Г1арг1улеш. Берашна сценари

               
               (Сан кружокера бераша сцени т1ехь ловзийна)
              (Стела1ад т1ехь арайаьлла кружковцийн ц1арах)
Дакъалоцурш:

1. К1айн иччархо.
2. 1аьржа иччархо.
3. Нана-г1арг1ули.
4. 1аьржа т1ам.
5. Сира т1ам.
6. К1айн т1ам.
7. Баьчча-г1арг1ули.
8. Баьччан накъост-г1арг1ули.
9. Къена Борз.
10. Къона Борз.

                1-ра сурт

(1ам, цунна гонаха баьлла эрз, и сурт экрана т1ехь. Лакхахь, х1аваэхь лелачу хьозийн, г1ург1езийн сурт. Гучуйолу Нана-г1арг1ули а, кхо г1арг1ули к1орни а.)

К1айн т1ам. Ма хаза дуьне ду-кх х1ара! Хьовсийша, сан хьоме йижарий, х1ара хаза сийна тулг1е, махо хаза лестош болу и баьццара эрз! Сайн ницкъ кхаьчча, массо г1арг1ули а, хьозий а, д1о стигалхула тулг1енаш санна хаза, шайн к1айн т1емаш лестош лела и г1ург1езаш а ирсе, машаре йохуьйтур йара-кх ас! Ма хаза дуьне ду-кх х1ара!
Нана-г1арг1ули. Сан хьоме йо1, К1айн т1ам, хьо санна дог ц1ена долуш делахьара дуьненчохь мел дехаш долу х1ума а. Амма х1ара, бух боцчу 1омах ц1а хилла лаьттина, буькъа эрз а бу мажбала боьлла. Чекхъели вайн хаза хан-аьхке. Кестта дуьйлалур ду и шийла гуьйренан дог1анаш. Вай кечдала деза геннарчу, х1орда дехьарчу бовхачу махка д1акхалха, йуха б1аьсте т1ейаллац. (Гайг1ане корта ластабо). Ца хаьа-кх вайх массо а цига д1акхочий а…
Сира т1ам. Нана-г1арг1ули, хьо ма г1айг1ане йу тахана. Хьажахьа оцу дашочу малхе! Мел хаза а, бовха а бу и! Хьажахьа оцу сирлачу мархашка, мел хаза техка уьш оцу стигалахь, ша и г1ург1езаш санна!
Нана-г1арг1ули. Сан йо1, Сира т1ам, хьо х1окху шарах бен ца йаьлла х1окху дуьнен чу. Хьуна х1инца а ца йевза 1аьржа мархаш. Цара кестта д1акъовлур бу и бовха малх. Цара дахьар ду вайна шийла дог1а, вай кхузахь хьелахь, и шийла ло а кхочур ду х1окху хазачу аренга, х1окху йалсамен санна болчу 1ома т1е.
1аьржа т1ам. Нана-г1арг1ули, ма ирча сурт ду ахь тхуна хьалха х1иттош дерг! Ма кхераехьа тхо. Х1ун дан деза оха, дийцахьа цул а.
Нана-г1арг1ули. Сан хьоме бераш, аш сиха белаш кечам генарчу махка даха новкъадовла. Вай, мог1а нисбеш, стигалхула д1адаха 1ама деза. Вайн кестта, вешан баьччина т1аьхьа а х1иттина, даха дезар ду генарчу махка. Т1аьхьах1иттал суна, ас 1амор ду шу.

(Нана-г1арг1ули хьалха а йолуш, мог1а нисбой, т1аьхьах1уьтту бераш-г1арг1улеш, цара, ирхйовлу кеп х1иттош, гуонаш туьссу. Сценин цхьана аг1ор гучуволу доккха ши мекх а долуш, ирча духар а дуьйхина, гехь топ а йолуш, 1аьржа иччархо.)

