Тешам

               
                ТЕШАМ


            Муьлхха а стаг, ша мел дукха ваьхчи а, цхьана бIе шарахь, йа кIеззиг сов, йа генна кIезга, йа ваххане а цавехаш а нисло… Хан-зама, рицкъ… луш верг АллахI бен вац. Муьлхачунна а – мел хан (оьмар), йа рицкъ ду Цуо делларг хаъа йиш йолуш вац вайха цхьаа.

            Стеган вахар соцу иза кхалхарца. Амма вехаш велахь а, цкъа стеган Сий а, цунах болу тешам а… уьш дайначулла тIаьхьа вахар – гIийла вахар-ам ду.
Аьшпаш буттуш хиллехь, гIиллакх лоруш цахиллехь, шен дашан Да цахиллехь, муьлххачу а стаганна – бусулбанна а, керистанна а, жуьгтийчунна а, нохчийн къомах волчунна а, гIазакхийчунна а… шен вешин а, доттагIчунна а… хьанна а тешаме цахиллехь, иза эзар шарахь вахахь а, цуьнан вахар дац-кха цхьа шай мах болуш. Бакъду, иштта волчунна а хета-м хета ша хьаннал а гIолехь, чIогIа къонах ву аьлла а…

            Мухха делахь а, хIоранна моьттург шен-шен а долуш, цкъа диса-м дуьсу хIара дуьне вайх массарех а…

                Тешам йуккъера дIабаьлча, къинхетам а дIаболу...

            Шен чулацамехь ондда маьIанаш долуш цхьа дийцар хезна суна… Бакъду оцу дийцаран, теллича, бух цакарийна олуш а хезна суна. «Науадир аль-хуляфа» цIе йолчу шен тептарехь иза йаздинарг аль-Итлиди хилла бохуш а хезна суна. Ткъа мухха а иза делахь а, оцу дийцаро кхетам болуш волчуна беркате синкхача луш хилар шеко йоцуш лара мегар долуш-м карадо.

            Цуьнан боцца чулацам… Дийцарехь, Iумар ибн аль-Хаттаб (АллахI-Дела реза хуьлийла цунна) халиф лаьттинчу заманахь хиллачух ду иза. Цкъа мухха а Iумар ибн аль-Хаттаб волчу хаттаме баьхкина хилла цхьа нах. Царах цхьаммо шайца хаттаме валийна хиллачу стага шайн Да вийна а аьлла, оцу хьокъехь цунна догIуш долчу таIзаран кхел билгала йар дехна халифе. Куьйгабехкечо дийцина хилларг муьлха бахьан долуш нисделла иштта. Иза эмкалш а, гезарий а йажош волчу хенахь, цуьнан тидам боцуш, цхьана эмкало церан декъатIера бецан-кол йиина. Иза гинчу цхьана стага (кхеле веъначуьнна Дас) оцу эмкална тIулг туху, оцу тохарах и эмкал ле. Доханан Iуно, дог а даьттIа, изза тIулг схьа а оьций, эмкал йийначунна, кхуссий, туху. Оцу тохарах и стаг а ле. Массаьрга а ладоьгIна ша ваьлча халифа оцу хьокъехь шен хьукум сацадо. Стеган са даккхарна бекхаман доханан Iу вен вогIу аьлла.

           Iумар ибн аль-Хаттаб бакъо йолуш дерг дезаш а, нийсо лелош а, догкIеда стаг хилар шен довзарий терра, кхелан кIелахь саца везаш волчо дехар дина халифе, ша веран кхел кхочуш йале, шен кхо де хан йоьхуш… Церан Да а хилла, дукха хан йоццуш, кхелхина. Цуьнан бухабисина болу бахам а, даьхни а, шен а, шелла жимах волчу вешин а йукъахь декъа дезаш хилар дийцина цуо и кхо де дехаран бахьан. Нагахь санна ша хIинцца вехь, - аьлла цуо, - жимах волу ваша а дакъаза вера ву шен, Дех дисина долу даьхни а довра ду…

          «Хьо кхузара а вац, хьо цхьаненна а вевзаш стаг а вац… Хьохь тоьшалла дан мила ву кхузахь?» - хотту цуьнга халифо.
 
         Миска ваьлла, гулделлачу адмашка дIа-схьа хьожу доханан Iу. Шен бIаьргашан хьажар цхьаннина тIехь саца а дой, цуо олу: «Оцуо!».

