Реба1ат. бакъ дийцар

     1ашхой-Марта 1аьнан йуккъера чиллан бутт шийлачу суьйренан карахь д1атийначу хенахь, х1ора нохчийн х1усаме юьртахь хьеший бина д1атарвира 2-3 салтий. Нохчаша хьеший, шайн хуьлуш долучух хьошала дина, уьш т1е а ийцира, йуъург а, молург а х1оттийна хьалха.
  Амма 1уьйрана сатосучу хенахь «хьеший», шаьш хьалаг1овтушехь, шайн герз кара а эцна, х1усамдена и герз т1е а лаьцна, салтех цхьаммо и эвлаюккъе кхечу божаршна т1е д1авигира. Бисинчу салаша, х1усамнене Реба1атига а, цуьнан деъа бере а, сихо йе элира, ах сахьт хан а луш! Реба1ат оьрсийн маттах ца кхийтира, шелонан ткъес тухуш дийкира цхьа дош: «Сибрех»! Берашна йовха х1ума т1е юха а ца кхиира зуда, ах сахьт к1езига хан йу-кх «даимана ц1ера йоккхучу х1усамана»! Салташа кхин сов хан ца йелира! Йоьдуш лаьтташехь, берашна а, шена а керайог1у х1ума а тосуш, сийсара салташна а, шайна а ша хьалха биллинчу кхачех йисина к1езига х1ума гали чу кхоьссира зудчо. Шийла 1аьнан мохо шен кара ийцира Реба1атан х1усама, тера дара - уьш дийна мел бу, и шело церан дахар хилла д1ах1уттур йолучух. Шен миска бераш мара а къуьйлуш, хьалха а баьхна стенгазале (в неизвестное) йоьдучу нохчийн зудчунна кхерамо къарзийначу б1аьргашна т1аьххьара хьалха х1оьттира сурт: суьлийн махка аг1ора чу бог1уш болу нохчийн ц1енош, бахамаш къуьйсуш д1алуьйцуш болу «ирсен хьеший».
  Бежнаш чохь лелош долчу эчиган бухна т1ехь аннех юьйцина вагон шийла йара, шийла йара бохург-м тера-мера дацара! Бежнаш-м шайн амал йолуш ду: шайн саде1арца шаьш дохдеш, къаьсттина т1ехула тхов болуш меттиг хилча, божал йа х1ара вагон санна меттиг. Амма х1окху вагонна чу боьхкина нах шелонах хилла а ца 1аш, къизаллах уьш д1аийбан, къизаллица х1инца дуьйна д1а церан гергало д1а ца хадийта боьхкина бара! Шело-м гуттар ч1аг1луш йара! «Ларлолахь, зуда!» - аьлча санна…
  Реба1ат кхерайелла, ша 1уьллучохь кхосса а луш, самаелира... Гонаха бода бара. Ц1аьххьана дагадеъира х1окхунна ша стенгахь ю, х1унда ю, ша каде ца хилахь… шена хехой т1е кхачахь… цара, кхин бахьанена ца тохахь а, веккъа ц1ена кхеравелла а топ тухура йуй а!
Х1ара колхозан к1а чохь долчу амбарна, текхина буха а йахана, 1уьллуш йара. Иштта нисделлера: амбар йина а, д1ах1оттийна йара т1улгех бинчу бух т1ехь. Амбаран ц1енкъа стаммийн аннех йина йара. Т1улгех бинчу бухана юккъехула, адамаша ло хьаьшина ларош йитиначухула, текхина амбарана буха а йахана 1уьллуш йара Реба1ат. Шеца буру дара цуьнан, гали а… Буруца амбаран ц1енкъа йуккъехь нийсалура долуш 1уьрг а даьккхина, оцу 1уьргахула охьадог1учу к1ах гали чу цинцаш 1ийдош 1уьллура и. Жимчу 1уьргах дукха ца дог1ура к1а охьа, саца а соцура наггахь. Т1аккха зудчо чана чимхалг а 1уттий охьадоийтура к1а. Охьадог1чу к1ана к1ела кана а лоций, схьаоьций к1а 1овшура цо, мацалла мелла а 1ехаеш.