1аьржа иччархо. (К1адвеллачу кепехь, хьаьж т1е куьг а хьокхуш) Эх1-х1ай, ма к1адвелла-кх со тахана. Са а тасале араваьлла, г1аз-бад лохуш лелаш ву со, х1ара уьшалш толлуш. Х1окху боьхачу 1омалахь, эрзаш йукъахь йехаш-1аш йолу х1ара г1езаш а, бедаш а йаъа муха мега техьа. Х1орш-м шаерш а йайина д1айаха йезаш йара х1окху дуьненчуьра а. Х1ара дуьне бехдар бен, цара беш пайда бац! Собар де аш,бедаш-кедаш, г1езаш-медаш! Ас бер шун болх! Со цкъа т1екхачийта аш шайна! Ас, шаерш а йайина, х1у дойур ду шун! Ас х1окху тоьпан патармаш кхачадаллалц х1аллакйийр йу шу! Со-м, к1адвелча, мацвелча, ч1ог1а дера хуьлуш вай! Собар де аш! (Ц1аьххьана г1арг1улеш го) Ой, хьажахьа х1окху 1оржамашка а! Хелхайовлуш йац уьш? Х1ара дуьне дуьзина-кх аш а, беш пайда а боцуш! Собар де аш! (Тебаш, улло вог1уш, топ хьажайо).
Нана-г1арг1ули. (1аьржа иччархо го цунна) Иччархочо хьажийначу тоьпана дуьхьалайоду иза, ши т1ам а баржабой, шен к1орнешна топ ца кхетийта). Ва-ай! Сан к1орнеш, йовдий к1елхьарйовлалаш! Вайн уггар луьра мостаг1 ву шуна вайна текхаьчнарг! Иччархо!
1аьржа иччархо. Хьажахь х1окху убаре а, суна дуьхьалйала йоллу-кх. Шун х1у-м ас дойур ду! (Топ йолу).

(Нана-г1арг1ули, лазайина йоллушехь, чукъоссало 1аьржа иччархочунна. Шолг1а йаьлла топ К1айн т1омана кхета. Нана-г1арг1ули, 1аржа иччархочух тийсалуш, охьайужий ле. Оцу ханехь 1аьржа-т1ам а, Сира т1ам а, т1екхетий, К1айн т1омана г1о деш гучуьра йолу. 1аьржа иччархо, Нана-г1арг1ули йоьжча, цуьнан к1орнеш лоьхуш, д1асауьду, топ а хьежаеш. Амма, уьш ца карайой, догдет1ий, соцу. Жимма 1ийча, ша-шега дов а деш, къайлаволу иза а. Кхин а жимма хан йаьлча гучуйолу кхо г1арг1ули к1орни, шимма лаьцна йалош йу К1айн т1ам а. Кхоь а йоьлхуш, йоьхна хьаьвза, елла 1уьллу шайн Нана-г1арг1ули а гой. Шийла мох хьоькху хеза. 1аьржа мархаш гучуйовлу)

