3 - я папка
Доьлхуш техка арахь нана дитт.
Къуона дегнаш маьрша даха хьегна,
Маьлхан йовхо йовза доьлларш х1инц.
Буьрса хьевзиначу махо ийзош,
Къастийна уьш даьхьна паналле.
Кхелхина, кхин цкъа а г1овтур доцуш,
К1ентий санна бахнарш г1азоте.
Д1аоьхур йу зама раьг1наш хуьйцуш,
Б1аьсте, аьхке, гуьйре, шийла 1а.
Нана акхтарг кхочар ду цкъа йисте,
Даге далхош х1ора доьжна г1а.
*****
13.11.2022
Цкъа мацах вай ший а нисделчи цхьана,
-,,Ма кхийда сан дагчу!" - ахь аьлча сайга.
Цу дешан ойла йан а,
Са маьрша доцуш,
Хилла со йахара, сов оьг1аз йахана.
Цул т1аьхьа замано лаамаш кходуш,
Г1айг1ане йигича иэс даххал гуора.
Хийлаза и кхайкхам ойланехь г1уьттуш,
Сама белира сан кхетам, хьан деган хьолах.
Хьо бен сох кхета верг кхин цхьа хир воцуш,
Сайн деган шовданаш мийлира ас.
Ткъа х1инца - м 1еми со, хьо дага лоьцуш,
Сайн бала йесалле д1абалхабан.
Р.А.А.
Беран хенахь дуьнено вай леладо:
Хьоьстуш,1ехош, кугаш 1уьйра идош.
Вай даккхий хилча вайна белшаш т1е а дужий, ша леладойту цуо.
Р.А.А.
Ч1ома- гома кхийссалуш,
Дог1у маьлха дог1а.
Тачанаш ду къийссалуш,
Уьдуш урам новкъахь.
Татол йистехь зезагаш,
Сетта самукъа даьлла,
Т1амарш дог1не кхийдайеш,
Лоьцуш дог1а маьлхан.
Маьлхан к1ажарш ийзайеш,
Стиглахь мархаш г1уьтту.
Лаппаргаш деш 1аьмнаш т1ехь,
Лаьтта дог1а дуьтту.
*****
.Цкъа мацах вай ший а нисделчи цхьана,
-,,Ма кхийда сан дагчу!" - ахь аьлча сайга.
Цу дешан ойла йан а,
Са маьрша доцуш,
Хилла со йахара, сов оьг1аз йахана.
Цул т1аьхьа замано лаамаш кходуш,
Г1айг1ане йигича иэс даххал гуора.
Хийлаза и кхайкхам ойланехь г1уьттуш,
Сама белира сан кхетам, хьан деган хьолах.
Хьо бен сох кхета верг кхин цхьа хир воцуш,
Сайн деган шовданаш мийлира ас.
Ткъа х1инца - м 1еми со, хьо дага лоьцуш,
Сайн бала йесалле д1абалхабан.
Р.А.А.
Резванова Айза
Дагалецамаш.
1уьйрре йийкира сан телпон, цхьа дагахь а доцуш, дог тохадолийтуш. Иза Болотбиев Х1арон вара. Сихха, ч1ог1а лазийначу озехь цуо хаьттира соьга:
-,,Айза, 1уьйренца москвара бен хаамашка ладоьг1ний ахь?"
Ас жоп делира:
- Телевизор ца латийна ас. Х1ун ду цигахь? Цуо боккхачу лазамца, элира: - ,,Ладог1ахьа! Ахтаханов Руслан вийна ма боху цара! (Руслан а, Х1арон а жима волуш дуьйна а вовшашца гергарло долуш вара. Массарна а вара иза(Руслан) дагна гергара. Цунна а дара массо бусулба адам а гергара.) И хаам схьахезча, цу м1аьргонехь сан са дилхах къаьстина, дедда 1аьршашка хьала даьлча санна хийтира суна. Дог сецнера. Ойланаш а б1ойнех йоьттина йолу, д1ахаьрцира. Цу ирчачу хаамах дог ца тешаш дуккха а зама йелира со цхьанца а къамеле ца йолуш. Ойланаша сан доьналла хьаьшна. Хала дара суна теша, тхан дика Ваша Руслан кхин гур вац бохучух. Цуьнан хаза хабар кхин хезар дац бохучух теша ца лаьара. Цу хьалхарчу буьйсанна ма дара иза з1ене ваьлла, тхойца къамел деш 1ийча. Тхо кхоъ йара кафехь чай молуш, вовшие марзо оьцуш 1аш. Сан хьоме ши йиша, Малика Абалаевв а, Нура Ибрагимова а, со, Айза Резванова а. Генара схьа хилар билгало йолуш, йийкира телефон. Бехк ца биллар дехна цу шинга, со йист хилира:
- Ладуг1аш йу, аьлла, ас телефон лере лецира.
- Суьйре дика йойла шун, Айза! Х1ун деш ду шу? - аьлла, аз дийкира сан лерехь, хазачу г1иллакхехь ма хиллара.
