1аламан а, 1адланан забарш

 1аламан дийцар.

1алам 18 шо кхаьчна жима стаг ву, колледжехь доьшуш а ву. Шеца доьшуш болчу кегийра нахах дуьйцуш вара и шен ден йишина Заремина:
- Тхоьца доьшуш волчу цхьана к1антана дас, нанас зуда ялийна, - бохура цо.
- Муха зуда ялийна? – хоьттура ден йишас. Хьо-м вац зуда яло дагахь?
- Вац дера со-м, аса-м 20 шо, 25 шо кхаьчначу хенахь бен ялор яц! – ден йиша сапарг1ата яьккхира 1аламас.
- Йоь1ан масса шо ду, к1ентан 18 шо хилча? – хаьттира ден йишас.
- 16 шо ду-кх. Бера а ду цера-м.
- Ткъа бера леладой цу шимма?
- Ца леладо дера, - цецвелира 1алам. Бера а, уьш кхоьа а цара леладо-кх.
- Хьан цара?
- Дас, нанас, массо а гергарчара леладо-кх!



1адлан хьалхара классера дешархо.

1адлан дукха инзаре цецваьлла вара, х1окху школехь болх беш йолчу, ден йишас Заремас дуьххьара школе валийча, шен хьехархочо Амнатас куьйг схьалаьцча а, реза воцуш:
- Схьа ма леца сан куьйг! – бохуш.
Жимма хан яьлча, д1авуьйлира и шен хьехархочух, хеста а йора 1адланас Амнат Мовладовна. Хьалхара классера к1ант х1инца школах а д1авулуш вара, классера берашца ловзуш а хазахетара цунна, цхьа дагахь доцуш х1ума юкъа ца доьллехьара. 
- Лоьраш бог1уш бу вайн школе! Мехий деттара долуш бу уьш! – хабар даьржира класса чохь.
1адлан воьхна хьаьвзира, дуьххьара дагадеънарг – «Вада! К1елхьара вала!» - дара.
Классера бераш а дара цхьадерш доьхна хьийзаш, цхьадерш самукъа даьлла, стенна делахь а, вуьш хиллачух ца кхетара.
«Вада!» - ойлано юьхьара лаьцначух тера дара 1адланан кхин д1а кхоллаелла 1алашо.
Марчош санна йолчу к1айн халатех а хьаьрчина лоьраш классана чоьхьа бевлича, 1адлан классехь карош вацара цханна дешархочуна а, хьехархочунна а!
- Бераш, тахана шуна мехий деттара дац оха. Шун б1аьрса а, аша мел дег1даьккхина а дустура ду оха, цхьа а сакхат дуй а хьовсура ду тхо шун дег1аца. Мегар дуй? Дика бераш дуй шу? – хабаре елира уггара лекха йолу лор.
- Ду тхо дика бераш! Аша мехий ца диттичахьана! – самукъаделира берийн.
Ша-ша хьалха вала а г1ерташ, бераша шаьш дустийтара, шайн сирла б1аьрса а гойтура, шаьш цхьа а сакхат доцуш дашон седа санна ц1ена бераш дуйла а гойтура бераша. Шадериг а дика д1адоьдуш дара, цхьана лоьро фамили ца яьккхинехьара:
- Фаргиев 1адлан!
Ткъа Фаргиев 1адлан вацара! Шадолу бераш гонаха хаьвсира, Амнат Мовладовна а хьаьжира гонаха, лоьраш а хьаьвсира, шайна и 1адлан жима волуш дуьйна вевзаш волуш санна. Амма 1адлан вацара, хилла меттиг а бацара!
- Бераш, цхьаннена а гирий 1адлан? – хаьттира хьехархочо.
Берийн вовшен ца девзаш, дуьххьара вовшен гуш долуш санна хьежар гича, кхеташ дара - 1адлан царна юккъехь ца хилар.
Парташна бухахь а вацара 1адлан, ишкапашна т1ехьа а вацара, хьехархо шен истолана т1ехьа а хьжира – цигахьа а вацара к1ант. Береш, хьехархо, лоьраш шайн к1ант лехар шордан буьйлира, амма шуьйрачу уьйчахь а вацара к1ант. Кхин а шордира х1окхара к1ант лахар, амма арахь а, ишколан гонаха дитташна т1ехьа а карош вацара к1ант. Дени бохуш волу 1адланан доттаг1 ца хиллехьара т1епаза вайна ваьллера 1адлан.
- Суна-м хаъа 1адлан стенгахь ву… тхо переменехь лечкъаргах ловзуш д1алечкъачахь хила веза-кх и, - элира Денис, куьйг а лаьцна Амнат Мовладовна д1а а озаеш.
Ишколан т1ехьа, котельни чекхйолучохь, керта йистехь ишколан директора д1аьвшен мотт берашна 1едало схьахоьцуш долу ахча лачкъо дагадеина, белхалой бехке беш ц1ог1не баьлла, хаза сурт хилла хьун санна г1ундалг1еш лестачу схьабалийра х1орш Денис.
- 1адлан, хьо кхузахь вуй? Гучуваьлла хьо, аравала! – кхайкхира Денис.
Б1аьргех хьоькхуш б1аьрхиша башабина буй а болуш, коьртара месаш т1ера дуьйна хечин когашна т1е кхачалца шавериг баь1ех а вуьзина г1ундалг1ешна юкъара аравелира миска 1адлан. Ша обарг санна лаца баьхкинчу берашка, лоьрашка, хьехархошка а хьаьжина, вада дагахь д1аволавелира к1ант. Амнат Мовладовнас куьйг а лаьцна схьаозийча, 1адлан дуьхьала г1оьртира.
Орцаха яьлла йеъначу ден йишас Заремас элира, г1уллакх кхин далале:
- 1адлан, ма г1олахь д1а!  Хьо стенга воьду?
- Со воьдура-м ву! – дош раз а доккхуш олуш, тохавелира к1ант.
- 1адлан, мехий детташ дац хьуна! – мохь туьйхира 1адланан орцаха даьхкинчу берех цхьамма.
1адлан, буйнаца б1аьрхиш д1аса а хьоькхуш велакъежира.
Классе чубаьхкира шаберш а. Лоьраш д1абуьйлабелира шайн болх бан. 1адлан д1аса хьожуш вара къайлаха, амма лоьрийн карахь маха хаалуш бацара. Бераш т1екхойкхуш лакхалла юстуш, б1аьрса муха ду хьовсуш бара лоьраш.
Эххара а 1адлан т1екхайкхира лоьро. Дег1ана лакхалла юста буха х1отта везара аннех бинчу бустамна. Т1ера шена у чу дужура долуш санна хьаьжина, шен дег1ана локхалла юстийтара 1адланас. Б1аьрса дика дуй хьовса а вигира 1адлан.
- Цкъа цхьа б1аьрг д1а къовлий, алал х1ара х1ун элп ду? – элпаш т1ехь долу у гойтура лоьро 1адланина. 1адлан, х1инца а дакъадаланза долчу б1аьрхишна юкъахула хьоьжура, цкъа цхьана б1аьрга хьоьжуш, т1аккха вукху б1аьрга хьоьжуш.
- Ца го хьуна? – хоьттура лоьро, жимма даккхийра элпаш а гойтуш.
- Ца го суна! Ва, ца го! Гура а дац, сайна ца лаъахь! – ша тайпа д1адийкхира 1адланас лоьрашна, шеца тахана цара йинчу харцона. 


