Заманан косташ

Йаздархочо кхоллараллехь йаьккхина керла лакхе

Ас самукъадаларца луьсту Ельсаев Iаламадан «Заманан косташ» дийцарийн гулар, аьлча а, оцу гуларна йукъадаха билгалдина долу дийцарш. Ас йух-йуха а доьшу уьш цхьатерра сакъералуш, воккхаверца. Доьшу, даго тIелоцу дела. Вайна дезахь а, ца дезахь а, адаман Iалам иштта ду-кх, шена товш дерг даго ша хоржуш…
«Заманан косташ» гулар, цхьа а шеко йоцуш, Ельсаев Iаламадан кхоллараллин новкъахь керла йаьккхина лакхе йу. Йешархо ойланца йийсаре вигна, цуьнан синмерзаш меттахдохур долуш, идейни а, исбаьхьаллин а агIор чулацам болуш, адамийн йукъаметтигаш йевзаш, шен халкъан амалца, сица догIург дика хууш, дайн гIиллакхийн лазамаш орамера дуьйна схьа бевзаш йаздина дийцарш ду гуларна йукъадахнарш: «Доьналла», «Бакъо», «Амал», «Къонахий», «Паччахь», «Ненахой», «Текхаргаш», «Нана», «Зударий» «IиндагI», «Нохчалла», «Цхьалхе», «Шай», «Борз».
Дийцарийн кепех дерг аьлча, хууш махиллара, уьш литературоведенехь миниатюра олучу литературин-исбаьхьаллин жанрана йукъадогIуш ду. Вайн нохчийн литературехь оцу жанрех шуьйра пайда оьцуш къахьегначарах бу йаздархой: Берсанов Хож-Ахьмад, Нунуев Сайд-Хьамзат, Бексултанов Муса, Ахмадов Муса, Кацаев Сайд-Хьасан, Закриев Iиса, кхиберш а.
Европехь, а кхечанхьа а масех бIе шо хьалха дуьйна кхуьуш схьайогIуш йу миниатюрин жанр. Дуьххьара Россехь «миниатюра» термин гучуяьлла 1925-чу шарахь. Амма ХIХ бIешеран доьзткъалгIачу шерашкахь цу жанрехь шен «Прозехь стихотворенеш» йазйина гIараваьллачу оьрсийн йаздархочо Тургенев И. С.
Миниатюра, тIехьаьжна атта йу аьлла а хеташ, чIогIа хала жанр йу. Иза кхеташ ду. Кхечу кепара иза хуьлийла а дац. ХIунда аьлча доцучу дийцаршкахь сюжетан агIо ларйеш, йукъа раллин, къоман синах хьакхалуш долу лазаме хеттарш хIитто а, царна жоьпаш лаха а атта дац. Миниатюрийн дийцаршкахь, дукхахьолахь, хуьлуш дерг суьрташца гойтуш хуьлу, тIеттIаоьзна, дацдина… Амма автора шен метта-меттахь Iаьвшшина аьллачу дашо, дийначу диалогаша, говза кхоьллинчу васташа, догIуш далийнчу дустарша, эпитеташа а, исбаьхьаллин агIор ца йовззал, нуцкъала говзарш йо царах.
Хууш ма-хиллара, жима мел хили а, хала хуьлу йаздархочунна дийцар тIехь ша дагалаьц начунна тIеван, билгалйинчу цхьана композици тIехь чекхвала а.
Миниатюрийн дийцарийн лелаш болу барам – йуккъерчу хьесапехь пхеа агIон тIера итт агIон тIе кхаччалц бу. Ткъа Iаламадан дийцарш, шайн доккхалле дехкича, цхьа наггахь доцург, йуьззина цхьана агIоне а кхочуш дац. Ткъа цхьадерш-м кхин а кегий ду. Амма шайн маьIница, мехаллица, чулацамца, автора ира хIитточу социальни, духовни, психологически, философски проблемашца дуккха а шерашкахь йешархочун хьашто хилла дехар долуш дийцарш ду уьш.
Ельсаев Iаламадан муьлхха дийцар схьаэцча а, къеггина билгалдаккхало цунна шен къам, мохк, адамаш чIогIа дезаш хилар. Иза произведенийн турпалхошкахула го вайна. Масала, «ГIиллакх» дийцар тIехь цуьнан турпалхочо – воккхачу стага – баьс-са лаьттачу ураме а хьоьжуш, вовшашца чукере йечуьра даьллачу адамна резавоцуш, халчуваьлла, ша шега боху:
«Ма кхоам бара хьан, нохчийн оьзда гIиллакх! Ма кхоамза хьоьшу хьо довза ирс цахиллачо. Дуьненахь а цIе йахана къам тхох динарг, тхан дайша лерина лелийна хаза гIиллакх ду-кх хьо. Хьох доьхна, дакъаздовла хьаьхна-техьа тхо?.. – лазамечу ойланаша кхолийнчу бIаьргашца хьоьжура иза, ша Iехо санна, къегинчу дуьнене...»
Вайн дахарехь гIиллакхо билггал дIалоцуш йолу меттиг а гойтуш, воккхачу стагехула хIоттийна дика васт ду иза. Автора «ГIиллакх» дийцар тIехь айъина тема къаьсттана актуальни йу, ши тIом чекхбаьлла, керлачу социальни хьелашкахь йехачу Нохчийчоьнна. Даим вовшашца мерза Iийначу нахана, лулахошна, гергарчарна а йуккъе шийла херо йеъна. Цуьнан билггал долу бахьанаш хIинца а теллина дац, амма коьрта бахьана къизачу тIемаша шерашкахь Iадийна латтийна адам хIинца а кхетамца дахаре йухадерзаза дерг дуй-те олий, хета.
«ГIиллакх» цIе йолу дийцар, кхийолу Iаламадан говзарш санна, хьехам бу йешархочо шуьйра пайда эца йиш йолуш. Iаламат хаза дешнаш, дешнийн карчамаш болуш, таро йолчу, аьхначу, токхечу, цIеначу нохчийн маттахь йаздина дийцар ду иза. Иштта миниатюрин жанран башхалла йевзаш хIоттийна йу говзаран композици а. Цо гойту автор воккха дешан художник хилар. Шина йуьртахочун диалог – Вахин а, заманна мукIарло дина вехачу воккхачу стеган а, гIиллакх йукъара дIадаьлча, кхане йоцуш санна шен къоме хьоьжучу, – чIогIа ойла йойтуш йу.
«… – Са ма гатдехьа цунна… (дIадовлучу гIиллакхашна). Хьалхалерниг дац хIинца. Сом хилчахьана, гIиллакх цахиларх, меца ца вуьсу, – велакъежира Ваха.
– Соьмах гай дузало. Синкхача стенгара бер бу, гIиллакх дIадалахь?!
– Синкхача а сом бу-кх… – гIиллакх а, воккха стаг а эшо гIоьртира Ваха. – Вайн тIаьхьенаш, и эрна ойланаш а ца йеш, дуьне лохуш хир йу… Кхин лехамаш берг Iовдал хетар ву царна…»
Воккха стаг ванне а реза вац сонталлехьа дIавирзина, кхетаман са артделлачу Вахина. Матта тIехь оьгIазаллин хьаса болуш, ша цкъа а цо дуьйцучунна тIетовриг цахилар дIахоуьйтуш, аз айдеш, дуьхьала вистхуьлу иза:
«... – ХIан-хIа… Со реза вац… ТIаьхьа тIебогIучарна дуьхьалваха везаш вац со; хьалха дIабаханчарна тIаьхьаваха везаш ву… Цара леллийнарг лелор ду ас… Йаккха йисинчу хенахь а…»
Массо зерашкахула чекхдаьлла, таханлерчу дийне схьадеанчу нохчийн къоман дахар гIиллакхах, оьздангаллех дуьзна хила лууш ву воккха стаг, бIе шо хьалха санна. Эзарнаш шерашкахь мохк сийлаллехь латтийна долу Iадаташ йукъара дIа а девлла, вайн къам беркъадаьлла дисарна, кхоьруш ву иза.
«... – Де дика дойла шун!.. – вилспетара воьссина, вистхилира йуххехула тIехволу цхьа жима кIант.
– Далла везийла!.. Дукхавехийла!..
Дехьо ваьлча, йуха вилспет тIе хиъна, дIавоьдучу кIантана урамо голатухучохь иза къайлаваллалц тIаьхьахьоьжуш Iийра и ший а.
Цунах воккхавина, самукъадаьлла серлаваьллачу къаночо хадош элира:
– ГIиллакх-м хьаха дер дац дIа!.. ХIокху белхан-м хьанор ву шен Да! АлхьамдулиллахI!..»
Дагахь доцчу кепара, зеделлачунна, бакъдолчунна тIехь чекхдолу «ГIиллакх» цIе йолу дийцар, дикачу ойланна тIехь, са паргIатдоккхуш, нохчийн гIиллакхаш вайн къомана йукъара дIадевриг цахиларан даг чохь йоккха дегайовхо йуьтуш.
Иштта оьздангалла, гIиллакх гойтуш, хьехам болуш дийцарш дукха ду Ельсаев Iаламадан кхоллараллехь.
Шатайпанара структура, чулацам, мораль а йолуш ду «Шай» цIе йолу дийцар а. ДуьххьалдIа адаман Iалам, лелар, синмерзаш, амал йевзаш йазйина говзар йу иза. Йуьззина цхьа агIо а халла бен дIа ца лоцучу оцу дийцар тIехь автора чIогIа дика гойтуш ду йукъаметтигаллин психологизм, иштта философски агIор адамийн амалан хьал а.
Суьйренца цIавирзинчу йохк-эцар лелочу стеган нахарташна йукъахь тIе ца тоьуш дерг шай бен дац. Амма цуьнан коьртехь тезет ду. Шай доцург, кхин хIумма а гуш вац иза.
И карадаллалц, шен зудчо мел дийцинчунна а къора хуьлу иза. Лулахь йина авари а, лазийна нах а ца го цунна. Вуьшта аьлча, дуьне тIекIелдаьлча а, шена совдегаралла лелийча тIе ца тоьуш долу шай бен, кхин хIумма а гуш дац цунна.
Амма, и шай карийча, цхьана ханна серладовлу цуьнан бIаьргаш…
«... – Карий, карий!... – цIеххьана цIогIа туху дуьненан да хила гIертачу соьман лайно… – Костюман кисанна Iуьрг даьлла, тIоман маьIиг чу доьжна хилла!..»
Оцу минотехь, кисанна Iуьрг даьккхина, иза чудожар дага а догIий, халла серлабаьлла ши бIаьрг кхолабой, цо олу:
«КIеззиг харж-м цу костюмах а ца йинера хьуна ас».
Оцу дийцаро гойту бIаьрмецигалла доьзалехь чIогIа айпе хилар, синмехаллашка, адамийн тазачу йукъаметтигашка кхочуш дахарехь цхьа а дуьненан хьелаш цахилар.
Лакхахь вай анализ йина говзарш санна, тида йиш йолуш ду Ельсаевн кхидолу дийцарш а. Цуьнан хIора дийцар а кийчча хьехам бу бераш, кегий нах кхетош-кхиорехь, гIиллакх-оьздангаллин агIор уьш когахIитторехь, нийсачу новкъа бахарехь а. Тхуна хетарехь, оцу декъехь чIогIа пайденна хир дара «Заманан косташ» гулар йукъара дийцарш ишколан Iаматаш йукъа да хийтича.
Олуш ма-хиллара, муьлхха хи а цхьана маьIIера долалуш ду. Ельсаев Iаламадан кхоллараллин некъ дIаболабелла Хьалха-Мартанан кIоштарчу Мартан-Чу йуьртан йуккъерчу ишколера. Ша йалхалгIачу классехь доьшуш волуш поэзехь а, прозехь а дуьххьара гIулчаш йаха волавелла иза.
Ишкол чекхйоккхучу муьрехь литературех чам кхеттачу къоначу Iаламада тайп-тайпанарчу жанрашкахь дуккха а байташ, дийцарш а йаздира. Жима волуш дуьйна туьйранаш йаздан волавелла иза. Карарчу хенахь иза автор ву ткъе кхаа туьйранан. Царах дукхахдолчарна «СтелаIад» цIе йолчу берийн журналехь дуьне гина. Зорбане девллачарна йукъахь ду: «ГIоме ца дохаделла ирс», «Инзаречу саьрмаках лаьцна», «Уггар собаречу стагах лаьцна туьйра», «ТIех майрачу стагах лаьцна туьйра».
КIохцал долуш дуьйна а ира долу, олуш ду нохчийн кицанехь. Ельсаев Iаламадан дахаран некъ ма-барра бевзича, бIаьрла билгалдолу иза хилар массо а агIор похIма долуш стаг.
Ельсаев Iаламад вина 1967-чу шеран хьалхарчу мартехь Мартан-Чу йуьртахь. Цуьнан ден Iабдул-Хьамидан, ненан Язирин а доьзалехь ворхIалгIа бер долуш, дуьнен тIе ваьлла иза.
1985-чу шарахь Мартан-Чу йуьртахь йуккъера ишкол чекхйаьккхинчул тIаьхьа, Советски эскарехь гIуллакх дира цо.
1995-чу шарахь Iаламада кхиамца чекхйаьккхира Ростовски пачхьалкхан университетан журналистикин факультет.
1997–2003-чу шерашкахь – телевизионни каналашкахь «Вайнах», «ТВИ», «Нохчо», «ГТР» (хIинца – ЧГТРК «Грозный») редакторан, коьртачу редакторан, директоран даржашкахь;
2005–2006-чу шерашкахь – Нохчийн Республикин Президентан, Правительствон арахьарчу зIенийн Департаментан хьаькам волуш;
2006–2020-чу шерашкахь – «Вайнах» телерадио-компанин директоран даржехь;
2006–2021-чу шерашкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча волуш.
2010-чу шарахь Нохчийчоьн сий ойъуш диначу даккхийчу гIуллакхашна, Мехкан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Указца, Нохчийн Республикин лаккхара пачхьалкхан совгIат – Кадыров Ахьмад-Хьаьжин орден – йелла Ельсаев Iаламадна.
2021-чу шарахь Нохчийн Республикин Парламентан депутат хаьржина.
Карарчу хенахь парламенташна йукъара зIенаш, къоман а, хаамийн политикехула, иштта йукъараллин организацешца йукъаметтигаш лелош йолчу Комитетан председатель ву Iаламад.
Политически Iилманийн кандидат ву иза.
2021-чу шарахь Нохчийн Республикин йаздархойн Союзан Председатель хаьржира иза.
Ельсаев Iаламада йаздо нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. Ша йазйина говзарш, цхьаболчара санна, шекъа дакъаделла а далале газетийн, журналийн редакцешка йахьийта сих ца ло иза. Иштта, шерашца уьш тIекIел а йохкуш, гулйеш, зорбане йаха сих ца луш, таханлерчу дийне схьавеъна иза. ХIетте, 1990-чу шерашкахь дуьйна цуьнан дийцарш, куц-а-ларш а (афоризмаш), чухьаьдда дацахь а, зорбане дуьйлуш ду республикерчу газеташ тIехь а, журналаш тIехь а. Нохчийчохь дийлина ца Iаш, уьш зорбане дийлина кхечу мехкашкахь а.
2004-чу шарахь Iаламадан «Бух» цIе йолу дуьххьарлера ша-къаьстина цуьнан гулар арайелира Адыгейн Республикерчу зорбанан-полиграфически урхаллехь.
ТIаьхьарчу хенахь къаьсттана жигара болх беш схьавогIуш ву Iаламад шен кхоллараллин хьаьрмахь. Идейни а, исбаьхьаллин а агIор мехала йолуш, хIокху заманан лехамашца йогIуш дуккха а говзарш йазйина цо тайп-тайпанчу жанрашкахь.
И болх тахана а сецна бац. Коьртаниг, Iаламадна кхоллараллехь шен некъ карийна. Цундела цуьнан говзарш дикачу агIор къаьсташ йу кхечарал. Церан шайн хатI а, ойла а, исбаьхьаллин васт а ду шатайпана, цхьаннах тардина доцуш.
ХIинцалерчу йаздархочун шовкъаца оцу новкъара дIа ца волуш Iаламад дIаводахь, шеко йац, иза шен Iалашоне кхочург хилар. Ткъа, хууш ма-хиллара, йаздархочун коьрта Iалашо – иза йешархочун даг чу кхачар йу.
САИЕВ Iумар,
йаздархо, литературин критик,
НР-н культурин хьакъволу белхахо