Мостаг1чо санна гуо лаьцна: шелоно, мацалло, цамгарша къиза, къинхетам х1ун ю ца хууш, хьокхуш бара нохчий, г1алг1ай! 1ен меттиг боцуш, лаьттаха тоьланаш а йаьхна, шелонах к1елхьара бовла г1ерташ бохкура уьш, мацалло, ша и мангало буц санна, хьокхура, цамгарша ун даржийна шийла та1азар латтадора! Де дене мел дели а, тоьланашна чуьра арабовлуш к1езига нах бара, «1ожаллин юрт» г1ийлачу узаршийн эшарехь Делан до1ийца леш йара!
Реба1ат ара йаьллера: мацалла йелча а,  хехочун тоьпах йелча а бен башхала а йац, аьлла. Масех километр г1аш схьаихинера и шелона тоха са доцуш, т1ехь шийла йолуш, ло доккха долуш, цо а шена къиза дуьхьало йеш.
Шен майр Хьуьсенан Зойрбек дийна волуш, цо йаьккхинчу тоьлана чохь дийна дисина мацало к1ела дитина ши бер, ши йо1 Зийний, Кебист йара цуьнан. Т1аьххьара висина к1ант Шамсуди а, Зойрбек санна мацало, цамгаро, 1ожало д1аэцнера. Шамсуди а, шен да Зойрбек санна кхераван, къарван стаг вацара х1окху дуьнена чохь, амма х1окху дуьнена йистехь, х1окхарна цкъа а ца гиначу шелонца, цамгаршца болчу къийсамехь ийгира уьш. Шаьш а мацало лаг а лаьцна, шайн кегийрачу ц1енойн лаппаг1аршна чохь 1аш болчу казахийн багара т1аьххьара рицкъа ца доккхуш, шайн оьздангалех ца бухуш, «1ожаллин юьртахь», шаьш хала Делан ницкъаца йаьхначу тоьланаш чохь, болуш мохь, аз, арз доцуш леш бара нохчийн оьзда нах!
  Нохчашкара Советан 1едало, Сталинас схьа а даьккхина, шайна д1аделла даьхни а къуьйсуш, х1окхара 1аьнонна кечдина дечиг а дагош, х1окхеран довхачу ц1еношна чохь - эзара шарахь нохчаша мостаг1чунна къийсамехь, т1амца д1а ца беллацу нохчийн махкахь 1аш болчу суьйлашна, гинерий техьа г1енаха а х1ара санна долу жоьжаг1атийн сурт! Кхин а кхузткъа шо даьлча а, кхин кхузткъе итт шо сов хан йаьлча а 1ийр бу уьш-м, х1окху Сибрехахь шелоно, мацалло д1акхаьллинчу нохчех йисинчу керташкахь! Дийна ц1а баьхкинчу, Дег1аста бухабирзинчу эзарнаш нохчийн керташкахь а, Советан 1едало а, цул т1аьхьа керла Россин векалаша а куьйг а лаьцна дебаш, нохчийн кешнашкахь Делан кхеле шайн декъаза дай д1а а бухкуш!
