ХIун марзо хир йара, хьол ара кхевдина, леха?
Iеламстага Илесов Iелин Iарбис шен цхьана къамелехь билгалдаьккхира: «Даймохк безар – адаман ц1ийца долу 1адат ду. Делан Элчано (Делера салам-маршалла хуьлийла цунна) аьлла: «Х1ай Макка, хьол суна дукхайезаш цхьа а шахьар ма йац. Ца ваьлла йитина ас хьо!» Маккара схьабаьхкина нах шена гича, цигахь долчух лаьцна хеттарш деш хилла цо, иза дерриг бахьанехь шатайпа дог тохалуш хилла цуьнан».
Халкъ харцонца, йамартлонца махкахдаьккхинчу шерашкахь дуьнен т1е ваьллачу вевзаш волчу нохчийн поэтан Дакаев Са1идбекан «Сан Даймохк» байтан мог1анаша а дешархочун дог шатайпа тохадолуьйту, говза суртх1отторо б1аьрла гучубоккху илланчин лирикин турпалхочунна шен мохк безаран барам! Цунна ца гина депортацин ирча 1уьйре, амма дуьнен т1е ваьлчахьана, автор ваьхна иза лайначаьрца-1аьвшинчарца, цо ладег1на махкахойн дийцаршка, тоьшаллашка, г1ийлачу иллешка, узамашка…
Цундела говзар йоьшучунна хаалуш, б1аьргашна схьагуш, лерсина хезаш санна ду – баланаш, къизалла, хало, харцо лайначу хьомсарчу лаьттан сирла сурт.
Доггах безачу Даймахках, «цуьнан сийдолчу, куцдолчу латтанах» олучу даша чу шен са диллина Дакаевс. Вай йуьйцу говзар шатайпа мехала дакъа ду, Даймахках лаьцна йазйинчу вайн къоман йаздархойн говзаршна йуккъе дилина долу.
Сан Даймохк! –
Хьан ву со,
Хьан дег1ан
Дагах схьаваьлла,
Цхьа ц1ий ду,
К1ежтуьйсуш,
Вайшиннан
Пхенашкахь кхехкаш.
Ненан аз товжийна,
Аганан илли ахь аьлла,
Мерзачу набаро
1ехийна,
Хьан марахь техкаш…
Лирикин турпалхо Даймахко, шелвелча, вохвина, шен «дег1ан йовхо а йелла, хьаьстина, догъэцна, некъ хьоьхуш, ваьккхина новкъа», «куьг лаьцна, г1аттийна, валийна дахаран шовкъе…» Автор оцу йезчу ойланашца дахарехь даима вехаш хилла, цундела байтехь суртх1отторан говзалла а, искусствон хазалла а хаало. Оцу дерригено хьоле а, 1аткъаман ницкъ шеца болуш а йо байт.
Авторан синан сурт-сибат схьадоьллу цо говзарехь пайдаэцначу г1ирсаша: Даймахке цо дечу чулацамечу исбаьхьаллин къамело, дустарша, мехкан дуьхьа ваха а, вала а иза резахилар гойтучу масалша.
Х1ора хьан
Дег1ан чо –
Давис-кха! –
Дешица кхала,
Д1а ца вовш,
Хьох хьерча,
Д1о маьлхан
Серлонах кхетта.
Дакаев Са1идбекан «Сан Даймохк» байтан бухь го кху мог1анашкахь:
Дайн ц1ийца
Хьанделла
Хьо доцург,
Х1ун дарба оьшу?
Х1ун марзо
Хир йара,
Хьол ара
Кхевдина,
Леха?
Исбаьхьаллин говзаран мог1анашца авторо кхойкху Даймохк беза, иза ларбан, ц1инбан, хьомсарчу лаьттан т1аламбан, «цуьнан дег1ан х1ора цинц кхоамца хьеша».
Байтах дош дерзош, билгалдоккху вай, авторан мотт, лексика хьолдолуш хилар, иза кхиъна ваьлла поэт хилла ца 1аш, дешан говза пхьар хилар а. Иза къоман тоьллачу йаздархойн т1ег1ане кхаьчна.
Свидетельство о публикации №222060801530
Асламбек Гайтукаев 14.09.2022 09:18 Заявить о нарушении