Миниатюры РОО

                Воккхачу стеган зудчуьна  паспорт хийцар.

1.
Цхьана воккхачу стеган зуда яхана хиллера т1аьххьара хуьйцуш долу паспорт хийца.
- Хийцан хьан паспорт? – хаьттина воккхачу стага зудче и ц1а еъча.
- Хийцина дера… паспортана т1е тоьхна сурт хаза-м ца даьлла сан, - реза яцара зуда.
- Ой! Хьайн 15 шо кхаьчча даккхийта дезаш ма хиллера ахьа и сурт, - хьехар дора воккхачу стага.
                15.01.2019 шо.
                ДУ (дешаран урхалла) испециалисташ.
2.
Дешаран урхаллера ши испециалист кампеташ эца туькана йоьдуш яра.
Кхоалг1аниг наб озийна ч1енги к1ела буй а г1ортийна 1аш яра.
- Хьо йог1ий туькана? – хаьттира кампеташ эца йоьдучу шимма.
- Ца йог1у, со иштта а хаза ю, - жоп делира набарх яланза йолучо.

                Керла телпо-з1е.
3.
Керла телпо а эцна, цунна т1ехь болх бан ца 1емаш воллура цхьа Дешаран урхаллин испециалист.
- Ваццап юй хьан? – хаьттира уллохула т1ех волучу цхьана воккхачу стага.
- Ю дера са-м… ваццап а ю, «Приора» а ю сам, - жоп делира хьекъален корт.

                Г1алара еъна хьаша.               
4.
«Ц1ОКО» (ц1ентр оценка качеств образовани) олуш йолчу леккхарчу организацера т1ехьажа еъначу цхьана мечикна улло а ваьлла вог1ура ДУ испециалист цхьа воккха стаг  готтачу уьйчахула. Воккхачу стага шена хьалхара не1 схьа а йоьллий, ша хьалха не1арах чоьхьа йолийтуш хилар тайнера мечикна.
- Ой, х1окху Нохчийчу еъчахьана, хьо воцург, не1 а йоьллуш, со хьалха чоьхьа йолийтуш боьрша стаг ца вели-кх суна, - къежара мечик. – И шун г1иллакх ду иштта акха, шайн зударий т1аьхьа а бохий, лелар, ширчу заманахь  санна? Ахьа со-м ма йолийту хьайна хьалха чу, не1 схьа а йоьллуш, - хоьттура цо.
- Тхайн зударий хьалха чу ца бовлийтар, акха хилар дац тхан, - мечик кхетон г1ертара воккха стаг.
- Ткъа х1ун ду и, акхалла бен, - къар ца лора мечик.
- Зуда хьалха чоьхьа яьлча, цунна коьртаха х1ума ца тохийта, тхаьш хьалха чоьхьа довла тхо, - кхетийра эххар а воккхачу стага лаккхара хьаша.
                21 январь 2019 г.

5.      Шавериг а шена т1аьхьа ваьккхина д1авуьгуш волу испециалист Мохьмад
Малх делкъана хьала баьлла соцунг1а хилла лаьттачу хенахь, ДУ (дешаран урхалла) испециалисташ а, цаспециалисташ а, шайн белхан ц1е дукха хенахь йицъелларш а, кехаташ д1акегош, схьакегош… т1аккха вукху аг1ора кегош балхана хаъъал ницкъа бан г1ерташ бохкура.
Кехатийн эрна бечу балхо б1арзвина, луларчу кабнетана чу, «шавериг а шена т1аьхьа ваьккхина д1авуьгуш верг» - аьлла лаккхара ц1е йолчу Мохьмад волчу, веъира воккха стаг, ДУ-хь (дешаран урхаллехь) къар велла кочура ца волуш висина пенсионер.
«Лулахочо» бийцира, бийцира шен бала, кхин цкъа а, кхин цкъа а:
- Х1ара кехат гой хьуна? Х1окху кехатана т1ехь бан беза болх къематен де ду-кх!..
 - Х1ара кехат гой хьуна? Х1окхунна т1ехь хьега дезаш долу къа, дийцина а вер вац, х1ара а..., х1ара а, кхин  х1оккхула  а  къахьеган деза-кх!!!
- Х1ара кехат гой хьуна?..
- Ткъа х1ара кехат!
- Ткъа х1ара!!!
Воккха стаг корта лестош а лаьттина, ара валан  вуха  д1аволавелира, лесточура корта а ца сацош. Не1аран саг1ехь  сецина  г1ийла  вуха  хьаьжира и:
- Со-м сайн оцу кехатийн (бюрократийн) бала балхон веънера хьо волчу.
- Ой, собар де ткъа, бийца хьайн бала, дош олуш   ахьа  нахе  бийцича,  бала а жимма  лахло  хьуна.
- И бала-м ахьа суна айхьа бийци, - олуш д1авахара воккха стаг.
______________________

6.                Истарши  испециалист  1алавди.

