Довта Мартана чохь лийчар

                Довта Мартана чохь лийчар.           Хаджимурадов Вахит
                (хилла долу дийцар)

    Дуьххьара де дара каникулаш йолаелла! Мента х1инца йоьалг1а класс чекхъяьккхина ваьллера. Шуна ма мотталаш, х1ара школе оьхуш хазахеташ вац, йа дешан ца лууш ву. Ментин цхьаъ а «кхоъ» дацара йоьалг1а классехь! Делахь а, каникулаш т1еяьхкиний: б1аьсте, аьхке эрана д1аяхийта оьшуш ма даций. Малх мел хаза къежара, эвла йисттера Марта мел хаза лепара, Ментин накъостий мел реза бара каникулаш эрна д1а ца яхийта. Х1ан, вуьйцуш лаьтташехь вог1уш ву хьуна царех шиъ: Довтий, Масий.
- Ахьа бохура Мента х1инца а г1аьттина хир вац, х1ара лаьтташ верг мила ву! – Ментина хазийта г1ерташ элира Масас.
- Аса-м ца элира и г1аьттина хир вац, вижина а хир вац и бохура аса, шен фантастика йоьшуш, - д1адерзийра Довтас.
- Аша шимма х1ун леладо са а тасалий волавелла лелаш? – бегаш бира Ментас.
- И дитийша, дан х1ун до вай, х1окху хазачу дийнахь? – хаттаран хьаьрк хилира дош сиха Маса.
- И х1ун ду, х1ун до вай бохург! Х1окху шарахь Мартана чохь лийча ваьхьинарг мила ву? – элира, даима а дов дагахь волчу Довтас.
- Май бутт юккъе а ца бахача, хьалхе ду. Дац ткъа? – Масига г1о доьхуш хьаьжира Мента, доттаг1ашна ша кхеравелла моьттуш.
Х1ора шарахь болар сиха Марта б1аьстенан юьххьехь шен аьрха амал йовзитуш массийтаза дистина дог1ура. Баккхийнарш а ларлуш, кегийнарш а ларбеш шай ма хуьллу 1алашбеш кхерамен дара аьрха Марта. Бумтане жимма хьалаваьлча гена  доцучу лаьмнаша шайн букът1ера лайш дешначу юкъахь гойтура Марта х1ун экха ду! Орамашца бухах дохуш пепнаш чутекхош, бердаш чу херцош, дуьхьала дала цхьа х1ума доцуш, охьахецалора Марта! Амма б1аьста йовхоне йирзича, лаьмнашкара лайш дешина а девлла зезагаш лепаш полларчашца ловза девлича, Марта а шен амалца хийцало. Ша адамашна бинчу цатамана бехке доьдий, хьасталой, сирлачу тулг1еца эшаре доьрзу. Амма лаьмнашкахь лайх мотт хьоькхуш йакхийна кхиина Мартана тулг1еш сихачу боларца аренга хьаьдича а лайн чомехь хуьлу. Къоначу мартанхойн оцу ша санна шийлачу тулг1ешца къовсуш чахчайо юьхьенца къонах кхиавеш йолу амал.
Мартанан сийлахь тог1и! Хийла бералла гина хьуна, хийла к1ентий кхиина оцу тог1и чохь: Мартана йистехь, Мартана сирла тулг1еш хьоьстуш, буьрсачу буру хьийзочу айманашца къуьйсуш.
- Со-м вухавоьрзура вац оцу шийлачу Мартана чохь лийча а ца луьйчуш! Суна т1аьхьах1отта ша майра вериг! – ц1ог1а хьаькхира Довтас!
