Малика. Бакъдийцар
(Цайевзачу нохчийн йоь1ан сий лерина! Бакъхилла дийцар!)
- Малика, самайала, хьалаг1атта, сан йо1! Нанас хьайна мел мерза йуург йина хаий хьуна! Хаза йовхачу сискалийн хьожа ца кхета хьуна! Деттина дакъийна жижиг… т1оберам…
Йалх шо кхаьчначу Маликина т1ейог1ий нанас гилгаш доху, цуьнан самайалар дайн хилийта, самукъане хилийта. Х1аваэ йаьлча санна, мархах месаш х1акхалуш, бовхачу малхо хьоьстуш хета, самукъане йелалуш хьалаг1отту Малика. Нанас шовдана хи схьадуттуш, шен горгачу хазачу, к1айн йуьхьах и сирла хи туху йо1а, сабана хьожа йог1уш к1айн гата хьокху цо, ненан карара схьаоьций! Нана къовллий марайуллу… нана йоьлу шен йо1ах самукъадолуш… Малика йоьлу… йоьлу…
Шелоно, мацалло 1овжийначу кийрано самайоккху ворх1, барх1 шо кхаьчна хира долуш йолу Малика. Гонаха 1аьржа йу х1инца, а, х1ара хьаьрчина йижина чохь 1уьллаш долу, жимачу тоьланах тера ор… наха нехаш д1акхуьйсучу меттиган гена доцуш коьллашна йуккъехь ду и ор! Жимчу йо1а ша даьккхина ду и ор… Шен кегийчу куьйгашца… м1араш а кегъеш… г1орийначу лаьттахь, нехан керта уллохь! Оьрна чу буха кхийсина цхьацца бехчалгаш, чах х1уманаш хиларна, бухахь шел ца ло йо1, набарах йоллушехь, кхин самайалан ца кхуьуш, ха хорцу цо, шелъелла аг1о бухахь жимма йохйалийта…
Самайаьллачу йо1ана х1инца а шена хезаш хета шен ненан аз… Амма мацалло кхин а ч1ог1а 1овжийначу кийрано г1ийла аз долийта йоь1ан… наха д1акхийсинчуьра, шена карош йолчу йуучу х1уманах тера хетайелла, х1уманаш йиина 1аржйина жима горга батт. «Суьйрана меттигерчу казахаша д1акхоьссинчу нехашна йуккъехь х1умма а йац техьа, мацалла 1ехо!» - дагадог1у Маликина. Амма шен тоьлийначура шелонах кхоьруш и хьалаг1атта ца ло.
Дависа х1ай Дуьне! Шело а, мацалла а, шайн къовсамехь, 1ожаллийна шийла кхаъ беш, аша х1окху дуьнена чуьра д1а мел дадийна, д1акхаьллина жима а, доккха а са!
Жимчу Маликина Дала, ша и малик санна, х1ора буса доийтуш цхьа месала ж1ала дара… Маликас шен дайн 1едалехь ц1е, а тиллинера цунна «Борз» аьлла. Малика шийлачу буьйсана г1ора ца йойтуш, йо1ана улло… цуьнан миска букъ бохбеш охьадуьжура и… Наггахьа Маликина даь1ахк, а йохьура цо… уьстаг1ан… бежанан… масана хуьлу и, ж1аьлина карош. Хьекъален ж1аьло, дукха хьолахь, оцу даь1ахкана т1ехь ца хууш йисина йолу чохчам, жижгах дисина парду а ша хьа а ца деш йо1ана схьадохьура… Маликас шен кегийрачу цергашца даь1ахкана т1ера шега йаккхалуш йолу х1ума схьайаьккхича, т1аккхий бен и даь1ахк ша ца 1овшура «Борзас», «къаршт!» бохуш кегга а йеш.
Маликина шен йалсамане санна болу Даймохк, нана х1ора буса г1енаха гора. Х1ара бера дара… х1ара ца кхетара, и шен «йалсамане» стенга йахана… х1унда и шегара д1айаьккхина… хьан и д1айаьккхина! Маликина дагадог1ура, наггахь г1енаха, а гора, шен да салташа букът1е тоьпийн йуьхьагаш а 1уьттуш, не1арах ара а ваьккхина д1авигина…Ша шийла мохь аьлла т1аьхьа йедича, шена салтийчо тоьхна тоьпан хен… Ца кхетара бера: х1унда д1а вигина дада, х1ун вон дина цо! И санна дика дада х1окху дуьненчохь ма вацара! Ткъа нана… оцулла дика адам х1окху дуьненчохь хилан йиш йацара! Ткъа ша х1ун вон динера… беро…хьанна! Оццула къизалла берана хьан йинера! Мила ву и х1окхуьнан дайх бисина, йалсмане санна болу мохк, дайх дисина ц1ено чу шайн боьха лара, а йехьна 1аш верг! Х1ара бера казахех йисина нехашна т1е охьа, а кхоьссина, дуьненахь ирсе вехаш верг мила ву!