ЗАМАНАН КОСТАШ
Дийцарш


ЗУДАРИЙ
Чуьра гIуллакхаш ца хедаш вовшахкхетаза дукха хан йаларна, дийца дезарш IаьIна дарбелла Iачу зударшна хIинца а ца хаьара, шайна Курпатус хIун кхаъ кечбина. Ткъа йуьртана ала хIума доцуш шех лаьцна бакъдерг дийцар а ца дезаш йолчу Курпатуна дагадеара шен гезаршна тIера чо баккха безаш хилар. Цундела дара Iуьйранна балха ваха кечвеллачу шен цIийндега Селаме хIинцачул эсала иза йистхилар.
– Стаг, гезаршна тIера баккха безаш чо ма бара. Ши-кхо зуда чу а йалийна, гIуллакх дийр ма дара ас, мегар делахь.
– Мегар ду дера, – вистхилира Селам, шен дагахь чIогIа хаза а хетта, хIора шарахь санна, шен гезарий йалхо ца йезаш гIуллакх хиларе сатесна.
– Дика ду, эр ду ас зударшка сарале, – цIийндега а аьлла, хIинца-м хуур дара суна хьаьнгара хIун даьлла бохуш, шен дагахь чIогIа йоккхайеш, стаг балха дIавахана валале, шена тIе йовха хIума а йуьйхина, зударшка кхайкха йахара Курпату.
– Йиш-м йацара, делахь а хьан дуьхьа йогIур йу-кх, – олий, эсала жоп а лой, дIайохуьйтура царах хIорамма Курпату.
Кхин хьаьнга кхайкхича, шайна бакъахь хета а, дуьйцура цара. Амма Курпату ша а йацара шайх пайда схьа ца бер болу шаьш ца даьхкича, и пхи-йалх газа чо баккхаза йуьсур йолуш санна, бист ца хуьлуш, царна тIелетта бохку болу зударий бало Iовдал.
 «Вовшахкхетта йоккху зама луьйш-олуш ца йаьккхича хIун до цунах?» – бохуш, ойла йора Кур патус.
Цундела шен дог лаьттаче ала а аьлла, йаханчохь дукха хан йаккха Iемина йоцу Курпату маьркIажан бода дикка къовлабелла а балале, цIа йеара. Кхин ца хьелуш, тIаьххье кхуьнан белхи а схьакхечира.
Вовшашка могуш-паргIат хаттар бен, кхин хан ца йойъуш, шайн «болх» дIаболийра зударша. Дуьххьарлера газа хIинца а чуйалоза йара, къамелаш хIинцале а дикка кIаргделлера.
– Нахана луьйш Iедал-м дац сан, – дIадолийра белхи бало йаханчохь жимма хIума хаза кхиинчу хIусамнанас шен къамел, – амма чIогIа цецйаьлла-кх со оцу эвлан йистерчу Мовланах лаьцна наха дуьйцучух.
– Дера, ала-м ма олу цунна а, – дог лозуш, йистхилира Халидан зуда СегIирт. – Вайга хаьттича, бакъ хуьлуьйтур дацара вай иза.
– Ткъа хIун ду иза дан мукъане? – духекхиа йуьйлира, кхузза маре а йахана, кхузза а, оццул эсала йолу марзахой вонаш нислуш, цIа йеана йолу Сепият.
Наха-м ца бора марзахойн бехк, делахь а Сепията бохура-кх.
– Ватта. Иза хазаза йу хьо? Дера боху наха, иза, шен зуда а йоллушехь, кхин йало гIерташ ву.
– Дела бала уьш массо а зударий дагабоьхна, – даггара сардам боьллира Товсарис зударшка дIахьоьжуш волчу массо а цIийндена.
Къамелаш йукъахдевлира, кхара дуьйцучуьнца бала а боцуш дехьа Iаш йолу ХIазан йистхилча.
– Газа чуйалийнехь хIун дара-техьа вай? – элира цо.
– Дика-м дера хир ду, со-м, шу жимма дистхуьлуьйтур бохуш, Iара, – жоп делира хIусамнанас, шеца цхьаъ а эцна, газа чуйало арайолуш. Ткъа арахь шен накъосте бохура:
– Иза хIинца бен схьайеана а йоцу дела, муха стаг йу хьажа, кхайкхира хьуна ас цуьнга, иштта йуйла хиънехь, ца кхойкху йолу.
– Хьуна мичара хуур дара, иза иштта догъ-Iаьржа стаг йуй? – бехказа йитира хIусамнана хьешо. – Багара сай бадарна кхоьруш санна-м Iа хIара, йистхилар а доцуш.
Дукха хан йалале, хIокху шарахь хIума йала а йеллий-техьа аьлла, озалла йалайоллу газа а йалош чуйеара хIара шиъ.
Зударий чо баккха буьйлабелира, дуьйцучуьра шайн къамелаш а ца хадош. Бехха Iийра зударий КурпатугIаьргахь. Эвлайистера схьабуьйлабелла, массо а чухула чекхбовла кхиира уьш. Хиира Курпатуна, хьехархочо Хьусейна шен стунйишина дашо мухIар эцнийла а, пIелгах цхьа мухIар а доцуш лела шен йиша а ца гуш. Пачхьалкхо урс хьакхаза йайъина бедаш а эцна, Паара мовлид йешийтинийла а, Самартера несо шен марвешин цIе йаккхина хиллий а, дукха а кхидерш.
– Эхь ца хетий шайна а, – бохура кхара.
Буьйса йукъал тIехйаьллера, иттех ца кхочуш йолчу гезарех хIусамнанна шена йаккха пхи-йалх бен ца йуьсуш, зударий цIа баха боьлча. Амма, баьккхинчарна тIера чо ца баьккхинехь а, мегар йолуш йара шена дийца хIума хилчахьана тоьуш йолу Курпату-м. Цундела зударшна тIаьхьа арайаьллачу Курпатус бохура:
– Дела реза хуьлда шуна, доккха гIуллакх ди аш даьхкина.
– Дела реза массарна а хуьлда, иза-м доккха хIума дацара, – жоп делира зударша. – Кхин цкъа-шозза вовшахкхетта, йисинарш а дIайохур йу вай уьш-м.

IИНДАГІ
Дуьнен чохь йоккху хан, дехьа-сехьа вахар-вар алсам мел дели а, тидам беш Іа со: кIотар хин дохалла йуьллу адамаша, ткъа кешнаш – некъаца. Деддадоьдучу хица къийса чехка дахар бен ларор дац, ткъа цара сихйина ойла некъой, кешнаший бен тейеш йац бохург хила мега иза аьлла, хетало.
Мухха делахь а, шатайпа ойланаш кхоллало-кх валар-висар даг чу тесча, ткъа и санна дерг дукхахьолахь бохам байча, къанвалар тосаделча, ийман чохь нисвелча хуьлуш ду.
...Цхьана хIуманах самукъадаьлла, шен хилла догдика дерриг дуьненна а дан лиъча санна, тIекъегинчу малхо серладаьхнера лекха лаьмнаш а, церан когашкахь Iуьллу йурт а, жимма дехьо лаьтта кешнаш а. ХIоразза санна, тахана а – пIераскан дийнахь – кху кIотарара адамаш, кхиболу бусалба нах санна, зийарат дан нигат долуш бакъдуьнен чу дIабаханчу шайн гергарчу нехан кешнаш тIе даьхкина, йухадирзина, кIотара тIе боьдучу новкъа дIадоьлхуш дара, амма цхьана барзана уллохь, гIийлачу ойланаша йийсаре лаьцча санна, хьевелла лаьттара шийтта-кхойтта шо долу кIант. Кошан борзан а, цунна тIехIоьттина лаьттачу кIентан а IиндагIаш гора цхьатерра хаза хьалайаьллачу баца тIехь. Вовшашна тIекхача гIерташ санна, меттаххьуьйш хеталора уьш. Махо лесто буц а, уллорчу диттан гIаш йукъахь ловзу маьлхан зIаьнарш а хила мегара цуьнан бахьана, амма суртта-м, ши IиндагI къамеле даьлча санна, хIуьттура, йа, кхин а нийса аьлча, кIентаниг шега вукхо дуьйцучуьнга ладоьгIуш дара.
Ткъа хьалхарчо дуьйцура:
– ХIокху лаьтто шен кийра эцнарг а дара хIинца хьуна хьалха лаьттарг санна дегI, шена чохь са долчу хенахь цо со а идийра, хIара дуьне мел ду шена тIаьхьадаьккхина. Дика стаг ву, олура цунна наха. Иза бакъ дара. Дуьнен чу ваьлчахьана дуьйна цунах къаьстина доцчу суна-м оцу наханчул дика ма хаьарий, иза оьзда стаг вуй, амма со реза-м дацара цунна: ша ваъал везаш шен когех хьерчачу сол хьоме хетара цунна кхин мел долу хIума... Маржа-яI! Ма хууш ца хиллера... Шен зама хиллера массо хIуманан а...
Луьрачу тIемаша хаддаза чахчош, дерриг хIара дуьне шен десте тарйелла йолчу Нохчийчохь дуьнен чу ваьлла вара иза, делахь а самукъадолура, дахар дезара, зезаг серлонга санна, са ирсе кхийдара.
Цхьа зама-м йан а йара хаза – беран хенахь дукха хIума ма ца оьшу Iехавала. Цкъа а диц ца лора цунна ша жима волчу хенахь дас шена дина совгIат.
– КIант, – элира цо, ша гIала дечиган ворда йохка а вахана, цIа веъча, – тайнигаш оьцуш, хьуна хазахетарш дар-м ца хилла сан, амма тахана, Делан лаамца аьтто баьлла, хIара салаз эцна ас хьуна.
Ма чIогIа сатийсира-кх цо ло дилларе! Ткъа Iа тIедеъча, могIа бина кхунна тIаьхьа а хIиттина лелачу луларчу берех цхьа а ца висира цунах марзо эцаза. Да воккхавера, кIентан самукъадолуш а, цуьнан комаьршалла гуш а.
Амма шен къомачух тера догIу хIораннан а дахар. Иштта цуьнниг а нисделира.
Нисделира-техьа йа галделира?
КIентан вуьрхIитта шо кхаьчча, паччахьан Iедална дуьхьала а бевлла, лета буьйлабелира, шайн коьртехь большевикаш олу цхьа нах а болуш, Росси пачхьалкхера миска бахархой. Церан магIаре хIоьттира иза а, ткъа КIайн арми эшийна, Iедал чIагIдала доьлча, кIентан да, кулак ву аьлла, Сибрех вахийтина, тIепаза вайъира.
Хала лайра цо иза, делахь а висинарг ца ваьхча ца волу, Дала дуьнен чохь йаккха тоьхна хан ца текхча йолуш йац.
Оцу бохамо дагна йина чов йерза кхиале, немцоша тIом болийра. Воккхахволчу кIентан дахар хадийра цо Брестан-гIопахь.
«Дала диначунна реза ву-кх», – аьлла, логехь шад сацийна, тIеийцира цо и хаам.
Ткъа кхин а кхо шо даьлча, марсабаьлла боьдуш тIом а болуш, шен къомаца цхьаьна махках ваьккхина вуьгучу цуьнан дагна кхин а цхьа мо беш, мацалла ца лайна, йоI кхелхира.
Йуккъерчу Азехь кхойтта шо даьккхина, ДегIаста йухадирзира нохчийн къам.
Иза а веара цIа шен хIусамненаций, висинчу кIантаций цхьаьна.
Цул тIаьхьа мелла а маьршаделира нохчийн дахар. Къахьега Iеминчу цуьнан шеначул бахам вовшахкхийтира, цо цунах нахана комаьрша дакъа а дора. Амма дезткъе пхийтта шаре вирзинчу цунна а газа дисина хиллера кхин а къаьхьаниг – йуха а луьра тIом болабелира Нохчийчохь. И хьуна а хаьа.
Цу тIамехь чукхеттачу ши бIаьрг боцучу хIоано хIаллаквира кхуьнан кIант а, кIентан доьзал а. Дийна висинарг воккха стаг а, шен ден деца уьйтIарчу цIа чохь вижина хилла волу ворхI шо долу кIентан кIант бен вацара. Маржа-яI! Адам зуьйш бен Iаш дац-кх дахар!
ТIом дIабелира. Цу хенахь моьттур-кх иштта. Ткьа иза-м йукъахбаьллий бен ца хиллера. Iадийча санна висина воккха стаг жимачу кIентан дуьхьа дахарх тийсалора. Шаьш дукха баланаш Iаьвшинчу нехан а дог лозура царах.
Амма лаза дегнаш доцурш а хиллера. Иза ден дена дуьненан меха вуй хуучу цхьана йамартчу наха лачкъийна вигира кIант. ТIом йухаболучу муьрехь дара иза. Воккхачу стага мах ца къуьйсура, амма зуламхоша дуьйцу ахча дала ницкъ ца кхечира. Шен бисина бахам бохка вуьйлира иза, амма къий беллачу нехан эца таро йацара, цара-м ишта а лецира шайга лацалун дакъа. Маьждигашкахь имамаш а буьйлабелира ахча гулдан, амма марсабаьллачу тIамо, дохийна, даржийра адам.
КIант тIепаза вайра...
Воккхачу стеган бIаьргаш чохь балано бен боьгIнера, кийрахь къийлинчу хорамаша дог эшийра, цкъацкъа иза сайн IиндагIах тарлора суна. Дукха хан йара воккха стаг вистхуьлуш хазаза, амма цхьана дийнахь ша санна дакъаделлачу диттана кIел хиъна Iачу цуьнан багара делира: «Ша лийр дуй хуъушехь, доьлу адам, безачарах дер дуйла хуъушехь, даха а деха, амма шен нийсархойх, IиндагI бен ца дуьсуш, цхьалха висича, Iожалле сатосуш хиллера».
Воккха стаг леррина соьга хьаьжира, дакъаделлачу бIаьргаш чуьра, са Iаьвдича санна, хи делира.
«АллахI Дела, хастам бу-кх хьуна», – элира цо, ткъа жимма хан йаьлча, ов тоьхча санна, тоха а велла, дIатийра иза.
Воккха стаг бакъ дуьнене дIавахара, – элира IиндагIо, – ткъа со, цуьнан кошан барзах а хьаьрчина, дижира.
Хьуна а тIекхочу дерг ду иза, цундела, тIаьхьа дохкодийла ца лаахь, хьайна хьалха лаьттарг охьа ца хьожу бохуш, весаш ца лехьош, цуьнан терго йеш, хьалахьоьжуш хилалахь – данне а атта дац хьуна адамийн дахар.
...Цхьанхьа аттйокх йийкира, цо ойланех йукъахваьккхина кIант, шен ден ден Iодика йеш, барза тIе куьг а таIийна, гIийла йуьртехьа вирзира.
Амма жимма дехьо валале, хIетталц логехь къийлина шад хецабелча санна, йухахьаьдда, барза тIе а кхетта, мела догIа хилла, вилхира: «Дада! Дада! Со цIа ма веъна...»

