Нохчийн мотт а, ненан мотт а
НОХЧИЙН МОТТ А, НЕНАН МОТТ А.
И къастам ас х1унда бина бохуш, хеттарш до цхьаболчу наха.
Суна бераллехь хезна дара ,,Ненан мотт - нохчийн къам иманехь, кхеташ кхиорехь шен марзонца доккха дакъа долуш хиларна аьлла ду,, олуш. Муьлххачу махкахь ехаш хиларах а нохчийн къомах йолчу зудчо, нанас, иза тидаме оьцийла лаьара суна.
НЕНАН МАТТАХ доьзна доккха дакъа ду Нохчийн къоман.
Кийрара са санна езаш йолчу Нанас, шен мерзачу маттаца бина хьехам схьалоцу доьзало. Нанас шайна доьзалехь хьехнарг леладо арахь, наханна юккъехь а доьзало.
Дуьненан а юкьара адамалла доьзалехь кхиор а ду Ненан маттах доьзна.
Доьзалех хуьлу халкъ а, къам а.
Нохчийн Нана даима а хилла иман долуш, собаре, оьзда. Мерзачу маттаца шен чуьрана - ара гергарлонаш дуцуш, доьзална марзонан кхача муьлхарг бу бовзийтуш а.
Марзонан кхача бу - адамашца мерза йоккху хан. Шен доьзална къаналлехь баста сина мехала хинболу, самукъне уьйриг бан хьоьху нанас, шен мерзачу маттаца.
Адаман сий - ларам бан 1амабо доьзал.
Денхошца ларам боцчу доьзалца нехан гергарло ца хуьлийла хоийтуш, марзахошца боккха ларам лелабо нохчийн нанас.
Дехошка болчу ларамца гойту доьзало шайн дега болу безам.
Шен х1усамехь доьзалан деца г1иллакхе йолчу нанас, шена сийлаллийн б1ов йуг1у шен доьзалан а, марзахойн а дегнаш чохь.
Т1аьхьенна тешаме некъ гойту.
,,Нохчийн мотт" - олуш йолчу, сийлахьчу ц1еран нур къагош кхоллаелла и "Ненан мотт,, аьлла йолу ц1е.
Цу ненан матто шен х1усамехь кхиош долу оьзда г1иллакх ду Нохчийн къомана синкхача хуьлий д1ах1уттуш дерг.
Нанас доьзалехь мотт оьзда бийцаро, доьзал хьекъале, иманехь - кхеташ кхиоро, ден некъ табо нахалахь. Дуьненан йеъа маь11ехь а даьржина ду нохчийн къам. Муьлххачу меттехь Нохчийн къомах волчу доьзалхочуьнгара даьлла дика - вон а шен денц1ийнан бух т1е схьадахьа. Делан кхелах - м, ца волу. Делахь а, Ненан матто тадо доьзалан дахаран хьал. Ненан матто доккхачу къоман сий айдо дуьненна хьалха а, доьзал оьзда, г1иллакхе, иманехь кхетам луш 1аморца.
Нохчийн Ненан декхар ду доьзал ийманехь, дайн амалехь, эхь - бехке, сий - ларам болуш, йахь - эхь долуш кхиор.
Цу доьзалех хуьлу къам. Ненан маттаца кхуьу къоман мотт а.
Цундела дехар дара Нохчийн Наношкв! Даймахкахь а, арахьахь а, шен х1усамехь доьзалца Нохчийн мотт бийцахьара аш. Ден дош лардан а, денхой лара а 1амабанхьара аш! Наной, шуьца ма ю ериг марзо а.
Шу ма ду, Дала адамалла дебо а, мотт кхио а лерина, даздинарш.
Дала бахабойла Наной а, Ненан мотт а, Нохчийн маттана синмарзо луш!
Нохчийн къоман сий лаккха айдеш! Нохчийн къам а, бусулбалла а дебош!
Дала сий дойла массо Ненан а!
Ларамца, Резванова Айза.
25.04.2021.
Резванова Айза
Ненан мотт
(Йовсултанова Ларисина лерина)
Нохчийн мотт а, Ненан мотт а,
Ший а бу сов мехала.
Нохчийн махкахь, Нохчийн маттахь,
Кхиош ду вайн нохчалла.
Ненан мотт а ду цхьа 1илма,
Къагош сийлахь, Ненан ц1е.
Цу маттах шайн къилба динарш,
Кхуьу ненан г1иллакхехь.
Нанас хьоьху яхь - доьналла,
Дуьйцу къоман турпалхойх.
К1ант 1амаво къонах хила,
Йо1 а ненан декхарехь.
Цкъа геналлехь, хийрачу махкахь,
Нохчийн х1усамехь хьошалг1ахь.