         Ткъа цуо шех тоьшалла дийра ду аьлла гойтуш верг Делан элчанна - Мухьаммад Пайхамаран асхьаб Абу Зарр хилла, наха лоруш а, царна дукха везаш а хилла волу.

         Абу Зарре хаьттина халифо: «Ахь, боккъалла а, тоьшалла дийра дара цунах?» - олуш.

         Корта таIош, ша и тоьшалла дан реза хилар хоуьйту Абу Заррас.

         ТIаккха доханан Iу, халифа бакъо а лой, кхаа денна, ша леринарг кхочуш дан новкъа волу.

         Кхо де сихха дIатуьлу… Шаверг а хиндолчуьнга ладоьгIуш хуьлу. Нагахь санна доханан Iу шена йеллачу хенахь кхелан тIе йуха ца верзахь, изза кхел йан догIура Абу Зарран. КхоалгIа де чеккхдоллучу хенахь йуха а гулделла лаьттара адам. Вахнарг йухаваран хьевелар гуш, адам мелла а корзахе дара.

         Малх чубуззуш боллура… Амма оццу хенахь нахана йуккъехь маьхьарий девлира: «Иза йухавирзи, иза йухавирзи!», - олуш.

         Дуккха гIелвелла, кIадвелла, вист хила сатоьуш а воцуш, схьакхечира доханан Iу. Халла хезаш долчу озаца цуо олу халифе:
         - Айса тхайн Дена делла хилла долу дош кхочуш ди ас… Даьхни а, сайн жимах волу ваша а…, тхайн ненан вежаршна варасал а луш, церан Iуналле дIавели… ХIинца со кийча ву ахь сацийначу хьукамна кIела хIотта.
 
         Халиф, цецваларца, дикка хьажинера оцу дахонан Iуне, озачу дегIехь волчу, кIадваларна кIелависина лаьттачу…

         Халифа хоту цуьнга:
        -ХIай Делан лай, хьуо ведча кIелхьара вера волушшехь, хьуо вен вогIуш волчу хьукманна йухаверзаран хIун бахьан дара хьан?

        Доханан Iуно делла жоп:
        - Со кхоьрура наха аларна - «Тешаме хилар дIадаьлла адмашна йуккъера»…

        ТIаккха халифо схьакхойкху Абу Зарр. Цуьнга хотту цуо:
        - ХIу бахьан дара ахь хьайна вевзаш а воцуш, цкъа а гина а воцуш волчу, иза йуха вогIур ву йа вац а цахууш, стаганна тоьшалла даран?

        Абу Зарран жоп:
        - Со кхоьрура наха аларна - «Адамашна йуккъехь тешам цабисина»…
       Оцу аларша догкIаддина хиллера доханан Iуно шайн Да вийначу доьзалан а...

        Цара олу:
        - ХIай бусулбачу нехан халиф, тхо къинтIера довлу оцу стагана!

        Халифо, цецваларца, хотту цаьрга а:
        - ХIунда?

        Цара жоп ло:
        - Тхо кхоьру наха аларна – «Адамашна йуккъера къинхетам дIабаьлла»…

                Дешначу наха дуьйцу:
               
        Аль-Аманат – иза тешаме хилар ду ша деллачу дашанна а, шех тешна кхечу наха шега йийцинчу къайленна а… Iеламчу наха оцу дешан маьIан достуш билгала доккху иза кхечу стеган бакъо а, хьайга цуо йийцина къайле а ларош хилар ду олуш. Аманат лардар – иза бакъволчу бусулба стеган хиллане а хила дезаш долу декхар ду, амма иза ларош и стаг вацахь – иза ши йохь йолу мунафикъ хилар билгало а йу.

       Анаса ибн Малика (АллахI реза хуьлийла цунна) дийцина, вайн Элчано (Делера Салам-Маршалла хуьлийла цунна) элира бохуш:
«АллахIах тешар долуш ма-вац аманат ларош воцург, бусулбан дин долуш а ма-вац ша тIелаьцна йолу ваIда йохош верг». (Имам Ахьмад, 12410)

        ТIаьххьарлерачу заманахь дукха нислуш ду вайна йуккъехь цхьаммо шега, теша а тешна, цхьана ханна йелла йолу хIума (ахча-бохча, гIирс-гIурс, коч-мача иштта дIа кхин а), йамартлонан хьесапе а воьрзий, йуха дIайала цатуьгуш. Цуо, деррехь, дохош дерг аманат ду, ша тешаме стаг цахилар гойтуш долу.