ДОЬНАЛЛА
Жимачу йуьртахь мехкан тезет лаьтта кхозлагIа де дара. Мехкан аьлча-м, кхачаме а ца хета. Кхуза-м, дехьа-сехьара республикашкара бахархой баьхкина ца Iаш, кхечу мехкашкара паччахьаш а, динан урхаллехь болу Iеламнах а баьхкира.
Дезткъе пхеа шаре ваьллачу вераса цхьатерра гIиллакхе а, собарца а кадам схьаоьцура беркъачуьнгара а, паччахьера а. Ткъа дерриг а къоман дог эца баьхкина хьеший дIахьебича, кхиберш тIебахкалц йолчу йоцучу ханна, цхьана эшшарехь, шеха Делан цIе йоккхуш, Iара иза, шен балана базбелла корта охьабахарна кхоьруш санна, вогIа а велла. Кхуьнан кхардам боцу гIоьнча -Iаса – а йацара хIокху муьрехь тIетовжарца шех къаночо пайда оьцуш.
Наггахь дехьо лаьттачу шен ваша воцуш висинчу кIанте а, да воцуш висинчу шина кIентан кIанте а дIахьожу воккха стаг, амма хьежар царна тосадаларх ларло. БIаьргаш чуьра бала вовшашна гахь, шен а, церан а собар кхачорна кхоьру хIара.
ТIамо Iовжийна, берина, бохийна Iанабаханчу махкана шен йерриг йозаллица стигал тIейоьжнера, къизачу тIамах хьалхабовларе сатесна болу бахархой гаттаделлачу латтане, шена йукъахь йуха а балане лоцуш.
Нохчийчоьнан мостагIаша йамартлонца Нохчийчоьнан Президент вийнера – Iабдулхьамидан кIант, Мохьмадан ваша, Зеламхин, Рамзанан да.
Хиндерг хууш дацара. Декъазчу къоман боданечу чаккхенна санна доьлхучу догIанаша гIайгIанех дестийна хиш бердашкара девллера. Сингаттамо эшийна дегнаш лелхаш, кхелхира масех стаг. Къинхетаме машар, кхин цкъа а йухабан пурба доцуш, махкахбаьккхина, бен боьгIна хетара къизачу тIамо.
Амма йахь йолчу Ахьмад-Хьаьжин дIавахаро шайн дегнашна уггар а чIогIа чов йинарш – да, ваша, кIентий – доьналлех ца боха гIертара. Ткъа дукхахьолахь доккхачу доьналлин теш, жимма долу хIума хуьлий, хIутту…
Ламаз дина арабовлуш, кIант кхелхинчу ден ден маьхьсеш тIоьхула калош йуха гIо дан дагахь, гуттар санна, охьалахвелира да кхелхина кIентан кIант Амма, цкъа а ца йина дуьхьало йеш, куьг тасарца дихкира Iабдулхьамида шена гIо дар:
– Тахана Iадвита ахь со сайн калош тIетуда, – элира цо, – нахана, воьхна ву, моьттур ду, экаме хилахь.
Рамзан меллаша хьаланисвелира.
Нохчийчоь йоьжначуьра гIатта тохайелира.

БЕРЗАН КIЕЗА
ХIора Iуьйранна, йодий, коре а йогIий, самукъане терсаш, шен корта корехула арахьоьжучу жимачу стеган белшах хьоькхуш, кIанта кхийдош долу шекаран бIаьлгаш сутара дууш хуьлуш йолу Берзан кIеза, хIунда делахь а, иштта цIе тиллинера цунна Аслана, тахана корта а оллийна, гIийла хьоьжура набаро Iехийна Iачу доттагIчуьнга. Ткъа Iуьйр-ламазна молла кхайкхича самаваьллачу кIанта, шен хьаж тIе, гуттар санна, дайн куьг хьаькхна, керайукъа биллина схьакхийдабо шекаран бIелиг, куьйгана барташ дохуш санна, балдашца ловза а бина, хьабаза битира.
– Берзан кIеза, ахь хIун до? – синтем байна хьаьвзира Аслан.
Ткъа дин кхоьлинчу бIаьргашца гIийла хьоьжура беречуьнга.
– Со, ламаз а дина, схьавогIу хьуна. ТIаьхьо кIант керта ваьлча, говр шен хьаьвдина уллехь лаьттара.
– ЙаахIума йеза хьуна? ХIокху сохьта, – сихонца йалта дохьуш вогIу Аслан.
– Берзан кIеза, ахь-м сийсара йелларг ма ца йиъна?!
Аслана сихо йо даьхнийн лоьре телефон тоха.
– Йовхонна хила а тарло, хьовсур вай, жимма собар а дина, – жоп делира лоьро.
Ша рузбан ваха араволуш, кхин цкъа а даьхни керта велира кIант.
– Берзан кIеза, со рузбана воьду.
Говро кIентан кучан пхьош цергашца къуьйлура.
– Ахь хIун до, Берзан кIеза, рузбана ца во хуьйту ахь со? Шуьшиъ ма тамашийна йу тахана, нана а йу цхьа гIайгIане.
Говр, пхьош дIа а хецна, корта а оллийна, дIатийра. Ткъа Аслан машенахь рузбана ваха новкъавелира. Дукха хан йалале хIаваэхь ийра тормозийн, сигналийн, вовшахкхеттачу машенийн мохь. Бешахь, ов тоьхча санна, терсира дин. Къоначу кIентан жима нана, дегIа чуьра са дIадаьлча санна, охьалахйелира…
ХIинцца дина девллачу хазачу цIенойн уьйтIа цхьа стаг велира, ханна шел жимо накъост улле а ваьккхина. ДоIа дина, кадам беш, вистхилла ваьлча, хIусамдайшка пурба а дехна, керта велира иза.
– Тхан да кхелхича, цуьнан говр, хецайелла, барам эцна боьлху нах а белхош, терсаш, гондIахьа идина, цул тIаьхьа йуучух йухайаьлла, кIелйисина, дагадогIу суна. ХIетахь пхи шо кхачаза хилла со. Дин беллачу беречуьнга кадам беш хилла нохчаша, ткъа иштта болчу дине беречух кадам бан а хьакъ ду – элира цо накъосте.
Йуха говрана тIе хIоьттира.
– Берзан кIеза, да а, нана а Iийр ду Аслан воцуш, ца Iийча цадаларна. Хьо а ца Iийча йер йац. Делан кхелана реза ца хилча ца довлу вай. Хьо йуучух кхеташ йоцуш, Асланна тIера бедарш йагийнчу меттера йижинчуьра гIоттуш йоцу масех де а ду бохуш, дуьйцу. Иштта мегар дац. Делан къинхетамца, хьайн тIемаш долчу букъа тIехь Аслан волуш лела тарло хьо. Йалсаманехь а хир йу боху говраш.
Говр, лергаш хьалха а дехкина, кхоьлинчу бIаьргашца бIаьра а хьаьжна, гIийла терсира.
– Дог доьхна-кх хьан, Дала собар лойла хьуна, – бIаьрхиш лечкъош, кех велира стаг.
КХОКХИЙ
Машен йилийта вахана вогIура кхузткъа шаре ваьлла ден да а, пхийттара валаза волу кIентан кIант а. БIаьстенца стоьмаша хаза даьк кхинчу зазано а, йочана йухайирзинчул тIаьхьа йекхначу стигалахь сирла къегинчу йовхонна комаьршачу маьлхо а ойланаш хьоьстура, дегнаш самукъане детталора, синош синтеме дара. Къагийна машен а товш йара керла биллинчу некъа тIехь. Лекхачу лаьмнаша хьажарца ирс оьцуш хетара, нохчийн оьздачу йуьртан гIиллакхе йахар гуш…
Ангали санна шерачу силам-некъа тIехь бос сийна кхокхий дара – ши меъ а, цхьа нIаьна а.
Меаш, тIекхочуш лаьттачу машенах ийзалуш, синтем байна хьийзара. Тоха цакхиарна кхоьруш санна, тIемаш, жимма дегIах къастош, айъина гора церан.
Амма кхиънайогIу нIаьна сиха йацара некъ бита. Жимачу даго меашна хьалха болар дохо ца буьтуш санна, хетара, корта ирхбахийтина, накха бусийна, къора гIовгIа йеш, эпсаро санна, лерина ког боккхуш, лела кхокха.
Ден дас хIинцца йилина машен некъа тIера йуьстахйаьккхина, хIинца а дика Iовдадалаза долчу лаьтта тIера хатт чкъургашца лахьош, голатуьйхира олхазаршна.
– Дада, – элира жимачу кIанта, – хьо хоттала ца ваьллехь а, дIадевр ма дара уьш некъа тIера.
– Хаьа суна, – жоп делира воккхачу стага. – Доьналла тусаделлачохь иза хьаша гIертар кIиллочун лехамех ду къонахчун гIиллакхех дац…
Нохчийн хазачу амалх кхаъ хилча санна, хьалхачул а чIогIа къегинчу маьлхо кхин а серлайаькхира йурт.

БОРЗ
Борз базара йаьллера… Йаьллера аьлча а, йаьккхинера-кх, стенна делахь а, кхунна сагатдаран сурт хIиттош карзахдаьллачу цхьогало йиттане йита а ца йитина.
ХIилланах буьзна шен ши бIаьрг лечкъош, эхь хета сурт хIиттош, бат лаьтте а кхийдош, месалчу цIоганца барзана хьалха нуй а хьоькхуш, синна Iаткъамечу эшаран озаца дуьйцура цхьогало:
- Хьуна цкъа ган дезара оцу базарара рицкъ... И сурт хьайн бIаьрга дайча, цигара цIа йерза а кхетар йацара хьо... Ас сайна уллохь меттиг а нисйийр йара хьуна.
- Базаршкарчу рицкъанех хене ца вийлинера-кх сан ворхIе да а… Йуьйцу хазар бен, кхин цигахь гIуллакх хилла со а йац, – бохура барзо. – Iадйитахьа со!..
Амма цхьогал Iен ца туьгура.
– Хьо-м кхин а акхайолуш лаьтта, хIара лаьм наш бен, гуш хIума а доцуш. Хьайна дика дан доьлча а, ца хаьа хьуна-м, – дегабаам бина кеп хIоттийра цхьогало.
– Дика ду, тIаьхьо йогIур йу со… Хьуна новкъадаийта ца бохура ас-м, – элира барзо.
Цхьогалца цхьаьна йахча, кхечарна гергахь «цхьогална улле иккхина йеанарг хила сахьт дац» бохучу ойланца дара берзан тIаьхьасацар. «Иштта а, вуьшта а, хIун башхалла йара цуьнан?! Изза цхьа цхьогал дацара иза?! Дош делла ма делара, йогIур йу аьлла…» – ша шега бохуш, цхьогалначул а шена дог чIогIа этIаш, йехха Iийра борз, кхайкхаза йеана хьаша дIайахначул тIаьхьа, бена хьалхара кхин меттах ца хьовш.
Амма дош дош ду… Борз ца йаьллачу денца цхьогалан лорах новкъайелира…
Цецйаьлла хьоьжура борз базарарчу хьоле.
«ХIара-м хьал а дац… Далатохар ду», – ойла хьийзара хьерехиллачу коьрте.
Барзана гора: цхьана меттехь саца ца йаьхьаш, раз-пурх херонаш йохуш, лаьтта бухахь лечкъина Iашшехь, кхоьруш, са дала доллуш лелла йолу пхьагал, шек дIа а йоцуш, мах къуьйсуш лаьттара шегара моз эца шайнаш тIе ца тоьучу чеца. ДегIана зоьртала хетийта санна, ши лерг а дахдинера цо-м. Ченах кхерар йа ларам бар муххале а дацара цуьнгахь, мелхо а, тIечехаш дора пхьагало къамел.
– ДIагIо, хьайгахь ахча тоьуш дацахь, кхузахь IиндагI а ца латтош. Шай-кай йерг вер ву... – чаьмза йекайора цо, дуьне соьме дерззалц, кхоьруш, цIогIа детта Iемина муцIар.
ТIаьхьо цул а телхина дерг а гира барзана: цо набарха ха хаьрцича а, дерриг экха, кхералой, дIатуьйш, ткъа цуьнан буьрса мохь хезча, кийра шийла ша буьллий, Iадийнчохь дуьсуш, акхаройн эла хиллачу лоьман тIаьхьенах цхьаъ дара базарахь гуш. Цициган амале а дирзина, шена жижиг кхоссаре сатуьйсуш, и духкуш лаьттачу цхьогалан когех хьерчаш, писдоьлла хьийзара иза. Цунах-м, «пису» бен, ала а ца олура кхузахь цхьаммо а.
Базаре дирзина дегнаш зарздаларна делахь а, йа зарзделла дегнаш базаре дерзарна делахь а, хьалха барзана дуьйцу а ца хезна хIуманаш дара бакъ хилла хIиттинарш. Къонах йа кIилло башха а доцуш, бохча онда дерриг онда а волуш, хьал дара базарахь. Оцу балхах самукъадаьлла, къиг аьлла, Iоттарца шайна тIехтохар дан шайл гIоле цхьа а цависар хууш, эвххьаза хьийзара къийгаш, чIогIа маьхьарий а детташ.
Цхьа хан йаьлча гIовгIанаш цIеххьана дIатийра. Цуьнан бахьана дара дуьмала дахана даIам йасакх лахьо магIаршкахула догIуш тосадалар.
ХIетталц, борз ца гучуха, мах беш лаьттина цхьогал, цунна хьесталуш, тIекере делира:
– Ваа борз, хьо йац иза?! Схьайолахьа суна улле, ас меттиг лаьцна хьуна.
Цхьогал барзе кхойкхуш дайча, даIам доьхна хьаьвзира, йал схьайеха ца хIуттуш. Ткъа борз кхийтира, шена базар марзйан цхьогал стенна гIерта.
– ХIан-хIа!.. – элира барзо. – Со дIагIертар йац, кхул тIаьхьа хьо кхин схьа а ма гIерта.
Дуьненах а чам баьлла, батте бала балхо буьйса сихха тIекхачахьара аьлла, хьаьгна, базарна букъ тоьхна, лам чу боьдучу новкъа йоьдучу барзана тIоьхула аьрзуно шен тIемашца IиндагI даржийра. И шиъ вовшашка хьаьжира. Стигалахь тIомалелачун бIаьргаш чохь лакхара хьежар а дацара, лаьттахь лелачун бIаьргаш чохь лахара хьежар а дацара. Ларам а, хазахетар а дара церан хьежарехь: сонталла ца йезаш, кхин цхьа са а дуьненахь дуйла хиъна, кхаъ хиллера хIоранна а.
Ткъа ломахь-м, эзар шо хьалха санна, хIора тIулг а шен шен меттехь Iуьллура…