Сакъераделла, ас жоп делира:
- Далла везийла Хьо, Руслан! Х1оккхаза кафе чохь чай молуш ду - кх, хьуна бевзаш болчу вайн йижаршца.
Цуо т1аккха элира:
-,,Дукха хан ца йойъу ас хьан. Х1ара айса керла йазйина байт хьуна хазийта лууш вара со."
- Со ладуг1уш йу, схьайийцахьа, элира ас. Цуо йовзийтира суна шен керла байт.
- Ахь йазйина массо а байт а йу г1арг1улийн мог1анаш санна, адамашна дагчу йуьйшуш. Ойла йойтуш а, элира ас.
- ,,Ии... Ма тамашийна дустар далийра ахь? - цуо аьлча. Ас жоп делира:
- Цу хьайн байташкахула хьайн деган сингаттам схьакховдабо ахь, цу г1араг1улеша шайн аьзнашца санна.
- ,,Церан сингаттам бовза йоккха говзалла оьшу. Вай вовшашка - м мотт буьйцу.
- Г1арг1улеш гуьйренца ца йевлла кхечу махка д1айоьлхучу заманчохь, ца мог1анаш нисдеш, аьзнаш г1ийла, сингаттаме схьахеза церан. Б1аьстенан йуьххьехь тидам беш, ладоьг1ча, самукъане хаало церан аьзнаш, уьш даиман йаха д1анислуш санна.
- ,,Хьоьга ладег1а к1ордор дац. Х1инца чай шалделла хир ду хьан. Къинт1ера довла суна, шайна йукъа г1ортарна. Маршалла д1ало вайн йижаршка! Со цхьана к1ирнах ц1а вог1ар ву (Дала аьллехь!), т1аккха цхьана мер ду вай чай. Шашлык а йууш", - аьлла, 1одика йеш, д1ахедира тхан къамел.
Тхо сатийса дитира къайлаха лелачу 1ожалло. Дуьнено а тхайга кадам бан беза бохучу ойланца дисира тхо, тхайн вешех, вовшашка кадамаш беш. Цул т1аьхьа а дуккха зама йелира сан деган синхьаса, цу ирчачу хаамо уозийначара д1ахеца ца туьгуш. Т1аккха йилхира со. Йилхира доггаха. Дагчу, са хьулдалла б1аьрхиш 1енош. Суна т1е 1аткъам алсам бинарш, Руслана оьрсийн маттахь суна лерина, йаздина, даийтина мог1анех цхьа мог1а бара. Йуг1 - йуг1а иэсехь г1уьттура суна иза:
,,Как воздух смертному" - аьлла. Лам санна зоьртала волчу хьуна, ма ч1ог1а иэшна хилла и х1аваъ, бохучу ойлано дог д1а ца хоьцура.
Дала геч дойла цу вайн вешина, Русланна!
Дала г1азот къобал дойла цуьнан! Руслан адамаллех дуьззина адам дара. Цундела дара массарца а гергарлонаш цуьнан.
Массарна а ц1еначу даггара везаш а вара Иза.
Дала йалсаманийн ох1ла войла цунах!
Ларамца!
(Делан мостаг1аша, тешна – бехкаца вийначу нохчийн хьакъ волчу поэтна,
Ахтаханов Русланна лерина.)
Дависа хьан дуьне!
Хьо муха лаьтта те?
Дешана, даьржина ца шарлуш д1а.
Латта а муха 1а,
Хьулъеш и къайле?
Къизаллин когашка хьоьшийтуш ша.
Дависа хьан дуьне!
Хьо муха го те?
Зулам т1ехь ойланаш еттачунна.
Цуьнан дац дуьне а,
Эхарт а дац я.
Иблисо ловзош ду, и б1аьрзе са.
Дависарг, мерза Са!
Хала ду кхета,
Хьо гура дерзолл ша, къизачунна.
Ахь лучу йовхоно,
Нур серла дохуш,
Къегийла хаа малх кху дуьненна.
Ткъа малхха – м лепар бу,
Хьан г1азот хьекъош.
Нохчийн къам дехар ду хьан даггара.
Ахь делла хьекъалца,
Диканаш дебаш,
Тоьшалла кхочар ду, абаде д1а.
16.11.2011
Резванова Айза.
Диехар!
Нохчийн къомаца б1е шерашкахь къуьйсуш, бакъ болу некъ, бакъ долу 1илма вайн дегнашна хиера даккха къахьоьгуш, вайн дегнаш чуьра бусулба - нохчийн орам бакъо дукха бахьанаш лелийна цу Делан мостаг1аша. Дуьззина Къор1анан 1илма а ца 1амадойтуш. И хьоьхуш болу вайн Эвлийааш а, устазаш а, 1еламнах а х1аллак беш, 1азап латтийна вайн къомана т1ехь. Уггар а хьалха 1амо дезаш дерг дара вайна Къор1анан 1илма. Дахарний, даларний йуккъехь цхьана пардунах дина ога бен ца хилар гойтуш. Т1аьхьарчу масех шарахь уггар а коьртаниг, Къор1анан 1илма 1амо аьтто баьлла вайна.