Къовсам – дуьненахь шаболчу боламан юьхьиг! Бераллехь дуьйна къанале кхаччалца къовсамехь ду адам. Къовсамехь тоьлларг ву адмашлахь лоруш верг, вевзаш верг. Вовшен т1аьхьа ца виса г1ерташ кхо к1ант д1ахьаьдира Мартанан тог1и чу боьдучу готтачу урамехула татолана уллохула. Ган еза Мартанан тог1и, цуьнан чам баккха: берийн ловзарш, хин тулг1еш зезагашца, бецашца ийбача бен хила йиш яц и чам. Кестта гучубелира Мартанан берд, лахахь шуьйра тог1и, тог1и йоькъуш Мартанан керчаш тулг1енийн аса. Бераш бердайистехь цхьана минотана севцира оцу дуьненан 1аламан суртан мах хадон. Амма сихонца д1аийра оцу дуьненан ялсманийца цхьа басарш хилла. Зевне декачу Мартанан тулг1ешка а, церан серло-м берийн б1аьргашна чохь гора, амма къовсаме девллачу берашна х1инца мехалла дериг цхьаъ дара – толам. Ткъа толам цхьатера ницкъа болчу къовсамхошкахь товш бу: кхузахь дерш пхоьалг1а классе девла бераш – х1инца амал машарен т1ег1ане ерзонза даьржинчура юхадерзанза буьрса Марта! Дуьхь-дуьхьала нисбеллера юхабевра боцу къовсамчаш: Довта, Маса, Мента – вукху аг1ора – Марта.
- Дукха шийла мукъна дуй техьа х1ара хи? Хьовсий вай т1ера х1уманаш д1а а яхий чу кхийсадалале? – деганза элира жимма дог к1еда волчу Ментас.
- Х1а-х1а, х1умнаш т1ера д1а а яьхна, ц1аьххьана хина чулелха деза вай! – ша вуха вер волуш воций хаийтира Довтас.
- К1ентий, цкъа чу ког 1оттий хьовсий вай? Довта, хьо стохка моссалг1а майхь лийчира дуьххьара? – машарен аг1о лаха хьаьжира Довтас аьллачунна шавериг а реза воцучу Масас.
- Со-м э-э, дага-м ца дог1у суна… Х1а-а дагадеира суна! Со ткъалг1а майхь лийчар-кха! – дагадеира Довтийна.
- Гой хьуна! Ткъа тахана моссалг1а май ду вайна? – карийра ала машарен дош Масийна.
- Массалг1а? – ца кхийтира Довта.
- Тахана вайна кхоъалг1а май бен дац! – доггаха ц1ог1 элира Масас.
- Х1ун ду ца хилча? Х1ара дог1уш Марта а ду, лийча даьхкина вай к1ентий а ду! – б1аьргаша суйнаш туьйхира Довтийн, т1ера коч д1аяккха тоха а луш.
- Цхьа, ши к1ира д1а а далийтина юха даьхкича дика хетара суна… Шуна муха хета? Реза дуй шу? – шена а эрна олуш хеташехь, элира Ментас.
- Шуна хезний, вайн юьрта йистера бешахь шпанка олуш йолу хьалха ц1ен луш йолу баьллаш хилла олуш. Цига г1ой вай? Х1ара Марта-м цхьанхьа а г1ура дацара. Эцца цхьана, шина дийнахь, вай баьллаш д1аластаешшехь, хи а дохлура ду, - х1иллане цхьа б1аьрг хьабба а беш хьаьжира Маса.
- Боккъала а бохий ахьа? Вайн бешахь шпанка баьллаш ц1енелла? Ма мерза хуьлу уьш диттан гаьнашна т1ехь йохкушехь юуш! – ша д1айоккхуш йолу коч сацийра Довтас.
Масий, Ментий вовшега а хьаьжина, самукъадаьлла велавелира.
- Мегара ду, цига а г1ура ду вай, цкъа-шозза Мартана чу а кхетта – шен коч д1айаккха тохавелира Довта вуха а.
Ментий, Масий кхийтира шайн накъост шайга сацалур воций, х1ара дуьне т1е-к1ела даьлча а. Маса керчаш йолчу тулг1ешна улло вахара, хина бердана йистехь шуьйра даьржинчу горгачу т1улгашна юккъехь тудаш йолчу шен мачашца когаш раз а луьйзуш. Хи х1инца а даьржина дара, бераша цунна тидам а ца бора. Оцу билгалонах даима а баккхийнарш а ларлуш, цуьнан тидам беш а хуьлура даима а. Х1унда аьлча, лакхахь лаьмнашкахь дог1а дог1уш, Марта даьржина дог1ура. Амма и дог1а алсама дог1уш нийсалахь, Марта тешийтина дистина дан а тарлуш дара – б1аьстенахь а, аьхкенан юккъехь а. Амма Маса шен когара туьйдина мачаш схьаяьхна йистаха а кхийсина, берзинчу когашца хина йисте чувелира.