Сайна дайнарг дисна иэсехь,
Кхийдош хьехам хьекъале.
Кхо доьзалхо волуш шеца,
Т1еман балех бовдийна.
Шен доьзална аьтто лоьхуш,
Махках Нана йаьллера.
Синпарг1атчу цу х1усамехь,
Цхьа к1еззигачу ханна.
Нана ели туькана яха,
Бехк ца биллар а дехна.
Лаккхара а кхойтта шаре,
Яьллачу йишас долийра.
Ас ладог1ар ч1ог1а тайна,
Нохчийн маттахь цхьа дийцар.
Цул а пхи шо жимчу вашас,
Шега ийци и юккъехь.
И ца тайна йист хилира,
Йиша шен Ненан маттахь.
- Собар дехьа, ахь цкъа, олуш:
- Со ма ю и долийнарг.
Вашас жоп ло:
- Суна лаьа кхин д1а дийца, Хьо саца.
Юха а йо1 йист хилира,
- Со хьол йоккха ма ю - ткъа?
К1анта т1адам буьллуш эцца:
- Со к1ант ву. Дош соьгахь ду.
Кхин вовшашца къовсам боцуш,
Тхойша йиси ладег1а.
К1анта нохчийн маттахь дуьйцуш.
Дийцар диги чаккхенга.
Суна тайнарг, цу х1усамехь,
Цу доьзалехь зенделларг.
Нохчийн мотт а, Ненан мотт а,
Бара вовшах эебелла.
Нохчийн мотт бу кьам кхиош берг,
Шен Даймехкан сий айдеш.
Ненан мотт бу доьзал 1амош,
Дайн лараш т1ехь уьш нисбеш.
Декъала хуьлда Нохчийн мотт а,
Ненан мотт а ший цхьана!!
Йиший - ваший санна ийна,
Баха Нохчийн къомаца.
25. 04. 2021.
Резванова Айза
Йалсамана стоьмаш
Ма к1еззига лерина дацара хьо,
Дайбаьхна латта.
Ма дораха кхаьчна а дацара,
Д1аса кхийсса атта.
Ма синош деллера хьан ц1арах,
Даймехкан кхерчахь,
Дайн лорах нохчийн къам дахийта,
Кхиийта маьрша.
Ма оьшуш йацара мехашна, г1аланаш т1улгийн.
Ма к1еззига йацара марзонаш,
Х1усамашкахь дегнийн.
Ма ч1ог1а оьшура адамашна, марзонан уьйраш.
Вовшашка къинхетамца кхийда, комаьрша куьйгаш.
Адамаш, дахийша ца къуьйлуш, набахтехь синош,
Дитийша вовшашка самукъане, нур кхийдо б1аьргаш.
Вай денна кхоьхьу д1а 1ожалло, бертаза къаьстош,
Даймахкахь цхьаъ хилий даха вай, Йалсаманийн стоьмаш!?
27.04.2021.
Резванов 1аьрбин Айза
Забаре дийцар
Куржан 1уьйранна балха йоьдуш а, суьйранна ц1а йог1уш а, и ларъеш лелара Турсолта...
Цуьнан 1алашо евзинера Куржанна а...
Цкъа цхьана суьйранна Куржан ц1а йог1у а ларйина, шен 1алашо гучу яккха дагахь Турсолта вист хилира:
- Суьйре дика йойла хьан, Куржан! Болх чакхбелин хьан?
- Далла везийла! Таханенна д1адерзийти оха цу белхан г1улкх, - олуш, д1айолаелира Куржан.
Т1аккха шен къамел долийра, Турсолтас:
- Куржан, хьоьга вист хила лууш вара со, хьан к1еззига сецна, ладог1а йиш хилча....
Цуьнца къамел сиха д1ахадо дагахь хилира Куржан.
- Дера хир ю, хьоьга ладог1а йиш а... Ла а дуг1ур ма ду, хьоьга, - аьлла, сецира, Куржан.
Турсолтас шен къамел д1адолийра:
- Куржан, со дукхъхан ю хьо ларъеш лела...
Вай мухху дийцачий а, ма дарра дийцача, сайн дагахь дерг ала лаьа суна...
Вайша вовше кхетар ду аьлла хета суна...
Гой хьуна, со а суо 1аш ву, хьо а ю цхьаа ехаш, х1ара ваьшинна яккха йисана хан вовшах а кхетта, берттахь цхьана яьккхича х1ун дара те вайшимма? - аьлла хетара суна....
Куржан шен дагахь, куруочу ойланца йолу, къамел дан йолаелира...