        Абу Хурайрас (АллахI реза хуьлийла цунна) дийцина вайн Элчано (Делера Салам-Маршалла хуьлийла цунна) элира бохуш:
«Йуха дерзаде хьайх а тешна хьайга делларг, хьайна тешнабехк бинчунна а тешнабехке ма-хила». (Абу Дауд, 3535)

                Тешамечу жаIунах дийцар
                (Бакъ долчийн бухтIехь)

        1930-чу шерашкахь шен долахь гезарий а, мелла а уьстагIий а долуш эвлахь вехаш Iаш хилла волу цхьа стаг, Iедало нах лордтIехь баха а, шайн даьхне лело а цабуьтуш хилар бахьан а долуш, вайн хьаннашкахь а, ломан бассешкахь и шен даьхни дажа а деш, Iен-ваха дIавахна хилла. Ша ваьхначу эвла, наггахь бен, вогIуш а воцуш. Нахана тешаме хеташ а, шен дашах жоп лур долуш а, доьналла долуш а стаг хилла иза, Iашхой-МартантIерачу тумсойх болчу Тети-некъийн Аьстмаран цIийнах а волуш, шен цIе Зак (Зака) а йолуш. Цуьна кхин цхьа ваша а хилла – Закраил. Амма иза, дикка хьалха, Туземни дивизехь Нохчийн кавалерин полкехь тIемашкахь дакъалоцуш хилла, цхьана тIамехь цуьнан валар а нисделла. Заки гергара а, везаш-вевзаш волчо а, хIара тешаме хиларна, дечу гIулкхаца хьанал а, беркате а, куьйгцIена а хиларна, хIокхуьнца барт а бина, мелла а шайн гезарий а, уьстагIий а тоьхна-кха хIокхуьнан даьхнех схьа…, кхиийнарг а, сайаьлларг а йукъахь хира йолуш.

         Иштта хьал а долуш масех шо дIадаьлла. Заки даьхни а, цунна кхечара тIетоьхна хилларг а, замана йохалла, вовшенца ийна. ХIинца Закин а цахара царах шен даьхни муьлха ду, шен доцург а муьлха ду. Цунна дукха ойланаш цаеш, цкъа паргIат йолу хан а лехина, тIетоьхначу кхечу доханан дайх дага а ваьлла, барт хиллачу тIехь къастор ду-кха аьлла, ша-шеца сацам бина хилла цуо.

         Закин хууш а, хезна а хIумма а доцуш, нохчийн къам махкаха даьккхина.     ХIара шен даьхни а дажош хене вуьйлуш хилла. Иштта дIайаьлла кхин а зама.
Мухха а цкъа, дежаш долчу шен даьхнех бIаьрг а тухуш хIара Iаш волуш, кхунна тIевеъна хилла цхьа-ши стаг, шайгахь герз а долуш. Салам а делла, маршалла а хаьттина шаьша бевлича цара дийцина шаьш лелош болчу некъах лаьцна. Уьш хилла советан Iедалан доьхьала къийсам латточарех нах – обаргаш (иштта аьлчи иза гIолехь кхетор долу дела йаздо вай). Царах цхьаммо шайна масех газа, йа уьстагI бехна Закига. Закис царна жоп ло иза дан шен бакъо йац олий.

          Вукхара хотту:
          - Хьа хIунда йац и бакъо, мила ву и хьан бакъо йоьхкуш верг?

          - Дера йац, сайн долахь дерг а, сайн долахь доцург а со хIинца девзаш воцу     дела. ХIара даьхни, - неханаг а, са сайнарг а, - вовшенца ийна ду.

          - Вай… Хьайн оьшучахь, урс хьокхуш, уьш муха къастадо ахь?

          - Къастадан а цагIерта… Урс а цахьокху. Суна, сайн кхача кечбан, кхе олла жижиг даккха, экхи карадо.

          - ХIинца иза а аьлла, тхойша дIавагIийта воллу хьо?

