Давдаева ПетIамат. Ненах лаьцна дош
Ненах лаьцна дош
Доьзалхо декхар ву шен Нана йеза.
Нанна бер деззачул берана Нана
Цайезар къилахь дац, вай кхета деза:
Сов ма бу Нанна бер дезаран бАрам.
Ненан хьакъ дIадала хан каро йеза,
Байттамал хуьлуш ду вицвелла ваьхча,
Оьмарш вайна йелла йу тоьхна цхьа доза,
Бехказа вер вац хьо: «Ца ларий!» - баьхча.
Дикаллех дуьзна ду вайн нанойн дегнаш,
КIант-йоI дика ца кхиъча къа ма ду церан,
Дегайовхо вайх йолуш цара къахьегна,
Иштта ненах доглаза деза хIора беран.
Свидетельство о публикации №222090900217