- Гой хьуна, Турсолта, лелош даьхний ду сан, х1ора 1уьйранна боккхуш керла т1о - к1алд - нехча ю... Дакъийна, дакъоза жижиг ду, еттана - кхерзина котам, москал ю, ахьара - дема галнаш ю...
Мерза даа хилча, парг1ат йижа - г1атта х1усам а хилча, со х1ундан йоллура мар...ре... - цо оллушехь, цуьнан къамел хадош, ваххьа - хьа - хьа, аьлла, г1оддаха велавелла, Турсолтас элира:
- Собар.... Собар... Собар делахь, вооо Куржан, хьо цу ни1матех къасто ца воллий со - м... Хьо цу х1усамех яккха ца воллий со - м... Суо хьоьга вог1у ала воллура со - м, - аьлла, велавелира, Турсолта юху а...
Куржан, бага экъанна т1е яьккхана лаьттара, ала дош доцуш....
;;;;;;;
Р.А.А.
Резванова Айза
Самаха ма го...
И яра аьхкенан суьйре,
Ца бузуш сецнера малх...
Д1атийра хьозарчий бешахь,
Безамца ца лоьцуш хьаг1...
Вайший а дигнера генна,
Жималле и къамел деш.
Вайн гуьйре яьллера маьлха,
Б1аьстенах ойланаш еш...
Ца баьлла буьзира малх д1а,
Буьйсано т1е1аткъам беш...
Седарчий девлира сега,
Буьйсанан бода къарбеш...
Шовданех эшаре буьйлуш,
1енара деглаамаш...
Х1инца - м ас йоьлуш даглоьцу,
Самаха дайна г1енаш...
2019
Резванова Айза
Со гуьйренца еъна б1аьсте ялош,
Гуьйре хазъян хьан ойланашкахь...
Ца хишийта 1индаг1аш хьан дагчу
Я дахкарлахь ца дисийта дог...
Еана со хьан са даккха маьлха,
Дахьаш хьуна цкъа хазанза аз...
Цу озаца деган чевнаш тега,
Маьрша де1ийта хьан даге са...
Хийла гуьйре, хьуна еънарг шийла,
Ца х1уттийтуш юха си т1е хьан...
Лаарна хьан дахар хила ирсе,
Ас хьан дагна хьанал до сайн са...
2018
4
Ма яц - кха сан 1уьйре хьох къаьсташ,
Я суьйре дог дуьллуш яц...
Сан дерриг дуьне ду хьох лаьтташ,
Хьох г1оттуш, я бузуш малх...
Б1аьсте ахь сан дагчохь декъалйо,
Ца г1елдеш сан лерехь аз...
Ахь шийла мехаш д1а чехадо,
Хьекъадеш марзонан зазз....
Цундела сан даго лоькху йиш,
Ца къарлуш ахь белла тешам ...
Лаьар - кха, хьан дагчохь хила и,
Дахаре са ирден безам...
5
Човха дехьа, сан дог, човха дехьа,
Ойла йоккхуш хьайна генна сан,
Делхадехьа, б1аьргаш делхадехьа,
Цкъа а са ца тийсийта хьо ган...
Къахкабехьа, безам, къахкабехьа,
Къахь деш суна хьуо вевзина де,
Харца дехьа, дерриг, харцадехьа,
Ницкъ луш йицъян, дагна хьоме ц1е...
Автор:Резванов Сайд - Ахьмадан 1ийса
Ирс
Шен х1усам кхоьллина, ваха ша хиъчи
Кхочушбан болабо дахаран г1ирс.
Стаг, зудий вовшашка юьхь-дуьхьал
хьаьжчи,
Уьш вовшех кхетарца, кхоллало ирс.
Ирс долчу х1усамехь –даиман б1аьсте.
Дахаран ни1мато кхолуш ю и.
Ткъа х1усмехь барт бацахь д1аса а къаьстий
Юху и цул вониг х1ун хуьлу кхин?
Ахьмада к1антана нускал далийна.
Воккхавер д1адаьлла висира и.
Барт боьхна х1усамехь гуш бахьна доцуш,
Ша х1ун дер ца хууш лелара и.
Шен ц1ийнан дезаршна куьг т1е ца
доьдуш,
Тийна и лелара, д1аяйна г1ар.
Сагатдеш, шен кертахь лелачу цунна
Гинера кехъяьлла д1аяхна лар.
Цу лорах вахна и мила ву хьажа,
Шен уьйт1ахь лар юьтуш ваханарг д1а.
Ламанца аьрцнашка боьдучу новкъа
Яьхьира цо и лар 1аннашка д1а.
Хийла цо некъ бина лаьмнаш а цоьстуш,
Д1аихи и дуьтуш шовданаш, хиш.
