи,
Малх гуора стигалахь
Кхин хийцам боцуш,
Адамийн беснаш а,
Го нуьре шаьш лепаш,
Ойланаш сирла.
Рицкъанаш дахарехь,
Са дуьйлуш дебара,
Беркате доцу.
Иман шаьш хьоьхурш а,
Х1илланца чекхбовла,
Некъ шайна бостуш.
Стиглара седарчий,
Нур даьгна 1арждаллал,
Яьржира харцонаш.
Тешам а д1абайна,
Ша шех а шек валлал,
Юьйцура шалхонаш.
Лулахойн дог кхардош,
Г1ийлачийн хьакъ лечкъош,
Т1ек1ал еш г1аланаш.
Хьанал къахьегарх а,
Цадовлуш декхарах,
Адамаш а балехь.
Эхарта беха некъ,
Дуьненан дагчухулл,
Биллина Дала.
Адамаш, кхин долу
Синош а, д1аоьхуш,
Некъахой ма ду.
Я Аллах1! 1ожалло
Эхартан не1 еллалц,
Ийманехь даха.
Ницкъ лохьа, дийхир бах
Замано, ца еш шех
Йоьхь 1аьржон тешха.
Юха а йорт еттачу
Замано элира бах,
Ша ойла йина.
-Тешаме куьг кховдош,
Бакъоно не1 тохахь,
Юьтур яц тесна.
Ша лайнарг, я дайнарг,
Д1адийца стаг воцуш,
Къонахий эгна.
Йисарна кхоьру ша,
Т1ом ирча зулам ду,
Жоьпехь стаг воцуш.
Алхьамдулиллах1и!
Къинхетам шорта бу,
Вайн везчу Делан.
Йиш ма яц дуьнен чохь,
Бакъо а эшийна,
Харцо д1алела.
Хьаьдда схьадог1у хи,
Даьржина хиларх а,
Сецначохь хьаьа.
Синош вайн бусалба
Кхолларна, вайн Далла,
Хастам бан лаьа.
18/ 11. 2009
Декийта
(Эпиграф)
Самукъне декийта
Гуьмсехахь иллийн аз
Хьоьгар ю Гуьмсехах
Ериг Кавказ…..
Самукъне декийта Гуьмсехахь иллийн аз,
Урамаш дахкийта дешиха кхолуш.
Йоккхаеш хьоьжур ю, шун ирсах хьоьгур яц,
Даггара шу г1оза дехийла бохуш.
Гуьмсехахь, Шелахь а, Мартан т1ехь, Соьлжехь,
Нохчий чохь бехаш сан махкахой бу.
Сан къомах муьлхарг а, х1ора шен х1усамехь,
Хьешана шун х1отто кийча хир ву.
Амма цхьаъ халоно г1елвина вужуш гахь,
Кийча ю, сих х1отто г1ортор а г1онна.
Мацца а цкъа дахар д1ахаьдда, эрна лахь,
Оьмар а ешар ю, гулйинарг лонах.
2011
Резванова Айза
Т1е эца…
Х1ей, Марта!
Хьо деган г1айре тхан Даймехкан,
Тешаме г1ортор хьо дег1астан,
Беркате х1усам хьайн доьзалан,
Ду хьоьга тхан мерза маршалла,
Т1е эца къовлуш тхо хьайн мара,
Беркате дайбаьхна тхан Марта!
Х1ей,Марта!
Яхь йолу къонахий кхиийна,
Оьздачу дайн, нанойн сий дина,
Ирс декъа хьан х1усмехь вовшашца,
Дог1у тхо барт болуш, марзонца,
Т1е эца къовлуш тхо хьайн мара,
Беркате дайбаьхна тхан Марта!
Х1ей, Марта!
Мисара болатан хьег1 хилла,
Лаьттина кийра хьан бакъонна,
Мерзачу безаман мутт мийла,
Хьайн деган не1 йоьллуш маршонна ,
Т1е эца къовлуш тхо хьайн мара,
Беркате дайбаьхна тхан Марта!
2010
Яздархочунна
Б1аьстено заз санна
Яьстина, ахь ц1ена ойланаш,
Бесс-бесар стом хилла
Яьржина,токхе деш адамаш.
Кхаьллича мутт 1енаш,
Х1ора стом бу мерза, чомехь.
Иштта хьан ойланаш,
Йовхо луш ю, дагна томехь.
2009
Поэзийн махка
Сайн дагца ниет а дина,
Бераллехь яьллера новкъа,
Поэзий, хьан махках ийна!
Хьох хьаьрчаш, ирс хьоьца декъа.
Жималлехь цу некъах тилла,
Кхолламо йигира гена,
Лаамах сатийсам хилла,
Кхебира хьо дагчохь тийна.
Беха некъ дахарехь бина,
Ниет а кхочуш дан лиъна,
Исбаьхьчу хазаллех ийна,
Кхечи со хьан махка сирла.
Седарчех йоьттина б1аьвнаш,
Хи бухлахь забаре лепаш,
Цу маьлхан з1аьнараш лоьцуш,
Юьйцина керташ го къегаш.
Туьйранахь юьйцу ца хезна,
Исбаьхьчу хазалле кхаьчна,
Поэзий, ахь ирсах дуьзна,
Саций дог, дахарехь лезна.
2008
Илланча
(Дагаев Валидана )
Жимчохь дуьйна ас ла доьг1уш,
Хьан аз суна девзаш ду.
Вайн даймехкан иллеш олуш,
Хьан зевне аз хаза ду.