Со ала г1ерташ дерг: Тахана дерг кхана доцуш дуьне ду х1ара.
Кхин долчу 1илманел а хьалхара дерг ду Къо1анан 1илма. Тахана вайн аьтто болччара и 1илма 1амо къахьегар ду вайна коьрта. Вай кху телефон чохь байташ йоьшуш а, иллешка, эшаршка ладуг1уш йоккху хан а ца оьшу и Къор1ан 1амош. Цул совнаха ввйна кху дуьненахь а, эхартахь а уггар а мехала карон йолу хан йу иза. Дуьнена чохь адамашна декъала некъ бовзийта, Дала кхиндолчу йозанел а, уггар а иэсехь атта соцуш, 1амо атта кхоьллина йоза ду иза. Шайт1ано ойланаш вайн керча йо, духа хьийза до, теша ца дуьтуш и вайна атта 1емарг хиларах.
Ас иэрна йайъина хилла хан и сайна 1емар дац моьттуш. (Иза а ма ду шайт1анан амал туолор.) ,,Т1аьхьа йисина со Къор1ан 1амо. Х1инца сан коьрто схьалоцур дац" бохучу ойлано сецош.
И бакъ дац.
Къор1ан 1амо цкъа а дац т1аьхьа. Вай доьшу ламаз - Бисмилла а дийцарехь санна ца хуьлу ша доьшучу хенахь. Цхьана элпаца а нисдалар вайна совг1ате хир ду кху дуьненахь а, цу эхартахь а.
Аллах1 - Дела реза хуьлда цу тхан хьехархочунна Хьуьсейнна! Ма хаза а, дика а, кхетош хьоьху цуо и Къор1анан йоза.
Сан хьоме Йижарий, Вежарий, цу Къор1анал деза кхин 1илма ца хилар вайна хууш ду. Хьовсийша и 1амо шайна а, берашна а, 1амонза верг!
Дахарехь вай сагатдеш долу дериг ирс а, къийсамашкахь толам а цу Къор1анан 1илманца бу - кх. Вайн декъала некъ бу иза.
Дала аьтто бойла вайн!
Дала иманехь нисдойла вай!
Дала кху дуьнен чухула болуш болу, вайн эхарта боьду некъ, йалсамане чохь сацабойла вайн!
Ларамца, Безамца шун Йиша!
***
Сайн дуьне дара сан, ас сайна кхоьллина,
Ирсана мел оьшург шена чу гулдина.
Дахаран некъ а сайн лааме берзийна,
Ас сайна ша - г1ала хиллера йоьттина.
Дуьненан ни1маташ,
Хьал бахам ца хилла.
Дахаран хьесап дан
Со ох1ла ца хилла.
Къуор1анан хьехам бен,
Нийса некъ ца хилла.
Аллах1е безам бен
Тешаме ца хилла.
Вежарий, Йижарий,
Сан дехар ду шуьга!
Кхетабеш, хьехалаш
Ирсе некъ доьзална.
Дуьненахь, эхартахь
Некъ декъала хилла.
Вайн Делан Къор1анца,
Гергарло хилар.;;
2023.
Дала декъала дойла вай а, массо бусулба а!!!
Резванова Айза
Дуьхьал г1уо вай,
Б1аьсте йу д1о йог1уш,
Вайн лаьмнашкахула
некъаш дохкуш.
Маьлхан з1аьнарш лепа кхаьънаш дог1уш,
Лайнзезагаш лаьттахь
гучудохуш.
Дуьхьал г1уо вай,
Б1аьсте мара къовлуш,
Дегнашчуьра заза
сама доккхуш.
Сингаттаме г1айг1а
малхехь йойъуш,
Вайн сатийсам
б1аьстенна д1агойтуш.
***
Апти Бисултановга.
Нохчийн къоман орам хилла,
Хьан дагчуьра х1ора дош а,
Нохчаллийн б1ов йуттуш билла,
Нохчийн лаьмнийн тархех баьлла,
Т1улг санна ду нохчийчунна.
Ма деза ду нохчийн къам а,
Цу хьан дагна, тхуна Хьо а санна!
РА.А.
Цкъа мацах вай ший а нисделчи цхьана,
-,,Ма кхийда сан дагчу!" - ахь сайга аьлча.
Цу дешан ойла йан синкхетам боцуш,
Вас лаьцна йара со, сов оьг1аз йахана.
Цул т1аьхьа замано лаамаш кходуш,
Г1айг1ане йигича иэс даххал гуора.
Хийлаза и кхайкхам ойланехь г1уьттуш,
Сама белира сан кхетам, хьан деган хьолах.
Хьо бен сох кхета верг кхин цхьа хир воцуш,
Шовданаш ас мийли сайн кийрахь хийла.
Замано 1амий со, дош а ца олуш,
Сайн бала сайн деган пенашкахь къийла.
Р.А.А
Свидетельство о публикации №222051400128