Цу хенахь к1оргачу 1инчура хьала
Ахьмадна хезира цхьа хаза йиш.
Т1екхаьчча цунна го исбаьхьа г1аларт,
Хьо х1у ю, йиш лоькхург, цо хаттар до.
Со бах ахь,со ирс ду хьан ц1ийнах
даьлла
Схьадеъна, бен лоьхуш, ирсо жоп ло.
Ма дита тхо байлахь,1ен, даха тхоьца!
Оха хьо, сий лардеш, кхобур ма ду.
Хьо шек ма валалахь со ц1ехьа дарах,
Ц1е тоьхна дика ас хьуна лур ду.
Ахьмад ц1а вирзира доьхначу дагца,
Гулбира гергарниш – чоь юьзна ю.
Х1ун даьхчи бакъахь ду? Дика ло вайна!
Дуьненахь, дахарехь оьшуш х1ун ду?
Деши ду мах лекха –жовх1ар ду? - бохуш.
Дохна ц1е еттара юьззина керт.
Бехк ца биллар дехна, дада, ахь беха –
Х1усамехь оьшуш берг бу хьуна барт.
Аьлла, нус д1аяха мардех бехк лаьцна.
Массо а хьаьжира шайн несе д1а.
Цул оьшуш х1ума дац «Вайн ц1ен т1ехь»,
аьлла,
Ахьмад а вахара ирс шена ган.
Со деха ца веъна хьоь, деши, бахам.
Ца оьшу даьхни а юьззина керт.
Хьайн тарлахь ахь луохьа, доьху ас
хьоьга,
Лаьара хуьлийла тхайн х1усмехь барт.
Ахьмад ц1а вирзира и дехар дехна,
Кхочуш бан дахаран болийна г1ирс..
Барт болчахь ю ирсан х1усам а, аьлла,
Чехка ц1а дирзира д1адахна ирс.
1970
Шийла йу, тийна йу 1уьйре,
Хьох йолу сан ойла санна.
Йеса йу сан деган г1айре,
Безаман г1а - патар доьжна.
Ца йисна сан цхьа а къайле,
Хьан некъах б1аьрг тоха хьегна,
Сан лорах хьо стенна лела,
Хьайн деган чиркх багош, эрна.
Д1адаьхьна да - нана,
1ожалло шен мангал хьаькхна.
Хьалха санна дацахь а,
Денц1а кхин хера ца даьлла.
Вешех дала хьал хир дац,
Доккхачу дуьненан ц1а чохь,
Йишин марзо а йац
Иэцалуш,
бахамаш баларх.
Мерзачу сил ч1ог1а
Дезачу йиш - вешин берийн,
Марзонна хера сан дог далахь,
Йелла со йели.
Да - Нана дехийла,
Доьзалех ирс оьцуш, дукха.
Йиш - вешин марзо а лаьттийла,
Той тадеш чомехь.
И денц1а дендина,
Йеха и жима Нус - Нана,
Марзонца йехийла,
Йовхо луш денц1ийнан кхерчахь!
Ношделла синош чу гулдеш бу,
1ожаллийн т1оьрмиг,
Ца хоьржу цо жима, йа воккха,
Ца вуьту хьал дерг.
Дуьненан марзонехь
Эхарта некъ бойла хаа,
Иманехь дуьтийла вайн дегнаш,
Цхьаъ Волчу Дала!
21.04.2022.
Хих ма 1аналахь, сан безам,
Хьох нахана хир бу кхерам,
Махах ма айлолахь, безам,
Кхоьру барна ахь цхьа иэшам.
Ц1арах ма кхарсталахь безам,
Ахь дагорна кхоьру 1алам.
Дог1анах ма белха безам,
Саццаза хьо кхоьру 1иенарх.
Малх ма хилалахь, сан безам,
Ахь дуохорна кхоьру низам.
Йист йоцу сан мерза безам,
Хилахьа хьо адамалла,
И дуьненахь дебадехьа,
Адмийн дегнаш къагадехьа!
Р.А.А.
Кхачалохьа х1ай, ирча г1ан!
Д1ахецахьа лаг дуьненан!
Ма дахдели хьо ц1ий 1енош,
Маьлхан б1аьсте, 1алам делхош.
Мерза дахарш а къахьдина,
Т1е'маш машаран кегдина,
Массо къаьмнийн барт бохийна,
Зулам лела т1ам баржийна.
Х1оккхехь, д1огехь хелхалелхаш,
Иблисан той ,,м1аькка" дохуш,
Дуьне атадаллал хьийзош,
Даладишийна тхан синош.
Бутт, седарчий стиглахь лепа,
Буьйсанах ца тешаш лечкъа.