ШАЙ
Шай тIеоьшуш ду... ДIадагардича а, схьадагардича а, оьшуш ду... Цуьнан шеко а йац. Галваьлла хуьлийла а дац. Кхидерг кIезиг лардинехь а, соьмана гуттар а чIогIа сема хилла ву хIара. Цу тIехь шегара ледарло кхо цкъа а йалийтина йац. ХIинццалц мел мах барх а, тай тоьхча санна, дуьхь-дуьхьал хIуттуш хилла хIора сом а, буха-йисина пурхенаш а. Ткъа тахана шай эшна. Забар ца хета иза кхунна. Цу йуккъехула хIусамнана а ца Iа, гIуллакх доцу садууш бен. Хуур дара, кхарах йоцийла.
– Вайн луларчу хьенеха авари йина тахана. Машен йохийна… Ша а дика висина… Лаза чIогIа вина миска… – хазийра цо.
– Висина-те… – ца ваьллачу денца шена хезийла хоуьйту хIусамдас. – Мича гIур ду-м, хаац, и шай… – къа шех хета дезаш санна, тIетухуш, кхачадо лулахочунна сагатдар.
– Палестинера бусалба нах бу йуха а резабоцуш бохуш, ма дуьйцу телевизор чохь… – ца соцу зуда.
– Цкъа тIекхуьург хир ву со цунна, хIинццалц-м йацара кепек а галйаьлла, ткъа хIинца шай ду тIе ца тоьург… И хIун ду, реза бац бохург?.. Стенна реза боцуш бу хIорш?.. IадIан беза-кх шайн меттигехь.
– Шаьш шайн меттигехь IадIан дита боху-кх… шайн низамехь…
– Уьш муьлш бу, шайн низам хила?.. Низам вай хIоттийнарг мага деза-кх царна. Даха мукъане а стенга даха-техьа и шай?..
– Иштта дIадодахь, бIе шо далале климат хийца йала мега бохуш, сагатдеш бу Iилманчаш… – йуха а, кхо йетта чот йохош, йистхуьлу зуда.
– Кхара стенна сагатдо?.. Кхин а бIе шарахь баха дагахь бу хIорш?.. Шай оьшуш ду, тов?!
– И шайнаш кхочушхилча, эзар шаре вер волуш санна-м, хьо хьо а ма воллу… – дега баам бо зудчо. – Шай бен, кхин хIумма а гуш ма вац хьо-м… Хьуна-м, со йелча а, хуур дац.
– Хуур ду дера… ДIайолла ца йеза хьо? Ткъа иза кхочушдийриг шайнаш дала дезар ду… – цу балхана а ша саготта хилар гучудоккху майрачо. – Харж йеш бен, дац цхьа а хIума…
– Карий, карий!.. – цIеххьана цIогIа туху дуьненан да хила гIертачу соьман лено. – Костюман кисанна Iуьрг даьлла, тIоман маьIиг чу доьжна хилла!..
Шай карийча, хIусамнанас хьехийнарг карладолу кхунна:
– Нислур ду дерриг а… цкъа мацца а… – син теме олу цо. Цул тIаьхьа минот йалале, йуха а, синтем байна хьаьвзий, тийжаш, карзахволу: – КIезиг харж-м цу костюмах а ца йинера хьуна ас.

ГIИЛЛАКХ
… Воккха стаг реза вацара...
– Маржа-йаI!.. – шеха элира цо. – Ма кхоам бара-кх хьан, нохчийн оьзда гIиллакх! Ма кхоам-за хьоьшу хьо довза ирс цахиллачо. Дуьненахь а цIейахна къам тхох динарг, тхан дайша лерина лелийна хаза гIиллакх ду-кх хьо. Хьох доьхна, дакъаздовла хьаьхна-техьа тхо?.. – лазамечу ойланаша кхолийнчу бIаьргашца хьоьжура иза, шех Iехо санна, къегинчу дуьнене.
Урам баьсса го. Хьалхалерниг дац. «Хьенех» аьлла, мохь тоха, кхин цхьа а вац кетIа ваьлла охьалахвелла гуш. Ур-атталла цунна лерина гIант а дац цхьаьннан а кетIахь.
– Уйтт-йаI, ма хьалхалерниг дац… – ша шега дог даьстира цхьалха висинчу къаночо.
Холчахь ву иза, ойланаш а йу цуьнан, йекъа стаг воцуш, цхьалха…
– Ассалам Iалайкум! – аьлла, цунна тIехIоьттира дехьа йуккъера Ваха.
– Ва Iалайкум ассалам! – хьала а айъалуш, салам схьаийцира воккхачу стага.
Ваха цуьнан йуьртахо ву, амал кхуьначуьнца ца йагIахь а.
– Хьо ма дог ца догIуш хета суна… ХIумма-м ца хилла? – хаьттира йуьртахочо.
– Ойланаш йеш Iа-кх… Iедало луьра дихкинчу заманашкахь а вайн дайша-наноша лардина и хаза гIиллакх, лело хIинца маьрша а доллушехь, дицдеш догIу-кх вай… – тIевеънарг кхетар воцийла хуъушехь, дагна даздаларна элира цо.
– Са ма гатдехьа цунна… Хьалхалерниг хир дац хIинца. Сом хилчахьана, гIиллакх ца хиларх, меца ца вуьсу – велакъежира Ваха.
– Соьмах гай дузало, ткъа синкхача стенгара бер бу гIиллакх дIадалахь?!
– Синкхача а сом бу-кх… – гIиллакх а, воккха стаг а эшо гIоьртира Ваха. – Вайн тIаьхьенаш, и эрна ойланаш а ца йеш, дуьне лохуш хир йу… Кхин лехамаш берг Iовдал хетар ву царна…
Жимма вист ца хуьлуш Iийна, корта а ластийна, йуха дерриг дуьненна а, Вахина а жоп делира къаночо:
– ХIан-хIа… со реза вац... ТIаьхьа тIебогIучарна дуьхьалваха везаш вац со – хьалха дIабаханчарна тIаьхьаваха везаш ву… Цара леллий-нарг лелор ас… йаккха йисинчу хенахь а.
– Де дика дойла шун!.. – вилспетара воьссина, вистхилира йуххехула тIехволу цхьа жима кIант
– Далла везийла!.. Дукхавехийла!..
Дехьо ваьлча, йуха вилспет тIе а хиъна дIавоьдучу кIантана урамо голатухучохь иза къайлаваллалц тIаьхьахьоьжуш Iийра и ший а.
Цунах воккхавина, самукъадаьлла, серлаваьллачу къаночо хадош элира:
– ГIиллакх-м хьаха дер дац дIа!.. ХIокху белхан-м хьанор ву шен Да!
АлхьамдулиллахI!..

ХЬЕХАМ
Цхьаъ, дакъийна жижиг дууш, веха; важа, дакъаделлачу баьпках хьоьгуш, кхелха. Амма цушиннах декъалда йа декъазниг муьлха ву, вайна ца хаьа…
– Адамах шайна пайда хиларе сатуьйсийла йацахь, йа эшам хиларна кхерам бацахь, цуьнца йукъаметтиг ларйеш ца хуьлу цхьаццаболу нах. Ишттачаьрца гергарло ша тIехь йоьгIна хIусам йу хьуна.
– Бердаш дохийна, даьржича, мел доккха хи а лахдаларо кIезиг до. Iадат тIера дIашершина къам кIезигдаларо лахдо.
– Хьо харц велахь, толамо а йуьхьIаьржо йохьу, бакъ велахь, эшамо а йуьхькIам бо.
– Хьайн балхана къера хилла, нийсонна тIевар йухавалар дац хьуна. Нийсо хьаьшна, хьайниг толор коьрте валар дац хьуна.
– Нахехь хьуна цатовриг нахана хьоьгахь а товр дац хьуна.
– Мегаш доцург ахь хьайна магадахь, хьох ца мегаш верг хуьлу хьуна.

– Нохчаллий, хьаггIий цхьана даг чу тарлур дац хьуна.
– Къаночун куц суьлхьа ду хьуна.
– Къоначун хьекъал ладогIар ду хьуна.
– Хенал хьалхабаьлла хьехам шеконе бу хьуна.
– Дахар довзаза хаарш заьIап ду хьуна.
– Хьуна хьайх тарвелларг вац хьуна хьо, айхьа нахана хьо гайттинарг ву хьуна.
– Ах дуьне карахь долчо шен некха тIехь цхьа седа лелочу хенахь иза а, пачхьалкх а дош хетара хьуна нахана. Шена цо уьш пхиъ магийча, иза а, пачхьалкх а – ший а сийсазхилира, хьуна.
– Хьуна къежар гуттар а дац хьуна хьо везаран тоьшалла.
– Дех, ненах чIир оьцур берг доьзал бу хьуна.
– Вуьсур волуш цхьа а вац хьуна, дIагIур волуш массо а ву хьуна. Карахь долчух Iеха а ма лолахь, коьрта кечамбар тIаьхьа а ма тетталахь.
– Стеган Iалашо йевзинчунна цуьнан амал а йевзина хьуна.
– Доьналла хьаша лаар кIиллочун амалехь ду хьуна. Къонахчо, иза мостагIчуьнгахь делахь а, доьналлин лерам бо хьуна.
– Ша массарал а хьекъале хетарг хьекъал кIезиг дерг ву хьуна.
– ТIех дерг цIарна ду хьуна.
– ГIовгIа йоккха йоккху жIаьла кхоьруш дерг ду хьуна.
– ДIааьлларг схьаэр ду хьуна; хьайга аьлча, ца деза дерг айхьа нахе а ма алалахь.
– Ваха а, вала а атта дац хьуна. Дуьнен чу веънарг вахаза а, валаза а вер вац хьуна…
– ДIадехка докъан ламаз!.. – хезира имаман дош.
Ламаз дича, доIа дайтира. Цул тIаьхьа йуха элира:
– Схьаэца барам…
КIанта, хьалха а ваьлла, барам лецира. БIаьрхиш лачкъо гIерташ, лаьтта хьоьжура иза. Ткъа лерехь ден синтеме къамел хIинца а хезаш санна хета:
– Некъ цхьаъ бен бац хьуна. Кхин мел дерш – некъаш… Ахь дуьненна букъ тухий, эхарте воьрзуш бийриг бу хьуна некъ. Ткъа дерриг а дахар – оцу некъана кечам...

БОЬХА ХIУМА
Текхаргаш малхе йевлла. Довхачу лаьтто боддинчу догIмех хIазарш дина, Iоьхку уьш, вовшашна тIе а йогIайелла. Дахарна а, шайна а реза йу ший а. Садоцчу кийрара санна, беса хьуьйсу англин бIаьргаш.
Сема йу йа набаро Iехийна, меттах ца хьайча, кхетар а вац.
Ткъа меттаххьен башха дог догIуш, йуьзна эккха йоллу хIара шиъ а йац. Йистхилар а ду текхаргийн текхна.
– Вайх боьха хIума хIунда олу массара а?.. Уьш муьлш бу вайн мах хедо? – дуьзна къамел долийра цхьаммо.
– Хаац суна-м, – жоп делира вукхо. – Боьха хIума алахь а, малхехь лепа а лепаш, къегина-м хуьлу вай гуттара а…
Кар-кара а оьцуш, цхьанхьа а сиха а йоцуш, тоба даза, шайн цIе цIанйан гIерташ кхара дуьйцу хабарш совдевлча, цайаьлла йистхилира ларамаза кхеран къамелан теш хилла аьрзу:
– Бага дIаьвше йу шун. ТIаккха боьха хIума ца аьлла, кхин хIун эр ду шух?!

НАНА
КIант воккхахилла. Цунна хета-кх иштта. Муха хетар дац?! Ткъайесна шо кхаьчна хIокху деношкахь. Долу а, доцу а сом вовшахтоьхна, Нанас машен а ийцира. Накъосташна йуккъехь дош лела а дуьйлира кIентан. Хил дехьахь тIехьийза йоI a йара цуьнан.
КIант воккхахилла… Цуьнан шен а шеко йацара цу тIехь, йа кхечара иза шеконе диллича, товр долуш а вацара жима къонах.
КIантана билла бехк бац цу тIехь – жималлина ша йоккха хилла моьттуш, хуьлуш йу дукхахьолахь…
Йуьртахь Iуьйре тIейеара. Набарна тIера волу жима стаг, тахана хьалхе гIаьттина, цхьанхьа ваха кечлуш хьийзара.
– Ахь хIун до? – синтем байна хаьттира Нанас. –XIумма-м ца хилла?
КIентан да дIакхелхичхьана дуьйна къаьсттана чIогIа сагатдо цо шен цхьаъ бен воцчу доьзалхочунна.
– Ца хилла, Нана… ХIун хир дара?.. – цхьана хIуманна ша резавацар гайтира кIанта. – Жижиг а доттуш, хин йисте даха бартбина ду тхо.
– Хин йисте?! – цецйелира Нана. – Вайша цхьаьна сан да-нана долчу гIур ду аьлла, Iаш дацара тахана?!
– Йухахула даха ца мега цига?! – шегахь кIеззиг оьгIазалла а хаалуш, вистхилира кIант.
– Мега, дера… – таьIначу озаца тIетайра кхоьлина Нана.
КIант, машен а латийна, дIавахара. Эвлан йуккъехь воккха стаг чухаийра цо. Шен суьлхьа а хьовзош, вист ца хуьлуш вогIура къано. Амма некъаца йолчу берийн беша бер далош йогIу къо на зуда гича, воккха стаг хьалаайъавелира.
– Ваши, бехк ма биллалахь… – цецваьлла, элира кIанта. – Иза жима а йу, цунна хьо гуш а вацара, хIетте а хьо хьалаайавелира. ХIун бахьана ду ахь цуьнан оццул лерам баран?
– Ненан даржехь ма йу иза! Дала йалсамане шен когаш кIел йиллинчул сов лара хьакъ волуш мила хир ву?! – хьехаме жоп делира къаночо…
Воккха стаг ша воьдучу метте дIа а кхетийна, сихонца йухавирзина, цIехьа машен дIасихйира кIанта. Чукхаьчча, ша дIавоьдуш охьа ма лахйаллара, хиъна Iаш карийра Нана.
Къоначу хенахь ша цхьалха а йитина бакъ дуьнене дIавирзинчу цIийнден суьрте а хьоьжуш, ши бIаьрг хих буьз на, Iаш карийра цунна шен Нана.
– КъинтIерйалахь суна, Нана!.. – цуьнан когашка охьа а лахлуш, дегочу озаца дехар дира кIанта. Ткъа ден суьртах бIаьрг кхетча, кхин а холчухIоьттина, хьаставелира: – ГIой, долий вайша, Нана?..

