Къонах маца хуьлу

               Къонах маца хуьлу.

  1абдул, вайшиъ кхана к1ирандийнахь ч1ерий леца г1ура ву. Реза вуй хьо соьца ван? – хоьттура ден дас шен к1ента к1енте.
Ма тамашена а вара и воккха дада! Хетта а стенна хоьттуш ду и саннарг! 1абдул-м тахана а кийча вара шен ден деца юьрта йистера боккхачу 1амна т1е ч1ерий леца вахан. Амма тахана цкъа делахь шота де бен дацара, 1абдулин тахана берийн беша вахан везара. Ткъа воккха дадин а х1инца а кечам бан дезара: ч1ерий лоьцу м1ара кечбан безара, ч1ерашна совг1атана н1аьний а даха деза. Кертахь генарчу сонехь ховха 1аьржа латта долучохь белаца охкуш дахан дезара и н1аьний. Масана ду уьш?
- Воккха дада, реза ву со-м, - г1илакхах ца вухуш, делахь а хазахетар къайла ца дахьаулуш, жоп делира к1анта. – Со берийн беша воьдуш ву. Со д1авахан мегий?
- Г1о хьо. Некъ дика хуьлда шун! Дика лелалахь, хьо дика гайталахь!
- Дела реза хуьлда! - шега, ша д1авига хьоьжуш лаьтташ йолчу нене, куьйг д1а а луш жоп делира к1анта.
  Гуьйренан к1ирана де ч1ог1а хаза деинера, малх боккъала а дашо бу аьлла тешавеш къегина бара. Мел хаза маьлхан з1аьнарш йара 1абдулан кораха чухьаьжина жима к1ант самавьккхинарш! Шен сийна ши б1аьрг маьлхан з1аьнаршка а хьажийна велан къежира к1ант. Жимма соцунг1а а хилла, кхин а ч1ог1а велавелира и. Цунна дагадеира тахана ша оццула лардина к1ирана де хилар. Сихонца т1е юьйхира цо х1уманаш. Уьйт1ахь схьакхеттачу малхана дуьхаьала арахьаьдира и. Раг1уна бухахь лаьттачу истолана т1ехь х1ума кхалла хиина 1аш вара ден да.
- 1уьйре дика хуьлда, воккха дада! Г1оза юуург хуьлда хьан! – жима велахь а, шена 1амийна ма хиллара оьзда вист хилира 1абдул.
- Далла везийла! Дукха ваха, 1абдул! Ма дика ду хьо хьалаг1аьттина. Схьат1ехила, цхьана х1ума кхоллур ю вайшимма. Вайшиъ тахана стенга ваха везаш ву, диц ма ца делла хьуна?
И воккха дадас т1аьххьара аьллачу дешнашка сатуьйсуш лаьттачу к1ентан б1аьргаш деладаларца серладелира.
- Х1ума а ца йууш вахан ца мега вайшиъ ч1ерий леца, воккха дада? – собар ца тоьира жимчу к1ентан.
- Сихалло са даьккхина… Кхин д1а муха дара и кица, дагадаийтал дадина, - хаьттира дадас 1абдулига.
- Сихалло са даьккхина, собаро лам баьккхина! – дара, воккха дада.
- Нийса боху, дадийн к1анта. Т1аккха вайшимо х1ун дан деза?
- Со юьхь йила воьду, воккха дада, - элира х1илланца к1анта.
Реза волуш корта ластийра воккха дадас-м.
Жимма хан йаьлча шаьшшинан ч1ерий лецаран г1ирс а эцна, эвлайистера 1ам болчу аг1ора д1аволавелира 1абдула, ден да хьалха а волуш.
Х1окхеран юьртахь 1ашхой-Мартана гонаха-м кхоъ бара 1ам, чохь наха ч1ерий а лоьцуш. 1абдула шен ден деца воьду 1ам т1ехь жима г1айре а йолуш, хьалха кечбина лелийна бара. Х1инца-м адамаша ледаро 1уьналла деш бара и. Делахь а, нах т1ехь ч1ерий леца а бог1уш садо1ан меттиг яра и. Т1ехь акха бедаш а хуьлура оцу 1амна т1ехь. Оцу 1амна т1ехь ч1ерий лоьцуш берш-м воккха дадийна бевзаш бара воккха а, жима а.
Йистехьа шаьшинна меттиг а хаьржина, шайн м1ерий хина чу а кхийсина д1атарвелира х1ара шиъ а. 1абдулана воккха дадас 1амадора м1арина т1е муха н1аьна болла беза а, м1ара хин чу ласта бан муха беза а. К1ант-м ч1ог1а самукхадаьлла вара, воккха вина а ца волура. Тахана къаьсттина хаза де а нисделлера: сийначу стиглахь бамбийн тачанаш санна к1айн мархаш, генахь делахь а, д1а куьйг кховдийча т1екхочура волуш санна хеташ бохьлекхачу лаьмнийн аса. 1ам д1алаьцна гонаха дитташ, эрзийн асанаш.