Денна хийцалуш схьахеза,
Къона илланчийн аьзнаш.
Царна юккъехь къона хета,
Ахь олуш долу иллеш.
Вайн даймехкан хазаллийца,
Хьан зевне аз дог1уш ду.
Ахь иллешкахь ма хестора,
Вайн исбаьхьа даймохк бу.
Ломахь озах хьан тарделла,
Дека шийла шовданаш.
Сайн бан беза некъ бицбелла,
Со ю царга ладоьг1уш.
Б1е шерашкахь идарх зама,
Хийца яларх бакъонаш.
Даймохк даим къона хир бу,
Хьан аз цуьнца дехар ду.
1987шо
К1еда, мерза аз
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Тешаме хьан аз.
Т1еман г1овг1а иэшо, ирсах дегнаш тешо,
К1еда, мерза аз.
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Машаре хьан аз.
Йоьхна ойла 1ехо, берийн б1аьргаш дело,
К1еда, мерза аз.
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Сирла ц1ена аз.
Шовданех д1аийна, безам марзо йийца,
К1еда, мерза аз.
Хьан аз оьшу тхуна, хьан аз оьшу Нана!
Зевне сирла аз.
Къизалла д1акъасто, сийлахь даймохк хесто,
К1еда, мерза аз.
Цхьа миска ю иза бохучунна
(М.И)
Цхьа миска ю иза,
Пекъар дуьненан.
Ахь бахар дуй теша,
Хетар хьо эла?
Ахь соьга ла дог1а,
Ойла еш дикка,
Цул т1аьхьа хаттарна,
Жоп суна дита.
Яц хьуна со пекъар,
Ю Делан миска,
Собарца 1емина,
Дика - вон дуста,
Яц хьуна со г1ийла,
Са меца дисина,
Дуьненан рицкъанах,
Ца 1ебаш йисина,
Яц хьуна со пекъар,
Ю Делан миска,
Со санна адмашна,
Декхар ца йисина.
Азаллийн кхолламна,
Дог реза хилла,
Ца йоха сайн дагца,
Ниет а дина.
Дуьненан хазаллех
1еха а елла,
Ца лелла дахарехь,
Со некъах тилла,
Юхалург делла са,
Юьхь к1айн лелийна,
Со-м Делан миска ю,
Хьо мичхьара, мила?!
2008
Пондаран аз
(Паскаев Рамзанан 60 шо кхачарца)
Беха некъ дахарехь ас бина,
Бустуьйтуш ойланца соьга.
Пондаран озо схьа мелл гинчу,
Суьртех сан даге жоп доьху.
Пондаран озо са доссадо,
Самукъне жималлийн ирзе,
Б1аьрзениг ойланца воссаво,
Ша ган сатесначу ирсе.
Пондаран дут1къа аз тийсало,
Чов хилла бисна муо ийзош,
Кхолламца дог кхин ца къийсало,
Азаллийн бакъонаш лоьруш.
Уьдучу замано туьйсу го,
Пондаран озе ладоьг1уш,
Хьосту дог, мерзачу безамо,
Д1аяхна хан карла йохуш.
Генара сурт хьалха х1иттадо,
Ойланца яхна хан луьстуш.
Жима а, воккха а, ирсе во,
Пондаро озаца хьоьстуш.
2007
Кехатийн зама
Мацах цкъа дуьйцуш хезнера вайн дайша,
Бакъонаш кехатийн хир ю вайн бохуш.
И зама ю вайгахь тахана хьаша,
Иза а д1аг1ор ю вай вовшен дашахь.
Са а дац ц1ий а дац, кехат вай лара,
Дац иза даздина синойл вайн Дала.
Веш - йишех, гергарчех, волуш сов хиера,
Вай цуьнца ца къаьсташ, самукъне лела.
Цхьанне а ц1е тоьхна, ахча ца лела.
Шайт1а ду, адамаш дохуш дерг хиера,
Тешнабехк бу цуьнца амал д1аиер
Стагна шех тарвалар, дуьненан эла.
Дуьне а лаьттар ду, дахар ду доца,
Да-нана, йиш – ваша, 1ожалло лоцу.
Кехаттам ахча ду, амма дац деха,
Ахчанца гергарло, дуьсуш ду боьха.
2008
Лоьрашна
Цамгаро шена пхьар дина,
Церг туьйссуш къийзадо дилх.
Мерза са лаца сатесна,
Кам1арашца туьйсу зирх.
Лоьраш ду Делан Маликаш,
Цамгаршца т1ом цара бо.
Дарбане молха ду куйгаш,
Б1аргашчохь къинхетам, г1о.
Мотт сецош цамгар т1етаь1ча,
Шен мерза са а къахьло.
Амма дог деттало тешна,
Боккха ницкъ лоьрашкахь го.
Лоьраш, шу Делан Маликаш!
Ойланаш шун ц1ена ю.
Дахарехь ирс, аьтто хьиекъаш,
Сирла некъ хуьлийла шун.
2008
Макажойн куй
(Хирургана,Баиев Хьасанна)
Эшац тхуна доктор мом,
Баиев ву воккха лор,
Дарбане ду цуьнан куьг,
Цундела ву и хирург.
Америкехь,Африкехь,
Вевзаш ву массо меттехь,
Дозалийца нохчийчохь,
Макаж ламан къега бохь,
Къера хир бац баарх дуй,
Хьасан Макажойн бу куй,
Куйца къонах къаьста во,
Къонахчуьнца тайпа го.
Эшац тхуна доктор мом,
Баиев ву нохчийн лор.