НЕНАХОЙ
Книжка йоьшуш Iаш волу да хьалаайъалуш тидам бира кIанта. Иза йукъахвала воллу моьттуш, сихвелла, ша хьошалгIа ваха мегий аьлла, хатта дагахь хилира иза, амма да, охьалахвелла, кхин дIа а йешарна тIевирзира.
КIант ца кхийтира дас диначух.
«Къуръан доьшучу хенахь-м, шен шен меттехь йукъахволий, сужуд дора дас. Книжка йоьшучу хенахь хьалаайъаваларан хIун бахьана ду-техьа?» – ша шега хаьттира кIанта…
Ламазан хан тIегIоьртича, книжка йуьстахйиллира дас. Ваха пурба даккхаран метта, дас йоьшург хIун книжка йу, хьажа лиира кIантана. ТIе ма-хьаьжжина, кхийтира иза доллучух а, дас бина хьехам карла а белира:
– Ненахошца ларам гуттар а чIогIа беш хилла къонахаша. Йалсамане Ненан когаш кIелахь йуйла, хаьара царна, – элира цо цхьана дийнахь. – Тхан да (Дала гечдойла цунна) цкъа а, говрара воьссина, цуьнан йуьхь лаьцна бен, ца воьдура ненахой Iачу куьпа. Дехойн бакъонаш йу, ца лоруш верг велахь а, шаьш лара дезий хаийта.
«Ненахошца йолу йукъаметтиг экаме йу», – олура тхан дас…
КIант дикка лаьттира книжка а карахь, дага-лецамийн ойланийн йийсарехь. Цул тIаьхьа Нанна тIевахара.
– Нана, ас гIо дай хьуна?
– Хьо, дега а хаьттина, эвлан йуккъе ваха лерина вацара?! – дуьхьала хаьттира Нанас.
– Ца вахча а мегар дара цига-м… – вела а къежаш, Нана марайоьллира кIанта.
– Дика ду… ГI ой, бепиг эций, волахь вайна… КIант дIавахча, дехьа цIа чу йаьллачу Ненан бIаьрг кхийтира маьнги тIехь йиллина Iуьллучу книжкех.
– Зумсой ма бу кху тIехь буьйцурш-м, сан марненан тайпанан нах. Дала гечдойла-кх ма мина, ма йахь йолуш адам дара-кх иза… – элира несо, тIунделла бIаьргаш йовлакхан тIомаца дакъа а деш.
НЕНАН ИРС
Нана ирсах тийсалора шен ма-хуьллу. Ткъа Ненан ирс – иза, хууш ма-хиллара, цуьнан доь-зал бу. Дерриг а дика дара дахарехь, амма бераш кхиъна догIура. Ненан сахьийзара. Бераш а, дахар а замано шен карара доккхуш хетара цунна. ТIаьхьарчу хенахь кест-кеста нислора церан бахар-бахкар, буьйса цIахь ца йоккхуш а. Ткъа Ненан сахьийзара. Тахана йуха а воккхахверг ваха везаш вара. Масех денна цIера араволуш ву, накъосташа мехах машен нисйир йу аьлла. Ненан дог йуха а карзахдаьллера.
– Хьалха дерриг а цхьаьна хуьлура массо а хенахь… – йелхар а оьккхуш, йистхилира иза цIий-ндега. – Ткъа хIинца?..
Хорамо эшийна, дIатийра бод хьакхош лаьтта Нана. Вистхила сиха вацара доьзалан Да а. Эххар а цо элира:
– Доьзалш баккхий а хуьлу, дехьа-сехьа а боьлху, шайна а бовлу... Берийн зевнечу аьзнех йуьзна лаьттина хIусам йасса а ло. Вай дуьххьара а йа тIаьххьара а дац. Дахаран низам ду иза. ХолчухIитта ца йеза.
– Иштта-м ма дара иза… – цIийндена тIетайра хIусамнана. – Делахь а, хала ду-кх…
– Дада… Нана!.. – эсала вистхилира кхеран Iодикайан чувеана Ден а, Ненан а гIайгIанечу къамелан теш хилла лаьтта кIант. – Со тахана ца вахча а, талха хIумма а дац. Нанин хьокхам а, тIо-берам а бууш, шуьца цхьаьна Iан лаьа суна…
Хих буьзна Ненан ши бIаьрг серлабелира. Нана ирсе йара тховса. Тховса йуха а шен берриг доьзалца цхьаьна чуйирзира Нана.
БАКЪО
– Дада, ас цхьа хIума хатта мегар дарий?.. –олуш, чоьхьавелира хIинцца эвлан йуккъера чувеана кIант. Кхиъна вогIу кIант, стенна делахь а, цхьана хIуманна сингаттаме вара.
– Хаттал… – леррина кIанте а хьожуш, жоп делира дас.
– Тахана, цхьана тобанца хьан дош дашера даьллера бохуш, дуьйцу наха… Иштта ду иза?.. ЦIарца уьш бийца-м ца хии царна. Цхьанхьа… гIалахь хилла, боху.
– Со харцлоьра-м, ца боху?
– ХIан-хIа… харц ца во…
– Сайга хаьттича бен, ца аьллий хаьий царна ас сайна хетарг?
– Иза а билгалдоккху цара.

– Хаьттинчунна жоп ца делча а, жоп луш бакъдерг ца дийцича а, ца довлу вай.
– Иштта-м ду иза… – тIетайра кIант, – делахь а сагатло-кх харц нехан алсам кадаьлла, хьо эшарна...
– Цунна-м саготта вацара со... Со-м со бен вацара, тоьлча а, эшча а... Бакъо эшарна кхоьру-кх…
– Эшахь, нах кхаьрдар бу-кх.
– Нах бу… – соцунгIа йира дас, – Далла а йе-заш йолчу бакъонна тIехIотта хьо озалахь, кхаьр-дар берш... Бакъо а къевсина хьо эшча, кхарддал бен боцурш – уьш бац нах... Тоьлур вуй хууш хилча-м, кIиллочо а къовсур дара. Эша тарлой хуъушехь, къуьйсу нах болчу наха зуламхошца, хIара харц дуьне мискачунна цаьрга тIех даз ца дайта. Делахь а... къонах кхера везаш дерг а ду.
– Иза хIун ду?.. – хIинца кIант леррина хьоь-жура дега.
– Хуъушехь харцо-м къонахчо йуьйцур а йац… Ша бакъ ву а моьттуш, харцхиларх кхера веза-кх къонах...
– Дада, муха ларвала веза цунах?
– Шен ойла а, ша олу дош а, дан лерина хIума а Дала бохучуьнца а, дайша лелийнчуьнца а дустуш хила веза-кх… – хадош, жоп делира дас.

АМАЛ
Ден да, кIентан кIант улле а ваьккхина, вогIура урамехула. Комаьршалла совйаьллачу аьхкенан маьлхо дохдинчу дуьненахь тов хIоьттинера.
Адам хьовха, ур-атталла олхазарш а дац цхьанхьа а гуш. Даккхийчу диттийн дуькъачу гIашлахь тап-аьлла дIатийнера уьш. Цхьаьннан кертахь, тIехволучунна гIалх ала а дог ца догIуш, хIургон кIелахь дижина Iуьллура жIаьла. Вукхуьнан кетIахь кхуран диттана гонаха уьстагIий лаьттара. Йовхонна гIаддайна, тIемаш охкийна лаьттачу котамашна хьалха, хьуьнар гайта санна, керта буьххье йаьлла къона нIаьна а Iара. Хетарехь, кхайкха карх а ца долуш, йуха чу йосса даго а ца йуьтуш, дIасахьоьжура иза. Тера-мера тов йацара хIоьттинарг Аьхкенан чилла йара шен амал гойтуш.
– Дада!.. – хаьттира жимачу кIанта. – Хи деха мегар дарий ас вайшинна мала?
– Мегар ду – жоп делира воккхачу стага. – И дIогара хIусам чохь вехачуьнга доьхур ду вай-шимма.
– ХIокхеран ков а   аду диллина, – аьрру агIор пIелг хьажийра кIанта.
– Го суна… – элира ден дас. – Делахь а дехьарчу керта гIур ву вайша.
– Дика ду… – тIетайра кIант. – Цу чохь берш бевзаш бу хьуна?
– Бац.
– ТIаккха хIун башха ду и хи хьаьнгга дехча а?.. – ца кхетта, хаьттира кIентан кIанта.
– Керт дозанал араоьзна йу церан: даго къобал ца во урам гатбинарг… – аьлла, болар сихдира ден дас.

ПАЧЧАХЬ
Паччахь шен лекхачу гIали чуьра, махке бIаьрг тухуш, дIасахьаьжира. Цунна гуш дерг хаза сурт дара: лекха лаьмнаш, луьста хьаннаш, шера аренаш, сирла шовданаш… Баьццара куз баржийча санна, куьце йолчу басахь йежа рема, жа, бажа... Паччахь реза вара.
Самукъадаьлла, лекхачу гIали чохь дахарх Iехавелла Iаш волу мехкада кестта набаро а Iехийра…
Паччахьна гIан гира.
Лекхачу дитта тIехь гIайгIане доьлху олхазар дайра цунна гIенах.
– Хьо ма сингаттаме ду, хIун ду хьан сел чIогIа дог дохийнарг? – хаьттира паччахьо. – Дийцахьа соьга, со гIо дан хьожур ву хьуна.
– Дела реза хуьлда хьуна. Амма хьоьга дIа-айъалур болуш сингаттам бац соьгахь берг, – жоп делира олхазаро.
– Со паччахь ма ву!
– Хаьа суна… Со со а ду олхазарийн паччахь.
– Ткъа хьо гIайгIане хIунда ду… хьо паччахь хилча? – цецвалар совделира цуьнан.
– Паччахь долу дела...
– Цунах со муха кхета веза?
– Вай кхоьллина, вайга паччахьалла деллачу Далла хьалха... цу Хастам Хиларо вайх тешийнчу синойн хьашташ кхочушдан ницкъ ца кхаьчна, йуьхьIаьржачу хIоттарна кхерар ду сан делхаран бахьана, – жоп делира олхазаро.
Паччахь самавелира. Йуха а шен махке хьаьжира иза, амма хьалхалера хазалла а, бахамаш а бацара паччахьан бIаьрго лаьцнарг. ХIинца цунна гора тайп-тайпанчу хьолехь дохку адамаш: дахарх кайеттарш а, дахаро шайх катоьхнарш а…
Паччахь вилхира.

ХЬАЬКАМ
Хьанех хьаькам вара хIинца. ХIинца хьанехан карадахнера хIара. Ша шех воккхавера и миска. Кхетам-кхела а гуш, къежна вара цу муьрехь. ЦIеххьана шена гонаха хьовза доладеллачу дуьнено дикка корта хьовзийнера жимачу стеган, ойла а йахийнера.
Цуьнан самукъадолура йезачу машенах а, хазачу кабинетах а. Чу-ара волучу муьрехь, шен цIе а тIехь, дIатоьхначу уьнна тIехь даккхийчу элпашца йаздина «ХЬАЬКАМ» боху дош дайча а, дезалора цунна. «Йуург йай хьуна, кофе, чай мер дарий ахь, Хьенех Минехович?» – аьлла, секретарь йистхилча а, товра.
Белхалой а, дикачуьнга сатесна болу, тIекере бара керла куьйгалхочуьнца.
– Хьажахьа… – ша шех цецвуьйлура иза. – Ас куьг йаздича, Iедало ахча а дIахоьцу, стаг балхахь а лору, балхах воха а во.
Телевизор чохь гайта а, нахана вовза а волавеллера жима стаг. Дахар дIанисделлера кIентан.
Шен дахар нисделла а ца Iаш, дерриг а дуьне нисделла хеташ а вара иза. Дуьненах дин а хилла, цунна тIе нуьйр тиллича санна, реза вара шен хьолана.
Амма дарже тIечIагIвина дукха хан йалале цхьана йуьрта тезета вахар нисделира цуьнан. Вевзаш стаг хиллера кхелхинарг.
– Лелалуш волчу хенахь дукха жоьпаллин даржашкахь белхаш бина вара хIара. Шех тешийна гIуллакх кхачо йолуш дIахIоттийна ца Iаш, хаддаза шен куьйга кIелахь болчеран хьашташка леррина хьожуш а вара, – бохуш, дора цунна наха тоьшаллаш.
Цаьрга ладегIа вуьйлира къона хьаькам. Ткъа вукхара, кIорда ца деш, доггах дуьйцура цуьнгара девлла диканаш. ТIаьхьо, верасаша дIахьевина, цIа ваха ваьллачу кIанта, ша машен чу ма-хиъина, телефон туьйхира шен гIовсе:
– Хьенех, бехк ма биллалахь, мукъа де доллушехь, хьо хьийзаварна… – кIеда вистхилира иза. – Кхана вайн уггар хала бохкучу белхан накъостийн фамилеш схьалохьа соьга.
ТIехьа Iачу шен хьаькаме куьзган чухула ларамца леррина хьажа а хьаьжна, резахиллачу шопаро машен дIайолайалийтира.

ЙАЗДАРХО
Къона йаздархо дагавала веанера къена яздархо волчу.
– Баккъалла а волу йаздархо мила ву, муха хила веза иза? – хаьттира жимачу стага, хIусамдегара пурба а даьккхина.
Къаночо, жимма вист ца хуьлуш а Iийна, жоп делира:
– Цхьаъ, ша доьзалх жоп луш вуй, хууш хуьлу... Важа – къомах... Ткъа йаздархо дерриг а дуьненна саготта ву даим а. ХIораннан лазам йаздархо лазош бу, хIора сакхт ша сакхт веш хета цунна, хIораннан а кхиамах ирс а оьцу. Йаздархо – дукъ ду, шен синна… декъазчунна, кхин синош декъалхилийтархьама, вацар тIедуьллуш, тIедожийна. Йаздархочо тIелоцуш а, йа йаздархо йухакхеташ а хьал дац иза. Йаздархо дуьнен чу вогIуш, цуьнан дагах, ойланах, сих, дегIах хьаьрчий, дуьнен чу йолуш йолу дозадоцу адамалла йу иза… деккъа цIена шен цхьаннан ирс лахар йаздархочунна доьхкуш йолу… – элира воккхачу стага.
Цул тIаьхьа, соцунгIа а йина, хаьттира:
– Хьуна хIун хета, жима къонах?.. Оьшурий-техьа хIокху атта боцучу новкъа гIерта?..
– Ца оьшура дера эшшане а-м… Атталлех ирс эца хаьахьара… цхьана дегIан хьашташ кхочушдарх синан паргIато хуьлуш йелхьара… – жоп делира леррина къаночун къамеле ладугIуш Iачу жимачу стага.
– Хьох йаздархо хир ву хьуна, – элира воккхачу стага, тоба стамйаларх воккхавер а, кIантах къахетар а синтем бовзаза тишделлачу даг чохь а къуьйлуш.