Маликина х1инца, а диц ца деллера, бежнийн хьожа йог1учу вагонашна чу а доьхкина шаьш шийлачу махка схьа далийна, эрна ара охьакхийсина а! Шен дас а, нанас а лаьттаха тоьла йаьккхина, шаьш пхи бера лайн т1е охьа а ховшийна. Новкъахь бераш, баккхийнарш бехчалгашна йуккъе а хьарчийна вагона чуьра охьа бохуш… Маликина ца хаьара уьш цамгарша, шелоно байъина нах буй! Дас йаьккхинчу тоьлийна чохь, шелоной, мацаленой шен кхо йиший, цхьа ваший къиза д1аэцар, а диц ца деллера берана! Уьш а дуьхьала х1уьттура Маликина г1енаха… цара Маликига, х1ора буьйсана, сискалан йуьхк йоьхура… хи а… Ваша Маликел а жима вара… и массарел а хала велира… Маликин йуьхьадуьхьала лаьтта цуьнан б1аьргаш, цамгаро б1арзвина, 1аржделла б1аьргаш. Г1енаха, а вог1у Маликина дуьхьала жима ваша иштта, дош ала де а доцуш, б1аьргаш схьахьежош 1уьллу и… т1аккха цо и шен б1аьргаш д1акъовлу, доккха са а доккхий, кхин чу ца оза даьккхина доккха са…
Дада цхьанхьа тоьлийна чуьра араваьлла кхин вуха ца веъира… ша д1авахале, Маликина улло а хиина, кхуьнан коьртаха куьйг а хьоькхуш дикка 1ийра и… д1авахара… Дукха хан йалале йовлучу тоьпийн г1овг1а хезича санна хийтира Маликина. Дада кхин вуха ца веъира. Нана, массарел мерза нана, дадийн не1ар мачийн не1 кхехкадеш… цунах йина «чорпа» а шена ца йууш… Маликина и хьежайеш 1ийра…
Казахаш… йоккха зудий, воккха стаг а дагавог1у Маликина… Х1окху тоьлийна чохь нах бууш болу нах болуш санна тоьлийна чу хьаьжира уьш… Кхин чу бахка ца баьхьаш… шайн буйнара йовлакхана йуккъера цхьа дуьнена мах болуш… бепиган хьожа а йохьуш баьхкинера уьш! Нана-м йацара царна г1илакхана а дуьхьала йалан де долуш! Шен нохчийн г1иллакхах ца йолуш, шен т1аьххьара ницкъа гулбина, к1егара-м хиира и… г1ийла ластабинчу кортийца баркалла, а элира цо воккхачу стагана а, йоккхачу стагана а. Кест-кестта бахкар ца хуьлучух тера дара оцу казахийн йоккхачу стеган, воккхачу стеган… Амма Малика х1инца дийна хилар, х1окху шен «тоьлийн» чохь 1уьллуш йелахь а, оцу казахийн баккхийчу нехан деганлазам бара!
Арахь жимма йохйеллера, Дикка хан йаьллера казахаш ца бог1у… Нанас шена ца йууш, Маликина хьежош лаьттина йалта чекхдаьлла дикка хан йара… Маликин нана, масех де, а дара, меттаха ца йолуш 1уьллу. Малика кхин мацалла тоха са, а ца хилла, дас, нанас йаьккхинчу тоьланачуьра ара а йаьлла, генара йурт йолчу аг1ора схьайеара. И йурт йолчу аг1ора схьаоьхуш хиллачух тера дара казахийн йоккха стаг, а, воккха стаг а… Малика т1аьхьа кхийтира… и оьзда баккхийн нах казахаш Дала шена д1аэцна хилар. Буьйсана йуьрта схьакхаьчначу йо1ана дуьххьара хьожа кхеттарг х1ара, наха чохь йисина цхьацца нехаш д1акхуьйсу меттиг йара. Цхьа месала ж1аьла дара х1окхузахь шена ижу лохуш доллуш. Ж1аьла кхераделира, йо1 мацало б1арзйина хилар гуш дара, ж1аьлина а! «Борз!», «Борз!», - аьлла йо1 йистхилча, ж1аьло ц1ога а хьовзош, доттаг1алла т1еийцира. Маликас, а шена цхьа амал бира адмаша д1акхоьссинчух! Гена йоцуш, коьллашна йуккъехь, адмех къайлайала меттиг а карийра йо1ана. Шен дас, нанас йаьккхина тоьла санна, лаьттаха ор даьккхира йо1а, эххар, а ша, са а кхачийна оцу ор чохь шена наб кхетталца. «Борз» ца хиллехьара, сахуьленга йера йу, йац, а ца хаьара жима Малика. Йо1ана наб кхетча, ж1аьла улло а деъна, йо1ана къинхетам хуьлуш улло охьадижира.