2010
Винчу денца
( Резванов Хьасанна )
Тахана 1аламца
Малх ловза баьлла,
Хьо вина де хаздан,
Б1аьсте еана.
Кху дийнах кхаъ хилла,
Самдаьлла латта,
Самукъне шен кузаш,
Даржийна лаьтта.
Басаршца кечделла,
Зезагаш сетта,
Мехкарша къайлаха,
Хьоьга б1аьрг баьтта.
Ялхийтта шеран некъ,
Замано буьсти,
Жималлийн амало,
Хьан б1аьргаш хьаьсти,
Де - буьйса хийцалуш,
Ирс алсам дуьйлуш,
Безаман мерза мутт,
Дахарехь муьйлуш.
Тешаме накъостийн,
Сий-ларам болуш,
Хьо г1оза вехийла,
Дог ловза дуьйлуш.
2006
Х1аъ ву те, и……
(Эльжуркаев Мохьмадан 65 шо
кхачарца)
Х1ан – х1а, и иштта вац,
И вац эш вуьйцург.
Цхьа х1илла цуьнца дац,
Дош ду цо дуьйцург.
К1иллойн ун кхета бац
Меттиг а гонах.
Коьрта т1е йис йилларх,
И ву цхьа къонах.
Х1ан – х1а, и иштта вац,
И вац эш вуьйцург.
Цуьнан дайшна тайна дац,
Стагехь там боцург.
Шен ненан кийрахь и,
Гина ву г1иллакх.
Дилх дац и схьагуш дерг,
Вуьзна, доьналлех.
Х1аъ – ву те, и ву – кха,
Харцо ца лайнарг,
Бакъонна шех накъост
Хилла, г1аьттинарг.
Кийсикаш еш дог шен,
Халкъана даькънарг.
И ву и, Даймехкан
Хьакъ волу къонах.
Даймекан хилийта верас
(Шаид Рашидовн 70 шо кхачарца)
Хьо хилла кхиийна халкъана,
Яхь йолчу оьздачу нанас.
Собаре, г1иллакхах вуьззина,
Даймехкан хилийта верас.
Хьо иэрна ца лелла дуьненчохь,
Дайн весет ахь кхочуш дина.
Т1аьхьенна бакъонан некъат1ехь,
Тешаме т1ай а тиллина.
Лаьмнашца, хьаннашца, некъашца,
Ц1ена дог-ойла ахь екъна.
Илешца, байташца, безамца,
Адамийн бала д1аиэцна.
Поэзийн марзонах ийна,
Массане ахь ирсе вина.
Некъана накъост хьайх хилла,
Дахаре ойла денйина.
Дегнаш чохь даймехкан, халкъан,
Шерашкахь кхиийна безам.
Кхоллам хьан декъал беш тахна,
Д1акховдо хилла сан лаам.
Дахарехь некъ иэрна бина,
Ца кхечи тахане хьуна,
Делера кхаъ совг1ат хилла,
Хьо дукха вехийла тхуна.
2009
Даге
(Абдулаев Лечин к1ант
Кхалхаран хьокъехь)
Дакъаза ма дала, кийрара хьо дог сан,
Х1унда хьо г1елделла, некъ юккъе баланза?
Ойланийн архаш ахь, есале хецна д1а,
Самукъне хилла аз, къарделла хеза схьа.
Г1о-накъосталлина, ма кийча дара хьо,
Г1ийланиг, мисканиг, гергара вара хьан,
Нийят а хьан ц1ена, х1ун бахьна ду дохо,
Хьо х1унда къар дели, иэший хьо, замано?!
Делла ма дала хьо, буо берах тарделла,
Сел миска хьо хилча, мила хир сан эла?
Хьох накъост сайн вина, балхийна къа-бала,
Мила ву тешаме сан сина, кхин хьолл а?
Балано 1овжорах, дахар д1а хедаш дац,
Вон-дика ца херца, заманан бакъо яц,
Дакъаза ма даларг, сан дехар ду хьоьга,
Г1елделла дисарх а, доха ма дохалахь.
2009
Эх1, хьо къонах
(Сайн хьомечу шичана)
Эх1, хьо къонах, толам хьо къийсамехь,
Хьан дахар масалл ду мехала.
Деган не1 йиллина,
Сирла чиркх латийна,
Некъ маьрша битинарг къомана.
Эх1, хьо къонах, тоьшалла заманна,
Хьо ваьхна т1ег1а хир къегина,
Совг1ат ду халкъана,
Г1иллакх ахь х1оттийна,
Син кхача массо а адмана.
Эх1, хьо къонах, хьегам хьо мехкаршна!
Ирсе бу кхоллам хьан езаран.
Безамца йовхо,
Хьан ц1аро кховдор,
Сатийсам кхаьбначу дегнашка.
Эх1, хьо къонах,массо а заманна!
Хьо жоп, тхан дезачу до1ийна.
Азаллера, абаде,
Дуьненан дозалла,
Даймехкан сий дина къонаха.
2010
Мехал а деза…..
(Махчаев Супянна)
Мерза ду муьстаниг
Дог эца накъостий белахь,
Къаьхьа ду мерзаниг,
И шенна къуьйлуш стаг велахь,
Мехал а деза ду
К1еззиг дерг, и наха ларахь,
Амма дац данне а,
Дегнашна луш йовхо яцахь.
Серло ю бодашкахь,
Ойланаш самукъне елахь,
Цхьа 1аьржа т1еда бу
Дуьне а, дог балехь делахь.