ДЕКХАР
Ден-ненан кIант кхиира… Той дара кхеран кертахь тахана. Тахана хаза дара кхаьргахь. ДIогара башха таро йолуш а боцчу кхеран хIинца бес-бесара даарш дара хаддаза хьешашна хьалха хIиттош. Пондар-вота а дара, дог ойъуш, хезаш.
Халхарехь хьийзара кегийрхой. Массо а велавелла-векхавелла гора.
Да-нана а дара самукъадаьлла. Бакъду, наггахь вовшашна бIаьрг тIехIоьттича, кхушинна бен бахьана ца девза сингаттам хаалора кхеран хьажарехь…
Хьалхо цхьа оьзда йоI йевзинера кIантана. Хаза гIиллакх долуш хIара ша а вара. Вовшийн тайнера кIантана а, йоIана а. ЧIогIа доккха а дера шайн довзарх. Шинахьара а цIеранаш а бацара дуьхьала. ТIаьхьо йахар-йар хьехо а долийра.
Амма кIентан доьзал таронна эшна бара. ХIуманна мало йолуш а, йа балхах къихкина а ма бацара уьш. Шайначул бахам а гулбинера дас-нанас. Делахь а тIамо хIаллакдира дерриг а.
Ткъа, андаболуш лаьтташ доьзал а болуш, шайна ма-хеттара йуха когабаха ка ца делира. Цундела тIетайра да, махкал арахьа мехах болх бан ваха лууш кIант хилар шега хIусамнанас хьахийча.
– ХIинца совнаха дерш дукха лелорца наха а, вай а ваьшна даздина йалор а, йахийтар а, – элира цо. – Иза хуъушехь, со а воллу нахе нисвала, харц йахье вуьйлуш. Бакъахьа-м хIораммa а дика а, вон а шен барамехь дерзош хилча дара.
– Дера дара-кх. И кхайкхам Iедало а, Iелам-наха а беш лаьтташехь, цхьанна а ца лаьа-кх цу тIехь хьалхе йаккха, – элира нанас а. – Къоьллех эхь хетар ду-кх дерриг а…
КIанта дикка хан йаьккхира цIера ваьлла. Дас-нанас дехха са а гатдира. Амма дерриг а эрна хилира. Болх бина а баьлла, ахча схьало хан гергакхаьчча, хьалхаваьлларг, шен тилпонан лоьмар а хийцина, къайлавелира. КIант, шен накъо-сташца цхьаьна, йуучуьнца-молучуьнца гIело а хуьлуш, иза лоьхуш лийлира. Кхин гIуллакх ца хилча, шайгахь долу соьмаш вовшах тоьхна, халла цIа бирзира…
– КIант!.. – элира цхьана дийнахь нанас. – Хьо и йоI хьахош а ма вац тIаьхьарчу хенахь.
– Баркалла аьлла, хадийна ас цуьнца дерг...
– Ватта Дела! Муха, баркалла аьлла?! Дага а ца волуш, до и санна дерг? Цуьнан бехкенна-м хир дац хьуна иза?!
– Цхьаннан бехк а бац. Со сиха вац чуверза. ХIун хаьа, кхин цул хазаниг йевзий а?! – къамел забаре дерзо хьаьжира кIант. – Шен гIайгIа бан маьрша йитича, бакъхьа ду иза. Зудаберан хан сиха ма туьлу.
Нана кхийтира, кертахь таро цахиларна захало кIанта хадийний. Шен дог дохо цалаарна, шех дага ца волуш иза Iийнийла а.
– Иштта хадийта йиш йац хIара захало. Ткъа йоIа хIун бохура? – холчухIоьттина, хаьттара цо.
– Йоьлхура, – доцца жоп делира кIанта…
Буьйса йуккъе йахана хан йара, ловзар дIадирзича. Хьеший дIа а бахийтина, чудирзира да-нана.
– Стаг! – элира хIусамнанас. – И кредит эца вайша банке даханчу хенахь, хьо машен чохь а вуьсуш, чуйахча, вайн несан нана гира суна цигахь. Гинийла хаа-м ца хаийтира ас цунна. Цунна со гира аьлла, хеташ-м йу со. Къахийтира суна цунах.
– Деллахь, и пекъарш а декхарийла бахана-техьа?!
– Дера, бахана. Йа кIезиг а ма ца бахана. Йалошчул а дукха дера оьшу йохуьйтуш-м. ХIун дина токхур-техьа иза цара а, вай а?
Стаг, вист ца хуьлуш, ламаз дан хIоьттира. Тасбихь дина, вирд даькхина ваьлча, элира цо:
– Дала дайттинарг дийр ду вай. КIанте а, несе а цкъачунна ма хаийта кредитах дерг.
Баттана дуьхьалйаьхкинчу мархаша кхин а кхолийра буьйса. Цхьамма хIуп аьлча санна, дIа-дайра стигалара седарчий а.
Ша ша Iаччохь дIатийра да-нана а.

НАКЪОСТ
– ХIай сан дика накъост! Масех шо ду хьо сан са дадийна лела… – лекхачу лаьмнашкахь шен тешамечу динца къамеле велира обарг. – Массарна а санна, суна а дезара маьрша дахар… Сийдоцчу Iедало нехан сий хьоьшуш лан а ца делла, ваьлла со кху новкъа, безачех, бевзачех а хаьдда. Цу дийнахь соьца цхьаьна хьо а йуьртах ваьлла, – кIац йиллина лаьттачу говрана тIе дайн куьг а хьаькхна, дIатийра обарг.
Буьрсачу Iаьнан цIевзина йеана шийла буьйса йахйеллера шинне а. Стигалара бутт а, седарчий а, кхушинна уллехь йогу цIе а, шайн ма-хуьллу церан дахар серладаккха а, дохдан а гIертара, амма церан ницкъ ца кхочура и дан. Обарг вехха Iийра, вист a ца хуьлуш. Эххар а цо элира:
– Наха шайн дой довхачу божал чохь, луш хIоъ а болуш, хьаьвда дуьззина хьалха дуьллуш докъар а долуш, кхобу Ткъа хьо, сан дика на къост, суна томана санна, дитта тIера ас даьхна генаш а дууш, лаьтта кху гIорийнчу ломан чIожахь. ТIекIел ши буьйса цхьанхьа йаккха йиш йоцуш со лелар бахьана долуш, дукха цатемаш хуьлу хьуна. КъинтIера йериг хир йу-кх хьо суна... хьан къинна со валарг?!
Беречо дуьйцучух кхеташ, къонахчунна синтем бан санна, цуьнан белша тIе корта а биллина, дIахIоьттира дин. Жимма Iийча, ша лаьттачохь наб озийра говрана. Попах букъ тоьхна, обарг a дIатийра…
Iаьнан йеха буьйса йуккъе йаханера…
Генарчу кIотарахь йоккхачу стагана гIан дайра. Шен кIант гора цунна, топ а буйнахь, попах букъ тоьхна Iаш. Йайначу цIеран йисинчу алу тIе мох хьаькхча дуьйлучу суьйнаша цкъацкъа мелла а серладоккхура цуьнан сих схьаваьллачун йуьхь-сибат
– Со йала хьан къинна, – хорамо эшийна, легашкахь сецира Ненан мохь.
Ша везаш кхиийнчо бекъа йолуш дуьйна йе-заш кхиийна дин гора йоккхачу стагана гIенах. Цо кIанте ден къамел а хезара: «Со къинтIербаккха декхарийлахь вац хьо, сий долу къонах! – элира дино. – Ас хастам бо вайшиъ Кхоьллинчунна, Цо сайн букъ тIе хаийнарг букъ тIехь лело сийлалла йерг хиларна. Ткъа хIара дуьне-м, вайшиннах дисина а ца Iаш, оцу довхачу божалшкахь дежачу дойх а, йовхачу хIусамашка чубирзинчу берех а дуьсур долуш дай!.. МостагIчуьнгара чIир эца воьдуш, хьан оьгIазло хаайелча, чехка хьо цунна тIекхачо хьожу со. ЧIир эцна, йухавирзича, кIиллоша кIело йина хиларна кхоьруш, адамех хьулвеш, къайлаваккха сихло. Хиндерг хууш верг Дела бен вац!.. Кхоьру-кх, со Iожалло хьол хьалхабаьккхина, хьо накъост воцуш висарна а; хьо хьалха а ваьлла, со цхьалха бисарна а. Везачу Дала, цхьаьна а долуш, машаречу дахаре йухадерзадойла вайшиъ, йа шиннан а дахар цхьана дийнахь хададойла… Хастам бу-кх вай кхоьллинчу Далла…»
Ломахь сатесира. Ламаз а эцна, лай тIе ламазна верта а тесна, къилбехьа вирзира къонах…
БIаьсте йала генна дара, ткъа нохчийн къоман маршо а, бусалба динан паргIато a тIекхача-м бIешераш довла дезара…

ЦХЬАЛЛА
Шен жималлин теш хиллачу къеначу кхора кIелахь, шен воккхаллин накъост йолчу Iасан тIе а тевжина, гIийла Iара воккха стаг. Цхьалха висар боккха бохам бу адамна… Хетарехь, муьлххачу садолчу хIуманна а. Цхьалла лазаме йу хала йу. Цхьалла адамийн къоьлла бахьана долуш хуьлуш йац, овкъийн къоьлла бахьана долуш йогIуш йу. Ткъа уьш вайна безначийн, вай дезначийн дахарш хедаро хедош йу. Цхьана ма-гIарера чкъор бакъдуьнене дIадоьрзучу хенахь тIаьхьависначун керла кхоллам бу цхьалла. ТIеван а, тIеваха а, хазахетар йа халахетар декъа а накъост воцуш висча, цу воккхачу стагана а хиира цуьнан чам.
– Де дика дойла хьан… – вистхилира ишколе воьду кIант Иза цкъа а ца волура, воккхачу стаге вист ца хуьлуш, тIех. – Хьо ма дог ца догIуш хета суна?! Могашалла муха йу хьан?
– Далла везийла, сан жима лулахо… Дика Iа хIокху сохьта. Могашалла а, хиллачуьнга хьаьжча, эшна йелахь а, хин йолчуьнга хьаьжча, дика йу… Кхин дог ца догIуш а ма вац со-м…
– Муха веха хьо?.. ХIумма а оьший хьуна?
– Дела реза хуьлда, хIумма а ца оьшу… Вехаш а ма вац со-м… нийса аьлча, йуха вехаш ву-кх…
– И муха хуьлу, Ваша?..
– Иза дера хуьлу, цхьалха а висина, дагалецамашца дагавийла воьлча. Карлабуьйлу дагалецамаш боцург, керла хIумма а дахаро дохьуш ца хилча…
– Цхьалха хIунда ву?.. Вай дуккха а ма ду кху урамехь!.. – воккхачу стеган дог эца хьаьжира жимха.
– Адамаш гонаха мел дукха хиларх, хьуна дагадогIург дагадогIуш верг уллохь вацахь, дассалуш хилла-кх хIара дуьне… Хьуна хьалхе ду иза хаа… Ма Iе, хьажа хьайн гIуллакхе. Дала сий дойла!
– Iодика йойла хьан!.. – иза ша вита ца лууш санна, меллаша дIаволавелира кIант…
Ткъа воккха стаг йуха а дагалецамашка велира. Цуьнан тахана дуккха а зераташ дара шен эсехь дан дезаш…

ДАЛАТОХАР
Шен балхара араваьлла, цхьанхьа хIоьттина ван лерина кетIа ваьллачу хьаькамна ша хьалха куьйгалла деш хиллачу цхьаьнакхетараллин белхалочух бIаьрг кхийтира. Соьлжа-ГIалин урамехула вогIура жима стаг, адам доцучу йаьссачу аренашкахула санна, паргIат, кхо-диъ шо долчу йоьIан куьг а лаьцна.
«Деллахь… со гахь, йухьIаьржачу хIуттур ву-кх иза», – аьлла, шен машен тIевоьдучуьра йуха а вирзина, кхечу агIор дIаволавелира ханна воккха волу куьйгалхо.
Амма тидам хилаза ца висира иза.
«Хьенех!..» – аьлла, мохь туьйхира жимачу стага.
– Воо вай!.. – дуьхьала вистхилира иза.
ЙоI новкъахь тесна йити-кх хьуна цо, ша вайча аьлла, даг чу кхерам те сира цунна. Амма иза иштта ца хиллера.
– Хазахийти суна, хьо гина!.. Букъа тIехьашха а вевза-кх хьо суна… – лаьцна долу беран куьг ца хоьцуш, самукъадаьлла, къамеле велира жимачу йоьIан къона да. – Тхоьца дика хилла ма вара хьо. ХIинца а и хан хьехош Iа тхо.
«Суна а хийти хьо гина хаза…» – ца аладелира доцург дийцар ца дезаш волчу хьаькаме.
Мелхо а, цушинга дIахьажа эхь хеташ, йоккхачу гIали йуккъехь дерриг а адамца гIиллакхах воьхна лаьттарг ша волуш санна, холчохь вара иза.
Ткъа кIантана-м и гIиллакхе доцийла хуучух тера а дацара. Шен хиллачу хьаькаман воьхна хилар стенна ду ца кхийтира иза. Амма йоI кхин терго йоцуш цо йитаран тидам бинера дас. Цец а ваьллера, цунна иза баккъалла а ца го моьттуш. Воккхачуьнгара йаьлла «ледарло» нисйан а хьаьжира жима стаг:
– ХIара сайниг йу… – агIонца лаьтта йоI шаьшшинна йуккъе хIоттийра цо. – Кхунна ловза йаха лиъна, арадаьлла тхойша.
– Мегар ду… – ша цхьаъ ларвечуха, жимма агIор а хьожуш, жоп делира хьаькамо, халла оьгIазлонна са а тоьхна.
Данне а шена чохь «нохчалла» доцу дика адам гора цунна шена хьалхахь. Ткъа йоIах мила хир йу цу дас кхиийча?! Иза-м хIинца а йу махкара воцчу говзанчо диллинчу суьрта тIера йоьссича санна: тIейуьйхина божаберийн хеча, гоьллелц йогIу мачаш, гIодайуккъе ца кхочуш, йоца свитер, коьртахь кепка, букъ тIе оьллина жимачу рюкзаках тера тIоьрмиг, карахь хин шиша…
– Дика ду… Дала шен къинхетам бойла вайх массерах а… Со хьажа хIума дуй?
– Дац… Iодикайойла, хазахийти гина…
– Дала хазахетар ма эшадойла…
Ша арабаьккхина некъ а битина, йуха кабинет чу вахана, вехха Iийра хьаькам гIийлачу ойланийн йийсарехь. Ткъа бода къовлабелча, цхьаъ дуьхьалкхетарх ларлуш санна, урамехь серло кIезиг йолу агIо лоьцуш, генахь йоцчу шен хIусаме дIавахара. Кхин цхьаъ а тахана ишттаниг дуьхьалкхетахь, и лан шен де доцийла хууш, къехкара иза тховса адамех: «Далатохар ду хIара-м», – ша шега а бохуш.