1адлана проект

1адлан кхоъалг1а классехь волуш «окружающий мир» предметан проект кечъян болх беллера. Компьютер а, Интернет а оьшуш болх бара и, ткъа и болх 1адланин ден йишина Заремина дика хуура бара, х1унда аьлча и ИКТ белхана т1ехь директоран г1оьнча яра.
- Тоьта, проект еш г1о оьшура суна, - г1о деха веънера к1ант.
«Тоьта» сиха йоллуш яра балхахь, школехь мел болу болх компьютеран т1ехь бан безаш бара, Дала бекхам бойла и компьютер юкъяккхинчу пхьерана. Йоццачу хенахь массо а хьехархоша 1амон безаш бара шайна болх бан компьютерна т1ехь. Кегийрачу хьехархоша-м институтехь а жимма 1амийнера шайна компьютерна т1ехь и болх, ткъа баккхийрачу хьехархошна 1емаш бацара и болх. Цундела муьлхха а «лекхара» белла болх, хьаьвззий Заремин коча бог1уш бара. «Миска» хьехархоша шайна ца хууш дериг, шаьш 1амо к1езиг къахоьгуш дерг, доцца дийцича, шайна дика хууш дара и ткъа Заремас г1о ца дара бахьана долуш, шайна т1едиллинарг кхочуш ца дало, олий шайна кочара дохура.Вовше барт  бича и дан кхи хала а дацара.Куьйгалхо а сиха бертайохура, цхьана белхалочуьнга иттане меттане болх д1ацакхехьалойла ойла ца йора.  «Воьдаг лалла»- олуш хилла вайн дайш.
- 1адлан, «тоьтин» х1инца йиш яц, жимма собар де, - аьлла к1ант тергал ца вира Заремас.
К1ант реза вацара, шена т1е кхаьчначу хенахь «тоьтин» хан ца хиларна. К1антана ца гора «тоьтин» гонаха хьийза харцо, амма воккха хилча цунна шена а гура ду х1окху директорша, хьехархоша, кхин эзарнаш белхалоша,
шаьаш ца бан и болх хьанна а коча буллур буй.
- Со д1авоьду! – элира 1адланас.
Х1инца-м жимчу к1ента вахан меттиг бара, и жима хилар бахьана дара и. Амма воккха а хилла балха вахача, массара а санна, лийрйоцу бюрократица къовсам латто безар бу кхуьнан.
- Ца воьду! – шен йиш ца хилар гойтура «тоьтас»
- Со воьдура-м ву! – д1аволавелира к1ант шен х1инца бен долалуш доцучу дахаренга.
 