Дуьненахь делла ду,
И адам, са чохь и хиларх,
Наха шайн диканехь,
Вонехь а, ц1е лелош дацахь.
2010
Ахь дог1а ма детта
А-Хь
Ахь дог1а ма детта хьайн дагна,
Ма кхера елларна не1,
Чиркх боцчу х1усамех дог хьегна
Яций сом, г1аддайна йо1.
Я малхо шен серло кхоайой,
Ца къовлу, суьйренца ков,
Шеконех бух боцу г1ала яй,
Ма хьеде бехк боцу дов.
Барамал сов хеттехь сан лерам,
Бехк суна ма билла ахь,
Вошалла, г1иллакхе хьан хьехам,
Бу суна дуьненан мах.
Бодашка хьан дог ца къовлийта,
Тешавеш ца баарх дуй,
Реза ю сайн дахар дагадеш,
Хьан кхерчахь багийта суй.
Яц хьуна безамна со йогуш,
Ца байна дуьненах чам,
Ца лало, адамийн дог лозуш,
Вайн дахар доллушехь г1ан.
Г1иллакх
(Э.Минкаиловна)
Къонахчо юхкуш, я оьцуш яц стогалла,
Я воцчух къонах веш молха а дац.
Вайн дайша литтина г1иллакхаш дарбанна,
Лелочух , к1иллойн ун кхета йиш яц.
Б1ешерийн цецех чекхдаьхна и г1иллакхаш,
Бакъонан олалла шаьш лелош ду.
Муьлххачу къийвсамехь толам шаьш баьккхинарш,
И дарба шайн кийрахь карийнарш бу.
Лаккхарчу даржашкахь ма леха стогалла,
Я г1ийлачуьнгара, ма къийзае.
Яхь йолчуьнгахь хуьлу, и къаго говзалла,
Йоцчуьнга, цуьнан мукъ ма кхийдабе.
Карзахе къоналла, доьналлийн зама,
Къаьстича, мехалчу дахарах д1а?
Сих хьаьрчаш, амалах д1аийна лелла,
Г1иллакхо х1иттайо, г1ортораш схьа.
2010
Бераллех дагадовлар.
Массо х1умнах кхета йоьлчи
Вай бераллех къаьсташ го.
Цуьнца ийна саца лиъчи
Замано хан чехайо.
Вайн ловзар а,вайн делар а
Хир ду моьттур даиман
Ткъа бераллех 1еха дела
Яьхьнарг хилла к1еззиг хан.
Вайн бералла вовшах х1уттуш
Теснарг хилла дуткъа тай.
Дахарехь ирс лаха олуш
Вайна дилли,дехха т1ай.
Вайн бераллех дага довла
Тахна схьагулделла вай.
Вай ирсе гуш сакъералуш
Хьоьжуш го вайн хьехархой.
Нанас бина доьзал санна
Цхьана доьшуш яьхна хан
Сан дахаран,седа хилла
Суна лепа даиман.
1986
Резванова Айза
Хьехархошна
Шу г1елделла хир ду ч1ог1а,
Зама яхна гена д1а.
Шайн дикаллийн доцуш доза,
Аш къахьийги 1амош тхо.
Тхан дай-наний хиларх мерза,
Школа дара шолг1а ц1а.
Г1иллакх,г1уллакх, хьоьхуш оьзда,
Хьехархой шу дара тхан.
Дуьне довза, дахар деза,
Серла йохуш ойланаш.
Аш кхолламна ди тхо реза,
Ирсе некъа х1иттадеш.
Тхо-м лелара сакъералуш,
Боцуш кхетам шу лардан.
Ткъа тахана баркаллийца,
Лаьа къовла шу мара.
Шолг1а наной, дай а хилла,
Лаьттина тхан хьехархой.
Ас баркалла боху шуна,
Ирсе дарна, дахар тхайн.
2010
Резванова Айза
Хьехархо
Хьекъале ю хьехархо,
Цунна девза дика, вон.
Ийман шеца хиларна,
Цо и доькъу берашца.
Деша бераш,- боху цо:
Шуьца ма ю тхан йовхо.
1илма шуна довзаро,
Тосур ду шун гергарло.
Герга валош генара,
Хьекъал доькъуш вовшенца,
Бертахь даха 1амадо,
Деша говза хиларо.
Т1аккха хьоьху, тхуна цо:
-Г1иллакх коьрта бахам бу,
Лоруш хилахь нана, да,
Дала ша шу лорур ду.
Берашца аш дов ма де,
Царна чехош вас ма йе.
Сиха йолу зама д1а,
Кхуьу бераш марзонца.
-Бертахь хила, - боху цо:
Беркате хир бу, шун го.
Сакъералуш вовшашца,
Ирсе некъаш довзарца.
Иштта ю тхан хьехархо,
Тхан амалаш тодархо.
Ирсан доза гайтархо,
Тхан сий лакха айдархо.
Тхо ду цуьнан дешархой,
Ирсе даха 1амархой.
Баркаллийца, декхар тхайн,
Кхочуш дан т1елацархой.
2010
Бераллин х1усаме
Даггара маршалла ду хьоьга,
Тхан мерза доттаг1а, Бералла!
Тахана ойланца дуьссу тхо,
Сирлачу хьан х1усме хьошалг1а.
Сатуйссуш хьан зевне аз хаза,
Б1аьргашца хьан суьрташ луьстуш.
Вовшашка хьоьжу тхо безамца,
Самукъне хан карлаюьйлуш.
Гилхана ирзешкахь ловзарга,
Х1итти тхо к1еззигчу ханна.