НОХЧАЛЛА
Ишколехь тийна дара. Бераш а, хьехархой а цIа баханера. Цул тIаьхьа, шайн шайн классаш а цIанйина, Iуьйранна цIе лато кийча хирриг аьлла, кхе дечиг туьллуш, пешаш а кечйина, технич-каш а дIабахара. Хехь волу воккха стаг ша висира. ГIийла шен суьлхьа а хьовзош Iаш волу иза, вол-волуш, дагалецамашка велира. Цкъа, стигалара бутт санна, йекхна хуьлура цуьнан хено охана дина йуьхь, цкъацкъа, баттах хьерча марха санна, кхулура…
ХIинцачул нийсса шовзткъа шо хьалха а тховсалерчух тера хаза суьйре йара Мартан-Чохь. Хезаш вота-пондар а, тухуш тIараш, кегийчу нехан: «ХIорс-вай, хьовзайе! Хьаша йу хьуна!.. ЙоI дика йолу!..» – бохуш, детта маьхьарий а дара. Наггахь топ йолура. И дерриг хезаш, дог ловзалелхаш, цига ваха дагахь кечвелла иштта меттиг йезаш волу Уьстаби а вара. Ткъе итт шарера валаза стаг вара иза хIетахь. Зуда йалийна, чувирзина а йацара дукха хан. Тховса иза ловзарга ваха кечвеш, гонаха хьийзара хIусамнана.
– Ледара ма Iелахь… со тховса, жима нускал а далош, ван тарло хьуна… – забар йира стага.
– Хазаниг лахалахь… – иштта забарца дуьхьала жоп делира ирсах лепачу зудчо. – Ирчаниг товр йац хьо санна волчу къонахчуьнца.
– Хазаниг лохур йу: ирчаниг-м йолуш йара сан…
Церан къамел йукъахдоккхуш, цхьа шатайпа даге ов тухуш, топ йелира. Стенна делахь а, топ йолуш цкъа а шайна хезна доцуш санна, синтем байна хьаьвзира и шиъ. Цул тIаьхьа дукха хан йалале кхеран керта цхьа жима стаг иккхира. Воьхна вара иза. Ловзаргахь ларамаза стаг вийна ша вогIийла, хаийтира хьешо. ХIора дош хала долура цуьнан багара. Уьстабис сихо йира иза дехьа чохь къайлаваккха.
Хьен ца луш, тIаьххье чIирхой а схьакхечира. Дера ков детта хезча, кхийтира Уьстаби цунах.
Топ схьаийцира Уьстабис, ша сихаллехь къевлинчу кевнан гIуй баккха уьйтIа волуш.
– Вайн ваша вийнарг хьо волчахь ву, ма боху… – кху йоьхна йеанчу буса Уьстабин кетIа баьхкинарш цуьнан нанас дена бина вежарий хиллера.
Тахана холчахь а, оьгIазе а бара уьш.
Воккхахволу Уьстаби а холчухIоьттира, дегнаш Iовжийна лаьттачу шел кегийчу вежаршна йуккъехь шайн цхьа ваша ца вайча…
Кхелхинчун дерриг дахар хьаьвзира воккхахволчу вешин эсехь. Дагах леттачу лазамечу цIеро кегайора ойланаш. Амма майраллица а, доьналица а нахе шен дика цIе йаккхийтина волу Уьстаби тховса сиха вацара...
– Со волчохь верг хьаша ву, – жоп делира Уьстабис вежаршна.
– Уьстаби, чудитахьа тхо, – собарх боха герга бара кегийнаш.
Уьстабис, тоьпан йуьхьиг тIе а йерзош, аз стамдира:
– Вайн керта вон деана тахана… Амма, шу сихлахь, йуьхьIаьржо а йогIур йу, – элира цо. – Йухадовла… ДIадуьйлало… тезетна кечам бе. ЧIир эца вай мичча хенахь а кхуьур ду…
Шарал йахйелла буьйса, хьаша ларвеш, топ а буйнахь, неIсагIехь йаьккхира Уьстабис. Керта воьссинчунна хьошалла дан а хьаьжира хIусамда а, лелларг хууш йоцу хIусамнана а.
Амма хьаша рицкъанах ца кхийтира, йа набаран суй а ца бира цо. Холчахь вара иза. Шегахь дерг цунна тосадаларх ларлуш, хиллачунна тIе кхин а сов сина ницкъхилла хIусамда а вара…
Садаьржачу хенахь, ваша вийначу «хьешаца» дина жамаIат-ламаз доIанца дерзош, доггах Деле дехар дира Уьстабис. Шен дин а кечбина, йуьртара ара а ваьлла, цу динахь хьаша дIахьажийра цо. Цул тIаьхьа сихонца тезета йухавирзира иза…
ТIаьхьо, дехаре баьхкинчу нехан йуьхь йеш, Делан Шен дуьхьа ларамаза шайн ваша вийнарг чIирах хьалхавитира вежарша…
Шовзткъа шо кхаьчнера тахана и болх лелла. Дерриг карладаьлла Iачу воккхачу стеган бIаьргара хи делира. И цхьанна гарна кхоьруш, йаьссачу гIишло чухула дIасахьаьжира Уьстаби.
– АлхьамдулиллахI, Дела, Хьуна бу-кх хастам… – суьлхьа хьовзочуьра сацийна, Iуьйра-ламазна кечамбан вуьйлира воккха стаг.

НИГАТ
– Дада, вайга цхьа стаг веана, – хаам бира ден дега арара ведда чуиккхинчу жимачу кIанта.
– Дика ду-кх иза… Хьаша беркат ду!.. – вистхилира хIинцца, ламаз а эцна, сехьара цIа чу ваьлла хIусамда. – Же!.. Сан ши пазат схьайадайелахь сихха, когаш Iуьйра дуьхьалволийла-кх даций хьешана.
КIанта сихо йира цо бохург дан. Амма, ша деана гIуллакх а довзийтина, чайнан стака а мелла, хьаша дIавахча, беро хаьттира:
– Дада, ахь гуттар а ши пазат тIе хIунда йуху цхьанна дуьхьалволуш а, вуьшта уьйтIа волуш а?.. Когаш шелло хьан?
– Ца шелло дера. Хаза дац когаш Iуьйра нахана хьалха хьийзаш.
– Арахь суна-м дукха гина хьуна пазаташ йоцуш леларш.
– Хаьа суна…
– ТIаккха… ахь уьш лелийча, хIун пайда бу?.. – ца кхетара кIант.
– Массара а леладар бахьана долуш ца даьлла и гIиллакх кху дийне… Лелочуьра охьацатасар бахьана долуш даьлла, – жоп делира къаночо.
– Ас а-м лелор ду хьуна иза, кхечара хIуъа дахь а, – элира кIентан кIанта.
Ден да велакъежира:
– ТIаккха… со велча а… дехар ду-кх гIил лакх!.. – самукъадаьлла, беран коьртах куьг хьаькхира воккхачу стага.

СИЙ
Аьхначу бIаьстенан довхачу дийнахь гIали йуккъехула схьавогIура лекха сураман куй тиллина, тIедуьйхина муридийн духар а долуш товш воккха стаг. Заза даьккхинчу дитташца хазалла къуьйсуш санна, хазйелла лаьттара Нохчийчоьнан паччахье. Стигала кхийдара къегина момсарш. ТIеман кIур-м хьовх, цуьнан лар а ца йисина махкахь.
– АлхьамдулиллахI… – дог доьлура воккхачу стеган. – Хастам бу-кх Хьуна, Везан Дела… Ахь беллачу хазачу махкахь, Ахь доссийнчу сийлахьчу Къуръано ма-бохху Ахь марздинчу оьз дачу гIиллакхехь даха маршо тхуна йаларна…
Дуккха а бохамаш гина велахь а, воккхачу стеган хьажар самукъане дара тахана, болар а дайделлера:
– АлхьамдулиллахI…
Маьждиге боьду некъ йуьхьарлаьцна вогIу хIара цIеххьана йуьхь тIера хийцавелира. Йоццачу ханна, воьхна, вогIа а велла, лаьттира иза. Цул тIаьхьа, когаш тIера галваларна кхоьруш санна, гIийлачу боларца кхидIа гIоьртира. Жимма дехьо ваьлча, ша шен даржах ша вохош санна, цIейаххана волчу къонахчо а, вевзаш воцу воккханиг тIехIоттарна кхоьруш, ца боккхуш хилла болу коьртара сураман куй, схьабаьккхина, каралецира къаночо. Воккхачу стеган дог нохчийн къоман къинна доьлхура. Йоккхачу гIали йуккъехь, гоьлa тIе ког а баьккхина, оьздачу мехкарша адам долчохь ца тухуш хилла болу букъ гIантах а тоьхна, аркъалйахана Iачу йоIана-м ца хаьара, ша, шен ворхIе а дех дисина гIиллакх хьашарна, сийсазхилла Iай…
– Дела, Хьайн къинхетамах ма даккха Ахь тхан нохчийн къам.
Воккха стаг гIайгIане вара.

КЪОНАХИЙ
Iабдул-Межид волчохь тховса самукъане дара. Чоь йуьззина хьеший бара цуьнан хIусамехь тховса. Дуучух-молучух йоьттина стол а лаьттара. Пешахь, лелха а лелхаш, дечиг догура. Йе чуьра хIинцца схьайаьхна тIера Iаь а гIуьттуш текхахь Iохку котамаш, галнаш гича а, вузур волуш хаза кечйина йара стол. Царна улле хохийн берамаш хIиттош, куршканаш чу чорпа йуттуш, хIусамнана а хьийзара. Хьаша-да везаш йара Яхита. Iаьнан шийлачу буса беттан серлонехь гуш болу кхеран туьнкалг чуьра стигала хьаьдда кIур а хетара шатайпа самукъане. Амма уггар а кхеран самукъадериг шаьш цхьаьнакхетар дара.
Мартан-Чохь йуьртда Лайлаъ а, ткъа СССР-н коьртехь Брежнев а волу хан йара иза. Цара адам даха дуьтура. ХIора бIаьста, белхан тоба а оьций, Алтай махка балха воьдура Iабдул-Межид. Шелонга лестича, цигара цIа воьрзий, онда говр оьций, деха Iа хьуьн чохь доккхура, и даккхий ханнаш лайлахула текхош. Цуьнан-м тоьла а йара ломахь.
Ткъа тахана, генарчу махкара цIа макхеччи, ша гуттар а макхайккхара, шен магIарера нах схьакхайкхина кхо. Мока, Абухьасан, Овка, Шалман – массо а кхаъ хилла ву хIара цIаварах. Дууш-молуш, хилларг-лелларг дуьйцуш хIорш Iашшехь, хан йаьллера. Бакъду, кхеран цхьаьнакхетар гуттар а доьдура сахуьленга. Цундела цхьа а сиха вацара дIаваха.
– Шалман!.. – хьешех цхьаьнга вистхилира хIусамда. – Хьо вен гIиртина Сталин велла, ткъа хьо шек дIа а вац… ДIаалахьа цу Делан мостагIчунна уггар ца дезна долу илли!..
Iабдул-Межидан дехар кхочушдеш, кIоштахь а бевзаш болу шен кехат-пондар караийцира йуьртахочо. ХIоранна а дIайахана хан карлайелира. Церан дегнаш чу хьаьжча санна, пондар билхира…
Iедал карзахе, боьха долу хан йара иза. Сил дукха безачу махках баьхна, хIаваъ санна, оьшу маршо хьаьшна, сий лаккхара лоьруш болу сийсазбина, шийлачу Iай сийначу Сибарехахь эрначу аренашка баржийнера нохчий, кхин цкъа а шайх къам ца хила а, шайн мохк ца хила кхел йина. Амма дай баьхначу меттигех бохийна лелаш болу нохчий дайша хьехначу доьналлех боха дагахь бацара. Уьш синан семан тIера ца бовлийта, шаьш бол-болчохь къоман верасаш а хилла, Iеламнах, къаной а хьийзара. Иштта цхьана суьйранна Шалман вехачу, аьлча а, хIаллакь-хилийта охьакхоьссинчу Семипалатинскерчу Затоне кхаьчнера Алма-Атара дешна нах. Мел хала хиларх, аьтто лохура цара шайн къомах нах кхийсинчу кхача. Уьш бистхилла а бевлла, Даймохк хьехош, дагалецамашка бевлча, бухарчех вокхахволчо элира:
– Шуна Дела реза хуьлда. Вай-м, Дала мукъ лахь, цIа доьрзур ду. Хьалхачул мерза а Iийр ду. ХIинца, хьешийн жимма дог а оьцуш, Шалмане илли алийтий вай?!
Баккхийчарна хьалха бегIийла ца хеташ, йухагIоьртира хIинцца ишкол йоккху хан йолу кIант, амма гIуллакх ца хилара. Шалмана ша йаздинчу дешнашца шен къомехь болу бала балхийра. Цу дешнаша Шалманан карара пондар а белхийра, пондаро – ладугIурш а. Цхьа воккха стаг-м вукхарал а вехха Iийра воьлхучуьра йуха ца верзалуш, уллерчарах бехк лоьцуш, корта а таIийна. Минкаил йара цуьнан цIе, Гихтара цIера а вара иза.
ШолгIачу дийнахь илли аьлла Шалман а, вилхина Минкаил а лецира. ЧIогIа йиттира Шалманна, и илли Iеламнаха алийтина хьайга ала бохуш. Кхетамчуьра валлалц йиттича, кхачо ца хуьлуш, хиш тухий, кхетам чу вало сихлора.
ТIаккха йуха а йеттара, кIадвелларг хийца а луш. Уьш-м, йа жIаьлеш ду ала а, йа кхин муьлххачу экханан цIе тилла а хьакъ йоцуш боьха хIуманаш йара. Делан мостагIий. Амма жимачу кIентан доккха доьналла тоьира стогаллех ца воха. Цо цхьа а бехке ца вира.
ГIуллакх суьде кхечира.
– Верховный суд Казахской Советской Социалистической Республики за антигосударственную деятельность приговаривает к высшей мере наказания – расстрелу… – кхайкхийра суьдхочо.
Амма цо дуьйцучух воккха стаг ца кхетара.
– Шалман, хIун боху цо? – хаьттира къаночо мелла а оьрсийн мотт бевзачу кIанте.
– ХIинца хьайна ма-луъу велха мегар ду, боху, – вела а къежаш, жоп делира кIанта. – Вен кхел йина вайшинна.
– Шалман, воха ма вохалахь. Кхел йийриг Дела ву хьуна, – элира вилхинчо.
Жимма Iийна, шайлахь цхьацца къамелаш а дина, сацам хийцина хилар схьакхайкхийра суьдо.
– ХIинца кхин хIун дийр ду шаьш, боху цара? – йуха а хаьттира Минкаила.
– Тоьпаш тохаран меттана ткъе пхиппа шераш туьйхи вайшинна… Цул тIаьхьа пхи шо поселенехь даккха дезар ду, кхин пхеа шарахь куьйган бакъо а хир йац, боху.
– Хан Дала тоьхнарг бен йац хьуна, са ма гатде ахь, Шалман, – доцца хадийра воккхачу стага. 1948 шо дара иза. Пхи шо даьлча цIийх Iебаш воцу Сталин велира. Кхин а ши шой ах шой даьлча, хIара шиъ, набахтехь ворхI шо сов хан а йаьккхина, аравелира. Амма, Шалман лаьцча а, илли декачуьра ца сецира. Шалмана кест-кеста дуьйцура, ша Бухта Ванина кхаьчнийла а, илли бахьана долуш валийнийла а хиъча, цигахь дук-кха а йолчу набахтех цхьанна чохь воллуш волчу нохчичо динарг.
– И илли саца а дай, хIара жIаьлеш вайх кхарда ма делахь аьлла, тIе йоза а йаздина кехат а, диканиг кехат-пондар а баийтинера цо со волчу набахте, – олура Шалмана…
Массо ойланашка а вахана, тап-аьлла хIоьттина тийналла йах ца йелира Iабдул-Межидан хIусамехь. Ша караэцна пондар озийра Шалмана: – Ва-а-а ма Iуьйре йара хьо,
ша йоьхна йеанарг. Ва-а-а ма суьйре йара хьо,
ша йоьхна йеанарг. Вешин йишин дан дола доцуш, Йишин вешин дан дола доцуш, Ден-ненан доьзалана дан дола доцуш, Доьзалан дена-ненан дан дола доцуш, Ва-а-а ма зама йара хьо,
ша йоьхна йеанарг.
Шалмана чIогIа мел эли а, пондаран белхар чIагIлора. Цунна тIаьхьа ладугIучеран бIаьргаш а, дегнаш а доьлхура:
– Ва-а-а, ирс-йаI хьан, стигалара дашо малх, Комендатуре куьг йаздан баха-х ца дезий хьан. Буьжуш а, гIоттуш а Сталине хатта-х ца дезий хьан. Цу Делан мостагIчо махках хьо баккхарна кхера-х ца дезий хьан…
ЦIеххьана, шен узаме дирзина илли хадош, мохь туьйхира Шалмана:
– Даймахкахь вехаш волу стаг сингаттаме муха хир ву, вежарий?! Яхита, дIатохал и вота!..
Самукъане боьлу пондар а карахь халхаран бал дIаболийра Шалмана.