Хедош т1еман де'ха г1енаш,
Йолахьа 1уьйре машар бахьаш!
Г1ан тидахьа бакъонехьа,
Къаьмнаш йуккъехь машар бехьа,
1алам ма дитахьа дала,
Самдаккхахьа адамалла!
Резванова Айза
Хи ма хилалахь, сан безам,
Хьох дуьненна хир бу кхерам,,
Ма хилалахь мох, сан безам,
Даймохк айбарна со кхоьру.
Ц1е ма хилалахь, сан безам,
Дагор ду ахь дериг 1алам.
Дог1а а ма хила, безам,
Саццаза хьо хир ду 1иенаш.
Ма хилалахь малх, сан безам,
Ахь дуохор ду, хенан низам.
Дахаре сан болу безам,
Адамалла хилий баржахьа,
И дуьненахь дебар дара,
Абаде а къагор йара.
Р.А.А.
Резванова Айза
Даьрг1а
Ма хьоме йу - кха, хьо,
Сан дагна Даьрг1а!
Йийцарехь бен гина йоццушехь б1аьрга.
Ца кхаьчнашехь м1аьрго,
Хьоьца хан йаккха.
Ас дагчохь безамца
хьан суьрташ хьоьсту.
Марзонца тхан дайша дехкинарш дагчу.
Ког биллал хьан латта, дешил а даздеш,
Тхан дайша лийрина,
Дайн безам, Даьрг1а!
Йиш хилча сан г1атта,
Аьрзунах т1ома,
Хьевзара йара со доггаха
хьан лекхчу лома.
Хьан сирла Яьсса хих
цкъа кийра 1абийна,
Дайн мерза марзонца
Хьан 1алам хьаьстина.
Дузур дара ас дахар,
Дог хьегначу ирсах.
Тхан дайша лийрина,
Дайн безам, Даьрг1а!
Нана резайай
Хьайн нана резаяй, валалахь хьо новкъа,
И хьастий, даккхалахь цуьнан дог ахь ловза.
Делера пурбанца,
Кхаъ бахьаш шаьш бовха,
Стиглара маликаш дуьссур ду, хьо вовза.
Даггарчу безамца ненан ц1е яккхалахь,
Хьайн лаам эешабай, ненан дош ларделахь.
Цуьнгара даьллехь а, г1алат ма ларалахь,
Вайн Далла хьалхахь хьо, юьхь к1айн хир ву хьуна.
Мерзачу безамца, хьан б1аьргаш хьистинарг,
Хьоьгарчу лазаро, кийрахь дог цистинарг.
Хьуна чу са дилла, шена юкъ йихкинарг,
Хьан нана ю хьуна, собаре хилалахь.
Шен нана хьистинарг, дахарехь туолийнарг,
Шен нана елхийнарг, дахарехь эешийнарг.
Шен ненан сий динарг, сийлаллехь къагийнарг,
Вайн Дела ву хьуна, тидам беш хилалахь!!!
Ца юьтуш буо хила..
Муьлхачу мукъаме даладе те аз ас, Нана!
Мохь туххуш, я г1ийла, кхайкха - те, со хьоьга генна.
Б1аьрхишца дийца те, я дош а ца олуш тийна,
Далхаде - те, ас сайн дагахь дерг есалле сийна.
Мила сох кхетар те, хьаьнга ас дуьйцур - те, Нана!
Туоламе узуш сан, г1иллакхийн мах хадор, хьан?
1аьржачу бодано ницкъ кхачош со къовлахь мара,
Мерзачу озаца сингаттам хьан къахкор д1а?
Ас хьаьнца доькъур те, дахарехь къегина денош,
Дозалла хьан дер те, сан некъех аййеш сан ц1е.
Мила ву сан Нана, къинхетамца, б1аьрхиш 1енош,
Со Деле йоьхуверг, т1ех лиънарг, со ирсе ган.
Со наггахь суо сайца шабаршка яьллачахь, Нана!
Йолалахь сан дагчу, дагалецамаш бахьаш хьайх.
Са парг1ат доккхуш сан, хьостуш дог бераллехь санна,
Ца юьтуш буо хила, д1ахаьдда, марзонах хьайн...
Нана, сатийсинарг...
Муха ду хьан яхар, хьо хьанна къежа,
Кариний - те, хьуна, ирс къега лам??
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала - м, телхина дахаре чам.
Кхиина йог1учу йоь1ан некъ боьхна,
Дог хьаста вац цхьа а, я хьехар дан.
И лаьтта хьан суьрта т1е б1аьргаш доьг1на,
Яц нана хьеган бен, лаарх а ган.
1уьйранна ца г1оттуш висина ваша,
Цамгаро 1аьвшина шен мерза са.