К1айн т1ам. (К1адйелла, йелла 1уьллачу шен нанна улло охьахуу, цунна т1етевжий, йоьлху) Ва нана, хьалаг1аттахьа! Тхуна г1о дехьа, нана! Гой хьуна, со лазийна! Сан т1ам лозу, нана!
Сира т1ам. (Гонаха хьийза, ша х1ун дийр ду ца хууш). Ва нана! Оха х1ун г1о де хьуна? Тхо кегий долуш санна алахьа, хьехахьа тхуна оха х1ун дан деза! Хьастахьа тхо! Тхо шелло, нана! Ахь дийцина шийла дог1а дог1у! Ахь йийцина 1аьржа мархаш схьакхечи!
1аьржа т1ам. (Йоьхна хьийза) Нана, оха х1ун дийр ду хьо йоцуш? Оха х1ун дан деза?
Баьчча-г1арг1ули. (Т1ейог1ий, корта лестош, къахеташ лаьтта. К1орнешка йистхуьлу). Майра г1арг1ули йара шун нана! Цо турпала т1еийцира шен 1ожалла. Вай иза сийначу тулг1ешна д1айала еза х1инца. Цо цигахь садо1ур ду, вай йухайерзалц. Шу тхоьца д1айахка еза бовхачу махка. Шу, кхузахь йисахь, шелйелла, лийр йу.
К1айн т1ам. Сан т1ам лозу. Со стигала ирхйалалур йолуш йац.
Баьчча-г1арг1ули. (Т1ейог1ий хьожу К1айн т1оман лазийначу т1оме). Э-э, дависа! Хьо кхузахь йита йезар йу. Хьо тхоьца геначу новкъа йалура йац. Ткъа шуьшиъ тхоьца д1айан йеза. (Сира т1ам, 1аьржа т1ам лаьттачу аг1ор хьожу).
1аьржа т1ам. Сайн йиша а йитина, со цхьанхьа а йог1ур йац.
Сира т1ам. Суна а оьшуш бац и бовха мохк, цига сан йиша К1айн т1ам йог1уш йацахь.
Баьчча-г1арг1ули. Ойла йан хьекъал ца кхочу шун. Соьга ладог1а, шушиъ а лийр йу шайн йишица, кхузахь йисахь. Шу тхоьца схьайуьйла. Вай бовхачу махкахь к1елхьардевр ду шелонах.
Сира т1ам. Со ца йог1у шуьца цхьанхьа а, сайн йиша кхузахь а йитина.
Баьчча-г1арг1ули. Делахь шуна дан х1ума дац. Со кхийолу г1арг1улеш к1елхьара ца йаьхча ца йолу. Шу марша 1ойла! Оха шун нана хин тул1ене кховдор йу, тхаьш д1айахале. Ас цхьа хьехар дийр ду шуна, шу кхузахь совцуш хилча. Х1ара хи 1ай а г1орадеш дац, хи чохь шуна цхьа а т1екхочур вац. Шу-м 1аьнера йовла а мега, нагахь рицкъа хилахь. Делахь а, шу ларлолаш акхаройх. Амма уггар луьра акхаро – иза адам ду шуна. Иччархо! Шу маьрша 1ойла! (Д1айоьду, йелла Нана-г1арг1ули д1а а хьош).

                2-г1а сурт.
(Экрана т1ехь гуьйренан сурт (йа видеосурт) Стиглахь 1аьржа мархаш йу. 1омана гонахара эрз мажбелла, кегбелла бу. Хьоькхуш шийла мох бу. Лазийна К1айн т1ам 1уьллуш йу, цунна уллохь лаьтташ, и ларъеш, 1аьржа т1ам а, Сира т1ам а йу).
 
К1айн т1ам. Х1ара хир йу-кх и вайн нанас йийцина шийла гуьйре. Ма шийла йу вайна. Ас шуьшиъ оцу вайн баьчча-г1арг1улица д1а х1унда ца йахийтира теша. Шушиъ х1инца бовхачу махкахь хир ма йара. Цигах-м х1инца а аьхке хир йу.
Сира т1ам. Хумма а дац. Коьртаниг вай цхьаьна хилар ду. Вай цхьана нанас йина кхо йиша йу, вай цхьаьна ловр йу хало а. К1айн т1ам, ас х1инцца эрзан лоьдагаш йахьар йу хьуна т1етаса, хьо шел ца йалийта. (Д1айоьду).
1аьржа т1ам. Хара-м х1инца а гуьйре бен йац, амма, вайн нанас дийцарехь, вайна х1инца а 1а ду т1екхача дезаш. Иза-м кхин а ч1ог1а шийла хила дезаш ду. Амма Сира т1ам нийса лоь, коьртаниг – вай цхьаьна хилар ду. Шек д1а а ма йала хьо, К1айн т1ам, хьо кхузахь а йитин, тхойшиъ д1аг1ур йацара, ахь мел г1о баьхча а. Вай цхаьна ловр йу шайолу хало а.
Сира т1ам. (Жимма хан йаьлча гучуйолу, карахь эрзан лоьдгаш йолуш), К1ай т1ам, ас х1инцца йохйийр йу хьо. Х1ара эрз т1е а тесна. (Кайн т1омана т1етосу шен буйнара лоьдагаш).
1аьржа т1ам. (Ладуг1у геннахь даьллачу татане). Собарделаш, сан йижарий, тийна 1елаш. Суна цхьа г1овг1а хезира оцу эрзана дехьа.
Сира т1ам. (Ладуг1у) И х1ун г1овг1а хир йу? (К1айн т1омана хьалха х1утту, и ларъен кеп х1оттош).
1аьржа т1ам. И х1ун г1овг1а йу-м ца хаьа суна, амма иччархочун г1овг1а-м йац и суна хезнарг. (Сира т1омана улло д1ах1утту).