Цергех хи туьйссуш цу марзонга,
Г1ерта дог юха а денна.
Дехар ду тхан хьоьга,х1ай зама!
Ца дуьтуш тхан дахкар эрна.
Хьасталахь, 1ехаеш къаналла,
Ахь х1етахь, бералла санна.
2008
Резванова Айза
Заманан аьхкаш
Ас бехке х1унда йо, гуьйре,
Цкъа хадарх дуткъделла тай.
Малх къагарх, шен рог1ехь дуьне,
1аьно а лоцу, ша бой.
Ткъа баьсте, 1аламан эла,
Къоналлин самукъне той.
Къаналла юьтуш шех хьега,
Цо узу шен коре бой.
Бераллин нана ю аьхке,
Массо а са дузадой.
Йовхо цо кхийдорах лаьтте,
И лоллу мохо, дов дой.
1а, баьсте, аьхке я гуьйре,
Аьхкаш ю заманан тай т1ехь,
Де, буьйса, 1уьйре, я суьйре,
Дакъош ду, дахаран т1ай т1ехь.
2010
Гуьйренан раг1
Шен амале 1алам дерзош,
Гуьйрено раг1 ийци схьа,
Мохо ийзош диттех къаьстош,
Г1аш аренга кхоьхьу д1а.
Цкъа малх къега, кхийдош з1аьнарш,
Гуьйрене шен саламца,
Т1аккха йоьлху, мокха мархаш,
Латта лийчош дог1анца.
Генна стиглахь, нисдеш мог1наш,
Г1ийла аьзнаш хазош схьа,
Г1арг1улеш ю, дог цадог1уш,
Кхечу махка йоьлхуш д1а.
1аламо т1еоьцу лоруш,
Х1ора хан а замана,
Цуьнан йиш яц, 1а баьстенца,
Хийца вайна томана.
2005
Х1ун дара те….?
( Йишина, Раисина.)
Х1ун дара те, мохь тоьхча дуьнене,
Кхайкха беш сайн бала д1а.
Кхоьру – кха аларна кхолламо,
Ма осала лела - кха хьо.
Х1ун дара те, ас б1аьрхиш 1анийча.
Д1ахьулдеш сайн мерза са.
Дерриг а гуш йолчу замано,
Кхоьру бехк баккхарна со.
Х1ун дара те, де-буьйса ца лоруш,
Адмашка ас дехчи г1о.
Кхоьру - кха, сов холча х1иттийна,
Ас цера хьарчорна къа.
Х1ун дара те, ламаз деш,до1ийца,
Суждане яхача со.
Дуьненан,эхартан да волу,
Делера хирдар-кха г1о.
4. 9 / 2009
Вуочу цамгарна
Хьичча, маржа, хьо цамгар,
Дилхах къасто ххьоккхуш д1а.
Маржа я1, деган лазам,
Ох1ла яц – кха дарба дан.
Кхоиэ хир - кха, цхьа де, цкъа,
Дуьхьал д1авш а карийна,
Зирх ца буьтуш доь хьан дайа,
Массо сих а ч1ир иэца.
Шух кхетар, шун дезар
Зама д1аюстучу дуьненах со кхета,
Де - буьйса луьстучу заманах со кхета,
Адамаш сов къиза, х1унда ду, цакхета!?
Х1етте а адамаш, сан дагна шу деза,
Шух кхетар, шун дезар, адмалла а хета.
Вон - дика хоьрцучу дахарах со кхета,
Бакъонаш лоьручу кхолламах со кхета,
Адмаша тешнабехк х1унда бо, ца кхета!?
Х1етте а адамаш, дог ч1ог1а шух теша,
Шух кхетар, шу дезар, адмалла а хета.
Де серла доккхучу малхах а со кхета,
Буьйсанах, беттасих, седарчех со кхета,
Мерзаниг къахь дечу адамех, цакхета,
Х1етте а адамаш, сина- марзо шу хета,
Шух кхетар, шу дезар адмалла а хета.
Шен бала базбелла воьлхучух со кхета,
Лаамах кхаъ хилла воьлучух со кхета,
Дог дуьзна боцучу, безамах ца кхета,
Адамаш, дахаре сайн безам шу хета,
Шух кхетар, шу дезар, адмалла а хета.
2010
Резванова Айза
Зударий, шу декъал дойла
Б1аьстено жил-1алам санна,
Денъеш шун дахаре ойла.
Делера кхаъ совг1ат хилла,
Зударий, шу декъал дойла!
Бошмашкахь доьллу заз санна,
Ойланаш шун йохуш серла.
Доьзалаш беркате кхиъна,
Зударий, шу декъал дойла.
Мутт дуьлу мерза стом санна,
Безаман марзонах ийна.
Ирсаца бала иэшийна,
Зударий, шу декъал дойла.
Даймехкан г1иллакхаш лоьруш,
Доьналлехь даха ницкъ лойла.
Дуьнено сий дан хьакъ долу,
Зударий, шу декъал дойла!
2009
1аламна геч дина
Б1аьстенан 1аламна геч дина
Ц1ен зезаг санна,
Са маьлха долу сан хьо гича
Сан хьоме нана.
Кийрахь дог тохалой ойлано,
Са дуьгу лома,
Шовданех д1аиэлой зевне аз,
Эшаршка долу.
Малхо шен йовхо луш аренгахь,
Зезагаш досту.
З1аьнарийн куьг хьокхуш массо а
Са маьрша доккху.
Нанас шен безамца кхерчашкахь
Доьзалаш хьоьсту.