  Дукха генара г1аш некъ бинера Реба1атас, к1адйаларо а, жимма кхаьллинчу к1ан буьртигаша мацала 1ехайаро а, буьйсано а сема наб озайайтира х1окхунна. Оьшуш-м дацара жимчу зудчуна и наб озайар! Буьйса йукъах т1ехйаьллачу хенахь амбар ларъеш волу ши-кхоъ хехо араволура амбарна гуонаш бохуш шайн ха дан. Лекха ирах1оьттина кач а болуш, лаьттаха кхеташ йеха къайн тулупаш олу кетарш йара царна т1ехь. Уьш-м х1инца сатосу седа гучубаллалца арахь лела безаш бара. Реба1атина муха хаа дезара и, х1ара-м дуьххьара кхаьчна йара х1окху амбарна т1е. Х1окхеран тоьлийн йуьрта казахаш ца бахкийта, нохчашца церан цхьана тайпа уьйр ца хилийта, 1едало питанен хабар кхоьллина даржийнера: нохчий нах буъуш акха къам ду, цара къаьстина шайн кара деъна бер дуъу, аьлла.  Шайна кхерамаш туьйсашехь, мацалла леш болчу нохчашна улло ца баьхкича ца 1ен белира казахаш. Шаьш а мацаллин карахь бохкучу казахаша цхьацца шайн ницкъа кхочу а, ца кхочу а г1о дора. И г1о бахьана долуш хийла нохчийн х1усамера бер 1ожаллин багара а даьккхира казахаша! Баккхийнчара, шаьш мацалла лийр дуй хуушехь,  бераш 1ожалин карара дохура, шайн карадеъна рицкъа, царна д1алуш. Иштта доьнала долу къам девзинчу казахаша, тергал а ца дора, 1едалан хьадалчаша дуьйцуш долу эладита. Реба1атига, ша цамгаро йожайина йалале хьалха, лулахь тоьла йаьккхина йисина 1аш йолчу зудчо хьахадинера, къилбаседа болчу аг1ора х1ара амбар йу, аьлла.
  Амбарна бухахь 1уьллучу Реба1атна-м, мел сема наб йеш йелахь а, г1ан гора. Х1ара жима нускал дара, маре йеъна дукха хан йацара. Зойрбек а жима стаг вара, йукъерчу дег1ахь велахь а, дика шуьйра воьттина а, дег1ехь ницкъа хаалуш а вара. Бустамаш долу шен баьццарчу басахь г1овтална йукъаха дато доьхка достуш, доьхканах йаьккхина датоца кхелина шен шаьлта схьакховдийра майрачо Реба1атига.
- Хезий хьуна? Х1ан, и шаьлта жимма ира йел! – аьлла.
Мел хаза хийтира Реба1атина шега и Зойрбекас аьлча! Ков, кертахь ша дан лерина г1уллакхаш а дитина, сихонца майрчун карара схьаийцира цо малхехь лепаш йолу шаьлта. Шаьлта шен кара эцча дог тоха-м делира х1окхуьнан, масана хуьлу и, шаьлтанца къастадан дезаш дерг.
- Дика ду. Аса х1инцца дийр ду ахьа бохург! Кхин х1умма а дуй, сиха дан дезаш? – хаьттира Реба1атас.
- Дац кхин сиха х1умма а. Шаьлта ира хилан йеза, говра сиха а хила йеза, - бегаш бира Зойрбекас, нускална вела а кхежаш.
Кхин х1ун совг1ат оьшура жимчу нускална! Малх шена белакъежича санна-м хетаделира х1окхунна. Делахь а, Зойбрек лохо динчу поппарца хьаькхина, шурула к1айн кирийца къагадинчу ц1ено чу вахача, шен буйнарчу шаьлтане хьаьжича, ц1аьххьана кхераман сурт дуьхьала тесира жимчу зудчуна: «Х1унда шаьлта! Х1унда ирайойту шаьлта!». «Шаьлта ира хилан еза, говра – сиха» - шен майрачун кица дага а деъна,  сапарг1ат йелира и. «Шаьлта-м со муха зуда йу хьаьжа, туса, аьлла а хила тарлора. Аса-м сайна хаарш гайта деза» - шен ойла парг1атенчу т1ег1ана т1е йаьккхира х1окхо.
Шаьлта ира йан пох1ма оцу хенахь баьхначу нохчийн зудаберашна, жима долуш дуьйна 1амош дара. Х1окху заманахь тамашена хеташ делахь а, и хьуьнарш зудаберийн, зударийн хила дезаш дара. Хеташ хира ду х1инцалерачу зудаберашна, и иштта и шаьлта иръяр атта болх бу: эцца шаьлтана аьлха т1ехула хьаькхича долуш ду. Боккху г1ирс оьшуш бара оцу г1уллакхана: тайп-тайпана хуьлура аьлханаш, х1ора х1усамехь шен-шен аьлханаш, т1аьрсикан доьхканаш. Амма уггаре коьртинаг – и ира шаьлта! Ткъа ира маца лорура шаьлта – шаьлтана литтана т1е а диллина жима йовлакх мох лоцуш ластийча, йовлакх хадийча! Хьалха заманачохь, адамаш зоьртала долучу хенахь и йовлакх-м мохехь ластийначу шаьлтано ши ах а доккхура!