(Сценин цхьана аг1ор гучуйолу ши борз. Царна х1инца а ца го г1арг1улеш)

Къена Борз. Э-э, ма къаххаш ду вайшимма кегош дерш! Хьо йу хьуна вайшиъ х1окху къаххаш йуккъе йалийнарг.
Къона Борз. Ас-м ца йалийна вайшиъ кхуза, со бехк боцуш ма хьийзайелахь.
Къена Борз. Ткъа мила ву вайшиъ кхуза к1ачийнарг? Къухаш йуккъехь ижу хуьлу даима, бохуш.
Къона Борз. Х1окху дуьненчохь уггар нуьцкъала акхаро х1ун йу хаьий хьуна, сан ваша Къена борз?
Къена Борз. Хаьа, дера! Борз йу-кх, кхин х1ун хир йара и?
Къона Борз. Дера йу и барзал а майрий, ч1ог1ий акхаро - адам.
Къена Борз. Ма бе соьца и бегаш. Со жима йолуш дуьйна кхин бегашех кхеташ йац хьуна, къаьсттина тахана санна со меца йолуш. Делора йу ас хьан и бат т1ехьа йерзор.
Къона Борз. Х1аъ, дика дайна г1ан ду, ч1ич1! Хьан-м, хазахета таса а, цхьа а церг а ца йисина.
Къена Борз. (Шен накъостана лерга т1е т1ара а тухуш) Церг ца йисинехь а, и цхьа т1ара-м тухур ду ас хьуна!
Къона Борз. (Т1екхетий охьа а йуьллий, шен накъостана жимма муьшка йо) Ас, дера, йу и хьан багахь цхьа а церг йоцу бат т1ехьа йерзор!
Къена Борз. Ва, орца дала! (Йоьлху) Д1айаккхийша х1ара 1овдал сан кочара. Цо х1ун до, ца хууш т1ара кхеттера бохуш, коча а йеана? (Шен накъостан карарайолий, д1айада г1урту, амма , г1арг1улеш а гой соцу).
Къона Борз. (Д1айеддачу накъостана т1аьхьахьоду, амма, цунна т1е а кхеташ, соцу) Ой, х1ара ду-кх суна сийсара г1енах гина жижиг-галнаш!
(Ши борз, шайн дов дицдой, вовшашка а хьожий, г1арг1улешна улло йоьду, царна хичаш а йеш)
Къена Борз. Ой, шу йахка марша! Шу мичара йевли кхуза, уггар а оьшучу хенахь? Схьайуьйла вашина! Ципа-цип-цип!
Къона Борз. Ма хьейе уьш – сан йу уьш! Суна карийна уьш! Ахьа-айхьа бохура вайшиъ кхуза, къаххаш йуккъе, ас йалийна.
Къена Борз. Х1ан-х1а, сан цхьаъ бен йоцчу цергана кхаллал бен йац уьш! Хьо жима а йу, хьуна кхин а карор йу ижу, ахь дика лахахь!
Къона Борз. Д1айала уллора ца боху ас хьоьга! (Шен накъостана т1екхета).