Мацалло самайаьккхира Малика дикка малх лакхабаьлча. Урамехула д1аса лелаш нах бара, генайоцуш аьчканекъан ши аса а йара, жимо ц1ерпошта хьалха соцу ц1а а дара. Нохчийн йо1 нахана гуш наха д1акхийсинчу х1умана улло ца йахара! И урамехула йолаелира, шен т1ера тишделлачу духарах эхь а хеташ. Ц1ерпоштана т1ера охьабиссинчу нахана цхьацца йуург йохка, жима базар йина, охьахевшина зударий бара. Малика ша муха йоьду а ца хууш оцу зударшна хьалха йахара. Шаьш «йалсаманехь», шайн ц1ахь долуш, нанас кечбечу кхачан инзаре хаза хьожа кхийтира йо1ана. Саца ца луш, ша муха йоьду а ца хууш, зударшна улло а йахана, Малика сецира. Нохчийн йо1ана куьйг кховдор х1ун ду ца хаьара, саг1адехар! Шайн х1ума йохка, нахе шайний, шайний т1екхевкхаш бохкучу зударшна Малика ган а ца гора. Оцу зударшна ца хаьара, шайна хьалха лаьтташ йолчу нохчийн йоь1ан дахар, и шаьш духкуш долчу рицкъанах доьзна дуй! Дукха лаьттира Малика, оцу инзаре хазчу хьожа йог1учу рицкъане хьоьжуш. Цхьана зудчо, ц1аьххьана т1ехь б1аьрг а сацабина, човхийра йо1:
- Хьуна х1ун оьшу! Д1айала хьалхара, х1ума оьцуш верг къахкаво ахьа хьайн духарца!
Нохчийн йо1 ца кхийтира шега буьйцчу оьрсийн маттах. И кхетачахь а йацара цхьанна а дуьнент1ера маттах, йо1 ирахь латталуш йацара мацалла! Шега дуьйцург хезаш а йацара и!
- Немцо-м йац хьо? – хаьттира, зударийн мог1аралехь лаьттачу цхьана зудчо?
Малика ца кхийтира, и зуда шега луьйш йу йа йац а ца кхийтира.
Немцо зуда, шен т1е киса кхоьссинчу богий чуьра цхьаъ-м схьа а эцна, нохчийн йо1ана улло йеира. Йо1ана коьртаха куьйг, а хьаькхина, йовха йолуш т1ера 1а а г1уьттуш йолу, ши пиряжка кховдийра немцо зудчо Маликига. Маликас, шен оьздалла гойтуш, корта ластийра
- Ца оьшу!
- Нохчи йуй? – хаьттира немцочо, мотт жимма кагбеш.
- Йу, - корта ластабира Маликас.
Ши пиряжка йоь1ан буйна, а йоьллина, п1елгаш т1екъевлира немцойн зудчо.
- Дела реза хуьлда! Саг1айойла! – элира Маликас.
- Хьо мичхьа 1аш йу? – хоьттура немцойн зудчо.
Амма йо1 кхеташ йацара маттах. Зуда, б1аьргах даьлла хи йовлакхан маь1агца д1а, а хьокхуш шен метте йахара.