1адланан зезагаш.

Б1аьстенан малхо можалла елла къаьрзина зезагаш гулдира 1адланас шен ден йижаршана Зулашана а, шен нанна Лайлаъ а. Дикка къахьегнера к1анта зезагийн курс гулъеш, жимчу к1ентан дуьххьара курс. Шина ден йишас баркалла элира к1антана, хаста а вира, дика к1ант ву аьлла.
Цхьа г1алат даьллера 1адланегара, ца хууш. Оцу хенахь балхара школера ц1аеначу кхоалг1ачу ден йишас тидам бира, зезагаш шена 1адланас ца деъна хилар.
- 1адлан, «тоьтина» ма ца деъна ахьа зазагаш, - к1ант хьовзавеш элира Заремас.
К1ант воьхна хьаьвзира. Мох санна кевнах арахьаьдира. Дависарг, б1аьстено дуьххьара бацалахь хьалакъовдийна зезагаш-м 1адланас шадеригш хьалагулдинера. Гуттара къахьегча масех можанигш карадира к1антана. Велавелла, векхна шен ден йишина ведда веъна кховдийра к1анта ши-кхоъ зезаг.
- Лайлаъна, Зулашна-м дуккхо а ма деъна ахьа зезагаш, - к1ант хьовзош, элира Заремас.
1адлан воьхна хьаьвзира цкъа, т1аккха х1иллане вела а къежина, Заремина лерга улло веъира:
- Тоьта, аса царнна еънарг еккъа ц1ена буц ма яра! – к1елхьара велира и.


1адлан инфляци.
 
- Ахьа «пхиъ» даккхахь, аса туьма лура ду хьуна, - элира ден йишас Заремас 1адланига.
1адлан хьалхара классе дуьххьара араваьлла вара, цунна-м и «пхиъ» даккха дукха атта ду моьттура. -- «Тоьта», аса-м х1ора дийнахь доккхура ду туьма! – элира 1адланас.
- Мегар ду, дош ло-кх ахьа суна, лой ахьа? – барт т1еч1аг1бира к1антаца ден йишас.
Школера дешаран денош д1адоладелира, масех де а делира 1адлан, шен ден йиша болх беш йолчу, ИКТ кабинета чу гучу ца волуш. Масех де д1адаьлча веларан байракх юьхьт1ехь а лепаш Заремин кабинета чу веъара 1адлан.
- Ахьа х1ун леладо ахьа? Вон лелаш ма вацара хьо классехь! – хаьттира ден йишас.
- Велакъажар лахдира к1анта. Вац дера со-м вон лелаш, - халахитира к1антана.
Зарема дохко елира ша аьллачунна. Болх хала хиларна, цунна-м дицделлера шен к1антаца хилла барт. Т1е а яхна, маракъевлира цо к1ант.
- Муха ду хьан г1уллакхаш? – хаьттира Заремас.
- Дика ду… - сецира к1ант.
- Х1ун леладо ахьа т1аккха?
- «Тоьта», сайн туьма д1адахьа веъна со! – кхетийра цо ден йиша.
- Ма дика ду и. «пхиъ» даьккхина ахьа? – сиха туьма делира к1антана Заремас.
Цул т1аьхьа а кест-кестта вог1ура 1адлан, шен «пхиъ» даздан. Иштта шо а чекхделира, шолг1а классе а велира 1адлан. Массех бутт чекхбаьлча цхьана дийнахь гучувелира к1ант шен «пхиъ» а дохьуш, ден йишина кхаъ а бохьуш.
- 1адлан, ма дика ду ахьа «пхиъ» даьккхина. Иштта деша ахьа, оьшура ду хьуна дахарехь, - хастийра Заремас к1ант, туьма д1а а кховдош.
К1анта туьма схьа ца ийцира, реза вацар а хаалуш дара цуьнан хьажарехь. Ден йиша цецйоккхуш д1аса а хьаьжира и.
- 1адлан, туьма ца оьшу хьуна? – хаьттира Заремас.
- Тоьта, оцу туьманах х1умма а ма ца йог1у х1инца! – хаийтира к1анта шен дог-ойла.
- Х1унда? – хаьттира ден йишас.
- Инфляци! – кхетийра к1анта.
- Инфляци х1ун ю? – теллира Заремас к1ентан хаарш.
- Тоьта, инфляци х1ун ю, ца хаьа хьуна? Цхьа туьма а эцна буфете ваг1ача, хьалха санна пираьжка ца ло-кх!


 

 


Рецензии