          - Хьовсалла, сан вежарий, – аьлла хилла Закис, - ас шуна шайолу бакъо дIало-кха, билгала сан долу даьхни аша схьакъастадахь, иза дерриг а дIадига. Бакъду, неха даьхни со дIадала дезаш ву шуна, сайх церан хиллачу тешамах воха бакъо йолуш а вац шуна.

          - Вай, дIавала… Хьоьга а къасталуш доцу и даьхни, оха муха къастор ду иза?

          Вовшенна Iодика а йина, дIаскъаьстира Заки а, ши обарг а.


               
                1ашхой-Март… 1944 шеран 20 (21) февраль

         Бакъ долчийн бухтIехь.
         Дийцинарш - Iашхой-МартантIера бахархой: Эхаев Муслим (ваьхна 1941-2022 шш.; Хьасанан воI, Iоьхи кIента кIант), Хамурзаева Асмалика (Даша; Iабазин йоI; йаьхна 1936-2021 шш.), Аслаханов Тумсо (Даудан воI; вина 1955 шарахь).

          ХIокху эвлахь тахна а ехаш ю Манжаъ. Цуьнан йиша Асмалика (Даша ) хIинца йоцуш йу. Ткъа церан Нена цIе хилла Кулаш.

          1944 шо тIедеанчу хенахь дуьйна массо а урамашкахула буьйлабелла лелаш эскархой а болуш, хIинций-хIинций тI**** тарлуш цхьа кхерам буй-техьа бохуш хьийзаш хIорачу адманна са а долуш, чолхе а, карзахе а, кхераме а зама йара иза.
   
          Кулаши цIийнда, – Iабаз, оцу хенахь тIамтIехь вара,  тIаьххьарчу хенахь цуьнгара хуьлуш цхьаа хаам а бацара, цунах хилларг хIу ду хууш а дацара. Дан-дерзо дезаш цхьацца гIуллакхаш хиларна а, цIийндегара боцучу хаамна  са а бIарзделла…, тIехIоьттинчу сингаттаме заманан муьро дог къийла а дуьйлина, «ша хIу дича нийса хира дара-техьа», -  бохучу ойлане йаьлла хиллера Кулаш цхьана дийнахь.

          Иза дара ткъоллагIа йа ткъе цхьоллагIа февраль.
          Чу-ара йолуш а шеца киснахь а, дегIаца а йихкина лелош хилла цуьнан дашох йина цхьацца хIумнаш – пIелгах юхкурш а, лергах ухкурш а, коча тосу зIенаш а, иштта дашон ахчан нахарташ а… Дуккхо а хилла уьш. Эхаев Муслима дийцарехь, буй буьззина хилла и дашо. Хамурзаева Дашас (Асмалика) дийцарехь оцу дашон хIумнашца йалх дашо ахчан нахарташ а хилла.

          Кхарна гена воццуш вехаш хилла Iоьха цIе а йолуш цхьа воккха стаг. Цхьаболчу наха, цуьнца болчу ларамна, Воккха Гака олуш а хилла цунах. Дашо цуьнгахь дита ойла сецна Кулашин. ТIаккха Iоьха волчу а йахана, ша леринарг дийцина цуо цуьнга. Iоьхас, жоп луш, аьлла:
         - Вайна ма-гарре зама йу-кха хIара… ХIинцца хIу нисло а цахууш. Ахь иштта бахахь…, гIой-йола делахь, йуха ма-йирззине схьа а кхета, соьгахь дитинчунна са а ма-гаттаде.

         - Мел дукха а – ши-кхо де… Кхин гена хьелур йац, сайн ницкъ а кхочуш. Доьхнехь, оццу хенахь йуха йан хьожур йу со хьо волчу. Даламукълахь…
         
                1944 шеран 23 февраль

          Сатоссуш Iуьйранна дуьйна, массо а цIенна гуонаш а лаьцна, некъаш а къевлина, дукха дера, къиза арадаккха долийра адам… Iоьха а, Iоьхин доьзал а цхьана…
          Мартналла дехьа, эвла йисттехь хиллачу «Красный Ачхой» цIе йолчу колхозан «склад» а, даьхни чулохку керт а йолчахь гул а бина, сарралца цигахь латта а бина, «Студебеккершна» тIе а боьттина, аьчган некъан станцешка дIабигира нах.
          Цигахь «скотовозашна» тIе а ховшийна, шело, мацалла, баларш, къизаллаш а ловш, ткъа де гергга некъ а бина, Казахстанехь охьадиссира, чохь дисина синош бен кхин хIумма а доцуш долу нехан дакъаза девлла догIмаш…
          Иштта бехха схьабеъначу новкъахь беллачийн декъех лараш а йуьтуш…