Шен меца ши б1аьрг оцу пиряжкашна т1ера ницкъалха д1а баьккхина, йистаха д1айолаелира йо1. Нахана ша гучура йистаха йаллалца, къевлинчу буйнахь йаллийра Маликас пиряжкаш, шен куьйгаш дагадой тергал ца деш. Д1аса а хьаьжина, ша гуш йоцийла гича, т1екхетта д1акхаьллира йо1а пиряжкаш. Пиряжкех хьена дисина шен п1елгаш ц1убдеш лаьттира и дикка хенахь. Дукха мацалла лайначу йоь1ан кийрано ца ловра, цунна вон дара, б1агор хьийзара. Сиха адамна ца гуш, йахара йо1 шен тоьлана чу, коьллашна йуккъе. Дукха 1иллира и кийра лозуш, эххар, а наб озийра. Шелъелла Малика меттайеъча арахь 1аьржа йара. «Борз» дара йо1ана улло а деъна, и йохйеш дижина 1уьллуш. Дукху мацалла лайначу йоьйана ц1аьххьана кхоллуш йолу йуург д1овш санна йара. Малика г1атталуш йацара, дикка 1иллира и узарш, а деш, шена набкхетталца. «Борз» а дара наггахьа ц1ийзаш, ша х1ун накъосталла дийра ду ца хууш.
Наха д1акхоьссинарг йууш, зударша йелча, цара йелларг йууш дикка хан йаьккхира Маликас, дийнахь гучуйолуш, буьйсана шен «тоьлийна» чохь къевлайолуш. Наха д1акхийсинарг йууш кийра талхош бара йо1а, амма дан х1ума дацара.
Сатосуш кийра хьовзабина самайелира Малика, жимма 1ийна ц1аьххьана сецира кийра. Зударийн жимчу базарехьа д1айолаелира йо1. Цо тидам бира, шегахьа куьйг, а хьежош цхьана хан йаьллачу боьршачу стаге цхьаъ дуьйцуш болу базарара зударий. Малика йухайелира. Ца вевзаш волчу стага куьйг а ластийна дийхира Малика:
- Собардехьа, йо1, - нохчийн маттахь.
Малика сецира, нохчийн мотт хезича… тамашена хийтира цунна нохчийн мотт кхузахь… х1окху «жоьжаг1атехь». Дуьхьала йистхила де, а дацара йо1ехь. Г1ийла корта ластабира цо, йу ша аьлла.
Нохчийн мотт буьйцучу стага улло а веъна, шен буйнахь боллуш болу, х1инца а бовха хьокхам кховдийра йо1е.
- Хьо мичхьа 1аш йу? Хьенан йу хьо? – хоьттура стага.
- Ца хаьа… дага ца дог1у… - белш озийра йо1а.
- Оцу базарара зударша, хьо хьуо лелаш йу боху кхузахь… нехаш д1акхуьйсучохь… бакъ дуй и?
- Дац…
- Со кхана, лама вухавог1ура ву хьуна… йа хьан гергарнаш лаха хьожура ву со… кхузара д1а ма г1олахь! – аьлла д1аволавелира ца вевза стаг.
Малика 1адийча санна латта йисира! Мича меттехь хьежа йезара и йо1 оцу стаге, вог1у, а, ца вог1у, а ца хууш…
Малика шен къухашна йуккъехь йолчу шен т1аьххьара бен, шен жима «тоьла» йолчу д1айолаелира. Амма са, а ца тохаделла, хьокхам биира цо… ах хьокхам… ц1аьххьана б1агор, а беъна йуьйжира… ша уггар хьалха х1окху йуьртана т1екхаьчначохь… адмаша нехаш д1акхуьйсачохь…
«Нохчийн мотт буьйцура цо… хир вац и нохчо… мотт хууш хир бу… нохчо г1ура вацара со иштта х1окху хийрачу нахана йуккъехь а йитина д1а… Нохчо велахь… Ц1а воьдуш варий техьа и! Ц1ера… лаьмнашкахь йолчу «йалсамане»! Со х1унда ца йигира цо шеца ц1а! Мел ч1ог1а лаьа суна ц1а йаха, оцу нохчочуьна куьйг, а лацна… Со нанас хийла бовхачу меттара хьалаг1иттийначу дайх бисинчу махка… лаьмнашка…»
«Ванах! И йо1 ша, а йитина со муха г1ура ву д1а…» - вухавирзира ца вевза нохчо.
Амма наха д1акхийсиначу нехашна уллохь, генарчу хийрачу Казахстанехь, 1уьллура, ша дийна йолуш санна сирла, хаза йуьхь йолу, 1едало, къоман мосттаг1 йина, ц1ера арайаьккхина нохчийн йо1 Малика, нохчочо саг1ийна белла, баанза бисина ах хьокхам а буйнахь.
31.12.22шо. 18.38с.
Свидетельство о публикации №222123101350