Дикка къахьийгира Реба1атас шаьлта иръеш. Алан деза, шаьлта иштта а яцара аьрта, цундела жимчу зудчуьна алсама къахьега дийзира, шен корматалла гайта. Зойрбекан шаьлтана литтане б1аьрг тохарх гуш дара, и бинчу балхана реза хилар. Шаьлтане шок тухийтуш, цуьнан дас и говза хьовзаро а, цунна т1е кхоьссиначу йовлакхах кесаг д1акхоьссина хиларо а гойтура – Реба1ат шен белхана лаккхара мах хадор дехан бакъо йолуш хилар.
Зойрбекан серладаьллачу б1аьрсинах самукъадаьллачу Реба1атас тидам ца бира, майрачо шен ц1ена г1овтал, балха воьдуш ша лелош йолучуьнца хийцар. Суьйренга г1уртуш яра хан Зойрбек сиха шен шаьлта юкъах а йихкина ара волуш, ша хьен ца ло олуш, чохь са ца гаттадайта.
Хан яьлла хан яра Реби1ат стенна а делахь а, са шен меттехь доцуш, майрачуьнга хьоьжуш 1аш. Ц1аьххьана уьйчохь г1овг1а хезина х1ара мехкадаьтта дутту чиркх буйна а эцна ара яьлча. Зойрбек вара аьро аг1ора ц1ийх буьзина шен пхьарс аьтто куьйга лаьцна чу вог1уш.
- Ва-а! Х1ун хилла! – йоьхна хьаьвзира Реба1ат.
- Х1ума ца хилла! Ма хьекха мохь, - зуда д1а а тоттуш йиллинцу не1арах чоьхьа велира Зойрбек.
Паднаран йисте охьа а хиъна шен човне хьаьжира и. Реба1атас чиркх улло бехьича чов дика къаьсташ яра – белш горгалучуьра динна жижгана аса яра охьаоллаелла г1овтал а хадош.
Зударшна оцу хенахь хууш дара муьлхха а чевна дарба ден аг1онаш. Кхин дукха дарбанаш а дацара уьш. Сиха кечбира Реба1атас туьхан берам. Г1овтал яьт1начу меттехь кхин хьем ца беш, массо а аг1ора оцу берамца чов ц1ена ц1ан а йина, охьакхозу жижиг шен метте т1елоцуш ч1ог1а д1адихкира зудчо. Жимма аз лахдар бен кхин берамо ша вагор ца хаадалийтира Зойрбека. Кхин г1овтал бен т1ера х1ума д1а ца йоккхуш паднара т1ехь д1авижира а.
Шолг1ачу дийнахь Тетин некъех болу кегийра а баккхийра нах гулламе вовшаха кхетча къаьстира хилларг. Лахахьа 1аш болчу ч1инхойх наха шайн хьалхо вийначу стагана дуьхьала ч1ира эца бахана хиллера Тетин некъаха кегийра нах. Царна юкъехь хиллера Зойрбек а. Тетин некъашкахь марехь йолчу цхьана зудчо х1окхеран ч1ирхошка мотт бехьана, г1одмашна юккъехула т1елата бахначу кегирхошна, к1ела хевшина хиллера х1окхеран мостаг1ий. Тетин некъахойх цхьаъ вуьйш, ч1ирхойшаха цхьаъ вуьйш д1асакъаьстинера довхой. Зойрбекана оцу девна юккъехь хиллера чов.
- Шешен бандита! Ест! Виходи! – аз хезина самаиккхира Реба1ат ша йоллучохь кхерайелла ц1ог1а олучура, шен батт ша 1аьвдина, соцунг1а а хуьлуш.
Хехойх казахийн къомах цхьаъ хиллера и, ша кхоьруш хилар ца гайта г1ерташ, шена гонаха «дов» деш. Амма Реба1атана-м х1инца ша гучуйаьлла йаьлла аьлла тарделлера. И ша берза к1еза санна хебинера, шен киснахь долу жима урс кеч а деш, дуьхьало йан, оьшуш хилахь.