Дог лозуш, жима куьг хьекхарх т1е йишас,
Цо ненан йовхоне туьйсура са.
Къинхетам са баьлла, кийрахь дог лозуш,
Къона да х1оьттира, к1антана т1е.
- ,, Х1ун лозу, мичхьара?,, хаьттарш деш, хьоьстуш,
Цо сиха лоьраш а бийхира схьа.
Амма к1ант 1уьллура, ша г1ийла хьоьжуш,
Т1аьххьара бетташ шайн не1аре б1аьрг.
Меллаша цо ойла къадийра, доьхуш,
,, Нана, сатийсинарг, кхачахьа схьа,, .
Мичхьа ду хьан лелар, хьо хьанна къежа,
Кариний те хьуна, ирс къега лам??
Ахь ненан марзонах битинчу хьега,
Доьзала - м, телхина дахаре чам.
Г1енаха г1ено...
Сийсара г1енаха йилхи со, Нана!
Суо г1ено г1енаха 1ехор ца тайна.
Боккъал а бакъ дина, хьо яр тадина,
И мерза сатийсам, г1ан хилла байча.
Юху а самаха цу г1ене кхача,
Сатесна юьйжи со, набарна товжа...
Хьан когийн к1еда лар, лерсино лоьцуш,
Г1ена чу ели со, набарха йолуш.
Буьйсанан къовларшкахь дуьтуш сан г1ан а,
1уьйренан синт1амарш сайн корехь дайча.
Сан холчу х1оттар а, хьостуш, ма тайр - кх,
Буьйсанан 1аьржаллехь г1аттар наб яйна.
Резванова А...
Хьо йоцчахь Нана, малх кхулий лаьтта,
Хьо йолчахь х1унда и болу - те, серла?
Х1ун йовхо ю - те, малхана кхочург?
Нана цо б1аьсте а, хьан суьртах йосту - кх!
Хьо йоцчахь Нана, б1аьсте ю шийла,
Бошмаш а къийлалуш, хебаршка юьйлу.
Хьо йолчахь х1унда уьш хецало башха?
Нана, зазза бошбашкахь хьан суьртах досту - кх!
Хьо йоцчахь Нана, дог доьжна 1уьллу,
Хьо йолчахь х1унда и долу - те, ловза?
И тамаш ловзийта сатуьйсучу сица,
Йолахьа Нана хьо, и къайле йийца!
Ц1инбелла бутт санна
Ц1инбелла бутт санна - эсала, оьзда,
Хьоьжу хьо ойла еш, Даймахках йоьзна.
Хьан сица са дустуш, со хьежа яьлча,
Хета сайн ийманан нур дуьйлуш серла.
Цхьа мерза г1айг1анаш седарчех луьйсуш ,
Хьоьжучу хьан б1аьргийн синлазмах хьегна,
Хьан б1аьргаш чухула со хьежа яьлча,
Къинхетам сабуьйлуш хаало дагца...
Хьан сирла юьхь – сибат, неначух оьзна,
Цу амат чуйоьлла, со лела яьлча.
Т1аьххьара синмарзо адамашца йаькъна,
Маьлхан нур кийрарчу сих 1енаш хета.
Нохчийн зуда, дьуненахь сий долу Нана,
Са маьрша ехийла, хьо хьоьстуш Дала!!
Нохчийн зуда, Даймехкан сий дина Нана,
Аллах1а хьоьстийла, хьан ц1ена ойла !!
Бехке йо
Бераш а дитина, д1а яхна бохуш…
Тоьшаллаш деш нана, бехке йо, х1унда?
Доьзалех къастаро кийрахь дог доруш,
Лелий им дакъаза яьлла, деш къурдаш....
Яхь - мо1аш иръелла, дагах чекх юьйлуш,
Яьлла и собарах эшадеш г1ора?
Къайлаха шен доьзал вайн Деле боьхуш,
И лела хьоьгуш дан, доьзална дола?!
Ма ч1ог1а еза - кх, берашна нана,
Дустийша цу ненан деган хьал аша...
Адамаш, мА къастадейша бер - наний,
Цу шиннах къастош д1а, марзонан дакъа!!!
Ца евза нана
Сунам хьо ца гина, лаарх ган нана,
Амал а ца евза, муха ю и!
Х1етте а, б1аьргаша яздо хьан амат,
Цул хаза дуьненчохь х1ума дац кхин.
Хьан аз а ца хезна, сатийсарх хийла,
Са де1ар сацийна, ладег1арх тийна.
Зов деъча сан лере, хьан озах ийна,
Цул мерза дацар-кха х1ума сан сина.