ДУ (Дешаран урхалла) истарши испециалист 1алавди вара, х1ора дийнахь «Ц1ОКО-но» (ц1ентр оценка качеств образовани) дешархошна а, хьехархошна а х1уьттарена ишколашна еллачу тестийн отчет, ишколаша «ЦIОКО-н» Интернет-сайтана т1е яьккхиний хьожуш, 1уьналла деш.
Д1атуьйхира 1алавдис цхьана ишколе телпо-з1е:
- Шун да хьакхийца… аша Интернетана чу яьккхиний тестийн отчет!
- Яьккхина-а-а! Яьккхина-а-а-а!!! – хезира дуьхьала, дахделла, дуткъаделла, к1адделла аз.
Д1атуьйхира 1алавдис кхин цхьана ишколе а телпо-з1е:
- Шун да а, ден ваша а!!!.. Аша Интернетана чу яьккхиний тестийн отчет!!!
- Ва, 1алавди-и-и, яьккхина, яьккхина, селхана дуьйна… аьлча а, 1уьйрана… аьлча  а, суьйрана…
Д1атуьйхира 1алавдис телпо-з1е кхин цхьана ишколе а:
- Шун да а, ден ваша а, цуьна вешин ваша а!!! Хьакха юуш!!! – дов дира цо. -Тестийн отчет чу х1унда ца яьккхина аша, Делан мостаг1ий! – олуш х1инцалерачу нохчийн хьаькимийн озаца т1ечевхира Дешаран урхаллин Истарши испециалист.
- Делахь ца хаьаа суна-м ахьа х1ун отчет юьйцу, ша х1окху цхьана вехаш волчу стагана динчу ц1ено чохь айса еш йолчу иштукатуркех лаьцна ца язъяхь и отчет, - жоп делира аз доьхначу иштукатуршиц-зудчо.
Телпо-з1е харцахьа кхеттачух тера дара 1алавдин х1инца-м.
________________________________________
                20.02.2019шо.          


7.                Истарши испециалист Шема.
                (Шема Йинчу денца декъала йеш)
Йина де ду, аьлла совг1аташ дира истарши испециалистана Шемина ДУ (дешаран урхаллехь) мел волчу воккхачу, кегийрачу, лакхарчу, лахарчу испециалисташа. Мел к1езига а, цхьа машен йоьттина хир йолуш совг1атана х1ума вовшаха кхеттера Шемин.
Х1усамда, Эстамаран к1ента, к1ентан к1анта, машенахь т1аьхьа а веъна д1а йиган карах ца долуш, итт туьма а лой такси кхойкхура Шемина даима а. Цундела, Шемица цхьаьна болх беш волчу гергарчу Воккхачу стага, кест-кестта шеца ц1а д1акхетайора истарши испециалист.
Тахана а хаьттира Воккхачу стага:
- Шема, со ц1а воьдуш ву, хьо д1акхетайой шун ц1а? – аьлла.
- Дера ца кхетайо тахана-м… Эстамиров едет! – кур-ра жоп делира истарши испециалистас Шемас.
- Суна-м хаара, шена д1аяхьа х1ума хилча, и шун Эстамиров хьо д1айига машенахь вог1ур вуй! – элира Воккхачу стага.
                21 февраль 2019 шо.
               
8.                К1едачийн де (День ленивых)

Цхьана воккхачу стеган хилла ч1ог1а к1еда, карх ца долуш зуда. Ша деш долу г1уллакх (нагахь дагадеъча) дина ца йолуш, д1айолалуш, схьайолалуш, соцуш «Ванах, со х1ун деш ю-ю! Со мила яра-а! Аса х1ун леладо-о!» - бохуш санна лаьтташ, ц1енкъа юккъе д1а а хуттий.
26 чиллан беттан де «К1едачийн де!» - аьлла д1акхайкхиний хиира зудчунна телевизорна чухула.
- Хьажал, стаг, ахьа бохура со к1еда стаг ю, сан г1уллакх дан карах ца долу! Тахана шадерг дуьне а ду К1едачийн де даздеш! Гой хьуна! – т1ехтуьйхира зудчо.
- Неха-м шарахь цхьа де хир дара и «К1едачийн де», хьуна-м х1ора де а ду и, - элира воккхачу стага.
                2019 шеран чиллан беттан 26 де. 