Ц1ера ара а даьхна, х1окху хийрачу махка схьа далийча, дуьххьара денца дуьйна нохчийн къомо ловш йара шело, кхерам! Х1окху массо а къаьмнашна парг1ата, машарен 1ен, даха кхоьллина дахар, нохчийн къомана къеделла, дуьнена жоьжг1ат хилла д1ах1оьттинера х1ара дуьне. Х1окхеран метта, х1окхеран махкахь, х1окхеран кертахь, х1окхеран дайн кхерчахь йовхонан карахь бехаш, дебаш, ирсан карахь х1окхеран селханлера лулахой бара! Реба1ат а, х1ара санна х1окхуьнан къам мацала, цамгарийн карахь леш бара. Леш! Каш даккхан г1орийначу хийрачу латто бакъо а ца луш.
Реба1ат шелонца къуьйсуш, чимхалг 1уьттуш жимачу 1уьргах к1а охьаоьхийтуш  йоллура. Казахийн хехой а бара шелонца къуьйсуш, шайн йовхачу кетарех а хьерчаш. Реба1атин, хехошца, шелонца болу къиза къийсам сатосу седано къастийра – хехой къарбелира, йовхачу чу бахара. Реба1атин йовха чохь 1аш Советан 1едало дебабеш керла мостаг1ий бара. Реба1атин Советан 1едало шело йитинера, селханлера лулахо, тахана мостаг1 а кхайкхина дуьххьала д1а къаьмнаш декъа, цера барт ца хилийта, оцу къаьмнех ледарнаш муьлш ду а туьйсуш цхьана мог1арелахь. Вуон къаьмнаш дац, адамаш ду дика, вон доькъуш! Дуьненна гира-кх нохчий, г1алг1ай ц1аберза буьйлабелча сий долу къаьмнаш: гуьржий, 1аьндий, нохчийн латта лар а дина, и нохчашка юхадерзийна, шайн махка, шайн дайх дисина долу лаьтта бирзина болу! Гира суьйлий а, х1ирий а – х1инца а нехан хьарамчу керташкахь, латтанашкахь 1аш болу, нехан кешнашкахь шайн нах хьулла а беш! Веза Дела, хьо гуш ву-кх шадериг а!
Реба1ат, сихалолахь! Хехой маца бухабоьрзу а ца хаьа, сихонца гена яла! Ах гали хир долуш к1а а карахь шен г1ора ма-дду едира нохчийн зуда, тахана 1ожалла д1атоттуш. Едира шен ма-хуьллу – масеха са даьккхина а, мацаллин карара даккха. Цхьа аьтто бара х1окхуьна хилла тахана – шайн тоьланех йиначу юьрта юхайог1уш амбарера схьакхаччалца кхин юрт яцара. Буран яра, дег1ах чекхболуш, цкъа а кхачалуш буй техьа, аьлла хеташ мох бара. Реба1атан дага т1ехь шело латтош кхин цхьаъ а дара – х1окхо ша 1ожжалин карара а даьккхина дохьуш долу к1а лачкъийна дара, цхьаннан кхечуьна рицкъа дара! Кхин цхьаъ а дара – х1окху цхьажимма бен доцачу к1ана буьртигаша масийтта, бехк боцуш х1окху жоьжаг1атийн аренга охьакхийсийнчу, нохчийн адамийн дахар к1елхьара доккхура дара. Хьарам – къа, муьлханиг хьалха дера ду, Делан карахь ду-кх и… Дала саг1а дойла х1окху сирлачу къинхетаман к1ан буьртагех!