Жимчу 1абдулас массо а х1уманан тидам бора. Амма к1аьстина терго йора цо шен буйнахь боллучу ч1ерий лецан м1ерана тайн т1е тесина г1езан мас ч1еро чу озайо, ца йо. Воккха дадин м1ерана т1е кест-кеста т1атасалора ч1ара, т1къа муьрг а тухуш м1ара ловзабора. Амма тахана ч1ерий, барт бича санна, м1арана т1е тасалуш дацара. Воккха дадийн самукъа ца долура, ч1ерий м1ерана т1етасалуш ца хилча. Ткъа 1абдул-м вара иччархочо топ санна шен м1ара ч1ерашна хьажийна 1аш. Эрана а ца хеллера и. Цуьна м1арийн тай озаделира, тайна т1ера г1езан мас къевлаелира!
- М1арин г1уркх д1а ма хецалахь буйнара! – орцаха веъира воккха дада.
Тешна дара 1абдулин м1ерана т1е тасабелларг дикка боккха ч1ара хилар. 1абдулин букъат1ехьаша м1арин г1уркх схьалоцуш г1о дира воккха дадас. Кестта шиммо а говза м1ара хьалаозийна бердана беца т1е хьала баьккхира мел к1езига а кийла хир болуш ч1ара. М1еран ч1агарна т1ера сиха схьабаьккхира воккха дадас ч1ара. Бецан юккъехула кхийсалора ч1ара, бетталора хина т1екхача г1ерташ. Кант цецваьлла хьожуш вара. Цунна шен дахарехь дуьххьара гуш дара х1ара тайпана сурт. Цо-м шен жима куьйгаш цкъа, шозза т1едехьара цицигана санна ч1ерана букът1е хьакха дагахь. Амма ч1ара кхин а ч1ог1а карзаха болура. Эххар а ч1ара д1атийра, и к1адбеллера, ницкъа кхачийнера. Г1ийла шен горга бага г1итточуьра-м ца сацадора цо. К1антана-м тарделлера и меца бу, цундела г1ийттайо цо бага. Бепиган цуьрг йала а г1оьртира и.
- Воккха дада, меца буй и? Бага ма г1ийтайо цо, меца болуш санна? – хаьттира 1абдуллас.
- Йург лоьхуш т1е нийсабелла х1ара ч1ара вайн м1еран ч1агарна буьххье. Амма бага г1етторан бахьана кхинарг ду цуьнан.
- Х1ун бахьана ду и, воккха дада?
- Ч1ераша адмаша санна х1авааца ца доь1у са, -- ша са муха доь1у гайтира дадас. Ч1ераша хи бухахь доь1у са, - кхетавира цо к1ант.
- И муха? Хин бухахь. Х1аваъ ма дац!
- Иштта Дала кхоьллина-кх уьш.
К1ант ойла еш вара, шен дуьненахь уггаре коьрта ойла!
- Х1инца цуьнга са ца де1ало?
- Ца де1ало. Вай и ч1ара ц1а а бехьна, ц1ан а бина кхорзура бу. И-м цхьа ялг1о дуьззина хир бу, - элира воккха дадас к1анте.
Шен дахарехь коьртаниг хаттар дира жимчу к1анта:
- Воккха дада и ч1ара лийр буй т1аккха?
Х1инца кхийтира воккха стаг, к1анта еш йолчу ойланах. Х1инца х1окху минотехь кхоллалуш дара к1ентан дог, ойла, стогалла, дикалла, цунах х1окху дуьненахь муха стаг хир ву, къонах хир ву, я вац!
- Лийр бу дера и ч1ара, - к1ентан кхоолла йинчу юьхье а хьожуш элира воккха дадас.
1абдуллин дагчохь боьдуш къийсам бара, оцу къийсамо къастор долуш дара – дика йа, вон цо къастор долуш дара х1окху дуьненчохь ша латтор болчу кхийсамехь, ша хоржура болу некъ: нийсо йа харцо!
- Воккха дада, суна ца лаьа и чара бен!
Воккха дадас къевлина маравоьллира жима къонах. Коьртаха куьйг а хаькхина элира цо:
- Хьан карахь ду-кх и ч1ара ца балийтар.
Жимчу 1абдулас мара а боьллина хина йисте д1абехьира дуьненах дог диллина, къийсамехь эшна г1елбелла ч1ара.
 
27.06.22


Рецензии