- Маса, ма валалахь оцу хина чу сол хьалха! – мохь белира Довтина чуьра.
- Мегара ду, хьуна лаахь со-м валане а вера вац оцу боьха дог1учу хина, - реза хиларца вухавелира Маса.
Мента улло веъира Масина, цкъа хине а хьаьжина т1аккха хаьттира цо:
- Маса хи ч1ог1а шийла-м дац, даций?
- Дера ду-кх и ша шат1улг санна-м, - дере дира к1анта, Довтина ца хазийта г1уртуш жимма лерге а таь1аш.
- Т1ехула т1е даьржина дог1уш а ду и, - охьа а таь1ина, куьйгаца хи муха ду хьаьжира Мента.
Оцу хенахь Довта коч а т1ехулара шортикаш а охьакхийсина, шен «кедаш» олуш йолу мачаш-м цо хьалха когара д1аяьхнера, хьаьдда вог1ура хина чу эккха. Масий, Ментий д1а-схьа велира, шайн накъостана некъ парг1ата буьтуш. 
- 1а-а-а! Со шулла хьалха ву-у! – мохь тухуш хина чу ши-кхоъ ког баьккхира Довтас, хина бухара т1улгашна т1ехь жимма гала а волуш.
И вухавирзича цуьнан хилла юьхь ма гойла дийначу дег1на! Шелоно озайина цкъа раз а яьлла, т1аккха вукху аг1ора йирзира. Т1аккха горгаеллачу багара мохь белира 1адийча санна. Хин чура вуха хьалаэккха дагахь тохавелла Довта, хина бухахь шерачу т1улгашна т1ехь шарша а шершина, ваьржина хина йистте чу вуьйжира. Хина шелоно мерцина к1ант хьалатасавелира цкъан «хина кад» а мелла, амма вуха а т1улгашна т1ехь шершина кхин цкъа а вуха хин чу вуьйжира «кад» а молуш. Масий, Ментий воьлуш шайн са а хаьдда лаьттира, амма г1уллакхаш тиша дуйла а кхетта чу хьаьдира накъостана г1о дан. Берда йисттера куьйгаш д1акховдийра цу шиммо, амма Довта яхь д1а ца луш, беълара а х1оьттина ша берда йистте схьа а веъна, хина чуьра хьалавелира. Сиха т1екхетта схьаийцира цо шен коч, и т1еозийна а валале т1екхийтира шортикашна а. Охьа а хиъна хебина, вохвала вуьйлира и малхехь. Масина а, Ментина а эхь хийтира х1инца-м вела а. Довтийна улло охьа а лахвелла и т1ехула куьйгаш а даьхна вохван вуьйлира и шиъ.
- Довта, хьо-м цхьа борз хилла! – хастийра накъост Ментас.
- Дера хилла-кх цхьа к1анта-м! Х1инца-м хьолла а хьалха х1окху шарахь Мартана чохь лийчина стагга а хир вац хьуна! – хастийра шайн накъост Масас а.
Дикка 1ийра Довта метта ца вог1уш, амма яхь д1а ца луш дукха ч1ениг эга ца ялийта г1ертара и. Ша жимма метта веъча, шен накъосташка а хаьжина, хаьттира Довтас:
- Шу шиъ ца луьчу? Шу шиъ ца лийчахь, бешара баьллаш йаан доьлхий вай?
Г1адвахана велавелира кхоь а к1ант, охьа а хиъна вовшен т1е п1елгаш а хьежош, дукха 1ийра уьш боьлуш.
    Берийн белар юкъах даьккхира ц1аьххьана кхолаелачу стигало. Х1окхара тидам ца бира, лакхахьа лаьмнашкахь, Бумата олуш йолчу юьртана т1ехула гулбелачу 1аьржачу мархийн к1уре. Наха дукха хенахь дуьйна олуш ду: стиглахь оцу меттигаах «Анзорин 1уьрг». Оцу меттехь гулъеллачу мархаша дог1а дохьу олуш ду. Бераша кхин а цхьана х1умана тидам бира: Марта тамашена хийцалуш дара, бос макхбеллера, тулг1еш а кхерамен хьерчаш йара. Мохо кхин а алсама т1етухура кхерам оцу 1аламан суртана. Бераш вовшен а хьаьжина хьалалилхира. Лакха аг1ора хьаьжича, берийн б1аьргаш чу кхерам боьссира. Дуьххьара метта веира Довта!