Б1аьрг белла йиш йоцуш шерачу аренгахь хьоькхучу махо, хьийзочу лайно тила ма яхьара болата нохчийн зуда! Кхерамна юьхьдуьхьала, ца къарлуш йоьдура Реба1ат. Делан къинхетамца де суьйренга г1оьртича шайн тоьланех яьккхина миска юрт карийра х1окхуна. Цхьа хан ца елира х1ара т1ех яьлла д1аяхан: юрт лаьттаха ах къевла яьлла яра, лайно гучура яьккхина, мискачу пешех болуш к1ура баца – эрна арахь, казахийн юьрта уллохь гулдина кхо бен кхин х1ума дацара пешахь дагон. Беллачу нохчоша а вовшен г1о дора-кх кхузахь! Д1аволла де доцуш, г1орийна латта ахка ницкъа боцуш х1окху юьртахь 1аш болчу мисканаша, эвлайистехь лайлахь дитинчу масеха дакъана т1е ца 1оттаеллехьара, Реба1ат а юьртана уллохула д1а яхан тарлуш дара. Ткъа иза 1ожалла яра!
Азйаларна чекх са гуш х1унда яц, аьлла хеташ йолу жима Зийна, мелла а оцулла г1оле елахь а, гича адам делха мегаш хьал долуш, масех шо Зийнел йоккха хир йолуш йолу, Реба1атан шолг1а йо1 Кебист а, кхин г1атта де доцуш, ча т1ехь 1уьллура, цхьацца т1елхигашна бухахь. Шина йо1ана-м шайн нана чу йеича гира, хаза а хийтира царшинна, амма хьала а г1аьттина нанна дьуьхьала хьада, массо а бераша деш ма хилара, х1окхеран де дацара. Масех де дара х1окхара даша динчу лайн хих къурд бен ца бо, кхин рицкъа дацара. Берийн б1аьрго бен дуьненахь ца луш йолу, серло-м яьржира х1окхеран мискачу чохь. Ц1ахь, шаьш арадохуш долушехь, салташа чехаеш йоьдуш лаьтташехь кхиънера Реба1ат цхьа яй а, ялг1о катоьхна галин чу кхосса. Оцу пхьег1аша дина долу г1улкх барам боцуш доккха а хиллера. Сиха жимма дисинчу дакъаделлачу кхоьнах ц1е а латийна, ялг1о ц1ерга х1отти йра нанас, берийн б1аьргаш сатийсарца хьоьжуш а долуш. Кестта ялг1онна чу тесинчу дашон басахь к1ана буьртагийн хьожа елира жимчу тоьлана чохь! Уггаре хаза хьожа х1окху доккхачу дуьненна чохь! И хьожа жимчу шина йо1ана шаьшшиъ дуьненчохь мел еха дагахь лаьттара йолуш хьожа яра. Пенаха букъ г1ортош хьала нийса йира нанас шен ши йо1, ирахь 1ен де дацара берийн, хьалха диллира йовлакх, оцу йовлакхна т1едоьхкира к1ан буьртигаш, сиха шелдалийта, берашка довхачу буьртигашка бага ца ягайайта, «х1уп-п!» а олуш.
- Цхьацца буьртиг оьцуш кхаллалаш, сан диканиш, ц1аьххьана дукха кийра х1ума дахача аша ловр дац, мацалло к1еладитина шу. Жим, жима даалаш! Аса шу дуззалца доийтура ду шуьга т1аьхьа… Жим, жима… Жим, жима, - т1е «х1уп-п!» бохуш берашна довха, дашон к1ана буьртигаш даадора нанас.
Ши йо1 дукха г1елъелла хиларна, х1инца а кхеташ яцара хуьлуш долучух, халла дагабог1уш бара цаьршинна юучу х1уманан чам. Маликаша 1ехайеш, шайца д1акхойкхуш лаьтташ дара шина йоь1ан кегийра миска синош х1окху т1аьхьара деношкахь. Х1инца Маликаш а дара, хетарехь самукъадаьлла берашка хьоьжуш, берийн халла къажарах, иштта ду аьлла хетара.
- Со дукха ца хьенлуш схьайог1у. Х1инца шайна наб кхетийта аша. Набаро ницкъа лур бу. Вайн лулара баккхийра нах бу мацаллин карахь, царнна вайга данлу г1о дан деза, - аьлла, жимма юза а йина, ши йо1 чохь йолчу т1елхигашна буха йоьллира нанас.