Мерза са ца кхоош дахарна,
Ирсе некъ босту.
Беркате йо1
Ахь х1унда гатдо са ,
Паччахьа нана,
Совг1ат делла хьуна,
Везачу Дала.
Билгал веш мух1арца,
К1ант хьуна велла,
Ц1ена некъ маршонна,
Ша цуьнга белла.
Ларамза вас ярна,
Кхоьруш ша дашца.
Мотт буьйцу сов к1еда,
Цо вайн адмашца.
Хьесталуш вац иза,
Шен халкъ цо хьоьсту.
Х1оранна дагчуьра,
Ша дашца босту.
- «Беркате йо1 хилла,
Паччахьан нана.
Совг1ат ду махкана
К1ант цо кхиийна»
Бохуш до дозалла,
Хьан к1антах наха.
Даггара баркалла,
Хьо нанна олу.
Г1айг1ане ма хила,
Паччахьан нана,
Я хасто яздина ,
Ма мотта хьуна.
Хьо яра махко а,
Хаьржина эла,
Амма хьо Дала а
Хилла къастийна.
Оьзда нана
(Рашидова Малканна)
Ехийла хьо оьзда нана,
Х1усамна йовхо луш денна.
Дог делош ирсе нур Дала,
Дохийла хьан х1усамехь серла.
Хьан ц1ена ойланех терра,
Дебийла дахарехь беркат.
Баланаш эшийна, тоьлла,
Лаьттийла могшалла дег1ехь.
Х1иллане доцу хьан г1иллакх,
Доьрзийла х1оранна кийра.
Ийманехь, цхьа барт а хилла,
Нохчийчохь ирсе некъ билла..
2011
Нана, сатийсинарг
Муха ду хьан яхар, хьо хьанна къежа?
Кариний те хьуна ирс къега лам?
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м, телхина, дахаран чам.
Кхиина йохучу йоь1ан некъ боьхна,
Дог хьаста вац цхьа а, я хьехар дан.
И лаьтта хьан суьрта т1е б1аьргаш доьг1на,
Яц нана, хьеган бен, езарх а ган.
1уьйранна цаг1оттуш висина ваша,
Цамгаро 1аьвдина шен мерза са.
Жима куьг дог лозуш, хьекхарх т1е йишас,
Цо ненан йовхоне туьйсура са.
Къинхетам са баьлла кийрахь дог доьлхуш,
Къона да х1оьттира к1антана т1е.
- «Х1ун лозу, мичхьара?», Хаьттарш деш, хьоьстуш,
Цо сихха лоьраш а бийхира схьа.
Амма к1ант 1уьллура, ша г1ийла хьоьжуш,
Т1аьхьарра баьтташ шайн не1аре б1аьрг.
Меллаша цо ойла къадийра, доьхуш,
- « Нана, сатийсинарг, кхачахьа схьа ».
Мичхьа ду хьан лелар, хьо муха еха?
Кариний те хьуна ирс къега лам?
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала-м, телхина дахаран чам.
2010
Маршалла ас хотту хьоьга
(Тхайн нанна, Нуриштана)
1уьйренца дашо малх къега,
Зезагаш т1ехь лепа тхи,
Маршалла ас хоту хьоьга,
Сан нана, йохуш хьан ц1е.
Совг1ат ду сайн кхоллам суна,
Реза ю дахарна со,
Собаре, дешийн лам санна,
Дог хьаста хиларна, хьо.
Ирс а дац карош т1е иэца,
Цатоарх дахарехь и,
Самукъа, сан марзо хьоьца,
Цул доккха ирс дуй те кхин?!
Хьан дагчохь ехийла б1аьсте,
Ца дог1уш кхоьлина де,
Ирс бухах дуьйлучу хьосте,
Юьгийла дахаро хьо.
2009
Ца евза нана
(Умкина)
Суна-м хьо ца гина, лаарх ган нана,
Амал а ца евза, муха ю и?
Х1етте а б1аьргаша, яздо хьан амат,
Цул хаза дуьненчохь х1ума дац кхин.
Хьан аз а ца хезна, сатийсарх хийла,
Саде1ар сацийна ладег1арх тийна,
Зов деъча сан лере, хьан озах ийна,
Цул мерза дацар-кха, х1ума сан сина.
Ца карий хьан куьйгийн ховхалла суна,
Хьо лоьхуш кхин наной къийларах мара,
Г1енаха хьо еъча, сатийсам хилла,
Ма бовха кхаъ бар-кха, сан дагчохь 1илла.
Дахарехь со хьегна, ца евза нана,
Дог хьаста, хьехар дан ас ехнарг хийла.
Ма ч1ог1а оьшу хьо, декъазчу сина,
Йолахьа йовхо луш, Малх кхеттачу денна.
2010
Юттийла ахь ирсе г1ала
(Керимова Сацитина)
Ладог1а ахь соьга сан хьоме Майса,
Сан дагца схьаийна хьо жимчохь дуьйна.
Самукъне хьо хилча дог доьлуш хьоьца.
Ткъа г1айг1ане яйча лууш дог эца.
Сайн дагчохь гулъелла безаман марзо,
Лаьаркха тахана хьоьга д1акховдо.
Хьан х1усмехь йостийла лаьаркха Дала
Ирс бухах дуьйлу хьост, цалекъаш цкъа а.
Лаьтта т1ехь хиш санна даьржийла шорта,
Беркате рицкъа хьан оьздачу керта .
Ца бог1уш х1усаме дог 1овжош бала,
Дахарехь юттийла, ахь ирсе г1ала.