(Ший а вовшех тасало. Охьайоьжна, керча, вовшашна муьшканаш а йеш). (Эххар а, ший а борз, к1адлой, вовшашна тоха де а доцуш, текхаш, йеалара х1уьттуш т1ег1урту г1аргулешна, вовшашна муьшканаш а йеш. Амма к1адъйеллачу шина барзана т1екхетий, 1аьржа т1амо а, Сира т1амо а т1е з1акарш йетта, жимма, йуккъехула, мийр а тухуш. Дикка тийсало мостаг1ий, вовшийн цхьа а ца эшалуш. Лазийна йолу К1айн т1ам а г1ерта шега далу г1о дан шен йижаршна. Амма т1аьххьара а шина берзан аьтто болу. Цара, кхо г1арг1ули, лоций, кисанара т1ергаш схьа а йохий, вовшахйоьхку).

Къена Борз. (К1адлой охьахуу, йуьстаха а йолий) Ой, хьажахьа оцу цаьпцалгашка, дуьхьалтиссалуш, м1араш туьссуш! Дера йу ас шу, кхарза а ца кхорзуш, кхаьллина д1айохуьйтур!
Къона Борз. (Ша а к1адйелла хилар гойту, охьахуу шен накъостана улло). Хьо убар пис ца хиллехь, вайшимма тоххарехь толамбаьккхина хир ма бара оцу йеха настарш йолчу ц1убдаршна т1ехь! Хьо къанделла гужам, хьайн и муьшан гали санна долу, и даим меца ге бен, кхин х1ума гуш а йац!
Къена Борз. Ахь эр дара суна муьшан гали! (Чукхоссайала г1урту, амма ницкъ бац)
Къона Борз. Д1айалахь суна б1аьргаш а ца къерзош, Делора, йу ас хьо х1инца оцу г1арг1улийн метта д1акхоллур!
Къена Борз. (Х1иллане йолу) Хьажахьа, сан къона доттаг1, хьо санна майра борз х1окху Кавказехь а хир йац. Со мацалла а, къаналла а ч1ог1а к1елйисна, и цхьа г1арг1ули д1акхаллийтахьа соьга.
Къона Борз. И бохург х1ун ду? Кхарза а ца кхорзуш йаа йоллу хьо иза?
Къена Борз. И кхарза собар хенан тоьур дара. Схьалацахьа суна царах цхьаъ, уггар йерстинарг, х1ара сайн цхьаъ бен йоцу церг тосур йара ас цунах!
Къона Борз. Ахь х1ун йуьйцу, ва тентак, кхарза а ца кхорзуш ахь и йиича, хьан дог мустлур ма ду!
Къена Борз. Мустдалийтахьа сан дог а, мог а! Елла со д1айалале, и д1о лазийна г1арг1ули мукъа а кхаллийтахьа соьга х1инцца д1а!
Къона Борз. Ой, иштта схьа х1унда ца олу ахь? Хьо лийриг-м ас хьуна сайн лерг а лур дара жимма 1овша, ахь-м и пекъар г1арг1ули боху.

(Хьала а г1оттий, вовшехйихкина лаьттачу г1арг1улешна т1ейоьду. Т1ийриг схьайосту, амма г1арг1улеш, шаьш парг1ат ма йевлинехь, Къоначу Барзана т1елета массо а. Цо мохь хьоькху, орца доьху Къеначу Барзе. Амма и-м йац кхунна г1о дан де долуш а – к1адйелла, йеълара а х1оьттина, т1ег1урту. Цхьана г1арг1улино мийр туху цунна. Уггар а кхеран дов марсадаьллачу хенахь гучуволу К1айн иччархо).

К1айн иччархо. (Цец а ваьлла хьоьжуш лаьтташ ву) О-о! Ма дов доллу х1окху кулла йукъахь! Ванах, х1ара тасалуш, (Дикка хьожу) дера тасалуш йерш берзалой йелахь а, х1инца х1ума кхеташ йерш а йу моьтту суна берзалой! (Кхин цкъа а дикка хьожу) Э-э! Дала ма йахайе шу! Хьажахьа, лазийначу г1арг1улешна тешнабехк беш йу-кх х1ара ши борз. Дера деза ас оцу г1арг1улешна г1о дан! (Ирахйерзайой, топ кхуссу, берзалой къахкош).