- Хи дистина дог1у! Довдалаш, вай хино охьахьура ду шуна! – мохь белира цуьга.
Иза ша а ц1аьххьана хьалаиккхина, гена боццуш болчу, бердехьа д1аведира ког ма болу. Масий, Ментий воьхна хьаьвзира, царшима тидам бира генара охьахьаьдда дог1учу 1аьржа а долуш, инзаре лекха тулг1еш а хьерчош чухьадда дистина дог1учу Мартане. Ши к1ант Довтийна т1аьхьа хьаьдира. Гена меттига-м яцара х1окхеран вада везаш йолу меттиг, амма, хьалха Марта дистина деъча, цо к1аргйина, даккхийра т1улгаш бухаха а дохуш, харайина яра. Ши к1ант воьхна сецира. Вуха хьаьжича шаьш х1инцца т1ехь лаьттина меттиг лакхахьуо хийтира царнна. Ткха чухахкаелла т1ейог1уш йолу 1алг1ож дукха инзаре яра, х1окхарна нийса хьалха чухахкаелла йог1уш а яра. Оцу хенахь когахь «кедаш» а йолуш, т1улгашна т1ехула вада аьтто болу, Довта бердана т1е кхоччуш воллура. Гуттара уллохь яра дистина дог1учу хина, саьрмик санна хьерчаш йог1у юьхьиг. Оцу хенахь Довта берда т1е кхечира, и сихонца хьала а ваьлла вуха хьаьжира. Инзаре сурт дара цунна дуьхьала х1оьттиранг: лакхара чухахкаделла дистина дог1у хи, оцу хих озавелла вухаг1ерташ волу х1окхина ши накъост! Довта жима велахь а, сиха х1умана т1аьхьа кхуьуш вара. Ша х1инцца хьала т1еваьллачу берда т1ера б1аьргаца сиз дуьстича, цунна хааделира Масинийний, Ментанийний букът1ехьа йолу меттиг айбаелла юй, ткъа дистина дог1у хи шайна юккъе нислуш йолчу ор хилла таь1аначу меттехула чухахкаделла хилар.
- Духа довда! Духа довла сихонца! – олуш мохь туьйхира к1анта, куьйга эшарехь д1а а гойтуш, х1ун дан деза.
Ши к1ант шен хеннахь кхийтира, х1ун дан деза. Когахь шинена а тудаш йолу мачаш яра, амма кхераваларо и шиъ сиха вухаваьккхира уггаре а кхерамен метигера. Довта оцу юкъана, х1орш куьйгашца кхетабан а г1уртуш, юрт йолалучу меттехь кхин а лекха берд болчу аг1ора д1ахьаьдира мох санна, нахе орца даккха. К1антана-м лакха т1ера вуха хаьжича гуш дара, дистина дог1у хи т1е кхаьчча, шен шина накъостана сехьа чухаьдда хи алсама делахь а, цаьршинна дехьа хаьлха охьадог1уш хилла хи а дистина хилар. Шина к1антана сехаьрниг санна доккх-м дацара и, амма стамделла а, буьрса а дара иза а. Масий, Ментий шина хина юккъехь, жимма айбеллачу меттехь воьхна д1асахьийзаш вара, шаьш х1ун дийра ду ца хууш. Дукха хан юкъа ца йолуш схьакхечира Довтас даьккхина орца а, жимма хан юкъа ца юлуш дукха а нах а. Массо а куьйгаш а хьежош Масийгий, Ментигий хьуьйсуш бара, царна а, Довтас балийначу орцана баьхкинчарна х1ун дан деза ца хаара. Оцу хенахь дистина дог1учу хино ши к1ант т1ехь лаьтташ болу гу а чухьерчо болабира, т1улгаш бухах а дох1уш, д1а текхош. Х1инца-м дехьара берда йистехь а гулбеллера дукха нах. Дехьара берд дукха лекха бацара, цхьацца меттехь дукха лоха болуш, т1ехула хи а ехха аса хира йолуш д1адаханера. Милицин белхалой т1ехь болуш машен а еънера хина дехьара берда йисте. Уьш а бара шайн машенан т1ера раци чухула цхьанге-м орца доьхуш. Амма, схьахетарехь, мел ч1ог1а эрскарш кхайкхича, яккхийра машенаш кхайкхича а, хан-м к1езига яра: ши к1ант т1ехь лаьттиш йолу т1улгийн аса жималуш яра. Зударша белхаран г1овг1а а эккхийтанера, б1аьргех йовлакхийн т1ам а хьоькхуш. Ши к1ант а дикка кхеравелла воьхначух тера дара, цара а куьйгаш а лестош хаам бора, шайн жима г1айре кестта къевла ера йолуш ю, бохуш.