2006
Нана резаяй
Хьайн нана резаяй валалахь хьо новкъа
И хьастий даккхалахь, цуьнан дог ахь ловза,
Делера пурбанца кхаъ бахьаш шаьш бовха.
Стиглара маликаш дуьссур ду хьо вовза.
Боккхачу ларамца ненан ц1е яккхалахь,
Хьайн лаам иеша бай, цуьнан дош ларделахь.
Даьллехь а цунах дерг г1алат ма ларалахь,
Вай Далла хьалхахь хьо, йоьхь к1айн хир ву хьуна.
Мерзачу безамца хьан б1аьргаш хьистинарг,
Хьоьгарчу лазаро кийрахь дог цистинарг.
Хьуна чу са дуьллуш шена юкъ йихкинарг,
Хьан нана ю хьуна, собаре хилалахь.
Шен нана хьистинарг дахарехь хьестинарг,
Шен нана елхийнарг дахарехь иешийнарг .
Шен ненан сий динарг, сийлалле х1оттийнарг,
Вайн Дела ву хьуна, тидам беш хилалахь.
2008
Ненан лаам.
Малх схьакхеташ,и чу бузуш,
Хенаш хуьйцу замано.
Ворх1 дуьненна го туьссийтуш,
Ойла йойту балано.
Собаре дог кийрахь сецош,
Шашах б1аьргех уьду хиш.
Аьро аг1он т1е куьг хьоькхуш,
Сингаттам бу,ненан гуш.
Цуьрриг шеко дагт1ехь йоцуш,
Буса, дийнахь, йоьллуш не1.
Нанас к1антах дог ца дуьллуш,
Массо хенахь лар бо кхаъ.
Х1унда бу сан кхоллам къиза,
Бохуш, тийжаш нана яц.
Къайлах хастам беш цо хеза,
Делер доцуш х1умма дац.
2008
Резванова Айза
Лулахошна
(Гакаева Лайла лоруш)
Иралло кийрахь дог эт1ош,
Мохь – ц1ог1а нуьцкъала дийларх,
Генара вац хьоьха кхеташ,
Лулахой барт боцуш хилахь,
Бала сих летар бу, денна.
Даима герга ву сина,
Бераллийн марзонах ийна,
Жималлийн къайленаш зийна.
Тешамах дог дуьзна 1ийна,
Лулахо, дог ц1ена хилларг.
Дагахь дерг вовшех ма къийла,
Хиллехь вас къинт1ера довла,
Ирс лоьхуш мел гена вийларх,
Лулахойн марзонал мерза
Кхача бац, цхьана а сина.
2010
Маликина
Са ма гатде ахь Малика,
Хьо х1инцца некъ болош ю.
Хьан дахаран х1орд бу боккха,
Ирсе тулг1еш дукха ю.
Цхьа ша тайпа лаьтташ г1айре,
Къегина цу юккъехь го.
Хьан кхолламан ю и къайле,
Цу т1е кхочуш лаьтта хьо.
Хьан жималлийн хаза зама,
Делан совг1ат ларалахь.
Хазалла хьо яхна 1ана,
Ирсах шек ма ялалахь.
Яхь, доьналла, ц1ена ойла,
Ахь хьайн кийрахь кхабалахь.
И ду хьуна х1ордан кема,
И т1ам д1амахецалахь.
Сирла безаман мутт муьйлуш,
Дог хьан ирсах дузийла.
Дахаран некъ серла буьйлуш,
Хьо марзонца ехийла.
Безамах
Безамах ца тешаш дуьненчохь ваьхнарг,
Лелла – кха са лелош, веллашшехь ша.
Алахьа
Алахьа х1ай сан дог,
Хьо х1унда деттало.
Хьалхачул сихделла,
Самукъне кхиссало.
Б1аьстенан 1аламо,
Хьо карзах доху те.
Я бовха кхаъ кхийдош,
Синхаъмо хьоьсту те.
Безамо тешадеш,
Нур серла доху те,
1аламо мутт мийлош,
Дахийна лела те.
Малхо шен серлонца,
Б1аьстенан де хьоьстуш.
Я ойла кхийда те,
Жималле хьо 1ехош.
Алахьа х1ай сан дог,
Хьо х1унда деттало.
Хьалхачул сихделла,
Хьо х1унда кхийсало.
2008
Безамах доьзна ирс
Беха некъ бу, дахарехь ас бинарг,
Йисте кхочуш лаьтта х1инца со.
Мерза безам, сан дахарехь хилларг,
Генна т1аьхьа сецна суна го.
Дега безам, юха хьаьжчи гушшехь,
Со жималло чехайора д1а.
- Д1а ма хьежа, бохуш,- и хьо эшахь,
Кхочур ву хьо лоьхуш т1аьххье схьа.
Къегий йоьлуш, дог сан дохуш кура,
Хьоьстуш дахар, хаздеш суна сайн.
Ткъа куралло, мотт сан сецабора,
Суна хьалха дуьллуш дашо т1ай.
Дахаран некъ, кхечи х1инца йисте,
Хих со ели, лоьхуш ирсе т1ай.
Ткъа ирс хилла, сан безамах доьзна.
Цунах суна диснарг, дуткъа тай.
2008
Т1улг т1улгах, кхета а мега
Коьртера сан кхетам д1аэцна,
Хьо кхечу дуьненчу ваха.
Хьаьрчина, сан дог а д1алаьцна,
Хилла хьайх, безаман 1еха.