АВТОБУС
Йуьрта хьажахIотта воьдучу Iилманан машен хьалха нисйеллера кIотарара нах кIошта дIасалелош йолу автобус. Цуьнан шопаро, ша аьрру агIор таIа дагахь вуйла хоуьйтуш, чиркхаш латийра.
– Апти, ма валахьа цул хьалха, тIаьхьахIоттий, дIагIохьа, – элара Iилмана. – Мелла а цунна тIаьхьахIоьттина лелар вар-кх, кIорда ца деш.
Iилман, безамца автобусе хьоьжуш, ойланашка велира… Цхьа зама йара иза, жиманиг автобус тIе, культурин институте деша воьдуш санна, ткъа воккханиг оцу институте хьеха воьдуш санна, волуш. ХIора а йуьртахо – жима-воккха а, стаг-зуда а – цкъа нисвелла а, вовшашца цхьаьна нисвалаза вацара хIокху автобус чохь.
Дуьненах цхьа шатайпа дуьне, йуьртах цхьа шатайпа йурт а хилла, хIоьттинера автобус кIотарарчу нахана.
Нагахь кху кIотарара воцург чувалахь, иза йерриг йуьрто, аьлча а, йерриг автобусо, хьаша вой, тIеоьцура. Хевшина Iачу баккхийчара, кегийчарна иза хааза дисарна кхоьруш санна, дуьйцура хилларг-лелларг. Ирахь лаьттачу кегийчара, тIаьххьара и долуш санна, доккха са даккхар а доцуш, сутара ладугIура цаьрга. Дикачу къонахийн, оьздачу мехкарийн цIераш, цаьргара дийлина диканаш, гайтина доьналла – дерриг а девзара автобус тIехь.
Массо а вовшашца гергарло долуш, йа вовшийн гергара хеташ, вуссура автобус тIера некъан чаккхенгахь. Воссале, йуьхькIам лохура: хIора жиманиг ша ша воккхачунна тIера ахча хьалха дIадала гIертара. Ма зама йара-кх и, ма адамаш дара-кх уьш…
– Дависа, цкъа мукъане а, хьалха санна, хьомсарчу йуьртахошца и некъ йуха бан!.. – багара делира ойланашка ваханчу Iилманан.
– ХIун хала ду иза?! – цецваьлла хьаьжира шопар шен куьйгалхочуьнга. – Сацайе, алий ас, автобус?..
– Ма ала!.. – сингаттаме велакъежира Iилман.
– ХIунда?.. Лууш хилча?..
– ТIаьхьахIоьттина вогIуш сайн эсехь цу чу гулбелларш, чуваьлча, сайна гур боцийла, хаьа суна. И зама а, и нах а дIабахана. ХIинца шайн телефонаш чу бирзина Iачеран гIаларташ бен ца-гарна кхоьру цу чохь. Царна-м, хаьттича, ала а хуур дац, шайца кхин мила вара автобус чохь.

НОХЧИЙ
Iалхан-Калахь бIаьстенан хаза суьйре йулуш лаьттара. ХIинцца даьхни Iалашдина а даьлла, даьхникертан зIара а къевлина, схьадеана, кетIарчу гIанта лахделла Iара Iийса а, цуьнан хIусамнана ПетIамат а. Йуург-мерг кечйеш, чуьра гIуллаккхаш деш хьийзара кхеран йоIарий. Цициган кIорни ловзош Iара жимахверг, ткъа хьафиз волу доьзалехь воккхахволу Ислам балхара чукхачаза вара.
Шаьш ца кхоош, къахьоьгуш, хIусам йина, хьанал сискал йууш, оьзда доьзал кхиош, дехаш дара Iийсай, ПетIаматтий. ТIехьаьжна, нехачул совдаьлла хIума долуш, йа нахана шуьйра девзаш дац и шиъ, амма ший а – стаг, зуда – къонах ду. Къомах тоьлла нах буьйцучохь хьахо хьакъ-долуш…
2000-чу шеран 5 январехь кхеран урам чекхболучохь йолчу школи чу Бараев Iарби хиира шен тобанца цхьаьна. Цунах кхаъ хиллачу Шамановна уьш-м новкъа болчух тера а дацара.
Школе хьежош детташ дацара герзаш. Цундела йаккхийчу тоьпийн кхийсарш дуьйла ма-делли, кхин зен а ца хуьлуш, Бараевн дIаваха аьтто белира.
Ткъа маьршачу бахархошна тIехь къиза хьал хIоттийра сакIезигчу инарлас. Йалхитта вара цхьана йуьртахь цу Iуьйранна вийнарг: баккхий нах, божарий, зударий, бераш.
Цу дийнахь Iийсана а, ПетIаматна хьалхха це-ран шо кхочуш волу кIант ларми чу бисса кхиъ-начаьрга чу кховдош воллу Iийсан воккхахволу ваша Муса а вийра. Мусан зудчун Зулайн ког баьккхира. Нана Малика лазийра.
Цул тIаьхьа дукха ца йехира Малика а.
Лазийнарш цхьана агIор, байъинарш вукху агIор охьабехкира кхушимма. Шех бехк лоьцуш, цушимма хьан ца веш витина цаьршиннан жима воI – шен кIентан кIант Ислам – Iийсан къеначу дас Сайд-Iалис вийна Iуьллучу гIеметта хIоьттинчу шен кIантана Мусана улле охьавиллира.
– АлхьамдулиллахI, хастам бу-кх Хьуна, Везан Дела. Хьо резаволу собар ло Ахь, – элира воккхачу стага.
Ша къанвелла кIелвиссалц туркх лаьттинчу йуьртан урамехула дIаволавелира Сайд-Iали. Белларш дIабохка а, лазийнарш больнице бига а орца оьшура къаночунна. Кех валале Iадийча санна лаьттачу жима волуш дуьйна могуш воцуш волчу воккхахволчу кIанте хьаьжира иза. Ша а ца вохуьйтуш, Iийса ваха тохавелча, тIе а ца дитира.
– Жимачунна тIетоха сахьт дац, кхаьрга ладугIуш хила, со схьаваллац…
Сайд-Iали гена ца велира шен цIенна. Жимма дехьо валале балано Iовжийнчу дагна улле иччархочо тоьхначу даьндарго вагийна, шийлачу лайла вожийра воккха стаг…
Мел кхераме делахь а, орца а кхечира. Муьлх-хачу мIаьргонехь йуха а герзаш тIетоха тарлой хуъушехь, лазийнарш больнице а бовдийра, кхелхинарш дIа а берзийра.
Ишттачохь вайн адам вовшашка дика хьожу!
ТIом дIабелира, машаре дахар дIахIоьттира Нохчийчохь. Iийсас, ПетIамата, кхоа ца луш, къахьоьгура. Iийсан къена да Сайд-Iaли, ден йиша йоккха стаг Хазика, могуш воцу воккхахволу ваша Сайд-Мохьмад, ког баьккхина йолу Зулай, да воцуш дисина вешин Мусан ши йоIIий, кIанттий – массо а цхьана кертахь Iаш бара уьш. Царна массарна а сагатдора Iийсас а, ПетIамата а. Дола а дора, хIоранна а хIора дийнахь йуург-мерг, йухург, йуьттург латтош, цхьана а хIуманна тIехь эшам ца хуьлуьйтуш. Могушвоцчунна Iуналла дора.
Иштта дIайоьдура зама. Цхьа хан йаьлча Дала доьзалхо велира, хьалхарниг шо кхачале Делан мостагIчо вен а вийна, дитинчу цушинна. Веллачу кIентан безамна, Ислам аьлла, ден дас цIе тиллира цунна, ткъа дас-нанас нигат дира, иза кхиахь, цунах хьафиз ван хьажа.
Масех шо даьлча, цхьана а адамна ша, доьналлех воьхна хьовх, ур-атталла сингаттаме а ца гойтуш, ша гуттар а резаван гIиртинчу Далла дуьхьала дIавахара Сайд-Iали.
Ткъа Iийса, шен доьзал а эцна, кех велира, нохчийн Iадатехь жимахволчунна дуьсуш ма-хиллара, бакъонца шена дисина ков-керт байлахь бисинчу вешин доьзална а дитина. Къена ден йиша а, могушвоцу воккхахволу ваша а шеца дIадигира Iийсас.
Цо диначунна ПетIамат а тIетайра… Балхара цIа вогIу Ислам урамехь гучувелира.
Дас-нанас доккха садаьккхира.
– АллахIу Акбар, АллахIу Акбар… – маьркIаж-ламазна молла кхайкхира маьждигехь.
Нохчаллех дуьзна долу, оцу бахьанина цкъа а шайн хьуьнарх цецдовла дага а ца деана долу дай, наний, хьафиз волу кIант тIе а кхачийтина, уьйтIа делира.
– Хьайн ден ден йишига а, ден веше а вистхила виц ма лолахь, – гуттар а санна, лергах мехий дохура нанас.
– Хьафиз ишттаниг а ца хууш-м хирг хир ма вац, – велакъежира Iийса.
– Вицваларна кхоьру-кх, жима ма ву иза, – жоп делира нанас.
– Самойар сов хир дац, – тIетайра да. ГIиллакхе Нохчийчоь ламазе хIоьттира.

ДАЙМОХК
… Суна сайн Даймахкахь ваха а, вала а лаьа. Сайн хIусам Даймахкахь хила лаьа. Доьзал Даймахкахь кхиа лаьа. Даймахкарчу хIаваъца садаIа лаьа. Даймахкара кхача баа лаьа. Дайша мийлина шовданаш мийла лаьа. Даймахкахь дайн лорах ког ловзо лаьа. Дай гина долу Iалам ган лаьа. Дай бийлинчу пхьоьхане вийла лаьа. Дайша йиначохь Iамалш йан лаьа. Дай бевзинчеран тIаь-хьенашца гергарло лело лаьа. Дайша хьацарна пIелг хьекхначохь къахьега лаьа. Дайша къийсина мохк Iалашбан лаьа. Дай бийшинчу лаьтта вижа лаьа…
Хьуна ца лаьа изза, ва Мовсар?!
Масех шо хьалха махкахволучу хенахь цуь-нан доттагIчо, иза йухаваларе сатуьйсуш, цуьн-га диначу къамелах йоьзна ойланаш, мазлагIехь вой санна, хьийзара Мовсаран коьрте. Европера цIехьа богIу некъ йуьхьарлаьцна, хIора минот а шарал йахйелла вогIучу жимачу стага шен доттагIчун кетIахь сацийра машен.
– Мохьмад!.. – керта мохь туьйхира цо. – Даймахкахь ваха а, вала а веана хьуна со цIа… Сан да-нана долчу цхьаьна вахийтахьа вайшиъ…

НЕНАН БЕЗАМ
Воккха стаг холчохь вара. Йойначу дегIан межене санна, хьоьжура иза кагбина схьабаьккхинчу стоьлан коге.
– Дада, дукха гIайгIане ма хилахьа, – дехар дира доьзало. – Тойийр йу хьуна  айи за. Вай балийнчу белхалоша гIантан меттана лелийна хилла иза.
– Шу хьовса ца мегара? – олуш, къано дIатийра.
Цуьнгахь гIора дацара кхин къамелаш дан. Хораман теш хилла хIоьттина логера шад тоьллера воккхачу стеган озал. Амма эс чов хиллачу экханах тарделлера…
ХIинцачул кхузткъа шо хьалха дара иза. Бехк боцуш цIера даьхна, шайн догIмаша а, дегнаша а барам боцу къизалла Iаьвшина, йуха цIа дирзина адамаш, шайн махкахь дIатардала гIерташ, хьийзара. Кхочу-у-ш, бераш ишколе даха кечдо хан а тIекхечира. ХIоразза а санна, кIирандийнахь отделенин бахархой гIала базара бига машен йаийтинера колхозо. Адам алсам тIехоийта кира лелочу машенан кузовн йохалла хIиттийн-чу дечиган гIантех цхьа а даьсса ца дисира цу дийнахь. Базара баха бевллачарна йукъахь итт шо долу ШахIид а вара шен Ненаца цхьаьна. Керла бедарш оьцу хан тIекхачаре сатийсинчу кIантана къаьсттана чIогIа бахбеллера таханлера некъ.
Нене, ахь суна хIара оьцур йуй, важа оьцур йуй олий, шена дагайеанарг билгалйоккхура беро.
– Дера оьцур йу хаза мел йерг-м, – дог хьостуш, жоп лора Нанас.
Базара дIакхаьчча, йуха цIа даха цхьаьнакхетар долу хан билгал а йаьккхина, базархула буьйлабелира нах.
ШахIидан Нана а йолайелира дIа, бIаьрга дуьхьалара валарна кхоьруш, кIант хьалха а ваьк кхина. Оццул долчу адамна хьалха шен беран куьг лаца-м цунна дага а догIур дацара. Гена довлале, цхьана стоьлах бIаьрг кхетта, сецира кIентан Нана. Стол хаза йара, цул сов, цхьаъ бен а йацара кхузахь. КIеззиг сецна а лаьттина, дIайолайелира зуда, кест-кеста йуха а хьожуш. ШахIида дукха сатийсинчу берийн бедарш йолчу могIане кхечира хIара шиъ. Амма кIант хIинца сиха вацара цаьрга бIаьрг тоха. Цуьнан тидам боцуш ца дисинера шен Нанас стоьлан эс дар.
- Нана!.. – элира ШахIида. – Суна бедарш тахана ца эцча а мегар дара… И стол эций вай-шимма?!
- Вайша тIедогIучу базар-дийнахь йухадогIур ду хьуна ШахIид… Дика дуй?.. Хьаша-да веача, йуьхькIам ма хуьлу, чохь оьшург хилча.
- Дика ду, Нана.
Шаьшшингара дерриг ахча стоьлах дIа а делла, делкъал тIаьххьалц Iийра и шиъ, базара йукъа баханарш схьабахкаре хьоьжуш. Ткъа цIехьа дирзича, машен оьрнаш чу кхетча, заралла дарна кхоьруш, стол гIанташна йуккъе а нисйина, шаьш шиъ дехьий-сехьий а хиъна, иза ларйеш деара наний, кIанттий некъан бохалла. Стоьлан когаш лаьттах ца кхетийта гIерташ, ницкъ ма-кхоччу иза айъина латто а хьожура, мелла а некъ вон болчу нисделча…
– Дада, ас, телефон тоьхна, хаьттина, дукха диканиг пхьар ву, боху, гIалахь, – вистхилира кIант… Со, стол хьош, вахана, вогIур вара, ахь са ца гатдича.
– Цхьаьна воьду вайша, – жоп делира ойланех йукъахваьллачу воккхачу стага, ша Iачуьра халла хьала а айъалуш. – ХIара-м сан Ненан бе-зам бай!..

Литературно-художественное издание
Ельсаев Аламахад
ЗАМАНАН КОСТАШ
Редакторы: Джунаидов А.С., Бураева Т.И.
Технический редактор Бицалова А.Т.
Корректор Бурчаев Х.Х.
Набор – Ельсаев В.А.
Верстка – Ганаев З.Ш.

Подписано в печать 22.11.2022. Формат 84х1081/32. Усл. печ. л. 5,88. Тираж 1000 экз. Заказ № 0922.
Отпечатано на полиграфической базе
АО «Издательско-полиграфический комплекс
«Грозненский рабочий»

УДК 821.161.1 ББК 84(РосЧеч)6-5 Е57
Е57 Ельсаев А.А.-Х.
Заманан косташ / А.А.-Х. Ельсаев. – Грозный: АО «Из-дательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочий», 2022. – 128 а.
ISBN 978-5-4314-0515-0
УДК 821.161.1 ББК 84(Рос-Чеч)6-5
© Ельсаев А.А.-Х., 2022 © Союз писателей ЧР, 2022
Соьлжа-ГIала – 2022


Рецензии