Джайбулатова Зулихан 8 а класс, Устрада-г1ала

Нене

Исбаьхьа  хазачу суьрте
Мел хьежарх к1орда ца до.
Хьан нуьре юьхь-сибат гича,
Коьртера ойла д1ахьо.
Ховхачу, к1едачу  куьйгаша
Йовхо луш, шело д1ахьо,
Нур лепаш, хьоьжучу б1аьргаша,
Серло луш, дахар хаздо.

Тийначу башхачу иллийца
Мукъаме  дека хьан аз,
Дека и, д1аийна сан сица,
Дахаран чам бо цуо марз.
Даг т1ера сан зезаг дужуш,
Со хьайца йигалахь, Нана!
Йигалахь, хьай мара къовлуш,
Ца кхоош, йигалахь, Нана!

г. Аргун (Устрада-Г1ала )
МБОУ "СОШ" - 3
Джайбулатова Зулихан 8 "а" класс


Рецензии