Ойланаш, тулг1ешца идарх д1а,
Хьиекхалуш хьан деган бердех.
Къинхетам мичхьара хир бу хьан,
Т1улга ю, хьан деган г1айре.
Ас дог хьан безамах ца дилла,
Д1алур ду сайн мерза са а.
Д1ах1отта, безаман т1улг хилла,
Т1уллг т1улгах кхета а мега.
2009
Лелла-кха са лелош…..
Рицкъа цахиларх а, вайн цхьана даха,
Ницкъ бац - кха, дагчуьра д1авайа хьо.
Реза ю дахарехь сатуьйсуш яха,
Сан безам, хилчхьана хьо суна ган.
1ожалло, ц1еххьана мерза са лацахь,
Цунах а ларбийр бу, ас безам сайн,
Сан кошт1ехь б1аьстено ц1ен зезаг деллахь,
Хаалахь, сан безам баланза буй.
Кхолламах д1аийна, сан дог ца даьгна,
Довза ирс хиларна йоккхае со.
Дуьненан сатийсам, ас дагчохь кхаьбна,
Эхартахь ас сайна воьхур ву хьо.
Хьо тешаш хилалахь сан дагна везнарг,
Ас хьанал дина хьан безамна са.
Безамах ца тешаш, дуьненчохь ваьхнарг,
Лелла-кха, са лелош, веллашшехь ша.
2009
Ойла 1ехош
(Резванова 1айшатна)
Дерриг дуьне серла доккхуш,
Малхо шен нур даржа до.
Сан дог кийрахь ловза дохуш,
Гучу йолу 1айшат хьо.
Маьлхан з1аьнарш санна къега,
Мохо ловзуо месаш хьан.
Стигал санна сирла б1аьргаш,
Доьлу, ойла 1ехош сан.
Бешахь кхиъна хаза зезаг,
Хьоьстуш гонах хьийза мох.
Цуьнан кхолламах дог хьоьгуш,
Сан б1аьргийн нур хьаьрча хьох.
Дуьне талла йоьду ойла,
Марзо лоьхуш дахаран.
Дахар дац-кха цхьа а хьесап,
Хьоьха ваккхахь кхолламо.
2005
Азина
Х1иллане мела мох, шок лекха баьлчи,
Ду моьттуш баьстенан самукъне аз.
Малх кхетта, 1аьнан цхьа де серла даьлчи,
Жимачу марг1ало, хийцира заз.
Г1ура т1елетарх а, шан м1араш къийзош,
И хазлуш къегира, цец доккхуш 1а.
Даш санна, дазделла, ло т1ет1а хьийзош,
Цо къиза, хьулйира, и хазна д1а.
Замана гуш яра, ойла цо йина,
Г1о дан йиш йоцуш ша, хетарна г1ийла.
Мохь тоьхна йилхира, и цуьнан къина.
Г1а-бецо оьцийла-кха бохуш:-хьан ч1ир.
Еъна схьакхечира, и къуона б1аьсте,
Лайн чимаш делхадеш, 1иенийра хиш.
Жовх1арех лепачу шовданийн коьртехь,
Марг1ална хазийра безаман йиш.
2008
Сох кхета дерг
Хаза зезаг, эрна арахь кхиъна,
Наггахь мархаш дуттуш дог1ан хи.
Малх бохбелчи, лаьтте охьа таь1на,
Мохо сеттош лесташ лаьтта и.
Иштта безам бу сан дагчохь кхиъна,
И зезаг ду цунах кхета дерг.
Ц1ена безам, шовда сана хьеъна.
Вац сох кхеташ дагна везаш верг.
Йоьду со и хаза зезаг хьаста,
Цуьнга дуьйцу ас сайн дагахь дерг.
Рицкъа доцуш йиш яц кхоллам хила,
Цхьаъ хир ву-кха, сох а кхета верг.
2008
Кхолламан а ю къайле
Б1аьргаш а стенна къегина?
Йоьхуш со хьан дагчу д1а,
Деган не1 ю хьан къевлина,
Дог1а а дац яста схьа.
Дог кхийсало, х1унда карзахе?
Серла даларх 1аьнан де,
Малх къагарх а йовхо цо цало,
Ткъа дагна безамо бен.
Когаш 1уьйра дуьхьал идарх а,
Кхачалац – кха б1аьстене,
Шен зама ю массо х1уманна,
Кхолламан а ю къайле.
2008
Д1абайна безам
Хьан дешнаш б1аьргаш чохь дац сан ц1е летош,
Я безам бац кийрахь дагадеш дог.
Эрна ду ахь дуьйцург, хьалхалер хеташ,
Хьиежарца дехар а, безамах жоп.
И хилла жималла, самукъне зама,
Хазачу дешнех а 1ехало хан.
Дахарехь лела а, хала дац 1ама,
Хала ду, вовшеха цатешаш 1ен.
Кхолламан къайленех кхуьур вац атта,
Дерриг а цанисло, хуьлуш шех там.
Къаьхьалла ма йита, ахь дагчохь латта,
Мерзачу безаман талхабеш чам.
Хазачу 1аламца ойланаш йоькъуш,
Собарца туьттура баланаш д1а,
Даггарчу безамца, г1иллакхаш лоьруш,
Дог дуьзна яра со, безамо хьан.
Ахь боху, безамо дог дагош лела,
И даго ц1е йиснехь, хета хьан ирс,
Т1аьххьара суй байна, ойла шелъелла,
Коьрта т1е йиллина замано йис!
2008
Гуьйренан заза
Бошмашкахь
Свидетельство о публикации №222032601402