Ца карий хьан куьйгин ховхалла суна,
Хьо лоьхуш, кхин наной къийларах мара.
Г1енаха хьо еъча, сатийсам хилла,
Ма бовха кхаъ бар-кха, сан дагчохь 1илла.
Дахарехь со хьегна, ца евза нана,
Дог хьаста, хьехар дан ас ехнарг хийла.
Ма ч1ог1а еза хьо, декъазчу сина,
Йолахьа, йовхо луш, малх кхеттача денна!
Нене
Малхо дай-й куьг хьокхуш, суьйре йижича,
Буьйсанан х1усаме дуьне дирзича.
Беттасих йог1ий т1е, нур хьоьрсуш тийна,
Нана, ахь дуьгу са, г1енашка сийна.
Б1аьстенан 1уьйре а хьан озах ека,
Зезагаш хьан хазчу аматах лепа.
Шовданаш хьан сирла ойланех 1ена,
Нана, малх хьан куьгийн йовхо луш, къега.
Заманах чекх дуьйлуш, г1иллакхаш деха,
Догзалла йоцучохь, марзонаш юцуш.
Хьайн сих ахь са делла, т1аьхьенаш деба,
Къоначу дахарийн ирсе тхи муьйлуш.
Нана, хьан ц1арца до дуьнено некъаш,
Ахь дечу до1анийн къинхетам хьекъаш.
Хьан дагчохь сий дожарх лардойла Нана,
Дала Ша ницкъ лойла, хьан сий деш даха!
Р.А.А.
Дависа - кх, и т1ом вайн къоман белхан меттиг санна кочахь биси - кх. Ма ца оьшара вайна топ, тапча а, оццул лело хаза дайн г1иллакхаш а долуш, бийца багахь мерза ненан мотт а болуш, Дала вайн ц1ий 1ано кхоам болуш, хаза кхоьллина къам дар - кх, х1ара вайн Нохчийн къам.
Аллах1а вешан исбаьхьчу Даймахкахь цхьа барт а хилла, маьрша даха ирс лойла вайн Нохчийн къомана!
Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
Къинт1ера ма вала суна,
Со хиллехь йамарта хьайна!
Ма ала дог хьосту дош а,
Хиллехь сан ойла хьох хиера!
Дага а ма лаца цкъа а, ца вехнехь до1ийца доггаха!
Ас доьху къинт1ера валар, сайн буххьа баьллачу некъана!
Аллах1 къинт1ера волийла вайна!
- Эх1 - х1ай! Ма хаза лаьтта х1ара денош. Алхьамдулиллах1! Суна моьттура маьлхан йай аьхкенна чу 1аьнна, йериг йовхо а кхаяийна хир йу.
Малхана хаа шен барам лело. Шеран х1ора мур а хьосту малхо шен - шен барамехь йовхо йуьттуш лаьтта.
Кханене тахансанна хаза хирг хиларах кхаъ кхийдабой, суьйренца ц1иййеллачу анено.
Вайн дайн цхьа кица ду ,,Суьйре ц1иййелча кхаллар кхоллург кечйе, 1уьйре ц1иййелча кхоьллар кечйе" олуш.
1уйренна кхаллар кечйелахь тхойшинна.
Со а, Исмаь1ал а хьуьнха вахана, за1арна хьокхий а, серий а даьхна вог1ур ву тхойша, Делан пурбанца! Г1а доьжна, йасйелла гуш йу хьаннаш а. Сара - хьокха баккха атта хуьлу х1окху хенахь, элира Сайд - Ахьмада шен х1усамнене, Хадижате.
- Дика хир ду.
Бакъ - харц а ца къестош дуьненан кийрахь,
Дахарехь аьхна дерг тардина сийлахь.
Дог доцуш кхаьчна тхо, эхартан не1аре,
Йа Аллах1, къинхетам беха йуьхь йуй - те?
Иблисан некъа т1ехь рицкъанаш лехьош,
Йиш - вешин орцанна къора лерг т1е1ош.
Х1инца тхо самадевлла, эхартан не1арехь,
Йа Аллах1, къинхетам беха йуьхь йуй - те?
Бусулба дин толор мохь бетташ кхайкхош,
Керистанийн жа1араш дегберччехь лелош.
Кхетам тхан самабели эхартан не1арехь,
Йа Аллах1, къинхетам беха йуьхь йуй - те?
Йа Аллах1, лаьттан букъ хам боцуш хьешна,
Сирлачу маьлхан нур хастамза лецна.
Йухалург Ахь делла са, динарг йуьхь1аьржа,
Дуьненахь, Эхартахь йуьхьк1ай ма велахь, !
Вайн Дала кхоьллина адамаш, Адамех кхоьллина къаьмнаш.