Къена Борз. (Кхерайелла, дег1е ницкъ бог1ий, шен накъосте) Ва, сан къона доттаг1, йадалахь, хьайн кайалахь! Со кхузара йум йан йоллу! Ша тоьлур воцу дов, дитар бен дарба дац, аьлла тхан дедас а!
Къона Борз. (Шех тийсалучу г1арг1улена дуьхаьл т1амарш а лестош, Ма г1олахь, со суо а йитий! Къонах йоцучу барзана шадолу дов а ду хьуна тоьлур йоцуш!
Къена Борз. Сан кънахалла х1окху коьллаш чекхйели! Со хьунхахь йаха йина йу! Хьо 1е хьайна х1окху коьллаш йукъахь, оцу кегий берех а тийсалуш. (Йодий, гучуьрайолу).
Къона Борз. Ой, суна йоькъуш кхаьчна-х йаций и къонахалла! Со а йог1у хьоьца хьуьнха! (Г1арг1улийн карара а йолий, д1айоду, к1елхьарйолу)

(Г1арг1улеш совцу, буйнахь топ а йолуш иччархо а гой, кхералой, шайн йийнчу нанас аьлларг дагадог1ий. Вовшех хьаьрча. Эгайан йуьйла).

К1айн иччархо. Э-э, дела йаха шу дукха, ма кхера а йелла. (Топ букът1ехьа лачкъайо) Дера ву со шуна ницкъ бинарш берзалой йац моьттуш. (Улле воьдий хьожу К1айн т1оман оллабелла кхозучу т1оме). Йан а дера йу, шаьш иччархой ду бохуш, буйна топаш а йоьхкина лелачу браконьераша, топ тоьхна, чов, оцу г1арг1улина йинарг.
(Зале воьрзуш) Доккха х1ума ду-кх хьо! Х1окху миска г1арг1улешна т1е топ хьажош верг, ч1ог1а къизалла лелош ву-кх! Ма дукха нах бу-кх Делан бекхамах ца кхоьруш! Вайн дайша ларбина х1ара мохк адамалла йоцчу нахах, цара лардина вайна х1ара 1алам, х1ара дийнаташ! Ткъа х1инца х1ун хилла техьа адамийн дегнех? Ма къизалла лелайо-кха вай х1окху мискачу г1арг1улешна т1ехь, х1окху дерриге 1аламна а т1ехь! Йалсамани санна хаза йолу вешан хьаннаш, лаьмнаш х1аллакдеш ду-кх вай! Адамаш, дерзийша адамалле! Хилитийша шайн дегнаш дикаллех, кхинхетамах дуьззина!
(Кхерайелла эгаеш лаьттачу г1арг1улешка а хьоьжуш, шен топ, гоьла т1ехь кагйой, д1акхуссу. Г1арг1улешна т1евоьдий, уьш хьосту) Шу ма кхералаш сох! Ас г1о дийр ду шуна! Шу г1арг1улеш бен йацахь а, шуьгара даьлла-кх тахана доккха адамалла! Шайн лазийна накъост бахьана долуш, шайн дахар ца кхоош, къийсаме йевла-кх шу! Йало соьца, шу кхузахь йисича мацалла а, шелонна а лийр йу. Сан ц1ахь 1а доккхур ду аша. Ткъа б1аьстенан йуьххьехь, шун накъостий бовхачу махкара схьакхаьчча, ас шу царах д1утухур йу. Йало соьца, ма кхера сох! Со-м адам дай! Сан декхар ду шун а, дерриг 1аламан а доладар! Йало соьца!

(Г1арг1улеш К1айн иччархочунна т1аьхьах1уьтту, шайн лазийначу йишина г1о а деш).



                Чаккхе.


Рецензии