Ша, 1ожаллийца, шелонца къевсина толамца даьккхина рицкъа, к1анийн буьртигаш, цхьа жимма бен ца дуьтуш шен гали чуьра кхин т1оьрмигана чу а доьхкина, и четахь къуьйлуш, юха а шелонга араиккхира Реба1ат. Зудчуна хаара муьлхачу тоьлана чохь, 1ожалло лаг лаьцна, дала орца доцуш, г1о дан стаг воцуш, Деле 1ожалла йоьхуш, шелоно ша д1абуьгура бу бохуш, мацалой, цамгарой х1орш шен хьеший бу бохуш, уллора гергарнаш кхелхина д1абевлла баккхий нах. Мох санна сиха д1ахьаьдира зуда царех шега ваккхалург 1ожаллин карара ваккха. Теша хала ду-кх, цхьаболу баккхийн нах, божарий а, зударий а, шайна орцаха яьлла Реба1атас деъна долу дуьненан рицкъа, схьа а ца оьцуш, луларчу берашна г1о дар доьхуш, шайна 1ожаллин саг1а цунах дар Деле доьхуш, д1ахьажадора. Болатан къам кхин муьлхачу къомах ала деза! Баккхийчийн г1азот къобал а деш, 1ожаллин новкъа бевлларш буьтуш, Реба1ат сихо еш берашна т1ехула 1ожала хьийзачу х1усамашка кхача хаьжира. Масийтта нохчийн берийн са 1ожаллан багара даьккхира зудчо х1окху суьйрана.
Шен тоьлин готтачу не1арах чу а йеъна, шен шина йоь1ан аг1о лоцуш, и шиъ шен ненан деган йовхонца йохъеш д1айижира Реба1ат.
Амбар йоцург кхин рицкъа дацара х1окху нохчийн мисканийн, 1ожалло лаг лаьцначу хийран арахь. Масех де даьлча, Реба1атас 1ожаллица къевсина даьккхина рицкъа, кхачадалан дезаш дара. Ойла ян езара, кхин д1а муха амбарах пайда оьцура бара. Ша цхьаъ и ларалура яцара, хехоша и лоцура яра, ткъа къола деш каравахна нохчочунна, церан герз т1е тоха бакъо йолуш дара, цхьана меттехь. Т1ехула т1е, хехочо и герз тоьхна, къу вийча, цунна Советан 1едало ахча а лора, преми аьлла ц1е а тоьхна. Дикка ладоьг1ча, чохь са дисина боьрша нах а бацара, цара, шайна а ца кхочийтуш, берашна а, зударшна а д1алора, шайна карадеъна рицкъа. Реба1атан майрчун Зойрбекан гергара а ларлуш, х1инцца мекх хьалаг1уртуш чо балаболабелла, Муслим бохуш ц1е а йолуш к1ант-стаг вара. Муслим дуьххьала д1а къар ца луш, шадолчу дуьненна а дуьхьалаваьлла къаьсташ вара массарна а юкъехь. Муслимана т1ехь б1аьрг сецира Реба1атан. Цо цхьаннига а ца хоийтуш шен тоьлийнчу валийра к1ант. Дашо бос лепаш долу к1ана буьртигаш шена гича, цецваьллера к1ант. Зудчо жимма кхаьрзина дисина к1а а делира мацало кийра хьовзийначу к1антана. Т1аккха х1окхо дийцира, б1аьргаш серла даьллачу к1антана, шена дагадеънарг. Муслим ч1ог1а реза хилира Реба1атица амбара чуьра к1а лачк1адан ван. Муслим хьекъал долуш к1ант хиллера, цо, шаьш амбарна буха девлича, буруца шиъ, кхоъ 1уьрг доккхура, галин чу к1а сиха охьаэхийта. Шайн галеш ах даьлла дуьзича, буруца даьхначу 1уьргашна чуьра к1а охьа ца эхийта, т1аккхахула даьхкича атта хилийта, бамбийн поттарчий а йеънера. Миччара карийнехь а, шений, Реба1атиний тиша делахь жимма к1айн басахь к1ади бахьана а карийнера. Салтийн кепехь лайн т1ехь шаьш гур доцуш духар а динера цо. Пхьуьшашна жимма к1ади ца тоьинера, делахь а х1орш амбарана тебина текхаш улло боьлхуш, лайн т1ехь, 1аржачу хенахь, мелла а хьуллабора х1орш к1айн к1адих динчу силгана т1ехула т1едуьйхинчу духаро. Хийла нах 1ожаллин карара бехира Реба1ата а, Муслимас а оцу 1ай.
