Шийла Iад хьокху пондар
(перевод Луизы Исраиловой)
Тахана сайн пхьалгIи чохь карийра суна и – Iад хьокхучу пондаран кепехь дайн сеттина а долуш, чекх са го ангалин шиша.
Ас сайн караийцира и, дагалецамаш тIегIортарна, кийрахь мел дерг тIекIалделира…
1999 шо. Сан гIали чохь тIом бара. Тхешан цIа йуха а дIатаса дийзира тхан. Да хIинца Нохчийчохь Iийра, ткъа тхоьца дIа нана йеара. Деваший шен доьзалца, ненаца тхо диъъий дара цхьаьна. ЦIахь Iен ца дезчахьана, доьлху меттиг муьлха йу а ца хууш, вовшах а кхетта, новкъадевлира тхо. ТIеман иэрчалла кхин ган а, хаза а де дацара. ХIаъ, шера хаьара тхуна тIом хIун йу а, стиглара чуоьгучу бомбанийн, снарядийн шакаршца а, церан лелхаршца а уьш муьлха йу а. ХIетахь сан берхIитта шо дара – уггаре дахарх Iехало, деган къайленехь массо а дикане сатуьйсу хан – ткъа хийла хIума лан-м дийзи… Иштта хила ма ца йезара къоналла.
Тхо ГIалгIайчу дахара, ткъа бухахь дикачу адамашна тIенисдаларна, цара гIо дира тхуна. Чохь Iен тховкIело а йелира, йа цунах мах а ца баьккхира. Йеса лаьттачу жижиг лелочу цехах керла хIусам хилира тхуна. Тахана санна дагадогIу сайна хIетахь хьалхахIоьттина сурт; аьчкан стоьлаш, йаккхий жижигъохьургаш, жижиг хьалатосу мIерий, кхин а суна ца бевза цхьацца гIирсаш. Иштта а, адамийн цIий Iеночу тIеман Iаламатах девдда долу, хIокху чу тхо кхачар а бар-кха кхолламан цхьа къаьхьа кхардам. Нанна а, девешина а, стенна делахь а, тхан керла тIетовжийла дика меттиг хетара. Амма тхан, церан берийн, коьртехь дерг царна хууш дацара. Цу шарахь деънарг сан дахарехь уггар шийла Iа дара. Лаьттахь, тхайна гIо дечу наха йеанчу гоьнаш тIехь хуьлура тхан дийшар. Дийнахь тIехь лелош йолчу курткех, пальтох буса тхайна гIайбанаш, йургIанаш дора оха. ДагадогIу, нанас гIайба боцуш вуон йора наб, цунна и кхетийтархьама, оха тIаккха мелла а кIеда йолу тхайн курткаш кховдайора цуьнга.
Йуучуьнца йукъ-кара «Красный кресто» гIо дора тхуна, амма, ма-дарра аьлча, напгIина оха кхин са а-м ца гатдора. Луург, мелла а сиха тхайн цIа даха лаар дара… ЦIахь мел даа хIума дацахь а, хене довлалур ма дара. Ткъа цу хена уггар чоме хета даар хохаца молу чай дара. Цкъацкъа хетало суна, ванах и дерриг хила а хиллий-те, ишттаниг бакъ хуьлийла а дарий-те, олий, амма хила-м хилла… Шелонан хьожий, тидамза хьо шех вулуьйтуш йолу, цIа гатдо сай, цкъа а хьох дIа ца къаьсташ долу – дерриг суна тIеман басе дирзинера.
Цкъа сан воккхах волчу вешина мухха а цхьана цхьа а цIа доцчу кIантера шишанаш дуьхьал ахча лой хиънера. Вешица цхьаьна нехаш дIакхийсуьйла йолче уьш лахьо даха сацам охашимма а бира. Iад хьокхучу пондаран кепехь долу и шишанаш суна цкъа а диц лур дац! Стенна дара а хаац, уьш чIогIа мехала лоруш дара, ткъа нагахь ишттанаш карийча, тхайн боккха аьтто нисбелла лорура оха. Сайн 15 шо долчу вешица хийла текхадора охашимма ангалих дуьзна и деза, боьха галеш. Цкъа дуьххьара тхайн «цIа», цех чу, дохьура охашимма уьш, цигахь цIандой, йуха ваша ша гIуора уьш дIадала. Да хIинца а тхоьца вацара, уггаре хала йеана хан йара иза тхуна. ЦIера хьал а, дех хилларг а ца хууш, дийшалуш йа хIума йаалуш дацара тхо. ДагадогIу, хIетахь дас машенаш сих-сиха хуьйцура. Оьцуш, йуха йухкуш, тIаьххьара эцна машен, и муьлхачу марканах йара-м дага ца догIу, амма стигал басахь йолуш, шатайпа хаза йара.
Иштта дIабелира масех бутт, дегара хьал цахаарна, тхо хьере хиллера. Тхо чохь Iаш долу цех гIали йистехь цхьана гу тIехь йара. Цуьнан кевнал арадевлча, керайукъахь санна, гуш хуьлура тхуна гIала. Цигахь, гIента охьа а ховший, лахахь схьагучу гIале хьоьжуш Iара тхо сих-сиха, ткъа тIехула, Нохчийчоь йолчу агIор, къорачу гIовгIанца кеманаш а, беракеманаш а хийла тIехдуьйлура тхуна. Оцу миноташкахь сингаттамо чIогIа охьатаIавора, хIинц-хIинца къемате цхьаъ хуьлу хьуна олий а хеташ.
Цул тIаьхьа цхьа хан йелира. Цкъа арара чувеанчу тхан жимахволчу вашас элира: «Суна заправкехь вайн дадичух тера машен гира, амма цу чохь цхьа а вацара». Тарделла хир ду, масане хуьлу ишттаниг а аьлла, цуьнан хабар кхин башха тидаме а ца ийцира оха. Делахь а, цхьа ши де даьлча, кхин Iен а ца делла, цигахь машен йу -йац хьовса заправке даха лиира тхуна. Вашас тIедигира тхо – дечух тера машен ша йолччохь лаьтташ йара. Тхо герга дахара. Азвелла, кIадвелла, сингаттамо охьатаIийна тхан хьоме да чIогIа наб кхетта вара. Тхо машенна тIедетталора. Цхьамма кор деттара, ткъа вукхо – мохь: «Дада, Дада!»
Иза, оха деттачу маьхьарех самаваьлла, хьалаиккхира. БIаьрхиш, хазахетар! Ма ирсе дара тхо тхайн да дийна хиларна! Кхин са а ца тохаделла, тхуна тIаьхьавеана хиллера и. Муьлхачу гIалахь ду хаьара цунна, амма билггал муьлхачу меттехь ду хууш ца хиллера. Тхо лоьхучу ханна машен чохь буьйсанаш йаха дезнера цуьнан, ткъа хIинца хIара Iаламат- тхуна тхаьшна карий и! Цул тIаьхьа шераш девлла. Йуха а сан карахь ду Iад хьокхучу пондаран кепехь долу шиша, ткъа зама, шен йайчу тулгIенашца, кхуьнан чекх са гучу ангали чохь сецна хетало. Дерриг а дисина иэсехь…
Свидетельство о публикации №222091700007