                Сий ларош хьо велахь, тешаме хила

          Кулаш, арадаьханчахь,  шен доьзалца кхечира Казахстанера Талды-Кургански областан Кугалы цIе йолчу метте. Iоьха а, цуьна хIусам нана а, доьзалш а кхечира Казахстанера Карагандински областерачу Ворошиловски районера (кIошт) «Алгабас» цIе йолчу кIотара.  Ма- гарре, уьш вовшенна ген-гена кхаьчнера Iан-баха. Вовшенна тIекхачар, вахан-вара дукха хала дара, 1949 шарахь дуьйна дуьззина Iедало дихкина а дара.
 
         Шелоно кIелавитинарг цамгаро, йорт оьцуш догIий, сихонца  Iожалан йистоне тоттура. Оцу хьалхарчу (1944) шарахь-ма адам, мангало буц хьокхуш ма-хиллара,  эзарнашкахь дожийра. Iоьха а, цуьнан хIусам нана - Баба а кIелбиссина мур боккхуш бохкура. Мацаллин, шелонна… Дан амал доцуш… Шега тешаман Кулашас деллачу дашонах цхьа хIумалг йоьхкича-м, шеко йоццуш, гIоленгахьа дера дара кхеран хьал… Амма иза йоьхкича…

         ХIан-хIа! Иза санна дерг, хIинцца шен чуьра са дIадала дезахь а, Iоьхас а, йа цуо кхиинчу доьзалш а,  дийр долуш дацара. Тешаман дитинарг, тешамца йуха дерзо дезаш дара.

         Шайгахь долчу хьолан кIезга йора Iоьхас ойланаш. Уггаре чIогIа сатеснарг, ша валале, Кулашас шегахь дитина хилла долу даьхни цуьнга йухадерзор. Iоьхас дуккхучу а, нохчий, баха-м хаац, бала дIасабаржийначу  меттигашкахула хийлаза шегара хабар доьхьуьйтура, Кулашех а, цуьнан доьзалах дерг довза гIерташ, цаьрга шега делла долу даьхни дIадахьийта гIерташ, ша волу меттиг йуьйцуш…
 
        Къинхетаме волчу АллахIан лаарна, мухха а Iоьхигара хабар кхечира Кулаш йолчу а. Иштта болчу боккхачу Делан къинхетамца Кулашас даийтина жоп а кхечира Iоьха волчу, кхуна боккха кхаа а хуьлуш. Кулашас ша ма-кхуьъъу кхаьрга йан хьожург хилар хаийтинера. Нагахь санна ша йан хьелахь, кхарна генахь йоццуш йехаш хиллачу шен йишига, – Санке, и дашо дIадала мегар ду а олуш.

        ХIинций-хIийнций бохучу хьолехь лазара тIетаьIинера  Iоьхина. Цуо весет динера шен доьзолшка, ша лахь и Кулашин дашо цуьнан йишига, - Санке, дIадалар тIедуьллуш. 1944 шеран аьхкенан зама Iаьненга йалале кхелхина Iоьха а, цуьнан хIусам нана, - Баба, цуьна воI, – Хьасан а, Хьасанан хIусам нана, - Шокка а. Уьш диъ (цхьана доьзалера!) дIадоьллина оццу «Алгабас» цIе йолчу кIотарахь. Кхин хьема боцуш, Кулашин дашо цуьнан йишига, - Санке, дIаделла Iоьхин тIаьхьено.
 
         Мухха а шен йаха-йарна аьтто баьлча, Кулаши нисделла Iоьхара баьхначу меттиге кхача. Шен йишига, - Санке, Iоьхас дIадалийтина хилла долу шен дашо  йуха схьа а кхаьчна цуьнга.

         Iашхой-МартантIехь тахна девзаш а, масаллица дуьйцуш а ду Iоьхас динарг а, цуьнан тешаме хилар а, иза бакъволу къонах стаг хилар а. АллахIа меле лорийла цунна иза. Дала гечдойла арабаьхначахь кхелхинчу вайн Дайш-Наношна, Важарш-Йижаршна!
 


 


Рецензии