Хаддаза деха ду Сибрехахь 1а, делахь и 1а а чекхделира. Амма нохчийн тоьланех яьккхина юрт Советан 1едало тергала еш яцара. Гучуволуш вацара цхьа а 1едалан белхало. Ткъа адамаш мацалла ловш дара х1инца а.
Реба1аттий, Муслимий ца долура, нах 1ожалах к1елхьара ца баьхча. 1аьржа буьйса шайн накъост а вина оьхура уьш къолла дан.
Иштта рог1ера цхьана буьйсана, юкъалах т1ехъяьла 1аьржа буьйса г1о-накъосталла а долуш, амбарана улло кхоччуш бара х1орш. Муслим хьалха воьдура, гучувалахь а, и сиха вадалуш вара. Хехой гуш бацара. Хехой 1аш болчу, дечигех хьаладоьттинчу жимчу ц1еначохь, дукха тийна долуш цецваьллера Муслим. Хехойн ц1а чохь чиркх а бацара, Муслим ц1енон не1арна улло вахан дагахь т1еволавелира. 1аьржачу не1арна хьала йогуш йолчу цигаьркан ц1е хааелира х1окхунна хьалха.
- Мила ву кхузахь?  – ц1аьхьана вист хилира цхьаъ.
Муслим д1аиккхира, Реби1ат йолчу аг1ора ца водуш, кхечу аг1ора ведира. Т1аьхьа кхоьссинчу герзана г1овг1а елира буьйса екош. Реба1ат ша йолучохь д1а лечкъира. Хьоькхуш маьхьарий а долуш, кхуьйсуш герз а долуш Муслимана т1аьхьа йокха г1овг1а яхара. Дукха 1ийра Реба1ат, жимма гена а яьлла ладоьг1уш.
Муслиман аьтто баьллера 1аьржачу буьйсана х1ара гуш ца хиларна. Хехой т1аьхьара ца бовлура, сиха а бог1ура уьш. Хехошкахь шалгу топ хуьлура, амма х1окхара т1аьхьа кхуьйсуш ерг пхоьаза йолу тоьпаш яра. «Салтий» - дагадеира Муслимана. И кхеравелла кхин а сиха ведира. Ц1аьххьана хьалха хааделира г1азакхийн кешнаш. Ойла ян хан яцара, Муслим кешнийн керта иккхира. Кешнийн барзнашна юккъера шена т1аьхьа бог1уш берш хьийза бора цо, тилабан г1ерташ, амма уьш говза бара. Шина декъе бекъа а белла т1аьхьа оьхура уьш, гуо лацан, х1ора коле, каше а хьоьжуш. Гуттар а улле кхочуш бара салтий. Ц1аьххьана дагадеъна, Муслим шена улло нийсаделлачу кашна нийса вохалахьа т1е вижира. Т1ера духар к1ента к1арула 1аьржа дара. Берза к1еза санна тебина 1уьллура к1ант, салтий, дегаза хетарна багахьа дов а деш, уллохула т1ех бовлуш. Дукха ца лийлира салтий х1ара лоьхуш, сиха дог диллина д1абахара уьш, шаьш шайга дов а деш. Бехк а бацара церан: к1ора санна 1аьржа буьйса, гонаха хьун санна лаьтташ ж1ареш. Дукха хан кхин Муслимас а ца яьккхира кешнийн кертахь. Готесина Реба1атана т1е веъира и дикка хан яьлча.
Амбарана чуьра д1ахьош долу к1а лардан баьхкина хиллера салтий.
Дукха хан ялале Советан 1едалан белхалой а гучубевлира. Тоьланашна чохь 1аш болу нохчий шаберш а белла д1абевлла, аьлла хезинера царна.
                11.07.2022 шо.


Рецензии