 Оцу хенахь дехьара берда йистте кхечира говра хаьхкина веъна цхьа бере. Бакъ туьйранахь санна вара и шен динахь орцаха веъна. Амма беречуьна говраца дуьстича доккха деъна хи, цо хьерчош йолу тулг1еш юьхьанца санна яцахь а, пепнаш а текхош, делахь а саьрмиках тера яра. Делахь а и говра хаьхкина веъна бере а ца хиллера, туьрана турпалхо вацахь а, ша осалачех. Говра берда йистехула д1а, схьа а хаьхкина, хина лакхахьо гечо долуш меттиг а лехина, хина чу кхоьссира цо говра. Хина юккъехь дисинчу берийн когашна бухахь-м т1улгаш хаалуш а дацара х1инца. Делахь а, х1инца дегайовхо яра нехан и бере берашна т1е кхочура ву аьлла. Х1инца говран ницкъа бара коьртаниг! Говрийн хьуьнарах, амалах – дистинчу хих мила туьйр ву, цунаха тешна дара шадериг! Бере а хина амал дика евзаш хиллера, хьаьдда дог1уш долчу хина лакхара охьа волавеллера и шен говраца, амма говра а юхера йоцуш хиллера. Кестта бере шен говраца разохьатекхош хиллехь а т1е кхечира шина к1антана. Шина а берда т1ехь х1инца зингатий санна дукха лаьттачу наха маьхьарий хьаькхира, турпалхочуьна дог ира-кара х1оттош. Ши к1ант шена хьалха цхьаъ а, букът1ехьа шолг1аниг а хаийна, бере кечам бан вуьйлира вуха дистинчу хих сехьавалан. Х1инца ойла ян езара: дехьа волуш-м бере, бердайистехула лакха хьала а вахана, хина охьадарца охьавеира. Ткъа х1инца а и хи охьа ма дарра, жимма аг1о а лоцуш охьавеира. Хьалха санна дехьа а, сехьа а бердайистехь лаьттачу наха маьхьарий элира, бере бераш а цхьана берда т1е хьалаваьлча.
Дукха хан юкъа ялале эвлаюккъерачу доккхачу т1айх машенаца т1аьхьа а бахана ц1адалийра бераш.
Кхо к1ант вовшах кхетча цара уггаре хьалха дийцинарг х1ун дара хаий шуна? Довта Мартана чохь массарел хьалха х1окху шарахь лийча муха лийчира!
                03.07.2022 шо.


Рецензии
ЧИТАЕШЬ И ОКУНАЕШЬСЯ В СВОЕ ДЕТСТВО. СПАСИБО ВАХИД ЗА ТОНКИЙ И ДОСТУПНЫЙ ДЛЯ ЧИТАТЕЛЯ ПОДХОД К ОПИСАНИЮ РАССКАЗОВ.ВДВОЙНЕ ПРИЯТНО ЧТО ТЫ ГОВОРИШЬ НЕ ПОРТАНГА, А МАРТ, МАРТА, ВЕДЬ ЭТО ИСКОННОЕ, ТЫСЯЧИЛЕТНЕЕ НАЗВАНИЕ НАШЕЙ РЕКИ, ДА И В ИСТОРИЧЕСКОМ ПЛАНЕ У ТЕБЯ ВСЕ ПОЛУЧАЕТСЯ В ФОРМАТЕ ИСТОРИЧЕСКОГО ЭКСКУРСА, ДОВТ-МАРТ: ДАУТ-МАРТАН, ТАК НАШ ГОРОД НАЗЫВАЛСЯ С 16 ВЕКА ДО СЕРЕДИНЫ 19 ВЕКА

Илес Музаев   25.05.2023 14:36     Заявить о нарушении