Шайн - шайн мотт, г1иллакхаш кхиош,
лелош.
Кхуьуш ду дуьненчохь къаьмнаш.
Массо а къаьмнийн а шайн - шайн,
Турпалхой бу билгал баьхна. Ткъа Нохчийн яхь йолчу къоман,
Къонахий бу х1ора заманна.
Цу Къонахийн мог1а стамбеш, Вайн зама хьайн ц1арца къагош. Дуьненан турпалхо, Нохчий,
Баиев Хьасан ,,Къоман Сий"!
Хьо ваха декъала, г1уоза!
Ирс долуш, мерзачу гуонца. Хьо тхуна схьавеллачу Дала, Доьналлехь Хьо вахавойла!
Баиев Хьасан декъал веш, винчу денца!
Йишин ларамца, Резванова Айза!
Ма зама йара и, жималлийн зама...
Дуьненан 1алам а самукъне сирла.
Дегнаш чохь цхьа къуона заза - б1аьсте къуьйлуш,
Синх1оттам са айдеш, мукъаме буьйлуш.
Ма зама йара и, жималлийн зама...
Дахарах йуьззина
сан дешин кхаба.
Сатийсам хьиекъара,
Безамца гойла,
Цхьа доккха той дар - кха,
Жималлехь 1ойла....
Дериг дахар ду диъ дакъа,
Да - нана, х1усамда, доьзал.
Деа декъе декъало шо а, 1а, б1аьсте, аьхке, гуьйре а.
Рамзан, тхан ваша, Дала ирсе, беркате, декъала йог1ийла хьуна массо хан а!
Дала декъал войла хьо!
Деза ду, хьоме ду йиш - ваша,
Сан дагна сайн Нохчийн къоман.
Цкъа а ма йохийла хан - зама,
Йиш йоцуш шун дика кхача!
Д1адаьхьна да - нана,
1ожалло шен мангал хьаькхна.
Хьалха санна дацахь а,
Денц1а кхин хера ца даьлла.
Вешех дала хьал хир дац,
Доккхачу дуьненан ц1а чохь,
Йишин марзо а йац
Иэцалуш,
бахамаш баларх.
Мерзачу сил ч1ог1а
Дезачу йиш - вешин берийн,
Марзонна хера сан дог далахь,
Йелла со йели.
Да - Нана дехийла,
Доьзалех ирс оьцуш, дукха.
Йиш - вешин марзо а лаьттийла,
Той тадеш чомехь.
И денц1а дендина,
Йеха и жима Нус - Нана,
Марзонца йехийла,
Йовхо луш денц1ийнан кхерчахь!
Ношделла синош чу гулдеш бу,
1ожаллийн т1оьрмиг,
Ца хоьржу цо жима, йа воккха,
Ца вуьту хьал дерг.
Дуьненан марзонехь
Эхарта некъ бойла хаа,
Иманехь дуьтийла вайн дегнаш,
Цхьаъ Волчу Дала!
21.04.2022.
Дериг дахар ду диъ дакъа,
Да - нана, х1усамда, доьзал.
Деа декъе декъало шо а, 1а, б1аьсте, аьхке, гуьйре а.
Рамзан, тхан ваша, Дала ирсе, беркате, декъала йог1ийла хьуна массо хан а!
Дала декъал войла хьо!
Деза ду, хьоме ду йиш - ваша,
Сан дагна сайн Нохчийн къоман.
Цкъа а ма йохийла хан - зама,
Йиш йоцуш шун дика кхача!
Д1адаьхьна да - нана,
1ожалло шен мангал хьаькхна.
Хьалха санна дацахь а,
Денц1а кхин хера ца даьлла.
Вешех дала хьал хир дац,
Доккхачу дуьненан ц1а чохь,
Йишин марзо а йац
Иэцалуш,
бахамаш баларх.
Мерзачу сил ч1ог1а
Дезачу йиш - вешин берийн,
Марзонна хера сан дог далахь,
Йелла со йели.
Да - Нана дехийла,
Доьзалех ирс оьцуш, дукха.
Йиш - вешин марзо а лаьттийла,
Той тадеш чомехь.
И денц1а дендина,
Йеха и жима Нус - Нана,
Марзонца йехийла,
Йовхо луш денц1ийнан кхерчахь!
Ношделла синош чу гулдеш бу,
1ожаллийн т1оьрмиг,
Ца хоьржу цо жима, йа воккха,
Ца вуьту хьал дерг.
Дуьненан марзонехь
Эхарта некъ бойла хаа,
Иманехь дуьтийла вайн дегнаш,
Цхьаъ Волчу Дала!
21.04.2022.
Свидетельство о публикации №222042701064