10. ДУ (дешаран урхаллехь) лакхара классан испециалист йолучуьра хьалхарчу классан испециалист, аьлла зарплата т1е ца тоха керла ц1е а елла, лелаш йолчу Макка шен миска зарплата схьа ца луш гуттар а карточкана т1е даьлла смс лара еш хуьлура.
- Эх1, зарплата т1е даьлла-кх вайна! Хьоьгара кхаъана 50% хьан зарплата дог1у суна, - аьлла хаза хитира цунна шен телпо т1е хаьжича, уллохь 1аш волчу ша санна миска испециалистана кхаъ а баьккхира цо.
- Ой, соьга а ца боккхуш, хьаькиман г1оьнча волчу Ахьмаде баккха безаш ма хиллера ахьа и кхаъ! – жоп делира вукхо.
- Х1унда? – цец яьллера Макка, шена 50% хир яц аьлла тарделла.
- Цуьнан зарплата 40 эзар ду, сайниг-м 17 бен дац. Цунна бу-кх и боккъал а кхаъ! 

12. Ахьмадас телефон тохар.
Со улло т1е вахача а лаьтташ хилар телпо етташ.
- Алло!
- Хьо хьаьнга етташ ву телпо?
- Хьоьга етташ ву-кх.
- Делахь, алло! – лерга лецира телпо.

13. ДУ (дешаран урхаллин) хьалхарчу классан испециалист Макка электроэнергин урхаллин белхалочуьнга маре яхар нисделира. Цхьаъ испециалист марехь яра хин урхаллин белхалочуьнгахь. Ши йо1 хьовзайора белхалоша хи д1адаьлча а, электричество д1а яьлча а: вайн невце телпо тоха еза, олий.
Цхьана дийнахь свет д1айоккхуш, схьайоийтуш, д1айоккхуш, схьайоийтуш, компьютераш болх бан ца юьтуш лаьттира.
- Макка, и вайн нуц тахана-м кеп йина ву моьтту суна, - элира цхьана белхалочо.

14.    - Мачаш х1унда ца ц1анйина ахьа?
         - Мачаш ц1анйича хьо д1а г1ура ву со а йитина!
_________________
15.   - Почему ты даешь списывать подруге?
        - Она не списывает, она мне расставляет запятые!
16.  - В учительской стало свободнее. Стол что ли вынесли отсюда? – не понимал воккха стаг.
- Пыль вытерли, - объяснила учитал математики Хьава.
               
- Х1окху учиталски кабинетана чохь меттиг шоръелча санна ма хета суна. Х1окху чуьра цхьа, шиъ истол араяьккхина моьтту суна? – ца кхеташ хьоьжура воккха стаг чухула д1а-схьа.
- Деллахь ца яьккхина кху чуьра-м цхьа а стол ара. Эццига техничкас горгам а хьаькхина цхьажимма чан д1а яьккхин-кх! – кхетийра воккха стаг математикан хьехархочо Хьавас.

17.   Ишколан столови чохь истолана гонаха хевшина 1аш иттех хьехархо-зударий бара. Столови чу веъира хьехархо-воккха стаг, чайн истака малан дагахь. Зударшна юккъера дирекхторан г1оьнча а йолуш, г1иллакхен жимчу зудчо Фатимас сиха воккхачу стагана чайна истака доьттира:
- Х1окху зударшна юккъе ца хааво аса хьо, кхаж баларна кхерам бу хьуна, - элира воккхачу стаге жимчу зудчо.
- Цхьа-шиъ кхаж баьлча а новкъа-м бацара, - ша-шега олуш санна элира воккхачу стага.

18. Чохь г1уллакхаш дан а ца хаа хьуна! Вон зуда ю хьо, хьо д1а а яхийтина, кхинарг ялон еза! – дов дора воккхачу стага шен зудчунна.
- Ва, стаг, со х1унда ю вон! Молуш а яц, узуш а яц! – бехказа юьйлура зуда.

19. Руководитель курсов Разита недовольна тем, как учителя медленно говорят:
- Используйте слово «итак», говорите уверенно!
- А нельзя говорить «дуй хьуна!»?
                2021 шо.


Рецензии