БIаьрзечун доIа
Шен дахаран тIаьххьарчу иттех шарахь бIаьрзе волуш ваьхна Гуьмсера Насулханов Мохьмад-Селахь (Дала гечдойла цунна). Хьанал сискал лехна, доккха собар, доьналла долуш стаг вара вайн лулахо. Дика доьзал кхиийна цо.
1936-чу шарахь Нажи-Йуьртан кIоштан Чари-Махкахь дуьнен тIе ваьллачу цунна дика дагайогIура халкъ махках даьккхина хан, лайна шело, мацалла, харцонаш, къизалла а. Хийрачу махкахь вехачу хенахь (болх бийриг ша хиллачул тIаьхьа) шахтехь къахьийгира цо.
Алссам дуьйцура Мохьмад-Селахьа Сибрехахь нохчашна йукъахь хиллачу бартах, марзонах, Даймахка цIа бахка хиллачу сатийсамах.
Дала шена деллачунна хастам беш, Цунна хаза Iамалш йеш ваьхна иза. Вайн дайша аьхна, цIена бийцина нохчийн мотт безар, бовзар, бийцар а дара цуьнгахь хаалуш. Мелла а ладогIа дог догIучу цуьнан къамелах там хуьлура, амма заьIапхо кхоийна а бен ца доьлхура тхо иза волчуьра хьалхе цIа.
«Сибрехахь тхо дехачу хенахь нохчийн йоза шена тIехь долу цхьа кехатан цуьрг каракхаьчнера тхуна, – дуьйцура Мохьмад-Селахьа. – Мел доккха хIума хетара иза. Вовшийн кар-кара луш, иза хезна веанчунна леррина тIаьхьаваьлла лелча бен кара ца деш хуьлура и цуьрг а. Мел халахеташ делахь а, тахана вай херадевлла цIена буьйцучу нохчийн маттах, цуьнан дан ма-дезза сий ца до вай…»
«Вайн мехкан кегийрхошка кхин х1ун эр дара ахь?» - аьлла, оха хаьттича, Мохьмад-Селахьа бохура:
– Хьехам бу-кх шаберриг: ламазе-мархе хилар, ийманехь нисвалар, доьзал ийманехь нисбан хьажар, шен ненан мотт, ворхIе дайх дисина долу къоман гIиллакхаш довзар, лелор, говзаллина тIекхиа хьажар, вовшашца тарлуш хилар…
… Вай а, вайн дIабахнарш а боьхуш, Мохьмад-Селахьа деш хиллачу доIанашна Дала жоп лойла! Мохьмад-Селахь ша а Дала декъалвойла!
Свидетельство о публикации №222052300820
Зура Итсмиолорд 15.05.2025 07:44 Заявить о нарушении